Развернуть Медиатеку

Foo
Библиотека
Султан Магомедов
Вадуд
Лезгинка
Хас Магомедов
Хусейн Бетельгериев
Лиза Умарова
Шира Ешарш
Х Мусаев
Сулейман Токаев
Кузани
Ломазан Аз
Сахаб Межидов
Песни о матери
Имран Усманов
Илли
Rami Rais

Загрузка Поиска...
Статьи

Коран. Перевод смыслов на чеченском языке А.К.Ибрагимова

Категория: Коран » Перевод на чеченском языке | автор: mairbek | 2 июня 2009 | Просмотров: 13859

1 - Сурат Алфатихьа (Схьадоьллург)

1.Аллах1а ц1арца доладо аса , Ша дуьненахь бусулбанех а , керстанех а къинхетам беш волу , кханлерчу къемата дийнахь къаьсттина бусулбанех а бен къинхетам бийр боцуш волчу (иштта дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу)

2.Ша хьакъ волу , Шена бен кхин цхьанне а хила йишйоцу хастам вайн везачу , 1аламаш кхуллуш , кхиош , кхобуш волчу Далла - Аллах1ан бу , кхин цхьанне а бац

3.Ша дуьненахь бусулбанех а , керстанех а къинхетам беш волу , кханлерчу къемата дийнахь къаьсттина бусулбанех а бен къинхетам бийр боцуш волчу (иштта дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу)

4.Къематан , бекхаман дийнан паччахь а , эла а волчу

5.Хьуна цхьанна я Аллах1 къастийна 1ибадат до оха

6.Хоьга цхьанга я Аллах1 къастийна г1о а , орца а доьху оха

7.Ахь , я Аллах1 ! Нисдехьа тхо Хьо реза волчу нийсачу новкъа

Айхьа пайхамаршха а , бакъонан дайшха а , г1азотан дайшха а зовкх хьегар деллачеран новкъа

Хьо оьг1азваханчеран новкъа а , шаьш тиллачеран новкъа а ца нисдеш



2 Сýрат Альбакъара /Етт/
/Мадинатехь доьссина ‚ 286 аят ду/

Аллах1а ц1арца дóзадóцуш шортá а , дáимнá а болу къинхéтаман Дá волчу .


1.Алиф-лáм-мúм

2.Х1ара жайна /шá Дéлéра хилар/ шéгахь шéкó йóцуш нийса некъ бу /Дéлах/ кхоьручáрна ,

3.шаьш къайлéнах тéшаш , лáмаз /х1отта/ деш , Óха шайна деллачух харж еш болу ,

4.шаьш /Дáла/ хьоьга доссийначух а , хьоьл хьалха /баьхкинчáрга/ доссийначух а тéшаш , эхартах шаьш догтешна болу .

5.Уьш шайн Дéлéра нийсачу новкъа т1ехь бу . Уьш бу уьш дéкъал хилларш .

6.Баккъалла а шаьш /Дéлах/ цатешнарш - цáрна цхьатерра ду /хьýна/ ахь шайна /и/ д1ахьéдичá а , я ахь шайна /и/ д1ацахьéдичá а -/цýнах/ тéшаш бац уьш.

7.Аллах1а мух1ар тоьхна цéран дегнашнá а , хазарнá а т1е , цéран б1аьргашна дуьхьал пардó ду . Цáрна доккха 1áзап /хир/ ду .

8.Нáхах бу шаьш óлурш : « Тхо тешна Аллах1ах а , эхарт дийнах а » . /амма/ Уьш бац муъманáх .

9.Аллах1 а , шаьш /Цунах/ тешнарш а 1éхó г1ерта уьш , /амма/ цáра ца 1éхадо шайн дог1маш бен , шайна хаá ца луш .

10.Цамгар ю цéран дегнаш чохь . Аллах1а сов бéхира уьш /шайн/ цамгарехь . Лазош 1áзап /хир/ ду цáрна , уьш харцлуьйш хиларна .

11.Шайга аьлча : « Ма лéлабиэ лаьтта т1ехь бóхамаш ! » - цáра элира : « Баккъалла а тхо /хьал/ тóдеш /ма/ ду »

12.Вá , баккъалла а уьш ма бу уьш бóхамхой , делахь цáрна ца хаало /и/ »

13.Шайга аьлча : « Тéша нах ма-тешшара ! » - цáра элира : « Тхо тешар дар ткъа сонтанаш ма-тешшара ? » . Вá , баккъалла а уьш ма бу уьш сонтанаш , делахь цáрна ца хаъа /и/ .

14.Шаьш /Дéлах/ тешначáрна дуьхьал кхетча цáра óлу : « Тхо /Дéлах/ тешна » . Шайна шайт1анашца цхьана бисча цара óлу : « Баккъалла а тхо шоьца ду . Баккъалла а тхо /цáрех/ кхаьрдаш ду » .

15.Аллах1 кхаьрдар ву цáрех , Цó бахбийр бу уьш шайн т1ехбийларехь боьхна хьийзаш .

16.Уьш шаьш нийсачу новкъах тилар эцнарш бу . Сáнé ца хилла цéран совдéгар . Уьш ца хилла /нийсачу новкъа/ нисбелларш .

17.Цéран масал шá ц1е латийначун масалх тера ду , цó цунна гóнаха /мел/ дерг серладаьккхинчу хéна , Аллах1а шайн серлó д1атилийна бóданашкахь битира уьш , шайна /х1уммá/ ца гуш .

18.Къора , мотт ца хууш , б1арзé бу /уьш/ . /тиларх/ Юхацабоьрзу уьш .

19.Йа стиглара /дог1ан/ мархах тера ду /цéран масал/ , шéна чохь бóданаш , /стигал/ къовкъар , ткъес долчу . Шайн п1елгаш шайн лергаш чу духку цáра стéлахаьштигех баларна кхоьруш , Аллах1 гóбина ву керстанашна .

20.Ткъес герга ду цéран б1аьрсаш д1аэца . Цó серлó елча цу чохь д1абуьйлало уьш , цó шайна т1ехь бóда бича совцу уьш . Аллах1ана лиъча Цó д1атилор ма дара цéран хазар а , цéран б1аьрсаш а . Баккъалла а Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .

21.Х1ай нáх ! Шайн Дáлла 1ибáдат дé , Шá шý а , шоьл хьалхарнаш а кхоьллина волчу . Шу /та1зарх/ кхéра тарло .

22.Шá шуна лаьттах мотт бина , стигалх тхов /бина/ , стиглара /дог1ан/ хи даийтина , цунца Шá стоьмех шуна рицкъа хьаладáлийтина /волчу/ . Ма бé Аллах1ана дéкъахой /теранаш/ , шайна /мегаш дóций/ хуушехь !

23.Óха Тхан лайна т1е доссийначух шу шекон чохь делахь , т1аккха аш дáладé и санна долу /цхьа/ сýрат , кхайкха Аллах1 /1аддá/ витина шайн тéшашка , шу бакълуьйш делахь !

24./нагахь/ Аш /и/ ца дахь , /ткъа/ аш /и/ дийр дац цкъá а , шу кхéра ц1ерах , шá латóран г1ирс адамаш а , т1улгаш а болу . И кечйина /Дéлах/ цатéшачáрна.

25.Кхаъ баккха шаьш /Дéлах/ тешначáргá а , диканаш динчáргá а , баккъалла а цáрна бошмаш хиларца , шайна к1елахула татóлаш лéлаш йолу . Шайна цу /бошмаш/ чуьра стоьмах рицкъа мел дели , цáра óлу: «Х1ара хьалха /дуьнен чохь/ тхýна делларг /санна/ ду-кх» . Цáрна деллéра и терадолуш . Цáрна цу чохь ц1ена зударий /хир/ бу , уьш цу чохь гуттар 1ийр бу .
26.Баккъалла а Аллах1ана эхь ца хéта масална чуьрк а , /я/ цул доккха дерг а дáладан . Амма шаьш /Дéлах/ тешнарш хууш бу баккъалла а и /масал/ шайн Дéлéра бакъдерг хилар . Амма шаьш /Дéлах/ цатешнарш , цáра óлу : « Х1ун лиъна-тé Аллах1ана х1окху масалца ? » . Цó тилáбо цунца дуккхá а /нáх/ , нисбо цунца дуккхá а . Цó тила ца бо цунца пéсакънáх бен ,

27.шаьш /жайнашкара/ Аллах1ан весет дóхош болу , и /шайна т1ехь/ ч1аг1динчул т1аьхьа , шá д1атасарца Аллах1а омру динарг д1ахáдош болу , лаьттахь бóхамаш беш болу . Уьш бу уьш эшамехь /хир/ берш .

28.Шу мýха цатéша Аллах1ах ? Шу делла дара , Цó дендира шу . Цул т1аьхьа Цó долуьйтур ду шу , юха дендийр ду шу , т1аккха Цунга дерзор ду шу .

29.Иза ву Шá шуна кхоьллинарг лаьттахь мел дерг дерригé , юха стигал т1евирзина ворх1 стигал йира Цó уьш. Иза массó х1ума хууш ву .

30.Хьан Дáла малийкашка элира : « Баккъалла а Со воллу лаьтта т1ехь cардал /вéрас/ ван » . Цáра элира : « Ахь во ткъа цу т1ехь , шá цу /латта/ т1ехь бóхамаш бийр берг , ц1ий 1éнор дерг , тхо Хьо хасторца Хьýна теспахь деш а , Хьо ц1анвеш а долуш ? » . Цó элира : « Баккъалла а Сýна хаъа шуна ца хуург » .

31.Áдамна массó /дийнатин/ ц1ераш 1áмийра Цó , юха уьш малийкашна гайтина Цó элира : « Йийца Соьга х1окхéран ц1ераш , шаьш бакълуьйш делахь »

32.Цáра элира : « Ц1ена ву-кх Хьо . Тхан хаъар /ма/ дац , Ахь тхýна 1амийнарг бен . Баккъалла а Хьо ма ву хуург , кхéтамéниг » .

33.Цó элира : « Х1ай Áдам ! Йийца цáрга цéран ц1ераш ! » . Цó цáрга цéран ц1ераш йийцича , Цó /Дáла/ элира : « Ас шоьга ца элира , баккъалла а Сýна хаъа стигалшин а , лаьттан а къайлé , /иштта/ Сýна хаъа аш гучудоккхуш а , хьулдеш а хилларг ? »

34.Óха малийкашка элира : « Охьата1а Áдамна ! » . Т1аккха охьатаь1ира уьш Иблис дóцург . Ца тигира и /охьата1а/ , куралла йира цó , /Дéлах/ цатéшачáрех хилира и .

35.Óха элира : « Х1ай Áдам ! Вáха хьó а , хьан зудá а ялсамани чохь . Аш шимма даъа цу чуьра шорта /даъарш/ шаьшшина луучура /схьаоьцуш/ , х1окху диттана /т1екховда/ герга ма г1óлаш , т1аккха шу шиъ зуламхойх хир ду » .

36.Шайт1анó д1ахилийра и шиъ цунах , цó áрадаьккхира и шиъ шаьш хилла чура . Óха элира : « Óхьадисса , шоьх цхьаберш вукхéран мостаг1ий болуш , шуна лаьттахь дáха меттиг а , цхьана хáнна зовкх а ду .

37.Áдама т1еийцира шен Дéлéра дешнаш , Цó цуьнан тóба къóбал дира . Баккъалла а Иза тóба къóбалдийриг , къинхéтам бийриг ву .

38.Óха элира : « Охьадисса цу чуьра массó ! Шоьга Соьгара нийса некъ бáг1ахь , ткъа шá Сан нийсачу новкъана т1аьхьаваьзнарг /милла велахь/ , цáрна т1ехь /цхьá/ кхéрам /хир/ бац , уьш г1áйг1анé /хир/ бац .

39.Шаьш /Тхоьх/ цатешнарш , Тхан áяташ харцдинарш , уьш /жоьжахатин/ ц1еран дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар /болуш/ бу » .

40.Х1ай Исрáилан к1ентий ! Дагадаийта Ас шайна делла /хилла/ долу Сан зовкх , кхóчуш йé /шаьш/ Соьца йина /йолу/ ч1áг1ó , т1аккха Ас кхóчуш йийра ю /Ас/ шоьца йина ч1áг1ó , Соьх /цхьаннах/ кхéралаш !

41.Шу тéша шоьгахь дерг бакъдеш Ас /шá/ доссийначух . Шу ма хила дуьххьарлéра цунах цатешнарш . Аш ма эца Сан áятех к1еззиг /болу/ мáх , Соьх кхéралаш !

42.Ма эдé бакъдерг харцдолчунца , /ма/ хьулдé бакъдерг , шайна /и бакъхилар/ хуушехь !

43Лáмаз /х1отта/ дé , закат лó , руку1 дечáрца руку1 дé !

44.Нáхана диканца омру /мýха/ до аш , шайн дог1маш дисдеш , шу /ма/ ду жайна доьшуш ? Шу ца кхéта /и вон хилар/ ?

45.Аш г1олаха /шайн хьашташкахь/ сóбарцá а , лáмазцá а . Баккъаллá а и /лáмаз/ дéза ма ду , /Дáлла/ муьт1ахь бóцучáрна .

46.Шаьш догтешна болу , баккъалла а шаьш шайн Дáлла дуьхьалкхéтар хиларх а , /иштта/ баккъалла а шаьш Цунга доьрзур хиларх а

47. Х1ай Исрáилан к1ентий ! Дагадаийта Ас шайна делла /хилла/ долу Сан зовкх а , /иштта/ баккъаллá а Ас шу 1áламашна т1ехь даздар а .

48.Шу кхера дийнах , /шéна чохь цхьанá/ дéг1ó /кхéчу/ дéг1ах х1уммá хьалхадоккхур дóцучу , шéгара /цхьанна/ т1ех1оттар къóбал дийр дóцучу , шéгара маха оьцур бóцучу , /шéна чохь/ шайна г1одийр доцучу .

49.Óха к1елхьардéхира шу /шун дай/ Фир1авнан ох1лунах цáра шоьга вон 1áзап 1овшуьйтучу хéна ; шаьш шун бóжабéраш бойъуш , шун зудбéраш дийна дуьтуш . Баккъалла а шун Дéлéра доккха зер /ма/ ду шуна цунгахь .

50.Óха бийкъира шоьца х1орд /шина дéкъé/ , шу к1елхьардéхира Óха , Фир1авнан ох1лу хи буха дахийтира , шу хьоьжуш долуш .

51.Шовзткъа буьйса хан йиллира Óха Мýсáна , т1аккха цул /Мýсá ваханчул/ т1аьхьа /1ибадатна/ эса лецира аш /цунах дéла вина/ , шаьш зуламхой долуш .

52.Т1аккха цул т1аьхьа къинт1éра девлира Тхо шуна . Шу баркаллé хила мега .

53.Оха делира Мýсáга жайнá а , /бакъ-харц/ къастор а . Нисдала мега шу .

54.Мýсáс шен къóмé элира : « Х1ай сан къáм ! Баккъаллá а аш зулам дина шайн дог1машна /шех дéла вина 1ибáдатна/ эса лáцарца , тóба дé шаьш Кхоьллинчунга , дайъа шайн дог1маш , и тоьлуш ду шуна шу Кхоьллинчунна гергахь . Т1аккха /аш и дича/ Цó къóбал дира шун тóба . Баккъалла а Иза тóба къóбалдийриг , къинхéтамéниг /ма/ ву » .

55.Аш элира : « Х1ай Мýсá ! Тхо хьоьх тéшар ма дац , тхайна Аллах1 б1аьра /хьалхá/ галлалц » . Т1аккха стéлахаьштигó лéцира шу , шу хьоьжуш долуш .

56.Т1аккха Óха шу дендира шу деллачул т1аьхьа . Аш баркалла áла тарло .

57.Мархашца 1индаг1 дира Óха шуна , манна /даар/ а , леъ /олхазар/ а доссийра шуна т1е . Даъа Óха шайна рицкъанах делла ц1енадерг . Зулам Тхýна зулам ца дира цáра , амма шайн дог1машна зулам деш бара уьш .

58.Óха элира : « Чудуьйла х1окху юьрта , даъа цу чуьра шорта /даъарш/ шайа луучура /схьаоьцуш/ , не1арéхула чудовла /шаьш/ охьатаь1на /долуш/ , аш áла : « /тхан 1áлашó/ Гечдар /дéхар ю/ » - т1аккха Óха гечдийр ду шуна шун г1алаташ , Óха /мéлехь/ сов бóхур бу дикадийраш »

59.Шаьш зуламдинчáра хийцира /Дéлан/ дош шайга аьлла дóцучунца . /т1аккха/ Шаьш зулам динчáрна т1е стиглара та1зар доссийра Óха , уьш пéсакъ /нáх/ хиларна .

60.Мýсáс /хьагделлачу/ шен къóмана /молу/ хи дийхира /Дéлé/ , т1аккха Óха /цунга/ элира : « Тóха хьан 1áса т1улгах !» . Шийтта шовда /хьала/ туьйхира /дéлира/ цунах , бакъ долуш х1оранна хиира шайн хи молу меттиг /муьлхарг ю/ . « Даъа , мала Аллах1ан рицкъанах , ма лéла лаьттахула бóхамаш беш ! »

61.Аш элира : « Х1ай Мýсá ! Óха сатýхур ма дац цхьана /кéпара/ даъар т1ехь . Дéха тхýна хьан Дéлé , Цó тхýна áрадоккхийла латтó хьаладóлуьйтучух - цуьнан хасстоьмех а , цуьнан наьрсех а , цуьнан саьрамсéкхех а , цуьнан кхоьашех а , цуьнан хóхех а » . Цó /Мýсáс/ элира : « Аш /мýха/ хуьйцу ткъа шá /мéхана/ уггар лахара долчух шá /шуна/ г1óлú дерг ? Дисса Мисар /г1áла/ , баккъалла а шуна /цу чохь/ аш дехнарг /хир/ ду » . Цáрна т1ехь йира /Дáла/ сийсазаллá а , мискаллá а . Уьш бухабирзира Аллах1éра оьг1азлонца . Иза , баккъалла а уьш Аллах1ан áятех ца тéшаш а , /цхьá/ бакъó йóцуш пайхамараш бойъуш а хиларна ду . Иза уьш 1éса хиларнá а , /дóзанел/ т1ехбуьйлуш хиларнá а ду .

62.Баккъаллá а шаьш /Дéлах/ тешнарш а , жуьгтийн динехь берш а , /1ийсáн динéра/ насáрáш а , /иштта/ Сáбиýнаш /óлу динах йаьлла тóбá/ а , цáрех/ шá Аллах1ах а , т1аьхьарчу /эхарт/ дийнах а тешна , дика 1амал йинарг /милла велахь/ , шайн ял ю цáрна шайн Дáлла гергахь, цáрна т1ехь /эхартахь/ цхьá кхéрам /хир/ бáц , /я/ уьш г1айг1анé /хир/ бáц .

63.Óха ийцира шун ч1áг1ó , шуна т1ехула лам айбира , /Тхаьш óлуш/ « Cхьаэца Óха шайга делларг нуьцкъах . Хьахадé цу чохь дерг ! Шу кхéра тарло » .

64.Т1аккха /ч1áг1óнах/ д1адирзира шу цул т1аьхьа . /ткъа/ Шуна т1éра Аллах1ан комаьршаллá а , Цуьнан къинхéтам а ца хиллехь , эшначáрех хилла хир ма дара шу .

65./Дéлóра/ Бакъ долуш , шуна /бовза/ ма бевзира шайха шоьтан дийнахь /дóзанел/ шаьш т1ехбевлларш . Óха элира цáрга : « Хила маймалш , сийсаза »

66.Óха дира и /та1зар/ цуьнан зáманарчáрнá , цул т1аьхьарчáрнá масалнá а , /Дéлах/ кхоьручáрна хьéхамнá а .

67.Мýсáс шен къóмé элира : « Баккъалла а Аллах1а шоьга омру до аш áттана урс хьакхарца » . Цáра элира : « Тхоьх кхаьрдаш ву хьо ? » . Цó /Мýсáс/ элира : « Аллах1а ларвойла со /кхардарца/ сонтачáрех хиларх »

68.Цáра элира : « Кхайкха тхýна хьан Дéлé , Цó тхýна билгалдийр дара х1ун /етт/ бу и » . Цó элира : « Баккъалла а Цó бóху : « Баккъалла а и бу , /дукха/ къéнá бóцуш , къóнá /шинара хéнарá/ бóцуш , цу юккъéрачу хéнара етт » . Дé Цó шайга бóхург !»

69.Цáра элира : « Кхайкха тхýна хьан Дéлé , Цó тхýна билгалдийр дара х1ун бу цуьнан бос » . Цó элира : « Баккъалла а Цó бóху : « Баккъалла а иза мóжа етт бу , шен бос къéгина болуш , /шéга/ хьоьжурш /шен хазаллах/ баккхийбеш /тáмашбеш/ » .

70. Цáра элира : « Кхайкха тхýна хьан Дéлé , Цó тхýна билгалдийр дара х1ун /етт/ бу и . Баккъалла а /и/ хьéлий /дукха долуш/ вовшех тараделла тхýна . Баккъалла а тхо , Аллах1ан лаахь , нийсачу новкъахь ма ду »

71.Цó элира : « Баккъалла а Цó бóху : « Баккъалла а и етт , латтана óхана дан а , óханна хи диллá а 1áмийна бац , уьнахц1ена бу , шéца таммаг1анаш дац » . Цáра элира : « Х1инца бакъонца веа-кх хьо » . Т1аккха урс хьаькхира цáра цунна , герга бáцара уьш /и/ дан .

72./цхьа/ Са /адам/ дийра аш , цу хьокъехь къийсаделира шу . Аллах1а áра /гучу/ доккхур ду аш хьулдеш хилларг

73.Óха /цáрга/ элира : « Аш цунна /веллачунна/ тóха цунах /аттах/ цхьа талх » . Иштта Аллах1а белларш денбо , шуна Шен билгалóнаш гойту . Шу кхéта мега .

74.Т1аккха , цул т1аьхьа ч1аг1делира шун дегнаш , /шайн ч1áг1аллехь/ т1улгех тера ду уьш , я ч1áг1аллехь /цáрел/ сов ду . Баккъалла а т1улгех ма бу шех шовданаш дуьйлург а , баккъалла а цáрех ма бу ша бéкъабелла шех хи дóлург а , баккъалла а цáрех ма бу шá Аллах1ах кхéрабелла охьабýжург а . Аллах1 /ма/ вац , аш дечух чидам /тергам/ бóцуш .

75.Аш догдóху ткъа уьш шайха тéшарé , бакъ долуш цáрех /цхьа/ тóба йара Аллах1ан къамелé лáдýг1уш , т1аккха и хуьйцуш шаьш цунах кхеттачул т1аьхьа , шайна /и/ хуушехь ?

76. Шаьш /Дéлах/ тешначáрна дуьхьал кхетча цáра óлу : « Тхо /Дéлах/ тешна » . /ткъа/ Цáрех цхьаберш вýкхарца /цхьана/ бисча /т1аккха/ цáра óлу : « Аш цáрга /х1унда/ дуьйцу ткъа Аллах1а шайна /бакъóнах/ схьадиллинарг /довзийтинарг/ , цáра шоьца къуьйсур ма ду цунца шун Дáлла гергахь ? Шу ца кхéта /цунах/ ? »

77.Цáрна ца хаъа /тов/ , баккъалла а Аллах1ана цáра хьулдийриг а , гучудоккхург а хууш дуй ?

78.Ц1уьх1аш /йóза-дéшар ца хуурш/ бу цáрех , шайна жайна ца хууш болу , /Дéлé болу шайн/ сатийсамаш бен /ца боьвзу цáрна/ . Уьш /ма/ бац , шаьш моьттуш бен .

79.Ма бáла бу-кх , шайн куьйгашца /шайгара/ жайнá яздеш , т1аккха óлучáрна : « Х1ара Аллах1ан гергара ду » - цунах к1еззиг /болу/ мáх эцархьама . Ма бáла /хир/ бу-кх цáрна шайн куьйгаша яздинчух . Ма бáла /хир/ бу-кх цáрна шаьш /хьáрам/ гулдечух .

80.Цáра элира : « Тхоьх /жоьжахатин/ ц1е хьакхалур ма йац , лéринчу /к1еззигчу/ дéношкахь бен » . Ахь áла : « Аш эцна тов Аллах1ан гергахь ч1áг1о , Аллах1а /и/ Шен ч1áг1ó йóхор йóцуш , я аш óлу тов Аллах1ан т1ехь шайна ца хуург !? »

81.Х1аъ . Шá вониг гулдинарг а , шен г1áлатлóнó шéна гó бинарг а , уьш жоьжахатин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .

82.Шаьш /Дéлах/ тешнарш а , диканаш динарш а , уьш ялсаманин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .

83.Óха ч1áг1ó ийцира Исрáилан к1енташкара : « Аллах1ана бен аш 1ибáдат дийра дац , дéца-нéнаца , гергарчáрца , байшца , мисканашца дикахила , нáхé диканиг áла , лáмаз /х1отта/ дé , закт лó !» . Т1аккха духадевлира шу , шоьх к1еззиг /берш/ бóцурш , шаьш /и кхóчуш дарха/ д1адизинá долуш .

84.Óха шун ч1áг1ó ийцира : « Шайн ц1ийш 1éнор дац аш , шаьш шайн х1усамашкара áрáдóхур дац аш » . Т1аккха аш мук1арлó дира , шаьш /цу т1ехь/ теш долуш .

85.Т1аккха , шу ду-кх х1орш , /цул т1аьхь/ шайн дог1маш дойъуш , шайха цхьаберш шайн х1усамашкара áрабóхуш , цáрна дуьхьал вовшашна г1о деш къа латорцá , мостаг1аллийцá , /ткъа/ уьш шайна т1е баьхкича йийсарш хилла , /уьш к1елхьара бáха/ цáрех мах ло аш , и шуна дихкина долушехь - уьш áрабáхар . Жайнан цхьадолчух тéша шу , вýкханах ца тéша шу ? И дечунан бéкхам /ма/ бац , дуьнéнан дáхарехь сийсазаллá бен . Къéмата дийнахь уьш берзор бу вунó ч1óг1ачу 1áзапé . Аллах1 чидам /тергам/ бóцуш /ма/ вац аш дечух .

86.Уьш шаьш эхартах дуьнéнан дáхар эцнарш бу , цáрна /цхьаммó/ 1áзап дайдийр дац , /я/ цáрна г1ó дийр дац .

87./Дéлóра/ Бакъ долуш , Óха делира Мýсáга /Таврáт/ жайна , цул т1аьхьа элчанаш бахкийтира т1аьххьé , елира Марйаман к1ентé 1ийсáга билгалóнаш , ч1аг1вира и /Жабрáилан/ сийлахьчу сица . Шайна элча мел вóг1у , шун дог1машна /бакъóнах/ ца дéзачунца , /цуна т1аьхьдáза/ куралла йира аш ? Цхьаберш харцбина аш , цхьаберш бойъу аш .

88.Цáра элира : « Тхан дегнаш /пардóца/ къевлина ду » . Мелхó а , Аллах1а не1алт аьлла цáрна уьш /Шех/ цатéшарна . Ма к1еззиг ду-кх цéран тéшар .

89.Шайга Аллах1ана гергара жайна деача , /шá/ царгахь дерг бакъдеш долу - уьш бара /цул/ хьалха /Дéлах/ цатешначáрна т1ехь г1о доьхуш - ткъа шайна /бакъонца/ девзинарг шайна деанчу хéна , цунах цатийшира уьш . Аллах1ан не1алт хуьлда керстанашна .
90.Ма вон ду-кх цáра шéца шайн дог1маш доьхкинарг , уьш Аллах1а доссийначух цатéшар , /цáра лаьцначу/ хьог1анна Аллах1а Шен комаьршаллех Шéн лешха Шéна луучунна т1е /жайна/ доссорна , Уьш бирзира /Дéлан/ оьг1азлонца /хьалхалерачу/ оьг1азлонна т1е . Керстанашна /уьш/ сийсаза /бен/ 1áзап /хир/ ду .

91.Шайга аьлча : « Тéша Аллах1а /Къуръáнах/ доссийначух ! » , цáра элира : « Тхо тéша тхайна /Таврáтах/ доссийначух » , уьш цатéша цул т1аьхьарчух , иза бакъдерг долушехь , цáргахь дерг /шá/ бакъдеш . Ахь áла /цáрга/ : « Хьалха Аллах1ан пайхамараш х1унда бойъура аш шу /Таврáтах/ тéшашнáх хилча ?! »

92./Дéлóра/ Бакъ долуш , Мýсá веара шуна билгалóнашца , т1аккха цул т1аьхьа эса лéцира аш /1ибáдатна/ , шаьш /и лáцарца/ зуламхой долушехь .

93.Óха шун ч1áг1ó ийцира , айъира шуна т1ехула лам /т1аккха элира/ : « Схьалáца Óха шайга делларг нуьцкъала , ладóг1а /шайга дечу омрунга/ ! » . Цáра элира : « Ладоьг1на , 1éса хилла тхо » . Эса дéзар д1аийра цéран дегнех уьш /Дéлах/ цатéшарна . Ахь áла : « Ма вон ду-кх /и/ шун иймáнó шоьга шеца оиру дийриг , шу муъманáх хиллехь »

94.Ахь áла /цáрга/ : « /нагахь/ Аллах1ан гергахь эхарт х1усам еккъа шуна /хир йолуш/ елахь , /бисинчу/ нáхана йóцуш , т1аккха аш /шаьш/ даларé сатаса шу бакълуьйш делахь » .

95.Цáра цунга сатосур ма дац цкъá а , шайн куьйгаш хьалха динарг бахьанехь . Аллах1 зуламхой бевзаш ву .

96./Дéлóра/ Хьýна уьш карор ма бу дáхарна т1ехь нáхал уггар сутара , /иштта/ шаьш /Дáлла/ дéкъахóвинчáрел а /сутара болуш/ . Цáрех цхьаволчунна лаьа шá эзар шарахь вáха , и /ма/ вац вáхарó 1áзапах шá гéнавоккхур волуш . Аллах1 гуш ву цáра дийриг .

97.Ахь áла /цáрга/ : « Шá Жабрáилан мостаг1 верг /милла велахь , халахетна лойла и/ » . Баккъалла а цó доссийна и /Къуръáн/ хьан даг т1е Аллах1ан лаамца , шел хьалхарниг бакъдеш , /шá/ муъманáхана нийса некъ а , кхаъ а хилла .

98.Шá Аллах1ан а , Цуьнан малийкашин а , Цуьнан элчанашин а , Жабрáилан а , Минкáилан а мостаг1 хилларг /милла велахь а/ , баккъалла а Аллах1 керстанашин мостаг1 /ма/ ву .

99./Дéлóра/ Бакъ долуш , Óха диссийна хьоьга билгала /долу/ áяташ , цáрца керстаналла ца до , пéсакънáха бен .

100.Шаьш ч1áг1ó мел йи , /йóхийна/ д1атеси и цáрех /цхьана/ тóбанó ? Мелхó а цáрех дукхах берш ца теша /Таврáтах/ .

101.Шайна Аллах1ан гергара элча веача , цáргахь дерг /шá/ бакъдеш волу , шайга жайна деллачáрех /цхьана/ тóбанó д1атесира Аллах1ан /Таврат/ жайна шайн баккъаш т1éхьá , баккъалла а шаьш /И Дéлéра хилар/ ца хууш /ца кхéташ/ болуш санна .

102.Уьш т1аьхьах1иттира , шайт1анаша Сулайман паччахьаллехь /палтосчу нáхана/ дуьйцуш /хьоьхуш/ хиллачунна . Сулаймáнас ца дина керстаналла , делахь а шайт1анаша дина керстаналла , шаьш нáхана 1áмош бозбуанчаллá а , Бáбилехь шина малийкана - Х1áрýтанá а , Мáрýтанá а т1едоссийнарг а . Цáршимма цхьá 1áма ца вóра , шаьшшимма /цунга/ áллалц : « Баккъалла а тхо зер /питан/ ду /хьýна/ , ма дé керстаналла ! » . Цáра 1áмадо цáршингара шéца стаг а , цуьнан зудá а эг1óриг . Уьш бац цунца цхьанá /дéна/ зéдийр долуш Аллах1ан пурбанца бен , цáра 1áмадо шайна зéдийриг , шайна пайда ца бийриг . /Дéлóра/ Бакъ долуш , цáрна хиъна шá и эцнарг /хаьржинарг милла велахь/ , цуна дац эхартахь /цхьá/ дáкъа . Ма вон ду-кх и цáра шех шайн дог1маш доьхкинарг , уьш /шайна хир дерг/ хууш хиллехь !

103.Баккъалла а уьш /Дéлах/ тешнéхьáра , /Цуьнан 1áзапах/ кхийранéхьáра /цáрна мéл хир ма бара/ . Аллах1ан гергара /болу/ мéл тоьлуш бу /цáрна/ . Уьш /и/ хууш хиллéхьáра /цáрна г1óлú хир дара и/ .

104.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Аш ма áла /пайхамарéга/ : « Дóладé тхан » , аш áла : « Хьажа тхоьга » , аш ладóг1а /шайга бóхучунга/ . Кéрстанашна лазош /долу/ 1áзап ду .

105./шоьца йолчу хьог1анна/ Ца дéза , шаьш жайнан ох1лунах /болу Дéлах/ цатешначáрнá а , /Дáлла/ дéкъахóвечáрнá а , шуна т1е шун Дéлéра дика доссор . Аллах1а Шен къинхéтамца къаставо Шéна луург . Аллах1 йоккха комаьршалла йолуш ву .

106.Óха /цхьа/ áят /Къуръанчура шен хьукманцá а , шен йóзанцá а , йа деккъа хьукманца/ д1адаьккхича /хийцича/ , йа /шуна/ и дицдалийтича , цул тоьлуш дерг , йа /йóлехь/ и санна дерг даладо Óха /шуна/ . Хьýна ца хиъна /тов/ , баккъалла а Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш вуй ?

107.Хьýна ца хиъна , баккъалла а Аллах1 , стигланашин а , лаьттан а паччахьалла /óлалла/ Цуьнан дуй ? Шун /ма/ вац Аллах1 вóцург вéрас /1уналчá/ , вац г1оьнчá .

108.Йа шу лууш ду шайн элчанé дéха , хьалха Мýсáга /цуьнан къóмó/ ма-деххара ? Шá керстаналлах иймáн хуьйцург /милла велахь/ , бакъ долуш тилла иза нийсачу новкъах .

109.Жайнан ох1лунах дукхахболчáрна дийзира , шаьш шу юхадерзор шун иймáнал т1аьхьа керстанаш долуш , шайн дог1машкарчу хьог1анна , бакъдерг шайна билгалдаьллачул т1аьхьа . Гечдé , къинт1éра довла /цáрна/ , Аллах1 вáллалц Шен омрунца . Баккъалла а Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .

110.Лáмаз /х1отта/ дé , закат лó ! Аш диканах шайн дог1машна хьалха /мел/ даьккхинарг , шуна и карор ду Аллах1ан гергахь . Баккъалла а Аллах1 аш дийриг гуш ву .

111.Цáра элира : « Ялсамани г1ýр ма бац шаьш жуьгтийн динехь , йа /1ийсáн динéра/ насáрáш хилларш бен » . Уьш цéран сатийсамаш бу . Ахь áла /цáрга/ : « Cхьабá шайн бух , шаьш бакълуьйш хилча »

112.Х1аъ /г1ýр ву/ . Шá шен юьхь /доггаха/ Аллах1ана муьт1ахь йинарг /милла велахь/ , шá /шар1ó ма-бохху/ дикадеш волуш , цуна шен ял /хир/ ю шен Дáлла гергахь , /эхартахь/ цáрна /цхьá/ кхерам /хир/ бац , /йа/ уьш г1айг1анé /хир/ бац .

113.Жуьгташа элира : « /1ийсáн динехь болу/ Насáрáш бац /цхьанá/ х1уманна /бух/ т1ехь » . /1ийсáн динехь болу/ Насáрáш элира : « Жуьгтий бац /цхьанá/ х1уманна /бух/ т1ехь » . /ткъа/ Уьш /ма/ бу /шайна т1е доьссина/ жайна доьшуш /бакъдерг девзаш/ . Иштта цáра ма-áллара элира , шаьш ца хууш /сонта/ болчáрá а . Аллах1а кхел йийр ю цáрна юккъехь къéмат дийнахь , уьш шéгахь бéкъалуш хиллачунгахь .

114.Мила ву сов зуламе , шá Аллах1ан маьждигаш шайна чохь Цуьнан ц1е яккхарх духатоьхначул а , уьш дóхó /д1акъовлa/ г1ерташ къахьегначул а ?
Уьш - цéран /йиш/ ца хилла цу /маьждигаш/ чубахар кхоьруш бен . Дуьнéнахь сийсазалла ю цáрна , /ткъа/ эхартахь доккха 1áзап ду цáрна

115.Аллах1ан ю малхбáлéнаш а , малхбузéнаш а . Шу миччахьá дирзичá а , цигахь Аллах1ан юьхь ю . Баккъалла а Аллах1 /массó дика/ чулóцуш , хууш ву .

116.Цáра элира : « Аллах1а /Шéна/ доьзалхó эцна » . Ц1ена ву-кх Иза . Мелхó а , Цуьнан /дóлахь/ ду стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг . Массó /х1ума/ Цунна муьт1ахь ду .

117.Стигланаш а , лáттá а кхоьллинарг ву /Иза/ . Шá цхьана белхан сацам бича , баккъалла а Цó óлу цунга : « Хила » - т1аккха и хуьлу .

118.Шаьш ца хууш болчара элира : « Аллах1 тхоьга вистхилахьáра , йа тхýна /цхьа/ билгалó йáг1ахьáра » . Иштта цáра ма-áллара элира , шаьш цáрел хьалхарчáрá а . /цатéшарехь/ Вовшех тарделла цéран дегнаш . Бакъ долуш , Óха билгалдина /Тхан/ áяташ /доггах/ тéшачу нáхана .

119.Баккъалла а Óха бакъонца /х1оттавелла/ ваийтина хьо /нáхана ялсаманица/ кхаъбоккхуш , /жоьжахати хирг хилар/ д1áхьéдеш . Хьоьга жоп доьхур дац жоьжахатин дайх .

120.Хьýна рéза хир ма бац жуьгтий а , /1ийсан динéра/ насáрáш а хьо шайн динна т1аьхьах1отталц . Ахь áла : « Баккъалла а Аллах1ан некъ бу и нийса некъ » . /Дéлóра/ Хьо цéран /дéг1ан/ лаамашна т1аьхьах1оттахь , хьайга 1илманах дерг деанчул т1аьхьа , Аллах1éра вéрас /1уналчá хир ма/ вац хьýна , /йа/ г1оьнчá /хир ма/ вац /хьýна/ .

121.Óха шайга жайна деллачáра доьшу и , шá дéша ма-дезза . Уьш цунах тéшаш бу . Шá цунах цатéшарг /милла велахь/ , уьш бу уьш эшнарш .

122.Х1ай Исрáилан к1ентий ! Дагадаийта Ас шá шуна делла /долу/ Сан зовкх а , баккъалла а Ас шу 1áламашна т1ехь даздар а .

123.Шу кхéра /шéна чохь цхьанá/ дéг1ó /кхéчу/ дéг1ах х1уммá хьалхадоккур дóцучу , цунгара /цó шен дег1 хьалхадаккха/ махийна делларг къóбул дийр доцучу , /цхьаъ шафá1атца/ т1ех1оттарó цунна пайда бийр бóцучу , цáрна /цхьаммó/ г1о дийр дóцучу дийнах .

124.Ибрáх1им зийра цуьнан Дáла дешнашца /дéкхаршца/ , /т1аккха/ цó кхóчуш дира уьш . Цó /Дáла/ элира : « Баккъалла а Ас хьо /нáхана/ имам вийр ву » . Цó /Ибрáх1ма/ элира : « Сан т1аьхьéнах а /бéхьа имáмаш/ » . Цó /Дáла/ элира : « Сан ч1áг1ó ца кхóчу зуламхошна »

125.Óха дина /и хьаж/ ц1а нáхана /юх-юха гулбала/ боьрзийлá а , маьрша меттиг а . Аш йé Ибрáх1им /хьаж-ц1а дуóг1а/ х1оьттинчу меттигах лáмаз /ден/ меттиг . Óха весет /омру/ дира Ибрáх1мé а , Исмá1илé а : «Ц1андé Сан /хьаж/ ц1а гуóбоккхучáрнá а , /цигахь/ 1ечáрнá а , /рукý1ана/ охьатé1ачáрнá /сужýдана/ гóрабоьлхучáрнá а »

126.Ибрáх1има элира : « Х1ай /сан/ Дéла ! Хилийтахь х1ара мохк маьрша , стоьмех рицкъа лóхьа цуьнан бáхархошна - цáрех шá Аллах1ах а , т1аьхьарчу /къéмат/ дийнах а тешначунна » . Цó /Дáла/ элира : « Шá /Соьх/ цатешнарг /милла велахь/ , Ас жимма /ханна/ зовкх хьоьгуьйтур ду цунга , т1аккха /жоьжахатин/ ц1еран 1áзапé вуьгур ву . Ма вон воьрзийла ю-кх /и/ »

127.Ибрáх1имá а , Исмá1илá а хьаладоьттира /хьаж/ ц1ийнах баххаш /шаьшшимма óлуш/ : « Х1ай тхан Дéла ! Къóбал дéхьа тхоьгара /х1ара/ , баккъалла а Хьо /цхьаъ/ ву-кх хезаш , хууш верг .

128.Х1ай тхан Дéла ! Хьайна муьт1ахь вéхьа тхой шиъ , тхан т1аьхьéнех а /éхьа/ Хьайна муьт1ахь тóба . Гайтахь тхýна тхан /хьаж даран/ белхаш , тхан тóба къóбал дéхьа , баккъалла а Хьо /цхьаъ/ ву-кх тóба къóбал дийриг , къинхéтам бийриг .

129.Х1ай тхан Дéла ! Ваийтахь цáрна шайха /волу/ элча , шá цáрна Хьан áяташ доьшур долуш , цáрна жайнá а , кхéтамаллá а 1áмор долуш , уьш /керстаналлех/ ц1анбийр болуш /волу/ , баккъалла а Хьо /цхьаъ/ ву-кх сийлахь , кхéтамé верг »

130.Мила ву Ибрáх1иман дин цадéзаш верг , шен дéг1ана сонта хилларг бен ? /Дéлóра/ Бакъ долуш Óха /гергарлонца/ дуьненахь хаьржина иза , баккъалла а эхартахь дикачáрех ма ву иза .

131.Цуьнан Дáла элира цунга : « Муьт1ахь хила ! Цó элира : « Cо муьт1ахь ву 1áламийн Дáлла »

132.Цунца весет дира шен к1енташка Ибрáх1имá а , /иштта/ Я1къýбá а /Ибрáх1има элира/ : « Х1ай сан к1ентий ! Баккъалла а Аллах1а шуна хаьржина /х1ара/ дин . Шу дала ма лойла шаьш бусулба долуш бен »

133.Шу теш дара тов Я1къýбана т1е валар деанчу хéна ? Цó шен к1енташка : « Аш соьл т1аьхьа 1ибáдат хьáнна дийр ду ? » - аьллачу хéна . Цáра элира : « Óха 1ибáдат дийр ду хьан Дáллá а , хьан дайшин - Ибрáх1иман а , Исмá1илан а , Исхьáкъан а Дáллá а - цхьана Дáлла , тхо Цунна муьт1ахь ду » .

134.Иза - бакъ долуш д1адахана /д1атилла/ уммат ду . Цунна шá гулдинарг ду , шуна аш гулдинарг ду , шоьга /жоп/ хоттур дац цáра деш хиллачух .

135.Цáра элира : « Шу хила жуьгтийн динехь , йа /1ийсáн динéра/ насáрáш , т1аккха /нийсачу новкъа/ нислур ду шу » . Ахь áла : « Мелхó а , /тхо т1аьхьадóзур ду/ Ибрáх1иман динна /шá бакъóнга/ туьйжуш /волчу/ . Иза ца хилла /Дáлла/ дéкъахóвечáрех »

136.Аш áла : « Тхо тешна Аллах1ах а , /Цó/ тхайга доссийначух а , Ибрáх1имéгá а , Исмá1илéгá а , Исхьáкъéгá а , Я1къýбéгá а , /цуьнан/ т1аьхьéнашкá а доссийначух а , Мýсáгá а , 1ийсáгá а деллачух а , пайхамарашка шайн Дéлéра деллачух а . Óха къаста ца во цáрна юккъéра цхьá а . Тхо Цунна /цхьáнна/ муьт1ахь ду » .

137.Ткъа уьш цунах шу ма-тешшара тешнехь , т1аккха бакъ долуш /нийсачу новкъа/ нисбелла уьш . Ткъа уьш /цунах/ д1абирзинехь , т1аккха баккъалла а уьш /шоьца/ ийг1ина /барт боьхна/ бу . Аллах1а 1áлашвийр ву хьо цáрех . Иза хезаш , хууш ву .

138Аллах1ан /динан/ хазаллийна /т1аьхьадáза/ . Мила ву ткъа /динан/ хазаллехь Аллах1ал тоьлуш верг ? Тхо ду Цунна 1ибáдат деш ду .

139.Ахь áла /цáрга/ : « Ткъа шу тхоьца /мýха/ къийсало , Иза тхан Дéлá а , шун а Дéлá а /ма/ ву , тхýна тхан 1амалш ю , шуна шун 1амалш /ма/ ю , тхо Цунна доггах /лéлаш ма/ ду ? »

140./мелхó а/ Аш óлу ткъа : « Баккъалла а Ибрáх1им а , Исмá1ил а , Исхьáкъ а , Я1къýб а , /цуьнан/ таьхьéнаш а жуьгтийн динехь , я /1ийсáн динéра/ насáрáш хилла ? » . Ахь áла /цáрга/ : « Шу ду г1óлú хууш я Аллах1 ву ? Мила ву /ткъа/ т1ех зуламé , Аллах1éра /доьссина долу/ шéгара тéшалла хьулдинчул а ? Аллах1 /ма/ вац аш дечух чидам /тергам/ бóцуш »

141.Иза /шен хан текхна/ д1адахана уммат ду . Цунна шá /гул/ динарг /хир/ ду , шуна аш /гул/ динаг /хир/ ду . Шоьга /жоп/ хоттур дац цáра деш хиллачух .

142.Нáхах сонтачáра эра ду : « Стé д1аберзийна уьш , шаьш шéна т1ехь хиллачу , шайн къилбех ?! » . Ахь áла : « Аллах1ан /дóлахь/ ю малхбáлé а , малхбузé а . Цó /цхьамма/ нисво Шéна луург нйсачу новкъа » .

143.Иштта , Óха шу дина тоьлуш /долу юккъéра/ уммат , /къéмат дийнахь/ шу нáхана т1ехь теш хилийтá а , элча шуна т1ехь теш хилийтá а . Óха ца йина хьо шéна т1ехь /хила лууш/ волу къилба , шá элчанна т1аьхьах1уттург шен шина к1áжанé /керстаналлé/ воьрзучух Тхайна вовзархьамá бен . Баккъалла а доккха /деза/ хилла и /къилба хийцар/ , /цáрех/ Аллах1а шаьш нисбинарш бóцучáрна т1ехь . Аллах1 /ма/ ца хилла , Шá шун иймáн /лáмаз эрна/ дойъур долуш . Баккъалла а Аллах1 адамех къахéташ , /цáрех/ къинхéтам беш ма ву .

144.Бакъ долуш Тхýна го , хьан юьхьан /Дéлéра хаамé сатуьйсуш/ стигалхула д1асхьакерчар . /Дéлóра/ Óха хьо верзор ма ву хьо шéна рéза волчу къилбéхьа . Ерзаé хьан юьхь /шéна чохь вóниг дар/ Дихкинчу /Маккара/ маьждиг áг1óр ! Шаьш миччахьа хилчá а аш ерзаé шайн яххьаш цуьнан áг1óр . Баккъалла а шайна /Дáла/ жайна делларш , хууш ма бу баккъалла а и шайн Дéлéра бакъдерг хилар . Аллах1 /ма/ вац , аш дечух чидам /тергам/ бóцуш .

145./Дéлóра/ Хьо веача , /Дáла/ шайна жайна деллачáрна , массó билгалонца , уьш т1аьхьах1уьттур ма бац хьан къилбанна , /я/ хьó /ма/ вац т1аьхьах1уттур волуш цéран къилбанна . Цáрех цхьаберш /ма/ бац т1аьхьах1уттур болуш вýкхáрна . /Дéлóра/ Хьо цéран /дéг1ан/ лаамашна /áладашна/ т1аьхьах1оттахь , хьайга /Дéлера/ хаар деанчул т1аьхьа , т1аккха баккъалла а хьо зуламхойх /хир/ ма ву .

146.Óха шайна жайна деллачáрна войзу и /Мухьаммад/ , шайна шайн к1ентий бовзарх терра . Баккъалла а цáрех /цхьана/ тóбанó /цуьнах лаьцна/ бакъдерг хьул /ма/ до шайна /и/ хууш долушехь .

147.Хьан Дéлéра бакъдерг ду /и/ . Хьо ма хулийла /цу т1ехь/ шекболчáрех !

148.Х1óраннá т1евоьрзийла /къилба/ ю , иза шéна т1евоьрзуш /йолу/ . Къовсалó диканашкахь . Шу миччахьа хилчá , Аллах1а шу /бéкхамна/ схьадáлор /схьагулдийр/ ду дерригé . Баккъалла а Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .

149.Хьо миччарá а /новкъа/ áраваьлча , ахь ерзаé хьан юьхь /шéна чохь вóниг дар/ Дихкинчу /Маккара/ маьждиг áг1óр . Баккъалла а и хьан Дéлéра бакъдерг ду . Аллах1 /ма/ вац , аш дечух чидам /тергам/ бóцуш .

150. Хьо миччарá а /новкъа/ áраваьлча , ахь ерзаé хьан юьхь /шéна чохь вóниг дар/ Дихкинчу /Маккара/ маьждиг áг1óр . Шаьш миччахьá хилчá , аш ерзаé шайн яххьаш цуьнан áг1óр . Нáхана шуна дуьхьал /бáккха/ бух ца хилийтархьамá а . Цáрех шаьш зулам динарш бóцурш , шу ма кхéра цáрех , Соьх кхéра . Шуна т1éра Сан зовкх кхóчушдархьамá а . Шу /бакъонга/ нисдала тарло .

151.Óха шуна юкъахь шоьх /волу/ элча ваийтарх терра , шá шуна Тхан áяташ доьшуш , шу /вóчух/ ц1андеш , шуна жайнá а , кхéтамаллá а 1áмош , шуна /хьалха/ хууш ца хилларг 1áмош .

152.Хьахавé Со , /т1аккха/ Ас шý хьахор ду . Баркалла áла Сýна , керста ма хила Сýна .

153.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш !/эхарт дáккхарехь/ Аш г1о лаха сóбарцá а , лáмазцá а . Баккъалла а Аллах1 сóбарéчáрца ву /шуна/ .

154.Аш ма áла Аллах1ан новкъахь вуьйчунна : « /уьш/ Белла » . Мелхó а , дийна бу /уьш/ , делахь а шуна хаа ца ло /и/ » .

155./Дéлóра/ Óха шу зуьйр ма ду кхéрамах х1уманцá а , мацаллийцá а , даьхнех а , синошхá а , стоьмех а /болчу/ эшамцá а . Ахь кхаъбаккха сóбарéчарна /ялсаманийца/ ,

156.шаьш - шайна т1е цхьа бáла беача - óлуш болу : « Баккъалла а тхо Аллах1ан /дóлахь/ ду , баккъалла а тхо Цунга доьрзур /долуш/ ду » .

157.Уьш - цáрна т1ехь шайн Дéлéра гечдарш а , къинхéтам а бу . Уьш бу уьш /нийсачу новкъа/ нисбелларш .

158.Баккъалла а Сафá /лáм/ а , Марват /лам/ а Аллах1ан билгалóнех бу . Шá хьаж ц1а вахнарг , я 1умрат динарг /милла велахь/ , цунна т1ехь къа дац цó царшинна гó баккхарехь . Шá шен лаамца дика динарг /милла велахь/ , баккъалла а Аллах1 /цунна/ баркаллé , /и/ хууш ву .

159.Баккъалла а Óха билгалонех а , нийсонах а доссийнарг шаьш хьулдийраш , Óха и нахана жайнахь билгалдинчул т1аьхьа , уьш - цáрна Аллах1á наь1алт эра ду , /массó/ наь1алт óлучáрá наь1алт эра ду цáрна .

160.Шаьш дохкóбоьвлларш а , /шайн/ 1амалш/ туойинарш а , /хьулдинарг/ билгалдинарш а бóцурш . /ткъа/ Уьш - Ас къóбул дийр ду цéран тóба , Со тóба къóбул дийриг , къинхéтамéниг ву .
161.Баккъалла а шаьш керстаналла динарш а , шаьш керстанаш болуш белларш а , уьш - цáрна т1ехь Аллах1ан а , малийкин а , массо нéхан а наь1алт /хир/ ду .

162./шаьш/ гуттар цу чохь лаьтташ , цáрна 1áзап дайдийр дац , /я/ уьш т1аьхьатоттур бац .

163.Шун Дéла - /веккъа/ цхьа Дéла ву , кхин дéла вац Иза вóцург , /шоьх/ къахеташ , къинхéтам беш волу .

164.Баккъалла а стигланаш а , лáттá а кхолларехь а , буьйсá а , дé а хийцадаларехь а , нáхана пайден долчунца х1ордахула лéлачу х1орд-кéманашкахь а , /дог1ан/ хинехь а Аллах1а /шá/ стиглара даийтина , шéца лáтта дендина и /дакъа/ деллачул т1аьхьа , шéна чохь Цó массó дийнат даржийна /долу/ , мехаш /хуьйцуш/ дáхкийтарехь а , стигланá а , лáттанá а юккъахь /Дéлан омрунца/ лéлачу мархашкахь а /Дéла цхьаъ хиларан/ билгалóнаш ма ю хьéкъалéчу /ойлаечу/ нáхана .

165.Нáхах /цхьа нах/ бу шаьш Аллах1 /1адда/ витина /ц1уйх/ дéлий лоьцурш , шайна уьш бéзаш Аллах1 вéзарх терра . /ткъа/ Шаьш /Дéлах/ тешнарш /ц1уй лоьцучáрел сов/ ч1óг1а бу Аллах1 вéзарехь . Шаьш зуламдинчáрна хиънéхьáра , шайна 1áзап гучу хенахь , баккъалла а ницкъ /цáра лецначу дéлийн бóцуш/ берригé Аллах1ан буйлá а , баккъалла а Аллах1 1áзап ч1ог1а долуш вуйлá а /цáра уьш лецна хир ма бáцара/ .

166./дуьнен чохь/ Шайна т1аьхьа /нáх/ х1иттина хилларш /шайна/ т1аьхьах1иттина хиллачáрех /къéмат дийнахь/ д1акъаьстар бу , /бакъ долуш/ 1áзап гур ду цáрна , /юкъара/ уьйраш хéдар ю цéран .

167.Шаьш /цáрна/ т1аьхьах1иттина хиллачáра эра ду : « Баккъалла а тхан цкъа /дуьненчу/ юхадоьрзийла делхьáра , тхо д1акъаьстара /ма/ дара цáрех , уьш /тахана/ тхоьх д1акъастарх терра » . Иштта , Аллах1а цáрна гойтур ю цéран 1амалаш /шайха/ бáланаш /хилла/ . Уьш /ма/ бац , жоьжахати чуьра áрабевра болуш .

168.Х1ай нáх ! Даъа лаьттахь долчух хьáнала , ц1éна дерг ! Шу т1аьхьа ма х1итта шайт1ан г1улчашна /ларашна/ , баккъалла а иза шуна билггала мостаг1 /ма/ ду .

169.Баккъалла а цó шуна омру до вóчунцá а , маьттазачунцá а , Аллах1ана т1ехь шайна ца хуург аш áларцá а .

170.Шайга аьлча : « Аллах1а доссийначунна т1аьхьадáза ! » , цáра óлу : « Мелхó а , тхýна тхан дай шéна т1ехь карийначунна т1аьхьадóзур ду-кх тхо » . Шайн дай /динах цхьанá/ х1уманах ца кхеташ а , /бакъонга/ нис ца луш хиллехь а /т1аьхьабóзур бу уьш/ ?

171.шаьш /Дéлах/ цатешначéран масал , /шайга/ кхайкхар а , мохь /беттар/ а бен /кхин х1умма/ ца хезчунга /ца кхéтачунга/ мохь беттачун масалх тера ду . Къора , мотт ца хууш , б1аьрзé бу /уьш/ , /хьéхамах/ кхéташ бац уьш .

172.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Даъа Óха шайна деллачу рицкъанах ц1енадерш , баркалла áла Аллах1ана , шу делахь /веккъа/ Цунна /цхьанна/ 1ибáдат деш !

173.Баккъалла а Цó хьáрам йина шуна къиэелларг а , ц1ий а , хьакхин жижиг а , Аллах1 вóцунна /ц1е йоккхуш/ шá йийнарг а . Ткъа шá /хьаштóнó гатвина/ ца ваьлла /цó кхаьллинехь/ , /и/ éзаш вóцуш , /хьаштóнан дóзанал/ т1ехвóлуш вóцуш , т1аккха цунна т1ехь къа дац . Баккъалла а Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву .

174.Баккъалла а Аллах1а жайнах доссийнарг шаьш хьулдийраш а , цунах к1еззиг /болу/ мáх оьцурш а , уьш - цáра юур яц шайн гайнашкахь /жоьжахатин/ ц1é бен , Аллах1 вистхир вац цáрга къéмат дийнахь , /къинойх/ уьш ц1анбийр бац Цó , цáрна лазош /долу/ 1áзап /хир/ ду .

175.Уьш шаьш нийсачу новкъах тилар а , гечдарх 1áзап а эцнарш бу . Ма ч1ог1а сóбарé хилла-кх уьш /жоьжахатин / ц1éр /ох1лун 1амал/ т1ехь !

176.Иза , баккъалла а Аллах1а /Шен/ жайна бакъонца доссорна ду . Баккъалла а шаьш жайнан хьокъехь бéкъабелларш , гéнарчу эг1арехь ма бу 177.Дикалла - аш шайн яххьаш малхбáлéхьá а , малхбузéхьá а ерзор яц , амма дикаверг - шá Аллах1ах , т1аьхьарчу /эхарт/ дийнах , малийкех , жайнах , пайхамарех тешнарг а , шéна дéзашехь гергарчáрнá , байшнá , маскачáрнá , нéкъахóчуннá , /сáг1а/ доьхучáрнá , /лайш/ азатбарнá /маьршабáхарнá/ даьхни делларг а , лáмаз /х1отта/ динарг а , закат делларг а , шаьш ч1áг1ó йинчу хéнахь /и/ шайн ч1аг1ó кхóчуш йийраш а , къоьллехь а , сиркхóнехь а , сингаттам болчу хéнахь а сóбарé берш а бу . Уьш шаьш /шайн ийманехь/ бакъхилларш бу , уьш бу уьш /Дéлах/ кхоьрурш .

178.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! /Дáла/ Шуна /яздина/ т1едиллина байъанчáрна т1éра /нийсонца/ ч1ир эцар . Маьршачунна дуьхьал маьршаниг , лайна дуьхьал лай , стéна дуьхьал стé . Шен /бусалба/ вашас шéна цхьа х1ума гечдинарг /милла велахь/ , т1аккха /цунна т1ехь г1иллакхца/ девзинчунца т1аьхьавáзар а , диканца /нийсонца/ цунга /г1ýда/ д1адалар а ду . И /кхел/ шун Дéлéра дайдар а , къинхéтам а бу . Цул т1аьхьа /шар1ал/ т1ехваьлларг /милла велахь/ , цунна лазош /долу/ 1áзап ду .

179.Ч1ир эцарехь дáхар ду шуна х1ай хьéкъал дерш . Шу кхéра тарло .
180./Дáла/ Шуна /яздина/ т1едиллина , шоьх цхьанна т1е валар деача - нагахь цó /шел т1аьхьа/ даьхни дитанехь - дéна-нáннá а , гергарчáрнá а , /шар1аца/ девзинчунца весет дар , /Дéлах/ кхоьручáрна т1ехь хьакъ долуш .

181.Шá и /весет/ хийцанарг /милла велахь/ , шéна и хезначул /хиъначул/ т1аьхьа , баккъалла а цуьнан къа шаьш и хуьйцучáрна т1ехь ду . Баккъалла а Аллах1 хезаш , хууш ву .

182.Весет дечунгара харцó , йа къа дáларна шá кхийрина , цáрна юкъахь масла1ат динарг /милла велахь/ , цунна т1ехь къа дац . Баккъалла а Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву .

183.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! /Дáла/ Шуна /яздина/ т1едиллина марха кхáбар , шоьл хьалхарчáрна /Шá/ т1едилларх терра . Шу кхéра тарло /1áсаллех/ .

184./мáрханаш кхáба/ Лéрина /долчу/ деношкахь . Ткъа шоьх шá цомгуш , йа нéкъаца хилларг /милла велахь/ , т1аккха /цунна т1ехь/ кхéчу дéношха масех /кхáбар/ ду . И ца кхáбалочáрна т1ехь /цáра балабéзаш/ мáх бу - мискачунна /цхьаъ/ кхáча балар . Шен лаамца /шеггара/ дика динарг /милла велахь/ , и за цунна дика ду . Аш мáрхакхáбар шуна дика ду , шуна /и/ хууш делахь .
185.Мáрхин бутт , шéна чохь Къуръáн доссийна /бутт/ бу , нáхана нийса некъ а , нийсачу новкъах /йолу/ билгалóнаш а хилла /долу/ . Шоьх /цу/ баттана шá т1екхаьчначó кхóбийла и . Ткъа шá цомгуш , йа нéкъаца хилларг /милла велахь/ , т1аккха /цунна т1ехь/ кхéчу дéношха масех /кхáбар/ ду . Аллах1ана шуна атталла лаьа , шуна халó /ян/ ца лаьа . Аш кхóчуш дойла /и/ масех /де/ , /Аллах1у акбар áларца/ вазвойла Аллах1 , Цó шаьш /бакъонна т1е/ нисдарна . Шу баркаллé хила тарло .

186.Сан лайш хьоьга Соьх /лаьцна/ хаттахь , баккъалла а Со гергахь /юххехь/ ву , Ас жоп лур ду кхойкхучун до1анна цó /Сайга/ кхайкхича . Сýна /муьт1ахьаллийца/ жоп лойла цáра , Соьх тéшийла уьш . Уьш нисбала тарло .

187./Дáла/ Шуна магийна мархин /беттан/ буьйсанна /шу/ шайн зударшна т1ег1ортар . Уьш шун дýхар ду , шу цéран дýхар ду . Аллах1ана хиъна , баккъалла а аш шайн дог1маш лéдеш хиллий , т1аккха шуна гечдина Цó , шуна къинт1éра ваьлла . Х1инца хьакхалó шу цáрех /меттахь/ , аш лаха /цáрца/ Аллах1а шайна яздинарг . Йаъа , мала 1уьйранна к1ай тай 1аьржачу тайх /сá-бóда/ къáстталц , т1аккха кхóчуш де /шайн/ марха буьйса йоллалц . Шу цáрех /шайн зударех/ хьакха ма лó шаьш маьждигехь /1ибáдат деш/ 1еш долуш . Уьш Аллах1ан /шар1а/ дóзанаш ду . Шу герга ма г1ó цáрна . Иштта , билгалдо Аллах1а нáхана Шен áяташ . Уьш /хьáрамчух/ кхера тарло .
188.Аш ма даъа вовшийн даьхнеш шайна юккъехь хáрцонца , ма кховдадé уьш кхéлахошка , нéхан даьхнех цхьадерг зуламца даархьама , шайна /и хьáрам дуй/ хуушехь .

189.Цáра хьоьга хоьтту беттан /хийцабаларан/ хьóлех , ахь áла /цáрга/ : « Уьш нáханá а , хьаждехкарнá а хéнаш ю » . Дикалла - шу х1усамашка цáрна т1éхьахула дáхкар яц , амма дикаверг шá /Дéлах/ кхийринарг ву . Шу дуьйла х1усамашка цéран не1аршкахула . Аллах1ах кхéра . Шу дéкъалхила тарло .

190.Лата /т1ом бé/ Аллах1ан /дин айдаран/ новкъахь /мостаг1ех/ шайха летачáрех , /амма дóзанел/ т1ех ма довла . Баккъалла а Аллах1ана ца бéза т1ехбуьйлурш .

191.Байъа уьш шаьш цáрна т1екхаьчначохь , áрабáха уьш шаьш цáра áрадаьхначура . /Дéлаца декъахóваран/ Питана /Дáлла гергахь/ ч1óг1а /доккха/ ду /цáра стаг/ вéрал а . Шу ма лата цáрех /шéна чохь хьáрамниг дар/ Дихкина /долчу/ маьждигна гергахь , уьш цу чохь шоьх латталц . Ткъа уьш /цу чохь/ шоьх латахь , т1аккха аш байъа уьш /цу чохь/ . Иштта бу /Дéлах/ цатéшачéран бéкхам .

192.Ткъа уьш /летачур/ совцахь , т1аккха /шý совца/ баккъалла а Аллах1 гечдеш , къинхéтамé /ма/ ву .

193.Лата царех /Дéлаца декъахóваран/ питан ца хилийтархьама , дин /лелор деккъа/ Аллах1ана хилийтархьама . Ткъа уьш совцахь , т1аккха мостаг1алла дац зуламхошца бен .

194.Бихкина бутт бихкинчу беттан дуьхьал бу . Бехкамаш /ларцабича/ ч1ироьцуш бу . Шá шуна т1елеттарг /милла велахь/ , шу цунна т1елата иза шайна т1елатарх терра . Аллах1ах кхéра , шуна хаъа баккъалла а Аллах1 /Шех/ кхоьручáрца вуйла .

195.Харжйе Аллах1ан /дин айдаран/ нéкъахь , шайн куьйгашца /шайн дог1маш/ х1аллак хиларе ма кхийса . Дикадé , баккъалла а Аллах1ана дикадийраш /ма/ бéза .

196.Кхóчуш дé Аллах1ан /доьхьа/ хьадж а , 1умрат а . Ткъа шу /цхьана бахьанó цунах/ духатоьхнехь , т1аккха /шуна т1ехь ду/ хьайбанах /шайн/ йиш ерг /цига дахьийтар/ . Аш ма дáша шайн кортош /шаьш дахьийтана/ хьайба шен /урс хьокхучу/ меттиге кхáччалц . Ткъа шоьх шá цомгуш , я шен коьртаца лазар /хиларна корта баьшна/ хилларг /милла велахь/ , /цунна т1ехь кхо де/ марха кхáбаран , я /ялх мисканна/ сáг1а даларан , я хьайба дéран мáх бу . Ткъа шу /кхéрамах , новкъарлóнах/ маьрша доьвлча , шá хьадж дехккалц 1умрат дарца зовкх хьегнарг /милла велахь/ , /цунна т1ехь ду/ хьайбанах /шен/ йиш ерг /дер/ . Шéна /ден и/ ца карийнарг /милла велахь/ , /цунна т1ехь ду/ хьадж дихкина волуш кхоъ мáрха кхáбар , шаьш /цигара/ ц1адирзича ворх1 /мáрха/ кхáбар . Уьш - дуьззина итт /де/ ду . Иза - шен ох1лу /хьáрамчух/ Дихкина /долчу/ маьждиг гóнаха /дéхаш/ ца хиллачáрна ду . Кхéра Аллах1ах , хаъалуш баккъалла а Аллах1 г1ýда ч1óг1а долуш вуйла .

197.Хьадж /даран хан/ - девзаш /долу/ беттанаш ду . Шá цу /беттанаш/ чохь хьадж дихкинарг /милла велахь/ , /зудчунна/ т1ег1ортар а , песакъаллá а , къовсам а /хила йиш йолуш/ бац /цунгара/ хьадж деш . Аш диканах /долу цхьаъ/ дича , Аллах1ана и хаъа /цунна бéкхам бо/ . /эхартан/ Кéчам бé , баккъалла а тоьлуш /болу/ кéчам - /Дéлах/ кхéрар бу . Кхéра Cоьх , х1ай хьéкъалш дерш !

198.Шуна т1ехь къа дáц , аш /совдéгарца/ шайн Дéлéра /рицкъан/ комаьршалла лахар /éхар/ . 1арафат лóмара шу меттахдоьвлча /чудиссича/ , Аллах1 хьахавé /шéна т1ехь 1éсалла/ йихкина /« Маш1арулхьарáм » - олучу/ меттигехь . Аш хьахавé Иза , шаьш Цó /хаза/ нисдарх терра /хаза/ . Баккъалла а шу дара цул хьалха таллачáрех .

199.Т1аккха шу меттахдовла /кхи болу/ нáх меттахбоьвлачура . Аллах1é гечдар дéха . Баккъалла а Аллах1 /цáрна/ гечдеш , къинхéтамé /ма/ ву .

200.Шаьш /хьадж даран/ г1уллакхаш /1ибáдаташ/ кхочушдича , Аллах1 хьахавé , шайн дай аш хьахóрах терра , я /цул/ ч1óг1а хьахош . Нáхах ву шá óлург : « Х1ай тхан Дéла ! Лóхьа тхýна /тхан дáкъа/ дуьнéнахь » , эхартахь шен /цхьá/ дáкъа доцушехь .

201.Цáрех ву шá óлург : « Х1ай тхан Дéла ! Лóхьа тхýна дуьнéнахь дика , эхартахь дика . Лардéхьа тхо /жоьжахатин/ ц1еран 1áзапах »

202.Уьш - царна шаьш /гул/ динчух дáкъа /хир/ ду . Аллах1 хьéсап чехка долуш ву .

203.Хьахавé Аллах1 лéринчу дийношкахь . Шá шина дийнахь /вáла/ сихвелларг /милла велахь/ , цунна т1ехь къа дац . Ткъа шá /кхоалг1ачу дийнах/ т1аьхьависинарг /милла велахь/ , къа дац цунна т1ехь , шá /Дéлах/ кхийранчунна . Кхéра Аллах1ах , хаъалуш баккъалла а шу Цунга д1агулдийр дуй .

204./мунéпикъ/ Нáхах ву , шен /хазчу/ камелó дуьнéнан дáхарехь хьо цецвоккхург /хьоьга тáмаш бойтург/ а , шен дагчохь долчунна т1ехь Аллах1 теш х1иттóриг а , шá /хьан/ луьра довхó волушехь .

205.Шá /хьоьх/ д1авирзича , лаьттахула лийлира иза , цу т1ехь бóхамаш бархьамá а , ялтá а , дийнат а х1аллакдархьамá а . Аллах1внв ца бéза бóхам .

206.Шéга /цхьамма/ : « Аллах1ах кхéра ! » - аьлча , /мелхó а/ къа дарца дазалла дарó д1алéцира иза . Цунна тоьур ю жоьжахати . Ма вон /кечбина/ мотт бу-кх /и/ .

207./муъма/ Нáхах ву , Аллах1 рéзахилар лоьхуш шен са шá /Дéлан новкъахь/ духкуш /д1алуш/ верг . Аллах1 /ч1óг1а/ эсала ву /Шен/ лайшца .

208.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Дерригé а /Дáлла/ муьт1ахьаллин чудуьйла , шайт1анан ларашна т1аьхьа ма х1итта . Баккъалла а иза шуна билгала мостаг1 /ма/ ду .

209.Ткъа шу /цу чудáхкарх/ д1ашаршахь , шайна билгалóнаш йаьхкинчул т1аьхьа , шуна хаъалуш баккъалла а Аллах1 сийлахь , кхéтамé вуй .

210.Мархашин 1индаг1ашкахь шайна Аллах1 а , малийкаш а даьхкина , /шайн/ белхан кхел йарé бен хьоьжий уьш ?! Аллах1é дерза до /дерригé/ г1уллакхаш .

211.Хáтта Исрáилан к1енташка : « Маса билгала /йолу/ билгалó елла Óха цáрна ? » . Шá Аллах1ан зовкх хийцанарг /милла велахь/ , шéна и деанчул т1аьхьа , баккъалла а Аллах1 та1зар ч1óг1а долуш /ма/ ву .

212.Шаьш /Дéлах/ цатешначáрна хаздина дуьнéнан дáхар . Уьш кхаьрда шаьш /Дéлах/ тешначáрех . /амма/ Шаьш /Дéлах/ кхийранарш кéмат дийнахь цáрна т1ехула /хир/ бу . Аллах1а рицкъа ло Шéна луучунна /цхьá/ хьéсап дóцуш .

213.Цхьа уммат хилла нáх /амма бéкъабелира уьш/ , /т1áккха/ Аллах1а пайхамараш бахкийтира /цáрна шаьш/ кхаъ боккхуш а , кхéрам тосуш а . Цó доссийра цáрца бакъдолчунца /долу/ жайна , нáхана юккъехь цунга кхел йайтархьама уьш шéгахь бéкъабеллачунгахь . Цунгахь бéкъа /ма/ ца белира шайга и /жайна/ делларш бен , шайга билгалóнаш йаьхкинчул т1аьхьа , шайна юккъерчу хьаг1-гáмонна . Аллах1а шаьш /Шех/ тешнарш Шен пурбанца нисбира бакъóнах уьш шéгахь бéкъабеллачунга . Аллах1а нисво Шéна луург нийсачу новкъа .

214.Шуна моьттинéра ткъа шаьш ялсамани г1ýр ду , шоьл хьалха шаьш хиллачéран /масалх/ масал /хьал/ шайна т1е деанá дóцуш ?! Цáрех хьакхаелира къоьллá а , сиркхó а . Лестийра уьш , элчанó а , шаьш цунца тешначáрá а : « Маца /хир долуш/ ду /тéхьа/ Аллах1éра г1о » - áллалц . Вá /нáх/ ! Баккъалла а Аллах1ан г1о герга ду /шуна/ .

215.Цáра хоьтту хьоьга шаьш х1ун харж ян éза . Ахь áла : « Аш диканах йина харж - дéна-нáннá а , гергарчáрнá а , байшнá а , мискачáрнá а , нéкъахóчуннá а /хилар г1óлий ду/ . Аш диканах мел дийриг , баккъалла а Аллах1 хууш ву и »

216./Дáла/ Яздина /т1едиллина/ шуна /мостаг1ца/ т1ом бар , иза шуна ца дéза . Шуна /цхьа/ х1ума цадéза герга ду , иза шайна дика долушехь . /иштта/ Шуна /цхьа/ х1ума дéза герга ду , иза шайна вон долушехь . Аллах1ана хаа /шуна г1óлий дерг/ , шуна /и/ ца хаа .

217.Цáра хоьтту хьоьга бихкинчу баттах - цу чохь т1ом барх . Ахь áла : « Цу чохь т1ом бар доккха /къа/ ду . /амма/ Аллах1ан новкъах /нáх/ бухатóхар а , Цунах цатéшар а , дихкинчу маьждигах /нáх бухатóхар/ а , цуьнан ох1лу цу чуьра áрадáккхар а кхин доккха /къа/ ду Аллах1ана гергахь . /динах вóхош долу/ Питана /стаг/ вéрал доккха ду /къилахь/ . Уьш совцур /ма/ бац шоьца т1ом бечура , шу шайн динах шаьш духадáххалц , шайн ницкъ кхáчахь . Шоьх шен динах вухáваьлла , шá керстá волуш велларг /милла велахь/ , уьш - цéран /дика/ 1амалш /эрна/ йайна дуьнéнахь , эхартахь . Уьш жоьжахатин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .

218.Баккъалла а шаьш /Дéлах/ тешнарш , шаьш махках боьвлларш , Аллах1ан новкъахь /т1ом беш/ къахьегнарш , уьш Аллах1ан къинхéтамé догдóхуш бу . Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву .

219.Цáра хоьтту хьоьга къаркъанах а , /юкъа ахча дуьллу/ шовкъé ловзарх а /лаьцна/ . Ахь áла : « Цу чохь доккха къá ду , нáхана пайданаш ду . /амма/ Цаьршинан къа дуккхá доккха ду цаьршинан пайданал а » . Цáра хоьтту хьоьга шаьш х1ун харж ян éза . Ахь áла : « Совдаьлларг /лó/ » . Иштта , Аллах1а билгала до шуна /Шен/ áйаташ . Аш ойла ян тарло .

220.Дуьнéнан а , эхартан а /хьокъехь/ . Цáра хоьтту хьоьга бóбéрех /лаьцна/. Ахь áла : « /цéран хьéлаш/ Тóдар г1óлий ду цáрна » . Нагахь шу цáрех д1аэхь , шун вежарий бу-кх /уьш/ . Аллах1ана хаа талхóриг тóдечух /къастó/ . Аллах1ана лиънéхьáра , Цó шуна гатто йина хир ма яра . Баккъалла а Аллах1 сийлахь , кхéтамé ву .

221.Аш ма бáлабé /Дáлла/ дéкъахóве зударий , уьш /Дéлах/ тешшалц . Муъма лай г1óлий ю /Дáлла/ дéкъахóвечул а , цó шу даккхийдéдахь а . Аш ма бахийта /зударий Дáлла/ дéкъахóвечу бóжаршка , уьш /Дéлах/ тешшалц . Муъма лай г1óлий ву /Дáлла/ дéкъахóвечул а , цó шу даккхийдéдахь а . Цáра жоьжахати кхойкху , Аллах1а ялсамани , гечдарé кхойкху Шен лаамца , нáхана Шен áйаташ билгалдо . Цáра ойла ян тарло .

222.Цáра хоьтту хьоьга /зудчун/ ц1анó йóхарх /лаьцна/ . Ахь áла : « Иза тáмбóцург ду » . /цундéла/ Шу гéнадовла зударшна /цéран/ ц1анó йоьхначу хéнахь , уьш ц1анбаллалц . Ткъа уьш ц1анбелча , т1аккха дуьйла шу цáрна /герга/ , Аллах1а шайга омру динчухула . Баккъалла а Аллах1ана /дукха/ бéза дохкóбуьйлурш , бéза ц1анóйийраш .

223.Шун зударий шуна óхана ду , шу дуьйла шайн óханна т1е шайна ма-луъу . Хьалхадáккха /кечдé/ шайн дог1машна /дика мел дерг/ . Аллах1ах кхера . Хаалуш баккъалла а шаьш Цунца цхьанакхéтар дуй . Кхаъбáккха муъманáхé .

224.Аш ма де Аллах1ах шайн дуйнашна г1акх , диканиг ца дархьамá а , /Дéлах/ ца кхéрархьамá а , нáхана юкъахь масла1ат ца дархьама а . Аллах1 хезаш , хууш ву .

225.Аллах1а шоьгара бехк боккхур бац шун дуйнех эрна /лаамза/ хиллачух , амма Цó шоьгара бехк боккхур бу шун дегнаша /гул/ динчух . Аллах1 гечдеш , эсала /к1éда/ ву .

226.Шайн зударех /меттахь хербала/ шаьш дуй буучáрна /т1ехь/ , биъ баттахь /цáрна юххé ца г1уш/ хьéжар /сóбар дар/ ду . Нагахь /цул т1аьхьа/ уьш /шайн зударшка/ бухаберзахь , баккъалла а Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву .

227.Ткъа цáра /уьш/ бита сацам бинехь , /т1аккха буьтийла цáра уьш/ баккъалла а Аллах1 /цéран къамéлаш/ хезаш , /лаамаш/ хууш ву .

228.Битина зударий шаьш /мáрé ца г1уш/ хьоьжур /1ийр/ бу /ц1анóнан йа ц1анó йóхаран/ кхá муьрехь. Цáрна ца мега шайн кийрахь Аллах1а кхоьллинарг хьулдар , шаьш Аллах1ах а , т1аьхьарчу /эхарт/ дийнах а тéшаш хиллехь . Цéран мáрóшин бакъó ю уьш цу /хéна/ чохь юхаберзó, шайна /юкъéра хьал/ тáдар лиънехь . /хьаккъех/ Шайна т1ехь долчух терра /бакъóнаш/ ю цéран /шá диканца/ девзинчунца . /х1еттé/ Бóжаршна /цхьа/ дарж /ду цáрна т1ехь . Аллах1 сийлахь , кхéтамé ву .

229./зуда/ Йитар шозза /хуьлуш/ ду , т1аккха /йа диканца/ девзинчунца /юхáерзийна иза/ лáттор /сацор/ ду /шуна т1ехь/ , йа диканца парг1ат /маьрша/ йитар ду . Шуна ца мега аш /зударий битча/ цáрна деллачух /урдóнах , тóмах/ х1уммá схьаэца , шаьшшимма Аллах1ан дóзанаш д1а ца х1итторна и шиъ кхéрахь бен . Ткъа шу кхийранехь цáршимма Аллах1ан дóзанаш д1а ца х1итторна , т1аккха цáршинна т1ехь къа дац цó /зудчó шá йуьтург/ махийна деллачунгахь . Уьш - Аллах1ан дóзанаш ду , шу цáрел т1ех ма довлалуш . Шá Аллах1ан дóзанел т1ехвуьйлург /милла велахь/ , уьш бу уьш зуламхой .

230.Ткъа цó иза /кхузза/ йитанехь , цул т1аьхьа цунна хьáнал йац иза , и вóцучу /кхéчу/ стагé иза мáрé яххалц . Ткъа цó /шолг1ачó/ иза йитанехь , т1аккха цáршинна т1ехь къа дац и шиъ /зáхалóнга/ юхадерзарехь , нагахь цáршинна хеттехь шаьшшимма Аллах1ан дóзанаш д1ах1иттор /лардийр/ ду /аьлла/ . Уьш - Аллах1ан дóзанаш ду , Цó шаьш билгалдеш хуучу /ойла ечу/ нáхана .

231.Аш /шайн/ зударий /цкъа-шозза/ битина , уьш шайн /муьран/ хéнé кхаьчча , т1áккха аш уьш /диканца/ девзинчунца /чохь/ совцабé , йа /диканца/ девзинчунца парг1ат /маьрша/ бита . Аш уьш совца ма бé /цáрна/ зéдеш , шаьш /цáрна/ зуламдархьама . Шá и деш верг /милла велахь/ , бакъ долуш шен дéг1ана зулам дина цó . Аш ма лéца Аллах1ан áйаташ кхардамé . Дагадаийта шайна т1éра Аллах1ан зовкх а , Шá шéца хьéхам беш шуна жайнах , кхéтамах доссийнарг а . Кхéра Аллах1ах , хаалуш баккъалла а Аллах1 массó х1ума хууш вуй .

232.Аш /шайн/ зударий /цкъа-шозза/ битина , уьш шайн /муьран/ хéнé кхаьчча , т1áккха аш новкъарлó ма йé цáрна шайн майранашка /буха/ барехь , уьш шайна юккъехь /диканца/ девзинчунца /вовшашна/ рéзахиллехь . Иза шéца хьéхам беш ду , шоьх шá Аллах1ах а , т1аьхьарчу дийнах а тéшачунна . Иза шуна тоьлуш а , ц1енá а ду . Аллах1ана хаа /и/ , шуна ца хаа .

233.Нáнóша дакхор ду шайн бéраш дуьззина шина шарахь , дакхор кхóчуш дар лууш волчунна . Шéна бéр динчунна /дéна/ т1ехь ду /1áдатехь диканца/ девзинчунца цáрна /зударшна/ даар-малар а , цáрна дýхар а лáттор . /цхьанá/ Синна /Дáла/ т1ецадуьллу цуьнан ницкъ кхóчург бен . Нáннá зé ма дойла шен бéраца , шéна бера динчуннá /дéнá/ а /зé ма дойла/ шен бéраца . Вéрасна т1ехь ду цунга терраниг . Цáршинна /бéр дакхóчур/ д1адáккхар лиънехь , шаьшшиъ рéзáдолуш , /вовшех/ дагадаьлла долуш , т1аккха цáршинна т1ехь къа дац . Шуна лиънехь шайн бераш /кхéчунга/ дакхадайтар , т1аккха шуна т1ехь къа дац , аш д1аделча шаьш /цáрна/ луш дерг /1áдатехь диканца/ девзинчунца . Кхéра Аллах1ах , хаалуш баккъалла а Аллах1 аш дийриг гуш вуй .

234.Шоьх шаьш кхелхарш /шайн/ зударий бухáбуьтуш , /цéран зударий/ хьоьжур бу /мáрé ца г1уш/ беа баттахь итт дийнахь . Ткъа уьш шайн /муьран/ хéнé кхаьчча , т1áккха шуна т1ехь къа дац , цáра /1áдатехь диканца/ девзинчунца шайн дог1машца динчунгахь . Аллах1 аш дийриг хууш ву .

235.Шуна т1ехь къа дац аш /бисина 1éчу/ зударшка зáхалó къадóрехь а , йа аш /и дéзар/ шайна чохь хьулдарехь а . Аллах1ана хиъна баккъалла а аш уьш /зáхалонца/ хьахор буй , делахь а /биъ бутт итт дé дáллалц , бáлор бу аьлла/ ч1áг1ó ма éлуш цáрна къайлах , /диканца/ девзина /зáхалó къадош/ дош áлар дóцург . Ялóран сацам ма бéлуш , /Дáла/ яздинарг /тоьхна хан/ шен хéнé кхáччалц . Хаалуш баккъалла а Аллах1 гечдеш , эсала /сóбарé/ вуй .

236.Шуна т1ехь къа дац , аш /шайн/ зударий битча , шаьш цáрех хьакхаделлá дóцуш , йа цáрна х1оттийна урдó дóцуш . Аш тáм бé цáрна , тарó йолчунна т1ехь шен бáрам бу , къéчунна т1ехь шен бáрам бу /диканца/ девзинчунца /цáрна/ тóмана , дикадечарна т1ехь хьакъ долуш .

237.Нагахь аш уьш битнехь , шаьш цáрех хьакхадалалé , шаьш цáрна х1оттийна урдó долуш , т1аккха /шуна т1ехь/ аш х1оттийначух áх /дакъа/ ду , цáра /гечдина/ дитича бен , йа ялоран бакъó шен карахь йолчó дитича бен /т1éра ца долуш/ . Аш /и/ дитар /Дéлах/ кхерарна герга ду . Аш йиц ма йé шайна юккъéра комаьршалла . Баккъалла а Аллах1 аш дийриг гуш ву .

238.Лардé лáмазаш а , юккъера ламаз а . Д1ах1итта /лáмазна/ Аллах1ана муьт1ахь долуш .

239.Шу /цхьаннах/ кхийранехь , т1аккха г1ашлой долуш йа /хьайбанна/ т1ехевшина долуш /дé лáмаз/ . Ткъа шу маьршадоьвллехь , т1аккха аш Аллах1 хьахавé Цó шайна 1áма ма-дарра шуна ца хуущ хилларг .

240. Шоьх шаьш кхелхарш /шайн/ зударий бухáбуьтуш , /цáра/ весет /дийр/ ду шайн зударшна /царга/ зовкх хьéгийтарца шо кхáччалц , áрáбáхар дóцуш . Нагахь уьш áрабоьвллехь , шуна къа дац цáра шайн дог1машкахь динчунгахь . Аллах1 сийлахь , кхéтамé ву .

241.Битинчу зударшна тáм /бóг1уш/ бу /диканца/ девзинчунца /Дéлах/ кхоьручáрна т1ехь хьакъ долуш .

242.Иштта , Аллах1а билгалдо шуна Шен áяташ . Шу хьекъалé хила тарло .

243.Хьýна ца гина /тов/ шаьш баларх кхéрарна эзарнашкахь шайн х1усамашкара áрабоьвлларш ?! Аллах1а цáрга элира : « Лé ! » . Т1аккха денбира Цó уьш . Баккъалла а Аллах1 нáхана т1ехь комаьршалла йолуш ву , делахь а дукхах болчу нáха баркалла ца óлу .

244.Т1ом бé Аллах1ан /дин айдаран/ новкъахь , хаалуш баккъалла а Аллах1 хезаш , хууш вуй .

245.Мила ву и шá юхалург Аллах1ана /доьхьа/ хаза декхар лур дерг , Цо и /дика/ дéбор /совдоккхур/ ду цунна дукхазза ? Аллах1а /шу зуьйш рицкъа/ гаттáдо , д1áхоьцу , /эхартахь/ Цунга дерзор ду шу /бéкхамна/ .

246.Хьýна ца гина /ца хиъна/ Мýсáл т1аьхьа Исрáилан к1ентех /хилла болу/ элий /хьокъехь деанарг/ ?! Цáра элира шайн пайхамарé : « Тхýна паччахь ваийта , /т1аккха/ тхо летар ду /цунца/ Аллах1ан новкъахь » . Цó элира : « Шу герга дуй тé - шайна /мостаг1ах/ латар /яздина/ т1едиллича - шаьш ца лата ?! » . Цáра элира : « Тхо х1унда ца леташ ду /цáрех/ Аллах1ан новкъахь , тхо тхан х1усамашкарá а , доьзалшна юкъарá а бакъ долуш /цáра/ áрадаьхча ?! » . Ткъа шайна /цáрех/ латар /Дáла яздина/ т1едиллича , /кхéрабелла/ бухабевлира уьш , цáрех к1еззиг бóцурш . Аллах1 бевзаш ву зуламхой .

247.Цéран пайхамара цáрга элира : « Баккъалла а Аллах1а , Т1áлут паччахь ваийтина шуна » , Цáра элира : « Тхýна т1ехь паччахьалла цунна мýха хуьлу , паччахьаллехь тхо цул хьакъ долуш , цунна /Дáла/ даьхнех елла шортó йóцуш ?! » . Цó элира : « Баккъалла а Аллах1а иза /паччахьаллийца/ шуна т1ехь /хáржá а/ хаьржина , 1илман шортóнгахь а , дéг1ехь а /шоьл/ сов а ваьккхина иза . Аллах1а Шен паччахьалла Шéна луучунна ло » . Аллах1 /комаьршалла/ шорта /йолуш/ , /и хьан йóг1у/ хууш ву .

248. Цéран пайхамара цáрга элира : « Баккъалла а цуьнан паччахьаллин билгало , шуна т1орказ дáр ю , шéна чохь шун Дéлéра синтем а , Мýсáн доьзалó а , Х1áрýнан доьзалó а дитинчух бухадиснарг а долу . Маликаш дохьу и » . Баккъалла а цу чохь шуна билгалó ма ю , шу муъманáх хиллехь.

249.Т1áлýт /шен/ эскаршца /т1амна/ áраваьллачу хéна /йовхонна хьагбелира уьш/ , /т1аккха/ цó /цáрга/ элира : « Баккъалла а Аллах1а зуьйш ду шу тáтóлца . Шá цу чуьра /хи/ мелларг /милла велахь/ , соьх вац /шуна/ иза , шен куьйга шá /беккъа/ цхьа кáна эцнарг вóцург , ткъа шá цуьнан чам ца баьккхинарг /милла велахь/ баккъалла а иза соьх ву /шуна/ . Цáра /шортта хи/ мелира цунах , цáрех к1еззиг бóцучáра . Цунах т1ехваьлча изá а , шаьш цунах тешнарш а , вýкхáра элира : « Вайгахь ницкъ бац тахана Джáлýтацá а , цуьнан эскаршцá а /лата/ » . Шаьш баккъалла а Аллах1ана дуьхьалкхéтарх догтéшачáра элира : « Хийла к1еззигчу тóбанó эшийна йоккха тóба Аллах1ан пубанца » . Аллах1 сóбарéчáрца ву .

250.Джáлýтанá а , цуьнан эскаршнá а дуьхьалх1иттича цáра элира : « Х1ай тхан Дéла ! Доссадéхьа тхýна т1е сóбар , ч1аг1дéхьа тхан кóгаш , г1одéхьа тхýна керста нáхана т1ехь ! »

251.Эшийра цáра уьш Аллах1ан пурбанца . Дáвýда вийра Джáлýт . Аллах1а цунна делира паччахьаллá а , кхéтамаллá /пайхамараллá/ а , 1áмийра цунна Шéна луучух /говзаллá а/ . Аллах1а нáх - цáрех цхьаберш вýкхáрца ларбеш бáцахьáра лáтта телхина /хир/ ма дара . Амма Аллах1 1áламашна т1ехь комаьршалла йолуш /ма/ ву .

252.Уьш Аллах1ан áяташ ду , Óха доьшу уьш хьýна бакъонца . Баккъалла а хьо гéланчех ма ву .

253.И элчанаш , Óха базбина цáрех цхьаберш вýкхáрна т1ехь . Цáрех Аллах1 /шéга/ вистхилларг ву , Цó цáрех цхьаберш даржашкахь айбина . Óха елира Марйаман к1антé 1ийсáга билгалóнаш , Óха и ч1аг1вира сийлахьчу /Жабрáилан/ сица . Аллах1ана лиънехь , цáрел /элчанел/ т1аьхьа берш /вовшех/ летта хир бáцара , шайна билгалóнаш йаьхкинчул т1аьхьа . Делахь а бекъабелира уьш , цáрех шá /Дéлах/ тешнарг ву , цáрех шá цатешнарг ву . Аллах1ана лиънехь /вовшех/ летта хир ма бацара уьш . Амма Аллах1а Шéна луург до .

254.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Харж йé Óха шайна деллачу рицкъанах , шéна чохь cовдéгар дóцуш , доттаг1аллá дóцуш , /вовшашна/ т1ех1оттар дóцуш долу де /шайна/ т1едáлé . Керстанаш бу уьш зуламхой .

255.Аллах1 - /кхин/ дéла вац , И вóцург , /гуттар/ дийна волу , /хьашташна/ д1ах1оьттина волу , И ца лóцу нáб óзóрó а , нáбарó а , Цуьнан /дóлахь/ ду шá стигалшкахь /мел/ дерг а , лаьттахь /мел/ дерг а . Мила ву и шá Цунна гергахь /цхьанна/ т1ех1уттур верг , Цуьнан пурбанца бен ?! Цунна хаа цáрел хьалхарниг а , цáрел т1аьхьарниг а . Цуьнан 1илманах /долчу/ х1уманна /и довзарца/ гó ца буьллу цáра , Цунна /шá довзийта/ лиъначуннá бен . Цуьнан курсийнó чулаьцна стигалш а , лáттá а . Даз ца ло Цунна и шиъ лардар . Иза лекханиг , везаниг ву .

256./адам нуьцкъала дин /Т1етé1ор дац /бусулба/ динехь . Бакъ долуш д1акъаьстина нийса некъ тиларх . Шá Т1áг1ýтах /шайт1анах , ц1уйх/ цатéшаш , Аллах1ах тéшарг /милла велахь/ , бакъ долуш и тасавелла шá хéдар бóцучу ондачу муьшах . Аллах1 хезаш , хууш ву .

257.Аллах1 шаьш тешначéран вéрас /г1оьнчá/ ву , Цó уьш áрабóху /керстаналлин/ бóданашкара /úмáнан/ серлонга . Шаьш /Дéлах/ цатешнарш , цéран вéрасаш Т1áг1ýташ /ц1уй/ бу , цáра уьш áрабóху серлонгара бóданашка . Уьш /жоьжахатин/ ц1еран дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .

258.Хьýна ца гина Ибрáх1мца цуьнан Дéлан хьокъехь къевсинарг /саннарг/ , Аллах1а шéна паччахьалла даларна ?! Ибрáх1има /цунга/ элира : « Сан Дéла Шá /синош/ дендийриг а , долуьйтург а ву » . Цó элира : « Сó ву-кх дендеш , долуьйтуш » . Ибрáх1има элира : « Баккъалла а Аллах1а мáлх бáлабо мáлхбáлéхьáра , ахь и бáлабé мáлхбузéхьáра » . Т1áккха вуьйхира шá /Дéлах/ цатешнарг . Аллах1а ца нисбо зуламé нáх .

259.Йа шá /цхьана/ юьрта уллéхула т1ехваьлларг саннарг , и шен тхевнаш т1е йоьжнá /йоьхнá/ йолуш . Цó элира : « Аллах1а х1ара ден мýха йийр ю /тé/ и еллачул т1аьхьа ?! » . Аллах1а валийтира иза б1é шарна , т1аккха денвира . Цó /Аллах1а цунга/ элира /хаьттира/ : « Мел /хéнахь/ лаьттира хьо /кхузахь/ ? » . Цó элира /жоплуш/ : « Со лаьттира цхьана дийнахь , йа дийнан /цхьана/ декъехь . /Дáла/ Элира : « Мелхó а , хьо лаьттира б1é шарахь . Хьажа хьан даарé а , хьан маларé а , хийца ца делла /и/ , хьажа хьан /еллачу/ вирé а . /Óха и дина/ Хьоьх нáхана /денваран/ билгалó ярхьама . Хьажа /хьан виран/ даь1ахкашка , Óха уьш вовшех мýха тосýа , т1аккха цáрна т1е дилха /мýха/ дуьллý а » . Шéна /и/ билгал даьлча , цó элира : « Сýна хаа , баккъалла а Аллах1 массó а х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш вуй »

260.Ибрáх1има элира : « Х1ай сан Дéла ! Гайтахь сýна , Ахь ден мýха бо белларш ! » . /Дáла/ Элира : « Хьо ца тешна ткъа /Сан ницкъах/ ?! » . /Ибрáх1има/ Элира : « Х1аъ /тешна/ , х1еттé а /ас доьху/ сан дог /и гарца/ тейтархьама » . /Дáла/ Элира : « /х1ета/ Олхазарех /тайп-тайпана долу/ диъ /олхазар/ лáцé , уьш хьайгá товжадай /цáрех дáкъош дина кéгадé уьш/ , т1аккха х1óр лóма т1е /цхьацца/ дáкъа дилла цáрех , т1аккха кхайкха цáрга , уьш дóг1ур ду хьýна т1е чехка . Хьýна хаийла , баккъалла а Аллах1 сийлахь , кхéтамé вуй » .

261.Шаьш шайн даьхнеш Аллах1ан новкъахь дойучéран масал , буьртиган масалх тера ду , шá ворх1 кан хьалбалийтинчу , х1ор кéнахь б1é буьртиг болуш . Аллах1а /дика/ дéбадо Шéна луучунна . Аллах1 /комаьршалла/ шорта /йолуш/ , /хьанна яла éза/ хууш ву .

262.Шаьш шайн даьхнеш Аллах1ан новкъахь дойурш , т1аккха шаьш дайиначунна т1аьхьа т1ехтóхам а , цатам а ца бийраш , цáрна шайн мел /хир/ бу шайн Дáлла гергахь , кхéрам /хир/ бац цáрна т1ехь , г1айг1анé /хир/ бац уьш .

263./диканца/ Девзина дош а , /Дéлéра/ гечдар а г1óлий ду , шéна т1аьхьа цатам бóг1учу сáг1анал а . Аллах1 тарó йолуш , к1éда-мерзá /сóбарé/ ву .

264.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Ма дайа /эрна/ шайн сáг1анаш т1ехтóхамцá а , цатамцá а , шен даьхни нáхана гайтамна шá дойучó санна , шá Аллах1ах а , т1аьхьарчу дийнах а цатéшаш . Цуьнан масал шагат1улгах тера ду , шéна т1ехь лáтта долу , ч1óг1а /доккха/ дог1а деара цунна т1е , /т1аккха/ цó и битира /т1ехь х1уммá дóцуш/ берзина . /иштта/ Шаьш /дуьнéнахь/ гулдинчух цхьанá х1уманна т1ехь ницкъ ца кхочу цéран /эхартахь/ . Аллах1а ца нисбо керста нáх .

265.Шайн даьхнеш Аллах1 рéзахилар лоьхуш а , шайн дог1маш ч1аг1деш а шаьш дойучéран масал , áкъарин т1éра бéшах тера ду , шéна т1е ч1óг1а /доккха/ дог1а деана , т1аккха шен стоьмаш делира цо шалха /дукха/ . Шéна т1е доккха дог1а ца деача , т1аккха дерз /йа тхи тоьу цуна/ . Аллах1 аш дийриг гуш ву .

266.Шоьх цхьаннá дéзар дарий ткъа шен хилар хурманин а , кемсийн а беш , шéна к1елахула лéлаш тáтóлаш долуш , цу чохь шéна массó стоьмех /стом/ болуш , /т1áккха/ шéна т1е къáналла еача , /бухайуьсуш/ шен г1ийла т1аьхьé йолуш , шéна чохь ц1е йолу йилбазмох шéна т1е а беана и йаьгна д1айáла ?! Иштта билгалдо Аллах1а шуна /Шен/ áяташ . Аш ойла яан тарло .

267.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Харж йé шаьш /рицкъанех/ гулдинчух а , Óха шайна лаьттах хьаладáлийтинчух а уггар ц1еначáрца /дикачáрца/ , боьханаиг /вóниг дала/ ма г1ерта , шаьш цунах харж еш , шу /шаьш ма/ дац /шайна/ и /делча/ схьаоьцур долуш шаьш /эхь хéтарна/ б1аьргаш хьаббийнá бен . Хаалуш , баккъалла а Аллах1 тарóерг , хастамéниг вуй .

268.Шайт1анó къоьллийца /кхéрам туьйсуш/ ч1áг1ó йо шуна , вóчунца омрý до шоьга . /амма/ Аллах1а Шéгара гечдарцá а , комаьршаллийцá а /кхаъ боккхуш/ ч1áг1ó йо шуна . Аллах1 /комаьршалла/ шорта /йолуш/ , /и хьанна йóг1у/ хууш ву .

269.Шéна луучунна кхéтамалла ло Цó . Шéна /Цó/ кхéтамалла луш верг /милла велахь/ , бакъ долуш дуккхá дика ду цунна луш дерг . /амма х1окху áятех/ Хьéхам ца оьцу хьéкъалан дайшá бен .

270.Аш муьлха харж йичá а , йа /диканиг дан/ нигат дичá а , баккъалла а Аллах1ана и хууш /ма/ ду . Зуламхошна ма бац г1оьнчий .

271.Аш /шайн/ сáг1анаш гучудáхахь , дика /х1ума/ ду и . Нагахь аш уьш хьулдахь , пéкъаршна уьш д1алахь , и шуна тоьлуш ду , цó шоьх шун вóнаш д1áдохур ду . Аллах1 аш дийриг хууш ву .

272.Хьýна т1ехь дац уьш нисбар , амма Аллах1а нисво Шéна луург . Аш /муьлххачу/ диканах харж йича , /нза/ шун дог1машна /мéлана/ ду . Аш харж ца йо Аллах1ан юьхь /Цуьнгара мел/ лууш бен . Аш /муьлххачу/ диканах харж йича , кхоччуш шуна д1ало и /цуьнан ял/ , шайна зулам ца хуьлуш .

273.Аллах1ан новкъахь /къахьéгарó/ д1алецначу пекъаршнá а , лаьттахула /шайн хьашташна/ д1асхьабахá ца лáрош болу , сонтачунна уьш хьал долуш хéта /сáг1а дéхарх/ юхаóзабаларна . Хьýна бевза уьш цéран билгалóнашца . Цáра нáхé /сáг1а/ ца доьху къарцалуш . Аш /муьлххачу/ диканах харж йича , баккъалла а Аллах1 и хууш ву .

274.Шаьш шайн даьхнех буьйсанá а , дийнахь а , къайлах а , гуш а харж йийраш - цáрна цéран мéл бу шайн Дáлла гергахь , цáрна /цхьá/ кхéрам /хир/ бац , цáра г1айг1á йийр йац .

275.Шаьш /дуьненахь/ ял /процент/ юуш /хилла/ берш /къемат дийнахь/ г1овттур /ма/ бац , шайт1анó /шен хьýца/ шá вóжóриг /цу/ хьýх г1аттарх терра бен . И /та1зар/ , баккъалла а цáра : « Баккъалла а махлéлор ду-кх ял /процент/ йаккхарх терра » - áларна ду . Аллах1а махлéлор магийна , ял /процент/ йаккхар хьáрам дина . Шéга шен Дéлéра хьéхам кхаьчна , шá /ял йаарх/ юхаваьлларг /милла велахь/ , цунна /хьéхамал/ хьалхадахнарг /гечдеш/ ду . Цуьнан болх Аллах1é бу . /ткъа/ Шá /цунга/ юхавирзинарг /милла велахь/ , уьш /жоьжахатин/ ц1еран дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .

276.Аллах1а ял йаккхар /пайдаэцарх/ д1атиладо , сáг1анаш /мéлехь/ кхиадо . Аллах1ана ца вéза /и магорца Дéлах/ вунó /ч1óг1/ цатéшарг , /и йаарца/ къа латóриг .

277.Баккъалла а шаьш /Дéлах/ тешнарш , диканаш динарш , лáмаз х1оттийнарш , закат делларш , цáрна цéран мéл бу шайн Дáлла гергахь , , цáрна /цхьá/ кхéрам /хир/ бац , цáра г1айг1á йийр йац .

278.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Кхéра Аллах1ах , дита ял /процент/ йаккхарх /схьаэцанза/ дисинарг , шаьш муъманáх делахь .

279.Аш /и/ ца дахь , шуна хаалуш Аллах1éрá а , Цуьнан элчанéрá а /шайна кхайкхийна/ т1ом хилар . Шу дохкóдовлахь , т1аккха шуна шайн даьхнийн корта /кхóчур/ бу , шаьш зулам ца деш , шайна зулам ца хуьлуш .

280.Нагахь и /дéкхархó/ халонгахь велахь , т1аккха парг1атонга /вáллалц/ т1аьхьататтар ду /шуна т1ехь/ . Аш /и дéкхар цунна/ сáг1адар шуна дика ду , шу хууш хиллехь .

281.Кхéра , шéна чохь шаьш Аллах1é дерзор долчу , /къéмат/ дийнах . Т1аккха /цу чохь/ х1óр дéг1ана кхоччуш д1алур ду , цó шá динарг , шайна зулам ца хуьлуш .

282.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Шаьш вовшакара дéкхар даьккхича ц1етоьхначу /билгалчу/ хáнна , д1аяздéлуш и . Яздойла шуна юккъехь яздечó нийсонца . Яздийриг дуьхьал ма вóлийла , Аллах1а шéна и 1áма ма-дарра , д1аяздарх . Цó яздойла , шéна т1ехь хьакъ долчó дуьйцийла , шен Дéлах - Аллах1ах кхоьрийла и , цуьнах х1уммá эша ма дойла цó . Шéна т1ехь хьакъ дерг сонта /т1аламза/ , йа заь1ап /г1ийла/ велахь , йа иза дийца ницкъ кхóчуш вáцахь , цуьнан вéрасó дуьйцийла нийсонца . Шайн бóжарех шиъ теш х1оттаве , ткъа /теш х1оттó/ шиъ стаг вáцахь , т1аккха тéшех шаьш рéза долчарех /волу цхьа/ стаг а , шиъ зудá а /тоьур/ ду /шуна/ , цаьршиннах цхьаъ тилалахь /йиц лахь/ цаьршиннах цхьамма вýкхунна дагадоуьйтур ду . Тéшаш дуьхьала ма бовлийла шаьш /тоьшалла дан/ кхайкхича , аш малó ма йойла шаьш и яздан , жима делахь , доккха делахь шен хáнна . Иза Аллах1ана гергахь нийсá ду , тоьшаллийна г1онé ду , шу шек ца довла гергá ду , аш шайна юккъехь лéлош долу карара совдéгаралла делахь бен . Шуна т1ехь къа дац аш и д1а ца яздарехь . Аш тéшаш х1иттабé шаьш /вовшашца/ махлéлийча . /цхьаммó а/ Зé ма дойла яздечуннá а , тéшанá а . Аш /и/ дахь , т1аккха баккъалла а иза шоьца /йолу/ пéсакъалла ю . Кхéра Аллах1ах . Цó шуна 1áмадо /диканаг/ . Аллах1 массó х1ума хууш /девзаш/ ву .

283./дéкхар доккхуш/ Шу нéкъаца хилла , яздан цхьаъ шуна ца карийнехь , т1аккха закъалтана схьаэцнарг /тоьур ю шуна/ . Ткъа шоьх цхьаберш вýкхáрах тешнехь , т1аккха /яздан , тешх1оттó ца оьшу/ шех тешначó д1алойла шех тешнайитинарг , шен Дéлах - Аллах1ах кхоьрийла иза . Аш ма хьулдé тоьшалла . Шá и хьулдинарг /милла велахь/ , баккъалла а иза шен дагó къа латóриг ву . Аллах1 аш дийриг хууш ву .

284.Аллах1ан /дóлахь/ ду стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг . Аш шайн дог1машкахь /кийрахь/ дерг гучудаккхахь а , йа аш и хьулдахь а , Аллах1а шуна хьéсап дийр ду цуьнца , т1аккха Шéна луучунна гечдийр ду , Шéна луучунна 1áзап дийр ду . Аллах1 массó а х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .

285.Шен Дéлéра шéга доссийначух тийшира элчá а , муъманáх а . Массó а тийшира Аллах1ах а , Цуьнан малийкех а , Цуьнан жайнех а , Цуьнан элчанех а . /цáра óлу :/ « Óха къаста ца во Цуьнан элчанех цхьá а » . Цáра элира : « Óха лáдоьг1на , тхо муьт1ахь хилла , Хьан гечдар /доьху Óха/ х1ай тхан Дéла , Хьоьга ду /тхан/ дерзар »

286.Аллах1а /цхьанá/ дéг1ана т1е ца дуьллу цуьнан ницкъ кхóчург бен . Цунна цó /диканах/ гулдинарг ду , цунна т1ехь цó /вóнах/ гулдинарг ду . « Х1ай тхан Дéла ! Тхо бехкé ма лéцахь нагахь тхо дицделлехь , йа г1áлатдоьвллехь ! Х1ай тхан Дéла ! Ма йиллахь тхýна т1е халó , Ахь тхоьл хьалхарачáрна т1е и ма-йиллара . Х1ай тхан Дéла ! Ма диллахь тхýна т1е шéца тхан ницкъ /кхóчур/ бóцург . Къинт1éра вáлахь тхýна , гечдéхьа тхýна , къинхéтам бéхьа тхоьх , Хьо ву тхан эла . Г1о дéхьа тхýна керста нáхана т1ехь .



3 - Сýрат Áли 1имрáн /1имрáнан доьзал/

/Мадúнатехь доьссина ‚ 200 аят ду/

Аллáх1а ц1арца дóзадóцуш шортá а, дáимнá а болчу къинхéтаман Дá волу


1.Алиф-лам-мим

2.Аллах1 /ву/ - кхин дéла вац /кхолламехь/ Изá бен , /Ша/ дийна , /адамийн хьашташна/ д1ах1оьттина волу

3.Цó хьýна т1е бакъонца /дáкъошкахь доссош/ жайна доссийна , шел хьалхарниг /ша/ бакъдеш . /иштта/ Цó доссийна Таврáт а , Инжийл а 4./Къуръáнал/ Хьалха , /цу заманара/ нáхана нийса некъ хилийта . /иштта/ Доссийна /бакъ-хáрц/ Къастóриг а . Баккъалла а шаьш Аллах1ан áйатех цатешнарш , цáрна ч1óг1а 1áзап /хир/ ду . Аллах1 сийлахь , бéкхаман Дá ву .

5.Баккъалла а Аллах1 - Цунах хьуллуш дац цхьá х1ума лаьттахь а , дац стиглахь а

6.И ву шу /нáнойн/ кийранашкахь /тайп-тайпана/ кéпé /сибтé/ дерзош , Шéна ма-луъу . Кхин дéла вац /кхолламехь/ Изá бен , сийлахь , кхéтамé волу .

7.И ву Шá хьýна т1е жайна доссийнарг , цунах ду билагала /долу/ áйаташ а , уьш жайнан нáна /бух лóруш/ ду , вуьйш /маь1наш вовшех/ терадерш /билгала дóцурш/ а . Амма шайн дегнаш чохь /бакъóнах/ д1атовжар дерш , уьш т1аьхьах1уьтту цунах /вовшех/ тера хиллачáрна , /нáхана/ питан дáккха г1ерташ а , и тида г1ерташ а . Цуьнан тидар ца хаа /цхьана/ Аллах1ана бен . 1илмангахь к1оргé баханчáра óлу : « Тхо тешна цунах /билгала дóцучух/ . Дерригé /къуръáн/ тхан Дáлла гергара ду » . /делахь/ Хьéхам ца оьцу хьéкъалан дайша бен .

8.Х1ай тхан Дéла ! /бакъóнах/ Д1а ма товжадéхьа тхан дегнаш , Айхьа тхо /цу т1е/ нисдинчул т1аьхьа ! Лóхьа тхуна Хьайгара къинхéтам , баккъалла а Хьо ву-кх луш верг .

9.Х1ай тхан Дéла ! Баккъалла а Хьо ву-кх нáх гулбийриг , шéгахь шекó йóцучу /къéмата/ дийнахь . Баккъалла а Аллах1а ца йóхайо /Шен/ ч1áг1ó .

10.Баккъалла а шаьш /Дéлах/ цатешнарш , цéран даьхнешá а , цéран бéрашá а Аллах1ах /цкъá а/ х1уммá а хьалха бóхур ма бац уьш . Уьш бу уьш жоьжахатин ц1éран г1ирс .

11.Фир1авнан ох1лунан а , шаьш цáрел хьалхарачéран а хьóлах терра /ду цéран хьал/ , Тхан áйаташ харцдира цáра , т1аккха Аллах1а цéран къинош бахьанехь /1áзапца/ схьалийцира уьш . Аллах1 та1зар ч1óг1а долуш ву .

12.Ахь áла шаьш /Дéлах/ цатешначáрга : « /дуьнéнахь/ Эшор ду шу , /эхартахь/ жоьжахати чу д1агулдийр ду шу . Ма вон мотт бу-кх и /жоьжахати/ »

13.Бакъ долуш /т1амна/ дуьхь-дуьхьал кхетначу шина тóбанехь билгалó йара шуна . /цáрех цхьа/ тóба Аллах1ан нéкъахь т1ом беш ю , важа /тóба/ керста ю . Цáрна /бусулбанашна/ уьш /керстанаш/ го шайл шозза дукха б1аьргана гарехь . /амма/ Аллах1а ч1аг1во Шен г1оьнца Шéна /ч1аг1ван/ луург . Баккъалла а цунгахь /хьахийначунгахь йоккха/ билгалó ма ю /и ган/ б1аьрса долчарна .

14./Дáла/ Адамашна хаздина даггара бéзар зударий а , к1ентий а , дешех а , детех а /гулбина/ чот йоцу /дукха/ бáхамаш а , хаза /тайна/ дойш /говраш/ а , даьхнеш а , кхаш а . И /дерригé/ дуьнéнан дáхаран зовкх ду . Ткъа Аллах1 - Цунна гергахь хаза воьрзийла ю .

15.Ахь áла : « Ас цул дикадерг дийций шуна ? Шаьш /Дéлах/ кхийранчáрна шайн Дáлла гергахь шайна к1елахула тáтóлаш лéлаш йолу бошмаш а , /шаьш/ гуттар цу чохь лаьттар болуш , ц1ена /оьзда/ зударий а , Аллах1éра /ч1óг1а/ рéзахилар а ду . Аллах1 гуш /бевзаш/ ву /Шен/ лайш ,

16.шаьш óлуш болу : « Х1ай тхан Дéла ! Баккъалла а тхо тешна /Хьоьх/ , гечдéхьа тхýна тхан къинош , 1áлашдéхьа тхо /жоьжахатин/ ц1еран 1áзапах »

17./шаьш/ Сóбарé а , бакълуьйш а , муьт1ахь а , харж еш а , 1уьйкъéнашкахь гечдар доьхуш а болу

18.Аллах1а тоьшалла дина , баккъалла а кхин дéла ца хиларца Шá бен . /иштта мук1арлонца/ Малийкашá а , /тéшарца/ 1илман дайшá а /тоьшалла дина/ . Нийсонца д1ах1оьттина ву /И Аллах1/ . Кхин дéла вац , И /Аллах1/ бен , сийлахь , кхéтамé волу .

19.Баккъалла а /бакъ/ дин Аллах1ан гергахь Ислам /дин/ ду . Шайга жайна делларш бéкъа ма ца белира , шайга 1илма деанчул т1аьхьá бен , шайна юккъéрчу хьаг1-гáмонна . Шá Аллах1ан áйатех цатéшарг /милла велахь/ , баккъалла а Аллах1 /цунна/ хьéсап чехка деш ву .

20.Цáра хьоьца /динехь/ къевсинехь , ахь áла : « Ас муьт1ахь йина сайн юьхь Аллах1ана , сýна т1аьхьа /мел/ х1оьттинчó а /йина шен юьхь/ » . Ахь áла шайга жайна деллачáргá а , цаделлачáргá а : « /Дáлла/ Муьт1ахь хиллий шу ? » . Ткъ уьш /Цунна/ муьт1ахь хиллехь , т1аккха бакъ долуш нийсачу новкъа бевлла уьш , ткъа уьш д1абирзанехь , баккъалла а хьýна т1ехь /дерг/ /деккъа/ д1акхайкхор ду . Аллах1 гуш /бевзаш/ ву /Шен/ лайш .

21.Баккъалла а шаьш Аллах1ан áйатех цатешарш , цхьá бакъó йóцуш пайхамараш бойъурш , нáхах нийсóнца шаьш омру дийраш бойъурш /муьлш белахь/ , ахь цáрга кхаъ бáккха лазóчу 1áзапца

22.Уьш шайн 1амалаш /эрна/ йайнарш бу дуьнéнахь а , эхартахь а . Цéран бац /1áзап духатóха/ г1оьнчий .

23.Хьýна ца гина шайга /Дáла/ жайнах /цхьа/ дáкъа делларш , Аллах1ан жайне кхойкхуш , цунга цáрна юккъехь кхел йайтархьама ? Т1аккха цáрех /цхьа/ тóба д1айоьрзу , шаьш /кхéлана/ дуьхьал болуш .

24.И /цéран д1аберзар/ , баккъалла а цáра : « Тхоьх /жоьжахатин/ ц1е хьакхалур ма яц дагардинчу /масситта/ дийношкахь бен » - аьлла дéра ду . Уьш 1éхийра /лéбира/ шайн динехь шаьш /харц/ кхуллуш хиллачó .

25.Мýха /хир ду цéран хьал/ , Óха уьш шéгахь шéко йóцучу /бéкхаман/ денна гулбина , х1óра дéг1ана шá гулдинарг кхоччуш д1аделлачу хенахь , цáрна /цхьá/ харцó ца еш ?

26.Ахь áла : « Йá Аллах1 ! Х1ай паччахьаллин Паччахь ! Хьайна луучунна паччахьалла ло Ахь , Хьайна луучунгара паччахьалла схьадоккху Ахь , Хьайна луург сийлахь во Ахь , Хьайна луург сийсаза во Ахь . Хьан карахь ду /массó/ дика . Баккъалла а Хьо массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш /Эла/ ву .

27.Буьйса дийнан чуйуллу Ахь , де буьйсан чудуллу Ахь /и шиъ хийцадалийтарца/, деллачух дийна дерг схьадоккху /делларг дендо/ Ахь , дийначух делларг схьадоккху /дийнадерг кхалхадо/ Ахь , Хьайна луучунна рицкъа ло Ахь чот йóцуш /дукха/ .

28.Ма лéцийла муъманáха керстанаш гергара /шаьш санна болу/ муъманáх /1адда/ битина ! - Шá /цáрца/ и /гергарлó/ деш верг /милла велахь/ , т1аккха Аллах1éра /гергарлóнах/ х1уммá дац /цуна/ - Цáрех лардалархьама Шу кхéрар дóцург . Аллах1а Шен дéг1ах /Шен 1áзапах лардала дéзар/ д1ахьéдо шуна . Аллах1é ду /шун/ дерзар » .

29.Ахь áла : « Шайн кийранашкахь /дегнашкахь/ дерг аш хьулдичá а , йа аш и гучудаьккхичá а , Аллах1ана хууш ду и . Цунна хаа стигланашкахь /мел/ дерг а , лаьттахь /мел/ дерг а . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .

30.Х1óра дéг1ана шá диканах динарг а , ша вóчух динарг а схьадáлийна карор долчу дийнахь луур ду , баккъалла а шéнá а цуннá а юккъехь геннара хан хулийла . Аллах1а Шен дéг1ах /Шен 1áзапах лардала дéзар/ д1ахьéдо шуна . Аллах1 /Шен/ лайшха къахеташ ву » .

31.Ахь áла : « Шу делахь Аллах1 вéзаш , сýна т1аьхьадáза , /т1аккха/ Аллах1ана дéзар ду шу , шун къиношна шуна гечдийр ду Цó . Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву » .

32.Ахь áла : « Муьт1ахь хила Аллах1анá а , элчаннá а » . Ткъа уьш /муьт1ахьаллех/ д1абирзанехь , баккъалла а Аллах1ана ца бéза керстанаш .

33.Баккъалла а Аллах1а /пайхамараллийца/ хаьржина Áдам а , Нýхь а , Ибрáх1иман ох1лý а , 1имрáнан ох1лý а 1áламашна т1ехь -

34.Шех цхьаберш вýкхáрех /схьабевлла/ болу т1аьхьé . Аллах1 хезаш , хууш ву .

35.1имрáнан зудчó элира : « Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а ас Хьýна /1úбáдатна/ мукъадаьккхина хьажийна /д1аделла/ сайн кийрахь дерг , къóбал дéхьа соьгара /и/ . Баккъалла а Хьо хезаш , хууш ву » .

36./к1ант хиларе сатуьйсуш йолу/ Шá и /йо1/ йинчу хéнахь /бехкала йахна/ цó элира : «Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а ас йина и стé » . Аллах1 вунó дика хууш ву цó йинарг /йо1 ю-й/ . Бóжа дац стé санна . Баккъалла а ас цунна Марьйам ц1е тиллина . Баккъалла а ас Хьоьца ларйо изá а , цуьнан т1аьхьé а /шéна Хьан/ не1алт дахначу шайт1анах » .

37.Т1аккха цуьнан Дáла хаза къóбалйарца къóбул йира и , хаза кхиорца

кхиийра и , Закрийга цуьнан дóладайтира . Закрий и йолчу х1усамé мел вóг1у , цунна гергахь рицкъа карадóра цунна . Цó /Закрийс/ элира : « Х1ай Марьйам ! Мичахьáра /даьлла/ ду хьýна х1ара /рицкъа/ ?! » . Цó элира : « Иза Аллах1ан гергара ду . Баккъалла а Аллах1а Шéна луучунна рицкъа ло /цхьа/ хьéсап дóцуш » .

38.Цигахь кхайкхира Закрийс шен Дéлé , цó элира : « Х1ай сан Дéла ! Лóхьа сýна Хьайгара дика /оьзда/ т1аьхьé ! Баккъалла а Хьо , до1а хезаш ву » .

39.Т1аккха малийкаша кхайкхира цунга , иза михьрáб /маьждиг/ чохь д1ах1оьттина лáмаз деш волуш , баккъалла а Аллах1а кхаъ боккху хьоьга /хьан хир волчу к1антаца/ Йахьйáца - /шá/ Аллах1éра /долу 1ийса дуьнен т1е вáлар/ дош бакъдеш волу , тхьамда /хир/ волу , /зударех/ вухакхетна волу , диканáхах /схьаваьлла/ пайхамар волу .

40.Цó элира : « Х1ай сан Дéла ! Сан мýха хуьлу к1ант , бакъ долуш къáналла т1е ма еана сýна , сан зудá ю бéр ца хуьлуш » . Цó /Дала/ элира : « Иштта , Аллах1а до Шéна луург »

41.Цó /Закрийс/ элира : « Х1ай сан Дéла ! Билгалó éхьа сýна ! » . Цó /Дáла/ элира : « Хьан билгалó - кхá дийнахь ишарца бен хьо нáхé вист ца хилар ю . Хьайн Дéла хьахавé дуккхá , вазвé /Иза/ суьйраннá а , 1уьйраннá а » .

42.Малийкаша элира : « Х1ай Марьйам ! Баккъалла а Аллах1а хаьржина хьо , ц1анйина хьо , /цу зáман/ 1áламийн зударашлахь хаьржина /йазйина/ хьо .

43.Х1ай Марьйам ! /хьастаелла 1ибáдат дарца/ Муьт1ахь хила хьан Дáлла , сужда де , руку1 дечáрца руку1 дé .

44.И /хьахийнарг/ къайлахчу хабарех ду , Óха шá хьоьга хьоьхуш . Хьо цáрца вáцара , цáра шайн /палтосу/ къóламаш /пхерчий хи чу/ кхуьйсучу хéнахь , Марьйаман дóла шайха хьá дийр ду /хьовсуш/ , хьо цáрца вáцара цáра къуьйсучу хéнахь .

45.Малийкаша элира : « Х1ай Марьйам ! Баккъалла а Аллах1а кхаъ боккху хьоьга Шéгарчу дашца , цуьнан ц1е Масийхь - Марьйаман к1ант 1ийсá ю , дуьнéнахь а , эхартахь юхьк1áмé волуш , /Дáла Шéна/ гергаоьзначáрех волуш ,

46.И вист хир ву нáхе áганахь волуш а , воккха волуш а , диканáхах /цхьаъ/ хир волуш » .

47.Цó элира : « Х1ай сан Дéла ! Мýха хуьлу сан бéра , соьх /цхьá/ стаг хьакхавеллá ца хилча ?! » . Цó элира : « Иштта , Аллах1а кхуллу Шéна /кхолла/ луург . Шá /цхьана/ белхан сацам бича , баккъалла а Цó óлу цунга : « Хила ! » - т1аккха и хуьлу .

48.Цó цунна 1áмор ду йóзá а , кхéтамаллá а , Таврат а , Инжийл а .

49.Исрáилан к1енташка элчá а /вийр ву цунах , ша óлуш :/- « Баккъалла а со шоьга веана шун Дéлéра билгалонца - баккъалла а ас шуна поппарх олхазаран санна кеп йийр ю , т1аккха цу чу 1а тýхур ю , т1аккха цунах олхазар хир ду Аллах1ан пурбанца . Ас тóвийр ву б1аьрзéниг а , прокáза /цамгар/ ерг а , денбийр бу белларш а Аллах1ан пурбанца . Ас шуна дуьйцур ду аш юучух а , шайн х1усамашкахь аш хьулдечух а дерг , Баккъалла а цу /хьахийна/ чохь , шуна билгалó ма ю , шу маъманáх делахь .

50./иштта , со шуна веана/ Сайл хьалха Таврáтах деанарг бакъдан а , /хьáлха/ шуна хьáрам дина /хилла/ цхьадерг шуна хьáнал дан а . Со шуна веана шун Дéлéра билгалонца . Аллах1ах кхéра , сýна муьт1ахь хила !

51.Баккъалла а Аллах1 - сан Дéлá а , шун Дéлá а ву , Цунна 1ибáдат дé . Х1ара бу /шуна/ нийса некъ » .

52./шéна/ Цáргара /билггала/ керстанна хааделча 1ийсáс элира : « Муьлш бу сан г1оьнчий Аллах1ан т1е /боьдучу новкъахь/ ? » . /1ийсáн/ Нáкъосташа элира : « Тхо ду-кх Аллах1ан /динан/ г1оьнчий . Тхо тешна Аллах1ах , тоьшалла дéхьа баккъалла а тхо бусулбанаш /Дáлла муьт1ахь/ хиларца !

53.Х1ай тхан Дéла ! Тхо тешна Ахь доссийначух , тхо т1аьхьадаьзна /Хьан/ элчанна /1ийсáна/ , д1айаздéхьа тхо /Хьó цхьаъ хиларца/ тоьшалла дечáрца /цхьана/ ! » .

54./1ийсáна/ Х1илла дира цáра , Аллах1а /дуьхьал/ х1илла дира /цáрна/ . Аллах1 ву х1илланчех уггар говзаниг .

55.Аллах1а элира : « Баккъалла а Ас хьо д1акхалхор ву , Сайга хьо хьалавоккхур ву , шаьш /Соьх/ цатешначáрех хьо ц1анвийр ву , шаьш хьýна т1аьхьах1иттинарш къéматде дáллалц шаьш /Соьх/ цатешначáрна т1ехула бийр бу . Цул т1аьхьа Соьга ду шун дерзар , т1аккха Ас кхел йийр ю шуна юккъехь , шу шéгахь дéкъалуш хиллачунгахь .

56.Амма шаьш /Соьх/ цатешнарш , Ас цáрна 1áзап дийр ду ч1óг1ачу 1áзапца дуьнéнахь а , эхартахь а , бáц цéран /и юхатóха/ г1оьнчий .

57.Амма шаьш /Соьх/ тешнарш , диканаш динарш , Цó цáрна кхоччуш д1алур ю шайн éлаш . Аллах1ана цабéза зуламхой .

58.И /хьахийнарг/ , Óха и доьшу хьýна áяташна т1éрá а , кхéтамéчу хьéхамна т1éрá а .

59.Баккъалла а 1ийсан /кхолларан/ масал Аллах1ан гергахь Áдаман масалах тера ду . Цó и /Áдаман чáрх/ кхоьллира лáттах , цул т1аьхьа элира : « /дийна/ Хила » - т1аккха и хилира .

60./и хьахийнарг/ Бакъдерг ду хьан Дéлéра , хьо ма хилалахь /цунах/ шекболчáрех .

61.Шá хьоьца цу /1ийсáн/ хьокъехь къевсинарг /милла велахь/ , хьоьга /цунах дерг/ хаар деанчул т1аьхьа , ахь /цáрга/ áла : « Схьадуьйла кхойкхур бу вай тхан к1ентий а , шун к1ентий а , тхан зударий а , шун зударий а тхан дог1маш а , шун дог1маш а /пхьоьг1ане/ , цул т1аьхьа /не1алт/ доьхур ду вай /харцлуьйчунна/ , т1аккха /и/ Аллах1ан не1алт /вайха/ харцлуьйчáрна хьажор ду вай »

62.Баккъалла а х1ара /хьахийнарг/ , /шéгахь шéко йоцуш/ бакъ хабар ма ду , /кхин/ дéла /ма/ вац Аллах1 бен , баккъалла а Аллах1 - Иза сийлахь , кхéтамé ма ву .

63.Ткъа уьш /ийманах/ д1аберазахь , баккъалла а Аллах1 /и/ бóхомхой бевзаш /ма/ ву .

64.Ахь áла : « Х1ай жайнан ох1лу ! Схьадуьйла тхýнá а , шунá а юккъехь цхьатерра долчу дашé - /и ду/ Аллах1ана бен вай 1ибадат дийр дац , Цунна цхьá х1ума дéкъахó йийр йац , вайха цхьаболчáра вуьйш дéланаш лоьцур бац Аллах1 /1адда/ витина . Ткъа уьш /Дéла цхьаъ варх/ д1абирзанехь , т1аккха аш áла : « Тоьшалла дé баккъалла а тхо /Дéла цхьаъ веш/ бусулбанаш хиларца » .

65.Х1ай жайнан ох1лу ! Х1унда къуьйсу аш Ибрáх1иман хьокъехь , цул т1аьхьá бен доссийнá /ма/ дац Таврат а , Инжийл а ? Шу ца кхéта /шаьш харцлуьйш хилар/ ?!

66.Шу ду х1орш шаьш къевсинарш , шайгахь шéца хаар долчунгахь ! Ткъа аш х1унда къуьйсу шайгахь шéца хаар дóцучунгахь ? Аллах1 /цунах дерг/ хууш ву , шу хууш дац .

67.Ибрáх1им ца хилла жугтийн динехь а , ца /хилла/ ж1áран динехь а , амма и хилла бакъдинé туьйжуш /Дáлла/ муьт1ахь /бусулба/ , и ца хилла /Дáлла/ дéкъахóвечáрех .

68.Ибрáх1мца /хила/ сов хьакъ болу нáх , шаьш /цу зáманахь/ цунна т1аьхьабаьзнарш а , х1ара /Мухьаммад/ пайхамар а , /цуьнан умматах/ шаьш /Дéлах/ тешнарш а бу . Аллах1 ву муъманéхан 1уналча .

69.Жайнан ох1лунах /цхьана/ тóбана дийзира шаьш шу тилóр , /амма/ цáра тила ца до шайн дог1маш бен , /делахь/ цáрна /и/ хаацало .

70.Х1ай жайнан ох1лу ! Х1унда цатéша шу Аллах1ан áятех , шаьш /уьш бакъ хилар/ теш долушехь ?!

71.Х1ай жайнан ох1лу ! Х1унда эдо аш бакъдерг харц долчунца ? Бакъдерг хьулдо аш , шайна /и бакъ хилар/ хууш долушехь .

72.Жайнан ох1лунах /цхьана/ тóбанó элира : « Тéша шá имдиллинчáрна т1е доссийначух де дóлалуш , керстаналла де цунца и /де/ чекхдóлуш ! Уьш бухаберза тарло .

73.Шу ма тéшалуш шайн динна т1аьхьаваьзнчуннá бен ! - Ахь áла : « Баккъалла а нийса некъ - Аллах1ан некъ бу » - Шоьга /жайнах/ делларг саннарг цхьанна даларна , йа цáра шоьца къийсарна шун Дáлла гергахь » . Ахь áла : « Баккъалла а комаьршалла Аллах1ан карахь ю . Цó и ло Шéна луучунна » . Аллах1 шортó йолуш , хууш ву .

74.Цó къаставо Шен къинхетамца Шéна лууш верг . Аллах1 /вунó/ йоккха комаьршалла йолуш ву .

75.Жайнан ох1лунах ву шéх тешна ахь шорта даьхнú дитча , шá и /тéшамца/ хьоьга духадерзóш верг , /амма/ цáрех ву шех тешна ахь /деккъа/ цхьа сом /дийнáр/ дитча , /шен ямартлонна/ хьо шéна т1ех1оьттина мел ву бен шá и хьоьга духа ца дерзош верг , Иза , баккъалла а цáра áларна ду : « Тхýна т1еххьа-м бац бóдане /1арбойн/ нéхан хьокъехь /къа хила/ некъ » . Аллах1ан т1ехь харцо óлу /йуьйцу/ цáра , шайна /шаьш харцлуьй/ хуушехь

76.Х1аъ бу /царна т1ехь къа хила некъ/ . Шá шен ч1áг1ó кхочуш йинарг , /Дéлах/ кхийринарг /милла велахь/ , баккъалла а Аллах1 /Шех/ кхоьрурш дукхабéзаш ву .

77.Баккъалла а шаьш Аллах1ан /шаьш йина/ ч1áг1óнах а , шайн дуйнех а /бохкабаларца/ к1еззиг мах оьцурш , уьш - цáрна эхартахь /цхьá/ дáкъá дац , /цéран дог оьцуш/ Аллах1 вистхир вац цáрга , къéмат дийнахь /Шен къинхéтамца/ цáрга хьожур вац , уьш /къиношха/ ц1анбийр бац . Цáрна лазош /долу/ 1áзап /хир/ ду .

78.Баккъалла а цáрех /цхьа/ тóба ма ю , жайнúца /цуьнан маь1на талхорхьама/ шайн меттанаш керчош /хьийзош/ , шуна и жайнара ду моттийта . И /ма/ дац жайнара . Цáра óлу /йуьйцу/ Аллах1ан т1ехь харцó , шайна /шаьш харц хилар/ хуушехь .

79./цхьанá/ Стагца дóг1уш ца хилла , Аллах1а шéга жайнá , кхéтамаллá , пайхамараллá делча , т1аккха цó нáхé áлар : « Шу хила сан лайш Аллах1 /1адда/ витина ! » , делахь а /цунца дóг1уш ду цó áлар/ : « Шу хила /даккхий/ устáзаш /к1орггéра 1éламнáх , суьпанáх/ , шу жайна хьоьхуш хиларнá а , шу доьшуш хиларнá а »

80.Цó шоьга омру дийр дац аш малийкаш а , пайхамараш а деланаш лéцарца . Цó шоьга керстаналлийца омру /мýха/ до тов , шу бусалбанаш хиллачул т1аьхьа ?

81.Аллах1а пайхамарашкара ч1áг1ó ийцира : « Х1ара Ас шоьга жайнах а , кхéтамаллах а луш дерг ду . Т1аккха шуна вóг1ур ву элча , шоьгахь дерг бакъдеш . Шу цунах /шéкó йóцуш/ тéшар ма ду , аш цуна г1ó дийр ма ду . Цó элира : « Дарéдиний аш , цу т1ехь сан ч1áг1ó къóбал йиний аш ? » . Цáра элира : « Дарéдина óха » . Цó элира : « Т1аккха тоьшалла дé , Сó /хир/ ву шоьца тоьшалладечáрех »

82.Ткъа шá цул т1аьхьа /иймáнах/ д1авирзинарг /милла велахь/ , уьш - пéсакънáх бу уьш .

83.Аллах1ан дóцу дин лоьху тов цáра ? Цунна муьт1ахь /ма/ хилла шá стигланашкахь , лаьттахь /мел/ дерг /бертахь/ лаамцá а , /бертаза/ лаамзá а . Цунга боьрзур /болуш ма/ бу уьш .

84.Ахь áла : « Тхо тешна Алаах1ах а , тхайна т1е доссийначух а , Ибрáх1имна , Исмá1илнá , Исхьáкъанá , Я1къýбанá т1едоссийначух а , Мýсáгá , 1ийсáгá , пайхамарашка шайн Дéлéра деллачух а . Óха цáрех цхьанненнá юккъехь къестамаш ца бо . Тхо Цунна муьт1ахь ду »

85.Шá Ислам дóцуш /кхи/ дин лууш верг /милла велахь/ , и /цкъа а/ цунгара къóбал дийр ма дац . Иза эхартахь эшначáрех /хир/ ву .

86.Мýха нисбийр бу Аллах1а шайн иймáнал т1аьхьа керстаналла дина нáх , баккъалла а элча бакъ хиларца шаьш тоьшалла дина /болу/ , шайга билгалóнаш йаьхкина /болу/ ? Аллах1а нис /ма/ ца бо зуламé /болу/ нáх .

87.Уьш - цéран бекхам - баккъалла а шайна т1ехь Аллах1ан а , малийкин а , массó адамин а не1алт хилар бу .

88./шаьш/ Гуттар цу /не1алт/ чохь лаьтташ . Цáрна 1áзап дайдийр дац , уьш т1аьхьáтоттур бац .

89.Шаьш цул т1аьхьа дохкóбевлларш а , дика 1амалш йинарш а боцурш . Баккъалла а Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву .

90.Баккъалла а шаьш , шайн иймáнал т1аьхьа керстаналлá дина , цул т1аьхьа керстаналлехь сов бевлларш , цéран дохкóбовлар /цкъá а/ къóбал дийр ма дац . Уьш бу уьш тилларш .

91.Баккъалла а шаьш керстаналлá а дина , шаьш керстá болуш белларш , цáрех цхьанггéрá /цкъá а/ къóбал дийр ма дац латта дуьззина деши , цó и /шен дéг1ана/ махийна даларх . Уьш - лазош /долу/ 1áзап ду цáрна . Цéран бац /и духатóха/ г1оьнчий .

92.Шу /цкъá а/ дикаллé кхочур ма дац , шайна дукхадéзачух аш харж йаллац . Аш цхьанá х1уманца харж йийр /ма/ яц , баккъалла а Аллах1ана и хууш долуш бен .

93.Массó юург /йаа/ хьáнал хилла Исрáилан к1енташна , Исрáила /Я1къýба/ шен дéг1ана хьáрам динарг дóцург , /Дáла/ Таврат доссóрал хьалха . Ахь áла : « Cхьадá /и/ Таврат , дéша и , /нагахь/ шу бакълуьйш делахь » .

94.Цул т1аьхьа Аллах1ан т1ехь шá харцó кхоьллинарг /милла велахь/ , уьш бу уьш зуламхой .

95.Ахь áла : « Бакълийна Аллах1 . Т1аьхьадáза /бакъóнé/ тевжаш волчу Ибрáх1иман динна ! Иза ца хилла /Дáлла/ дéкъахóвечарех »

96.Баккъалла а нáхана /1ибáдатна/ доьг1на /долу/ дуьххьарлéра ц1а , шá Маккахь /доьг1на/ дерг ду , беркатé а , 1áламашна нийса некъ а /хилла/ долу .

97.Цу чохь б1аьрла билгалóнаш ю - /цáрех ю/ Ибрáх1им /х1оьттина/ меттиг . Шá цу чуваьлларг , маьрша хилла . Нáхана т1ехь ду Аллах1ан дуьхьа /хьаж/ ц1а бахар - /цáрех/ цига ваха нéкъаца ницкъ кхаьчначунна . Шá керстаналла динарг /мила велахь/ , баккъалла а Аллах1 хьашт вац 1áламашка .

98.Ахь áла : « Х1ай жайнан ох1лу ! Шу х1унда цатéша Аллах1ан áятех , /и/ Аллах1 теш ма ву аш дечунна т1ехь ? »

99.Ахь áла : « Х1ай жайнан ох1лу ! Х1унда юхаветта аш Аллах1ан некъах ша /Цунах/ тешнарг , шайна и /некъ/ гамбан лууш , шу ма ду /и нийса хилар/ теш ? Аллах1 /ма/ вац аш дечух чидамза »

100.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! /нагахь/ Шу муьт1ахь хилахь , шайна жайна деллачáрех /йолчу цхьана/ тóбанна , /т1аккха/ цáра шу дерзор /ма/ ду шун иймáнал т1аьхьа керстанаш хилла .

101.Аш керстаналла мýха до , шайна т1ехь доьшуш Аллах1ан áяташ долуш , шайна юкъахь Цуьнан элчá волуш ? Шá Аллах1ах /тешарх/ тасалург /милла велахь/ , бакъ долуш нийсачу новкъа нисвина /Цó/ иза .

102.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Аллах1ах кхéра Цунах кхéра ма-дезза , шу дала ма лойла шаьш бусалбанаш долуш бен !

103.Шу тасалó Аллах1ан /динан/ муьшах дерригé , къеста ма лó /динехь/ , аш хьахадé шайна т1éра Аллах1ан зовкх ; мостаг1ий дара шу , т1аккха Цó /динца/ барт бира шун дегнашна юкъахь , т1аккха шу хилира Цуьнан къинхéтамца /дина/ вежарий . Шу дара /жоьжахатин/ ц1еран óран йистехь /цу чуэгга дохкуш/ , т1аккха Цó /ийманца/ к1елхьара дéхар шу цунах . Иштта , Аллах1а шуна билгалдо Шен áяташ . Шу нисдала тарло .

104.Шоьх /цхьа/ тóба хулийла , /нах/ диканé кхойкхуш , диканца девзинчунца /цáрга/ омру деш , вóчух /уьш/ юхатýхуш . Уьш бу уьш дéкъалдай .

105.Шу ма хилалуш шаьш /динехь/ къаьстинарш а , шайга билгалóнаш йаьхкинчул т1аьхьа бекъабелларш а санна ! Уьш - цáрна доккха 1áзап /хир/ ду /шуна/

106.Цу /къéмата/ дийнахь /цхьаболчéран/ яххьаш к1айлур ю , /вýкхеран/ яххьаш 1аржлур ю . Амма шайн яххьаш 1аржйелларш /цáрга эра ду/ : « Керстаналла /х1унда/ дира аш шайн иймáнал т1аьхьа ? 1овша /х1инца/ 1áзап , шаьш керстаналла деш хиларна ! »

107.Амма шайн яххьаш к1аййелларш , Аллах1ан къинхéтам чохь /хир/ бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .

108.Уьш /х1орш/ Аллах1ан áяташ ду , Óха доьшу уьш хьýна бакъонца . Аллах1 /ма/ вац , 1áламашна зулам /харцó/ лууш .

109.Аллах1ан /дóлахь/ ду шá стигаланашкахь /мел/ дерг а , шá лаьттахь /мел/ дерг а . Аллах1éга дерзор ду /массó/ г1уллакхаш .

110.Уггар тоьлуш /долу/ уммат дара шу , шá нáхана /диканна/ гучудаьккхина /долу/ , диканца девзинчунца омру деш , /массó/ вóчух /нах/ юхатýхуш , Аллах1ах тéшаш . Жайнан ох1лу /тéша ма-дезза/ тешнехь , цáрна и г1óлú /хилла/ хир ма дара . Цáрех бу муъманáх а , /амма/ цáрех дукхах берш пéсакънáх бу .

111.Шуна цхьá зен дийр ма дац цáра /маттаца/ вас яр дóцург . Шоьх летча /эшна/ баккъаш берзор бу цáра , т1аккха цáрна /цхьаммó/ г1о дийр дац .

112./Дáла/ Сийсаза бина уьш , миччахьá /бéхаш/ белахь а , Аллах1éра /эцна/ ч1áг1онцá а , нáхéра /эцна/ ч1áг1онцá а бен /к1елхьара бевра боцуш/ . Аллах1éра оьг1азлó /хьакъ/ хилира царна , /Дáла/ мискалла т1ейаийтира цáрна . Иза - баккъалла а уьш Аллах1ан áятех цатéшаш а , /цхьá/ бакъó йóцуш пайхамараш бойъуш а хиларна ду . Иза - уьш /Дáлла/ 1éса хиларнá а , /Цуьнан дóзанел/ т1ехбуьйлуш хиларнá а ду .

113./делахь/ Цхьатерра бац уьш . Жайнан ох1лунах /цхьайолу/ тóба ю , /бакъонна т1ехь/ нисйелла , буьйсан хéнашкахь Аллах1ан áяташ доьшуш шаьш сужудехь болуш .

114.Уьш тéша Аллах1ах а , т1аьхьарчу дийнах а , цáра омру до диканца девзинчунца , вóчух /нах/ юхатýху , цáра сихó йо диканашкахь . Уьш - диканáхах бу .

115.Цáра деш долу /цхьа/ дика , /Дáла/ цéран и /ял йóцуш/ хьулдийр /дойъур/ дац . Аллах1ан бевзаш бу /Шех/ кхоьруш берш .

116.Баккъалла а шаьш /Дéлах/ цатешнарш , уьш Дéлах /Цуьнан 1áзапах/ х1уммá а хьалха бóхур ма бац цéран даьхнеш а , цéран доьзалш а . Уьш -

/жоьжахатин/ ц1еран дай бу , шаьш цу чохь гуттар лаьттар болуш .

117.Цáра х1окху дуьнéнан дáхарехь ечу харжан масал , шéна чохь /вáгош/ шéлó йолчу /йа шакарéчу/ махé тера ду , шайн дог1машна зуламé хиллачу нéхан ялтúна шá т1ебеана и х1аллак динчу . Аллах1а /и х1аллак дарца/ зулам ца дина цáрна , делахь а /1éса хиларца/ шайн дог1машна зулам до цáра .

118.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Аш ма лéца шаьш дóцучáрех /болу/ хьéший ! Цáра ледарлó ца йо шуна новкъарлó ярехь . Цáрна лиара шуна халó хилар . Бакъ долуш цабéзам гучубаьлла цéран батóшех , ткъа цéран кийранаш хьулдийриг /цул/ доккха ду . Бакъ долуш Óха шуна билгалдина áяташ , шу хьéкъалé хиллехь .

119.Шу ду х1орш шаьш уьш бéзаш , цáрна шу-м ца дéза . Шу ду дуьззина жайнах тéшаш /уьшша-м ца тéша шун жайнах/ . Шаьш шуна духьал кхетча , цáра óлу : « Тхо тешна » . Ткъа шаьшша бисча , шоьга /йолчу/ оьг1азлонна /шайн/ п1елгех кадетта цáра . Ахь áла : « Лиэ шайн оьг1азлонца . Баккъалла а Аллах1 хууш ву /шу/ кийранаш чохь дерг »

120.Шоьх /цхьа/ дика хьакхалахь , цó г1айг1анé бо уьш . Ткъа шуна /цхьа/ вóн т1едáг1ахь , цунах баккхийбоь уьш . Аш /цéран новкъарлонна/ сатóхахь , шу /Дéлах/ кхéрахь , цéран мéкарлóнó х1уммá а зен дийр дац шуна . Баккъалла а Аллах1 цáра дечунна /хаарца/ гóбина ву .

121./дагадаийта/ 1уррé хьан доьзал болчура áравéлира хьо , муъманáх т1амна меттигашка д1ах1иттош . Аллах1 /шун къамéлаш/ хезаш , /шун хьéлаш/ хууш ву .

122./т1амах óзаелла/ Юхайáлар дагчу дуьйжира шоьх /йолчу/ шина тóбанна , Аллах1 ву цéран г1оьнча . Аллах1ана т1е товжийла муъманáх .

123./Дéлóра/ Бакъ долуш Аллах1а г1о ма дина шуна Бадрехь , шу г1ийла долуш . Кхéра Аллах1ах . Баркалла áла тарло аш .

124.Муъманáхé óлу ахь : « Шуна ца тоьу ткъа , шун Дáла шуна кхо эзар малик доссош г1одар ?! »

125.Дéра /тоьу/, аш /мостаг1на/ сáтóхахь , шу /Дéлах/ кхéрахь , уьш шуна х1окху сохьтехь бáг1ахь , шун Дáла шуна г1одийр /ма/ ду /шайна/ билгалонаш йинчу пхé эзар маликца .

126.Аллах1а и /г1о/ ца дина шуна /тóламца/ кхаъ хилийтá а , цунца шун дегнаш д1атейтá а бен . Тóлам /ма/ бац , Аллах1ана гергара бен , Сийлахь , Кхéтамé волчу .

127.Шаьш Дéлах/ цатешначáрех /цхьа/ áг1ó д1ахáдорхьама , йа уьш сийсаза бархьама , т1аккха уьш /цхьá/ кхиам бóцуш юхабоьрзур бу .

128.Хьан карахь дац /цéран/ балхах х1уммá , йа гечдийр Цó цáрна , йа 1áзап дийр цáрна . Баккъалла а уьш зуламхой бу .

129.Аллах1ан /дóлахь/ ду шá стигаланашкахь /мел/ дерг а , шá лаьттахь /мел/ дерг а . Шéна луучунна гечдо Цó , Шéна луучунна 1áзап до . Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву .

130.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Ма йаа ял дукхазза шалха . Кхéра Аллах1ах . Дéкъалхила тарло шу .

131.Кхéра шá керстанашна кечйинчу ц1ерах .

132.Муьт1ахь хила Аллах1анá а , элчаннá а . Шоьх къинхéтам бан тарло .

133.Сихлó шайн Дéлéра гечдарé а , ялсаманé а , шен шóралла стигланаш а , лáттá а /санна шуьйра/ йолчу , шá /Дéлах/ кхоьручáрна кечйина йолчу .

134.Шаьш аттóнехь а , халóнехь а харжъеш болу , оьг1азлó сéцош болу , нáхана къинт1éра бовлуш болу , Аллах1ана дукха бéза дикадийраш .

135.Шаьш /цхьа/ дастамéниг дича , йа шайн дог1машна /цхьа/ зулам дича , Аллах1 хьахийна , шайн къиношна гечдар дехна болу . Хьá гечдийр ду къиношна Аллах1а бен ? Шаьш динчунна т1ехь ч1аг1 ца белла болу , шайна /и вуо дуй/ хууш .

136.Уьш - цéран бекхам шайн Дéлéра гечдар а , шайна к1елахула тáтóлаш лела /ялсаманин/ бошмаш а ю , /шаьш/ цу чохь гуттар лаьтташ . Ма хаза ю-кх /дика/ 1амал ечéран ял .

137.Бакъ долуш , шоьл хьалха д1адахна нéкъаш . Лаьттахула дуьйлалой хьовса мýха хилла /элчанаш/ харцбечéран чаккхé .

138.Х1ара нáхана кхéтор а , /цáрех Дéлах/ кхоьручáрна нийса некъ а , а /хаза/ хьéхам а бу .

139.Г1ел ма лó , г1айг1анé ма хила , уггар лакхарнаш шу /хир/ ду шу /баккъал/ муъманáх делахь .

140.Шоьх чов хьакхаеллехь , бакъ долуш /керста/ нáхах ма хьакхаелла и санна чов . И дéнош - Óха уьш /муьрашкахь/ хуьйцу нáхана юккъехь , Аллах1ана шаьш /Шех/ тешнарш бовзархьамá а , шоьх /цхьаберш/ шахúдаш бархьамá а . Аллах1ана ца бéза зуламхой .

141.Шаьш /Шех/ тешнарш Аллах1а /къинойх/ ц1анбархьамá а , керстанаш х1аллакбархьамá а .

142.Ткъа шаьш ялсаманú г1ур ду моьттинéра шуна , Аллах1ана шоьх шаьш г1áзот динарш а , /халóнашна/ сатоьхнарш а бевзинá /билгалбевллá/ бóцуш ?!

143./Дéлóра/ Бакъ долуш , /г1áзóтехь/ даларé сатуьйсуш дара шу шаьш цунна дуьхьал кхéталé . Бакъ долуш /х1инца/ ги-кх шуна и /далар/ , шаьш хьоьжуш долуш /дé х1инца г1áзот/ .

144.Мухьаммад /ма/ вац , элчá бен , бакъ долуш шеш хьалха элчанаш д1абахана волу . Ткъа и /хан кхаьчна/ велча , йа /мостаг1ó/ вийча , шайн к1áжашка /керстаналлé/ духадоьрзур ду шу ? Ткъа шá шен к1áжашка вухавирзинарг/ милла велахь , Аллах1ана х1уммá зен дийра ма дац цó . Аллах1а /диканца/ бéкхам бийр /ма/ бу баркаллéчáрна .

145./цхьá/ Са далар ца хилла , Аллах1ан пурбанца бен , язйина тоьхначу хéнахь . Шá /шен 1амалца/ дуьнéнан ял éзарг /милла велахь/ , Óха цунна лур ю цунах . Шá /шен 1амалца/ эхартан ял éзарг /милла велахь/ , Óха цунна лур ю цунах . Óха /диканца/ бéкхам бийр бу баркаллéчáрна .

146.Хийла пайхамар ву шéца цхьана /мостаг1чух/ шорта тóбанаш летта . /амма/ Аллах1ан нéкъахь /къахьоьгуш/ шайна /халóнех/ т1едеанчунна г1ел ца белира уьш , ледара ца хилира уьш , къар ца белира . Аллах1ана дукхабéза сóбарéнаш .

147.Цéран дош дáцара цáра áлар бен : « Х1ай тхан Дéла ! Геч дéхьа тхýна тхан къинош а , тхан г1уллакхехь тхо т1ехдийлар а , /г1áзотна/ ч1аг1бéхьа тхан кóгаш , тóладéхьа тхо керста нáхана т1ехь »

148.Аллах1а цáрна елира дуьнéнан ял а , эхартан хаза ял а . Аллах1ана дукхабéза дикадийраш .

149.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Шаьш /Дéлах/ цатешначáрна шу муьт1ахь хилахь , цáра шу духадерзор ду шун к1áжашка /керстаналлé/ , т1аккха шу доьрзур ду эшна /долуш/ .

150.Мелхó а , Аллах1 шун вéрас /1уналхó/ ву , Иза г1оьнчийх уггар диканиг ву .

151.Шаьш /Дéлах/ цатéшачéран дегнашчу кхéрам тосур /ма/ бу Óха , цáра Аллах1ана дéкъахó ярна шéца /боьзна/ Цó боссийна /цхьá/ бух бóцург . Цéран чуг1ойла /жоьжахатин/ ц1е ю . Ма вон ю-кх /и/ зуламхойн х1усам .

152./Дéлóра/ Бакъ долуш , Аллах1а шуна бакъйира Шен ч1áг1ó , аш уьш Цуьнан пурбанца бойъучу хéна , шаьш к1иллó довллалц а , /пайхамаран/ г1уллакхехь шу /шайлахь/ къовсадаллалц а , шуна дéзарг Цó шайна гайтинчул т1аьхьа шу /цунна/ 1éсадовллалц а . Шá дуьнé дéзаш верг ву шоьх , шá эхарт дéзаш верг ву шоьх . Т1аккха /кхéрам тесна/ д1ахьовзийра Цó шу цáрех , шу зерхьама . /Дéлóра/ Бакъ долуш , шуна къинт1éра ваьлла Иза . Аллах1 комаьршалла йолуш /ма/ ву муъманáхана т1ехь .

153.Шу д1ахьаьвдира цхьанггá а юха ца хьовсуш , шоьх /бухабисина/ вýкхáрна юкъахь /волу/ элча шайга кхойкхуш волуш . Т1аккха сингаттамна т1е сингаттам белира /Дáла/ шуна , шу шайха /х1онсах/ д1атиллачуннá а , шайна /эшамах/ т1едеанчуннá а г1айг1анé ца хилийта . Аллах1 /вунó дика/ девзаш ву аш дийриг .

154.Т1аккха /цу/ сингаттамал т1аьхьа Цó шуна т1е тесира синтем беш йолу наб , шá шоьх /цхьа/ тóба хьулйеш . /важа/ Тóба шайн дог1маша /деккъа/ шайна сагатдойтуш ю . Шáйна /мотта/ хьакъ дóцург Аллах1аца моьттуш - сонталлин /заманан бáхархойн/ моттар , шаьш óлуш : « Х1уммá /хир долуш/ дуй ткъа тхýна /цу тóламан/ г1уллакхах ? » . Ахь áла /цáрга/ : « Баккъалла а , и дерригé г1уллакх Аллах1ан /карахь/ ду » . Цáра хьулдо шайн дегнашкахь , шаьш хьýна гучу ца доккхург . Цáра óлу : « Тхан /карахь/ хиллехь /цу/ г1уллакхах /цхьа/ х1ума , х1оккхузахь дайъина хир дáцара тхо » . Ахь áла /цáрга/ : « Шу /т1амна áрá ца довлуш/ шайн х1усамашкахь /1ийна/ хиллехь а , /шоьх/ шайна /Дáла/ кхалхар яздинарш áрабевра ма бара шайн 1илларшка /кхалха бéза меттигашка/ » . Аллах1а шун кийракашкахь дерг зерхьамá а , шун дегнашкахь дерг ц1андархьамá а . Аллах1 хууш ву кийранашкахь дерг .

155.Баккъалла а ши тóба дуьхь-дуьхьала кхетначу дийнахь шоьх шаьш /т1амах/ бухабевлларш , баккъалла а шайт1анó бóхийна /галбаьхна/ уьш цхьадолчу /къинойх/ цáра гулдинчунца . /Дéлóра/ Бакъ долуш Аллах1 къинт1éра ма ваьлла цáрна . Баккъалла а Аллах1 гечдеш , сóбарé /ма/ ву .

156.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Шу ма хила шаьш /Дéлах/ цатешна , шайн вежарех /лаьцна/ шаьш аьлларш санна , уьш лаьттахула /совдéгарна/ д1асхьабахача , йа г1áзóтехь хилча : « Уьш тхýна гергахь /ц1ахь 1ийна/ хиллехь , /нéкъаца/ беллá хир /ма/ бáцара , /йа т1ам т1ехь/ байъинá хир /ма/ бáцара » . Аллах1а цунах цéран дегнашкахь бáла бархьама . Аллах1 ву /уьш/ денбеш верг а , болуьйтуш верг а /кхи х1уммáдац/ . Аллах1 аш дийриг гуш ву .

157./Дéлóра/ Шу Аллах1ан нéкъахь /къахьоьгуш/ дайъахь , йа лахь , Аллах1éра гечдар а , къинхéтам а цáра /дуьнéнан даьхнех/ гулдечул а /вунó/ тоьлуш ма ду .

158./Дéлóра/ Шу лахь , йа дайъахь Аллах1é д1агулдийр /долуш/ ма ду .

159.Аллахéра къинхéтамца к1éда-мерза хили хьо цáрца . Хьо /дашна/ к1оршамé /шóга/ , буьрса /къиза/ дог долуш хиллехь , хьýна гóнахьáра /хьо /хьо д1атесна/ д1асабевлла хир ма бара уьш . Цáрна къинт1éра вáла , цáрна гечдар дéха , /хьан/ г1уллакхехь цáрца дагавáла . Ткъа ахь сацам бинехь , Аллах1ана т1е товжа . Баккъалла а Аллах1ана дукхабéза /Шéна/ т1етевжарш .

160.Аллах1а шуна г1о дахь , шуна т1ехь /цхьá/ тóламхó /хир/ вац . Ткъа Цó шу д1атасахь , /т1аккха/ мила ву и шá шуна г1одийр дерг Цул т1аьхьа ? /веккъа/ Аллах1ана т1е товжийла муъманáх !

161.Пайхамарца дóг1уш /ма/ дац /шен асхьáбашна/ ямарт хилар . Шá ямарт верг /милла велахь/ , и вóг1ур ву къéмат дийнахь шá йинчу ямартлонца . Т1аккха х1óра дéг1ана шá /гул/ динарг /кхоччуш/ д1алур ду , цáрна зулам дийр дац .

162.Шá Аллах1 рéзахиларна т1аьхьаваьлларг , шá Аллах1éра оьг1азлонца вухавирзинарг санна ву ткъа ? Цуьнан чуг1ойла жоьжахати ю . Ма вон воьрзийла ю-кх /и/ .

163.Уьш Аллах1ан гергахь /тайп-тайпана/ даржаш /долуш/ бу . Аллах1 гуш ву цáра дийриг .

164./Дéлóра/ Аллах1а /боккха/ дика болх ма бина муъманáхана , цáрна юккъехь шайха /волу/ элча ваийтинчу хéна , цáрна Шен áяташ доьшуш , уьш /къинойх/ ц1анбеш , цáрна жайнá а , /суннатан/ кхéтамаллá а 1áмадеш , баккъалла а уьш /цул/ хьáлха билгалчу тиларехь бара .

165.Шайна т1е /цхьа/ сингаттам /эшам/ беанчу хéна - бакъ долуш и санна ши сингаттам бинéра аш /хьáлха цáрна/ - аш элира : « Мичхьáра /баьлла/ бу /тхýна/ х1ара /сингаттам , тхо бусалба ма дара/ ? » Ахь áла : « Иза шух шайха /баьлла/ бу-кх » . Баккъалла а Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .

166.Ши тóба дуьхь-дуьхьал кхетначу дийнахь шуна т1е беана сингаттам /эшам/ , Аллах1ан пурбанца бу , Цунна муъманáх бовзархьамá а ,

167.шаьш мунéпикъалла динарш бовзархьамá а . Цáрга элира : « Схьадуьйла т1ом бé /мостаг1ца/ Аллах1ан новкъахь , йа бухатóха /уьш/ ! » . Цáра элира : « Тхо т1ом бан хууш делхьáра , шуна т1аьхьах1иттана хир ма дара тхо » . Уьш цу дийнахь керстаналлийна герга бу , шаьш иймáнна /герга/ хиллачул а . Цáра óлу шайн батошца шайн дегнаш чохь дóцург . Аллах1 /вунó/ дика хууш ву цáра /мунéпикъаллах/ хьулдеш дерг .

168.Шаьш - /т1аман áрабовларх/ ц1ахь 1ийна - шайн /динан/ вежаршка аьлла /болу/ : « Уьш тхýна муьт1ахь /хилла óха бóхург дина/ хиллехь , уьш байъина хир /ма/ бáцара » . Ахь áла /цáрга/ : « Юхатóха шайха далар , шу бакълуьйш делахь »

169.Ахь лáра ма лóрийла шаьш Аллах1ан новкъахь кхелхинарш белла . Мелхó а дийна бу /уьш/ , шайн Дáлла гергахь шайна /ялсаманин/ рицкъá долуш .

170.Аллах1а Шен комаьршаллах шайна деллачух баккхийбеш , шайла т1аьхьа /т1емалойх дийна бисина/ шайха д1ацакхетначáрга кхаьънаш бохуш , цáрна /цигахь/ кхéрам /хирг/ ца хиларцá а , уьш г1айг1анé /хирг/ ца хиларцá а .

171.Цáра кхаьънаш бóху Аллах1éра зовкхацá а , комаьршаллийцá а , баккъалла а Аллах1а муъманéхан ял йойъуш ца хиларцá а .

172.Шаьш Аллах1анá а , элчаннá а /кхайкхамна/ жоп делла болу , шайна /г1áзóтехь/ чов хиллачул т1аьхьа . Цáрех дикадинчáрнá а , кхийринчáрнá а йоккха ял /хир/ ю .

173.Нáха шайга аьлла /болу/ : « Баккъалла а , нáх гулбелла шуна /дуьхьал/ , цáрех кхéралуш ! » . Цó ийманехь сов бéхира уьш . Цáра элира : « Аллах1 тоьуш ву тхýна , ма дика векал ву-кх Иза »

174.Аллах1éра зовкхацá а , комаьршаллийцá а бухабирзира уьш , шайха /цхьá/ вон ца хьакхалуш , Аллах1 рéзахиларна т1аьхьабевлира уьш . Аллах1 йоккхачу комаьршаллин Дá ву .

175.Баккъалла а и /дуьйцург , адам/ йилбаз ду шуна , шен гергарнаш /долу шу/ кхéрош . Шу цáрех ма кхéра Соьх кхéра , шу муъманах делахь .

176.Хьо г1айг1анé ма войла шаьш /Дéлах/ цатéшарехь сихó ечáра . Баккъалла а цáра Аллах1ана цхьá зен дийр ма дац . Аллах1ана лаьа цáрна /цхьá/ дáкъа ца дан эхартахь , цáрна доккха 1áзап /хир/ ду .

177.Баккъалла а шаьш иймáнах керстаналла эцнарш , цáра Аллах1ана цхьá зен дийр ма дац , цáрна лазош /долу/ 1áзап /хир/ ду .

178.Шаьш /Дéлах/ цатешначáрна мота ма моттийла , баккъаллá а Óха шайн оьмар яхйар шайна дика ду . Баккъалла а Óха цéран оьмар яхйо уьш къилахь сов бовлийтархьама , цáрна /шаьш/ сийсаза /бен/ 1áзап /хир/ ду .

179.Аллах1 ма ца хилла муъманáх /1адда/ буьтур болуш , шу долчу /хьóла/ т1ехь , Шá боьханиг ц1еначух къаставаллалц . Аллах1 ма ца хилла Шá цáрна къайлé йовзуьйтур йолуш . Дéлахь а , Аллах1а хоржу Шен элчанех Шéна /къайлé йовзийта/ луург . Шу тéша Аллах1ах а , Цуьнан элчанех а . Шу тéшахь , кхéрахь , т1аккха шуна йоккха ял /хир/ ю .

180.Аллах1а Шен комаьршаллах шайна деллачунна шаьш б1аьрмециг болчáрна мотта ма моттийла , и /б1аьрмецигалла/ шайна дика ду . Мелхó а и цáрна вон ду . Уьш шéца б1аьрмециг хиллачух кóчарш ухкур ду цáрна /логах/ къéмат дийнахь . Аллах1ан ду стиглашин а , лаьттан а ирс . Аллах1 аш дийриг девзаш ву .

181./Дéлóра/ Бакъ долуш , Аллах1ан хезна шаьш : « Баккъалла а Аллах1 къиэ ву , тхо тарó йолуш ду » - аьллачéран дош . Óха д1аяздийр ду цáра аьлларг а , цхьá бакъó йóцуш цáра пайхамарш байъар а . Óха эра ду : « 1овша /жоьжахатин/ ц1еран 1áзап ! »

182.И /1áзап/ шун куьйгаш динчунна /дуьхьал/ а , баккъалла а Аллах1 лайшна зуламхó ца хилар а ду .

183.Шаьш аьлла /болу/ : « Баккъалла а Аллах1а тхýна т1едиллина тхо /цхьанá/ элчанах цатéшар , иза тхýна вáллалц шá ц1арó дууш долчу г1урбанца » . Ахь áла /цáрга/ : « Бакъ долуш элчанаш /ма/ баьхкира шуна соьл хьáлха билгалóнашцá а , аш аьллачунца а , т1áккха уьш /мукъанé а/ х1унда байъира аш шаьш бакълуьйш хилча ? »

184.Цáра хьо хáрцвинехь , бакъ долуш хьоьл хьалхá харц /ма/ бина цáра элчанаш , шаьш билгалóнашцá а , /Ибрáх1иман санна/ тептаршцá а , нуьрéчу жайнийцá а баьхкина болу .

185.Х1óр дег1 валар 1овшур долуш ду . Баккъалла а шуна /кхоччуш/ д1алур ю шун éлаш къéмат дийнахь . Шá жоьжахатна гéнаваьккхина , ялсамани чувахийтинарг /милла велахь/ , бакъ долуш /боккха/ кхиам /тóлам/ баьккхина цó . Дуьнéнан дáхар ма дац , 1éхаваларан зовкх бен .

186./Дéлóра/ Шу зуьйр ма ду шайн даьхнешкахь а , шайн дог1машкахь а . /Дéлóра/ Шуна хезара ма бу , шоьл хьалха шайга жайна деллачáргарá а , шаьш /Дáлла/ дéкъахóвинчáргарá а дуккхá цатам . Аш /цунна/ сатóхахь , шу /Дéлах/ кхéрахь , баккъалла а и ду-кх доьналлах /Дáлла лиънарг/ .

187.Аллах1а ч1áг1ó ийцира шайга жайна деллачáргара : « /Дéлóра/ Аш и /жайна/ нáхана билгалдийр ма ду , аш и хьулдийр ма дац » - /аьлла/ . /амма/ Цáра /йóхá йина/ шайн баккъаш т1éхьá кхоьссира и /ч1аг1ó/ . Цáра цунах ийцира к1еззиг мáх . Ма вон ду-кх /и/ цáра оьцург .

188.Хьýна мота ма моттийла - шаьш динчух баккхийбуьйш берш а , шаьш ца динчунца шаьш хестó лууш берш а - уьш 1áзапах к1елхьара бевлла ма моттийла хьýна . Цáрна лазош 1áзап /хир/ ду .

189.Аллах1ан ду стиглашин а , лаьттан а óлалла /дóлалла/ . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .

190.Баккъалла а стигланаш , латтá кхолларехь а , буьйса , де хийцадаларехь а /Дéлан ницкъан/ билгалóнаш ма ю хьéкъалдолчáрна ,

191.шаьш Аллах1 хьахош болу ирахь а , охьахевшинá а , шайн áг1óнашна т1ехь /áг1овбевллá/ а , шаьш ойланаш еш стигланаш а , латтá а /инзарé/ кхолларехь , /шаьш óлуш/ : « Х1ай тхан Дéла ! Ахь ца кхоьллина х1ара эрна /бéгашна/ . Ц1ена ву-кх Хьо /цунах/ . Лардéхьа тхо /жоьжахатин/ ц1еран 1áзапах !

192.Х1ай тхан Дéла ! Баккъалла а , Айхьа /жоьжахатин/ ц1ерга вохуьйтург , бакъ долуш сийсазвина Ахь и . Зуламхошна /ма/ бац /цхьá/ г1оьнчий .

193.Х1ай тхан Дéла ! Баккъалла а , тхýна хезира кхайкхорхó /нáх/ иймáнé кхойкхуш : « Шайн Дéлах тéша ! » /áларца/ , т1аккха тхо тийшира . Х1ай тхан Дéла ! Гечдéхьа тхýна тхан къинош , ц1андéхьа тхо тхан вóнех , далийтахь тхо дикачáрца цхьана !

194.Х1ай тхан Дéла ! Лóхьа тхуна Ахь хьан элчанашкахула тýна ч1áг1ó йинарг , cийсаза ма дéхьа тхо къемат дийнахь ! Баккъалла а Ахь йóха ца йо /Хьан/ ч1áг1ó » .

195.Жоп делира цáрна цéран Дáла : « Баккъалла а Ас /эрна/ йойъур /ма/ яц шоьх 1амал еш волчун 1амал - боьршачуни /яц/ , стечуни /яц/ . Шоьх цхьаберш вýкхáрех /схьабевлла/ бу . Шаьш махкахбевлларш а , шайн х1усамашкара áрабаьхнарш а , Сан новкъахь хьийзийнарш а , т1ом бинарш , байъинарш а /Дéлóра/ Ас цáрна гечдийр ма ду цéран вóнаш , /Дéлóра/ Ас уьш бохуьтур ма бу шайна к1елахула тáтóлаш лéлачу /ялсаманин/ бошмашка - Аллах1ана гергара мéлна . Аллах1 Шéнаа гергахь дика мел болуш ву » .

196.Хьó 1éха ма войла , шаьш /Дéлах/ цатешначéран махкахула /дика хьоьгуш/ лéларó .

197.К1еззиг зовкх ду /и/ . Цул т1аьхьа цéран боьрзийла жоьжахати ю . Ма вон товжийла ю-кх и/ .

198.Амма шаьш шайн Дéлах кхийринарш , цáрна шайна к1елахула тáтóлаш лéлаш /ялсаманин/ бошмаш ю , цу чохь /шаьш/ гуттар лаьтташ . Аллах1ана гергара /хьéшан бо/ кéчам бу /и/ . Аллах1ан гергахь дерг /дуьнéнан зовкхал/ тоьлуш ду дикачáрна .

199.Баккъалла а жайнан ох1лунах ма бу шаьш Аллах1ах а , шоьга доссийначух а , шайга доссийначух а тéшарш , Аллах1ана муьт1ахь болуш . Цáра ца оьцу Аллах1ан áятех к1еззиг /болу/ мáх . Уьш - цáрна

шайн ял ю шайн Дáлла гергахь . Баккъалла а Аллах1 чехка хьéсап долуш ву .

200.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Сóбарé хилалуш , /халóнашна/ сатóхалуш , /Дéлан дуьхьа/ г1ад юкъ ехкалуш , Аллах1ах кхéралуш . Шу декъал хила тарло .




4 - Сýрат Аннисáъ /Зударий/

/Мадúнатехь доьссина ‚ 176 аят ду/

Аллáх1а ц1арца дóзадóцуш шортá а , дáимнá а болу къинхéтаман Дá волчу



1.Х1ай нáх ! Кхéра шайн Дéлах , Шá шу цхьана /Áдаман/ дéг1ах кхоьллинчу , цунах /цуьнан п1енданах/ цуьнан зуда /Хьава/ кхоьллинчу , цаьршиннах дуккхá бóжарий а , зударий а /кхоьллина уьш дуьнé мел ду/ бáржийначу . Кхéра аш Шéца вовшашка дéхарш дечу Аллах1ах а , гергарлóнех /хáдарх/ а . Баккъалла а Аллах1 шуна т1ехьожург /тергамхó/ хилла .

2.Д1ало байшна цéран даьхнеш . Ма хийца боьханиг ц1еначуьнца . Ма даа шайн даьхнешна т1е цéран даьхнеш а . Баккъалла а иза доккха къа хилла .

3.Шу кхийранехь шаьш байшкахь нийсо ца йарна , т1аккха аш йáлайé зударех шайна тáмехь /хьáнал/ йолу шиъ , кхоъ , йиъ . Ткъа шу кхийранехь шаьш /цáрна юккъехь/ нийсó ца йарна , т1аккха цхьаъ /йáлайé/ , йа шун аьтту куьйгаш дóладинарг /йáлайé/ . Иза герга ду шу харцонга ца товжа .

4.Д1алó зударшна цéран тéмаш совг1атна . Цáра дикчу лаамца шуна цуьнах цхьаъ /юха/ лахь , аш йаа и /сина/ г1óзá , /чóмана/ тáмехь .

5.Ма лó сонтачáрга шайн даьхнеш , шаьш Аллах1а шуна /дáхарехь/ г1оьнна хилийтана долу . Цáрех цáрна рицкъá лó , цáрна т1éдýха , цáрга диканца девзина /тóмé/ дош áла !

6.Байш зéлуш , уьш зудайáлориг хиллалц , ткъа шайна уьш кхиар хааделча д1алó цáрга цéран даьхнеш , аш ма даа уьш т1áламзá а , сихаллехь а , уьш баккхий хиларна /кхоьруш/ . Шá тарó йолуш хилларг /милла велахь/ , /бóбéран даьхнех/ юхаóзалойла иза , ткъа шá къен хилларг , цó даийла диканца девзина /г1еххьа/ дерг . Аш цéран даьхнеш цáрга д1аделча , цáрна т1ехь тéшаш х1иттабé . /амма/ Аллах1 тоьуш ву /шуна/ хьéсапхó .

7.Бóжаршна дáкъа ду /д1акхелхинчу/ дáс-нáнас а , гергарчáрá а бухадитанчух , /иштта/ зударшнá а ду дáкъа /д1акхелхинчу/ дáс-нáнас а , гергарчáрá а бухадитанчух , цунах к1еззиг хиллачух а , йа дукха хиллачух - /Дáла х1óраннá а/ х1оттийна /перза/ дáкъа /ду/ .

8.Шерéтé гергарнаш а , байш а , мисканáх а баьхкинехь , аш /цхьа дáкъа/ лó цáрна цунах /шайна лаахь/ , цáрга диканца девзина /хаза/ дош áла .

9./Дéлах/ Кхоьрийла шаьш шайл т1аьхьа г1ийла доьзал битча , цáрна /цхьаъ хиларна/ кхийранарш /сагатдинарш/ . Аллах1ах кхоьрийла уьш , нийса дош óлийла цáра .

10.Баккъалла а шаьш зуламца байшин даьхний дуурш /муьлш белахь/ , баккъалла а /жоьжахатин/ ц1е йуу цáра шайн гайш чохь , уьш г1ýр бу /шаьш бáгóчу/ ц1ерга .

11.Аллах1а весет до шоьга шун бéрийн хьокъехь : /цáрех/ бóжанна шина стечунна долчул дáкъа ду . Уьш /бéраш/ шиннал сов зударий /зудабéраш/ хиллехь , т1аккха цáрна кхаа дéкъах ши дáкъа ду /веллачó/ бухадитанчух . /ткъа/ И /зудабéр/ цхьаъ хиллехь , т1аккха цунна áх /дáкъа/ ду . Ткъа цуьнан дéна-нанна - цаьршиннах х1óраннá - йолхалг1а дáкъа ду /веллачó/ бухадитанчух , /нагахь санна/ цуьнан /веллачун/ бéр хиллехь . Ткъа цуьнан бер хиллá дóцуш , цуьнан дáс-нáнас цуьнгара ирс эцнехь , т1аккха нáнна кхоалг1а /дáкъа/ ду . Ткъа цуьнан вежарий хиллехь , т1аккха нáнна йолхалг1а /дáкъа лур/ ду , цó /веллачó/ шéца весет дечу весéтал а , йа /цунна т1éра такха дéзачу/ дéкхарал а т1аьхьа . Шун дайш а , шун к1ентий а - шуна ца хаа цáрех мила ву шуна пайдабарехь герга верг . Аллах1éра перз ду /и шерет дар/ . Баккъалла а Аллах1 хилла хууш , кхéтамé .

12.Шуна шун зударш бухадитанчух ах /дáкъа/ ду , цéран бер ца хиллехь , ткъа цéран бер хиллехь , т1аккха шуна доьалг1а /дáкъа/ ду цáра бухадитанчух , цáра шéца весет дечу весéтал а , йа /цáрна т1éра такха дéзачу/ дéкхарал а т1аьхьа . Цáрна доьалг1а дáкъа ду аш бухадитанчух , шун бéр ца хиллехь , ткъа шун бéр хиллехь , т1аккха цáрна борх1алг1а дáкъа ду , аш бухадитанчух , аш шéца весет дечу весéтал а , йа /аш такха дéзачу/ дéкхарал а т1аьхьа . /нагахь санна/ Стегéра йа зудчунгара ирс оьцуш делахь уллéра гергарниг /бер йа дá/ вóцуш , /делахь/ ваша йа йиша ю цуьнан , т1аккха цáршиннах х1óраннá йолхалг1а дáкъа ду , ткъа уьш цул сов хиллехь , т1аккха уьш дéкъахой бу йолхалг1а дéкъехь , /веллачó/ шéца весет дечу весéтал а , йа /такха дéзачу/ дéкхарал а т1аьхьа , /вéрасех цхьаненнá/ зен ца деш . Аллах1éра весет до /цó шоьга/ . Аллах1 хууш , эсалá /к1éда-мерзá/ ву .

13.Уьш – Аллах1ан дóзанаш ду . Шá Аллах1анá а , Цуьнан элчаннá а мут1ахь верг , Цó иза вохуьйтур ву шайна к1елахула тáтóлаш лéлачу /ялсаманин/ бошмашчу , гуттар лаьтташ цу чохь . Иза боккха тóлам бу .

14.Шá Аллах1анá а , Цуьнан элчаннá а 1éса верг а , Цуьнан дóзанел т1ехвуьйлург а , Цó иза вохуьйтур ву /жоьжахатин/ ц1ерга , гуттар лаьтташ цу чохь , цунна сийсазвен 1áзап ду .

15.Шун зударех шаьш нáхацалéларш - цáрна т1ехь шайха /волу/ виъ теш х1оттавé ! Ткъа цáра тоьшалла динехь , аш совцабé уьш /шайн/ х1усамашкахь , валарó уьш д1аэццалц , йа Аллах1а цáрна цхьа некъ /билгала/ баллалц .

16.Шоьх и /телхинарг/ лéлóш долу шиъ - аш та1зар дé цáршинна ! Ткъа и шиъ дохкóдáлахь , цáршимма дика 1амал йахь , т1аккха 1аддадита аш и шиъ . Баккъалла а Аллах1 хилла тóба къóбалдийриг , къинхéтамéниг .

17.Баккъалла а Аллах1ан т1ехь гечдар ду , ца хаарца шаьш вон дечарна , цул т1аьхьа сихха дохкó бовлуш . Уьш – Аллах1а тóба къóбал до цéран . Аллах1 хилла хууш верг , кхéтамéниг .

18./Дéлéра/ Гечдар дац , /хаарца/ шаьш вóнаш /къинош/ дечáрна . Цáрех цхьанна т1а валар деача цó элира : « Баккъалла а со дохкóваьлла х1инца » . /гечдар/ Дац шаьш керстá болуш лечáрнá а . Уьш - Óха цáрна кечдина лазош /долу/ 1áзап .

19.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Шуна мегаш дац аш зударий бертаза ирсана схьаэца . Ма сéца бé уьш , шаьш цáрна делла цхьа дерг схьаэцахьарма , цáра билгала /долу/ боьханиг дахь бен . Шу дáха цáрца диканца девзинчунца /оьзда/ . Ткъа шуна уьш ца безнехь /а , х1еттé сатóхалуш/ , /х1унда аьлча/ шуна цхьа х1ума ца дéза герга ду , Аллах1а шéна чохь шорта дика деш /долу/ .

20.Ткъа шуна лиънехь зудчун меттана /кхи/ зуда хийца /йáлó/ , цáрех цхьанна аша /тáмана/ делла шортта даьхни долуш , т1аккха аш схьамаэца цунах х1уммá . Аш и схьаоьцу тов хáрцонцá а , билгала къа дарцá а ?

21.Аш и схьа мýха оьцу , бакъ долуш шоьх цхьаберш вýкхáрна /хьáнал хилла/ кхаьчна болуш , цáра шоьгара луьра ч1áг1ó эцнá йолуш ?

22.Аш ма бáла бé шайн дайш бáлийна /хилла/ зударий , бакъ долуш /х1окхул/ хьалха хилларг дóцург . Баккъалла а и хилла дáстамаллá а , /Дéлан/ оьг1азлó а . Нéкъехь вон хилла и /1áдат/ .

23.Шуна /бáлó/ ца магийна шун нáной а , шун йо1арий а , шун йижарий а , шун ден йижарий а , шун ненайижарий а , вешин йо1арий а , йишин йо1арий а , шаьш шу дакхийна /болу/ шун нáной /лóрурш/ а , /нáнас/ бакхийна /хилла/ шун йижарий а , шун зударийн нáной а , шун шайца эвхьаза юкъаметтиг хилла болчу шун зударийн /кхéчáрна бина/ йо1арий а шаьш /шоьца/ шун х1усамашкахь 1еш болу , ткъа шун цáрца эвхьаза юкъаметтиг ца хиллехь , т1аккха /уьш бáлóр/ къа дац шуна , шаьш шун букъсуртех /схьабоьвлла/ болчу шун к1ентийн зударий а , аш ши йиша цхьанатóхар а , бакъ долуш /х1окхул/ хьалха хилларг дóцург . Баккъалла а Аллах1 хилла гечдеш , къинхéтамé .

24.Мáрехь болу /маьрша оьзда/ зударий а /бу шуна ца магийна/ , шун аьтту куьйгаша /т1амехь йийсар бина керстанех/ дóладинарш бóцурш . Шуна т1éра Аллах1ан /хьукман/ йóза /иштта/ ду . Шуна магийна /уьш бóцуш/ цул дéхьáрнаш шайн бáхамашца аш лаха /уьш шайна/ бáлош долуш , /цаьрца/ нáхацалéлаш дóцуш . Шéца цáрех шайна баьллачу тáмана /зовкхана дуьхьал/ , аш цáрна д1алó цéран мéхаш /тéмаш , урдош , шар1ан/ х1оттамца . Шуна т1ехь къа дац , шу шéца рéзахиллачунгахь /оцу/ х1оттамал т1аьхьа . Баккъалла а Аллах1 хилла хууш , кхéтамé .

25.Шоьх шá маьрша , муъмазуда йáлó тарó ца хилларг /милла велахь/ , т1аккха /цó йáлор ю/ шун аьтту куьйгаш дóладинчех /болчу/ муъма мехкарех /ерг/ . Аллах1 вунó дика девзаш ву шун ийман . Шоьх цхьаберш вýкхáрех бу /динехь цхьатерра ду шу/ . Аш уьш бáлабé цéран ох1лун пурбанца , д1ало цéран мéхаш /тéмаш/ диканца девзинчунца , оьзда /ц1ена/ болуш , нáхацалéлаш бóцуш , /къайлаха/ вéзарш лоьцуш бóцуш . Шаьш мáрé бигча уьш дастамéчунца баьхкинехь , т1аккха цáрна т1ехь маьршачáрна т1ехь долчух ах 1áзап ду . И /хьукма/ - шоьх /дáстамéчун/ халóнах кхийранчунна ду . Аш /уьш бáлóрах/ сатóхар шуна г1óли ду . Аллах1 гечдийриг , къинхéтамéниг ву .

26.Аллах1ана лаьа шуна /шар1/ билгалдá а , шаьш шоьл хьалха хиллачéран некъашка шу нисдá а , шун тóба къóбалдá а . Аллах1 хууш , кхéтамé ву .

27.Аллах1 шун тóба къóбал да лууш ву , /ткъа/ шаьш /шайн/ дéг1ан лаамашна т1аьхьабóзурш лууш бу шу /къинош дина бакъóнах/ ч1óг1а д1атовжа .

28.Аллах1 лууш ву Шá шуна /ахькáмаш/ дайдан . /Дáла/ Адам г1ийла /заь1ап/ кхоьллиниа .

29.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Ма даа вовшийн даьхнеш шайна юкъахь харцонца , и /даьхнеш/ шу вовшийн рéза долу совдéгар /даьхнеш/ хилча бен . Ма дайъа шайн дог1маш . Баккъалла а Аллах1 хилла шоьца къинхéтамé .

30.Мостаг1аллийцá /т1ехвáларцá/ а , зуламцá а шá и /цамагийнарг/ дийриг /милла велахь/ , Óха иза вохуьйтур /кхуссур/ ву /жоьжахатин/ ц1ерга . И хилла Аллах1ана áтта

31.Шу гéнадовлахь , шайна цамагош долчу даккхий къинойх , Óха шуна шун /кегий/ вóнаш /къинош/ гечдийр ду , /иштта/ лéрамéчу чуг1ойлан /ялсамани/ чудохуьйтур ду .

32.Шуна ма дéзийла /дуьнéнах , динах/ Аллах1а шоьх цхьаберш вýкхáрна т1ехь тóлийнарг /т1аккха шуна юкъахь хьаг1-гамó хила/ ! Бóжаршнá дáкъа ду цáра /дика 1амалшца/ гулдинчух , /иштта/ зударшнá дáкъа ду цáрна гулдинчух . Аш Аллах1é дéха /шайна оьшург/ Цуьнан комаьршаллех /Цó лур ма ду шуна/ . Баккъалла а Аллах1 хилла массó х1ума хууш .

33./бóжарех , зударех/ Х1ораннá /гергара/ вéрасаш бина Óха /шаьш/ дáс-нáнас а , гергарчáрá а бухадитинчух /ирс оьцуш болу/ . Шун дуйша шайца барт бинарш /муьлш белахь/ , аш цáрна д1алó цéран дáкъа . Баккъалла а Аллах1 хилла массó х1уманна т1ехь теш .

34.Стегарий зударшна т1ехь урхалахой /1уналхой/ бу , Аллах1а цáрех цхьаберш вýкхарна т1ехь тóлорнá а , шайн даьхнех цáра /зударшна/ харж йарнá а . Диказударий - /шайн майранашна/ муьт1ахь бу , /шаьш цáрех/ хьуламехь /болуш/ ларлуш бу , Аллах1а шаьш ларбарна . /шун зударех/ Шайн 1éсаллех /дуьхьала йáларх/ шу /билггала/ кхоьруш берш , аш /Дéлан дашца/ хьéхам бé цáрна , /г1уллакх ца хилахь буьйсана/ меттахь /букъ тóхé/ д1ахила цáрех , /т1аккха г1уллакх ца хилахь/ тóха цáрна . /цул т1аьхьа/ Шуна уьш муьт1ахь хиллехь , т1аккха аш ма лéха цáрна т1ехь /зулам дан/ некъ . Баккъалла а Аллах1 хилла лекха , воккха .

35.Цáршинна юккъера барт бóхарх /уьш эг1арх/ шу кхéраделлехь , аш хьажавé цуьнан /стеган/ ох1лунах /волу/ кхéлахó а , цуьнан /зудчуьнан/ ох1лунах /волу/ кхéлахó а , цáршинна масла1ат /дан/ лаахь Аллах1а аьттó бийр бу царшинна юкъахь . Баккъалла а Аллах1 хилла /гуш дерг/ хууш , /къайлах дерг/ девзаш .

36.Аллах1ан /цхьаъварца/ 1ибáдат дé , дéкъахó ма вé Цунна /цхьá/ х1умá , дика хила дéца-нéнацá а , гергарчунцá а , байшцá а , мискачáрцá а , лýларчу лýлахóчунца а , гéнарчу лýлахóчунцá а , уллерчу нáкъостацá а , нéкъахóчунцá а , шун аьтту куьйгаша дóладинчáрцá а . Баккъалла а Аллах1ана ца вéза шá шех тáмаш бийриг , /нáхана/ куралла йийриг а ,

37.шаьш б1аьрмециг берш а , нáхé б1аьрмецигаллийца омру дийраш а , Аллах1а Шен комаьршаллех шайна делларг хьулдийраш а . Сийсазбóху 1áзап кечдина Óха керстанашна а ,

38.шаьш нáхана гайтархьама шайн даьхнешца харжйечáрнá а . Уьш цатéша Аллах1ах а , т1аьхьарчу /эхарт/ дийнах а . Шайт1а шен доттаг1 дерг /милла велахь/ , /ма/ вон доттаг1 ду /и цунна/ .

39.Цáрна х1ун /халó/ хуьлу уьш Аллах1ах , т1аьхьарчу дийнах тешчá а , Аллах1а шайна деллачу рицкъанах цáра харж йичá а /дéкъал хилар бен/ ?! Аллах1 хилла цáрех дерг хууш .

40.Баккъалла а Аллах1а /цхьанá дéна/ мискъáла зарратал /бáрамехь/ хáрцó ца йо . И /цó динарг/ дика делахь , шалха /шозза/ сов доккху Цó и , /цул совнаха/ Шéгара /кхи т1е/ йоккха йáл лó Цó /цунна/ .

41./керстанийн хьал/ Мýха /хир/ ду Óха х1óр умматах /шайна т1ехь/ теш вáлийча , х1окхарна т1ехь Óха хьо теш вáлийча ?!

42.Оцу дийнахь луур ду шаьш /Дéлах/ цатешначáрнá а , элчанна 1éсахиллачáрнá а /Óха/ шайца лáтта д1анисдан /д1ашáрдан/ , /шаьш/ Аллах1ах хьул ца деш /шайца/ хилларг /лелларг/ .

43.Х1а шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Лáмазна герга ма г1ó шаьш /мелла/ дехна /кеп хилла/ долуш а , шаьш дуьйцург /х1ун ду/ шайна хаъалц , /шайна/ т1ехь лийчар долуш а - /шаьш/ некъ хáдош /нéкъаца долуш/ бен - шаьш лийчалц . Ткъа шу /хи лéлó ца мегаш/ цомгуш , йа /т1ехь лийчар долуш/ нéкъахь делахь , йа шоьх цхьаъ хьоштаг1éра веанехь , йа шу зударех хьакхаделлехь - т1аккха шуна /лийча/ хи ца карийнехь - т1аккха тéма дé аш ц1еначу латтаца , /ши куьг шозза чéнала тóхé/ аш хьакха /и чáн/ шайн яххьех а , шайн куьйгех а . Баккъалла а Аллах1 хилла къинхéтамé , гечдеш .

44.Хьýна ца гина /Дáла/ шайна жайнах /цхьа/ дáкъа делларш ?! /нийсóнах/ Тилар оьцуш , шу /нийсачу/ новкъах /шаьш санна/ тилар лууш бу уьш .

45.Аллах1ан /шул/ г1óли бевза шун мостаг1ий . Аллах1 тоьар ву /шуна/ 1уналхó а , Аллах1 тоьар ву /шуна/ г1оьнчá а .

46.Шаьш жуьгтийн динехь болчáрех /цхьа нáх/ бу /Дéлан/ дош шен меттигашкара /шех лиъначух/ хуьйцуш , шаьш /пайхамарéга/ óлуш : « /хьан дош/ Хезна тхýна , /амма цунна/ 1éса хили тхо , ладóг1ал /тхоьга хьайна/ ма хазарг , /тхоьх кхéта/ тхо /хьайхá/ кхéтадé » , шайн меттанаш /харцонга/ тийжош а , /Дéла/ динна луьйш а . Баккъалла а цáра аьллéхьáра : « /хьан дош/ Хезна тхýна , муьт1ахь хили тхо , /деккъа/ ладóг1ахь /тхоьга/ , хьажахь /тхоьга/ » , и хир ма дара цáрна г1óлú а , нийсá а . Делахь а Аллах1а не1алт аьлла цáрна уьш /Шех/ цатéшарна . Уьш цатéша к1еззиг бен .

47.Х1ай шайга /хьáлха/ жайна делларш ! Шу тéша Óха шá шоьгахь дерг бакъдеш доссийначух , /цхьа/ яххьаш /лар ца юьтуш/ Óха д1ашарйалé , т1аккха Óха уьш шайн т1éхьéнашка юхаерзор ю , йа не1алт эра ду цáрна , /цáрех/ шоьта дийнан дайшна Óха не1алт ма-аллара . Аллах1ан /кхéлан/ омру хилла кхóчушдина .

48.Баккъалла а Аллах1а ца гечдо Шéна /цхьаъ/ дéкъахó вар , /делахь/ Цó гечдо и дóцург , Шéна луучунна . Шá Аллах1ана дéкъахó вийриг /милла велахь/ , бакъ долуш /Дáлла т1ехь/ доккха къа /харцó/ кхоьллина цо .

49.Хьýна ца гина шаьш шайн дог1маш /хестош , уьш къинойх/ ц1андийраш ? Мелхó а Аллах1а ц1анво-кх Шéна /ц1анван/ луург , цáрна хáрцó ца йо /х1уьнан/ моьрдагел /чкъóрел/ .

50.Хьажа , цáра Аллах1ан т1ехь хáрцдерг мýха кхуллу ! И тоьар дар-кх билгала къа латóрехь .

51.Хьýна ца гина шайна жайнах дáкъа делларш , /шаьш/ Джибтах , Т1áг1ýтах тéшаш а , шаьш /Дéлах/ цатешначáрга : « Х1орш /шу/ шаьш /Дéлах/ тешначáрел нийса бу нéкъана » - óлуш а ?

52.Уьш - шайна Аллах1а не1алт аьлларш бу . Ткъа Аллах1а шéна не1алт аьлларг /милла велахь/ , хьýна карор /ма/ вац /Дéлан 1áзап духатóха/ цунна /цхьá/ г1оьнча .

53.Йа паччахьаллех /цхьа/ дáкъа ду цéран ? /хилча/ Т1аккха цáра лур /ма/ дáцара нáхана /хурман леган/ хоршал /бáрамехь х1умá/ а .

54.Йа нáхаца хьаг1 лéлайо цáра , Аллах1а Шен комаьршаллех цáрна деллачунна т1ехь ? Бакъ долуш Óха делира Ибрах1иман ох1лунна жайнá а , кхéтамаллá а , /иштта Óха/ делира цáрна доккха óлаллá а .

55.Цáрех ву шá цунах тешнарг а , цáрех ву шá цунах /тéшарх/ вухакхетнарг а . Жоьжахати тоьар ю /уьш/ бáгóрехь .

56.Баккъалла а шаьш Тхан айатех цатешнарш , Óха уьш бáгор бу /жоьжахатин/ ц1ергахь . Цéран чкъоьрнаш даьгна мел довлу , Óха цáрна хуьйцу кхин чкъоьрнаш , цáрга 1áзап 1овшийтархьама . Баккъалла а Аллах1 хилла сийлахь-воккхá , кхéтамé .

57.Шаьш /Дéлах/ тешна , диканаш динарш , Óха уьш бохуьйтур бу шайна к1елахула тáтóлаш лéлачу /ялсаманин/ бошмашка , /шаьш/ цу чохь гуттар лаьтташ . Цáрна цу чохь ц1éна зударий /хир/ бу . Óха чубохуьйтур бу уьш шийлачу /доккхачу/ 1индаг1é .

58.Баккъалла а Аллах1а шоьга омру до , аш /шайна т1éра/ тéшамаш цéран дайшка д1акхáчорцá а , шаьш нáхана юкъахь кхел йича , аш нийсонца кхелйарцá а . Баккъалла а ма хаза ду-кх Аллах1а шéца хьéхам бийриг . Баккъалла а Аллах1 хилла хезаш , гуш .

59.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Шу муьт1ахь хила Аллах1ана , муьт1ахь хила элчаннá а , шоьх /болчу/ омрун /1илман , урхаллин/ дайшнá а ! Ткъа шу цхьана х1уманна т1ехь вовшашца къовсаделлехь , аш и дерзадé Аллах1é а , элчанé а , /нагахь санна/ шу Аллах1ах а , т1аьхьарчу /эхарт/ дийнах а тéшаш хиллехь . Иза /шуна/ г1óли а ду, чаккхенгахь тоьлуш а ду .

60.Хьýна ца гина тов , баккъалла а хьоьга досийначух а , хьоьл хьалха доссийначух а шаьш тешна бóхурш , Т1áг1ýте шайна юкъахь кхелйайта лууш ? Бакъ долуш цáрга омру /ма/ динéра цунах цатéшарца . /ткъа/ Шайт1а /ма/ ду уьш геннарчу тиларца тилó лууш .

61.Цáрга аьлча : « Схьадуьйла Аллах1а доссийначунгá а , элчангá а » , хьýна гира мунéпикъаш чехкка хьоьх д1абоьрзуш .

62.Мýха /хéта хьýна уьш/ цáрна т1е шайн куьйгаша динарг бахьан долуш /цхьа/ бáла беача , т1аккха уьш баьхкира хьýна т1е /шаьш моттарг1анна/ Аллах1аца дуйнаш бууш : « /Дéлóра/ Тхýна лиъна /ма/ дáцара дикадар а , аьттóбар а бен » /бóхуш/ ?

63.Уьш - Аллах1ана шайн дегнашкахь дерг хууш берш бу . /уьш 1аддáбитé/ Д1аверза цáрех , /Дéлаца/ хьéхам бé цáрна , áла цáрга шайн дог1мийн хьокъехь /уьш бухатýхур болун/ чулáцамé дош !

64.Óха ца ваийтина цхьá элча , цунна /нах/ муьт1ахь хилийтархьамá бен , Аллах1ан пурбанца . Баккъалла а уьш - шаьш шайн дог1машна зулам дича , /дохкó боьвла/ хьо волчу баьхкинéхьáра , т1аккха цáра Аллах1é гечдар дехнехь а , элчанó цáрна /Дéлé/ гечдар /шафá1ат/ дехнехь а , цáрна карор ма вара Аллах1 тóба къóбул деш , къинхéтам беш .

65.Ткъа х1ан-х1á ! Хьан Дéлóра , уьш тéшаш /ма/ бац , цáра хьо шайна юкъахь къовсаделлачунгахь кхéлахо валлалц а , т1аккха ахь йинчу кхéлах цáрна шайн дог1машкахь гаттó /шéкó/ кара ца йаллалц а , /хьан кхéлана/ кхоччуш уьш муьт1ахь хиллалц а .

66.Óха /йаздина/ цáрна т1едиллинéхьáра : « Дайъа шайн дог1маш , йа áрадовла шайн х1усамашкара ! » /аьлла/ , цáра и дина хир ма дáцара , цáрех к1еззиг болчáра бен . Баккъалла а цáра динéхьáра шайга шеца хьéхам бийриг , цáрна и /дуьнéнахь , эхартахь/ тоьлуш а , /иймáн/ ч1аг1дарехь вунó ч1óг1á а хир ма дара .

67.Т1аккха Óха Тхайгара йоккха йáл елла хир ма йара царна .

68.Óха уьш нийсачу новкъа нисбинá хир ма бара .

69.Шаьш Аллах1анá а , элчаннá а муьт1ахь берш - уьш бу Аллах1а шайна зовкх деллачáрца - пайхамарех а , бакълуьйчáрех а , г1áзóтдайх а , диканáхах а . Хаза хилла уьш нáкъосталлехь .

70.И комаьршалла Аллах1éра ю . Аллах1 тоьур ву хаарехь .

71.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! /мостаг1ех/ Ларлóлаш , шу áрадовла /цунах лата/ тóбанашкахь , йа áрадовла дерриге цхьана !

72./Дéлóра/ Баккъалла а шоьх ма ву шá /áравáларх/ хьéлург /соцург/ . Ткъа шуна т1е цхьа бóхам /эшам/ беача , цó элира /воккхавéвеш/ : « Бакъ долуш Аллах1а /ма доккха/ дика дина-кх сýна , со цáрца юкъахь /дáкъалóцуш/ ца хилла /т1аккха сýнá хир ма бара и бóхам/ »

73.Ткъа шуна т1е Аллах1éра комаьршалла /х1онс/ еача , /Дéлóра/ цó эра ма ду , шунá а , цуннá а юкъахь марзó ца хилча санна : « Дáвис-кха , цáрца хилла велира со , т1аккха ас боккхур /ма/ бара боккха тóлам »

74.Аллах1ан /дин айдаран/ новкъахь т1ом бойла шаьш дуьнéнан дáхарх эхарт оьцучáра . Шá Аллах1ан новкъахь т1ом беш верг , шá /цáра/ вуьйр верг , йа шá /цáрна т1ехь/ толам боккхун верг /милла велахь/ , Óха цунна лур ма ю йоккха йáл .

75.Х1ун хилла шуна , т1ом /ма/ ца бо аш Аллах1ан новкъахь а , бóжарех а , зударех а , бéрех а /болчу/ г1ийлачéран дуьхьá а , шаьш óлуш /доьхуш/ болчу : « Х1ай тхан Дéла ! Áрадáхахь тхо , шен ох1лу зуламé долчу , х1окху юьртара ! Вéхьа тхýна Хьайгара вéрас , вéхьа тхýна Хьайгара г1оьнча ! »

76.Шаьш /Дéлах/ тешначáра Аллах1ан новкъахь т1ом бо , шаьш /Дéлах/ цатешначáра Т1áг1ýтан /шайт1ан/ новкъахь т1ом бо . /цундéла/ Аш т1ом бé шайт1ан г1оьнчашца ! Баккъалла а шат1ан мекарлó хилла ледара .

77.Хьýна ца гина /т1ом лоьхучу хéна/ шайга /Дáла/ аьлларш : « /цкъачунна/ Шайн куьйгаш /т1амах/ совцадé , лáмаз /х1отта/ дé , закат лó ! » Ткъа шайна /Дéлан дин айдарехь/ т1ом бар /йаздина/ т1едиллинчу хéна , т1аккха цáрех цхьа /йолу/ тóба /керста/ нáхах /лата/ кхоьру , Аллах1ах /цуьнан 1áзапах шаьш/ кхерарх терра , йа кхин ч1óг1а /бу уьш цáрех/ кхéрарехь . Цáра элира /рéза бóцуш/ : « Х1ай тхан Дéла ! Х1унда т1едиллина Ахь тхýна т1ом бар . Ахь тхо гергарчу хáнé т1аьхьа теттинéхьáра ! » ? Ахь áла /цáрга/ : « Дуьнéнан зовкх к1еззиг /х1ума/ ду /шуна/ , эхарт тоьлуш /г1óлú/ ду шá /Дéлан 1áзапах/ кхийринчунна . Шуна хáрцó йийр йац /х1уьнан/ моьрдагел /чкъóрел/ .

78.Шу миччахьá делахь а , даларó лóцур /ма/ ду шу , /нуьцкъала/ йоьг1начу б1аьвнашчохь шу хилчá а . Шайна т1е /цхьа/ дика деача цáра óлу : « Х1ара Аллах1ан гергара ду » , ткъа шайна т1е /цхьа/ вон деача цáра óлу : « Х1ара хьоьгара ду /х1ай Мухьаммад/ » . Ахь /цáрга/ áла : « Массó /хумá/ ду Аллах1ан гергара » . Х1ун ду тé х1окху къóмана /хилларг/ , уьш герга /ма/ бац /шайга/ дуьйцучух кхéта ?!

79.Хьýна т1едеана /массó/ дика - Аллах1éра ду , /ткъа/ хьýна т1едеана /массó/ вон - хьоьгара ду . Óха хьо нáхана ваийтина элча хилла . Аллах1 тоьур ву /цу т1ехь/ теш .

80.Элчанна муьт1ахь верг - бакъ долуш Аллах1ан муьт1ахь хилла , ткъа шá д1авирзинарг - Óха хьо ца ваийтина цáрна т1ехь г1áрол /дан/ .

81.Цáра óлу : « /тхоьгара/ Муьт1ахьалла /ду хьýна/ » . Ткъа хьо волчура áрабоьвлча , цáрех /цхьана/ тóбанó буьйсана /хьулдо/ дагалоьцу ахь /шайга/ бóхуш дерг дóцург . Аллах1а д1айаздо цáра буьйсана дагалоьцург . Хьо д1аверза цáрех /уьш 1аддабитé/ , Аллах1ан т1етовжа . Аллах1 тоьур ву т1етовжарехь .

82.Къуръáнан /чулáцаман/ ойла ца йо тé цáра ?! Аллах1 воцучунгара и делхьáра , цáрна цу чохь /маь1нийн/ дуккхá цхьанацадáр карор ма дара .

83.Шайна т1е цхьа г1уллакх деача - кхéрамзаллах /доьзна хуьлийла и/ йа кхéрамаллах /хуьлийла/ - /сихха/ нáхаладоккху цáра и /хабар/ . Цáра и /хабар/ дерзийнéхьара элчанга , йа шайха /болчу/ омрун /кхéтам/ дайшка , и /даржó оьшу йа ца оьшу/ хуур ма дара цáрех шаьш цунна т1екхиа г1ертачáрна . Шуна т1ехь Аллах1ан комаьршаллá а , Цуьнан къинхéтам а бáцахьáра , шайт1анна т1аьхьах1уьттур ма дара шу - к1еззиг дóцурш .

84.Т1ом бé Аллах1ан новкъахь ! Хьан дéг1ах бен жоьпалла вац хьо , муъманах /т1аман/ иракарах1иттабé . Аллах1 герга ву /Шех/ цатешначéран /т1еман/ ницкъ бухатóха , Аллах1 ч1óг1а ву ницкъехь а , ч1óг1а ву та1зарехь а .

85.Шá дикачу т1ех1оттарца /нáхана/ т1ех1оьттинарг /милла велахь/ , цунна хир ду цуьнах /цхьа мéлан/ дáкъа , ткъа шá вóчу т1ех1оттарца /вонна/ т1ех1оьттинарг /милла велахь/ , цунна хир ду цуьнах /цхьа къинан/ дáкъа . Аллах1 хилла массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш .

86.Шайга /цхьамма/ салам делча , аш /цуьнга/ салам лó цул тоьлучунца , йа из-за юхалó ! Баккъалла а Аллах1 хилла массó х1уманна т1ехь хьéсапхó .

87.Аллах1 - кхин дéла вац Изá бен . /Дéлóра/ Цó шу гулдийр ма ду къéмата дийнé , шéкó йац цуьнагхь . Мила ву дашехь Аллах1ал сов бакъ /верг/ ?!

88.Х1унда ду шу мунéпикъийн хьокъехь ши тóба ? Аллах1а уьш /шайн хьóлé/ берзийна цáра /1éсаллех/ гулдинарг бахьанехь . Аллах1а шá тилийнарг нисван лаьашшам дац шу ? Аллах1а шá тилош верг /милла велахь/ , хьýна карор ма бац цунна /нисвала/ некъ .

89.Цáрна лиара шу /Дéлах/ цатéша , шаьш ма-цатешшара , т1аккха шу цхьатерра хир дара /цатéшарехь/ . Аш ма лéца цáрех доттаг1ий , уьш /Дéлах тешна/ Аллах1ан новкъахь махкахабовллалц . Ткъа уьш /иймáнах/ юхабовлахь , т1аккха аш схьалéца уьш , шайна карийначохь байъа уьш . Аш ма лáца цáрех вéрас а , ма /лáца/ г1оьнчá а ,

90.шаьш д1акхетнарш бóцурш /цхьана/ къóмах , цуннá а шунá а юкъахь барт болчу , йа шаьш шу долчу баьхкинарш бóцурш , /бакъ долуш/ шайн кийранаш гатбеллá болуш , /шайн къóмаца цхьана/ шоьца т1омбарх а , йа /шоьца цхьана/ шайн къóмаца т1омбарх а . Аллах1ана лиънéхьáра Цó шуна т1ех1иттийна /т1елатийтана/ хир ма бара уьш , т1аккха цáра шоьца т1ом бина хир ма бара . Ткъа уьш шуна гéнабоьвллехь , цáра шоьца т1ом ца бинехь , цáра шоьга мáшар кховдийнехь , т1аккха Аллах1а шуна ца бина цáрна т1ехь /та1зардан/ некъ .

91.Шуна карор бу кхиберш /мунéпикъаш/ шоьца /шу лéдина/ тéшамé хилá а , шайн къóмаца тéшамé хилá а лууш . Шаьш /Дéлаца декъахóваран/ питанé мел кхойкху , цу чу эгна уьш . Ткъа уьш шуна гéна ца боьвллехь , цáра шоьга мáшар ца кховдийнехь , /шоьца т1омбарх/ цáра шайн куьйгаш ца совцийнехь , т1аккха аш /йийсар беш/ схьалéца уьш , байъа уьш шайна уьш карабаьхкинчохь . Уьш - Óха бина шуна царна т1ехь /та1зардан/ билгала бух .

92.Муъмастагана /бакъó/ ца хилла муъмастаг вен , цахууш /галваьлла/ бен . Ткъа шá муъмастаг цахууш вийнарг /милла велахь/ , муъма лай /лоллех/ маьршаваккхар а , цуьнан охлунна луш долу дийат /даьхни д1адалар/ а ду /цунна т1ехь/ , цáра /цунна шá/ сáг1адеш /гечдеш/ дóцург . Ткъа и /вийнарг/ хиллехь шун мостаг1 /долчу/ къóмах , /шá/ муъмастаг волуш , т1аккха муъма лай /лоллех/ маьршаваккхар ду /цунна т1ехь/ . Ткъа и /вийнарг/ хиллехь шунá а , шайнá а юкъахь бартболчу къóмах , т1аккха цуьнан охлунна луш долу дийат /даьхни д1адалар/ а , муъма лай /лоллех/ маьршаваккхар а ду /цунна т1ехь/ . Ткъа шá /лай/ ца карийнарг /милла велахь/ , т1етт1а ши бутт марханаш кхáбар ду /цунна т1ехь/ , Аллах1éра гечдар дéхархьама . Аллах1 хилла хууш , кхéтамé .

93.Шá хуъушехь муъмастаг вуьйш верг /милла велахь/ , цуьнан бéкхам жоьжахати ю , /шá/ цу чохь гуттар лаьтташ . Аллах1 цунна оьг1азвахана , цунна не1алт аьлла , цунна доккха 1áзап кечдина .

94.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Аллах1ан новкъахь/ г1áзот дан/ шу áрадоьвлача , /шаьш вуьйш верг мила ву/ билгалдáккха /шайна/ , аш ма áла шайга мáшар кховдийначунга : « Муъма вац хьо » , шаьш /и верца/ дуьнéнан дáхаран тарó лоьхуш , Аллах1ан гергахь ю /шуна/ шорта х1онцаш . Иштта хилла хьалха шý а . /х1еттé/ Аллах1а дика дина шуна . Билгалдаккха /Дéлан дика/ ! Баккъалла а Аллах1 хилла аш дийриг хууш .

95.Цхьатерра бац муъманáхах /шаьш/ заь1апаллин /бехказлон/ дай бóцуш /г1áзóтах/ бухабисинарш а , Аллах1ан новкъахь шайн даьхнешцá а , шайн дог1машцá а /г1áзот дарца/ къахьоьгурш а . Аллах1а даржехь сов баьхна шайн даьхнешцá а , шайн дог1машцá а /г1áзотдеш/ къахьоьгурш /г1áзóтах/ бухабисинчáрна т1ехь . Аллах1а ч1áг1ó йина массáрнá /ялсаманин/ диканца -

96.Шéгара даржашцá а , гечдарцá а , къинхéтамцá а . Аллах1 хилла гечдеш , къинхéтамé .

97.Баккъаллá а шаьш , шайн дог1машна зуламé болуш , /саоьцу/ малийкаш д1акхалхийнарш /х1аллак хилла/ , цáра /малийкаш/ элира : « Муьлхачу хьóлехь дара шу /шайн динах/ ? » . Цáра элира : « Тхо дара дуьнéнахь г1óрасиза » . Цáра /малийкаша/ элира : « Аллах1ан латта шуьйра дáцара ткъа , т1аккха аш цу чохь кхалхар /х1ижрат/ дан ? » . Уьш - цéран чуг1ойла жоьжахати ю , ма вон хилла-кх /и/ берзарехь .

98.Стегарех а , зударех а , бéрех а г1óрасиза берш бóцурш , /х1ижрат дан/ шайна х1илла ца далуш , /нийса/ некъ ца карош /болу/ .

99.Уьш - Аллах1 цáрна къинт1éра вáла герга ву . Аллах1 хилла къинт1éра вóлуш верг , гечдеш верг .

100.Шá Аллах1ан новкъахь /Дéлан дуьхьа/ махках вóлург /милла велахь/ , цунна карор ю дуккхá кхалха меттигаш а , /рицкъан/ шортó а . Шá шен ц1éра Аллахé а , Цýьнан элчанé а кхелхаш áравóлург /милла велахь/ , цул т1аьхьа /нéкъахь/ цунна т1е валар деача , т1аккха бакъ долуш цуьнан йáл Аллах1ана т1ейоьжна . Аллах1 хилла гечдийриг , къинхéтамениг .

101.Шу лаьттахула /генна/ д1асхьадахча , шуна т1ехь къа дац аш лáмаз дацдарехь , /нагахь санна/ шу кхийранехь шаьш /Дéлах/ цатешначáра /т1елетна/ шу питнé дарна . Баккъалла а /Дéлах/ цатешнарш хилла шуна билгала мостаг1 .

102.Хьо цáрна юккъехь волуш , цáрна /хьалха ваьлла/ ахь лáмаз динехь , цáрех цхьа тóба хьоьца д1ах1оттийла , цáра схьаоьцийла шайн герзаш . Ткъа шаьш сужда /цхьа рака1ат/ дина /даьлча шу лардан/ шуна т1éхьа /д1ах1иттан/ хулийла уьш , /т1аккха/ лáмаз цадина /йолу/ кхин тоба йóг1ийла , хьоьца лáмаз дойла цáра , ларлойла уьш , шайн герзаш схьаоьцийла ! Шаьш /Дéлах/ цатешначáрна лиира /шу ламазна д1ах1иттача/ шайн герзех а , г1ирсех а шу чидам бóцуш хилар , т1аккха шуна т1ег1оьртар бара уьш цхьана т1ег1ортарца . Шуна т1ехь къа дац , /нагахь санна/ шуна дог1анах /цхьа/ новкъарлó елахь , йа шу цомгуш делахь , аш шайн герзаш охьадехкарехь . Ларлойла шу . Баккъалла а Аллах1а кечдина /Шех/ цатешначáрна /уьш/ сийсаза /бен/ 1áзап .

103.Шаьш лáмаз дина доьвлача , Аллах1 хьахавéлуш ирахь а , охьахевшинá а , шайн аг1óнаш т1ехь /д1атевжина долуш/ а . Ткъа шаьш /кхéрамах/ маьршадоьвлача , т1аккха аш /дуьззана/ лáмаз /х1отта/ дé , баккъалла а лáмаз хилла муъманáхана хан тоьхна т1едиллина

104.Шу г1ел ма лó /керста/ нáх /х1аллакбан/ лахарехь . Шу /чевнаш/ лазош делахь , баккъалла а уьш ма бу /цáра/ лазош шу лаза ма-дарра /х1еттé а юха ца бовлу/ . Аш догдóху Аллах1éра , цáра шéга дог ца дóхучунга . Аллах1 хилла хууш , кхéтамé .

105.Баккъалла а Óха доссийна хьоьга /къуръáн/ жайна /шá/ бакъонца /долуш/ , хьоьга нáхана юккъехь кхел йайтархьама Аллах1а хьайна /цу чохь/ гайтанчунца . Хьо ма хила ямартхошна /т1ех1оьттина/ довхо .

106.Аллах1é гечдардéха ! Баккъалла а Аллах1 хилла гечдеш , къинхéтамé .

107.Хьо къийса ма лó шайн дог1машна шаьш ямарта хуьлучéран дуьхьа . Баккъалла а Аллах1ана ца вéза шá /дукха/ ямарта , къинош лéтош хилларг .

108.Нáхах хьулло уьш , Аллах1ах ца хьулло , Иза цáрца ву , цáра буьйсана Иза рéза вóцу къамел дуьйцучу хена . Аллах1 хилла цáра дечунна /хаарца/ гó биллина .

109.Х1ай /нáх/ шу ду-кх х1орш , дуьнéнан дáхарехь цéран дуьхьа къийсаделларш . Ткъа къéмата дийнахь Аллах1аца хьá къуьйсур ду цéран дуьхьа ? Мила хир ву цáрна т1ехь векал /вéрас/ ?

110.Шá вóниг деш , йа шен дéг1ана зулам деш /милла велахь/ , цул т1аьхьа цó Аллах1é гечдар дéхча , цунна карор ву Аллах1 гечдеш , къинхéтам беш .

111.Шá къа деш /милла велахь/ , баккъалла а шен дéг1ана деш ду цо и . Баккъалла а Аллах1 хилла хууш , кхéтамé .

112.Шá хатар /г1áлат/ , йа къа деш /милла велахь/ , цул т1аьхьа и бехкбóцучунна т1етоьттуш , т1аккха бакъ долуш цó /шéна/ т1елаьцна харцдерг а , билгала къá а .

113.Хьýна т1éра Аллах1ан комаьршаллá а , Цуьнан къинхéтам а ца хиллехь , цáрех /цхьа/ тóба г1оьртина хир ма йара хьо /бакъонах/ тилó . /амма/ Цáра шайн дог1маш бен тилор дац , хьýна х1уммá а зен дийр дац . Аллах1а доссийна хьýна т1е жайнá а , кхéтам а . Цó хьýна 1áмийна шá хьýна ца хууш хилларг . Хьýна т1éра Аллах1ан комаьршалла хилла /вунó/ йоккха .

114./цхьá/ Хайр дац цáра къайлаха дуьйцучу дукхах долчу къамéлашкахь , шá сáг1а даларцá а , диканца /девзинчунца/ а , нáхана юкъахь масла1ат дарца а омру деш /дуьйцуш/ дóцучунгахь . Ткъа /шéна/ Аллах1 рéза хилар лоьхуш шá и /хьахийнарг/ деш верг /милла велахь/ , Óха цунна лур ю /вунó/ йоккха йáл .

115.Нийса некъ шéна билгала баьллачул т1аьхьа шá элчанна дуьхьалó еш верг а , муъманéхан бóцучу некъана т1аьхьа х1уттуш верг /милла велахь/ а , Óха иза верзор ву /тиларах/ шá вирзанчу /нéкъа/ т1е , Óха вохуьйтур ву иза жоьжахати чу . Вон хилла и /некъ/ воьрзийлехь .

116.Баккъалла а Аллах1а геч ца до Шéца декъахó вар , Цó гечдо и дóцург Шéна луучунна . Ткъа шá Аллах1аца декъахó веш верг /милла велахь/ , бакъ долуш и тилла геннарчу тиларца .

117.Цáра ца кхойкху - И /Аллах1/ витина - стешкá бен , цáра ца кхойкху 1éсадаьллачу шайт1анé бен .

118.Аллах1а не1алт аьлла цунна , цó /Иблийсó/ элира : « /Хьан сийлаллóра/ Ас схьаоьцур ма ду /сайна/ Хьан лешха /схьаэца/ тарлуш долу дáкъа .

119./Хьан сийлаллóра/ Ас уьш /бакъóнах/ тилор ма бу , ас цáрга /кхóчуш хир бóцучу сатийсамашка/ сатуьйсуьйтур ма ду , ас цáрга /дохкóбовлар д1ататтарца/ омру дийр ма ду , цáра хéдадойла /шайн/ хьайбан лергаш /даа ца магаран билгалонна/ , ас цáрга омру дийр ма ду , цáра хуьйцийла Аллах1ан кхоллам ! » . Аллах1 /1адда/ витина , шá шайт1а /шен/ дéла лóцург /милла велахь/ , бакъ долуш эшна иза билгалчу эшарца .

120.Цáрна ч1áг1ó йо цó , цáрга сатуьйсуьйту цó . /амма/ Цó цáрна ч1áг1ó /ма/ ца йо 1éхорца бен .

121.Уьш - цéран чуг1ойла жоьжахати ю . Цáрна карор йац цуьнах к1елхьарбовлийла .

122.Шаьш /Дéлах/ тешна , дика 1амалаш йинарш , Óха уьш бохуьйтур бу шайна к1елахула тáтóлаш лéлачу /ялсаманин/ бошмашка , гуттар цу чохь лаьтташ , Аллах1ан ч1áг1онца бакъйолчу . Мила ву къамéлехь Аллах1ал сов бакъ ?!

123.Дáц и /г1уллакх/ шун сатийсамашцá а , дáц жайнан охлун сатийсамашцá а /дихкина/ . Шá вóниг деш верг /милла велахь/ , цунца бéкхам бийр бу цунна , цуна карор вац Аллах1 вóцург вéрас а , /карор/ вац г1оьнчá а .

124.Боьршачух , йа стéчух шá дика 1амалш еш верг /милла велахь/ , шá муъмастаг волуш , уьш - ялсаманú чуг1ýр бу , цáрна хáрцó йийр йац /хурман леган/ хоршал а .

125.Мила ву динехь г1óлú , шá дикадеш волуш шен юьхь Аллах1ана муьт1ахь йинчул а , /бáкъóнга/ туьйжуш Ибрáх1иман динна т1аьхьаваьзначул а ? Аллах1а лéцира Ибрáх1им доттаг1 .

126.Аллах1ан /дóлахь/ ду шá стигланашкахь а , шá лаьттахь а /мел/ дерг . Аллах1 хилла массó х1уманна гó биллина .

127.Зударийн хьокъехь сацам боьху цáра хьоьга . Ахь áла /цáрга/ : « Шуна цéран хьокъехь сацам лó Аллах1á а , жайнахь шуна доьшучó а - зудбéрех байлахь бисанчéран хьокъехь а , /Дáла/ цáрна /шерéтах/ йаздинарг

аш шайна д1а ца луш болу шайна уьш бáлон лууш , бéрех г1ийлачéран хьокъехь а , /Цó шоьга омру до/ байшна /шеретехь/ нийсóйарца шу д1ах1иттарцá а . Аш /цхьá/ дика дахь , баккъалла а Аллах1 и хууш хилла » .

128./нагахь санна/ Зуда шен майра /шéца/ галморзахвáларх /эг1арх/ , йа херваларх кхийранехь , т1аккха цáршинна къа дац шайна юккъехь цáршимма масла1атца барт барх . Барт /девнал/ г1óлú бу . /Дáла/ Синошчу сутаралла йиллина /Шá уьш кхуллуш/ . /ткъа/ Шу /шайн зударшца/ дика хилахь , /цáрна зуламдарх/ кхéрахь , /т1аккха/ баккъалла а Аллах1 хилла аш дийриг девзаш

129.Шун /цкъá а/ ницкъ кхóчур ма бац зударшна юккъехь нийсó ян , шуна /мел/ ч1óг1а лиънехь а . Шу ма тийжийла /цáрех цхьанга/ дуьззана товжарца , т1аккха аш и /важа/ йуьтур ю д1атеснарг санна . Ткъа аш /хьал/ нисдахь , /зуламдарх/ кхéрахь , т1аккха баккъалла а Аллах1 хилла гечдеш , къинхéтам беш .

130.Ткъа и шиъ д1асакъáстахь , /т1аккха/ Аллах1а х1óраннá кхáчó йийр ю Шен шортóнах . Аллах1 хилла шортó йолуш , кхéтамé .

131.Аллах1ан /дóлахь/ ду шá стигланашкахь а , шá лаьттахь а /мел/ дерг . /Дéлóра/ Óха весет /ма/ дира шоьл хьáлха шайна жайна деллачáргá а , шоьгá а Аллах1ах кхéрарца . Ткъа шу /Дéлах/ цатешахь , баккъалла а Аллах1ан /дóлахь ма/ ду шá стигланашкахь а , шá лаьттахь а /мел/ дерг . Аллах1 хилла кхáчамé , хастамé .

132.Аллах1ан /дóлахь/ ду шá стигланашкахь а , шá лаьттахь а /мел/ дерг . Аллах1 тоьур ву 1уналлехь .

133.Шéна лаахь шу /дуьненна чура/ д1атилор ду Цó , х1ай нáх , /т1аккха/ кхинаш бáлор бу . Аллах1 хилла цу т1ехь ницкъ кхóчуш .

134.Шá /шен 1амалца/ дуьнéнан ял éзаш хилларг /милла велахь/ , Аллах1ан гергахь дуьнéнан а , эхартан а ял /ма/ ю /éзачунна , эхарт х1унда ца лоьху цó ?/ . Аллах1 хилла хезаш , гуш .

135.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Шу хила нийсонца д1ах1иттана , Аллах1ан доьхьа тéшаш , и /тоьшалла/ делахь а шайн дог1машнá а , йа дéна-нáннá а , гергарчáрнá а т1ехь . Иза тарó йолуш , йа къé велахь а /тоьшалла дойла цó цунна дуьхьал/ , Аллах1 /шоьл/ хьáлха /ма/ ву цáршинца /дика хиларехь/ . Шу т1аьхьа ма дáза /óзабéзамца шайн/ дéг1ан лаамна /бáкъóнах/ д1атовжархьама . /тоьшаллехь/ Аш кéгари бахь , йа /и дарх/ шу д1адерзахь , баккъалла а Аллах1 хилла аш дийриг девзаш /хууш/ .

136.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Шу тéша Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а , Цó Шен элчанна т1едоссийначу жайнах а , /цул/ хьалха Цó доссийначу жайнах а ! Шá Аллах1ах а , Цуьнан малийкашах а , Цуьнан жайнашах а , Цуьнан элчанашах а , т1аьхьарчу /къéмат - эхарт/ дийнах а цатешнарг /милла велахь/ , бакъ долуш и тилла генначу тиларца .

137.Баккъалла а шаьш /Дéлах/ тешна , т1аккха керстаналла динарш , т1аккха /юхá а/ тешна , юхá а керстаналла динарш , цул т1аьхьа керстаналлехь сов бевлларш /муьлш белахь/ , Аллах1 ца хилла цáрна гечдийр долуш а , уьш /нийса/ новкъа нисбийр болуш а .

138.Мунéпикъашка кхаъ баккха , баккъалла а цáрна /къéмат дийнахь/ лозош /долу/ 1áзап хирг хиларца ,

139.шаьш керстанаш доттаг1ий лоьцуш болу , муъманах /1адда/ битина . Цáрна гергахь сийлалла лоьху /тов/ цáра ? Баккъалла а сийлалла Аллах1ан /ма/ ю ерриге .

140.Цó жайнахь шуна т1едоссийна , /нагахь/ баккъалла а шуна хезнехь Аллах1ан áйаташ - /нáха/ шайца керстаналла деш а , шайха кхаьрдаш а - шу цáрца охьа ма ховша , уьш кхéчу къамел т1ебовллалц . Баккъалла а шу /цáрца охьаховшахь/ т1аккха /шу/ цáрех терра /къилахь/ ду . Баккъалла а Аллах1а д1агулбийр бу мунéпикъаш а , керстанаш а жоьжахатехь - /уьш/ берригé .

141.Шаьш шоьга /цхьа вóниг дáрé/ хьоьжуш болу . Ткъа шуна Аллах1éра /цхьа/ тóлам хилча , цáра óлу : « Тхó дáцара /тов/ шоьца ? » . Ткъа керстанашна /цхьа/ дáкъа хилча , цáра óлу : « Óха /хьалха/ эша цадинéра шу /делахь цадайъар-кх óха шу/ , óха лар ца дира шу муъманáхах ? » . Аллах1а кхел йийр ю шуна юккъехь къéмата дийнахь . Аллах1а /цкъá а/ бийр ма бац керстанашна муъманáхана т1ехь /цхьá/ некъ .

142.Баккъалла а мунéпикъаш /ийман гучудаккхарца/ Аллах1 леван г1ерта , Иза ву уьш /шайн хьолах 1éхабалийтарца/ лéбеш . Шаьш ламазна х1иттича , малончаш болуш х1уьтту уьш , нáхана моттарг1анаш лéлош , Аллах1 к1еззиг бен ца хьахош ,

143./шаьш ойланашкахь/ техкаш цу /úманнá , керстаналлúнá/ юккъехь /боьхна хьийзарна/ , х1окхарах /д1акхетнá/ бóцуш , /йа/ вýкхáрах /д1акхетнá/ бóцуш . Аллах1а /шá/ тилóш верг /милла велахь/ , хьýна /цкъá а/ карор ма бац цунна /нийса/ некъ .

144.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Ма лéца керстанаш доттаг1ий муъманáх /1аддá/ битина ! Шу лууш ду ткъа Аллах1ана шайна т1ехь /та1зар дан/ билгала бух бан ?!

145.Баккъалла а мунéпикъаш /жоьжахатин/ ц1еран /т1éг1анийн/ уггар лахарчу т1éг1анехь /бухехь хир ма/ бу , хьýна карор ма вац цáрна /цхьá/ г1оьнча .

146.Шаьш /лéлийначунна/ дохкóбевлла , диканаш дина , Аллах1ах тасабелла , шайн дин /лéлор/ доггах /моттарг1анаш йóцуш/ Аллах1ана /доьхьа/ динарш бóцурш . Ткъа уьш - муъманáхаца /ялсаманехь хир/ бу , Аллах1а /цу чохь/ муъманáхана йоккха ял лур /йолуш/ ю .

147.Х1ун до Аллах1а шуна 1áзап дарца ?! Аш /Цуьнан зовкхашна/ баркаллá аьлча , шу /Цунах тéшá/ тешча /т1аккха шуна 1áзап дан хьаштó ма яц/ . Аллах1 /ма/ хилла /аш динчу диканна/ баркаллé , /шен лéшан хьéлаш/ хууш .

148.Аллах1ана ца дéза /нáха/ къамéлах вóниг гучудаккхар , шéна /цхьамма/ зулам динчó /гучудоккхург/ бен . Аллах1 хилла хезаш , хууш .

149.Аш диканиг гучудаккхахь , йа аш и къайладаккхахь , йа вóчунна шу къинт1éра довлахь , баккъалла а Аллах1 хилла гечдеш , ницкъ кхóчуш .

150.Баккъалла а шаьш Аллах1ах а , Цуьнан элчанех а цатéшарш , Аллах1анá а , Цуьнан элчанашнá а юккъехь къестамаш бан луурш , шаьш óлурш : « /элчанех/ Цхьаболчáрех тéша тхо , вýкхáрех цатéша тхо » , /шайна/ цу юккъехь /боьду/ некъ лáца луурш -

151.уьш бу уьш бакъ болу керстанаш . Óха кечдина керстанашна /уьш/ сийсаза /бен/ 1áзап .

152.Шаьш Аллах1ах а , Цуьнан элчанех а тешнарш , цáрех цхьаннé юккъехь къестамаш ца бинарш , уьш - Цó цáрна шайн éлаш лур ю . Аллах1 хилла гечдеш , къинхéтамé .

153.Жайнан ох1лунó хьоьга доьху ахь шайна т1е стиглара жайна доссор . /ткъа хьо цу дéхарх цецваьллехь/ Бакъ долуш цáра /жуьгташа/ Мýсáга цул доккханиг дехнéра , цáра элира : « Гайтахь тхýна Аллах1 б1аьргана гучохь » , т1аккха уьш лéцира стéлахаьштиго цéран зулам бахьанехь . Т1аккха эса /дéла вина/ лéцира цáра , шайна билгалóнаш йаьхкинчул т1аьхьа . Óха гечдира /цáрна/ и . Óха делира Мýсáна /цáрна т1ехь/ билгала хьаькамалла .

154.Цéран ч1áг1ó бахьанехь /уьш кхéрабалийта/ цáрна т1ехула /Сийнáъ/ лам айбина , Óха цáрга элира : « Чоьхьадовла не1арéхула /шаьш/ гордахна /долуш/ ! » . /иштта/ Óха цáрга элира : « Т1ехмадийла шоьтан дийнахь /ч1éрий лéцарца/ ! » . Óха ийцира цáргара 1алáмат ч1óг1а /буьрса/ ч1áг1ó .

155./Óха цáрна наь1алт аьлла/ Цáра шайн ч1áг1ó йóхорнá а , цáра Аллах1ан áяташца керстаналла дарнá а , цáра /цхьá/ бакъó йóцуш пайхамараш байъарнá а , цáра áларнá а : « Тхан дегнаш аьрта /къиза/ ду » . Мелхó а цáра керстаналла дарна Аллах1а мух1ар тоьхна цáрна т1е , уьш цатéша к1еззиг /ханна/ бен .

156./иштта/ Цáра керстаналла дарнá а , цáра Марйаман т1ехь доккха харцдерг áларнá а .

157.Цáра /куалла еш/ áларнá а : « Баккъалла а óха вийна Марйаман к1ант 1ийсá - Аллах1ан элча » . Цáра /вен/ ца вийна иза , /йа/ цáра /ж1áра т1е/ д1áцатоьхна иза , делахь а цáрна /1ийсáх/ тарвалийтина и /шаьш вийнарг/. Баккъалла а шаьш цунгахь бéкъабелларш , цунах /хиллачух/ шек ма бу . Цáргахь дац цунца /хиллачух цхьá/ хаар , /шайна/ моьттучунна т1аьхьах1иттар бен . Цáра ца вийна иза , баккъал а .

158.Мелхó а Аллах1а /стигал/ хьалаваьккхина иза . Аллах1 хилла сийлахь , кхéтам дá .

159.Жайнан ох1лунах /цхьá/ вац , /Дéлóра/ шá валалé цунах тéшар вóцург /амма пайден дац и ийман/ . Къéмата дийнахь и хир ву цáрна т1ехь теш .

160.Шаьш жуьгтийн динехь болчáргара /даьллачу/ зуламнá а , цáра дуккхá /нах/ Аллах1ан нéкъах бóхорнá а Óха хьáрам дира цáрна ц1енадерш /тáмехь дерш/ , /хьалха/ цáрна хьáнал дина /хилла/ долу .

161.Цáра /духалург деллачу даьхний т1éра/ ял эцарнá а , бакъ долуш /Дáла Товрат чохь/ дихкинéра цáрна и , /иштта/ цáра харцонца нéхан даьхнеш даарнá а . Óха кечдина керстанашна лазош /долу/ 1áзап .

162.Дéлахь а цáрех 1илмангахь к1оргé баханарш а , муъманáх а тéшаш бу хьоьга доссийначух а , хьоьл хьалха доссийначух а . Лáмаз х1оттóраш а , закат лурш а , Аллах1ах , т1аьхьарчу /эхарт/ дийнах тéшарш а , уьш - Óха цáрна лур ю йоккха ял .

163.Баккъалла а Óха хьоьга /хьан дагчу/ хьехна , Тхаьш ма-хьеххара Нýхьé а , цул т1аьхьа /баьхкинчу/ пайхамаршкá а . /иштта/ Óха хьехна Ибрáх1имé а , Исмá1илé а , Исхьáкъé а , Я1къýбé а , /цуьнан/ т1аьхьéнашкá а , 1úсáгá а , Аюбé а , Юнусé а , Х1áрýнé а , Сулаймáнé а . Óха делира Дáвýдé Забýр /жайна/ .

164./Óха бахкийтина/ Бакъ долуш Тхаьш хьоьга хьалха бийцина элчанаш а , хьоьга ца бийцина элчанаш а . Аллах1 вистхилла Мýсáца /цхьá юкъарлó йóцуш/ вистхиларца

165.Элчанаш /бахкийтина Óха/ кхаьънаш дóхуш а , /та1зар хирг хилар/ д1ахьéдеш а адамийн Аллах1ана дуьхьал /бáккха/ элчанашал т1аьхьа /цхьá/ бух ца хилийтархьама . Аллах1 хилла сийлахь , кхéтамé .

166./цáра тоьшалла ца дарх/ Делахь а Аллах1а тоьшалла до Шá хьоьга доссийначунца . Цó и доссийна Шен хаарца . Малийкаша а до /хьýна/ тоьшалла . Аллах1 тоьуш ву /цу т1ехь/ теш .

167.Баккъалла а шаьш /Дéлах/ цатешнарш а , Аллах1ан нéкъах нах бухатоьхнарш а , бакъ долуш уьш тилла геннарчу тиларца .

168.Баккъалла а шаьш /Дéлах/ цатешнарш а , зулам динарш а /шайн хьал т1ехь мел бу/ , Аллах1 ца хилла Шá цáрна гечдийр долуш а , Шá уьш /нийсачу/ новкъа /т1е/ нисбийр болуш а .

169.Жоьжахати новкъа бен , /шаьш/ цу чохь гуттар лаьттар болуш . И хилла Аллах1ана атта .

170.Х1ай нáх ! Бакъ долуш элча веана шуна , шун Дéлéра бакъонца , тéша /цунах и/ г1óлú /хир/ ду шуна . Шу /цунах/ цатéшахь , баккъалла а Аллах1ан /дóлахь/ ду стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг . Аллах1 хилла хууш , кхéтамé .

171.Х1ай жайнан ох1лу ! Т1ех ма дийла шайн динехь , ма áла Аллах1ан т1ехь бакъдерг бен ! Баккъалла а Марьяман к1ант Масийхь - 1ийсá Аллах1ан элчá а , Цó шá /Жабраилéхула/ Марьямé кхáчийна /долу/ ,

Цуьнан /«кун» - хила - боху/ дош а , Цуьнгара сá а ду . Тéша Аллах1ах а , Цуьнан элчанех а ! Ма áла : « /уьш/ Кхоъ /ву/ » ! Совца , /и/ г1óлú /хир/ ду шуна ! Баккъалла а Аллах1 - цхьа Дéла ву , ц1ена ву Иза Шен бéр хиларх . Цуьнан /дóлахь/ ду стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг . Аллах1 тоьур ву /цу т1ехь/ векал .

172.Масийхь /цкъá а/ вазлур ма вац шá Аллах1ан лай хиларх , /дазлур/ дац /Дáла Шéна гергаоьзна /долу/ малийкаш а . Шá Цуна 1ибáдат дарх вазлург а , куралла йийриг а /милла велахь/ , Цó уьш /эхартахь/ Шéна т1е гулбийр бу - берригé .

173.Амма шаьш /Дéлах/ тешнарш а , диканаш динарш а , Цó цáрна кхоччуш д1алур ю шайн /1амалийн/ éлаш , Цо уьш сов бóхур бу Шен комаьршаллах . Амма шаьш /Дáлла 1ибáдат дарх/ базбелларш а , куралла йинарш а , Цó цáрна дийр ду /уьш/ лазош /долу/ 1áзап . Цáрна карор вац Аллах1 вóцург вéрас а , /карор/ вац г1оьнчá а .

174.Х1ай нáх ! Бакъ долуш шуна шун Дéлéра /тоьшалла/ бух беана . Óха шоьга билгала серлó йоссийна .

175.Амма шаьш Аллах1ах тешнарш , Цунах тасабелларш , Цó уьш Шéгара /болчу/ къинхéтамчý а , комаьршаллийчý а бохуьйтур бу , Шéна т1е/ бóг1учу/ нийсачу новкъá а нисбийр бу .

176.Хьоьга /уллéра гергарниг вóцучун хьокъехь шар1ан/ сацам боьху цáра , ахь áла : « Аллах1а сацам бо шуна уллéра гергарниг /бер йа дá/ вóцучун хьокъехь . /нагахь цхьа/ Стаг веллехь , шен /цхьá/ бер /йа дá-нáнá/ дóцуш , /делахь/ шен /цхьа/ йиша йолуш , т1аккха цунна цо бухадитанчух áх /дáкъа дóг1уш/ ду , /иштта/ цó /вашас/ а оьцу цунах /шен йишех/ ирс цуьнан бер ца хиллехь /шá леш/ . Ткъа уьш /йижарий/ шиъ /йа сов/ хиллехь , т1аккха цáршинна кхаа дéкъах ши дáкъа ду цó /вашас/ бухадитанчух . Ткъа и /бухадисана/ йиша-ваша бóжарий а , зударий а хиллехь , т1аккха бóжана шина стéчунна дóг1учул дáкъа /дóг1уш/ ду . Аллах1а билгала до шуна /и хьукманаш/ шу /шерет дарехь/ тила ца далийтархьама . Аллах1 массó х1ума хууш ву .



5 - Сýрат Альмáида /Шун/
/Мадúнатехь доьссина ‚ 120 аят ду/
Аллáх1а ц1арца дóзадóцуш шортá а , дáимнá а болу къинхéтаман Дá волчу

1.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Кхóчуш бé /шайн/ берташ /ч1áг1амаш/ ! Шуна /даъа/ магийна даьхнех хьайба , /цуьнах/ шá шуна /цамагош/ доьшуш /дерг/ дóцург , /шуна/ талла мегаш дóцуш , шу ихьрам дихкина долуш . Баккъалла а Аллах1а Шéна лаьа кхел йо .

2. Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Аш мага ма дé /шайна/ Аллах1ан /хьаждехкаран/ лáмасташ /билгалóнаш хийцар/ а , /мага/ ма бé /шéна чохь т1ом барх/ бихкина /болу/ бутт а , /мага ма дé/ г1урбан /дáлош долу/ хьайбá а , /билгалонна/ кóчарш оьхкинарш /схьадáхар/ а , /хьáрамчух/ дихкина /долу хьаж/ ц1а /бахка/ луурш /т1амца бухатóхар/ а , шаьш шайн /дагахь/ Дéлéра /рицкъан/ комаьршалла а , /Иза/ рéзахилар а лоьхуш /болу/ ! Шаьш ихьрам д1адаьккхача талла /шайна лаахь/ . Шу ма дуьгийла цхьана къóмé болчу цабéзамó - /хьáрамчух/ Дихкинчу маьждигах цáра шаьш духатóхарна - аш /цаьрца/ мостаг1алла лéлорна /т1е/ ! Вовшашна г1о дé диканнá а , /Дéлах/ кхéрарнá а т1ехь , вовшашна г1о ма дé къилахь долчуннá а , мостаг1аллийнá а т1ехь . Аллах1ах кхéра , баккъалла а Аллах1 та1зар ч1óг1а долуш ву /шуна/ .

3.Шуна /яъа/ хьáрам йина къéелларг а , /1áнийна/ ц1ий а , хьакхин жижиг а , шéна Аллах1ан /ц1арца/ дóцуш урс хьаькхнарг а , садукъдинарг а , /цхьаъ/ тоьхна дийнарг а , /лакхáра/ чудоьжна делларг а , /шéна/ ма1а 1оьттина дийнарг а , экхó /шена/ катоьхнарг а , аш /цуьнан садáлалé/ урс хьаькхнарг дóцург , ц1уйшна т1ехь урс хьаькхнарг а , пхерчашца /палтосуш/ аш дáкъа /билгал/ дар а . И /хьахийнарш яар/ пéсакъалла ю . Тахана догдиллина шаьш /Дéлах/ цатешначáра шун динах /шу духатóхарх/ , цáрех ма кхéра шу , Соьх кхéра ! Тахана Ас шуна кхóчуш дина шун дин , дуьзна шуна Сан зовкх , рéзахилла Сó шуна ислам динца . Шá мацаллехь /цуьнах ца кхаьлча/ ца ваьлларг , къилахьчуьнга /шá/ тийжаш вóцуш , баккъалла а Аллах1 /ишттачунна/ гечдеш , къинхéтам беш ву .

4.Цáра хьоьга хоьтту шайна х1у магийна . Ахь áла : « Шуна магийна ц1ена /пайден/ дерш а , áкхаройх /а , олхазарех а/ аш ж1алех талла 1áмийнчáра лаьцнарг а . Аш цáрна 1áмадо Аллах1а шайна 1áмийначух . Аш йаъа цáра шайна лаьцначух . Аллах1ан ц1е йáккха цу т1ехь . Аллах1ах кхéра , баккъалла а Аллах1 хьесапна чехка ву /шуна/ .

5.Тахана шуна магийна ц1ена /пайден/ дерш . /Дáла/ Шайна жайна деллачéран юург шуна хьáнал ю , шун юург цáрна хьáнал ю . Муъмазударех /болу/ оьзда /ц1ена/ берш а , шоьл хьáлха шайна жайна деллачáрех /болу/ оьзда /ц1ена/ берш а /хьáнал бина шуна/ , аш цáрна цéран тéмаш /мéхаш/ д1абелча , /шаьш и/ ялош долуш , нáхацалéлаш а , /цáрех шайна/ éзарш лоьцуш а доцуш . Ткъа шá /Дéлах/ тéшарх вухакхетнарг /милла велахь/ , бакъ долуш цуьнан 1амал /эрна/ йайна . Эхартахь иза хир ву эшначáрех .

6.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Шайна лáмазна х1итта лиъча аш йила шайн яххьаш а , гóлашка /кхáччалц/ куьйгаш /пхьаьрсаш/ а , шайн кортошна /т1еда/ куьгхьакха , кóгаш /била/ хьорканашка /кхáччалц/ . Шаьш лийчар т1едоьжна хилча ц1анлó . Шу цомгуш , я некъаца хилча , я шоьх цхьаъ хьоштаг1éра веача , я шу зударех кхетча , /т1áккха ц1андала/ шуна хи ца карийнехь , аш тéма диэ ц1енчу лáттаца , аш хьакха цуьнах шайн яххьех а , шайн куьйгех /пхьаьрсех/ а . Аллáх1ана ца лаьа шуна т1ехь гаттó /халó/ ян , амма Цуна лаьа шу ц1андá а , шуна т1ехь Шен зовкх кхачуш дá а . Шу баркаллé хила мега .

7.Дагадаийта шайна т1ийра Аллах1ан зовкх а , /дагаяийта/ Цуьнан ч1áг1ó а , Цó шоьца шá йина йолу , аш аьллачу хéна : « Тхýна хезна , тхо муьт1ахь хилла » . Аллах1ах кхéра , баккъалла а Аллах1 хууш ву /адамийн/ кийранашкахь дерг .

8. Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Шу хила Аллах1ан доьхьа д1ах1иттé , нийсонца тéшаш /хилла/ . Шу ма дуьгийла цхьана къóмé болчу цабéзамó нийсó ца ярé /хáрцóнé/ ! Нийсó éлаш /массáрцá/ , и герга ду /шуна Аллах1ах/ кхéрарна . Баккъалла а Аллах1 аш дийриг девзаш /хууш/ ву /шуна/ .

9.Аллах1а /дика/ ч1áг1ó йина шаьш /Дéлах/ тешначáрнá а , диканаш динчáрнá а : цáрна гечдар а , йоккха ял а ю .

10.Шаьш /Дéлах/ цатешнарш а , Тхан áяташ харцдинарш а - уьш жоьжахатин дай бу .

11.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Дагадаийта шайна т1ийра Аллах1ан зовкх , /цхьана/ къóмана /нáхана/ шуна т1е шайн /ямарт/ куьйгаш кховдó дагадеанчу хéна , Цó духатуьйхира шоьх цéран куьйгаш . Аллах1ах кхéра ! Аллах1ана т1етовжийла муъманáх !

12./Дéлóра/ Бакъ долуш , Аллах1а ч1áг1ó ийцира Исраилан к1енташкара . Óха хьажийра цáрех шийтта векал . Аллах1а элира : « Баккъалла а Со шоьца ву . /Дéлóра/ Аш лáмаз /х1отта/ дахь , закат лáхь , Сан элчанех тéшахь , цáрна г1ó дахь , Аллах1ана /доьхьа/ хаза дéкхар лахь , т1аккха Ас шун вóнаш д1адóхур ма ду , Ас шу дохуьйтур ма ду шайна к1елахула тáтóлаш лéлачу /ялсаманин/ бошмашка . Ткъа шоьх цул т1аьхьа а шá /Дéлах/ цатешнарг , бакъ долуш и тила ма велла нийсачу новкъах .

13.Цáра шайн ч1áг1ó йóхóрна , Óха цáрна не1алт элира , цéран дегнаш къиза /дéра/ дира , /Дéлан/ дош хуьйцу цáра шен меттигашкара , шайна /Товрат чохь/ шá хьахийначух /цхьа/ дáкъа дицдира цáра , хьо ца соцу хьайна цаьргара ямартлó хаъаяларха , цáрех /Тхоьх тешна/ к1еззиг бóцурш . Гечдиэ цáрна , къинт1éра вáла , баккъалла а Аллах1ана дикадийраш бéза .

14./иштта/ Шаьш : « Баккъалла а тхо насáраш /1ийсан динехь/ ду » - аьллачаьргарá а ийцира Óха цéран ч1áг1ó , /амма/ шайна /жайнахь/ шá хьахийна долчух /цхьа/ дáкъа дицдира цáра , т1аккха /вовшашка/ мостаг1аллá а , цабéзам а тесира Óха цáрна юккъé къéмат денналц . Аллах1а /эхартахь/ дуьйцур ду цáрна цáра /дуьнéнахь/ деш хилларг .

15.Х1ай жайнан ох1ла ! Бакъ долуш шуна веара Тхан элча , жайнах аш хьулдеш хиллачух шá шуна дуккхá а билгалдеш , шá /цуьнах/ дуккхá а шуна гечдеш . Бакъ долуш шоьга деана Аллах1éра нур а , билгала жайнá а .

16.Аллах1а , Шен рéзахиларна т1аьхьах1оьттинарг , шéца мáшаран некъашка нисвеш /долу/ а , Шен пурбанца бóданашкара нуьрé бóху Цó уьш , нийсачу новкъá бóху Цó уьш .

17./Дéлóра/ Бакъ долуш , /Дéлах/ цатешна шаьш аьлларш : « Баккъалла а Аллах1 - Иза - Марьяман к1ант Масихь /1ийсá/ ву » . Ахь áла : « Мила ву /т1аккха/ Аллáх1éра /1áзапах/ цхьа х1ума /духатóхар шен/ карахь долуш , Цунна лиъча х1аллак ванн Марьяман к1ант Масийхь а , цуьнан нáнá а , шá лаьттахь мел верг а ? » . Аллах1ан /долахь/ ду стиглашин а , лаьттан а , цаьршинна юккъехь /мел/ долчун а паччахьалла . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .

18.Жуьгташá а , насáрашá а элира : « Тхо Аллах1ан к1ентий а , Цуьнан дукхадéзарш а ду » . Ахь áла /цаьрга/ : « Т1аккха Цó - шу къинош бахьнехь - шуна 1áзап х1унда до ? » . Мелхó а , шу Цó кхоьллинчáрех /кхидерш санна/ адамаш ду . Шéна луучунна гечдо Цó , Шéна луучунна 1áзап до . Аллах1ан /долахь/ ду стиглашин а , лаьттан а , цаьршинна юккъехь /мел/ долчун а паччахьалла , Цуьнга ду /цéран/ дерзар .

19.Х1ай жайнан ох1лу ! Бакъ долуш , шуна веана Тхан элча /Мухьаммад/ , шуна /шар1/ билгалдеш , элчанашкар /хабар дáр д1ахаьдначу/ муьрехь , шоьга ца áлийта : « Тхýна-м ца веана /цхьá/ кхаъ боккхург а , /ца веана/ д1ахьéдархó /кхéрам тосург/ а » . /бехказа ма дийла/ Бакъ долуш , шуна веара кхаъ боккхург а , д1ахьéдархó а . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .

20.Мусас элира шен къóмé : « Х1ай сан къам ! Дагадаийта шайна т1éра Аллах1ан зовкх - пайхамарш хилийтара Цó шуна юккъехь , элий бира Цó шоьх , 1áламех цхьанненнá Шá ца делларг делира Цó шуна

21.Х1ай сан къам ! Чу г1ó безачу махка , Аллах1а шуна шá язбина /ч1áг1ó йина/ болу , /кхéралой/ духа ма довла , т1аккха шу эшна доьрзур ду »

22.Цáра элира : « Х1ай Мýсá ! Баккъалла а цу чохь наьрт-къам ду , баккъалла а тхо цу чу г1ýр ма дац уьш цу чуьра áрабовллалц , ткъа уьш цу чуьра áрабовлахь т1аккха баккъалла а тхо чу г1ур ду »

23.Шаьш /Аллах1ах/ кхоьручáрех /волчу/ , Аллах1а шайна зовкх деллачу шина стага /цаьрга/ элира : « /кхéра ца кхоьруш/ Чуг1ó уьш болчу не1арéхула . Шу цу чудахча , баккъалла а шу тоьлларш /ма/ ду . Аллах1ана т1етовжа , шу муъманах делахь »

24.Цáра элира : « Х1ай Муса ! Баккъалла а тхо цу /шахьар/ чу г1ýр ма дац цкъá а , уьш цу чохь /бéхаш/ мел бу . Д1авалó хьó а , хьан Дéлá а , аш-шимма т1ом биэ /цаьрца/ . Баккъалла а тхо кхузахь /хевшина/ 1ийр ду »

25.Цó /Мусас/ элира : « Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а сан карахь дац /Хьан дин тóлó/ сан дег1 а , сан вашá а дóцург /х1уммá/ , /бакъонца/ къастадéхьа тхýна а , пéсакъ къóмана а юккъехь /дерг/ »

26.Цó элира : « /иштта делахь/ Т1аккха баккъалла а и /мохк/ бихкина бу цáрна шовзткъа шарахь , лаьттахула боьвлла /тилла/ лéлар бу уьш . Ахь г1айг1а ма йé пéсакъ къóмана /нáхана/ »

27.Дийца цáрна бакъонца Áдаман шина к1ентан хабар - сáг1а даьккхира цаьршимма , т1аккха цаьршиннах цхьаьнгара къóбалдира , вýкхуьнгара къóбал ца дира . /оьг1азвахана/ Цó /Къáбила/ элира : « /Дéлóра/ Ас вуьйр ма ву хьо » . Цó /Х1áбила/ элира : « Баккъалла а Аллах1а /сáг1а/ къóбал до /Шéх/ кхоьручаьргара .

28./Дéлóра/ Ахь сýна т1е куьг кховдадахь со верхьама , со ма вац сайн куьг хьýна т1е кховдор волуш хьо верхьама , баккъалла а со кхоьру Аллах1ах - 1áламин Дéлах .

29.Баккъалла а сýна лаьа хьо /Дéлé/ верза сан /вéран/ къацá а , хьан /кхидолчу/ къацá а , т1аккха хьо хила /жоьжахатин/ ц1еран дайх . Иза – зуламхойн бéкхам бу »

30.Цуьнан дéг1ó дайдира /хаздира/ цунна шен ваша вер , цó вийра иза , т1аккха иза хилира эшначáрех

31.Аллах1а къиг яийтира , /еллачу къийгана т1е/ шá латта хьоьрсуш /хьоькхуш/ , Шá цунна /Къáбилна/ гайтархьама шен вешин дакъа цó мýха хьулдан дéза . Цó /Къáбила/ элира : « Х1ай сан бáла - я1 ! Г1óрасиз хили ткъа со , х1ара къиг санна хиларх , сан вешин дакъа айса д1ахьулдан » . Т1аккха иза хилира дохкóбевллачáрех .

32.Цундéла , Óха яздина /т1едóжийра/ Исрáилан к1енташна ; баккъалла а шá цхьа дег1 дийнарг /милла велахь/ , /и дéр/ цхьана дéг1ана /дуьхьал/ доцуш , я лаьттахь /цó бечу/ цхьана бóхамна /дуьхьал доцуш/ , баккъалла а шá дерригé адам дийча санна /ма/ ву . /ткъа/ Шá и дендинарг /милла велахь/ , баккъалла а шá дерригé адам дендича санна /ма/ ву . /Дéлóра/ Бакъ долуш цáрна баьхкира Тхан элчанаш билгалóнашца , т1аккхá а баккъалла а цáрех дукхах берш цул т1аьхьá а лаьттахь /Дéлан дóзанел/ т1ехбуьйлуш ма бу .

33.Баккъалла а шаьш Аллах1ацá а , цуьнан элчанцá а т1омбечéран а , лаьттахь бóхамца лéлачéран а бéкхам - шаьш байъар а , шаьш /жá1ар т1е/ ирх охкар а , я шайн куьйгаш а , шайн когаш а пурх хéдор а , я махках бáхар а бу . Иза - цáрна дуьнéнахь /йолу/ сийсазаллá ю . /ткъа/ Эхартахь цáрна доккха 1áзап /хир/ ду .

34.Шаьш дохкобевлларш бóцурш , шайна т1ехь /кхел ян/ шун ницкъ кхáчале . Шуна хаийла баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхéтамéниг вуйла .

35.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Аллах1ах кхéралуш , Цунна гергалла лахалуш , Цуьнан новкъахь /г1áзот деш/ къахьéгалуш . /т1аккха/ Шу дéкъал хила тарло .

36.Баккъалла а шаьш /Дéлах/ цатешнарш , бакъду лаьттахь /мел/ дерг дерригé а , цуьнца кхин оццул а цéран хилча , уьш цуьнца /и махийна делла/ къéмат дийнан 1áзапах хьалхабовла , цаьргара и къóбал дина хир дáцара . Царна лазош долу 1áзап ду .

37.Цáрна лаьа шаьш /жоьжахатин/ ц1ергара áрабовла , бац уьш цу чуьра áрабевр болуш , цáрна диллина /гуттар лаьтта/ 1áзап /хир/ ду .

38.Къу-стаг а , къу-зудá а , аш хáдадé цаьршиннан куьйгаш , цаьршимма /гул/ динчунна бéкхамна - Аллах1éра /долчу/ г1ýданна . Аллах1 сийлахь , кхéтамé /верг/ ву .

39.Ткъа шен зуламал т1аьхьа шá дохкóваьлла , /шен/ 1амал тóйинарг /милла велахь/ , баккъалла а Аллах1а къóбал до цуьнан тóба . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхéтамéниг ву .

40.Хьýна ца хиъна /тов/ , баккъалла а Аллах1 - стиглашин а , лаьттан а паччахьалла Цуьнан дуй ? Шéна луучунна 1áзап до Цó , Шéна луучунна гечдо . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .

41.Х1ай элча ! Хьо г1айг1анé ма войла шаьш /Дéлах/ цатéшарехь сихóечáра , шайн батошца шаьш аьллачáрех /болу/ « Тхо /Дéлах/ тешна » шайн дегнаш тешнá дóцуш . Шаьш жуьгтийн динехь болчáрех бу хáрцонга ладýг1урш а , хьо волчу ца баьхкинчу кхéчу нáхé ладýг1урш а , /шен меттигéра/ дош хуьйцу цáра /Аллах1а/ цуьнан меттигаш /билгалйинчул/ т1аьхьа , шаьш óлуш : « Шайна х1ара /жоп/ лахь /къобал дай/ т1еэца и , шайна и ца лахь ларлóлаш /и схьаэцарх/ » . Аллах1ана шá зен луург /милла велахь/ , хьан карахь /хир/ ма дац /и духатóхарехь/ цунна /дан/ Аллах1éра цхьá х1ума . Уьш - Аллах1ана шайн дегнаш ц1андан ца лиънарш бу . Цáрна сийсазалла ю дуьнéнахь , /ткъа/ эхартахь цáрна доккха 1áзап /хир/ ду .

42./уьш/ Хáрцонга ладýг1урш , хьáрам дерг дуурш бу . Хьо волчу уьш баьхкича , цáрна юккъехь кхел йé , я цáрех д1аверза . Хьо цáрех д1аверзахь , цáра хьýна цхьá зен дийр ма дац . Ткъа ахь кхел йахь , нийсонца кхел йé ахь цáрна юккъехь . Баккъалла а Аллах1ана нийсóйийраш бéза /хьуна/ .

43.Цáра хьоьга кхел мýха йойту , шайгахь Таврат долуш , шéна чохь Аллах1ан кхел йолу ? Т1аккха д1абоьрзу уьш цул т1аьхьа , уьш ма бац муъманах .

44.Баккъалла а Óха доссийна Таврат , шéна чохь нийса некъ а , серлó а йолуш , шаьш /Дáлла/ муьт1ахь хиллачу пайхамаршá а , жуьгтийн молланашá а , /цéран/ 1éламнáхá а кхел йеш долу , шаьш жуьгтийн динехь болчáрна , Аллах1ан жайнах шайга лардайтинчуьнца , уьш бара цу т1ехь тéшаш . Нáхах ма кхéра , Соьх кхéра ! Ма хийца Сан áяташ /дуьненан/ к1еззигчу мéхах . Шá Аллах1а доссийначуьнца /цуьнах ца ваьшна/ кхел ца йинарг /милла велахь/ , уьш бу уьш керстанаш .

45.Óха яздина /т1едиллира/ цáрна цу /Таврат/ чохь ; баккъалла а дéг1а дуьхьал дег1 , б1аьрга дуьхьал б1аьрг , мера дуьхьал мара , лерга дуьхьал лерг , церга дуьхьал церг , чевнаш бéкхам болуш ю . Шá и /ч1ир/ йитинарг /милла велахь/ , иза цунна /къинойх/ ц1анвалар /хир/ ду . Шá Аллах1а доссийначуьнца /цуьнах ца ваьшна/ кхел ца йинарг /милла велахь/ , уьш бу уьш зуламхой .

46.Óха /шуна/ ваийтира цáрна /пайхамаршна/ т1аьххьé Марйаман к1ант 1ийсá , Таврáтах шел хьалха /деана/ дерг /шá/ бакъдеш . Óха цуьнга делира Инжийл , шéна чохь нийса некъ а , серлó а /йолуш/ , Таврáтах шел хьалха /деана/ дерг /шá/ бакъдеш /долуш/ , /Дéлах/ коьручáрна /шá/ нийса некъ а , хьéхам а болуш .

47.Инжийлан ох1лунó кхел йойла , Аллах1а цу чохь доссийначуьнца . Шá Аллах1а доссийначуьнца /цуьнах ца ваьшна/ кхел ца йинарг /милла велахь/ , уьш бу уьш пéсакънáх .

48.Óха жайна доссийна хьоьга бакъонца , жайнех шел хьалха /деана/ дерг /шá/ бакъдеш , /шá/ цу т1ехь теш /тéшамé/ долуш . Аллах1а доссийначуьнца кхел йé цáрна юккъехь , бакъóнах хьайга деанчух /д1á а вирзина/ цéран лаамашна т1аьхьа ма вáза . Шоьх /къаьмнех/ х1óраннá а Óха дина /шар1а/ низам а , /билгала/ некъ а . Аллах1ана лиънехь , Цó шу цхьа уммат дина хир дара , делахь а /Цунна ца лиъна и…/ Шá шу зерхьама Шá шуна деллачуьнгахь . Диканашкахь къовсалó . Аллах1é ду шун массéран дерзар . Т1аккха Цó шуна дуьйцур ду шу шéгахь дéкъалуш хилларг .

49.Аллах1а доссийначуьнца кхел йé цáрна юккъехь , цéран лаамашна т1аьхьа ма вáза , ларлó цáрех , Аллах1а хьайга доссийна цхьадолчух цáра хьо /лéвина/ д1ахьовзóрах . Ткъа уьш /бакъóнах/ д1аберзахь , хьýна хаийла баккъалла а Аллах1ана цéран цхьадолчу къиношна уьш бáланé лéца лаъар . Баккъалла а нáхах дукхах берш пéсакънáх ма бу .

50.Сонталлийн /зáман/ кхел лоьху тов цáра ? Мила ву Аллах1ал тоьлуш /говза/ тéшачу нáхана хьукмадарехь?

51.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Ма лéца жуьгтий а , /1ийсан динéра/ насáраш а гергарнаш /хьéший/ ! Цáрех цхьаберш вýкхéран гергарнаш /уьш вовшийн доттаг1ий/ бу . Шоьх уьш хьéший лаьцнарг /милла велахь/ , баккъалла а иза цáрех ву . Баккъалла а Аллах1а ца нисдо зуламé къáм .

52.Хьýна го шайн дегнаш чохь /мунéпикъалла/ цамгар ерш цаьрца /хьéший хила/ сихóеш , /бехказлонна/ шаьш óлуш : « Тхо кхоьру тхайна т1е /цхьа/ бáла бáрах » . Аллах1 гергара ву /бусалбанáхана/ тóламца , я Шéгара цхьана омрунца /сацамца/ вáн , т1аккха уьш /мунéпикъаш/ хир бу шайн дог1машкахь /дегнашкахь/ шаьш хьулдинчунна дохкóбевлла .

53.Шаьш /Дéлах/ тешначáра /вовшашка/ óлу : « Х1орш бу /уьш/ шаьш Аллах1аца шайн ч1óг1а дуйнаш биънарш , баккъалла а шаьш /динехь/ шоьца ма ду бóхуш ? » . /эрна/ Йайна цéран /дика/ 1амалаш , /дуьнéнахь , эхартахь/ эшнарш хили уьш .

54.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Шоьх миллá шен динах вухакхетахь , Аллах1 вóг1ур ву /цхьана/ къóмаца /нáхаца/ , Шéна уьш бéзаш , цáрна Шá вéзаш /долчу/ , /шаьш/ муъманáхаца /хьастабелла/ к1еда-мерза болуш , керстанашца /ч1óг1а/ буьрса болуш , шаьш Аллах1ан /дин тóлóран/ новкъахь /джих1ад дарца/ къахьоьгуш а , т1ехтýхучун т1ехтóхамах шаьш ца кхьоьруш а /болу/ . Иза Аллах1ан комаьршалла ю , Шéна луучунна Цó шá луш йолу . Аллах1 /комаьршаллин/ шортó ерг , хуург ву .

55.Баккъалла а шун вéрас /г1оьнча/ Аллах1 а , Цуьнан элчá а , шаьш /Дéлах/ тешнарш а бу , шаьш лáмаз /х1отта/ деш , закат луш , шаьш /рукý1ана/ охьатоь1уш болу .

56.Шá Аллах1 а , Цуьнан элчá а , шаьш /Дéлах/ тешнарш а вéрас /г1оьнчá/ лаьцнарг /милла велахь/ … , баккъалла а Аллах1ан тóба - уьш бу тоьлур берш .

57. Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Аш ма лéца шоьл хьалха шайна жайна деллачáрех /болу/ шаьш шун дин кхáрдамнá , бéгашнá лаьцнарш а , /Дáлла дéкъахóвеш болу/ керстанаш а /шайна/ хьéший /доттаг1ий/ . Аллах1ах кхéра , шаьш муъманах хиллехь .

58.Аш лáмазé кхайкхича , цáра и лéцира кхáрдамна а , бéгашнá а . /ткъа/ Иза - баккъалла а уьш ца кхéташ къам долун дéла ду .

59.Ахь áла : « Х1ай жайнан ох1лу ! Шуна тхоьгара цадéзарг тхо Аллах1ах а , /Цо/ тхайга доссийначух а , /тхоьл/ хьалха доссийначух а тéшар , баккъалла а шоьх дукхах берш пéсакънáх хиларнá бен дуй ? »

60.Ахь áла : « Аллах1ан гергахь бéкхамца цул сов вóниг /мила ву/ дийций ас шуна ? /иза/ Аллах1а шéна не1алт аьлларг а , Иза шéна оьг1аз вахнарг а , Цó шайха маймалш , хьакхарчий йинарш а , т1áг1ýтана /шайт1ана/ 1ибáдат динарг а /ву/ . Уьш меттигца вóнаш а , нийсачу новкъах сов тилларш а бу .

61.Шу долчу баьхкича цара элира : « Тхо /Дéлах/ тешна » . Бакъ долуш , керстаналлийца чýбаьхкира уьш , цуьнца áрáбевлира . Аллах1 т1ех дика хууш ву цáра хьулдеш хилларг .

62.Хьýна го цáрех дукхах берш , къа дарехь а , мостаг1аллехь /зуламехь/ а , хьáрамниг шаьш даарехь а сихóеш . /Дéлóра/ Ма вон ду-кх цáра деш хилларг .

63.Жуьгтийн молланашá а , 1éламнáхá а уьш бухатóхахьáра цáра къилахь дерг áларх а , цáра хьáрам дерг даарх а ! /Дéлóра/ Ма вон ду-кх цáра деш хилларг .

64.Жуьгтийн динехь болчáра элира : « /Дáла шайна рицкъан гаттó йича/ Аллах1ан куьг /б1аьрмецигаллó/ дихкина ду » . Цéран куьйгаш ду-кх /уьш массó диканах/ дихкина . /Дáла/ Не1алт аьлла цáрна , цáра /и/ áларна . Мелхó а , Цуьнан ши куьг /комаьршаллийца/ диллина ду . Шéна /дала/ луучулла рицкъа ло Цó . /Дéлóра/ Цáрех дукхах берш хьан Дéлéра хьоьга доссийначó сов бóхур ма бу т1ехбийларехь а , керстаналлехь а . /цундéла/ Óха цáрна юккъé тесира мостаг1аллá а , цабéзам а къéматде кхáччалц . Цáра т1амна ц1е мел латий , Аллах1а д1айайъира и . Уьш лéла лаьттахула бóхамца . Аллах1ана ца бéза бóхамаш бийраш .

65.Цáра /ладóг1арца/ д1ах1оттийнéхьара Таврáт а , Инжийл а , шайн Дéлéра шайга доссийнарг а , /т1аккха/ цáра /шортта рицкъа/ дуур ма дара шайна т1ехуларá а , шайн когаш к1елхьáрá а . Цáрех ю г1éхьа /г1áтакхé/ тóба . /ткъа/ Цáрех дукхах берш - вон ду цáра дийриг .

67.Х1ай элча ! Д1акхайкхадé /нахé/ хьан Дéлéра хьайга доссийнарг ! Ахь /и/ ца дахь , ахь д1а ца кхайкхийна Цуьнан элчаналла . Аллах1а ларвийр ву хьо нáхах /дóлучу вóнех/ . Баккъалла а Аллах1а ца нисдо /Шех/ цатéша къáм .

68.Ахь áла : « Х1ай жайнан ох1лу ! Шу дац цхьанá х1уманна т1ехь , аш Таврáт а , Инжийл а , шайн Дéлéра шайга доссийнарг а /цара бóхург дарца/ д1ах1оттадаллалц . /Дéлóра/ Цáрех дукхах берш хьан Дéлéра хьоьга доссийначó сов бóхур ма бу т1ехбийларехь а , керстаналлехь а . Г1айг1а ма йé /Дéлах/ цатéшачу къóмана .

69.Баккъалла а шаьш /Дéлах/ тешнарш а , шаьш жуьгтин динехь хилларш а , /иштта/ Сáбиýнаш /óлу динах йаьлла тóбá/ а , /1ийсáн динéра/ насáраш а , цáрех/ шá Аллах1ах а , т1аьхьарчу /эхарт/ дийнах а тешна , дика 1амал йинарг /милла велахь/ , цáрна т1ехь /эхартахь/ цхьá кхéрам /хир/ бáц , /я/ уьш г1айг1анé /хир/ бáц .

70./Дéлóра/ Бакъ долуш , Óха ч1áг1ó ийцира Исраилан к1енташкара . Óха хьажийра цáьрга элчанаш . /ткъа/ Шайн дог1машна цадéзачуьнца шайна цхьа элча мел веа , /цáрех/ цхьа тóба харцйира цáра , цхьа тóба йийра .

71./шайна/ Питан /1áзап/ хир дац моьттира цáрна , /амма/ б1аьрзé а , къорý а хилира уьш . Т1аккха Аллах1а гечдира цáрна . Цул т1аьхьá а цáрех дукхах берш б1аьрзé а , къорý а хилира . Аллах1 гуш ву цáра дийриг .

72./Дéлóра/ Бакъ долуш , /Дéлах/ цатешна шаьш аьлларш : « Баккъалла а Аллах1 - иза Марйаман к1ант Масийхь /1ийса/ ву » . Масийхьа /цаьрга/ элира : « Х1ай Исрáилан к1ентий ! 1ибáдат дé Аллах1ана - сан Даллá а , шун Дáллá а /сýна ма дé/ ! Баккъалла а шá Аллах1аца декъахó вийриг /милла велахь/ , бакъ долуш Аллах1а цуна хьáрам йина ялсамани , цуьнан лечкъийла /жоьжахатин/ ц1е ю . Зуламхошна бац /уьш к1елхьар бáха/ г1оьнчанаш .

73./Дéлóра/ Бакъ долуш , /Дéлах/ цатешна шаьш аьлларш : « Баккъалла а Аллах1 кхааннах кхоалг1аниг ву » . Кхин дéла вац , цхьа /Аллах1/ Дéла вóцург . Уьш ца совцахь шаьш бóхучух , /Дéлóра/ цáрех шаьш /Дéлах/ цатешначáрех хьакхалур ма ду /уьш/ лазош /долу/ 1áзап .

74.Аллах1е тóба /х1унда/ ца до /техьа/ цара , Цуьнга гечдар /х1унда/ ца доьху /техьа/ цáра ?! Аллах1 /дохкó ваьллачунна/ гечдеш , /цуьнца/ къинхéтамé /ма/ ву .

75.Марйаман к1ант Масийхь /1ийса/ ма вац , элчá бен , бакъ долуш шел хьалха /ша санна/ элчанаш д1абахана /волу/ , цуьнан нáна ю бакъ /оьзда/ зуда . И шиъ дара /адамаш санна/ кхáча бууш . Хьажахь /цáрна/ áйаташ Óха билгала мýха до , т1аккхá хьажахь /шат1анó бакъóнах/ уьш д1а мýха берзабо .

76.Ахь áла : « Аш 1ибáдат /мýха/ до ткъа Аллах1 витина шуна /дан/ зен а , пайда а /шен/ карахь дóцучунна , И Аллах1 /аш дуьйцург/ хезаш , /лелóриг/ хууш волушнехь ?! »

77.Ахь áла : « Х1ай жайнан ох1лу ! Шу т1ех ма дийла шайн динехь /къаьсттина/ бакъ дóцучохь , шу т1аьхьá ма дáза /д1адаханчу/ къóман /нéхан/ лаамашна , бакъ долуш /т1ех дáларна/ хьалха тиладелира и , дуккхá /нах/ тилийра цáра , нийсачу новкъах тилабелира уьш » .

78./Дáла/ Не1алт аьлла Исрáилан к1ентех шаьш /Шех/ цатешначáрна Дáвýдан а , Марйаман к1ента 1ийсáн а маттаца . Иза уьш 1éса хиларнá а , /дозанел/ т1ех буьйлуш хиларнá а /аьлла/ ду .

79.Уьш бара шаьш динчу вóчух вовший юха ца тýхуш /ца сацош/ . /Дéлóра/ Ма вон ду-кх /и/ цáра деш хилларг .

80.Хьýна го цáрех дукхах берш , шаьш /Дéлах/ цатешначаьрца гергарлó лéлош . /Дéлóра/ Ма вон /х1ума/ ду-кх /и/ цéран дог1маша цáрна /эхартана/ шá хьалхадаьккхинарг - Аллах1 шайна оьг1аз вахар , гуттар 1áзапехь лаьттар бу уьш .

81.Уьш тéшаш хиллéхьáра Аллах1ах , пайхамарах , /Дáла/ цунга досиийначух - цáра уьш /керстанаш шайна/ доттаг1ий /хьéший/ лоьцур /ма/ бáцара /бусалбанаш 1аддá битана/ . Дéлахь а цáрех дукхах берш пéсакънáх бу .

82./Дéлóра/ Хьýна карор ма бу шаьш /Дéлах/ тешначáрна уггар ч1óг1а мостаг1алла долу нах жуьгтин динехь берш а , шаьш /Дáлла/ декъахó винарш а . /иштта Дéлóра/ Хьýна карор ма бу шаьш /Дéлах/ тешначáрна цáрех уггар бéзамца ч1óг1а берш шаьш : « Тхо насáраш /1ийсан динехь/ ду » - аьлларш . Иза , баккъалла а цáрех мозг1арш а , халбатхой а болун дéла а , баккъалла а цáра /бакъонна т1аьхьа бáза/ куралла ца йо дéла а ду .

83.Цáрна хезча /Дáла/ элчанна т1едоссийнарг , хьýна го цéран б1аьргаш б1аьрхих дуьзна шайна девзинчу бакъдолчух . Цáра óлу : « Х1ай тхан Дéла ! Тхо тешна /х1окхунах/ , /цу т1ехь/ тéшашца /цхьана/ д1айаздéхьа тхо .

84.Тхо х1унда ца тéша Аллах1ах а , бакъдолчух тхайна деанчух а ? Тхо догдóхуш ма ду тхан Дáла /ялсамани/ чудахийтарé дикачу къóмаца /нáхаца/ » .

85.Цáра аьллачунна /дуьхьал/ Аллах1а цáрна елира /ялсаманин/ бошмаш , шайн к1елахула тáтóлаш лéлаш /йолу/ , гуттар лаьттар бу уьш цу чохь . Иза дикадечéран бéкхам бу .

86.Шаьш /Дéлах/ цатешнарш а , Тхан áйаташ харцдинарш а - уьш жоьжахатин дай бу .

87.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Аллах1а шайна /зовкхех/ магийна /хьáнал дина/ долу ц1ена дерш хьáрам ма дé , /Аллах1ан дóзанел/ т1ех ма довла ! Баккъалла а Аллах1ан ца бéза т1ехбуьйлурш .

88.Аш даа Аллах1а шайна деллачу рицкъанах хьáнал , ц1ена дерг . Кхéра Аллах1ах - Шá шу Шех тéшаш волчу .

89.Аллах1а шу бехкé ца до шун дуйнашкахь лаамза даьллачунна , делахь а Цó бехкéдо шу аш /шайн лаамца/ дихкинчу дуйнашна . Цуьнах ц1анвалар - дукха хьолахь аш шайн доьзалшна баóчу кхáчанах итт мискастагана кхáча баор , йа цáрна т1едýхар , йа лай азат /маьрша/ вар ду . Шá /цáрех цхьá х1ума/ ца карийнарг /милла велахь/ - /цуьнан ц1анвалар/ кхо де марха кхáбар ду . Иза шун /къéра/ дуйнех ц1анвлар ду аш биъначу . Ларбé шайн дуйнаш ! Иштта , Аллах1а билгалдо шуна Шен áйаташ . Шу баркаллé хила мега /цу т1ехь/ .

90.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Баккъалла а , къаркъá а , /юкъа ахча дуьллу/ шовкъé ловзарш а , ц1уй а , /шайца пáл тосу/ пхерчий а шайт1ан балхах /долу/ боьханиг ду /шуна/ . Гéнадовла цуьнах ! Шу дéкъала хила мега /т1аккха/ .

91.Баккъалла а шайт1анна лаьа къаркъангахь а , /юкъа ахча дуьллу/ шовкъé ловзаршкахь а шуна юккъé мостаг1алла , цабéзам бóжó а , Аллах1 хьахóрах , лáмазах шу духатóхá а . Шу совций ?!

92.Аллах1ан муьт1ахь хила , элчанна муьт1ахь хила , ларлó /1éсаллех/ ! Ткъа шу /муьт1ахьаллех/ д1адерзахь , шуна хаийла баккъалла а Тхан элчанна т1ехь /дерг деккъа/ билгала д1акхайкхор дуй /ткъа бекха Тхоьгахь бу/ .

93.Шаьш /Дéлах/ тешначáрнá а , диканаш динчáрнá а т1ехь къа дац , шаьш /хьалха/ диъначунна , уьш /х1инца/ кхийрача , /Дéлах/ тешча , диканаш дича , т1аккха /юхá а/ кхийрача , тешча , т1аккха /юхá а/ кхийрача , дикадича . Аллах1ана дикадийраш /ма/ бéза .

94.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! /Дéлóра/ Аллах1а шу /ихьрам дихкина долуш/ зуьйр ма ду ижýх /экханах цамагийначу/ цхьана х1уманца , шун куьйгаш а , шун г1оьмукъаш а шéна т1екхочуш йолчу , Аллах1ана хаархьама мила ву Шех къайлаха кхоьрург . Ткъа шá цул т1аьхьа /оцу дóзанел/ т1ехваьлларг /милла велахь/ цунна лазош /долу/ 1áзап ду .

95. Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Аш /цхьá/ экха ма дéлуш шаьш ихьрáм дихкина долуш ! Шá и /экха/ дийнарг шоьх /милла велахь/ хуъушехь , /цуьнан/ бéкхам цó дийнарг саннарг /бáрамехь/ хьайбанех /такхар/ бу , шеца кхел еш шоьх нийсó лéлóчу шимма Ка1бé кхóчу сáг1а дáккхарца , я /цуьнан/ ц1анвалар мисканáхана кхáча балар ду , я цуьнан /х1ор кáнна/ бáрамехь /цхьа де/ мáрха кхáбар ду , цуьнга шен балхан бáла /халó/ 1овшийтархьама . Аллах1а гечдина д1адаханчунна . Шá /цунга/ вуха вирзинарг /милла велахь/ , Аллах1а цуьнгара бéкхам оьцур бу . Аллах1 сийлахь , бéкхам эцаран Дá ву .

96.Шуна магийна /аш/ х1орд чохь ч1áра лáцар , и баар - шунá а , нéкъахошна а зовкханна . Шуна ца магийна лаьттахь таллар , шу ихьрам дихкина мел ду . Кхéра Аллах1ах , Шéга шу гулдийр долчу .

97.Аллах1а хилийтана /хьáрамчух/ дихкина /долу сийлахь/ Ц1а - Ка1ба а , /хьáрамчух/ бихкина /болу/ бутт а , г1урбан /дáлош долу/ хьайбá а , /билгалонна/ кóчарш оьхкинарш а нáхана /динехь/ т1етовжамна . Иза , шуна хаийтархьама ду , баккъалла а Аллах1ана сиглашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг хууш дуй а , баккъалла а Аллах1 массо х1ума хууш верг вуй а .

98.Шуна хаийла , баккъалла а Аллах1 та1зар ч1óг1а долуш вуй а , /иштта/ баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхéтамéниг вуй а .

99.Элчанна т1ехь /ма/ дац /шуна/ д1акхайкхор бен . Аллах1ана хууш ду аш гучудоккхург а , аш хьулдеш дерг а

100.Ахь áла : « Цхьатерра дац боьха /хьáрам/ дерг а , ц1ена /хьáнал/ дерг а , боьхачун дукхаллó /хьо цецваьккхина/ хьоьга /шех/ тáмаша байтинехь а » . Аллах1ах кхéра х1ай хьéкъалан дай ! Шу дéкъала хила мега .

101.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Ма хетта шайна /жоьпаш/ гучудаьхча шаьш шуна цатам бийр болу х1уманех /лаьцна/ , аш цáрех /лаьцна/ Къуръáн доссош хáттахь шуна гучудóхур ду уьш . Аллах1а гечдина цáрна . Аллах1 гечдийриг , вунó сóбарéниг ву .

102.Бакъ долуш шоьл хьалха хаьттира цáрех /лаьцна цхьана/ нáха . Т1аккха уьш хилира цáрех цатéшаш .

103.Аллах1а омру дина дац бахьийратцá а , дац сáибатцá а , дац васийлатцá а , дац хьáмицá а /óлучу эмкалшца/ , делахь а шаьш /Делах/ цатешначáра харцó кхуллу Аллах1ана т1ехь , цáрех дукхах берш хьéкъалé бац .

104.Цáрга аьлча : « Схьадуьйла Аллах1а доссийначунгá а , элчанна т1é а ! » . Цáра элира : « Тоьуш ду тхýна /динехь/ тхан дай шéна т1ехь карийнарг » . Цéран дай х1уммá ца хууш а , /бáкъонга/ ца нислуш а хиллехь ай ?

105.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Шуна т1ехь шайн дог1маш /лардар , нисдар/ ду . Шуна зен дийр дац шá тилавеллачó шу нисделлехь .Аллах1é ду шун дерзар массéран , т1аккха Цó дуьйцур ду шуна аш деш хилларг .

106.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Шоьх цхьанна валар /бахьана/ т1едеана - весет дечу хéна , шуна юккъера тоьшалла шоьх /волчу/ нийса шимма , я шоьх вóцучу кхéчу шимма /дан дéзаш/ ду , шу лаьттахула лéлаш /долуш/ , шуна т1е валаран бáла беънехь . Аш и шиъ сацор ву /малхбузу/ лáмазал т1аьхьа , т1аккха Аллах1аца дуй буур бу цáршимма , шу шек девллехь /цéран тоьшаллехь/ . « Óха ца оьцу цуьнах /дуьнéнан/ мáх , иза /тхан/ гергара /стаг/ хиллехь а , óха ца хьулдо Аллах1ан тоьшалла , т1аккха баккъалла а тхо къинош дечáрех ду » .

107.Баккъалла а /веллачун ох1лунна/ и шиъ /теш/ къинна хьакъ /хáрц/ хилар гучудаьллехь , т1áккха шайна т1ехь /харцó/ хьакъ хиллачáрех /волу веллачун/ хьалхара /гергара/ кхи шиъ х1уттур ву цаьршиннан меттана , цáршимма Аллах1аца дуй буур бу : « /Дéлóра/ Тхан тоьшалла цаьршиннан тоьшаллел а сов хьакъ ма ду , тхо /дóзанел/ т1ех ма ца доьвлла . /довлахь/ Баккъалла а тхо т1аккха зуламхойх ма хуьлу »

108.Иза герга ду уьш бáхка тоьшаллийца шá ма-дарра , я уьш кхéра шайн дуйнел т1аьхьа /кхéчáра/ дуйнаш юхабаъарх . Аллах1ах кхéра , ладóг1а /шайга дуьйцучунга/ , Аллах1а ца нисдо пéсакъ /1éса/ къáм .

109.Оцу /къéмат/ дийнахь Аллах1а элчанаш гулбина элира : « Х1ун жопделла /шун къаьмнаша/ шоьга ? » . Цáра элира : « Тхоьгахь дац /и/ хаар , баккъалла а Хьо ву къайлéнаш хуург »

110.Аллах1а элира /эра ду/ : « Х1ай Марйаман к1ант 1ийсá ! /баркаллийца/ Дагадаийта хьайна т1éрá а , хьан нáнна т1éрá а Сан зовкх , Ас хьо ч1аг1вира Дéзачу /Жабрáилан/ Сица . Ахь нáхé къамел дóра áганахь /волуш/ а , кхиъна /воккха/ волуш а . Ас хьýна 1áмийра йóзá а , кхéтамаллá а , Таврат а , Инжийл а . Сан пурбанца ахь поппарх олхазаран санна кеп йóра т1аккха цу чу 1а тýхура , т1аккха цуьнах олхазар хуьлура Сан пурбанца , ахь тóвóра б1аьрзéниг а , прокáза /цамгар/ ерг а Сан пурбанца , белларш /денбой/ г1иттабóра Сан пурбанца . Ас хьоьх /куьг 1оттарх/ бухатуьйхира Исрáилан к1ентий хьо цáрна билгалóнашца веанчу хéна .
Цáрех шаьш /Дéлах/ цатешначáра элира : « Х1ара /ма/ дáц билггала /долу/ бозбуанчаллá бен »

111./дагадаийта/ Ас хьийхира /1ийсáн/ нáкъосташка : « Тéша Соьх а , Сан элчанах а » /аьлла/ . Цáра элира : « Тхо тешна , тоьшалла дéхьа баккъалла а тхо бусулбанаш хиларца »

112./дагадаийта 1ийсáн/ Нáкъосташа элира : « Х1ай Марйаман к1ант 1ийсá ! Хьан Дéлан ницкъ кхóчий тхýна т1е стигалара /дааран/ шун доссó ? » . Цó /1ийсáс/ элира /цáрга/ : « Аллах1ах кхéра , шу муъманáх хиллехь » .

113.Цáра элира : « Тхýна лаьа тхаьш цуьнах кхáлла , тхан дегнаш д1атедалá а , бакъ долуш хьо тхуна бакълийна хилар хаá а , цу т1ехь тхаьш теш хилá а »

114.Марйаман к1анта 1ийсáс элира : « Х1ай Аллах1 - тхан Дéла ! Доссадéхьа тхýна т1е стиглара /дааран/ шун , шá тхýна - тхан хьалхарчуннá , тхан т1аьхьарчуннá дездé а , Хьоьгара билгалó а хуьлуш . Лóхьа тхýна /и/ рицкъа ! Хьо ву-кх рицкъа лучáрех уггар г1óлий верг »

115.Аллах1а элира : « Баккъалла а Ас доссор ду и шуна т1е , ткъа шá /цул/ т1аьхьа цатéшарг /милла велахь/ , баккъалла а Ас цунна 1áзап дийр ма ду , 1áламашха цхьанненнá а Ас шá дийр дóцучу 1áзапца »

116./дагадаийта/ Аллах1а элира : « Х1ай Марйаман к1ант 1ийсá ! Ахь аьллéра нáхé : « Аллах1 витé сó а , сан нáнá а ши дéла лáца ? » . Цó /1ийсас/ элира : « /декъахóчух/ Ц1ена ву Хьо /Дéла/ . Сан /бакъóнехь/ ма дац сан бакъó йóцург ас áлар /кхайкхор/ . Ас и аьлла хилча , бакъ долуш Хьýна и хиъна /хир дара/ , /х1унда аьлча/ Сан дагахь дерг Хьýна /дика/ хаа , Хьан дагахь дерг сýна ца хаа . Баккъалла а Хьо ма ву къайлéнаш хууш вверг .

117.Ас ца аьлла цáрга , Ахь соьга шéца омру динарг бен : « 1ибáдат дé Аллах1ана - сан Дáллá а , шун Дáллá а » , цáрна т1ехь теш вара со , цáрна юккъехь со мел ву , ткъа Ахь со д1акхалхийначу хéна , Хьо вара цáрна т1ехь т1ехьожург , Хьо ву массó х1уманна т1ехь теш .

118.Ахь цáрна 1áзап дахь , баккъаллá а Хьан лайш бу-кх уьш , ткъа Ахь цáрна геч дахь , баккъаллá а Хьо сийлахьниг , кхéтамéниг ма ву » .

119.Аллах1а элира : « Х1ара бакълуьйчарна шайн бакълéрó пайдабо де ду , цáрна шайна к1елахула тáтóлаш лéла бошмаш ю , цу чохь лаьттар бу уьш гуттар » . Аллах1 рéза хилла цáрна , Цунна рéза хилла уьш . Иза бу боккха тóлам .

120.Аллах1ан ду стиглашин а , лаьттан а , цу чохь /мел/ долчунан а óлалла /дóлалла/ , Иза массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .





6 - Сýрат Альан1áм /Хьайбанаш/

/Маккахь доьссина ‚ 165 аят ду/

Аллáх1а ц1арца дóзадóцуш шортá а , дáимнá а болу къинхéтаман Дá волчу



1.Хастам бу Аллах1ана , Шá стигланаш а , латтá а кхоьллинчу , /Шá/ бóданаш а , серлó а хилийтанчу . Цул т1аьхьа а , шаьш шайн Дéлах цатешначáра /кхиберш Цуьнга/ терабо-кх .

2.Иза ву , Шá шу поппарх кхоьллинарг , т1аккха 1óжалла /хан-зáма/ х1оттийна . /эхартан/ Ц1етоьхна /билгалйина/ хан /маца ю еккъа/ Цунна гергахь /хууш/ ю . Цул т1аьхьа а шу шек ду /г1овттóрехь/ .

3.Иза - Аллах1 ву стиглахь а , лаьттахь а . Цунна хаъа шун къайлах дерг а , гучохь дерг а . Цунна хаъа аш /гул/ дийриг .

4.Цáрна ца дóг1у шайн Дéлан áяташха /цхьá/ áят , уьш шех д1абоьрзуш хилла бен .

5.Бакъ долуш , бакъдерг харцдира цáра , и шайна деанчу хéна . Цáрна дóг1ур /ма/ ду уьш шех кхаьрдаш /цабéшаш/ хиллачун /1áзапé/ хабарш .

6.Цáрна ца гина /тов/ , Óха шайла хьалха мел х1аллакдина умматаш ?! Óха цéра /рицкъанца , ницкъаца/ аьттó бинéра лаьттахь , шу ца бинчу кéпара . Яийтанéра цáрна т1е стигал /дог1анца/ т1е1éнаш . Тáтóлаш динéра цáрна к1елахула лéлаш . Т1аккха Óха х1аллакбира уьш цéран къиношна , цáрел т1аьхьа кхин умматаш кхиийра .

7.Óха хьоьга кéхат т1ехь /яздина/ жайнá доссийна , уьш цуьнах шайн куьйгашца хьакхабелча , шаьш /Дéлах/ цатешначáра /т1аккхá а/ эра ма дара : « Х1ара /ма/ дац , билгала бозбуанчаллá бен »

8.Цáра элира : « Цунна т1е /Дáла/ малик доссийнéхьáра » . Óха /цéран хьóла т1е/ малик доссийнехьáра , /уьш х1аллакбаран/ белхан кхелйина хир ма яра , т1аккха уьш /цхьанá минотана/ т1аьхьатоттур /ма/ бáцара .

9.Óха иза малик хилийтачá а , Óха и хилийтана хир ма дара стеган /адаман/ вастахь , Óха царна кегийна хир ма дара цáра шá кегориг .

10./Дéлóра/ Бакъ долуш , хьоьл хьалхá кхаьрдина элчанашха , т1аккха шаьш цáрех цабаьшначáрна гóбира уьш шех кхаьрдина хиллачó .

11.Ахь áла : « Шу лéла лаьттахула , т1аккха хьовса /ойла йé/ мýха хилла /бакъдерг/ харцдечéран чаккхé /т1аьхьé/ »

12.Ахь áла : « Хьéнан /дóлахь/ ду стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг ? » .Ахь áла : « Аллах1ан /дóлахь/ ду , Цó Шéна т1едиллина /дийнатех/ къинхéтам бар . /Дéлóра/ Цó шу гулдийр ма ду шéгахь шéкó йоцучу

къéмата денна . Шаьш шайн дог1машна эшам бинарш , уьш /Дéлах/ тéшаш бац .

13.Цуьнан ду , шá бусá а , дийнахь а д1атийнарг . Иза хезаш верг , хууш верг ву .

14.Ахь áла : « Стигланаш а , латтá а кхоьллина /волу/ Аллах1 вóцург /кхин/ г1оьнча /мýха/ лóцу ас ?! Иза /ма/ ву /дийнаташна/ кхáча лург , Цунна кхáча ца ло /цхьаммó/ » . Ахь áла : « Баккъалла а соьга омру дина , шá хьалха /Дáлла/ муьт1ахь хилларг со хиларцá /а/ . Хьо ма хила /Дáлла/ дéкъахóвечáрех /áларцá а/ »

15.Ахь áла : « Баккъалла а со кхоьру - сан Далла со 1éса хилахь - доккхачу /къéмата/ дийнан 1áзапах »

16./Дáла/ Шех /и 1áзап/ д1ахьовзóр дерг /милла велахь/ , бакъ долуш Цó къинхéтам бина цуьнах . Иза билгала тóлам бу .

17.Аллáх1а хьоьх цхьа зен хьакхадалийтача , и д1аайден дерг вац , Иза /Шá/ вóцург . /ткъа/ Цó хьоьх цхьа дика хьакхадалийтача , Иза массó а х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .

18.Иза ницкъ берг ву Шен лайшна т1ехула . Иза кхéтам берг , /х1ума/ девзарг /хуург/ ву .

19.Ахь áла ; « Х1ун ду тоьшаллехь /уггар/ доккха ? » . Ахь áла « Аллах1 ву сýнá а , шунá а юккъехь /дерг хаарехь/ теш . /Дáла/ Сýна /дагчу/ хьехна х1ара къуръан , соьга цуьнца кхéрамтасийта шунá а , и /къуръан шéга/ кхаьчначуннá а . Баккъаллá а аш тоьшалла до , баккъаллá а Аллах1аца кхин дéлий хиларца ?! » . Ахь áла : « Аса-м ца до тоьшалла » . Ахь áла : « Баккъаллá а , Иза - цхьа Дéла ву . Баккъалла а со ц1ена ву аш /Цунна/ дéкъахóвечух »

20.Óха шайна жайна деллачáрна вевза и /Мухьаммад/ , шайна шайн к1ентий бовзарх терра . Шаьш шайн дог1машна эшам бинарш , уьш /цуьнах/ цатéша .

21.Мила сов зуламé , Аллáх1ана т1ехь харцó кхоьллинчул а , я Цуьнан аяташ харцдинчул а ?! Баккъаллá а зуламхой декъал хир бац .

22.Оцу /къéмата/ дийнахь Óха д1агулбийр бу уьш берриге , т1аккха Óха эра ду шаьш /Дéлаца/ декъахóвинчаьрга : « Мичахь бу шун дéкъахой , шаьш аш /шайн дéлий/ лóруш хилла болу ?! »

23.Т1аккха цéран бехказлó /бух , зер/ ца хилира шаьш áлар дóцург : « Аллáх1óра – тхан Дéлóра , тхо ма дáцара /Дáлла/ дéкъахóвийраш »

24.Хьажа , уьш шайн дог1машна харц мýха лийра ! Д1атилара цáрех цáра шá /харц/ кхуллуш хилларг .

25.Цáрех шá хьоьга ладýг1ург ву . Óха дина цéран дегнаш т1ехь пардóнаш , уьш цуьнах ца кхéтийтархьама , цéран лергашкахь къоралла /хилийтана/ . Шайна массо билгалó гичá а , уьш ца тéша цуьнах . Хьо волчу баьхкича , хьоьца къуьйсу цáра . Шаьш /Дéлах/ цатешначáра óлу : « Х1ара /ма/ дац , хьалхалéрачийн туьйранаш /дийцарш/ бен »

26./кхиберш/ Бухатýху цáра цуьнах , шаьш /а/ гéнабовлу уьш цуьнах . Цáра х1аллак /ма/ ца до , шайн дог1маш бен , шайна хаá ца луш .

27.Хьýна гича , уьш жоьжахат т1е х1иттийначу хéна , цáра элира : « Дáвис-кха тхан , тхо /дуьненчу/ духадахийтача , т1аккха óха тхан Дéлан áяташ харцдийр дáцара , муъманáхах хир дара »

28.Мелхó а /цигахь/ , цáрна гучудéлира шаьш /цул/ хьалха хьулдеш хилларг . Шаьш /юха дуьненчу/ бухабахийтачá а , уьш /т1аккха а/ бирзина хир ма бара шаьш шех бухатоьхнчуьнга , баккъаллá а уьш харцлуьйш ма бу /шаьш нислур дар áларехь/ .

29.Цáра аьлла хир /ма/ дара : « И /дáхар ма/ дац , тхан дуьнéнан дáхар бен , тхо /ма/ дац дендийр долуш » .

30.Хьýна гича , уьш шайн Дáлла хьалхá д1ах1иттийна . Цó элира : « Дац ткъа х1ара бакъдерг ? » Цáра элира : « Х1аъ , тхан Дéлóра ду » . /т1аккха/ Цó элира : « 1овша /х1инца/ 1áзап , шаьш /дуьнéнчохь Сóьх/ цатéшаш хиларна »

31.Бакъ долуш , эшамехь хили шаьш Аллах1аца цхьанакхéтар харцдинарш . Шайна ц1еххьана /къéмата дийнан/ сахьт т1ех1оьттича , цáра элира : « Байтамал-я1 , óха цу /дуьнен/ чохь йинчу ледарлонна » . Цáра д1ахьо шайн /къинойн/ маххьаш шайн баккъаш т1ехь . Вá ! Ма вон хиллакх цáра хьуш болу мохь !

32.Дуьнéнан дáхар ма дац , ловзар а , синкъéрам а бен . Ткъа эхартан х1усам тоьлуш ю шаьш /Дéлах/ кхоьручáрна . Аш ойла ца йо ?!

33.Бакъ долуш Тхýна хаъа , баккъалла а хьо г1айг1анé ма во цáра шá óлучó . Баккъалла а уьш , /шайн дагчохь/ хьо харцвеш бац , делахь а зуламхóша Аллах1ан билгалóнаш /маттаца/ къобал ца йо .

34./Дéлóра/ Бакъ долуш , Хьоьл хьалхá харцбина элчанаш , /амма/ цáра сатуьйхира шаьш харцбинчунна а , хьийзийначуннá а т1ехь , шайна Тхан г1о дáллалц . Цхьá хийцархо вац Аллах1ан дешнашна . /Дéлóра/ Бакъ долуш , хьоьга элчанийн хабар /ма/ деара .

35.Цéран д1аберзар хьýна доккха /дазделла/ хиллехь , хьан ницкъ кхáчахь ахь лаха лаьттах /ваха/ 1уьрг , я стигал /хьала вáла/ лáмú цáрна цхьана билгалонца вáрхьама . Аллах1ана лиънехь , Цо уьш гулбина хир /ма/ бара нийсачу новкъа т1ехь . /хилланé/ Ма хила сонтачáрех .

36.Баккъалла а /хьан кхайкхамна/ жопло шаьш хезаш /кхéташ/ болчáра . Ткъа /дийна боллушехь/ белларш - Аллах1а уьш /боккъал белча/ денбийр бу , цул т1аьхьа Цуьнга берзор бу .

37.Цáра элира : « Шен Дéлéра цхьа билгалó йоссийнéхьáра цунна т1е » . Ахь áла : « Баккъаллá а Аллáх1 ницкъ кхóчуш ву Шá цхьа билгалó йоссорна т1ехь , делахь а цáрех дукхахберш ца хууш бу /шаьш доьхург 1áзап хилар/ »

38.Лаьттахь /долу/ цхьá дийнат /ма/ дац , шен шина т1óмаца /шá/ т1éма дóлуш долу /стиглара/ цхьá олхазар /ма/ дац - шу санна /Дала кхоьллина/ умматаш /халкъаш/ бен . Óха /дицдина/ ца дитна жайнахь цхьá х1умá . Цул т1аьхьа уьш шайн Дéлé д1агулбийр бу .

39.Шаьш Тхан áяташ харцдинарш /шайн сонталлехь , кхéтам бáцарехь/ - /лергана/ къора , мотт /бийца/ ца хууш , бóданашкахь /б1аьрзé болчáрех тера/ бу . Шéна луург Аллах1а иза тилаво , ткъа Шéна луург – Цó иза во нийсачу новкъа т1ехь .

40.Ахь áла : « Хьýна гиний шаьш , шуна Аллах1ан 1áзап деъча , я шуна /къéмат дийнан/ сахьт деъча ?! Аллах1 вóцучуьнга кхойкху-тов аш , шу бакълуьйш хиллехь ?! »

41.Мелхó а , Цуьнга /ма/ кхойкху аш , т1аккха Цó д1аайдо аш шéга кхойкхург , Шéна лиънехь . Шуна дицло аш шá /Дáлла/ дéкъахóдийриг .

42./Дéлóра/ Бакъ долуш , Óха хьоьл хьалха а бахкийтара /кхидолчу/ умматашка /халкъашка элчанаш/ , т1аккха Óха схьалéцира уьш /дáхаран/ халонца , зенца . Уьш хила тарло /Дáлла/ хьасталуш .

43.Шайна Тхан /1áзапца шаьш/ зер деача уьш хьастабеллéхьáра ! Амма цéран дегнаш /мелхó а кхú/ ч1аг1делира , шайт1анó цáрна хаздира цáра шá деш хилларг .

44.Цáрна дицделча шéца шайна хьéхам бинарг , Óха /уьш зуьйш/ цáрна схьайиллира /дуьнéнан/ массó а х1уманан /рицкъан/ не1арш , ткъа шайна деллачух уьш баккхийбийна бохкуш , Óха ц1еххьана /1áзапца/ схьалéцира уьш . Т1аккха уьш /Тхан къинхéтамах/ догдиллина бу .

45.Т1аккха хáдийра шаьш зуламдинчу къоман т1аьхьé .Хастам бу Аллах1ана - 1áламийн Дáлла .

46.Ахь áла : « Шуна гиний /дийцийша соьга/ , Аллах1а шун хазар /лерсá/ а , шун б1аьргаш /б1аьрсá/ а д1аэцча , /иштта/ шун дегнаш т1е мух1ар а тоьхча , Аллах1 вóцург кхи муьлха дéла ву шá шуна цуьнца вог1ур верг ?! Хьажа , Óха мýха билгалдо áяташ , т1аккха а д1абоьрзу уьш »

47.Ахь áла : « Хьýна гиний шаьш , шуна Аллах1ан 1áзап деъча ц1еххьана я гуш , зуламé къам бен х1аллакдийр дуй /Цó/ ?! »

48.Óха ца бохкуьйту гéланчаш , /муъманáхана/ кхаъбоккхуш а , /керстанашна/ кхéрамтосуш а бен . Шá /Дéлах/ тешнарг а , дикадинарг а /милла велахь/- цáрна /т1едóг1учух/ кхéрам бац , /д1адаханчуна/ уьш г1айг1аеш бац .

49.Шаьш Тхан áяташ харцдинарш - цáрех 1áзап хьакхалур ду , уьш пéсакъ хиларна .

50.Ахь áла : « Ас ца бóху шоьга , соьгахь Аллах1ан хазнаш ю , сýна ца хаъа къайлé а , ас ца боху шоьга со малик ду . Со т1аьхьа ца вóзу , сайга /Дáла/ хьоьхучуннá бен » . Ахь áла : « Вуй ткъа цхьатерра б1аьзéниг а , б1аьрсагург а ? Ойла ца йо аш ?! »

51.Д1ахьéдé и шайн Дéлé д1агулбарх шаьш кхоьручáрна . Цáрна вац /цу дийнахь/ Иза вóцург цхьá вéрас а , /г1оьнна/ т1ех1уттург /шапá1атдá/ а . Уьш кхéра тарло .

52.Д1амалахка /хьайх/ шаьш 1уьйраннá а , суьйраннá а шайн Дéлé кхойкхурш , /шайн 1ибáдатехь/ шайна Цуьнан юьхь лууш . Хьýна т1ехь дац цéран хьéсапах х1уммá а . Хьан хьéсапах цáрна т1ехь дац х1уммá а . Т1аккха ахь уьш д1алаьхкича , хьо зуламхойх хир ву .

53.Иштта , Óха зийра цáрех цхьаберш вýкхарца , цаьрга áлийта : « Х1орш бу /уьш/ , Аллах1а вайна юккъехь шайна дикадинарш ?! » . Аллах1 вац ткъа вунó дика бевзаш баркаллé берш ?

54.Хьо волчу шаьш Тхан áятех тéшарш баьхкича ахь áла : « /салам/ Мáршалла ду шуна » . Шун Дáла Шéна т1едóжийна /шоьх/ къинхéтам бар . Баккъалла а шоьх шá цахаъарца вóниг /къа/ дина , т1аккха цул т1аьхьа дохкóваьлла , диканиг динарг /милла велахь/ , баккъалла а Иза /цунна/ гечдеш , къинхéтам беш ву .

55.Иштта , Óха билгалдо áяташ , къадечéран некъ билгалбáлийтá .

56.Ахь áла : « Баккъалла а сýна /Дáла/ цамагийна , ас 1ибáдат дан , аш Аллах1 вóцуш шаьш кхойкхучарна » . Ахь áла : « Со т1аьхьа ца возу шун лаъамашна . /со т1аьхьавáзахь/ Т1аккха бакъ долуш со тилавелла , нисбеллачáрех вац со »

57.Ахь áла : « Баккъалла а со , сан Дéлéра билгалонна т1ехь ву , /ткъа/ аш и /бакъдерг/ харцдира . Соьгахь дац аш /1áзапах/ шеца сихóйийриг . /цуьнан/ Кхéл яц Аллах1ан /лаъамца/ бен . Цó дуьйцу бакъдерг . Иза ву /адамийн/ юкъаметтигаш къастóчáрех тоьлуш верг »

58.Ахь áла : « Баккъалла а , соьгахь аш шéца сихóйийриг делхьáра , сýнá а , шунá а юккъерчу г1уллакхан кхел йина хир ма яра . Аллах1 т1ех дика бевзаш ву зуламхой »

59.Цунна гергахь ду къайлéнан /т1екхиаран/ дóг1анаш , уьш ца девза Цуннá бен . Цунна хаъа шá лаьттахь а , х1ордчохь а /мел/ дерг а . Цхьá г1а охьацадýжу , Цунна и хууш бен . /цхьá/ Буьртиг бац лаьттан бóданашкахь /кхуьуш/ , яц /цхьá/ т1уьнаниг /соьналла/ а , яц /цхьá/ екъаниг /йокъалла/ а билгалчу жайнахь /шá хьахийна/ йолуш бен .

60.Иза ву , Шá шу буса /нáбарца/ кхалхóриг - дийнахь аш /шайн куьйга/ гулдинарг хаъа Цунна - т1аккха Цó /дендой/ г1иттадо шу цу /дийна/ чохь , /1óжаллин/ ц1етоьхна хан кхóчуш хилийта . Цул т1аьхьа Цуьнга ду шун дерзар .Т1аккха шуна дуьйцур ду Цó аш деш хилларг .

61.Иза ву ницкъберг Шен лешна т1ехь . Цó шуна т1е дохкуьйту т1ехьожурш . Шух цхьанна т1е валар /сахьт/ деъча , Тхан гéланчаш /са ецна/ кхалхийра иза , цáра ца йо /цу т1ехь/ ледарлó .

62.Цул т1аьхьа , уьш берзийра Аллах1е - цéран бакъволчу Элéга . Вá /нах/ ! Цуьнан ю кхел , Иза ву хьесапхойх уггар чехканиг .

63.Ахь áла : « Хьá к1елхьардóхур ду шу лаьттан а , х1ордан а бóданех ?! » . Аш кхойкху Цуьнга хьасталой , къайлаха : « /Дéлóра/ Цó тхо х1окхунах хьалхадáхахь , баркаллéчáрех хир ма ду тхо »

64.Ахь áла : « Аллах1а к1елхьардóхур ду шу цуьнах а , массó сингаттамах /бáлех/ а , цул т1аьхьá а аш дéкъахóво /Цунна/ » .

65.Ахь áла : « Иза ву ницкъ кхóчург , Шá шуна т1е 1áзап дáийта шуна т1ехулá а , я шун кóгаш к1елахулá а , я шу тóбанашка кéгó /дéкъа/ а , шоьх цхьаболчарга вýкхéран бáла 1овшийтá а » . Хьажа , Óха áяташ билгала мýха до ! Уьш кхéта тарло .

66.Харцдира и /къуръан/ хьан къóмó , иза бакъдерг ду . Ахь áла : « Со вац шуна т1ехь векал /вина/ »

67.Х1óра хабаран /шá дýжу/ меттиг /хан/ ю , шуна хуур ду /и/ .

68.Хьýна гича , шаьш Тхан áяташкахь /уьш харцдарца/ дийцарé буьйлурш , д1аверза /гéнавáла/ цáрех уьш и дóцуш кхин къамел дийцарé бовллалц . Хьýна шайт1анó /и/ дицдахь , хьо охьа ма хаийла /хьайна и/ дагадеанчул т1аьхьа зуламéчу къóмаца цхьана .

69.Шаьш /Дéлах/ кхоьручарна т1ехь /ма/ дац , цéран хьéсапах х1уммá а , делахь а /цáрна т1ехь дерг и/ хьахор ду . /т1аккха/ Уьш кхéра тарло .

70.Бита шаьш шайн динах ловзар , синкъéрам бинарш а , дуьнéнан дáхарó шаьш 1éхийнарш а . Хьéхам бé /цáрна/ цуьнца /къуръанца/ , /адаман/ са /жоьжахат/ чудоллалé шá гулдинарг бахьан долуш . Цуьнан вац Аллах1 вóцург вéрас а , вац т1ех1уттург /шапá1атдá/ а . Цó белча /шá к1елхьардáла/ массо а маха , схьаоьцур /къобал бийр/ бац и цуьнгара . Уьш - шаьш /жоьжахат/ чубоьхкинарш бу , шаьш /вóчух/ гулдинарг бахьан долуш . Цáрна /шá/ кхоьхкучух малар а , лазош долу 1áзап а ду , уьш /Дéлах/ цатéшаш хиларна .

71.Ахь áла : « Вай /мýха/ кхойкху ткъа Аллах1 вóцуш , шá вайна пайда ца бийриг а , вайна зен ца дийриг а ?! Вай духадерзадо /ткъа керстаналлé/ Аллах1а вай нисдинчул т1аьхьа ?! Шá шайт1анаша лаьттахь тилийнарг /1éхийнарг/ санна хьéрé /воьхна/ хилла , шен нáкъостий болуш шéга нийсачу новкъа кхойкхуш : « Cхьавóла тхýна т1е ! » . Ахь áла : « Баккъаллá а Аллах1ан нийса некъ - и бу нийса некъ . Тхоьга омру дина , тхо 1аламийн Дáлла муьт1ахь хиларца ,

72.лáмаз /х1отта/ дé , кхéра Цуьнах /áларца/ » . Иза ву , Шá шу Шéга д1агулдийр дерг .

73.Иза ву , Шá стигланаш а , латтá а бакъонца /нийсонца/ кхоьллинарг . Оцу /къемата/ дийнахь Цо эра ду : « Хила ! » , т1аккха хир ду /шá Цунна мел лиънарг/ . Цуьнан дош /сецна даьлла/ бакъдерг ду . Цуьнан ду паччахьалла /óлалла/ , зурманчу « х1уп » óлучу дийнахь , къайлаха дерг , гуш дерг хууш ву /И/ . Иза ву кхéтам берг , /массó х1ума/ девзаш верг .

74.Ибрах1има шен дéга Áзарé элира : « Ахь лоьцу ткъа ц1уйш дéлий /бина/ ?! Баккъаллá а сýна го хьó а , хьан къам а билгалчу тиларчохь »

75.Иштта , Óха гойту Ибрах1имна стиглашин а , лаьттан а óлалла /билгалонаш/ , иза хилийта доггах тешначáрех .

76.Шéна т1ехь буьйса йоьлча /1аржелча/ , сéда гира цуна , /т1аккха/ цó элира : « Х1ара ву-кх сан дéла » .Ткъа и д1атилча /къайлабаьлча/ , цо элира : « Сýна ца бéза д1атуьлурш »

77.Шéна схьакхетна бутт гича , цó элира : « Х1ара ву-кх сан дéла » . Ткъа и д1атилча /къайлабаьлча/ , цо элира : « Сан Дáла со нис ца вахь , со хир ма ву тиллачу къóмах »

78.Шéна схьакхетна малх гича , цó элира : « Х1ара ву-кх сан дéла . Х1ара /цáрел/ воккха ву » . Ткъа и д1атилча /къайлабаьлча/ , цо элира : « Х1ай сан къам ! Баккъаллá а со ц1ена /ма/ ву аш /Дéлаца/ декъахóвечух .

79.Баккъаллá а , ас ерзийна сан юьхь , Шá стигланаш а , лáттá а кхоьллинчуьнга /Дéла цхьаъваре/ тевжина . Со /ма/ вац /Дáлла/ дéкъахóвечáрех »

80.Цуьнан къóмó къевсира цуьнца . /т1аккха/ Цó элира : « Аш соьца /х1унда/ къуьйсу ткъа Аллах1ан /цхьаллин/ хьокъехь , бакъ долуш Цó нис ма вина со . Со ца кхоьру аш шéца /Дáлла/ дéкъахóвечух , сан Дáлла цхьа х1ума лаъар дóцург . Сан Дáла массó х1ума чулаьцна /цуьнах дерг/ хаъарца . Ойла ца йо аш ?!

81.Со мýха /х1унда/ кхоьру аш дéкъаховинчух , шý а ца кхоьрий , баккъалла а шаьш Аллах1ана дéкъахóварна , Цó шéца шуна т1е бух ца боссийнарг ?! Муьлханиг ю ткъа /оцу/ шина тóбанах /шá/ маьршонца хьакъ ерг , шу хууш хиллехь ? »

82.Шаьш /Дéлах/ тешна , шайн ийман зуламца ца эдинарш , уьш - цáрна /къéмат дийнахь/ маьршо ю , уьш - нийсачу новкъахь берш бу .

83.Иза Тхан бух бу , Óха шá Ибрáх1имна шен къóман т1ехь белла /болу/ . Óха айдо Тхайна луучун даржаш . Баккъаллá а хьан Дéла кхéтам берг , хууш верг ву .

84.Óха велира цунна , шен воккхаллин т1ехь Исхьакъ а , Я1къуб а . Массо а нисбира Óха /нийсачу новкъа/ . Нýхь а нисвира Óха /Ибрах1имал// хьалха . Цуьнан т1аьхьéнах ву Дáвуд а , Сулаймáн а , Аюб а , Юсуп а , Х1áрýн а . Иштта бéкхам бо Óха дикадéчáрна .

85.Закариййá а , Яхьйá а , 1ийсá а , Ильйáс а - /уьш/ массó а дикачáрех бу .

86.Исмá1ил а , Альяса1 а , Юнус а , Лýт1 а - /уьш/ массó а вазвина /хаьржина/ Óха 1áламашна т1ехь .

87.Цéран дайх а , цéран т1аьхьéнех а , цéран вежарех а /массáрех/ . Óха хаьржина уьш /пайхамараллийна/ , нисбина уьш нийсачу новкъа т1е .

88.Иза Аллах1ан нийса некъ бу , Цó Шен лешха Шéна луург шéца нисвеш /болу/ . Цара /Дáлла/ декъахóвинéхьáра , эрна довр дара цáра шá деш хилларг .

89.Уьш , шаьш Óха шайга жайнá а , кхел /кхéтам/ а , пайхамараллá а делларш бу . Х1орш цáрех ца тéшахь , бакъ долуш Óха цаьрца векал дина , цáрех цатéшаш доцу къам .

90.Уьш - шаьш Аллах1а нисбинарш бу . Цéран нийсачу новкъана т1аьхьавáза ! Ахь áла : « Ас ца боьху шоьга цу т1ехь мáх . И /кхайкхам ма/ бац , 1áламашна хьéхам бен » .

91.Цáра ца вазвира Аллах1 , Шá вазван хьакъ волчу бáрамехь . Цáра элира : « Аллах1а ца доссийна цхьанá адамна т1е цхьá х1ума » . Ахь áла : « Хьá доссийна ткъа , /шá/ нáхана серлó а , нийса некъ а хилла шéца Мýсá веъна долу /Таврат/ жайна ? Аш /схьаяз/ до цуьнах /шайна/ тептарш /дакъош/ , шаьш цхьадерг гучудоккхуш , дукхахдерг къайладоккхуш . Шуна /Дáла цу чохь/ 1áмийра шá шуна а , шун дайшна а цахиънарг » . Ахь áла : « Аллáх1а /доссийна и/ . Т1аккха бита уьш шайн харцóнчохь /тиларчохь/ ловза »

92.Х1ара - беркатé , шел хьалхарниг бакъдеш /долу/ жайна /къуръáн/ ду , Óха шá доссийна , хьоьга яртийн нáннá /Макка шахьарнá/ а , цунна гóнахарчáрнá а /и/ д1ахьéдайтархьама . /ткъа/ Шаьш эхартах тéшарш - цуьнах тéшаш бу , уьш шайн лáмаз /хéнан дóзанаш/ лардеш бу .

93.Мила ву сов зуламé , Аллах1ана т1ехь харцó кхоьллинчул а , я /шá/ аьллачул а : « Сýна /Дáла/ дагчухьехна » , шéна /Дáла/ дагчухьехна х1уммá доцушнехь . /иштта/ Шá аьлла : « Асá доссор ду /иза-м/ , Аллáх1а шá доссийнарг саннарг » . Хьýна гича /и/ зуламхой баларан саийзóрашкахь /халóнашкахь/ , /1áзапан/ малийкаш /цáрна тóхарца/ шайн куьйгаш д1ахецна /шаьш óлуш/ : « Áрадáха шайн синош ! Тахана шуна /Дала/ бéкхам бийр бу сийсазаллин 1áзапца , аш Аллах1ана т1ехь бакъ дóцург óлуш хиларнá а , аш Цуьнан áяташна /билгалóнашна/ куралла еш хиларнá а »

94./Дéлóра/ Бакъ долуш , шу даьхки Тхýна т1е цхьацца-цхьацца , Óха шу дуьххьара ма-кхоллара . Аш дити Óха шайна /дуьнéнан зовкхех/ магийнарг /делларг/ шайн баккъашна т1éхьá /шайл т1аьхьа/ . Тхýна-м ца го шоьца /цхьана/ шун т1éх1иттархой /шапá1атдай/ , шаьш шуна хетна /болу/ баккъалла а уьш шайлахь /Аллах1ан/ дéкъахой бу . /Дéлóра/ Бакъ долуш д1ахéдира шуна юккъéра /уьйр/ , д1атилира шоьх шуна хéташ хилларг .

95.Баккъаллá а Аллах1 - буьртиг а , х1у а кхуллург /óраматех схьадóлуьйтург/ ву . Деллачух дийнадерг áрадоккху Цó , дийначух делларг áрадоккху Цó . Иза ву шуна Аллах1 . Шу мýха д1адерзадо /бакъдолчух харцонга/ ?

96.Сатасар кхуллург ву /Иза/ , буьйса йина Цó /нáхана/ сада1арна /синтéмана/ , малх а , бутт а /лéлаш бу Цуьнан/ хьéсапца . Иза сийлахьчун , хуучун бáрам бу .

97.Иза ву Шá шуна /стиглахь/ сéдарчий хилийтанарг , шу цаьрца /нийсачу новкъа/ нисдалийта лаьттан а , х1ордан а бóданашкахь . Бакъ долуш , Óха билгалдина áяташ /бакъдерг/ хуучу /девзачу/ нáхана .

98.Иза ву Шá шу /дуьххьара/ кхоьллинарг цхьана дéг1ах , /нéна кийрахь/ сецнарг ду , /букъсуьртахь/ д1адиллинарг ду . Бакъ долуш , Óха билгалдина áяташ /Тхан къамéлах/ кхéтачу нáхана .

99.Иза ву Шá стиглара /дог1ан/ хи доссийнарг . Т1аккха Óха áрадаьккхира цуьнца массó х1уманан óрамат . Óха áраяьккхира цуьнах сéналла . /т1аккха/ Óха цуьнах áрадóху т1éк1ел /долу/ буьртигаш /х1уш/ . Хурманех - цéран ч1енигех /а кхиадо Óха схьадáха луучунна/ гергадаьхкина /охкаделла/ кéнаш , /кхиайо/ кемсийн , зайт-диттийн , нáрийн бошмаш а , /вовшах/ тера ерш а , тера йóцурш а . Хьовса цуьнан стоьмé а , цó /и/ латийча , цуьнан мадбаларé а ! Баккъаллá а цу /масалшна/ чохь /Цуьнан ницкъаллин/ билгалóнаш ма ю /Дéлах/ тéшачу къóмана .

100.Жинаш Аллáх1ана дéкъахой дира цáра , Цó кхоьллина /долушнéхьа/ уьш . Шайггара /харцó/ кхоьллира цáра Цунна к1ентий а , йо1арий а /бу Дéлан аьлла , шаьш óлучун чулацам/ хаъар /шаьш дуьйцучух кхéтар/ дóцуш . Ц1ена ву Иза , лакхаваьлла /Иза цáра /Шéна/ х1оттóчу вастах .

101.Стигланаш а , лáттá а кхоьллинарг ву /Иза/ . Мýха хуьлу Цуьнан доьзалхó , зуда ма ца хилла Цуьнан /я хила йиш ма яц/ ? Массó х1ума кхоьллина Цо . Массó х1ума хууш ву Иза .

102.Иза ву Аллах1 - шун Дéла , кхин дéла вац И вóцург , массó х1ума кхуллуш верг /ву И/ , 1ибáдат дé Цунна ! Иза ву массó х1уманна т1ехь 1уналхó .

103.Б1аьрсаш /хьéкъалш/ т1е ца кхуьу Цунна , Иза кхуьу б1аьрсашна т1е . Иза - т1екарéниг /къинхéтамéниг/ , хуъург ву .

104.Бакъ долуш , билгалóнаш яьхкира шуна шайн Дéлéра . Шá /уьш/ гинарг /цáрех кхетнарг милла велахь/ , /дика/ шен дéг1ана /цунна шéна/ ду . /ткъа/ Шá /цáрех/ б1аьрзé хилларг /милла велахь/ , /зен а/ цунна т1ехь ду . Со /ма/ вац шуна т1ехь г1áрол /лардархó/ .

105.Иштта , Óха билгалдо áяташ , цáрга áлийтá а : « /хьайл хьалхарчéран жайнаш чуьра/ Дешна ахь /х1ара/ » , Тхаьш и билгалдархьамá а хуучу къóмана /нáхана/ .

106.Т1аьхьавáза хьан Дéлéра хьайна дагчухьехначунна ! Кхин дéла вац Иза вóцург . /1аддабитé/ Д1аверза /Дáлла/ дéкъахóвечáрех .

107.Аллах1ана лиънехьáра , /Цуна/ дéкъахóвийр вáцара цáра . Óха хьо ца вина цáрна т1ехь г1áрол . Хьо вац цáрна т1ехь 1уналхó .

108.Шу ма лé , цáра Аллах1 витина шайга кхойкхучáрна , т1аккха уьш Аллах1ана луьйр /ма/ бу /цул/ т1ехбоьвлла /совбоьвлла , шайгахь/ хаъар дóцуш . Иштта , Óха хазйина массо умматна шайн 1амал , цул т1аьхьа шайн Дéлé ю цéран боьрзийла , т1аккха Цó дуьйцур ду цáрна , цáра шá деш хилларг .

109.Аллах1аца шайн ч1óг1а дуйнаш биира цáра : « /Дéлóра/ шайна цхьа /му1жизат тайпа/ билгало яг1ахь , шаьш цуьнах тéшар ма ду » - /аьлла/ . Ахь áла : « Баккъаллá а билгалóнаш Аллáх1ана гергахь ю » . Сте хоуьйту шоьга /цéран иймáнах дерг ? Баккъалла а уьш /билгалóнаш/ яьхкича а уьш тéшар бац .

110.Óха керчадо цéран дегнаш а , б1аьрсаш а , уьш цуьнах /Дáла доссийначух/ дуьххьара /дуьнéнахь/ ма-цатешшара . Óха буьту уьш шайн т1ехбийларчохь /тиларчохь/ боьхналéлаш .

111.Баккъаллá а , Óха цáрна /т1е/ малийкаш диссийнéхьáра а , /я/ цáрга белларш /Тхан элчанаш бакъбеш/ бистхиллéхьáра а , /я/ Óха цáрна хьалхá массó х1ума гулдинéхьáра а уьш тéшар ма бáцара , Аллах1ана лиъча бен . Делахь а цáрех дукхахберш сонта бу .

112.Иштта , Óха вина массó пайхамарна мостаг1 - адамех а , джинех а /долу/ шайт1анаш . Цáрех цхьадолчáра вýкхаьрга хьоьху хаздина къамел /уьш/ 1éхорхьама . Хьан Дáлла /и сацó/ лиънéхьáра , дийр дáцара цáра и . Бита уьш а , цáра шá харц кхуллург а .

113.Эхартах цатéшачéран дегнаш цуьнга товжийтá а , уьш цунна рéзахилийтá а , цáра /къинойх/ шá дийриг цáьрга /кхи д1á а/ дайтийтá а .

114./вайна юккъехь/ Аллах1 вóцург кхéлахó /хьукмандá/ /мýха/ лаьа ткъа сýна ? Иза /ма/ ву Шá шоьга жайна доссийнарг /шá/ билгалдина /даьстина долуш/ . Óха шайга жайна делларш хууш бу , баккъалла а иза , хьан Дéлéра бакъонца доссийна хилар . Хьо ма хуьлийла шекболчáрех !

115.Хьан Дéлан дош кхóчуш хилла /áларехь/ бакъхиларца а , /кхел ярехь/ нийсахиларца а . Цхьá хийцархó вац Цуьнан дешнашна . Иза хезаш , хууш ву .

116.Лаьттахь дукхах болчарна хьо муьт1ахь хилахь , цáра хьо тилор ву Аллах1ан новкъах . Уьш т1аьхьа ца х1уьтту /шайна/ моттарнá бен . Уьш бац , харцлуьйш /хéташ/ бен .

117.Баккъаллá а хьан Дéла - Иза т1ех дика хууш ву , Шен новкъах мила туьлу , Иза т1ех дика хууш /бевзаш/ ву /нийсачу новкъа/ нисбелларш .

118.Аш даъа /урс хьокхуш/ шéна т1ехь Аллах1ан ц1е хьахийначух , шу хиллехь Цуьнан áятех тéшарш !

119.Аш х1унда ца дуъу шéна т1ехь Аллах1ан ц1е хьахийначух ?! Бакъ долуш Цó шуна билгалдина Шá шуна хьармдинарг , шу /ца диъча/ ца девлла дерг доцург /ткъа иза магийна Цó шуна/ . Баккъаллá а дукхачáра /нах/ тила ма бо шайн /дéг1ан/ лаъамашца /шайгахь/ хаар дóцуш . Баккъаллá а хьан Дéла - Иза т1ех дика бевзаш ву /харцóнехь/ т1ехбуьйлурш .

120.Аш дита къинах гушдерг , цуьнах къайлах дерг . Баккъаллá а шаьш къа /гул/ дийраш /муьлш белахь/ , цáрна /Дáла/ бéкхам бийр бу цáра шá деш хиллачуьнца .

121.Аш ма даъа шéна т1ехь Аллах1ан ц1е ца хьахийначух . Баккъаллá а иза пéсакъалла ю . Баккъалла а шайт1анаша шайн гергарчаьрна /доттаг1ашна/ дагчухьоьху /и/ , цаьрга шоьца къийсийтархьама . Шу /Дáла бохург дитана/ цáрна муьт1ахь хиллехь , баккъаллá а шу /Дáлла/ дéкъахóвийраш ма ду .

122.Шá /бакъдолчух/ велла хилла , т1аккха Óха шá /ийманца/ денвина , Óха шéна /къуръáнан/ серло хилийтина , цуьнца нáхалахь лéларг , тера ву ткъа шен масал шайна чуьра áравер вóцучу /тиларан/ бóданашкахь долчух ?

123.Иштта , Óха хилийтина массó юьртахь , цéран къинош лéтóчéран баккхийнаш /коьртаберш/ , цаьрга мéкарлó яйтархьама цу чохь . Цáра мéкарлó ца йо шайн дог1машнá бен , /делахь/ царна ца хаъало /и/ .

124.Шайга цхьа билгалó еъча , цáра элира : « Тхо тéшар ма дац , Аллах1ан элчанашна делларг /деънарг/ тхайна даллалц » . Аллах1 т1ех дика хууш ву , Шá Шен элчаналла мича /хьаьнга/ дуьллу . Шаьш /куралла ярца/ къинош динчáрех кхуьур ю /къéмат-дийнахь/ Аллах1ан гергахь сийсазалла а , цáра мéкарло еш хиларна ч1óг1а 1áзап а .

125.Аллáх1ана шá нисван луург милла велахь , цуьнан кийра боьллу Цó ислáмана . /ткъа/ Цуна шá тило луург милла велахь , цуьнан кийра бо Цó готта , хорамехь , шá стигал хьалавóлучух терра . Иштта , Аллах1а вóн /1áзап/ хуьлуйту шаьш цатéшачáрна т1ехь .

126.Х1ара хьан Дéлан некъ бу , /шá/ нийса болу . Бакъ долуш , Óха билгалдина áяташ кхéтачу /хьéкъалечу/ къóмана /нáхана/ .

127.Цáрна - маьршóнан /беркатан/ х1усам ю шайн Дáлла гергахь /ялсаманахь/ . Иза /хир/ ву цéран 1уналхó /вéрас/ , цáра /дуьнéнахь/ деш хиллачунна /дуьхьал/ .

128.Уьш берриге д1агулбечу /къемат/ дийнахь /кхойкхур ду/ : « Х1ай жиний пхьоьха ! Бакъ долуш аш адам дукха /тила/ ди » . Адамех цéран доттаг1аша элира : « Х1ай тхан Дéла ! Тхоьх цхьаболчáра вýкхáрах зовкх хьегна . Тхо кхаьчна тхан хéнé /1óжаллé/ , шá Ахь тхýна тоьхна йолу » . Цó /Дáла/ элира : « Жоьжахати ю шун доьрзийла /х1усам/ , /шаьш/ цу чохь гуттар лаьтташ . Аллах1ана лиънарг доцург » . Баккъаллá а хьан Дéла кхéтам берг , хууш верг ву .

129.Иштта , цхьаболу зуламхой вýкхéран гергара бо Óха , цáра /гул/ деш хиллачунна /дуьхьал/ .

130. « Х1ай жиний , адамин пхьоьха ! Шуна ца баьхкина /ткъа/ шоьх /болу/ элчанаш , шуна Сан áяташ дуьйцуш , х1окху шун /къемат/ денна /шу/ дуьхьал кхéтар /хилар/ шуна д1ахьéдеш ? » . Цáра элира : « Óха тоьшалла /мук1арлó/ дина тхан дог1машна т1ехь » . Дуьненан дахарó 1éхийра уьш , шайн дог1машна т1ехь тоьшалла дира цара , баккъаллá а шаьш /бакъдолчух/ цатешнарш хиларца .

131.Иза , хьан Дáла зуламца ярташ х1аллак еш ца хилар /ду/ , цéран бáхархой чидамзá болуш .

132.Массéран а /шайн/ даржаш ду , цáра шá динчух . Хьан Дéла /ма/ вац , цáра дечух чидамза /и цахууш/ .

133.Хьан Дéла /Шéх/ кхáчамé верг /цхьангé хьаштвóцург/ , /Шéца/ къинхéтам берг ву . Шéна лаъахь шу д1á а тилийна /д1á а кхалхийна/ , шоьл т1аьхьа Шéна луург /адам/ дуьтур ду Цó . Шá шу ма-кхоллара кхéчу къóман т1аьхьéнах .

134.Баккъалла а , шуна шéца ч1áг1ó йийраг /шуна т1е/ дóг1ур ма ду . Шу /ма/ дац /и Дéла/ г1óрасиз вийра волуш .

135.Ахь áла : « Х1ай сан къам ! 1амал йé аш шайн хьóла т1ехь , баккъаллá а сó а ву /сайн/ 1амал еш , т1аьхьа хуур ду шуна , /вайха/ мила ву шéна /эхартан/ х1усаман /дика/ чаккхé хир ерг . Баккъаллá а , зуламхой декъал ца хуьлу » .

136.Цáра дира Аллах1ана , Цó óраматех /хасстоьмех , стоьмех/ а , хьайбанех а кхоьллинчух дáкъа . Цáра элира : « Х1ара Аллах1ана ду » - шайна хéтарехь - « х1ара вайн дéкъахошна ду » . Цéран дéкъахошна хилларг Аллáх1é ца кхóчу , /ткъа/ Аллах1ана хилларг - иза кхóчу цéран дéкъахошка . Ма вон хилла-кх цáра йеш йолу кхел .

137.Иштта , цéран дéкъахóша /шайт1анаша/ хаздира /Дáлла/ декъахóвечáрех дукхахболчáрна шайн бéраш дайъар , уьш х1аллакбархьамá а , цáрна шайн дин кéгорхьамá а . Аллах1ана лиънехь цáра дийр дáцара и . Бита ахь уьш а , цáра шá /харц/ кхуллург а .

138.Цáра элира : « Х1ара хьайбанаш а , óраматаш а дихкина /ца магийна/ ду , уьш дуур дац вайна луучó бен » - шайн хéтарехь . Шайн баккъаш хьáрамдина хьайбанаш ду , /урс хьокхуш/ шайна т1ехь цáра Аллах1ан ц1е ца йоккхуш хьайбанаш ду, Цунна т1ехь харцó кхоллархьама .

Цо цáрна бекхам бийр бу , цáра шá /харц/ кхуллуш хиллачуьнца .

139.Цáра элира : « Х1окху хьайбанийн кийрахь дерг дерриг /ц1енна/ вайн бóжаршна /хьáнал/ ду , вайн зударшна хьарамдина ду » . /ткъа/ Иза къéелла /х1ума/ хилахь , т1аккха уьш цуьнгахь дéкъахой бу . Цó бекхам бийр бу цáрна шайн хáрцлерна . Баккъаллá а Иза кхéтам берг , хууш верг ву .

140.Бакъ долуш эшамехь хилла , /шайн/ сонталлийна , /шайгахь/ хаъар доцуш шаьш шайн бéраш дайъанарш а , Аллах1а шайна делла рицкъа хьáрамдинарш а , Аллах1ана т1ехь харцó кхоллархьама . Бакъ долуш , тилла уьш , /нийсачу новкъа т1ехь/ нисбелларш ца хилла уьш .

141.Иза ву Шá кхоьллинарг текхна бошмаш а , текхна йóцурш а , хурманаш а , шен стоьмаш бáшха-бáшха долу óраматаш а , зайт-дитташ а , нáраш а , тера ерг а , тера йóцург а . Даъа цуьнан стоьмех , цó /уьш/ латийча , д1алó цуьнан хьакъ /закат/ и /ялта/ хьокъучу дийнахь . /бáрамал/ Т1ехмадийла , баккъалла а Цунна цабéза т1ехбуьйлурш .

142./Цó кхоьллина/ Хьайбанех мохь хьýраш а , /хаспана йойъурш а , шен ц1óканаш/ к1ел тосурш а . Даъа Аллах1а шайна деллачу рицкъанах , т1аьхьа ма х1итта шайт1анан ларашна . Баккъалла а и , шуна билггала мостаг1 ду .

143.Барх1 кéпарá /стé-боьршá/ а , уьстаг1ех /стé-боьрша/ шиъ , гéзарех шиъ . Ахь áла : « /уьстаг1ех , гéзарех/ Боьрша шиъ хьáрам дина Цó /шуна/ , я /цáрех/ стé шиъ /дина/ , я шина стéчун кийранаша чулаьцнарг /дина/ ? Дийцийша соьга /цуьнах дерг/ 1илманца /дустé/ , шу бакълуьйш хиллехь ! »

144.Эмкалех /стé-боьрша/ шиъ , бежанех шиъ . Ахь áла : « Боьрша шиъ хьáрам дина Цó /шуна/ , я /цáрех/ стé шиъ /дина/ , я шина стéчун кийранаша чулаьцнарг /дина/ ? Шу тéшаш /х1иттина/ дара /тов/ , Аллах1а шайна х1окхунца весет дечу хéна ? Мила /хир/ ву /тé/ сов зуламé Аллах1ана т1ехь /оцу кéпара/ харцó кхоьллинчул а , /шéгахь/ 1илмá дóцуш нáх тилорхьама ?! Баккъалла а Аллах1а ца нисдо зуламé къам .

145.Ахь áла : « Сýна ца карадо сайга /Дáла/ хьехначуьнгахь , дуучунна шá и дуург хьáрамдина , и /дуург/ къéелларг , я 1áнийна ц1ий , я хьакхин жижиг хилча бен - ткъа и баккъалла а боьха ду - я шéна Аллах1ан ц1арца дóцуш урс хьаькхна /долу/ пéсакъалла /къилахь дерг бен/ . Ткъа шá ца ваьлла харцó еш а , т1ехвóлуш а дóцуш /диънарг/ , баккъалла а хьан Дéла /цунна/ гечдеш , къинхéтам беш ву .

146.Шаьш жуьгтийн динé боьвллачáрна /йаъа/ хьáрамйира Óха массó берг /болуш/ ерг , /ткъа/ бежнех а , уьстаг1ех а Óха цáрна хьáрамйира цéран махьарш , цаьршиннан баккъаш яьхьнарг /цáрех леттарг/ а , чóкóнех леттарг а , даь1ахках ийнарг а йоцург . И бéкхам бира Óха цáрна цéран зулам бахьанехь . Баккъалла а Тхо бакълуьйш ма ду .

147.Ткъа цáра хьо /ахь деанчуьнгахь/ хáрцвинехь , ахь /цаьрга/ áла : « Шун Дéла шуьйра къинхéтам болуш /ма/ ву . Цуьнан ницкъ /цхьаммó/ бухацатýху къадечу къóмах /Цó цáрна та1зар деш/ » .

148.Шаьш /Дáлла/ декъахóвинчáра эра ду : « Аллах1ан лиънехь /Цунна/ дéкъахóвина хир вáцара óхá а , вáцара тхан дайшá а , /иштта/ óха цхьá х1ума хьáрамдинá хир дáцара » . Иштта /х1окхáра санна/ цáрел хьалхарчáрá а харцбира /шайн элчанаш/ , шаьш Тхан ницкъ /1áзап/ 1овшшалц . Ахь áла : « Дуй шоьгахь /х1ара/ хаар , /делахь/ т1аккха аш Тхýна и гучудоккхуш . Шу т1аьхьа ма цадóзу моттарнá /хéтарна/ бен , шу ма дац харцлуьйш бен .

149.Ахь áла : « Аллах1ан /цу т1ехь/ кхоччуш бух бу . Шéна лиънехь Цó шу нисдина хир ма дара дерригé »

150. Ахь áла : « Схьабáлабé шайн тéшаш , баккъалла а Аллах1а х1ара /яар/ хьáрамдина хиларца шаьш тоьшалла дийр долуш болу ! Ткъа цáра тоьшалла дахь , ахь ма дéлахь цаьрца /и харц/ тоьшалла , хьо т1аьхьа ма х1отталахь шаьш Тхан áяташ харцдинчéран а , шаьш эхартах ца тéшачéран а лаамашна . Уьш бу /уьш ц1уй/ шайн Дéлах тарбийраш »

151.Ахь áла /цаьрга/ : « Схьадуьйла , ас шуна доьшур /довзуьйтур/ ду шун Дáла шуна хьáрамдинарг : аш Цунна дéкъахó ца вар , дéца-нéнаца дикахилар , къоьллах /кхоьруш/ аш шайн бéраш ца дайъар - шунá а , цáрнá а рицкъа лурш Тхо ду - боьха /дастамé , маьттаза/ х1уманашна шу герга ца дахар , цáрех гучудаьллачуннá а , цáрех къайладаьллачуннá а , /цхьá/ дег1 ца дер , шá /дер/ бакъонца дóцуш Аллáх1а хьáрамдина долу . И /хьахийнарг/ ду шуна Цó шуна шéца весет динарг . Шу хьéкъалé хила мега .

152.Шу герга ма г1óлаш бóбéран бáхамна , шá /цунна/ и г1олий долчуьнца бен , иза шен ч1áг1аллé /андадáларé/ кхáччалц , лéладé дустар а , óзар а /кхоччуш/ нийсонца . Óха /цхьанá/ дéг1ана т1ецадуьллу цуьнан ницкъ кхóчург бен . Шаьш дистхилча /тоьшалла дича/ нийсó éлаш /бакълéлаш/ , и гергара велахь а . Аллах1ан весет кхочуш дéлаш . И /хьахийнарг/ ду шуна Цó шуна шéца весет динарг . Шуна дагадáн мега .

153.Баккъалла а х1ара - сан некъ бу , /шá/ нийса /берг/ , цунна т1аьхьадáза , шу т1аьхьа ма дáза /тиларан/ нéкъашна , т1аккха цáра шу д1акъастор ду Цуьнан /динан/ новкъах ! И /хьахийнарг/ ду шуна Цó шуна шéца весет динарг . Шу кхéра мега

154.Т1аккха , Óха делира Мýсáга жайна , шá дикадинчун /зовкх/ кхочушдан а , массó х1ума билгалдан а , нийса некъ а , къинхéтам /хилийтá/ а . Уьш шайн Дáлла дуьхьалкхéтарх тéша мега .

155.Х1ара /къуръан/ - Óха шá доссийна беркатé жайна ду , цунна т1аьхьадáза , /Дéлах/ кхéра . Шоьх къинхéтам бан мега .

156./Óха и доссийна/ Шоьга ца áлийта : « Баккъалла а /тхýнá а дóцуш/ тхоьл хьалхарчу шина тóбанна т1е доссийна /Дáла/ жайна , /ткъа/ тхо баккъалла а уьш дéшарх /1áморх/ чидамза ма ду »

157.Я шоьга ца áлийта : « Баккъалла а тхýна т1е жайна доссийнéхьáра , тхо цáрел /сов/ нисделла хир ма дара » . /шу бакълехь/ Бакъ долуш , шоьга /ян ма/ еъна шун Дéлéра билгалó а , нийса некъ а , къиинхéтам а . Мила ву ткъа сов зуламé /шá/ Аллах1ан áяташ харцдинчул а , цáрех д1авирзинчул а ? Óха бéкхам бийр /ма/ бу шаьш Тхан áятех д1абоьрзучáрна вóчу 1áзапца , уьш д1абоьрзуш хиларна .

158.Шайна /саоьцу/ малийкаш дахкарé , я хьан Дéла /шайна 1áзапца/ вáрé , я хьан Дéлан цхьайолу билгалóнаш яхкарé бен хьоьжий уьш ? /ткъа/ Хьан Дéлан цхьайолу билгалóнаш йог1учу дийнахь , /цхьанá/ дéг1ана /синна/ пайда бийра /ма/ бац цуьнан /оцу хéнахь/ тéшарó , /цул/ хьалха шá тешна ца хиллачу , я шен тéшарехь шá диканиг /догц1аналла/ гулдина ца хиллачу . Ахь áла /цаьрга/ : « Хьéжа шу /цаьрга/ , баккъалла а тхó а ду хьоьжуш »

159.Баккъалла а шайн дин а декъна /бéкъабелла шайх/ тóбанаш хилларш , хьо цáрех /жоьпаллехь/ вац /хьýна цхьанá/ х1уманехь . Баккъалла а цéран болх Аллах1é бу , т1аккха /эхартахь/ Цó цáрна /бéкхамца/ д1ахоуьйтур ду цáра шá деш хилларг .

160.Шá диканца веънарг /милла велахь/ , цунна - цуьнга терра итт /дика/ ду , шá вонца веънарг - цунна бéкхам ца бо цуьнга терра /вó/ чуьнца бен , /Дáла/ цáрна зулам ца до .

161.Ахь áла : « Баккъалла а сан Дáла со нисвина нийсачу новкъа - нийсачу динé , /Дéла цхьаъварé/ туьйжучу Ибрах1иман динé , /ткъа/ иза ца хилла /Дáлла/ дéкъахóвечáрех » .

162.Ахь áла : « Баккъалла а сан лáмаз , сан 1ибáдат , сан дáхар , сан валар - Аллах1ан /доьхьа/ ду , 1áламин Дéла волчу .

163.Дéкъахó вац Цуьнан . Цуьнца омру дина соьга , /х1окху уммат/ бусалбанех хьалхарниг со ву » .

164.Ахь áла : « Аллах1 вóцург /кхин/ дéла /мýха/ лоху ас , Иза /ма/ ву /ткъа/ массó х1уман Дéла ?! Х1óра дéг1ó /къа/ ца гулдо шéнá т1ехь /цуьнан бекхам хир болуш/ бен . Хьучó хьýр ма бац кхéчуьнан /къин/ мохь . Цул т1аьхьа шайн Дéлé ду шун дерзар , т1аккха Цó д1ахоуьйтур ду шуна шу шéгахь дéкъалуш /къесташ/ хилларг » .

165.Иза ву Шá шу лаьттан вéрасаш хилийтинарг а , шоьх цхьаберш вýкхáрна т1ехь даржашкахь айбинарг а , Шá шуна деллачуьнгахь шу зерхьама . Баккъалла а хьан Дéла та1зарехь чехка /ма/ ву . Баккъалла а Иза гечдийриг , къинхéтамéниг ма ву .





7 - Сурат Альа1рáф /Óганаш/

/Маккахь доьссина ‚ 206 аят ду/

Аллáх1а ц1арца дóзадóцуш шортá а , дáимнá а болу къинхéтаман Дá волчу




1.Алиф-лáм-мúм-сóд /Аллах1 т1ех дика хууш ву цáрех Шéна луург/

2./х1ара/ Хьоьга /хьан Дéлéра/ доссийна жайна ду , цуьнах гаттó /халó/ ма хулийла хьан кийрахь , /Оха и доссийна/ хьоьга цуьнца /керстанашна/ кхéрам тасийта /хьоьга и д1ахьéдайта/ а , /цуьнах/ муъманахана хьéхам /хилийта/ а .

3.Т1аьхьах1итта шайн Дéлéра шоьга доссийна долчунна , шу т1аьхьа ма х1итта /кхéчу/ вéрасашна , Изá вóцуш . /ма/ К1еззиг ойла йо аша .

4.Хийла юрт х1аллакйина Óха и /цáра тхан элчанаш харцбарна/ . Царна деара Тхан та1зар буьйсанна , я уьш делкъехь садо1уш болуш .

5.Шайна Тхан та1зар деанчу хена цéран кхайкхар /до1а/ дáцара , цáра /къéра хилла/ : « Баккъалла а тхо зуламхой хилла » - áлар дóцург .

6./Дéлóра/ Оха жопдоьхур ма ду шайга /элчанаш/ бахкийтанчаьргá а , /Дéлóра/ Оха жопдоьхур ма ду элчанашкá а .

7./Дéлóра/ Оха царна дуьйцур ма ду /цáра лéлийнарг/ хаарца , Тхо дóцуш /х1уммá/ ца хуьлу .

8./1амалаш/ Óзар цу /къéмата/ дийнахь нийса /хир/ ду . Шен терзанаш дазделларш , уьш бу уьш дéкъалнаш .

9.Ткъа шен терзанаш дайделларг , уьш – шайн дог1машна эшам хилларш бу , шаьш хиларна Тхан аяташца зуламé .

10./Дéлóра/ Бакъ долуш , Óха шу ч1аг1дира лаьттахь , шуна хилийтира цу чохь дáхаран г1ирсаш , /ма/ к1еззиг баркалла óлу аш .

11./Дéлóра/ Бакъ долуш , Óха кхоьллира шу , т1аккха кéпé /адам суьрте/ дерзийра , цул т1аьхьа малийкашка элира : « Гóрах1итта Áдамна ! » . Гóрах1иттира уьш , Иблийс доцург , и ца хилира гóрах1иттанчáрех .

12.Цó /Дáла/ элира : « Сте сацийра хьо гóрах1оттарх , Ас хьайга омру дича ? » . Цó /иблийсо/ элира /жоплуш/ : « Со цул тоьлуш ду , Ахь со ц1ерах кхоьллина , иза поппарх кхоьллина » .

13. Цó /Дáла/ элира : « Охьадосса цу чуьра , хьýна дац цу чохь куралла яр . Áрадáла , баккъалла а хьо сийсазчех ду » .

14. Цó /иблийсо/ элира : « Т1аьхьаттахь со уьш денбийр болу дийналц ! »

15.Цó /Дáла/ элира : « Баккъалла а хьо т1аьхьатеттинчарех ду-кх »

16.Цó /иблийсо/ элира : « Ахь со ма-тилорра , со цáрна к1éлонна хуур ма ду Хьан нийсачу нокъа .

17.Т1аккха со дóг1ур ду царна /уьш галбáха/ цéран хьалхéнашкахулá а , цéран т1éхьéнашкахулá а , цéран аьтту áг1óнашкахулá а , цéран аьрру áг1óнашкахулá а . Хьýна карор /ма/ бац цáрех дукхах берш /Хьайна/ баркаллé »

18.Цó /Дáла/ элира : « Áрадáла цу чуьра сийсаздина , гéнадаьккхина /дóхийна/ . /Дéлóра/ Шá цáрех хьýна т1аьхьах1оьттинарг /милла велахь/ , Ас /юзнé а/ юзур ма ю жоьжахати шоьх массáрех .

19.Х1ай Áдам ! Вáха хьó а , хьан зудá а ялсаманехь . Аш шимма даъа шаьшшинна лиъначуьра , шу шиъ герга ма г1óлаш х1окху диттана , т1аккха шу шиъ зуламхойх хир ду » .

20.Т1аккха и /ца тайна/ , цаьршинна /дагчу вониг/ тесира /хьийхара/ цо /иблийсó/ , цаьршинна гучуяхархьама шайн бехкен меттигех шá цаьршиннах хьулйинарг . Цо /харцлуьйш/ элира : « Шу шиъ Дáла духатоьхна /ма/ дац х1окху диттах , шу шиъ малик ца хилийтá а , я шу шиъ /х1окху ялсаманехь/ гуттар дéхачáрех ца хилийтá а бен »

21./Дéлаца къéра/ Дуй биира цо цаьршинна : « Баккъалла а со шу шинна /дика/ хьехардечáрех ма ду » - /аьлла/ .

22.1ехадаларчу дóжийра цó и шиъ . Цаьршимма /цу/ диттах чамбаьккхинчу хена , цаьршинна гучуéлира шаьшшиннан бехкен меттигаш , /т1аккха/ и шиъ дуьйлира шаьшшинна т1е /хьуламна/ ялсаманин г1аш тийса . И шиъ кхайкхира цаьршинан Дáла /бехкбоккхуш/ : « Ас шу шиъ духа ца тоьхнера цу диттах , Ас шу шинга /áла ца/ аьллéра , баккъаллá а шайт1а шу шинна билгала мостаг1 ду ?! »

23.Цаьршимма элира : « Х1ай тхан Дéла ! Зулам дина óха тхайн дог1машна , Ахь тхýна геч ца дахь , къинхéтам ца бахь , тхо хир ма ду эшначáрех »

24.Цó /Дáла/ элира : « Охьадисса /цу чуьра/ , шоьх цхьаберш вýкхéран мостаг1ий бу . Шуна лаьттахь /парг1ат/ дáхаметтиг а , цхьана ханналц зовкх а /хир/ ду »

25.Цó /Дáла/ элира : « Цу чохь дéхар ду шу , цу чохь лийр ду , цуьнах áрáдóхур ду »

26. « Х1ай Áдаман к1ентий /бéраш/ ! Бакъ долуш Óха доссийна шуна т1е , ша шун бехкен меттигаш хьулйен дýхар а , месаш /барзакъаш/ а . /амма Дéлах/ Кхéраран дýхар – иза тоьлуш /дерг/ ду . Иза Аллах1ан áятех /билгалóнех/ ду . Цáра ойлаян тарло » .

27. « Х1ай Áдаман к1ентий /бéраш/ ! Шу питанé ма дойла шайт1ано , шá шун дá-нáна /лéдина/ ялсаманéра áра ма-даккхара , шá цаьршинна т1éра шайн дýхар д1адоккхуш , цаьршинна шайн бехкен меттигаш гучуяхархьама . Баккъалла а цунна гуш ду шу - цунна а , цуьнан тайпанна а шуна уьш ца гуччу áг1óра . Баккъалла а Оха шайт1анаш дина , шаьш /Дéлах/ цатéшачéран вéрасаш /гергарнаш/ » .

28.Шаьш цхьа маьттазниг /боьханиг/ дича , цáра элира : « Тхýна тхан дай карийна цу /балха/ т1ехь , Аллах1а омру дина тхоьга цуьнца » . Ахь áла : « Баккъалла а Аллах1а омру ца до маьттазчуьнца . Аш /мýха/ óлу Аллах1ана т1ехь шайна ца хуург ? »

29.Ахь áла : « Сан Дáла нийсонца омру дина . /Дáлла дуьхьала/ д1ахиттайé /д1аерзайе/ шайн яххьаш х1ора маьждигна гергахь , кхайкха Цуьнга /шайн/ дин доггаха /деккъа/ Цунна /доьхьа/ дина . Цо шу /кхóлла/ дóла ма-дарра духадоьрзур ду шу .

30.Цхьа тóба нисйина Цó , важа тóба – цáрна т1ехь тилар хьакъ хилла . Баккъалла а цара шайт1анаш лецна /шайн/ вéрасаш , Аллах1 воцуш . Цáрна моьтту , баккъалла а шаьш нийса ду » .

31. « Х1ай Áдаман к1ентий /бéраш/ ! Аш схьаэца шайн хазалла /дýхар/ х1ора маьждигна гергахь ! Даъа , мала /делахь а/ т1áламза /кхоамаза/ ма хила . Баккъалла а Цунна ца бéза /шуна/ т1áламзанаш » .

32.Ахь áла : « Хьá ца магийна /нáхана/ Аллах1ан /гергара дуьнéнан/ хазалла а , Цо Шен лайшна шá йина /кхоьллина/ йолу , рицкъанах ц1ена /хьáнал/ дерш а » . Ахь áла : « И /зовкх/ шаьш /Дéлах/ тешначарна дуьнéнан дáхарехь /хир/ ду , /кхин цхьанненна дóцуш/ деккъа /шайна/ къéмата дийнахь /хир/ ду . Иштта билгала до Óха áяташ хуучу къóманна » .

33. Ахь áла : « Баккъалла а сан Дáла цамагийна маьттазанаш /боьханаш/ , цáрех гучудаьлларг а , къайладаьлларг а , къá /1éсаллá/ а , /шар1ан/ бакъó йоцуш /кхечунна/ г1éло яр а , аш Аллах1аца - Цó шéца бух ца боссийна /волу/ - дéкъахóвар а , Аш Аллах1ана т1ехь шайна ца хуург áлар а »

34.Х1ора умматан /шен 1óжаллин/ хан /зáма/ ю . Ткъа шайн /1óжаллин/ хан т1ееача /т1ех1оьттича/ , цáра сахьтана т1аьхьá ца тотту /и/ , хьалхá ца йоккху .

35. « Х1ай Áдаман к1ентий /бéраш/ ! Шуна бóг1ур ма бу шоьх /болу/ элчанаш , шуна Тхан áяташ дуьйцуш . Ткъа шá /хьáрамчух/ кхийранарг , диканаг динарг /милла велахь/ , цáрна т1ехь кхéрам бац , /я/ уьш г1аг1анé бац .

36.Шаьш Тхан áяташ харцдинарш а , цáрна куралла йинарш а - уьш жоьжахатин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .

37.Мила ву , сов зуламé Аллах1ана т1ехь харцо кхоьллинчул а , я Цуьнан áяташ харцдинчул а ? Уьш – цáрна кхóчур ду /жайнахь шайна/ яздинчух шайн дакъа . Цáрна Тхан /саоьцу/ гéланчаш даьхкича , шаьш уьш д1акхалхош , цáра элира : « Стенгахь ду аш Аллах1 вóцуш кхойкхуш хилларг ? » . Цáра элира : « Д1адайна /къайладаьлла/ и тхоьх » . Шайн дог1машна т1ехь тоьшалла дира цáра , баккъалла а шаьш керстанаш хилла /аьлла/ .

38.Цó /цаьрга/ элира : « Чуг1ó /юкъакхéта/, жинех а , адамех а шайл хьалха бакъ долуш /жоьжахатин/ ц1ерга д1адаханчу умматашна » . Цхьа уммат /жоьжахатин/ чоьхьа мел дéли , шá санна чунна не1алтáлара цо . Цу чохь дерриге /умматаш/ д1агулделча , цáрех /чудахарехь/ т1аьхьарчо элира шайха хьалхарчуьнна /хьокъех/ : « Х1ай тхан Дéла ! Х1окхара тилийна тхо , лóхьа царна шалха 1áзап /жоьжахатин/ ц1ергахь ! » Цó /цаьрга/ элира : « Массарнá /хир/ ду шалха /1áзап/ , делахь а шуна ца хаъа /и/ » .

39.Цáрех хьалхарчо шайха т1аьхьарчуьнга элира : « Шунá ца хилла тхýна т1ехь дозалла , /цундéла/ 1овша аш /шайн/ 1áзап , шаьш /гул/ деш хиллачунна /дуьхьал/ » .

40.Баккъалла а шаьш Тхан áяташ харцдинарш а , цáрна куралла йинарш а , цáрна стиглан не1арш д1айоьллур яц , уьш ялсамани чуг1ур бац , эмкал механ 1уьргахула чекхяллалц . Иштта бекхам бо Óха къадечарна .

41.Жоьжахатах /биллина/ мотт а , шайна т1ехула /тесна ц1еран/ шаршóнаш а хир ю цáрна . Иштта бекхам бо Óха зуламхошна .

42.Шаьш /Дéлах/ тешнарш а , диканаш динарш а - /ткъа/ Óха т1е ца дуьллу цхьанá дéг1ана цуьнан ницкъ кхочург бен – уьш ялсаманин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .

43.Óха д1аяьккхина цéран кийранашкахь йолу хьаг1 /цабéзам/ , цáрна к1елахула лéла тáтóлаш . Цáра элира : « Хастам бу Аллах1ана , Шá тхо х1окхуьнга нисдинчу , тхо нислур долуш /ма/ дáцара , Аллах1а тхо ца нисдинéхьара . /Дéлóра/ Бакъ долуш , Тхан Дéлан элчанаш баьхкира бакъонца » . Цаьрга кхайкхира : « И ю шуна ялсамани , шá шуна ирсана елла , аш деш хиллачунна /дуьхьал/ »

44.Ялсаманин дайша кхайкхира жоьжахатин дай : « Бакъ долуш тхýна тхан Дáла тхайна ч1áг1ó йинарг бакъ карийна . Шуна карийний шун Дáла /шайна/ ч1áг1о йинарг бакъ ? » Цáра элира : « Х1аъ » . Т1аккха д1ахьéдира цáрна юккъехь д1ахьéдочó : « Аллах1ан не1алт хуьлийла зуламхошна .

45.Шаьш Аллах1ан новкъах /нах/ бухабетташ , и /некъ/ гóма хила лууш , шаьш эхартах цатéшаш болу »

46.Цаьршинна /ялсаманийна , жоьжахатийна/ юккъехь /и шиъ къастош/ /óганан/ юкъарло ю , /цу/ óганашна т1ехь къонахий бу , шайна массо а бевзаш шайн билгалонашца . Цáра кхайкхира ялсаманин дайшка : « Маршалла ду шоьга » . Цу /ялсамани/ чу ца бахана уьш , шаьш /цуьнга/ догдóхуш /сатуьйсуш/ болуш .

47.Ткъа шайн б1аьргаш жоьжахатин дайн áг1óра дерзийча , цáра элира : « Х1ай тхан Дéла ! Ма хилийтахь тхо зуламечу къомаца »

48.Óганийн дайша кхайкхира шайна шайн билгалóнашца бевзачу къóнахошка , цáра элира : « Шу хьалха ца дехи шун гуламо /дукхаллó/ а , аш /шéца/ куралла еш хиллачó а .

49.Х1орш бу уьш , Аллах1а царна къинхéтам бийр бац /аьлла/ аш шайца дуй биънарш ? » . /цаьрга эра ду/ « Ялсамани чуг1ó , /цхьá/ кхéрам бац шуна , г1айг1анé /хир/ дац шу »

50.Жоьжахатийн дайша кхайкхира ялсаманин дайшка : « Доттийша тхуна хих /жимма/ , я Аллах1а шайна деллачу рицкъанах ! » . Цáра элира : « Баккъалла а Аллах1а цамагийна и /дала Шех/ цатешачарна .

51.Шаьш шайн дин синкъéрамнá а , ловзарнá а лаьцна хиллачу , дуьнéнан дáхарó шаьш 1éхийначу » . Тахана Óха /Тхан диканах/ бицбийра бу уьш , х1окху шайн денна дуьхьал кхéтар цáра диц ма-дарра а , Тхан áяташ къóбал ца деш уьш ма-хиллара а .

52./Дéлóра/ Бакъ долуш , Óха шуна жайна деана , Óха шá /Тхан/ хаарца билгалдина долу , /шá Дéлах/ тéшачу къóманна нийса некъ а , къинхéтам а хилла долу .

53.Цуьнан тидарé-м ца хьоьжу уьш ? Цуьнан тидар дог1учу дийнахь , /цул/ хьалха шайна и дицделлачáра эра ду : « Бакъ долуш тхан Дéлан элчанаш баьхкира бакъонца . Буй-те тхуна /тахана/ шафá1атдай , шаьш тхýна /г1оьнца/ т1ех1итта , я тхо /дуьненчу/ духадéрзо , т1аккха óха дийр /ма/ дара , тхаьш шá /хьалха/ деш хилларг доцург » . Бакъ долуш , шайн дог1машна эшам бина цара , цáра шá /харц/ кхуллуш хилларг /пайден доцуш/ д1атилла цáрех .

54.Баккъалла а шун Дéла – Аллах1 ву , Шá ялх дийнахь стигланаш а , латта а кхоьллина , т1аккха /Шéца дóг1учу куьцара/ 1аршан т1ехь д1атарвелла /волу/ . Цó де хьулдо буьйсанца , цó /т1аьххьé яг1é/ и /де/ лоху сихха . Малх а , бутт а , сéдарчий а /кхоьллина Цó/ Шен омрунца /нахана/ муьт1ахь а дина . Вá ! Цуьнан /ницкъаца/ ду /массо а х1ума/ кхоллар а , /цéран/ 1уналла /дар/ а . Беркате хили Аллах1 - 1áламин Дéла .

55.Кхайкха шайн Дéлé хьасталуш а , хьуламе /тийна/ а ! Баккъалла а Цунна ца бéза /дóзанел/ т1ехбуьйлурш .

56.Ма бé лаьттахь бóхамаш , и тóдинчул т1аьхьа . Кхайкха Цуьнга /та1зарх/ кхоьруш , /къинхéтаме/ догдóхуш . Баккъалла а Аллах1ан къинхéтам герга бу дикадечáрна .

57.Иза – Шá Шен къинхéтамал /дог1анал/ хьалха кхаъца мехаш дохкуьйтург ву . Цáра /мехаша/ еза мархаш айъича , Óха уьш /якъа/ еллачу меттигé /латта долчу/ а йигна , цу т1е /дог1ан/ хи доьттира , т1аккха цуьнца массо а стоьмаш áрадехира /кхиийтира/ . Иштта áрабóхур бу Óха белларш а . Аш ойла ян тарло .

58.Хьийкъина /овсарé/ меттиг /латта/ - цуьнан óрамат áрадолу /кхуьу/ шен Дéлан пурбанца , ша вон хилларг – áра ца дóлу халá бен . Иштта /тайп-тайпаначу нéкъашца/ карладóху Óха áяташ баркалла óлучу къóманна /нáхана/ .

59./Дéлóра/ Бакъ долуш , Óха ваийтира Нýхь шен къóманна /т1е/ , цо элира /цаьрга/ : « Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибáдат де , Иза вóцург /цхьá/ Дéла вац шун . Баккъалла а со кхоьру шуна т1ехь доккхачу дийнан 1áзапах »

60.Цуьнан къóмаха эланаша элира : « Баккъалла а тхуна хьо билггалчу тиларчохь ма го »

61.Цó элира : «Х1ай сан къам ! Соьца дац тилар , амма со 1áламин Дéлéра элча ву .

62.Шуна сан Дéлан хабарш д1акхайкхадо ас а , шуна хьехам бо , шуна ца хуург хаъа суна Аллах1éра .

63.Шу цецдевлла шайн Дéлéра /жайна/ хьéхам бáрах , шоьх цхьана къóнахна т1е , цуьнга шуна д1ахьéдайтá /кхéрамтасийтá/ а , шу /Дéлах/ кхéрийтá а ? Шух къинхетам бан тарло .

64.Цáра харцвира иза , т1аккха Óха к1елхьараваьккхира иза а , шаьш цуьнца берш а хикеман чохь , Óха хибухабахийтира шаьш Тхан áяташ харцдинарш . Баккъалла а уьш хилла /бакъдолчух/ б1аьрзé къам .

65.1áдашка а /ваийтира/ цéран ваша Х1ýд . Цо элира /цаьрга/ : « Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибáдат де , Иза вóцург /цхьá/ Дéла вац шун . Шу /Дéлах/ ца кхоьру ? »

66. Цуьнан къóмаха шаьш /Дéлах/ цатешначу эланаша элира : « Баккъалла а тхуна хьо сонталлехь ма го , баккъалла а тхуна хьо харцлуьйчáрех ма хéта »

67.Цó элира : «Х1ай сан къам ! Соьца яц сонталла , амма со 1áламин Дéлéра элча ву .

68.Шуна сан Дéлан хабарш д1акхайкхадо ас а , со шуна тéшаме хьехамча ву »

69.Шу цецдевлла шайн Дéлéра /жайна/ хьéхам бáрах , шоьх цхьана къóнахна т1е , цуьнга шуна д1ахьéдайтá /кхéрамтасийтá/ ? Аш дагадаийта , Цо шу Нýхьан къóмал т1аьхьа вéрасаш дар а , шу кхолларехь /ницкъан , лакхаллан/ шортонца совдáхар а . Дагадаийта Аллах1ан зовкхаш , шу дéкъалхила тарло .

70.Цáра элира : « Хьо веъна тхýна , тхоьга Аллах1ана - Цунна цхьанна - 1ибадат дайтийтá а , тхан дайш /шайна/ 1ибáдат деш хилларг тхоьга дитийтá а ? Хьо вóла тхýна айхьа тхýна ч1áг1о ечуьнца , хьо бакълуьйчáрех хиллехь .

71.Цó элира : « Бакъ долуш , шуна т1едоьжна шун Дéлéра та1зар а , оьг1азлó а . Аш соьца /мýха/ къуьйсу ашá а , шун дайш а техкинчу ц1ерашкахь , Аллах1а шайн хьокъехь цхьá бух ца боссийначу ? Хьéжа шу , баккъалла а со ву шоьца /шуна 1áзап дáрé/ хьоьжучáрех »

72.Óха к1елхьараваьккхира иза а , шаьш цуьнца берш а Тхайгарчу къинхéтамца , т1аьхье хáдийра шаьш Тхан áяташ

харцдинчéран . Уьш ца хилла муъманах .

73.Самýдашкá /ваийтира/ цéран ваша Сáлихь . Цо элира /цаьрга/ : « Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибáдат де , Иза вóцург /цхьá/ Дéла вац шун . Бакъ долуш , шоьга еана шун Дéлéра билгалó . Х1ара Аллах1ан /гергара/ эмкал ю шуна билгалонна . Аш йита и Аллах1ан лаьттахь яжа , хьакха ма лóлаш цуьнах вонца , т1аккха шу лоцур ду лазóчу 1áзапó .

74.Аш дагадаийта , Цо шу 1áдашел т1аьхьа вéрасаш дар , шу лаьттахь /даха/ ховшор , цуьнан éса áрéнех шаьш г1áланаш еш , лаьмнех цоьстуш х1усамаш /еш/ . Аш дагадаийта Аллах1ан зовкхаш , ма де лаьттахь вóниг бóхамаш беш »

75.Цуьнан къóмаха /болчу/ шаьш куралла йинчу элаша , шайна г1éлóйинчаьрга – цáрех шаьш /Дéлах/ тешначаьрга - элира : « Шуна хаъа /тов/ , баккъалла а Сáлихь шен Дéлéра ваийтина вуй ? » Цáра элира : « Баккъалла а тхо , иза шéца ваийтанчух тéшаш ду »

76.Шаьш куралла йинчáра элира : « Баккъалла а тхо , шу шех тешначух цатéша »

77.Эмкална урсхьаькхира цáра , шайн Дéлан омрунга ла ца дуьйг1ира , цáра элира : « Х1ай Сáлихь ! Хьо вóла тхýна айхьа тхýна ч1áг1о ечуьнца , хьо элчанех хиллехь » .

78.Уьш схьалéцира /х1аллакбира ч1óг1а мохк/ бéгóрó , т1аккха уьш 1уьйренга бевлира шайн х1усамашкахь /белла/ охьаэгна /меттах ца хьовш/ .

79.Д1авирзира иза цáрех , цо элира : « Х1ай сан къам ! /Дéлóра/ Бакъ долуш , ас шуна сан Дéлан /жайнан/ хабар д1áкхáчийра , шуна хьéхам бира , амма шуна ца бéза хьехамчаш »

80.Лут1 а /ваийтира/ , цó шен къоме элира : « /сел/ Маьттазниг /мýха/ до аша ? Шоьл хьалха ца ваьлла цуьнца 1áламашха цхьá а .

81.Баккъалла а шу , /Дéлóра/ бóжаршна /ма/ дóг1у /цаьрца дуьйшу/ бéзамца зударий буьтий . Мелхо а шу т1ехдуьйлу къам ду » .

82.Цуьнан къóман жоп дáцара , цáра áлар бен : « Áрабáха уьш шайн юьртара , баккъалла а уьш /вай лéлóчух/ ц1анлуш нах бу »

83.Óха к1елхьараваьккхира изá а , цуьнан ох1лу а , цуьнан зуда йоцург , /х1аллак хила/ бухабисанчáрех хилира иза .

84.Óха делхийра цáрна т1е /т1улгийн/ дог1а . Хьажа мýха хилла къадечéран чаккхé !

85.Мадьянашкá а /ваийтира/ цéран ваша Шу1айб . Цо элира : « Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибáдат де , Иза вóцург /цхьá/ Дéла вац шун . Бакъ долуш , билгало еана шуна шун Дéлера , кхóчуш бе бáрам /бустам/ а , терзá а , ма эшаé нáхана церан х1умнаш , бóхамаш ма бé лаьттахь и тодинчул т1аьхьа . И тоьлуш ду шуна , муъманáх хиллехь шу .

86.Охьа ма хийша массо а некъаца /маьршачу нахана/ кхéрам туьйсуш а , Аллах1ан новкъах - шá Цуьнах тешнарг - вухаветташ а , и /некъ/ гамбан лууш а . Дагадаийта к1еззиг дара шу , т1аккха Цó áлсамдéхира шу . Хьовса мýха хилла бóхамаш бечéран чаккхé .

87.Шоьх цхьа тóба тешна елахь со шéца ваийтинчух , важа тоба ца тешнехь , сóбар дé Аллах1а вайна юккъехь кхел яллалц . Иза кхéлахойх /уггар/ тоьлуг ву » .

88.Цуьнан къóмаха шаьш куралла йинчу эланаша элира : « Х1ай Шу1айб ! /Дéлóра/ Óха áравоккхур ма ву хьó а , шаьш тхан юьртара хьоьца /Дéлах/ тешнарш а , я шу доьрзур ма ду тхан динé . Цó элира : « Тхо /и дин/ цадéзаш хиллехь-ай ?

89.Бакъ долуш , óха Аллах1ана т1ехь харцо кхоьллина /хуьлу/ , /нагахь санна/ тхо шун динé дирзича , Аллах1а цуьнах тхо к1елхьарадаьхначул т1аьхьа . Тхан дац цу чу дерзийла , Аллах1ана - тхан Далла лиъча бен . Тхан Дáла чулаьцна массо а х1ума хаарца . Аллах1ана т1етевжина тхо . Х1ай тхан Дéла ! Дастахь тхýна а , тхан къóманнá а юккъехь /долу дов/ бакъонца , Хьо ву достучáрех /угар/ тоьлург .

90.Цуьнан къóмаха шаьш /Дéлах/ цатешначу эланаша элира : « /Дéлóра/ Шу Шу1айбана т1аьхьах1иттанехь , баккъалла а шу т1аккха эшнарш ма ду » .

91.Уьш схьалéцира /латта/ дéгóрó , т1аккха уьш 1уьйренга бевлира шайн х1усамашкахь /белла/ охьаэгна /меттах ца хьовш/ .

92.Шаьш Шу1айб харцвинарш цу /х1усамаш/ чохь ца баьхча санна . Шаьш Шу1айб харцвинарш уьш хилла шаьш эшнарш .

93. Д1авирзира иза цáрех , цо элира : « Х1ай сан къам ! /Дéлóра/ Бакъ долуш , ас шуна сан Дéлан /жайнан/ хабар д1áкхáчийра , шуна хьéхам бира . /цул т1аьхьа/ Ас г1айг1а мýха йо /Дéлах/ цатешачу кóманна ? »

94.Óха цхьанá юьрта цхьá пайхамар ца ваийтира , Тхаьш цуьнан /юьртан/ ох1лу халонцá а , бáланца а лаьцна /зийнá/ бен . Хьастабала тарло уьш .

95.Цул т1аьхьа Óха хийцира вóчунна метта диканиг , уьш /диканехь/ сов бовллалц , цáра элира : « Бакъ долуш , Вайн дайх а хьакхаделла халахéтар а , хазаетар а » Т1аккха Óха /1áзапца/ схьалийцира уьш ц1еххьана , уьш хаалуш боцуш .

96.Яртийн ох1лу /Дéлах/ тешнéхьáра а , кхийранéхьáра а , Óха схьадиллина хир ма дара цáрна т1ехь стиглара а , лаьттарá а беркаташ , делахь а цáра харцдира , т1аккха Óха схьалийцира уьш цáра /гул/ деш хиллачунна /дуьхьал/ .

97.Яртийн /керста/ ох1лу маьрша ду ткъа , шайна Тхан бáла буса т1ебáрах , уьш набкхетта болуш ?

98.Я яртийн ох1лу маьрша ду ткъа , шайна Тхан бáла 1уьйранна т1ебáрах , уьш ловзуш болуш ?

99.Уьш маьрша бу ткъа Аллах1ан мéкарлóнах /та1зарх/ ? Аллах1ан мéкарлонах маьрша /парг1ат/ ца долу эшна къам бен .

100.Билгала ца даьлла ткъа , шайга лаьттан верасалла кхаьчначарна , цуьнан ох1лунал т1аьхьа , Óха Тхайна лиъча шайн къинош бахьан долуш шаьш /бáланца/ хьалецна хир дарий ? Оха мух1ар тýху цéран дегнаш т1е , уьш хезаш бац /цхьá хьéхам/ .

101.И ярташ - Óха хьýна дуьйцу цéран хабарех . /Дéлóра/ Бакъ долуш , элчанаш баьхкира цáрна билгалонашца . Амма уьш бáцара шаьш /цáрех/ тéшар болуш /цул/ хьалхá а шаьш /и/ харцдарна . Иштта , мух1ар тýху Óха керстанийн дегнаш т1е .

102.Тхýна ца карийра цáрех дукхахболчáра /шайн/ ч1áг1о кхóчуш еш . Амма Тхýна цáрех дукхахберш песакънах ма карийра .

103.Т1аккха , Óха вахийтира цáрел т1аьхьа Мýса Тхан билгалóнашца , Фир1авн а , цуьнан элий а болчу , /амма/ цáра харцо /инкарло/ йира цáрна . Хьажа мýха хилла бóхамаш бечéран чаккхе .

104.Мýсас элира : « Х1ай Фир1авн ! Баккъалла а со 1áламийн Дéлéра элча ву .

105.Хьакъ /сутар/ волуш , айса Аллах1ана т1ехь бакъдерг бен ца áла . Бакъ долуш , со шуна веана шун Дéлéра цхьана билгалонца , бахкийта соьца Исраилан к1ентий /бéраш/ » .

106.Цó /Фир1авна/ элира : « Хьо билгалонца веана хилча , вóла цуьнца /схьагайта и/ , хьо бакълуьйчáрех велахь » .

107.Шен 1áса охьатесира цó , т1аккха иза билггала лаьхьа бу .

108.Шен /чéтара/ куьг схьадаьккхира цó , т1аккха иза шурул-к1айн /гуш/ ду хьоьжучарна .

109.Фир1авнан къóмаха /болчу/ элаша элира : « Баккъалла а х1ара говза /б1аьрла/ бозбуанча ма ву .

110.Шу шайн махкара áрадáха лууш . Х1ун омру до аша ?

111.Цáра элира : « Хьéвéхьа /сацавéхьа/ иза а , цуьнан вашá а , бахийтахь шахьаршка /бозбуанчаш/ гулбийраш .

112.Цáра хьýна т1евáлор ву массо а говза бозбуанча »

113.Бозбуанчаш баьхкира Фир1авн волчу , цáра элира : « Баккъалла а тхýна мах /хир/ буй , тоьлларш тхо хилча ? »

114.Цо элира : « Х1аъ . Баккъалла а шу /сан/ гергарчáрех /дукхадéзачáрех/ хир ма ду »

115.Цáра элира : « Х1ай Мýса ! Я ахьа охьатаса /хьан 1áса/ , я тхо хир ду тхаьш охьатосурш »

116.Цо элира : « Охьатаса аш ! » . Цáра охьатесча , нéхан б1аьргаш лéдира цара /доцург тардарца/ , 1áдийра цара уьш , уьш баьхкира доккхачу бозбуанчаллийца .

117.Óха Мýсáга хьийхира : « Охьатаса хьан 1áса /аьлла/ ! » . Т1аккха цо д1ахýду цáра шéца /нах/ лéбийриг .

118.Бакъдерг /билгала хилла/ дуьйжира /, цáра шá деш хилларг /сихха/ дуьйхира .

119.Эшийра уьш цигахь , /т1аккха/ сийсаза хилла /ц1а/ бирзира уьш .

120.Гóраийгира бозбуанчаш /хьастабелла/ .

121.Цáра элира : « Тхо тийши 1áламийн Дéлах ,

122.Мýсáн а , Х1áрýнан а Дéлах »

123.Фир1авнас элира : « Шу цуьнах /мýха/ тийши , ас шайна пурба даларал хьалха ? Баккъалла а х1ара мекарло ма ю , аш шá г1áлахь йина , цу чуьра цуьнан ох1лу áрадаккхархьама , хуур ду шуна /ас шайна дийр дерг/ .

124./Дéлóра/ Ас хедор ма ду шун куьйгаш а , когаш а б1останéхьа »

125.Цáра элира : « Баккъалла а тхо тхан Дéлé доьрзур /долуш/ ду .

126.Ахь тхан бехк ма ца боккху , тхо тхан Дéлан билгалóнех тéшарнá бен , уьш тхýна яьхкича . Х1ай тхан Дéла ! /шорта/ Сóбар доттахь /лóхьа/ тхýна т1е , бусалбá долуш кхалхадéхьа тхо » .

127. Фир1авнан къóмаха /болчу/ элаша элира /Фир1авнé/ : « Ахь /мýха/ вуьту Мýсá а , цуьнан къам а лаьттахь бóхамаш бан а , шаьш хьó а , хьан дéланаш а д1атаса а ? » . Цó элира : « Вай бойъур бу цéран к1ентий , /бáцó/ дийнабуьтур бу цéран зударий . Баккъалла а вай царна т1ехь /и дан/ ницкъболуш ду .

128.Мýсáс шен къóмé элира : « Аллах1аца г1о лаха , /халонна/ сатóха . Баккъалла а латта Аллах1ан ду , Цó и кхáчор ду Шен лешха Шéна луучунна . Т1аьхьé Дéлах/ кхоьручарна ю »

129.Цáра элира : « Тхо хьийзийна хьо тхýна вáлé а /х1ай Мýсá/ , хьо веанчул т1аьхьа а » . Цó элира : « Шун Дéла герга ву , Шá шун мостаг1 х1аллакван а , шу лаьттахь верасаш дан а , т1аккха Шá хьажа аш 1амал мýха йо »

130./Дéлóра/ Бакъ долуш , Óха лéцира Фир1авнан ох1лу йокъаллийца а , стоьмийн эшамцá а . Цара ойла ян тарло .

131.Шайна диканиг деача , цáра элира : « Тхýна ду х1ара » . /ткъа/ Шайна т1е вóниг деача , Мýсáх а , цуьнца болчáрех вóн туьду цáра /и/ . Вá ! Баккъалла а цéран вон тидар Аллах1ан гергахь /бекхам хир болуш/ ду . Делахь а цáрех дукхахболчарна ца хаъа /и/

132.Цáра элира : « Ахь тхýна муьлхха а билгалó ялийча а , тхо шéца лéдархьама , тхо хьоьх тéшар долуш ма дац » .

133.Т1аккха Óха царна даийтира /хи/ т1едáлар а , ц1оз а , мезий а , пхьидарчий а , ц1ий а /Мýсá бакъ хиларна/ билгалйина билгалóнаш . /амма/ Цáра куралла йира , т1аккха уьш хилира къаден къам .

134.Шайна т1е та1зар доьжча , цáра элира : « Х1ай Мýсá ! Дéхахь тхýна хьан Дéлé , Цо хьайна йинчу ч1аг1онца /хьасталой/ ! Ахь тхоьх х1ара та1зар д1аайдахь , тхо хьоьх тéшар ма ду , хьоьца Исраилан к1ентий бохкуьйтур ма бу » .

135.Óха шайха та1зар д1аайдича , уьш шéга кхóчур болчу цхьана ханна , цáра /шайн/ ч1áг1ó йóхайо .

136.Т1аккха Óха бекхам ийцира цáрех , х1орд бухабахийтира Óха уьш , баккъалла а цáра Тхан билгалóнаш харцярнá а , уьш цáрех чидам /бáла/ боцуш хиларнá а .

137.Óха /ирсана/ кхáчира шайна г1éлоеш хиллачу къóманна лаьттан малхбáлéнаш а , цуьнан малхбузéнаш а , Óха шайна чохь беркат дина йолу . Кхóчуш хилира хьан Дéлан хаза дош Исрáилан к1енташна т1ехь /Фир1авн х1аллакварца/ , цáра /халóнашна/ сатóхарна . Óха дóхийра Фир1авнас а , цуьнан къóмó а деш хилларг а , цáра /г1ишлох/ д1ах1оттош хилларг а .

138.Óха х1ордах дéхьабéхира Исрáилан к1ентий . Т1аккха шайн ц1уйшна 1ибáдат дечу къóманна т1екхéчира уьш . Цáра элира : « Х1ай Мýсá ! Тхýнá бéхьа дéланаш , церан ма-хиллара дéланаш » . Цó элира : « Баккъалла а шу сонта къам ду .

139.Баккъалла а х1орш - х1аллакдина ду уьш шéна чохь берг , харц ду цáра деш хилларг »

140.Цó элира : « Аллах1 вóцург шуна /кхин дéла лáца мýха/ лаьа сýна ?! Цо шу толийна /хаьржина хилча/ 1áламашна т1ехь

141.Óха шу к1елхьарадехира Фир1авнан ох1лунах , шаьш шоьга вон 1азап 1овшуьйтуш болу . Шун к1ентий бойъура цáра , шун зударий /бáцó/ дийнабуьтура . Цу чохь доккха зер ду шуна шун Дéлéра .

142.Óха ханйиллира Мýсáна ткъе итт буьйса , Óха кхочуш йира уьш иттанца , т1аккха кхочуш хилира цуьнан Дáла йиллина хан шовзткъа буьйса . Мýсас шен вешéга Х1áрýнé элира : « Сан метта сан къóмаца виса хьо , масла1атдé , бóхамаш бечéран некъана т1аьхьа ма х1отта »

143.Мýсá Óха билгалйинчу меттиге веанчу хéна , шен Дéла шéга вистхилча , цó элира : « Х1ай сан Дéла ! /Хьо/ Гайтахь сýна , Хьоьга хьожур вара со » Цó элира : « Хьуна со гур ма вац , амма хьо хьажа д1óгара лóмé ! И шен меттехь сацахь , т1аккха хьýна гур ву Со » . Цуьнан Дéла лóмана гучуваьлча , Цо и хилийтира áтабелла , Мýса /ткъеса кхетча санна/ кхéтам чуьра ваьлла вуьйжира . Шá меттавеача цó элира : « Ц1ена ву Хьо , дохкóваьлла со Хьоьга , тешначáрех хьалхара ву со »

144.Цó элира : « Х1ай Мýсá ! Ас хьо нáхал хаьржина Сан хабаршцá а , Сан къамéлацá а . Ас хьайга делларг схьаэца , баркаллéчáрех хила » .

145.Óха яздира цунна /Таврáтан/ аннаш т1ехь массо а х1уманах хьéхам а , массо а х1уманна дастар а . Схьаэца и нуьцкъала , хьан къóмé омру де цуьнах тоьлуш дерг схьаэцарца . Ас гойтур бу шуна песакънéхан мохк .

146.Ас бухатухур бу Сан билгалóнех /цáрех кхетарха/ , шаьш цхьá бакъо йоцуш лаьттахь куралла йийраш . Шайна х1ора билгало гича а , цуьнах ца тéша уьш . Шайна нийса некъ гича , цáра схьацалóцу и некъ . Шайна тиларан некъ гича , цáра схьалóцу и некъ . Иза , баккъалла а цáра Тхан билгалонаш харцйина дела а , цáрех чидам /бáла/ боцуш уьш хилла дéла а ду .

147.Шаьш Тхан билгалóнаш а , эхартан дуьхьалкхéтар а харцдинарш - цéран 1амалаш /эрна/ яйна . Шаьш деш хилларг бен бекхам хир буй царна ?

148.Цул т1аьхьа , Мýсан къóмó лéцира /дира 1ибáдатна/ шайн хазаллашех /дешех , детех/ дег1 долу эса , шен 1éхар долуш . Цáрна ца гина /тов/ , баккъалла а и шайга дист ца хилар а , цо шаьш /нийсачу/ новкъахь нис ца дар а ?! Цáра лéцира и /1ибáдатна/ , /цундела/ зуламхой хилира уьш .

149.Шаьш дохкóбевлла боьхна хьоьвзина , баккъалла а шаьш тилла хилар шайна гича , цáра элира : « Вайн Дáла вайх къинхéтам ца бахь , вайн геч ца дахь , вай хир ма ду эшначáрех »

150.Мýсá шен къóмана т1е вухавирзича оьг1азé , дéра /халахетна волуш/ , цó элира : « Ма вон ду-кх аш соьл т1аьхьа суна динарг ! Шайн Дéлан омру /х1унда/ сихдóра аш ? » . /шéгара/ Аннаш охьáтийсина , шен вешин корта схьалéцира цо , шá и шéна т1еийзош . Цо /Х1áрýна/ элира : « Х1ай сан нéна к1ант ! Баккъалла а /х1окху/ къóмó г1éлóйира сýна , со вен герга бара уьш , ма кхардабéхьа соьх /вайн/ мостаг1ий , ма вéхьа со зуламéчу къóмаца /декъахь/ » .

151.Цó /Мýсáс/ элира : « Х1ай сан Дéла ! Гечдéхьа суна а , сан вешийна а , бéхьа тхоьх Хьан къинхéтам . Хьо ву-кх къинхéтамéчáрех уггар Къинхéтамéниг »

152.Баккъалла а шаьш эса /1ибáдатна/ лаьцнарш , цáрна шайн Дéлéра оьг1азлó а , дуьнéнан дáхарехь сийсазалла а кхóчур ю . Иштта , бéкхам бо Óха харцóкхуллучарна .

153.Шаьш вонаш дина , т1аккха цул т1аьхьа дохкобевлла , /Дéлах/ тешнарш /муьлш белахь/ , баккъалла а хьан Дела цул т1аьхьа /царна/ гечдеш верг , къинхéтам беш верг ма ву .

154.Мýсáх оьг1азлó д1атийча , цó /шен/ аннаш схьаийцира , цéран яздарехь нийса некъ а , къинхéтам а бара шаьш шайн Дéлах кхоьручарна .

155.Мýсáс хаьржира шен къóмах кхузткъе итт стаг Тхоьца йиллинчу ханна . Шаьш мохкбéгóрó лаьцча , цó элира : « Х1ай сан Дéла ! Хьайна лиънехь Ахь /х1окхул/ хьалха х1аллакбина хир бара уьш а , сó а . Ахь тхо х1аллакдо /ткъа/ тхоьх сонтачáра динчунна ? И ма дац Хьан зер бен , Ахь шéца Хьайна луург тилош , Хьайна луург нисвеш /долу/ . Хьо ву тхан вéрас , гечдéхьа тхýна , къинхéтам бéхьа тхоьх , Хьо ву-кх гечдечарех /уггар/ тоьлуш верг !

156.Яздéхьа тхýна х1окху дуьнéнахь а , эхартахь а диканиг ! Баккъалла а тхо дохкóдевлла Хьоьга » . Цо элира : « Сан 1áзап - Ас и ло Сайна луучунна , Сан къинхéтам – цó чулаьцна массо а х1ума . Ас и /къинхéтам/ язбийра бу шаьш /Соьх/ кхоьручарнá а , закат лочарнá а , шаьш Тхан áятех тéшачарнá а .

157.Шаьш йóзацадевзаш волчу элчанна , пайхамарна т1аьхьах1иттина болу , царна шá д1аязвина карош волу шайгарчу Таврáтчохь а , Инжийлчохь а . Шá цаьрга /диканца/ девзинчуьнца омру деш , вочух уьш бухатýхуш , цáрна ц1енадерш магош , боьхадерш цамагош , цáрех шайн /беза/ мохь а , царна т1ехь хилла халóнаш а д1аойбуш . Шаьш цуьнах /Мухьаммадах/ тешнарш а , цуьнан сийдинарш а , цунна г1одинарш а , цуьнца доссийначу /Къуръáнан/ нуьрана т1аьхьах1иттанарш а - уьш бу уьш декъалнаш .

158.Ахь áла : « Х1ай нáх ! Баккъалла а со Аллах1ан элча ву шоьга массáргá , Шен дóлахь стиглашин а , лаьттан а паччахьалла /óлалла/ долуш /волу/ . Кхин дéла вац Изá бен , Цó /массо а х1ума/ дендо , /саэцарца/ кхалхáдо . Тéша Аллах1ах а , Цуьнан йóзацадевзаш волчу элчанах а , шá тешаш волу Аллах1ах а , Цуьнан дешнех /жайнех/ а . Т1аьхьах1итта цунна , шу нисдала тарло .

159.Мýсан къóмах ду /цхьа/ уммат , /нáх/ бакъонна т1енисбеш а , цуьнца нийсо еш а .

160.Óха бийкъира уьш шийтта тайпанé . Óха хьийхира Мýсáга , цуьнан къóмó цуьнга хи дехча : « Хьан 1áса тóха т1улгах » /аьлла/ . Т1аккха цуьнах шийтта шовда хьаладéлира . Бакъ долуш , массó нáхана шайн химолу меттиг хиира . Óха 1индаг1 дира цáрна т1ехь /к1айчу/ мархаца , доссийра цáрна /мазал мерза/ манн а , /нáна-лекъ олхазар/ салвá а . Даъа Óха шайна деллачу рицкъанах ц1енадерг . Тхýна ца дира цáра зулам , амма шайн дог1машна зуламдеш бара уьш .

161.Цаьрга элира : « Дáха х1окху юьртахь , даъа цуьнах шайна лиъначохь , аш áла : « Д1адáхахь /тхоьх къинош/ ! » , чудовла не1арха горх1иттана , т1аккха Óха гечдийр ду шуна шун г1áлаташ . Óха /мéлехь/ совбóхур бу дикадийриш »

162.Цáрех шаьш зуламдинчáра хийцира дош , шайга аьлларг дóцучуьнца , т1аккха Óха цáрна т1едаийтира стиглара та1зар , уьш зуламдеш хиларна .

163.Хатта цаьрга х1ордан юххéхь хиллачу юьртах /лáций/ . Т1ехбевлира уьш шоьта дийнахь , цéран шоьта дийнахь царна дог1ура шайн ч1éрий /хина/ т1ехуладовлий , шоьта доцучу /кхéчу/ дийнахь ца дог1ура . Иштта зуьй Óха уьш , песакъа уьш хиларна .

164.Цáрех цхьана тóбано элира /вукхарга/ : « Х1унда бо аш хьéхам , Аллах1а шаьш х1аллакбийр болчу , я ч1óг1а 1áзап дийр долчу нáхана ? » . Цáра элира : « Шун Дéлé бехказадовлархьама . Уьш кхéра тарло »

165.Цáрна шайга шéца хьéхамбинарг дицделча , шаьш /нáх/ вóчух бухатоьхнарш Óха к1елхьарабéхира , /ткъа/ шаьш зуламдинарш Óха схьалийцара луьрачу 1áзапца .

166.Цáра шаьш шех бухатоьхнарг тергал ца дича , Óха цаьрга элира : « Шу хила сийсаза маймалш »

167.Хьан Дáла д1ахаийтира , /Дéлóра/ Шá царна т1е хьовсóр ма бу къéмат де т1едáллалц шаьш цаьрга вон 1áзап 1овшуьйтур дерш . Баккъалла а хьан Дéла г1ýда чехка долуш ма ву . Баккъалла а Иза гечдийриг , къинхéтамениг ма ву .

168.Óха бекъна уьш лаьттахь тóбанашка . Цáрех диканаш бу , цáрех иштта бóцурш бу . Óха зийра уьш диканашцá а , вóнашца а . Уьш /Дéлé/ берза тарло .

169.Цáрел т1аьхьа еара жайна шайга кхаьчна /вон/ т1аьхьé, цáра схьаоьцура /мéхана/ х1окху дуьнéнан мéхала дóцург , шаьш óлуш : « Гечдийр дара вайна-м » . Шайна и санна мéхала доцург деача , /цáрна бехкбуьллучу/ вукхáра схьаоьцур дара иза . Цаьргара ца эцнéра /тов/ жайнан ч1áг1ó , Аллах1ана т1ехь бакъдерг бен цáра ца áла , цу чохь дерг 1áма ма динера цáра /цунна шалхо х1унда йо цара/ ? Эхартан х1усам тоьлуш ю шаьш /Дéлах/ кхоьручарна . Аш ойла ца йо ?

170.Шаьш жайнах тасабелларш , лáмаз динарш , баккъалла а Óха ца йойъу дикадечéран ял /мел/ .

171.Óха айъира цáрна т1ехула лам , баккъалла а шá /цáрна т1ехула лаьцна/ чéтар долуш санна . Цáрна хийтара /уьш тийшира/ , баккъалла а иза шайна т1ебужур буй . /Óха элира/ « Схьалáца Óха шайга делларг нуьцкъала , хьахаде /дагадаийта/ цу чохь дерг . Шу кхéра тарло » .

172.Хьан Дáла áраяьккхира /кхоьллира/ Áдаман к1ентех – цéран баккъех цéран т1аьхьé , Цó цаьрга тоьшалла дайтира шайна т1ехь : « Cо вац шун Дéла ?! » /аьлла/ . Цáра элира : « Х1аъ . Óха тоьшалла ди » . Шоьга /ца/ áлийта къемата дийнахь : « Баккъалла а тхо х1окхунах чидам /тергам/ боцуш хилла »

173.Я шоьга /ца/ áлийта : « Баккъалла а /х1окхул/ хьалха тхан дайш /Дáлла/ декъахó вира . Тхо дара цáрел т1аьхьа /деана/ чкъор . Ахь тхо /х1унда/ х1аллакдо /ткъа/ харцлуьйчáра динчунна ? »

174.Иштта , Óха билгалдо áяташ . Уьш /Дáлла/ т1еберза тарло .

175.Дéша цáрна , Óха шéна Тхан áяташ деллачун /цáрех тешначун/ хабар , /цул т1аьхьа/ цáрех д1акъаьстира иза , т1аккха шайт1ано /шéна/ караверзийра иза . Т1аккха и хилира тиллачáрех /х1аллак хиллачáрех/ .

176.Тхýна лиънехь , Óха /боьхачух/ айвина хир вара иза цаьрца , делахь а лаьтте /дуьнé дéзарé/ тевжира иза , шен /дéг1ан/ лаамна т1аьхьавéзира иза . Цуьнан масал , ж1аьлин масалх тера ду , хьо цунна чухьаьдча хьухадола и /мотт áратосу цо/ , я ахь 1аддитча хьухадола и /мотт áратосу цо/ . Иза шаьш Тхан áяташ харцдинчу къóман масал ду . Дийца дийцар , цáра ойла ян тарло .

177.Масалехь вон хилла , шаьш Тхан áяташ харцдина , шайн дог1машна зуламдеш хилла къам .

178.Аллах1а /шá/ нисвийриг , иза нислур ву . Цó /шá/ тилóриг - уьш бу уьш эшнарш .

179./Дéлóра/ Бакъ долуш , Óха кхоьллина жоьжахатна дуккха а жинаш а , адамаш а . Церан дегнаш ду - /делахь/ уьш ца кхета царца , церан б1аьргаш ду - царна ца го цáрца , церан лергаш ду – царна ца хеза царца . Уьш хьайбанаш санна бу , мелхо а уьш /цáрел/ сов тилла бу . Уьш бу уьш чидам /тергам/ боцурш .

180.Аллах1ан уггар хаза ц1ераш ю . Аш кхайкха Цуьнга цаьрца ! Аш 1аддабита шаьш Цуьнан ц1ерех д1абоьрзурш /уьш харцйийраш/ . Цáрна бéкхам хир бу шаьш деш хилларг .

181.Óха кхоьллинчех ду /цхьа/ уммат , шаьш /нáх/ бакъонга кхойкхуш , цуьнца кхел /нийсо/ еш .

182.Шаьш Тхан áяташ харцдинарш , Óха /зовкхашца/ зуьйр бу уьш цáрна ца хуучу /дагахь дóцучу/ аг1óра .

183.Ас бахбийра бу уьш /цу зовкхехь/ . Баккъалла а сан мéкарло ч1óг1а ю .

184.Цáра ойла ца йина ? Цéран накъостаца жиний хьý ма яц . Иза вац , билгала д1ахьéдархó /кхерамтасархо/ бен .

185.Уьш ца хьаьвсина стиглашин а , лаьттан а паччахьаллé а , Аллах1а /царна чохь/ кхоьллинчу /массо а/ х1уманé а , цéран хан /1óжалла/ гергаеана хила магарé а ? Муьлхачу къамéлах тéшар бу уьш цул т1аьхьа ?!

186.Шá Аллах1а тилóриг /милла велахь/ , цуьнан вац /шá/ нисвийриг . Цó 1аддабуьту уьш шайн т1ехбийларехь боьхналéлаш .

187.Цáра хоьтту хьоьга /къéмата дийнан/ сахьтах : « Маца ду цуьнан х1оттар ? » . Ахь áла : « Баккъаллá а цуьнах дерг хаар сан Дéлехь ду . Шен /х1оттаран/ ханна и гучу ца доккху Цó бен . Дазделла и стиглашкахь а , лаьттахь а . И дóг1ур дац шуна ц1еххьана бен » . Цáра хоьтту хьоьга , баккъалла а хьо цуьнах дерг хууш /девзаш/ волуш санна . Ахь áла : « Баккъалла а цуьнах дерг хаар , Аллах1ана гергахь ду » . Делахь а , дукхахболчу нáхана ца хаа /и/ .

188.Ахь áла : « Сан дóлахь /карахь/ дац сан дéг1ана пайдабар , дац зéдар , Аллах1ана лиънарг бен . Со къайлах дерг хууш хиллéхьáра , диканехь совваьлла хир вара , /цхьá/ вон соьх хьакхаделла хир дáцара . Со вац , д1ахьéдархó /кхéрамтасархó/ а , /Дéлах/ тéшачу къóмана кхаъбоккхург а .

189.Иза ву , Шá шу цхьана дéг1ах кхоьллинарг а , цуьнах цунна зуда йинарг а цуьнца цуьнан /стеган/ сатедалийта . Иза /меттахь/ цуьнах /зудчух/ кхетча , вайчу доьзалх хилла и /мохь/ д1абаьхьира цо . Иза /шен доьзалхóчух/ язъелча , цаьршимма кхайкхира Аллах1е – шаьшшинан Дéлé : « /Дéлóра/ Ахь тхýна диканиг /доьзалхо/ лахь , тхо хир ма ду баркаллéчáрех »

190.Ткъа шаьшшинна диканиг /доьзалхó/ велча , цаьршимма бира Цунна дéкъахой , Цó шаьшшинна деллачуьнгахь . Аллах1 лакхаваьлла цáра /Шéца/ декъаховечух .

191.Цáра дéкъахó /мýха/ во /Цунна/ шá х1умма ца кхуллург , шаьш /кхéчó/ кхуллуш берш ?!

192.Цéра ницкъ /ма/ ца кхóчу цáрна г1о дан , /я/ шайн дог1машна г1о ца до цáра .

193.Аш уьш кхайкхича нийса новкъа , шуна т1аьхьа ца х1уьтту уьш . Цхьатерра ду шуна , аш уьш кхайкхича а , я шу дистхуьлуш дáцахь а .

194.Баккъалла а аш шаьш - Аллах1 вóцуш - кхойкхурш , шу санна лайш бу . Кхайкха аш цаьрга , шуна жоплойла цáра , шу бакълуьйш хиллехь .

195.Когаш бу /тов/ цéран , шаьш цаьрца лéлаш , я куьйгаш ду цéран , шаьш цаьрца тýхуш , я б1аьргаш бу цéран , шайна цаьрца гуш , я лергаш ду цéран , шайна цаьрца хезаш ?! Ахь áла : « Кхайкха шайн дéкъахошка , йé сýна кийтарло /мéкарло/ , ма татта со т1аьхьа »

196.Баккъалла а сан вéрас /велú/ Аллах1 ву , Шá жайна доссийна волу . Цó дóладо дикачéран .

197.Иза вóцуш аш шайга кхойкхурш , цéра ницкъ /ма/ ца кхóчу шуна г1о дан , /я/ шайн дог1машна г1о ца до цáра .

198. Аш уьш кхайкхича нийса новкъа , цáрна ца хеза . Хьýна го уьш хьайга хьоьжуш /болуш санна/ , /амма/ уьш /хьо/ гуш бац .

199.Къинт1ера вáла , /диканца/ девзинчуьнца омру дé , д1аверза /пе бетта/ сонтачáрех !

200.Шайт1анéра /цхьа/ вóниг хьан дагчу дáг1ахь , Аллах1аца ларлó . Баккъалла а Иза хезаш верг а , хууш верг а ву .

201.Баккъалла а шаьш /Дéлах/ кхийранарш , шайха шайт1анéра /цхьа/ бáла хьакхабелча , цáрна дагадóг1у /Дéлан та1зар/ , т1аккха уьш /нийса некъ/ гуш хуьлу .

202.Цéран вежарша цáрна г1о до къадарехь /тиларехь/ , т1аккха ледар ца хуьлу уьш /цу т1ехь/ .

203.Хьо шайна /Дéлéра/ цхьана áятца ца веъча , цáра элира : « Ахь /хьайгара/ хаьржинéхьáра /деънéхьáра/ и ! » Ахь áла /цаьрга/ : « Баккъалла а со т1аьхьавóзу сан Дéлéра сайга хьоьхучунна . Х1ара /къуръан/ - шун Дéлéра билгалóнаш а , нийса некъ а , къинхéтам а бу , /Дéлаха/ тéшачу къóмана /нáхана/ » .

204./цхьамма/ Къуръан дешча , ладóг1а цуьнга , дист ма хила . Къинхéтам бан тарло шоьх .

205.Хьехаве хьан Дéла хьайлахь , муьт1ахьаллийца , кхéрарца , хозуьйтуш áлар доцуш , 1уьйранна а , суьйранна а . Ма хила чидам бóцучáрех !

206.Баккъалла а шаьш хьан Дáлла гергахь дерш , цáра куралла ца йо Цунна 1ибáдат дарха , цáра ц1анво Иза , Цунна гóрáх1уьтту уьш .




8 - Сýрат Альанфáл /Х1онсаш/
/Мадийнатехь доьссина ‚ 75 аят ду/
Аллáх1а ц1арца дóзадóцуш шортá а , дáимнá а болу къинхéтаман Дá волчу

1.Цáра хьоьга хоьтту х1онсех /уьш éкъарх лаьцна/ , ахь ала : « Х1онсаш Аллах1ан а , /Цуьнан/ элчан а ю . Аллах1ах кхéра , шайн юкъаметтиг тóйé , Аллáх1анá а , Цуьнан элчаннá а муьт1ахь хила , шу муъманах делахь .

2.Баккъаллá а муъманах , Аллах1 хьахийча шайн дегнаш /Цуьнах/ óзаделларш /кхийранарш/ бу , шайна Цуьнан áяташ дешча , цáра шаьш иймáнехь сов баьхнарш бу , /веккъа/ шайн Далла т1етевжарш бу .

3.Шаьш ламаз /х1отта/ деш , Оха шайна деллачу рицкъанах /диканна/ харжъеш /берш бу/ .

4.Уьш бу уьш муъманах боккъаллаъ , царна шайн Дáлла гергахь даржаш а , гечдар а , лéрамé /беркатé/ рицкъá а ду .

5.Хьо хьан Дáла хьан х1усамéра бакъонца /г1áзóтана/ áра ма-ваккхара , баккъалла а муъманахах цхьа тóба /и/ цадезаш ма бу .

6.Цáра къуьйсу хьоьца бакъ долчуьнгахь , и билгала даьллачул т1аьхьа , баккъаллá а шаьш баларé бáлош санна , шаьш хьоьжуш болуш .

7.Аллах1а шуна ч1áг1о йо шина тóбанах цхьаьнца , баккъаллá а и шун /дуьхьал кхéтар/ ю /аьлла/ , шуна дéза баккъалла а ницкъ /г1óра/ дóцург шайна /дуьхьал кхéташ/ хилар , Аллах1ана лаьа Шен дешнашца бакъдерг д1ах1оттó а , керстанéхан óрам д1ахáдо /цéран х1удайъá/ а .

8.Бакъдерг д1ах1оттó а , харцдерг /дохийна/ д1адаккхá а , къадечарна /и/ цадезнехь а .

9.Шайн Дéла орцахваьккхира аш , т1аккха Цо жопделира шуна : « Баккъалла а Ас шуна г1одийр ду т1етт1а /охьадуьссучу/ эзар маликца » /аьлла/

10.Аллáх1а ца дира и /малийкаш диссор шуна/ кхаъ /хилийтá/ бен , цуьнца шун дегнаш парг1ат довлийтá /бен/ . Тóлам бац /г1о дац/ Аллах1ан гергара бен . Баккъалла а Аллах1 сийлахь верг , кхéтамé верг ву .

11./шу цáрех кхéрацадалийта/ Нáб т1етосу Цó шуна Шéгара маьршонца , стиглара /дог1ан/ хи доссадо Цó шуна т1е , цуьнца шу ц1андархьамá а , шух шайт1ан боьхалла /цó дагчу хьоьхург/ д1атилорхьамá а , шун дегнаш /сóбарца/ дехкархьамá а , цуьнца шун кóгаш ч1аг1бархьамá а .

12.Хьан Дáла малийкашка хьоьху , баккъалла а Со шоьца ву /шуна/ , аш ч1аг1бé шаьш /Соьх/ тешнарш , шаьш /Соьх/ цатешначéран дегнашчу Ас кхéрам тосур бу /шуна/ , аш /шаьлта/ тóха /цéран/ вортанашна т1оьхула /цéран кортош дóхуш/ , аш /шаьлта/ тóха цáрех массó /п1елга/ юьхьигна .

13.Иза , баккъаллá а уьш Аллáх1ана а , Цуьнан элчанна а дуьхьала /бертаза/ хиларна ду . Ткъа ша Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а дуьхьало йийриг /милла велахь/ , баккъалла а Аллах1 /цунна/ та1зар ч1ог1а /дийр/ долуш ву .

14.И ду шуна , аш 1овша и , баккъалла а керстанашна /жоьжахатин/ ц1еран 1азап ду .

15.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Шуна /г1áзóтехь/ дуьхьалкхетча шаьш /Делах/ цатешнарш т1елеташ /т1ебóг1уш/ , /д1адовдé/ царна баккъаш ма дерзабéлаш !

16.Ша оцу дийнахь /кхéравелла/ царна шен букъ берзийнарг /милла велахь/ , /шá кхéчахь/ лата вирзина я /кхéчу/ тóбанé /д1аэн/ вирзина бен , бакъ долуш Аллах1éра оьг1азлонца вухавирзина и , цуьнан чуг1ойла жоьжахати ю , ма вон воьрзийла ю-кх /и/ .

17.Аш /шайн ницкъаца/ цабайъина уьш , амма Аллах1а /кадáлийтина/ байъина уьш . Ахь /хьайн ницкъаца/ ца кхоьссина айхьа /герзах/ кхоьссинарг , Амма Аллах1а кхоьссина . Ша муъманах зерхьама Шегарчу хазчу зерца . Баккъаллá а Аллах1 хезаш , хууш ву .

18.И ду шуна , баккъаллá а Аллах1а г1елйо керстанехан мéкарло .

19.Аш /мостаг1на т1ехь/ г1о дéхча , бакъ долуш шуна г1о деана . Шу /хьáрамчух/ совцахь , иза тоьлуш ду шуна . Шу /г1одехарé/ духадерзахь , Тхо а доьрзур ду /г1одарé/ . Шун тóбана шух х1уммá хьалхадоккхур дац и /мел/ дукха хилчá а . Баккъалла а Аллах1 муъманáхаца ву .

20. Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а муьт1ахь хила , шу д1амадерза цуьнах шаьш /цо дуьйцург/ хезаш долуш !

21.Шу ма хила шаьш : « Тхýна хезна » аьлларш санна , шаьш хезаш /ладýг1уш/ боцуш .

22. Баккъалла а Аллах1ан гергахь хьайбанех /уггар/ вóниг , /бакъдолчух/ къора берш , моттцахуурш бу , шаьш хьéкъелé боцуш /болу/ .

23.Аллах1ана цаьргахь дика хааделлехьара , Цо царна /и бакъдерг/ хазийтина /кхéтийна/ хир ма дара . /ткъа/ Цо царна /и/ хазийтича /кхéтийча/ , уьш букътоьхна д1аг1ур ма бара .

24. Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Жоп ло Аллах1ана а , /Цуьнан/ элчанна а Цо шу кхайкхича ша шу дендечуьнга . Шуна хаийла баккъалла а Аллах1 стагна а , цуьнан дагна а юкъах1уттий а , баккъалла а шаьш Цуьнга д1агулдийр дуй а .

25.Питанах кхéралаш , и т1едог1ур ма дац шух шаьш зуламдинчарна къаьсттана , шуна хаийла баккъалла а Аллах1 та1зар ч1ог1а долуш вуйла

26.Дагадаийта , шу к1еззиг долуш , лаьттахь г1ийла долуш , нáха шайх катóхарна кхоьруш долу хан , т1аккха Цо т1еóзийра шу , Шен г1оьнца ч1аг1дира , ц1еначáрех /хьáналчух/ рицкъаделира , аш баркалла áла тарло .

27. Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Ямарт ма хилалуш Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а , т1аккха аш шайн тéшамаш бóхор /ма/ бу , шаьш /и цамагар/ хууш долуш .

28.Шуна хаийла баккъалла а шун даьхнеш а , шун доьзалш а /шу/ зер хилар а /Дáла шеца шу зуьйш долу/ , баккъалла а Аллах1 – Цунна гергахь /шуна/ йоккха ял /хирг/ хилар а .

29. Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Шу Аллах1ах кхéрахь , Цо шуна /бакъонан , харцóнан/ къастам хулуьйтур бу , шух шун вóнаш д1атилор ду , шуна гечдийр ду . Аллах1 - йоккхачу комаьршаллин Да ву .

30.Хьуна мéкарло йо шаьш /Дéлах/ цатешначара хьо /лаьцна/ чуволлархьама , я хьо верхьама , я хьо /Маккара/ áраваккхархьама . /шайн/ Мéкарло йо цáра /хьуна/ , Аллах1á /йóха/ йо /цéран/ мéкарло , Аллах1 - мекарлоечарех /уггар/ тоьлуш /говза/ верг ву .

31.Тхан áяташ шайна дешча , цáра /керстанаша/ элира : « Бакъ долуш , Тхýна хезна /х1орш/ , тхайна лиъча óхá эра ма дара х1ара саннарг , х1ара /ма/ дац , хьалхалерачийн /д1абаханчéран/ туьйранаш бен »

32.Цáра элира : « Йá Аллах1 ! /нагахь санна/ Х1ара Хьýна гергара бакъдерг делахь , тхýна т1е стиглара /дог1а санна/ т1улгаш делхадéхьа , я тхýна лазóш долу 1áзап дáладéхьа ! »

33.Аллах1 вáцара Шá цáрна 1азап дийр долуш , хьо царна юккъехь волуш , Аллах1 вáцара царна 1áзап дийриг , уьш /Дéлé/ гечдар доьхуш болуш .

34.Аллах1а царна 1áзап мýха ца до , цáра дихкинчу /хьарам/ маьждигах /нах/ бухабетташ хилча ? Уьш ца хилла цуьнан дóладийраш . Цуьнан дóладийраш бац , /Дéлах/ кхоьрурш бен , делахь а цáрех дукхахболчарна ца хаъа /и/ .

35./хьажин/ Ц1енна гергахь /цáра деш/ долу цéран ламаз /ма/ дáцара , шок еттар а , т1áраш деттар а бен . /цаьрга элира/ : « 1áзап 1овша аш , шаьш /Дéлах/ цатешаш хиларна » .

36.Баккъаллá а шаьш /Дéлах/ цатешначáра харж йо шайн даьхнешца Аллах1ан новкъах /нах/ бухатóхархьама . Цáра харж йийр ю цаьрца , т1аккха цáрех царна бáла хир бу , т1аккха уьш эшор бу . Шаьш /Дéлах/ цатешнарш жоьжахати /чу/ д1агулбийр бу .

37.Аллах1а къасторхьама боьханиг ц1еначух , боьханиг – цуьнах цхьадерг вýкхуьнна т1ехь хилийтархьама , т1аккха и дерриге т1ек1елдиллархьама , т1аккха и жоьжахатехь хилийтархьама . Уьш бу уьш эшанрш .

38.Ахь áла шаьш /Дéлах/ цатешначарга , уьш /керстаналлех/ совцахь , /Дáла/ царна гечдийр ду ша хьалхадаханарг /цáрех даьлларг/ , ткъа /цуьнга/ уьш бухаберзахь /цасовцахь/ , бакъ долуш д1адахна хьалхалéрачийн /къиношна та1зар даран/ лáмаст /1áдат/ .

39.Т1ом бé цаьрца /шайна цáрех/ питана ца хилийтархьама , и дерриге дин Аллах1ан /доьхьа/ хилийтархьама . Ткъа уьш /керстаналлех/ севццехь , баккъалла а Аллах1 цáра дийриг гуш ву .

40.Ткъа уьш /цасовцуш/ д1абирзинехь , шуна хаийла баккъалла а Аллах1 шун Эла вуйла . /ма/ Дика Эла ву /Иза/ , /ма/ дика г1оьнча ву /Иза/ .

41.Шуна хаийла баккъалла а аша х1онсана яьккхина х1ума , баккъалла а Аллах1ана а , /Цуьнан/ элчанна а , /цуьнан/ гергарчарна а , байшна а , мисканашна а , некъан к1антана /некъахóчунна/ а цуьнан пхоьлаг1а дáкъа дуй , шу тешна хиллехь Аллах1ах а , Оха Тхайн лайна /бакъ-харц/ къастаман дийнахь /х1онс éкъарх/ т1едоссийначух а , ши тóба дуьхьалкхетначу дийнахь . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву 42.Шу уллерчу /тóг1ин/ йистехь /диссана/ долуш , уьш гéнарчу /тóг1ин/ йистехь /биссана/ болуш , къéпал шуна лахóхьа йолуш /де дара и/ . Аш /цхьанахь вовшахкхета/ барт бина хиллехьара , аш и барт бóхор ма бара . Делахь а , /Шá ч1аг1/ дина даьлла г1уллакх Аллах1а чекхдаккхархьама ; ша х1аллак хилларг билгалóнал т1аьхьа х1аллак хилийтá а , ша ваьхнарг билгалóнал т1аьхьа вáхийтá а . Баккъалла а Аллах1 хезаш , хууш ма ву .

43.Аллах1а уьш к1еззиг гойту хьуна хьан г1éнаха . Цо хьуна уьш дукха гайтинехьара , шу доьхна а , /оцу/ г1уллакхехь къовсаделла а хир ма дара , делахь а Аллах1а хьалхадаьхна /шу оцу бáланах/ . Баккъалла а Иза хууш ву кийранашкахь дерг .

44.Шу /дуьхь/ дуьхьалкхетча , шун б1аьрахь Цо шуна уьш к1еззиг гойту , цéран б1аьрахь шу к1еззиг хулуьйту , /Шá ч1аг1/ дина даьлла г1уллакх Аллах1а чекхдаккхархьама . Аллах1е дерзадо /дерриге/ г1уллакхаш .

45. Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Шаьш /т1ам т1ехь/ цхьана тобанна дуьхьалкхетча , ч1аг1лóлаш /майра д1ах1итталуш/ , Аллах1 хьахавéлаш дуккхá , шу аьтто хила тарло .

46.Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а муьт1ахь хилалуш , /вовшашца/ ма къийсалуш т1аккха шу оьшур ду , шун ницкъ д1абер бу , сóбарé хилалуш /сатохалуш/ , баккъалла а Аллах1 сóбарéчаьрца ву /шуна/ .

47.Шу ма хилалуш шаьш , шайн х1усамашкара кураллийна /дозаллийна/ а , нахана моттарг1анна /гайтархьама/ а /т1амна/ áрабевлларш санна , Аллах1ан новкъах /нах/ бухабетташ . Аллах1 цáра лéлочунна /и хаарца/ гó биллина ву .

48.Шайт1ано хазйира цáрна шайн 1амалаш , цó /цаьрга/ элира : « Тахана шу эшó адамех цхьá /дá/ вац , баккъалла а со шуна лýлахо /нáкъост/ ду » /ткъа/ Ши тóба дуьхь-дуьхьала кхетначу хена , /кхéраделла/ шен шина к1áжан т1ехь юхá а даьлла цо элира : « Баккъалла а со ц1ена ду шоьх , баккъалла а суна гуш ду /малийкин орцех/ , шуна шá гуш дóцург , баккъаллá а со кхоьру Аллах1ах . Аллах1 та1зар ч1óг1а долуш ву » .

49.Мунéпикъаша а , шайн дегнашкахь цамгар йолчáра а óлу : « Х1орш шайн динó 1éхийна » . Шá Аллах1ана т1етевжинарг /милла велахь/ , /цунна хаийла/ баккъалла а Аллах1 сийлахь верг , кхéтамé верг вуй .

50.Хьýна гича , малийкаша шаьш /Дéлах/ цатешнарш /синош оьцуш/ д1акхалхош , цéран яххьашнá а , цéран т1éхьешнá а т1е /х1ума/ етташ /шаьш óлуш/ : « 1овша /жоьжахатехь/ вáгóран 1áзап ! » /инзарé сурт гур дара хьуна/

51.Иза шун куьйгаша /хьалха/ динчунна /бéкхамна/ ду , баккъалла а Аллах1 вац /Шен/ лайшна зуламé .

52.Фир1авнан ох1лунан а , шаьш цáрел хьалхарачéран а хьóлах терра /ду цéран хьал/ , Аллах1ан áятех цатийшира уьш , т1аккха Аллах1а схьалийцира уьш шайн къиношна . Баккъалла а Аллах1 нуьцкъала , та1зар ч1óг1а долуш ву .

53.Иза , баккъалла а Аллах1а , Ша цхьана къóманна делла /долу/ и зовкх хуьйцуш цахилла дéла ду , цáра шайн дог1машца дерг хийццалц . Баккъалла а Аллах1 хезаш , хууш ву .

54. Фир1авнан ох1лунан а , шаьш цáрел хьалхарачéран а хьóлах терра /ду цéран хьал/ , Аллах1ан áятех цатийшира уьш , т1аккха Оха х1аллак бира уьш шайн къиношна , Оха хибуха дахийтира Фир1авнан ох1лу . /уьш/ Массо зуламхой хиллера .

55.Баккъалла а Аллах1ана гергахь хьайбанех уггар вóниг , шаьш /Делах/ цатешнарш бу , цáра им ца дуьллу .

56.Ахь шайца барт бинарш , т1аккха х1оразза шайн барт бóха бо цара , уьш ца кхоьру /Дéлах/ .

57.Хьо царна т1енислахь т1ам т1ехь , лахка /шóга хила/ цаьрца цáрел т1аьхьа бог1урш а /óзабалийтархьама/ . Цáра ойла ян тарло .

58.Хьо /хьайца барт бинчу/ къóмах ямартлонах кхéрахь , кхосса цаьрга /цéран барт , айхьа цаьрга/ нийсса /барт бохош буй д1ахаийтархьама/ . Баккъалла а Аллах1ан ца беза ямарт берш .

59.Шаьш /Дéлах/ цатешначарна ма моттийла /шаьш 1áзапах/ хьалха /к1елхьара/ бевлла . Баккъалла а цáра /Дéла/ г1óрасиз ца во .

60.Кечбе царна шай ма-хуьллу /т1еман говзаллин/ ницкъ а , /г1áзóтана/ д1атесна дин а , шéца Аллах1ан мостаг1 а , шайн мостаг1 а шаьш 1áдош /кхéрош/ , уьш боцуш кхиберш а , шуна ца бевза уьш , Аллах1ана бевза уьш . Аш Аллах1ан новкъахь /муьлххачу/ цхьана х1уманца йина харж , /Дáла/ шуна и кхоччуш /дéбá а йина/ юхалур ю , шуна /и эшорца/ зулам ца деш .

61./нагахь/ Уьш мáшарé тевжинехь , хьо а товжа цуьнга . /айхьа цаьрца барт барехь/ Аллах1ана т1етовжа , баккъалла а Иза хезаш , хууш ву .

62.Цáрна хьо 1éхó /хьýна тешнабехк бан/ лаахь , баккъалла а /хьо тóлó/ хьýна тоьуш верг Аллах1 ву . Иза ву Ша хьо Шен г1оьнца а , муъманáхаца а ч1аг1винарг а ,

63.цéран дегнашна юккъехь мáшар /барт/ бинарг /уьш ийман т1ехь гулдинарг/ а . Ахь лаьттахь мел дерг дерриге доьхкичá а , мáшар бийр ма бацара цéран дегнашна юккъехь , делахь а Аллах1а мáшар бина цáрна юккъехь . Баккъалла а Иза сийлахь верг , кхетам берг ву .

64.Х1ай пайхамар ! Хьýна а , муъманáхах хьýна т1аьхьах1оьттинчунна а тоьуш ву Аллах1 .

65. Х1ай пайхамар ! Муъманах т1амна иракарах1иттабé ! Шоьх сóбарé ткъа /стаг/ хилахь , цáра эшор ву ши б1е /стаг/ , /ткъа/ шоьх б1е хилахь , цара эшор ву шаьш /Дéлах/ цатешначáрех эзар , баккъалла а уьш цакхéташ къам хиларна .

66.Аллах1а х1инца дайдина шуна /и дéкхар/ , Цунна хиъна баккъалла а шоьца г1éло юй . Шоьх сóбаре б1е /стаг/ велахь , цáра эшор ву ши б1е , /ткъа/ шоьх эзар велахь , цáра эшор ву ши эзар , Аллах1ан пурбанца . Аллах1 сóбарéчарца ву .

67.Пайхамаран /бакъó/ ца хилла шен йийсарш хила , лаьттахь /уьш/ х1аллак баллалц . Дуьненан хилам бéза шуна , Аллах1ан эхарт дéза . Аллах1 сийлахь верг , кхéтамé верг ву .

68.Алах1ера /х1онсаш магош/ хьалха даьлла дош ца хиллехьара , шоьх хьакхаделла хир ма дара , аш /йийсаршкара/ эцначуьнгахь , лазош долу 1азап .

69.Аш даъа шаьш яьккхинчу х1онсах хьáнал , ц1ена /дерг/ . Аллах1ах кхéра . Баккъалла а Аллах1 гечдеш , къинхетам беш ву .

70. Х1ай пайхамар ! Ахь áла йийсарех шайн карахь болчаьрга : « Аллах1ана шун дегнашкахь диканиг хаалахь , Цо шуна шоьгара схьадаьккхинчул тоьлуш дерг лур ду , шуна геч дийр ду . Аллах1 гечдеш , къинхетам беш ву .

71.Ткъа цáрна /багахь áларца/ хьуна тешнабехк бан лаахь , бакъ долуш /Бадрал/ хьалха Аллах1ана а /керста хиларца/ ямартхилла уьш , т1аккха Цо /хьан/ аьтто бина /кадáлийтина/ царна т1ехь /уьш йийсар барца/ . Аллах1 хууш верг , кхетам берг ву .

72.Баккъалла а шаьш /Дéлах/ тешнарш а , /Дéла дуьхьа шайн/ махках бевлларш а , шайн даьхнешца , шайн дог1машца Аллах1ан новкъахь г1áзот динарш а , шаьш /шайн х1усамашкахь шайн бусалба вежарий / т1елецнарш а , /элчанна/ г1одинарш а , уьш – цáрех цхьаберш вýкхéран вéрасаш бу . /ткъа/ Шаьш /Делах/ тешна , /делахь а Дéла дуьхьа шайн/ махках ца бевлларш , шуна /т1ехь/ дац цéран 1уналлех /цáрна дакъа дарх/ цхьá х1умá , уьш махкаха бовллалц . Цáра шоьга динехь г1одéхахь , шуна т1ехь ду /цáрна/ г1одар , шуна а , шайна а юккъехь барт болу къоманна т1ехь доцуш /и делахь/ . Аллах1 аш дийриг гуш ву /шуна/ .

73.Шаьш /Делах/ цатешнарш – цáрех цхьаберш вýкхéран /гергара/ вéрасаш бу . Аш и /вéрасалла лар/ ца дахь , лаьттахь хир ду питан а , /даьржар ду/ доккха маьттазалла а .

74.Шаьш /Дéлах/ тешнарш а , /Дéла дуьхьа шайн/ махках бевлларш а , шайн даьхнешца , шайн дог1машца Аллах1ан новкъахь г1áзот динарш а , шаьш /шайн х1усамашкахь шайн бусалба вежарий / т1елецнарш а , /элчанна/ г1одинарш а , уьш бу уьш боккъалаъ муъманах . Царна гечдар а , лéраме /беркате , шорта/ рицкъа а /хир/ ду .

75. Шаьш /цул/ т1аьхьа /Дéлах/ тешнарш а , /Дéла дуьхьа шайн/ махках бевлларш а , шоьца /цхьана/ г1áзот динарш а - уьш шоьх бу . Гергарнаш – цáрех цхьаберш вýкхаьрца хьакъ бу Аллах1ан жайнахь . баккъалла а Аллах1 массо а х1ума хууш ву .




9 - Сýрат Аттавба /Тóбадар/
/Мадийнатахь доьссина , 129 аят ду/
Аллáх1а ц1арца дóзадóцуш шорта а , дáимна а болу къинхетаман Дá волчу

1./х1ара/ Аллах1ера а , Цуьнан элчанера а ц1анвалар ду /Дáлла/ дéкъахой бечарех аш /шайца/ барт бинчаьрга

2./х1ай Далла дéкъахой бинарш/ Шу лéла лаьттахула беа баттахь /маьрша/ , шуна хаийла баккъалла а , аш Аллах1 г1óрасиз вийра вóций , баккъалла а , Аллах1а керстанаш /дуьненахь , эхартахь/ сийсаз бийр буй

3./х1ара/ Аллах1ера а , Цуьнан элчанера а д1ахаийтар /д1адовзийтар/ ду адамашка доккха хьаж дехкаран /г1урбан/ дийнахь , баккъалла а , Аллах1 ц1ена ву /Шéца/ дéкъаховечарех , /иштта/ Цуьнан элча ву . Ткъа аш /дохко а девлла/ тóбадахь , иза тоьлуш ду шуна , /амма/ шу д1адерзахь , шуна хаийла баккъалла а , аш Аллах1 г1óрасиз вийра воций . Ахь кхаъбаккха шаьш /Делах/ цатешначаьрга лазóчу 1азапца

4./Дáлла/ Дéкъахойбинчарех аш шайца барт бинарш бóцурш , цул т1аьхьа /бехкамех/ шуна х1уммá эшийна бóцурш , я шуна дуьхьал цхьаннé г1одина бóцурш , цéран барт кхóчуш биэ аш , цéран хан чекх яллалц , баккъалла а , Аллах1ана дукха биэза /барт ларбарехь Шех/ кхоьрурш

5.Ткъа /ц1ий 1анорах/ дихкина беттанаш д1адевлача , аш байъа /Делаца/ декъаховийраш шайна уьш карийначохь , аш схьалеца /йийсар бе/ уьш , гó лáца цéран , /к1ела/ ховша цáрна массó к1éлонгахь . Ткъа уьш дохкóбовлахь , цáра лáмаз х1оттадахь , закат лахь , аш /маьрша/ бита цéран некъ . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву

6./Дáлла/ Дéкъаховечáрех цхьаммó хьоьгара /шéна/ г1о /к1елхьарваккхар/ лехнехь , г1оьна к1ел лáца и , цуна Аллах1ан къамел хазийтархьама , цул т1аьхьа д1акхáчавé иза шéна кхéрам бóцучу меттигé . И /хьукма/ , баккъаллá а уьш ца хууш къам хиларна ду .

7.Мýха хир бу /Дáлла/ декъахóвечéран барт Аллах1ана гергахь а , Цуьнан элчана гергахь а , Хьарам-маьждигна гергахь аш шайца барт бинарш бóцучéран ?! Уьш шуна нийса /тéшаме/ хилахь , шу а хила цáрна нийса /тéшаме/ ! Баккъаллá а Аллах1ана бéза /Шех/ кхоьрурш

8./цаьрца барт/ Мýха /хир бу/ ? Шаьш шуна т1ехь тóлахь , цáра тергал дийра /лардийра ма/ дац шуна юккъехь /долу/ гергарло а , тешам /барт/ а /мелхо а
хьийзор дукх шу/ . Шу рéза до цáра шайн батошца /хазчу къамéлашца/ , /амма/ дуьхьал ду цéран дегнаш /барт т1ехь чекхдовларна/ , цáрех дукхах берш /тéшамбóцу/ песакънах бу

9.Цáра йоьхкина Аллах1ан билгалóнаш к1еззигчу мéхах , /нах/ бухатоьхна цáра Цуьнан новкъах . Баккъаллá а уьш - /ма/ вó хилла /царна/ цáра /шá/ деш хилларг

10.Цáра тергал ца до муъмастагехь гергарло а , тешам /барт/ а . Уьш бу уьш /зуламдарехь/ т1ехбевлларш .

11.Ткъа уьш дохкóбовлахь , цáра лáмаз х1оттадахь , закат лахь - т1аккха шун вежарий бу /уьш/ динехь . Óха билгалйо /Тхан/ билгалóнаш /ойла ян/ хуучу нáхана

12.Цáра шайн дуйнаш къарбинехь , шайн барт /хиллачул/ т1аьхьа , шун динна 1иттарш йинехь , шу лата керсталлин баьччанех , баккъалла а уьш – дуйнаш /бакъ/ бац церан . Т1аккха совца тарло уьш .

13.Шу ца лета ткъа /шуна биъна/ шайн дуйнаш къарбинчу , элча /Маккара/ араваккха г1оьртинчу /дагахь хиллачу/ къóмах , цáра /ма/ долийна шоьца /латар/ дуьххьар ?! Шу кхоьру цáрех ?! Аллах1 /ма/ ву шу Шех кхéра т1ех хьакъ верг, шу муъманах делахь .

14.Лата цáрех , Аллах1а шун куьйгашца 1áзап лур /ма/ ду царна , уьш сийсаз бийр /ма/ бу , цáрна т1ехь шуна г1о дийр /ма/ ду , муъманехан кийранаш /дегнаш царех/ 1áбор /ма/ ду ,

15.церан дегнийн дéралла /оьг1азло/ д1атилор /ма/ ю . Аллах1а Шéна луучунна дохкóвалар къóбал до . Аллах1 хууш верг, кхетам берг ву

16.Шуна хетнера /моьттинера/ тов шаьш /зé ца зуьйш д1атесна/ 1аддуьтур ду , Аллах1ана хиънá /бевзинá/ бóцуш шух шаьш /дóггах г1азатехь/ къахьегнарш а , Аллах1 вóцуш , Цуьнан элча вóцуш , муъманах бóцуш /кхин/ доттаг1ий ца лецнарш а ?! Аллах1 хууш ву аш дийриг .

17./Далла/ Декъаховечарна /бакъó/ ца хилла /я цаьрца дóг1уш дац/ Аллах1ан маьждигашкахь 1ар , шаьш керста хиларца шайн дог1машна т1ехь /шаьш/ теш болуш . Уьш – цéран 1амалаш эрна йайна , гуттар ц1ергахь лаьттар бу уьш .

18.Баккъалла а Аллах1ан маьждигашкахь 1ийр ву , шá Аллах1ах , т1аьхьарчу дийнах тешнарг а , лáмаз х1оттийнарг а , закат делларг а , Аллах1ах бен ца кхийранарг а . Уьш герга бу /бакъонна т1ехь/ нисбеллачарех хила .

19.Аш хилийтина /тов/ хьажона хидалар а , Хьарам-маьждигехь 1ар а , Аллах1ах а , т1аьхьарчу дийнах а тешнарг , Аллах1ан новкъахь /джих1адца/ къахьегнарг санна ? Цхьатерра бац уьш Аллах1ана гергахь . Аллах1а ца нисдо зуламе къам .

20.Шаьш /Дéлах/ тешнарш , /Дéлан дуьхьа/ махкахбевлларш , шайн даьхнешца а , шайн дог1машца а Аллах1ан новкъахь /джих1адца/ къахьегнарш – Аллах1ан гергахь т1ех беза бу даржехь . Уьш бу уьш /ялсаманийца/ тоьлларш

21.Царна кхаъбоккху церан Дала Шéгарчу къинхетамца а , /Шá цáрна/ рéзахиларца а , /ялсаманин/ бошмашца а , шайна чохь цáрна /дáимна/ лаьтташ /долу/ зовкх долуш /йолчу/
22./шаьш/ цу чохь лаьттар /1ийр/ болуш даимна а . Баккъалла а Аллах1 – Цунна гергахь йоккха ял ю /царна/

23.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Ма лéца шайн дай , шайн вежарий /шайна цáрех/ доттаг1ий /бай/ , /нагахь/ царна иймáнал керстаналла дукхадезнехь . Шух цáрех /шайна/ доттаг1ий бинарг /милла велахь/ , уьш бу /шуна/ уьш зуламхой .

24.Ахь ала : «Нагахь санна шун дай , шун к1ентий , шун вежарий , шун зударий /майранаш/ , шун гергарнаш , аш гулдина даьхнеш , шá /д1ацадоьдуш/ сацарх шу кхоьруш долу совдéгар , шу шайна рéза долу /шун/ х1усамаш шуна т1ех дукхаезаш елахь Аллáх1ал а , Цуьнан элчанал а , Цуьнан новкъахь /джих1адца/ къахьегарал а , т1аккха шу хьéжа Аллах1 вáллалц Шен омрунца . Аллах1а ца нисдо песакъ къам » .

25./Делóра/ Бакъдолуш , Аллах1а тóлийна шу дуккха /т1еман/ меттигашкахь , /иштта/ Хьунайн дийнахь а , /оцу дийнахь/ шун дукхаллó тамашбайтира шоьга , /амма/ цо хьалха ца даьккхира шух х1уммá а , /кхерадаларна/ гатделира шуна латта шен шóраллийца , т1аккха /эшна/ юхадирзира шу букътоьхна .

26.Цул т1аьхьа Аллах1а синтем боссийра Шен элчанна а , муъманахана а т1е , /малийкин/ эскарш диссийра Цó , шуна шаьш гина доцу , Цó 1áзапдира шаьш /Дéлах/ цатешначарна . Иза цатешначеран бекхам бу

27.Т1аккха Аллáх1а гечдийр /тóба къóбалдийр/ ду цул т1аьхьа Шéна луучунна . Аллах1 гечдийриг , къиннхéтамéниг ву

28.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Баккъаллá а /Дéлаца/ декъаховийраш боьха бу /шуна/ . Уьш /хьадж доьхку аьлла/ герга /улле/ ма бог1ийла хьарам-маьждигна х1окху шайн /хьадж дехкаран/ шерал т1аьхьа . /нагахь санна/ Шу /уьш совдéгарна ца баьхкина аьлла/ къоьллах кхераделлехь , Аллах1а шу хьалдолуш дийр /ма/ ду Шен комаьршаллах , Шена лаахь . Баккъалла а Аллах1 хууш , кхетам болуш ву .

29.Т1ом бé шаьш Аллах1ах , т1аьхьарчу /къемата/ дийнах цатéшачарца а , ша Аллах1á , Цуьнан элчанó хьáрам динарг хьáрам ца дечарца а , бакъ дин ца лелóчарца а , шайна жайна деллачарех болчу , цара /им ца диллахь , эшначу/ куьйга ясакх яллалц , шаьш сийсаз болуш .

30.Жуьгташа элира : « 1узайр - Аллах1ан к1ант ву » . Насáрáш /керстанаша/ элира : « Масийхь /1ийса/ - Аллах1ан к1ант ву » . Иза /цáра/ шайн батошца /аьлла/ церан /бухбоцу/ áлар ду . Уьш тарло /оцу шайн къамелехь/ шаьш /шайл/ хьалха /Делах/ цатешначеран áларх . Аллах1а х1аллкбойла уьш ! /оццул/ Тила муха лур бу ?!

31.Цара /жуьгташа/ лецира шайн молланаш а , /керстанаша/ шайн мозг1арш а делий бина , Аллах1 /1ад/ витина , Марьяман к1ант Масийхь /1ийса/ а /лецира цара дела вина/ . Цаьрга омру ца динера , цхьана Далла 1ибадат дарца бен , кхин дела /ма/ вац Иза воцург , ц1ена ву Иза цара /Шеца/ декъаховечух .
32.Царна лаьа , шайн батошца Аллах1ан нур /дин/ д1адайъа . /амма/ Аллах1 реза вац , Шен нур кхочуш дан бен , /Шех/ цатешачарна иза цадезнехь а .

33.Иза ву , Ша Шен элча ваийтинарг нийсонцá а , бакъонан динцá а , и тóлорхьама массо динна т1ехь , /Шеца/ декъаховечарна иза цадезнехь а .

34.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Баккъалла а жуьгтийн молланех а , /керстана/ мозг1арех а дукхахберш , /Делора/ хорцонца неха даьхнеш /ма/ дуу цара ,
Аллах1ан некхах /нах/ буха /ма/ бетта цара . Шаьш деши , дети гулдеш берш , Аллах1ан некъахь цуьнах харж ца еш , ахь цаьрга кхаъбаккха лазочу 1азапца .

35.Оцу дийнахь ц1ийдийр /кхохкор/ ду уьш жоьжахатин ц1ергахь , цаьрца дáгор ду цéран хьаьжнаш , цéран áг1óнаш /хéнаш/ , цéран баккъаш . /цаьрга эра ду/ « Х1ара ду , ша аш шайн дог1машна гулдинарг , 1овша ша аш /дуьненахь/ гулдеш хилларг »

36.Баккъаллá а Аллах1ана гергахь беттанийн дагардалар /масалла , дукхалла/ - шийтта бутт бу , Аллах1ан жайнахь /билгалбина/ , Цо стигланаш а , латта а кхоьллинчу дийнахь , царех биъ бихкина /вониг дан ца магийна , беза/ бу . Иза деза /нийса/ дин ду . Аш зулам ма де царна чохь шайн дог1машна . Аш т1ом бе /Делаца/ декъахвечарца массара , цара шоьца т1ом ма-барра массара , шуна хаийла баккъалла а Аллах1 /Шех/ кхоьручарца вуйла

37.Баккъалла а /бутт шен хенал/ т1аьхьататтар , керстаналлехь сов валар ду , шеца шаьш /Делах/ цатешнарш тилош /долу/ , цхьана шарахь мага бо цара и /шайна/ , вукха шарахь мага ца бо цара и , Аллах1а ша цамагийна дагардаларца /масаллийца/ нисбалархьама , т1аккха Аллах1а цамагийнарг магорхьама . Царна хаздина шайн 1амалийн вóлла . Аллах1а нис ца до /Шех/ цатеша /керста/ къам .

38.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Шуна х1ун хилла , шайга Аллах1ан новкъахь /г1азóтана/ áрадовла аьлча /кхайкхича/ , /мало , к1áдо йина/ лаьттéхьа ма даздели /ма таь1и/ шу ?! Шу рéза хилла ткъа , дуьненан дахарна эхартал а /и дукхадезна/ ?! Дуьненан дахаран зовкх /ма/ дац эхартахь /долчуьнца дуьстича/ к1еззиг /х1ума/ бен .

39.Шу /г1азóтана/ áра ца довлахь , Цо шуна 1áзап дийр ду лазóчу 1áзапца , кхéчу къóмаца шу хуьйцур ду , аш Цунна зен дийр дац цхьанá х1уманца . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .

40.Аш цунна /элчанна/ г1о ца дахь , бакъ долуш Аллах1а г1одина цунна , шаьш /Делах/ цатешначара иза араваьккхинчу хена , шиннах шолг1аниг волуш , и шиъ хьех чохь волчу хена , цо /элчано/ шен накъосте /Абу бакре/ олучу хена : « Хьо г1айг1ане ма хила , баккъалла а Аллах1 вайца ву » , т1аккха Аллах1а боссийра цунна т1е Шен синтем , Цо ч1аг1вира и /элча/ шуна гина доцучу эскаршца , Цо дира шаьш /Делах/ цатешначеран дош лахара , Аллах1ан дош – и ду лакхара . Аллах1 сийлахь верг , кхетам берг ву .

41.Арадовла /дег1ана/ дайнаш /къона дерш/ , /дег1ана/ дезанаш /къена дерш/ , къахьега /г1азот де/ шайн даьхнешца а , шайн дог1машца а Аллах1ан новкъахь . Иза /дуьненахь , эхартахь/ тоьлуш ду шуна шу /пайден дерг/ хууш делахь

42.И /г1азотан аравалар/ хиллехьара гергара пайда а , юххера некъ а хьуна т1аьхьах1уьттур ма бара уьш , делахь а генахийтира царна /и Шема боьду/ некъ . Аллах1аца дуйнаш буур бу цара хьуна , тхан ницкъ кхаьчнехьара шоьца арадевлла хир ма дара тхо /бохуш/ . Шайн дог1маш х1аллак до цара . Аллах1ана хаъа , баккъалла а уьш харцлуьйш буй

43.Аллах1 хьайна къинт1éра вáларг , царна /ц1ахь совца/ пурба х1унда делла ахь , хьайна /царех/ шаьш /бехказлонашкахь/ бакълийнарш билгала бовллалц , харцлуьйраш бовззалц ?!

44.Хьоьга пурба ца доьху шаьш Аллах1ах а , т1аьхьарчу /къемата/ дийнах а тешачара , шайн даьхнешца а , шайн дог1машца а г1азот дарх /ц1ахь совца/ . Аллах1 хууш ву /Шех/ кхоьрурш /муьлш бу/ .

45.Баккъалла а хьоьга /ц1ахь совца/ пурба доьху Аллах1ах , т1аьхьарчу /къемата/ дийнах цатешачара а , /ахь деанчух/ шайн дегнаш шекдевллачара а , уьш шайн шеконехь боьхна /лелаш/ бу

46.Царна /хьоьца/ áрабовла лиънéхьáра , цунна /т1еман/ г1ирс кечбина хир ма бара цáра , делахь а Аллáх1ана цадийзира /г1азóтана/ церан /хьоьца/ бахкар , /цундела/ Цó хьéбира /совцийра/ уьш , /цаьрга/ элира : « Ц1ахь 1аьчарца ц1ахь 1е »

47.Шоьца áрабевллехьара , цáра шу совдóхур ма дáцара /сóбарх , низамах/ доьхна хьовзарехь бен , цáра сихó йийр ма яра шуна /юкъахь/ питан /эладитá даржа/ лууш . Шуна юкъахь бу цаьрга ладоьг1урш . Аллах1 хууш ву /шоьх/ зуламхой /муьлш бу/

48./Дéлóра/ Бакъ долуш /цул/ хьалхá /ма/ лиънéра цáрна питан , хьýна /дерриге/ г1уллакхаш /белхаш/ кéгийра /т1екелдéхира/ цáра , бакъдерг дáллалц , Аллах1ан болх гучубáллалц , уьш /и/ цадезаш болуш .

49.Цáрех ву шá óлург : « /ц1ахь 1ан/ Пурба лóхьа сýна , ма зéхьа со /хьайца араваккхе/ ! » Вá , /оцу дашца/ питне эгна уьш ! Баккъалла а жоьжахати , керстанийн гó бина ма ю .

50.Хьуна т1е /цхьа/ дика деача , царна цатам бо цо . Ткъа хьуна т1е /цхьа/ бáла беача , цара олу : « Бакъ долуш , оха /х1окхул/ хьалха /т1едирзина/ дóладира тхан г1уллакхан » , /д1аберзе/ д1абоьду уьш , /шайн балхах/ шаьш баккхийбуьйш .

51.Ахь áла : « Тхýна /даннé а/ т1едóг1ур ма дац , Аллах1а тхýна яздинарг бен , Иза ву тхан эла . Аллах1ана т1етовжийла муъманах ! »

52.Ахь áла : « Шина диканах /г1азотехь кхалхарх , я толам баккхарх/ цхьаьнга бен хьоьжий ткъа шу тхуна ? Тхо ду шуна хьоьжуш , Аллах1а Шена гергара я тхан куйгашца шуна 1азап т1едаийтаре . Хьéжа шу , баккъалла а тхо ду /шуна/ шоьца хьоьжуш 1аьш »

53.Ахь áла : « Харжйе аш лаьаш я цалаьаш , шоьгара /яннé а/ къóбал йийр ма яц и . Баккъалла а шу хилла песакъ къам »

54.Уьш буха ма ца тоьхна шайгара шайн харжаш къобал ярха , баккъалла а уьш Аллах1ах , Цуьнан элчанах а цатешаро бен . Ламазе ца бóг1у уьш шаьш малончанаш болуш бен , харж ца йо цара шаьш /и харж яр/ цадезаш болуш бен .

55.Хьо цец ма воккхийла цéран бáхамаша , цéран бéраша . Баккъалла а Аллах1ана лаьа цаьрца уьш дуьненан дахарехь 1áзапé лáцá а , уьш керста болуш цéран синош довлá а .

56.Аллах1аца дуйнаш буу цара , баккъалла а шаьш шоьх ма ду /бóхуш/ . Уьш /ма/ бац шоьх , амма кхоьруш къам ду уьш

57.Шайна д1алечкъийла я хьехарш я лаьттах доьду 1уьрг кардахьара , цига д1ахьолхур ма бара уьш , шаьш сихбелла

58.Цáрех ву шá сáг1анашкахь /закаташ нийса дéкъарехь/ хьан бехкбоккхург , ткъа шайна цáрех /цхьа дáкъа/ делча шаьш рéзахуьлуш , ткъа шайна цáрех ца делча шаьш оьг1азоьхуш .

59.Баккъаллá а уьш рéзахиллéхьáра шайна Аллах1á а , Цуьнан элчанó а деллачунна , цáра аьллéхьáра : « Тхýна тоьур ву Аллах1 , тхýна лур ду Аллах1а a Шен комаьршаллах , /иштта/ Цуьнан элчано а . Баккъалла а тхо Аллах1е догдохуш ду »

60.Баккъаллá а сáг1анаш /закаташ/ Аллах1ера парз хилла пéкъаршнá а , мисканашнá а , /уьш гулдеш/ цу т1ехь болхбечарнá а , шайн дегнаш /ислáмаца/ бертадáлочарнá а , /лайш/ азатбáхарехь /маьршабáхарехь/ а , /т1ехь/ декхардоллучарнá /шайх г1ýда хьаьрчанчарнá/ а , Аллах1ан новкъахь /г1азотдечарнá/ а , /некъбоьхначу/ нéкъан к1антанá /некъахочуннá/ а /дог1уш , луш/ ду . Аллах1 хууш верг , кхéтамé берг ву .

61.Цáрех бу шаьш пайхамарна /къамéлаца/ халахоьтуьйтурш , цáра олу : « Иза /шéга схьааьлларг , схьадийцинарг бакъдеш/ лергаш /долуш/ ву » Ахь ала : « Шуна диканна /бакъ-харц девзаш/ лергаш /долуш/ ву /иза/ , /ша/ Аллах1ах тешаш , муъманахах /хезначух/ тешаш ву , шоьх шаьш /Делах/ тешначарна /ша/ къинхетам бу /иза/ » . Аллах1ан элчанна халахоьтуьйтурш , цáрна лазош /долу/ 1áзап ду .

62.Шуна Аллах1аца дуйнаш буу цáра шу рéзадархьама , Аллах1 а , Цуьнан элчá а сов хьакъ вар-кха цáра шá рéзаван , уьш муъманах хилча .

63.Царна ца хиъна , баккъаллá а ша Аллах1ацá а , Цуьнан элчанцá а мостаг1алла /дов/ лелориг /мила велахь/ , баккъалла а цунна жоьжахатин ц1е хир юй /ша/ гуттар цу чохь лаьтташ /хир йолу/ ? И ю-кх /и/ йоккха сийсазалла /дéкъазалла/ .

64.Мунéпикъаш кхоьру шайна т1е /Дáла/ сýрат доссóрах , шайга шайн дегнаш чохь дерг дуьйцуш . Ахьа áла : «/х1аъ/ Кхарда шу /ма дáша шу элчано деанчух/ ! Баккъалла а Аллах1а áра /гучу нахала/ доккхур /ма/ ду шу шех кхоьрург »

65.Ахьа цаьрга /шу бусалбанашна х1унда лийра/ хаьттича , цара эра ма ду : « Баккъалла а тхо-м /бегашна хабарш/ дуьйцуш а , ловзуш а дарий » Ахь áла /цаьрга/ : « Аллах1ах , Цуьнан áятех , Цуьнан элчанах кхаьрдаш /цадéшаш/ дара шу ?! »

66.Бехказа ма дийла , бакъ долуш керстаналла дина аш шаьш /Дéлах/ тешначул т1аьхьа ! Тхо шоьх цхьана тобанна къинт1ера довлахь а , /шоьх цхьайолчу/ тобанна 1азап дийр ду Оха . Баккъалла а уьш къиношдеш хиларна .

67.Мунéпикъстегарий а , мунéпикъзударий а царех цхьаберш вукхарех /схьабевлла цхьаъ/ бу /уьш/ , цара омру до вóчуьнца , цамагадо /диканца/ девзинарг , шайн куьйгаш къовлу цара /харж ярха/ , Аллах1 /ца хьахош/ вицвина цара , /т1аккха/ Цо а бицбина уьш /Шен диканех/ . Баккъалла а мунéпикъаш , пéсакънах бу уьш

68.Аллах1а ч1аг1о йина мупéпикъстегаршнá , мунепикъзударшнá , керстанашнá жоьжахатин ц1ерца /шаьш/ гуттар цу чохь лаьтташ /хир йолу/ . И тоьур ю царна /1азап даларехь/ . Аллах1а шайна не1алт аьлла /Шен къинхетамах генабаьхна уьш/ . Царна /цахедаш/ д1ах1оьттина /лаьтташ долу/ 1азап ду .

69.Шул хьалхарчарна санна /1азап хир ду шуна а/ , уьш бара ницкъехь шул чог1а а , даьхнешкахь , доьзалшкахь /шул/ алсам а /х1етте а 1азап дира царна/ . Цáра шайн дéкъах зовкх хьийгира , аш шайн дéкъах зовкх хьийги , шул хьалхарчара шайн дéкъах зовкх ма-хьеггара , аш /харцдерг/ дийцира цара ма-дийццара . Уьш - церан 1амалаш /мéл бóцуш эрна/ яйна дуьненахь а , эхартахь а . Уьш бу уьш эшнарш .

70.Цáрна ца деана /тов/ шайл хьалхарчеран хабар – Нýхьа къóман /хичубахийтарх/ а , 1áдин /мохца х1аллакбарх/ а , Самýдан /ц1ог1ано лацарх/ а , Ибрáх1им къóман а , Мадьяна дайн /Шу1айб къоман/ а , /Лут1ан къоман/ шахьарийн /яртийн/ а ?! Царна баьхкира церан элчанаш билгалонашца /баххашца/ . Аллах1 вáцара цáрна зуламдийр долуш , делахь а уьш бар-кха шайн дог1машна зуламдеш .

71.Муъмастегарий а , муъмазударий а царех цхьаберш вукхарех /схьабевлла цхьаъ/ бу /уьш/ , цара омру до /диканца/ девзинчуьнца , цамагадо вóниг , ламаз /х1отта/ до цара , закат ло , Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а муьт1ахь бу уьш . Уьш – Аллах1а къинхетам бийр бу цáрех . Баккъалла а Аллахь сийлахь верг , кхетам берг ву .

72.Аллах1а ч1аг1о йина муъмастегаршнá а , муъмазударшнá а шайна к1елахула тáтолаш лéлаш /йолу , шаьш/ гуттар цу чохь лаьттар болу /ялсаманин/ бошмаш /яларца/ а , 1адн /дáхаран/ бошмашкахь хаза х1усамашца а . Аллах1ера /царна/ рéзахилар вунó доккха /деза/ ду . И бу иза боккха тóлам .

73.Х1ай пайхамар ! Джих1ад /г1азот/ де керстанашца а , мунепикъашца а , к1оршаме /шога/ хила цаьрца . Церан чуг1ойла жаьжахати ю . Ма вон воьрзийла ю-кх и .

74.Аллах1аца дуй буу цара , шаьш /и/ аьлла /ма/ дац /бохуш/ , /Делора/ бакъ долуш цара керстаналлин дош /ма/ аьлла , шайн бусалбаллин т1аьхьа керстá /ма/ хилла , шаьш ца кхаьчначуьнга /кхáча/ хьаьвсира уьш . Цáра гáмó ца лéлийра , Аллах1а а , Цуьнан элчано а шаьш Шен комаьршаллах хьал долуш дарнá бен . Уьш /тóба дина/ дохко бовлахь , царна тоьлуш хир ду и , /ткъа тóбадарха/ уьш д1аберзахь , Аллах1а царна 1азап дийр ду лазочу 1азапца дуьненахь а , эхартахь а .

75.Царех ву ша Аллах1ана ч1аг1о йинарг , /Делора/ Цо тхуна Шен комаьршаллах /тарó/ лахь , оха сáг1á лур ма ду , тхо диканахах хир ма ду /аьлла/

76.Ткъа Цо шайна Шен комаьршаллах делча , сутара хилира уьш цуна , д1абахара уьш , шаьш д1абирзина .

77.Цо мунéпикъалла йитира /кхоьллира/ царна шайн дегнашкахь , уьш Шена дуьхьалкхетар болчу /къемата/ дийналц , цара Аллах1ана хилпало /шалхо/ ярна а шаьш Цунна йинчу ч1аг1онгахь , уьш харцлуьйш хиларна а .

78.Царна ца хиъна , баккъалла а Аллах1ана шайн хьуламениг а , къайлахниг а хууш хилар а , баккъалла а Аллах1 къайленаш сов хууш верг вуйла а ?!

79.Шаьш анташ дохурш муъманахах сáг1анаш даларна т1ийра болчеран , шайна шаьш къахьегнарг бен цакарош болчу , царех /муъманахах/ кхаьрда уьш , /т1аккха/ Аллах1 кхаьрдара царех /мунéпикъех/ , царна лазош долу 1азап /хир/ ду .

80.Ахь царна гечдар дехийла , я царна гечдар ма дехийла , ахь царна кхузткъе иттаза гечдар дехча а Аллах1а царна /даннé а/ гечдийр ма дац . Иза , баккъалла а уьш Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а цатешарна ду . Аллах1а ца нисдо песакъ къам .

81./г1азоте/ Цабаьхкинарш баккхийбийра Аллах1ан элчане лáцадуг1уш шайн ц1ахьбисарх , царна цадийзира Аллах1ан новкъахь шайн даьхнешца а , шайн дог1машца а джих1ад /г1азот/ дар . Цара элира : « Сих ма ло йовхонгахь /г1азотана арадовла/ ! » Ахь ала /цаьрга/ : « /шу доьрзур долу/ Жоьжахатин ц1е йовхонна /цул/ сов ч1ог1а ю /шуна/ » , уьш кхеташ хиллехь .

82.К1еззиг боьлийла уьш , дуккхá боьлхийла уьш шаьш гулдеш хиллачун бекхамна .

83./ткъа/ Аллах1а хьо цáрех цхьана тóбанé вухáверзийна , цáра хьоьга /г1азотана юхахула арабовла/ пурба дехча , ахьа ала : « Цкъá а соьца /г1áзóтана/ áрадевр ма дац шу , цкъá а соьца /цхьана/ мостаг1ан дуьхьал т1ом бийр ма бац аш . Баккъалла а шу реза хилира ц1ахьдиса /со/ дуьххьара /аравóлуш/ . /х1инцачул т1аьхьа а/ Ц1ахь1е шу /хьалха/ цабаьхкинчарца » .

84.Цкъá а царех цхьаннé т1ехь /и/ велча /докъа/ лáмаз ма дéлахь , цуьнан каш т1е ма х1отталахь . Баккъалла а уьш цатешна Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а , уьш белла шаьш пéсакъ болуш .

85.Хьо цец ма воккхийла церан даьхнеш а , доьзалш а . Баккъалла а Аллах1ана лаьа царна дуьненахь цаьрца 1азап дан а , шаьш керста болуш церан синош довла а .

86./Аллах1а/ Цхьа сурат доссийча : « Аллах1ах тéша , Цуьнан элчанца /цхьана/ джих1ад /г1азот/ де » /аьлла/ , царех хьолан дайша хьоьга /ц1ахь1ан/ пурба дийхира , цара элира : « Дитахь тхо ц1ахьбуьсучарца хила »

87.Уьш резахилира цабаьхкинчарца шаьш хила , /цундела/ церан дегнаш т1е мух1ар тоьхна /Дала/ , кхеташ бац уьш /шайн пайден дерг х1ун ду/ .

88.Амма элчано а , шаьш цуьнах тешначара а джих1ад /г1азот/ дира шайн даьхнешцá а , шайн дог1машцá а . Уьш – царна /эхартахь/ диканаш ду, уьш бу уьш декъалберш .

89.Аллах1а царна кечйина , шайна к1елахула татолаш лéла /ялсамани/ бошмаш , /шаьш/ цу чохь гуттар лаьтташ /йолу/ . И бу-кх боккха толам .

90.Акха 1арбойх /шаьш г1азот ца дарна/ бехказбуьйлурш баьхкира шайна /и/ магадайта /гечдайта/ . Шаьш Аллах1 а , Цуьнан элча а харцвинарш /бехказбовлá ца бог1уш/ ц1ахьбисара . Царех шаьш /Делах/ цатешначарна лазош долу 1азап т1едог1ур ду .

91.Заь1апхошна /г1ийлачарна/ а , цомгучарна а , шаьш /т1еман г1ирсана/ ян харж ца карош болучарна а т1ехь къа дац /уьш ц1ахьбисарна/ , Аллах1аца а , Цуьнан элчанца а уьш догц1ена хиллехь . Дикадечарна т1ехь /бехк била/ цхьá некъ бац . Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .

92.Хьоьга шаьш /г1азоте/ бигийтархьама хьо волчу баьхкича , ахьа /шайга/ : « Суна ца карайо шена т1ехь шу дига /шу т1еховшо/ х1умa » аьлча , харж ян шайна х1умма ца караярна г1айг1анна шайн б1аьргаш б1аьрхих дуьзна долуш д1абирзинчарна т1ехь а дац /къа/ .

93.Баккъалла а /бехк билла/ некъ бу , шаьш хьоладай болуш хьоьга /шаьш ц1ахь1ан/ пурба доьхучарна т1ехь .Уьш резахилира цабаьхкинчарца /зударшца бухабисана/ шаьш хила . Аллах1а мух1ар тоьхна церан дегнаш т1е , царна ца хаа /и/ .

94.Шуна бехказабуьйлу уьш шу /шахьаре/ духадирзича , ахь áла /цаьрга/ : « Ма дийла /тхуна/ бехказа , тхо шух /тешнé а/ тешар /долуш/ ма дац . Бакъ долуш Аллах1а дийцина /довзийтина/ тхуна шун хабарех /хьелашех дерг/ . Шун 1амал гур ю Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а , цул т1аьхьа шу дерзор ду къайлаха дерг , даррехь /гуш/ дерг Хуучуьнга , т1аккха Цо дуьйцур ду шуна аш деш хилларг .

95.Шу /г1азотера/ уьш болчу духадирзича , Аллах1аца дуйнаш буур бу цара шуна , шу шайгара /бехкаш дахарх/ д1адерзийта . Д1адерза шу царех , баккъалла а уьш боьха /нах/ бу . /эхартахь/ Церан чуг1ойла жоьжахати ю , цара /къинойх/ гулдеш хиллачунна бекхамна .

96.Шуна дуйнаш буу цара шу шайна резахилийтархьама . Шу царна резахилча а баккъалла а Аллах1а реза /хир/ вац песакъ нахана .

97.Акха 1арбой керстаналлехь а , мунéпикъаллехь а /кхéчарел/ сов ч1ог1а бу , Аллах1а Шен элчанна т1едоссийнарг шайна ца хаъар /ца довзар , шайца/ сов дóг1уш /хьакъ долуш/ бу . Аллах1 хууш верг , кхетам берг ву .

98.Акха 1арбойх ву ша /Аллах1ан новкъахь/ ен харж зен /г1ýда/ лóрург /хетарг/ а , шуна хьовзамаш /бáланаш т1ебахкар/ ларбийриг /царна к1елахиънарг/ а . Царна хулийла /и/ вон хьовзам /бáла/ . Аллах1 хезаш верг , хууш верг ву .

99.Акха 1арбойх ву ша Аллах1ах , т1аьхьарчу /къемата/ дийнах тешарг а , ша /Аллах1ан новкъахь/ ен харж Аллах1ана гергавахар , элчан до1анаш /к1елавахар/ лóрург а . Вá ! Баккъалла а иза царна /Аллах1ан/ гергавахар /ма/ ду . Аллах1а Шен къинхетам юкъабáлор бу уьш . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .

100.Махкахбевллачарех /мух1ажирех/ , г1оьнчех /ансáрех/ хьалхарнаш , дуьххьарлеранаш а , шаьш диканца царна т1аьхьабаьзнарш а , Аллах1 резахилла царна , уьш а резахилла Цунна , Цо царна кечйина , шайна к1елахула татолаш лéла /ялсаманин/ бошмаш , /шаьш/ цу чохь гуттар абадехь лаьтташ /хир йолу/ . И бу-кх боккха толам .

101.Акха 1арбойх шуна гонахарчех а , мадийнат /шахьар/ ох1лунах а мунéпикъаш бу . Мунепикъаллин т1ехь марзбелла /боьлла/ , хьуна цабевза уьш , Тхуна бевза уьш . Оха шозза 1азап дийр ду царна , цул т1аьхьа уьш берзор бу доккхачу /буьрсачу/ 1азапе .

102.Вуьйш /малонна , сада1арé товжарна ц1ахьбисанарш/ къера хилира шайн къиношна , цара эйира /шайн/ дика 1амал а важа вóниг а . Аллах1 герга ву царна гечдан . Баккъаллá а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .

103.Церан даьхнех сáг1а /закат/ эца ахь , уьш /къинойх/ ц1анбеш , /мéлехь/ уьш совбохуш , царна до1а де ахь , баккъаллá а хьан до1а царна синтем /къинхетам/ бу . Аллах1 хезаш , хууш ву .

104.Царна ца хиъна , баккъаллá а Аллах1а Шен лешкара дохкобовлар къобал дой а , сáг1анаш схьаоьций а , баккъалла а Аллах1 – Иза дохкобовлар къобал дийриг , къинхетам бийриг вуйла ?!

105.Ахь áла /цаьрга/ : « 1амал йе аш , Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а , муъманахана а гур ю шун 1амал . Шу дерзор ду къайлаха дерг а , даррехь /гуш/ дерг Хуучуьнга , т1аккха Цо шуна дуьйцур ду аш деш хилларг

106.Кхиберш Аллах1ан омрунга догдохуш бу . Я царна 1азап дийр ду Цо , я церан дохкобовлар къобул дийр ду Цо . Аллах1 хууш верг , кхетаме верг ву .

107.Шаьш зенна а , керстаналлийна а , муъманах бекъарна а , хьалха Аллах1аца а , Цуьнан элчанца а т1ом бинчарна бухкечбарна а маьждиг доьг1нарш , /Делора/ цара дуйнаш буур ма бу : « Тхуна ца лиънера диканиг бен » /бохуш/ . Аллах1а тешалла до баккъалла а уьш харцлуьйш ма бу /аьлла/ .

108.Хьо /лáмазна/ ма х1отталахь цу /маьждиг/ чохь цкъá а . /Делора/ Дуьххьарлерачу дийнахь /дуьйна/ /Делах/ кхерарна т1ехь доьг1на маьждиг /цул/ сов хьакъ ма ду хьо шена чохь /ламазна/ х1отта . Цу чохь бу шаьш /дег1ана/ ц1анбала лууш /болу/ къонахий . Аллах1ана /дукха/ беза /шаьш/ ц1анойийраш .

109.Ша шен г1ишло Аллах1ех кхерарнá а , /И/ резахиларнá а т1ехь йоьг1нарг тоьлуш ву , я ша шен г1ишло чутекха болчу берда йистехь йоьг1нарг /тоьлу/ , т1аккха ша цуьнца жоьжахатин ц1ерга хаьрцина /йолу/ ?! Аллах1а ца нисдо зуламе къам

110.Цара ша йоьг1на /йолу/ церан г1ишло соцур яц , /ша/ церан дегнашкахь шеко /хиларх/ , /уьш балá белла/ церан дегнех дакъош хилча бен . Аллах1 хууш верг , кхетаме верг ву .

111.Баккъаллá а Аллáх1а эцна /г1азотана арабевллачу/ муъманáхера церан дог1маш а , церан даьхнеш а баккъаллá а царна ялсамани яларца . Аллах1ан новкъахь /мостаг1ех/ лéта уьш , цáрá бойъу /мостаг1ий/ , уьш а бойъу /мостаг1аша/ , /ша/ Цунна т1ехь ч1аг1о /хилла/ , Товрат чохь а , Инжийл чохь а , Къуръан чохь а /ша/ бакъхилла /ду и/ . Мила ву Аллах1ал г1оли шен ч1аг1о кхочуш ен верг ? Шу даккхийде шайн йохк-эцарх , аш шеца бартбинчу . И бу иза боккха толам .

112./баккхийбийр бу/ Дохкобевлларш , 1ибадатдийраш , хастамбийраш , марханаш кхобурш , руку1 дийраш , сужуд дийраш , /диканца/ девзинчуьнца омру дийраш , вониг цамагораш , Аллах1ан дозанаш лардийраш . Кхаъбаккха муъманахе !
113.Пайхамаран а , шаьш /Делах/ тешначеран а /бакъо йолуш , я цаьрца дог1уш/ ца хилла цара /Далла/ декъаховечарна гечдар дехар , уьш /шайн/ гергара хиллехь а , шайна билгала даьллачул т1аьхьа баккъалла а уьш жоьжахатин дай /хирг/ хилар .

114.Ибрах1има шен дена /иза валлалц/ гечдар дехар ца хилла ч1аг1онна бен , цо ша цунна йина йолу , ткъа цунна билгала даьлча баккъалла а и /шен да/ Аллах1ан мостаг1 хилар , ц1анвелира и цуьнах . Баккъалла а Ибрах1им ах1нé /до1анé/ , эсала /собаре , к1еда/ ма ву .

115.Аллах1 /ма/ вáцара /Ша цхьá/ къам тилор долуш , Ша и нисдинчул т1аьхьа , царна шаьш кхéра /ларбала/ безарг билгала даккхалц . Баккъалла а Аллах1 массó х1умá хууш /девзаш/ ву .

116.Баккъалла а Аллах1 , стигланийн а , лаьттин а паччахьалла /óлалла/ Цуьнан ду , дендо Цо , кхалхá до . Шун вац Аллах1 воцург /цхьá/ верас а , вац г1оьнчá а .

117./Делóра/ бакъ долуш Аллах1 дохкóбовлар къобал дина пайхамаран а , махкахбевллачéран /мух1ажирийн/ а , г1оьнчийн /ансáрийн/ а шаьш халóнан муьрехь /сахьтехь/ цунна /элчанна/ т1аьхьах1иттина болу , царех цхьана тобанна дегнаш /бакъóнах/ д1ахьовза /дóха/ герга хиллачул т1аьхьа , т1аккха царна гечдира Цо . Баккъалла а Иза царех къахеташ , къинхетам беш ву .

118.Шаьш бухабитинчу кхаьнна а , царна латта гатделча , ша шуьйра /шорта , доккха/ долу , царна шайн синош гатделча , уьш тешча Аллах1ах Цуьнга бен лочкъийла йоцийла , т1аккха гечдира Цо царна уьш дохкобовлийтархьама . Баккъалла а Аллах1 тóба къóбал дийриг , къинхетам бийриг ву .

119.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Аллах1ах кхéралуш , бакълуьйчарца хилалуш !

120.Мадийнат ох1лунан а , áкха 1арбойх царна гонаха-бéха-чéран а /бакъо/ ца хилла /г1áзоте ца бог1уш/ Аллах1ан элчанах т1аьхьабиса а , цуьнан синал /сов/ шайн синош дéза а . Иза , баккъалла а уьш – царна Аллах1ан новкъахь хьогалла а , хало а , мацалла а т1е ца йог1у , /шаьш/ керстанаш дарбечу /кхéрочу/ меттиге ца буьссу уьш , мостаг1чуьнгара тóлам ца боккху цáра , /Дáла/ шайна цуьнца дика 1амал язйина бен . Баккъаллá а Аллах1а ца йойъу дикадечеран ял .

121.Жима /к1еззиг/ а , йоккхá /дукхá/ а харж /ма/ ца йо цáра /Аллах1ан новкъахь/ , /цхьá/ тóг1и /боьра ма/ ца хáдайо цáра /мостаг1на т1ебоьлхуш/ , /цаьрца/ шайна /ял/ язйина бен , Аллах1а царна /совг1атна/ далархьама цáра дешхиллачух тоьлуш дерг .

122.Муъманах берриге áрабовла /дéкхар/ ца хилла . Царех х1ора тайпанех /дика лууш/ цхьа тóба араяьлча /кхачам бу/ , уьш динехь кхéта а , шайн къóмана д1ахьéдархьама а шаьш цаьрга бухабирзича , /т1аккха/ уьш /вóчух/ ларбала тарло /мега/ .

123.Х1ай шаьш /Дéлах/ тешнарш ! Керстанех шаьш шуна уллехь /1аш/ болчарца /хьалха/ т1ом бé , цáрна карайойла шоьгахь дéралла /буьрсалла/ , шуна хаийла баккъаллá а Аллах1 /Шех/ кхоьручаьрца вуйла !

124./Дáла/ Цхьа сýрат доссийча , цáрех /мунéпикъех/ ву ша óлург : « Муьлха ву шух х1окхо ша ийманехь сов ваьккхинарг ?! » . Амма шаьш /Дéлах/ тешнарш , цо сов баьхна уьш иймáнехь , уьш баккхийбоь /цуьнах/ .

125.Амма шайн дегнашчохь цамгар ерш , цо уьш сов баьхна /шайн/ боьхаллийна т1е боьхаллехь /шéкóнехь/ . Уьш белла шаьш керстанаш болуш .

126.Царна /мунéпикъашна/ ца го ткъа , баккъалла а шаьш х1ора шарахь цкъа я шозза зуьйш хилар ?! Цул т1аьхьа уьш /шайн къиношна/ дохкó ца бовлу , цара ойла ца йо .

127./Дáла/ Цхьа сýрат доссийча , царех цхьаберш вукхарга хьаьвсира /шаьш óлуш/ :« Цхьаннé гуш дуй шу ?» Цул т1аьхьа /бакъонах/ д1абирзира уьш , /т1аккха/ Аллах1а д1адерзийра церан дегнаш , баккъалла а уьш ца кхеташ къам долун дéла .

128./Дéлора/ Бакъ долуш шуна веана /ша/ шух /волу/ элча , цунна /дагна/ дéза ду аш /халóнех/ лайнарг , шуна /диканиг дарна/ т1ехь сутара ву /иза/ , муъманахах къахеташ , /цаьрца/ къинхéтаме ву /иза/ .

129.Ткъа уьш /ахь деанчух/ д1аберзахь , ахь áла : « Аллах1 тоьуш ву сунна , кхин дела вац Иза бен , Цунна т1етевжина со , Иза сийлахьчу 1аршан Дела ву .



10 - Сурат Юнус
/Маккахь доьссина ‚ 109 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Алиф , лам , ра . Х1орш кхетамечу /кхачамечу/ жайнан аяташ ду .

2.Нахана тамаш хилла тов , Оха царех /волчу/ цхьана стагана /дагчу/ хьехар :"Д1ахьеде нахана /царна кхерам хилар/ , шаьш /Делах/ тешначарна кхаъ баккха , баккъалла а царна шайн Далла гергахь бакъ /дика/ хьалхе хиларца" . /Делах/ Цатешначара элира :"Баккъалла а х1ара билггала бозбуанча ма ву"

3.Баккъалла а шун Дела - Аллах1 ву , Ша стигланаш а , латта а ялх дийнахь кхоьллина волу , т1аккха /Шеца дог1учу куьцара/ 1арша т1ехь д1атарвелла /волу/ , Цо леладо /д1акхоьхьу массо а/ г1уллакх , цхьа т1ех1оттархо /шафа1ат да хир/ вац Цуьнан пурбанал т1аьхьа бен . Иза ву шуна Аллах1 - шун Дела , 1ибадат де Цунна /цхьаъ варца/ . Ойла ца йо аша ?

4.Цуьнга ду шун дерзар массеран . Аллах1ан ч1аг1о бакъ ю . Баккъалла а Цо доладо кхоллар , т1аккха и /деллачул т1аьхьа/ юхакхуллу Цо шаьш /Шех/ тешначарна а , диканаш динчарна нийсонца бекхам бархьама . Шаьш /Делах/ цатешнарш - царна кхоьхкучух малар а , лазош /долу/ 1азап а ду уьш цатешаш хиларна

5.Иза ву Ша малхах серло , баттах нур хилийтинарг , меттигашца цуьнан /леларан/ барам бинарг , шуна хаийта шерийн дагардалар а , хьесап а . Аллах1а ца кхоьллина иза бакъонца бен . Аяташ билгала до Цо хуучу /ойлаечу/ нахана .

6.Баккъалла а буьйса , де къастарехь /хийцадаларехь/ а , стигланашкахь , лаьттахь Аллах1а кхоьллинчуьнгахь а , билгалонаш ма ю /Делах/ кхоьручу нахана .

7.Баккъалла а шаьш Тхуна дуьхьалбахкаре дог ца дохурш , дуьненан дахарна реза хилларш , цуьнца парг1ат бевлларш /д1атийнарш/ , шаьш Тхан билгалонех чидам боцурш ,

8.Уьш - церан боьрзийла /жоьжахатин/ ц1е ю , цара /дуьненахь/ гулдеш хилларг бахьанна .

9.Баккъалла а шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а , церан Дала уьш шайн ийманца /ялсамане боьдучу новкъа/ нисбийр бу , зовкхан бошмашкахь царна к1елахула татолаш лелар ду .

10.Цу чохь церан кхайкхам :"Йа Аллах1 , ц1ена вукх Хьо" бу , цу чохь церан маршалла /хаттар/ :"Машар" /алар/ ду . Церан т1аьххьара кхайкхам :ЁХастам бу Аллах1ана , 1аламийн Далла" /алар/ бу

11.Аллах1а адамашна вониг сихдича , цара диканиг сих ма-дарра , /Дала/ царга /сихха/ шайн 1ожалла кхачор ма яра . Оха буьту шаьш Тхуна дуьхьалбахкаре дог ца дохурш шайн тиларчохь боьхна лела

12.Адамах цхьа зен хьакхаделча , Тхоьга кхойкху цо шен аг1ор тевжина , я охьахиъна , я ирах1оьттина /волуш/ , ткъа Оха шех шен зен д1аайбича /д1атилийча/ , /шен харцонна т1ехь/ д1авоьду иза баккъалла а шех хьакхаделлачу зенна ша Тхьоьга ца кхайкхича санна . Иштта хаздина /харцонехь/ т1ехбуьйлучарна шаьш деш хилларг

13./Делора/ Бакъдолуш Оха х1аллак дина шул хьалхара чкъоьрнаш /къаьмнаш/ , цара зулам динчу хена . Царга баьхкира церан элчанаш билгалонашца , /х1етте/ уьш ма бацара /Делах/ тешар болуш . Иштта бекхам бо Оха къа латочу нахана

14.Т1аккха царел т1аьхьа Оха шу хилийтира лаьттахь верасаш , Тхаьш хьовсархьама шу муха лелар ду

15.Царна Тхан билгала /долу/ аяташ дешча , Тхуна дуьхьалбахкаре дог ца дохучара элира :"/тхуна/ Х1ара доцуш кхи къуръан да , я и хийца" . Ахьа ала :"Соьца ца дог1у аса и сайгара хийцар , со т1аьхьа ца х1утту сайга /Дала/ хьоьхучунна бен . Баккъалла а со кхоьру - сан Далла со 1еса хилча - доккхачу дийнан 1азапах"

16.Ахьа ала :"Аллах1ан лиънехьара аса шуна и доьшур дацара , /Дала/ шуна и /соьгахула/ довзуьйтур дацара . Бакъдолуш со цул хьалха /ма/
1ийна шуна юккъехь вехаш . Хьекъале ца хуьлу шу ?"

17.Мила ву Аллах1ана т1ехь харцо кхоьллинчул сов зуламе , я Цуьнан аяташ харц динчул ? Баккъалла а къалатораш декъал хир /ма/ бац

18.Цара 1ибадат до Аллах1 /1адда/ вуьтий , шайн зен ца дечунна а , шайна пайда ца бечунна а . Цара олу :"Х1орш - Аллах1ана гергахь тхан т1ех1уьттурш бу" . Ахьа ала :"Аша Аллах1ана хоуьйту Цунна стигланашкахь а , лаьттахь а ца хуург ?" . Ц1ена ву Иза , лакхаваьлла Иза цара /Шеца/ декъахо лоцучух .

19./хьалха/ Адамаш ца хилла цхьа /дин долу/ уммат бен , /цул т1аьхьа/ декъаделира уьш /динехь/ . Хьан Делера хьалха даьлла дош дацахьара , царна юкъахь къелйина хир ма яра уьш шегахь бекъалочуьнгахь .

20.Цара олу :"Цунна т1е шен Делера цхьа билгало йоссийнехьара" . Ахьа ала :"Баккъалла а къайлах дерг /хаар/ Аллах1ан /долахь/ ду . Хьовса /Делан 1азап даре/ ! Баккъалла а со ву шоьца /цхьана/ хьовсучарех"

21.Оха адамашка къинхетаман чам баккхийтича , царех хало хьакхайеллачул т1аьхьа , т1аккха Тхан аяташкахь мекарло ю церан . Ахьа ала :"Аллах1 сов чехка ву кийтарлонехь" . Баккъалла а Тхан геланчаш д1аязйеш ю аша еш йолу мекарло .

22.Иза ву Ша шу лаьттахула а , х1ордахула а лелориг . Шу хикеманаш чохь хилча , уьш цаьрца дахча мелачу мохца , уьш цуьнах баккхий бийча - /т1аккха/ цунна беара /хьаькхира/ ч1ог1а мох , царна еара тулг1е массо меттигера , царна хетаделира баккъалла а шайна го биллина - /т1аккха/ цара Аллах1е кхайкхира /доггах/ Цунна дин ц1андеш :"/Делора/ Ахьа тхо х1окхунах хьалхадахахь , тхо баркалла олучарех хир ма ду" /аьлла/ .

23.Ткъа Цо шаьш к1елхьара баьхначу хена , т1акхха уьш /цхьа/ бакъо йоцуш зулам /бохамаш/ деш бу лаьттахь . Х1ай нах ! Баккъалла а шун зулам , шуна шайна ду . Дуьненан дахаран /к1еззиг долу/ зовкх ду /и аша хьоьгург/ . Цул т1аьхьа Тхоьга ду шун дерзар , т1аккха Оха хоуьйтур ду шуна аша деш хилларг .

24.Баккъалла а дуьненан дахаран масал - Оха ша стиглара доссийначу /дог1ан/ хих тера ду , шеца ийна адамаш а , хьайбанаш а шех дуучух /долу/ лаьттан орамат . Лаьтто шен хазалла схьаэцча , и кечделча /хьийкъича/ , цуьнан ох1лунна хетаделча , баккъалла а шаьш цу т1ехь ницкъ кхочуш бу , Тхан кхел еара цунна буьйсана я дийнахь , Оха дира и /ялта/ хьаькхна , ша селхана ца хилча санна . Иштта билгала до Оха аяташ ойлаечу нахана .

25.Аллах1а /нах/ машаран х1усаме кхойкху , Шена луург /исламан/ нийсачу новкъа нисво .

26.Шаьш дика динчарна диканиг а , /цул/ совдерг а ду . Церан яххьаш хьулйийр йац чено /кхоларо/ а , сийсазалло а . Уьш ялсаманин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .

27.Шаьш вонаш динчарна - и санна вон бекхам бу , уьш хьулбийр бу сийсазалло . Цхьа ларвархо вац царна /шаьш/ Аллах1ах /ларбан/ . Шайн яххьаш боданечу буьйсан дакъошха хьулйича санна бу /уьш/ . Уьш жоьжахатин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .

28./хьахаде царна/ Оха уьш берриге /денбина/ гулбийр болу де . Т1аккха Оха эра ду шаьш /Делаца/ декъахо винчарга :"/cовца/ Шайн меттигехь шу а , шун декъахой а !" . Оха къастийра царна юккъехь . Церан декъахоша элира :"Шу дацара тхуна 1ибадат деш .

29.Аллах1 тоьар ву теш тхуна а , шуна а юккъехь . Баккъалла а тхо шун 1ибадатах чидам боцуш /ма/ дара"

30.Цигахь ловр /1овшур/ ду х1ор дег1о ша хьалха динарг . Уьш берзийра Аллах1е - шайн бакъволчу эле , д1атилира царех цара кхуллуш хилларг .

31.Ахьа ала :"Мила ву шуна стиглара а , лаьттара а рицкъа луш верг ? Я мила ву /шун/ хазар а , гар а шен долахь дерг ? Мила ву деллачух дийна дерг доккхург , дийначух делларг доккхург ? Мила ву /массо/ г1уллакх лелориг /д1акхоьхьург/ ? Цара эра ду :"Аллах1 ву" . Ахьа ала :"Шу /Цуьнах кхера/ ца кхоьру ?"

32.И Аллах1 ву шуна шун бакъволу Дела . Х1ун ду бакъдолчул т1аьхьа тилар бен ? Шу д1а муха дерзадо /Цунна 1ибадат дарха/ ?

33.Иштта бакъ /хьакъ/ хилла шаьш песакъ хиллачарна т1ехь хьан Делан дош - баккъалла а уьш /Делах/ тешаш бац .

34.Ахьа ала :"Вуй шун декъахойх кхоллар долош верг , т1аккха и юхакхуллург ?" Ахьа ала :"Аллах1а доладо кхоллар , т1аккха и юхакхуллу Цо . Шу /бакъонах/ 1еха муха до ?"

35.Ахьа ала :"Вуй шун декъахойх /тилларг/ бакъонга нисвеш верг ?" Ахьа ала :"Аллах1а нисво бакъонга" . Ткъа ша /тилларг/ бакъонга нисвеш верг хьакъ ву /лай/ шена т1аьхьах1отта , я ша /кхечо/ нисвичий бен /кхиверг/ ца нисвеш верг ву ? Х1ун хилла шуна , муха до аша хьукма ?

36.Царех дукхах берш т1аьхьа ца х1уьтту моттарна бен . Баккъалла а , моттаро хьалха ца доккху бакъдолчух х1умма . Баккъалла а Аллах1 хууш ву цара дийриг .

37.Х1ара къуръан ца хилла , Аллах1 воцучо /шегара/ кхолла /йиш йолуш/ . Делахь а /иза/ шел хьалхарниг бакъдар а , жайна билгалдар а ду - шегахь шеко йоцуш - 1аламийн Делера .

38.Я цара олу :"Цо /Мухьаммада шегара/ кхоьллина иза" ? Ахьа ала :"Т1аккха шу дуьйла цунах терачу /цхьана/ суратца , кхайкха Аллах1 воцург /г1оьнна/ шайн ницкъ мел кхочург , шу бакълуьйш делахь"

39.Мелхо а , цара харцдира шен хаарца шаьш го ца биллинарг , цаьрга кхаьчна дацара цуьнан дастар . Иштта , шаьш царел хьалхарчара харцдира /и/ . Хьажа муха хилла зуламхойн чаккхе /т1аьхье/ !

40.Царех ша цунах тешарг ву , царех ша цунах ца тешарг ву . Хьан Далла дукха дика бевза бохамхой .

41.Цара хьо харцвинехь ахьа ала :"Суна сан 1амал ю /бекхамна/ , шуна шун 1амал ю . Шу ц1ена ду аса дечух , со ц1ена ву аша дечух"

42.Царех бу шаьш хьоьга ладуг1урш . Ткъа ахьа /муха/ хозуьйтур ду къорачарна , /цу т1е/ уьш хьекъале боцуш хилча ?

43.Царех ву ша хьоьга хьоьжург . Ткъа ахьа /муха/ нисвийр ву б1аьрзенаш , уьш /са/ ца гуш хилча ?

44.Баккъалла а Аллах1а зулам ца до нахана х1уманца , делахь а , наха шайн дог1машна зулам до .

45.Цо уьш гулбечу дийнахь , шаьш /дуьненахь/ дийнах цхьана сахьтехь бен ца 1ийча санна , вовший бевзар бу царна . Бакъдолуш , эшна /хир бу/ Аллах1ана дуьхьал кхетар шаьш харцдинарш , уьш ца хилла нисбелла .

46.Оха хьоьга /гайтне а/ гайтича , Оха царна /1азапех/ ч1аг1о еш долу цхьадерг , я Оха хьо /цул хьалха кхалхане а/ кхалхийча , Тхьога ду церан берзар , т1аккха Аллах1 теш ву цара дечунна т1ехь .

47.Х1ор умматан /къоман/ элча ву . /ткъа/ Церан элча веача , царна юкъахь нийсонца кхелйо , царна зулам ца до .

48.Цара олу :"Маца ю х1ара ч1аг1о , шу бакълуьйш хилча ?"

49.Ахьа ала :"Сан долахь дац сан дег1ан зе , бац пайда а , Аллах1ана лиънарг бен . Х1ор умматан /шен/ хан ю /тоьхна/ . Церан хан еача , цара /и хан/ сахьтанна т1аьхьа ца тотту , хьалха ца йоккху .

50.Ахьа ала :"Шуна гиний /шайн хьал/ , шуна деача Цуьнан 1азап буьйсана , я дийнахь , х1ун сихдо цуьнах къа дечара ?

51.Т1аккха и доьжча , тийши шу цуьнах ? Х1инцай ? Бакъдолуш шу /ма/ дара и /харцдар/ сихдеш" .

52.Т1аккха элира шаьш зуламдинчарга :"1овша гуттаренан 1азап ! Бийр бу ткъа шуна бекхам , аша гулдеш /лоьхуш/ хиллачуьнца бен ?"

53.Хьоьгара хаа г1ерта уьш :"Бакъ дуй и /белларш денбар/ ?" . Ахьа ала :"Х1аъ , сан Делора , баккъалла а иза бакъ ма ду , шу ма дац /Аллах1 цунах/ г1орасиз
вийр долуш"

54.Баккъалла а , х1ор зуламдинчу синна лаьттахь /мел/ дерг /долахь/ делхьара , /къемата дийнахь/ цо /шен са эца/ маханна лур ма дара и . Цара хьулдира /шайн/ дохкобовлар , шайна 1азап гинчу хена . Нийсонца кхелйира царна юккъехь . Царна зулам ца до .

55.Ва ! Баккъалла а Аллах1ан /долахь/ ду стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг . Ва ! Баккъалла а Аллах1ан ч1аг1о бакъ ю , делахь а , царех дукхах болчарна ца хаа /и/ .

56.Цо /массо х1ума/ дендо , кхалхадо , Цуьнга дерзор ду шу

57.Х1ай нах ! Бакъдолуш , шоьга шун Делера /хаза/ хьехам а , /шун/ кийранашкахь /шеконех/ долчунна дарба а , муъманахана къинхетам /нийса некъ/ а беана

58.Ахьа ала :"Аллах1ан комаьршаллийца а , Цуьнан къинхетамца а - цуьнца баккхийбебойла уьш !" . Иза /мелхо/ г1олий /тоьлуш/ ду цара /дуьненах/ гулдечул а .

59.Ахьа ала :"/дийцийша/ Шуна гиний , Аллах1а рицкъанех шуна доссийнарг , /т1аккха/ аша шех хьарам , хьанал динарг ?" . Ахьа ала :"Аллах1а пурба делла шуна /цуьнгахь/ , йа Аллах1ана т1ехь харца кхуллуш ду шу ?" .

60.Х1ун хета , Аллах1ана т1ехь харцо кхуллучарна , къемата дийнах ? Баккъалла а Аллах1 , нахана т1ехь комаьршаллин Да ма ву , х1етте а царех дукхах болчара баркалла /ма/ ца олу .

61.Хьо ца хуьлу /цхьана/ г1уллакхехь /хьолехь/ , ахь ца доьшу цунах - къуръанах /х1умма/ , аш ца йо цхьа 1амал , Тхо шайна т1ехь теш долуш бен , шу цу /балхана/ чудулучу хена . Хьан Делах хьуллуш /къайладолуш/ дац лаьттахь а , дац стиглахь а заррат барамехь /х1ума/ , дац цул жимадерг , дац цул доккхадерг /ша/ билгалчу жайнахь долуш бен

62.Ва /нах/ ! Баккъалла а Аллах1ан авлияаш , царна т1ехь кхерам /хир/ бац , уьш /хир/ бац г1айг1ане

63.шаьш /Делах/ тешна , /Делах/ кхоьруш хилла /болу/

64.царна кхаъ бу дуьненан дахарехь а , эхартахь а . Хийцар дац Аллах1ан дешнашна . И бу и боккха толам

65.Хьо г1айг1ане ма войла церан аларо , баккъалла а сийлалла Аллах1ан ю ерриге а . Иза хезаш , хууш ву .

66.Ва /нах/ ! Баккъалла а Аллах1ан ву стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ верг . Стенна т1аьхьабозуш бу шаьш Аллах1 воцург /кхин/ декъахой кхойкхурш ? Уьш т1аьхьацабозу хетарна бен , уьш ма бац /харцдерг/ моьттуш бен

67.Иза ву Ша шуна йинарг буьйса а , цу чохь шуна синтем хилийта , де /динарг/ а /шена чохь са/ гуш . Баккъалла а цу чохь билгалонаш ю хезаш болчу нахана

68.Цара элира :"Аллах1а /Шена/ доьзалхо лаьцна" Ц1ена ву-кх И ! Кхачаме ву И /доьзале хьаштхиларх/ . Цуьнан /долахь/ ду стигланашкахь /мел/ дерг а , лаьттахь /мел/ дерг а . Шоьгахь бац х1окхунах /аш дуьйцучух цхьа а/ бух . Аш /муха/ олу Аллах1ана т1ехь шайна ца хууш дерг ?

69.Ахь ала :"Баккъалла а шаьш Аллах1ана т1ехь харцо кхуллурш , декъал хир бац" .

70./иза цара/ Дуьненахь /хьоьгуш долу/ зовкх ду , цул т1аьхьа Тхоьга ду церан берзар , т1аккха Оха царга 1овшуьйтур ду ч1ог1а /буьрса/ 1азап , уьш /Делах/ цатешаш хиларна

71.Деша /дийца/ царна Нухьан хабар , цо шен къоме элира :"Х1ай сан къам ! /нагахь санна/ Шуна доккха хиллехь /дазделлехь шуна юкъахь/ сан 1ар а , Алллах1ан билгалонаш ас /шуна/ дагаяхкийтар а , Аллах1ана т1етевжина со , аша гулбе /кечбе/ шайн болх , /кхайкха/ шайн декъахой , цул т1аьхьа шун болх ма хулийла шуна т1ехь сингаттам , т1аккха бе суна /и болх/ , т1аьхьамататталуш со !

72.Ткъа шу /муьт1ахьаллех/ юхакхетнехь , ас ца ехна шоьга /цхьа а/ ял /мах/ , сан ял ма яц Аллах1ана т1ехь бен , соьга /Дала/ омру дина бусулбанех хиларца"

73.Цара харцвира и , Оха к1елхьара ваьккхира иза , цуьнца /динехь мел/ верг а хикеманахь , Оха бира уьш /лаьттахь/ верасаш , Оха хибуха бахийтира шаьш Тхан билгалонаш хирцйинарш . Хьажа муха хилла шайга д1ахьединчеран /кхерамтесначеран/ чаккхе /т1аьхьло/

74.Цул /Нухьал/ т1аьхьа Оха бахкийтира элчанаш шайн къоме , уьш баьхкира царга билгалонашца , /ткъа/ уьш бацара /элчанашал/ хьалха цара ша харцдинчух тешар болуш . Иштта мух1ар туху Оха /дозанел/ т1ехбуьйлучеран дегнаш т1е

75.Т1аккха царел т1аьхьа Муса а , Х1арун а ваийтира Оха Фир1авн а , цуьнан элий а болчу Тхан билгалонашца , /царех тешарх/ куралла йира цара , уьш хилира къадеш /долу/ къам

76.Шайна Тхоьгара бакъдерг деанчу хена цара элира :»Баккъалла а х1ара билггала бозбуанчалла ма ду »

77.Мусас элира : »Аш /муха/ олу ткъа бакъдолчунна , шайна и деача : »Бозбуанчалла ду х1ара ? » Бозбуанчаш декъала /ма/ ца хуьлу » .

78.Цара элира : »Хьо веана ткъа тхо д1адерзо тхуна тхан дай шена т1ехь карийначух , т1аккха шушинна лаьттахь сийлалла хила ? Тхо /ма/ дац шушиннах тешаш»

79.Фир1авнас элира : »Схьавалаве сунна массо говза бозбуанча»

80.Бозбуанчаш баьхкича , царга Мусас элира : »Охьакхосса шаьш кхуссург»

81.Цара охьакхоьссича /шаьш кхуссург/ , Мусас элира : »Шу шеца даьхкинарг бозбуанчалла ду . Баккъалла а Аллах1а дохор ду и . Баккъалла а Аллах1а то ца йо бохамхойн 1амал »

82.Аллах1а ч1аг1до бакъдерг Шен дешнашца , къа дечарна /и/ цадезнехь а .

83.Мусах ца тийшира цуьнан къомах цхьа тоба бен , Фир1авнах а , шайн элийх а кхоьруш , шаьш цо зерна /ийманах дохорна/ . Баккъалла а Фир1авн лакхаваьлла /кураваьлла/ ма ву лаьттахь . Баккъалла а иза /Делан дозанел/ т1ехбевллачарех ма ву

84.Мусас элира : »Х1ай сан къам ! Аллах1ах /И цхьаъ хилар/ тешна шу делахь , Цунна т1етовжа , шу бусулбанаш делахь »

85.Цара элира : »Аллах1ана т1етевжина тхо . Х1ай тхан Дела ! Ма хилийтахь тхо зуламечу къомана /карахь/ питана !

86.К1елхьарадахахь тхо Хьан къинхетамца керстачу къомах ! »

87.Оха /дагчу/ хьийхира Мусана а , цуьнан вешина а : »Шаьшшин къомана Мисрахь х1усамаш лацар . Аш хилийта шайн х1усамаш къилба , ламаз /кхачаме х1отта/ де . Муъманахе кхаъбаккха ! »

88.Мусас элира : »Х1ай тхан Дела ! Баккъалла а Фир1авнна , цуьнан элашна хазалла а , бахамаш а делла Ахь дуьненан дахарехь , х1ай тхан Дела царга Хьан некъах /нах/ тилабайта , х1ай тхан Дела х1аллакбехьа церан бахамаш , ч1аг1дехьа церан дегнаш , т1аккха уьш иймане бог1ур бацара шайна лазош /долу/ 1азап галлалц ! »

89./Дала/ Элира : »Бакъдолуш шушиннан до1анна жопделла , /Сан омрунна т1ехь/ нисло шушиъ , т1аьхьамах1отта шушиъ шаьш ца хууш болчеран новкъана ! »

90.Х1ордал дехьабехира Оха Исраилан к1ентий /и бекъа а бекъна/ , /т1екхиа дагахь/ т1аьхьабевлира царна Фир1авн , цуьнан б1аьхой зуламна а , мостаг1алийна а . Шена т1е хибухавахийтар кхиъча цо /Фир1авнас/ элира : »/х1инца/ Тийши со , баккъалла а /кхин/ дела ца хиларх , Исраилан к1ентий шех тешнарг бен , со бусулбанех ву-кх»

91. »Х1инцай ? Бакъдолуш /х1окхул/ хьалхам 1еса /ма/ вара хьо , бохамхойх /ма/ вара хьо !

92.Тахана Оха к1елхьаравоккхур ву хьо хьан дег1аца , хьо хилийта хьоьл т1аьхьарчарна билгало . Баккъалла а дукхах болу нах Тхан билгалонех чидамбоцуш ма бу

93./Делора/ Бакъдолуш Оха /баха/ ховшийра Исраилан к1ентий бакъонан /лераман/ ховшаре /махка/ , ц1еначарех /хьаналчух/ рицкъа делира Оха царна , ткъа уьш бекъа /ма/ ца белира шайна /хууш долу/ хаар даллалц . Баккъалла а хьан Дала къематан дийнахь кхелйийр ю царна юккъехь , уьш шегахь бекъалуш хиллачуьнгахь

94.Ткъа хьо шеконехь хиллехь Оха хьайга доссийначух , ахь хатта шаьш хьоьл хьалха /Таврат , Инжийл/ жайна доьшучарга . /Делора/ Бакъдолуш , Хьоьга хьан Делера бакъдерг /ма/ деана , хьо /хилне/ ма хуьлийла шекболчарех

95.Хьо /хилне/ ма хуьлийла шаьш Аллах1ан билгалонаш харцйиначарех , т1аккха хьо хила эшначарех

96.Баккъалла а шайна т1ехь хьан Делан /1азапан/ дош хьакъ хилларш , /Делан билгалонех/ тешаш бац

97.Шайга массо билгало еача а , лазош долу 1азап шайна галлалц

98. /Делах/ Тешна цхьа юьрт елара , шен тешаро шена пайда бина , Юнусан къам доцург , уьш тешначу хена Оха царех д1аайдира сийсазаллин 1азап дуьненан дахарехь , Оха царга зовкх хьегийтира цхьана ханна

99.Хьан Далла лиънехьара , лаьттахь /мел/ верг /Цунах/ тешна хир ма вара уьш массо - берриге . Ткъа ахь нах /нуьцкъала/ т1е /муха/ те1або царех муъманах хилийта ?!

100.Цхьана дег1ана /лаамца ма/ дац ша тешар , Аллах1ан пурбанца бен . Цо та1зар до /хьекъале/ ойла ца ечарна т1ехь .

101.Ахь ала :"Хьовса , х1ун ду стигланашкахь а , лаьттахь а /Делан билгалонех/ !" /1азапех/ Хьалха /ма/ ца доккху билгалонаша а , д1ахьедархоша а тешаш доцу къам .

102./хьо харцварца/ Шайл хьалха /цатешаш/ д1абаханчеран санна /долчу 1азапан/ деношка бен хьоьжий уьш ?! Ахь ала :"Хьовса шу /ларде аш уьш/ , баккъалла а со ву шоьца цхьаьна хьовсучарех !"

103./1есанах х1аллакбина/ Цул т1аьхьа , Оха /1азапах/ к1елхьарабохур бу Тхан элчанаш а , шаьш /Делах/ тешнарш а . Иштта , /декхар хилла/ хьакъ ду Тхуна т1ехь муъманах к1елхьарабахар

104.Ахь ала :"Х1ай нах ! Шу сан динах шекон чохь делахь , ас 1ибадат ца до /шуна/ Аллах1 воцуш аш шайна 1ибадат дечарна , амма ас 1ибадат до Аллах1ана , Ша шу /хан кхаьчча/ кхалхош волчу , /Цо/ соьга омру дина муъманахах хиларца

105./соьга Дала аьлла/ Хьан юьхь д1ах1оттае динна /цу т1ехь/ нисвелла /цуьнга/ т1етевжина/ , хьо /хилне/ ма хуьлийла /Делаца/ декъаховечарех

106.Ахь ма кхайкха , Аллах1 воцуш , хьайна пайдацабийриг а , хьайна зецадийриг а , ахь /и/ дахь , т1аккха баккъалла а хьо зуламхойх /ма/ ву

107.Аллах1а хьуна цхьа зе дича , и д1аойбург вац Иза /Ша/ воцург , Цунна хьуна цхьа дика лиъча , Цуьнан комаьршалла юхатухург вац /цхьа а/ . Цо и т1едоуьйту /кхиадо/ Шен лешха Шена луучунна . Иза гечдийриг , къинхетамениг ву

108.Ахь ала :"Х1ай нах ! Бакъдолуш , шоьга деана шун Делера бакъдерг , ша нисвелларг , баккъалла а шен дег1ана нисло , /ткъа/ ша /бакъонах/ тилавелларг , баккъалла а цунна /шен дег1ана зенна/ тилало . Со /ма/ вац шуна т1ехь векал /вина/"

109.Т1аьхьаваза хьайга /Дала/ хьоьхучунна , сатоха /халонна/ Аллах1а кхел яллалц , Иза ву кхелахойх тоьлуш /г1олехьа/ верг .



11 - Сурат ХIуд

/Маккахь доьссина ‚ 123 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу


1.Алаф , лам , ра . /х1ара/ Жайна ду , шен аяташ /лерина/ ч1аг1дина /нисдина/ , т1аккха кхетамечунна , хуучунна /говзанчанна/ гергара даьстина ,

2.шоьга Аллах1ана бен 1ибадат ца дайтийта . Баккъалла а со шуна Цуьнгара /1азап/ д1ахьедийриг а , /ялца/ кхаъ боккхург а ву .

3.шоьга шайн Деле гечдар дехийта а , т1аккха /1ибадатца/ Цуьнга дерзийта а - /т1аккха/ Цо шоьга дикачу зовкхаца зовкх хьоьгуьйтур ду ц1етоьхначу ханналц , массо /дикадечу/ комаьршаллин дена Шен комаьршалла лур ю . /ткъа/ Шу д1адерзахь , баккъалла а со кхоьру шуна т1ехь доккхачу дийнан 1азапех .

4.Аллах1е ду шун дерзар . Иза массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш ву .

5.Ва /нах/ ! Баккъалла а цара хабадо /д1адерзадо/ шайн накхош Цуьнах хьулбалархьама . Ва ! Цара /шайха/ шайн бедарш хьарчочу хена Цунна хууш ду цара хьулдийриг а , гучудоккхург а . Баккъалла а Иза хууш ву кийранашкахь дерг .

6.Цхьа дийнат дац лаьттахь шен рицкъа Аллах1ана /комаьршаллин/ т1ехь долуш бен . Цунна хаа цуьнан 1ойла а , цуьнан латтийла . Дерриг билгалчу жайнахь /д1аяздина/ ду .

7.Иза ву Ша кхоьллинарг стигланаш а , латта а ялх дийнахь . Цуьнан 1арш яра хи т1ехь . Шу зерхьама , муьлха ву шух 1амалехь г1оли верг . /Делора/ Ахьа аьлча :"Баккъалла а шу деллачул т1аьхьа /дендина/ г1овттор ду" , шаьш /Делах/ цатешначара эра ма дара :"Х1ара ма дац билгала /долу/ бозубанчалла бен"

8./Делора/ Оха царех 1азап т1аьхьатеттича леринчу /ягарйинчу/ хене , цара эра ма дара :"Cте сецадо и ?" Ва ! И /1азап/ царна дог1учу дийнахь /цхьаммо/ царех д1ахьовзор дац . Царна т1едог1ур ду уьш шех кхаьрдаш /цабешаш/ хилларг .

9./Делора/ Оха адаме Тхайгара къинхетамех чам баккхийтана , т1аккха цуьнах и д1абаьккхича - баккъалла а иза догдуьллург , /Делах/ ч1ог1а цатешарг ма ду

10./Делора/ Оха цуьнга зовкхан чам баккхийтача , цуьнах хьакхабеллачу баланал т1аьхьа , цо эра ма дара :"Д1адаха соьх вонаш" , Баккъалла а иза /шен карарчух/ воккхавуьйш , дозалла деш ма ву .

11.Шаьш /баланна/ сатоьхнарш а , диканаш динарш а боцурш . /ткъа/ Уьш - царна /Делера/ гечдар а , йоккха ял а ю .

12.Ахьа /д1ацакхачош/ хьайга /Дала/ хьоьху цхьадерг дита тарло , цуьнца хьан накха гаттабала а /тарло/ цара аларна :"Цунна т1е хазна йоссийнехьара , я цуьнца малик деанехьара" . Баккъалла а хьо д1ахьедийриг ву . Аллах1 массо х1уманна т1ехь векал /юкъархо/ ву .

13.Я цара олу :"Цо /шегара/ кхоьллинера иза-м" . Ахьа ала :"Т1аккха аша даладе цунах тера итт сурат , /шайгара/ кхоьллина /долу/ , кхайкха /г1оьнна/ шайн йиш йолчуьнга , Аллах1 воцуш /кхечуьнга/ , шу бакълуьйш хиллехь .

14./ткъа/ Цара шайна жоп ца деллехь , шуна хаийла баккъалла а и /къуръан/ Аллах1ан 1илманца доссийна дуй , баккъалла а кхин дела воций И бен . Дуй шу бусалба ?

15.Ша /шен 1амалца/ дуьненан дахар а , цуьнан хазалла а лууш хилларг /милла велахь/ - Оха цу /дуьнен/ чохь кхоччуш д1алур ю царна шайн 1амалийн ял , уьш цу /дуьнен/ чохь /х1уманна/ эшор бац .

16.Уьш - шайна эхартахь /жоьжахатин/ ц1е бен йоцурш бу . Эрна дайна цара цу /дуьнен/ чохь динарг , доьхна ду цара деш хилларг .

17./дуьне дезарг санна ву/ Ша шен Делера билгалонна т1ехь хилларг , шена т1аьхьавозуш Цуьнгара теш волуш , цул хьалха Мусан жайна хилла имам а , къинхетам а ? Уьш - цунах тешаш бу . Тобанашха ша цунах цатешарг /милла велахь/ , /жоьжахатин/ ц1е ю цуьнан йиллина хан . Хьо ма хила цунах шеконехь , баккъалла а и хьан Делера бакъдерг ду , делахь а дукхахболу нах ца теша

18.Мила ву Аллах1ан т1ехь харцо кхоьллинчул а сов зуламе ? Уьш /къемата дийнахь/ шайн Далла хьалха д1ах1иттор бу , тешаш эра ду :"Х1орш бу /уьш/ шаьш шайн Далла т1ехь харцо кхоьллинарш . Ва ! Аллах1ан не1алт хуьлийла зуламхошна ,

19.шаьш Аллах1ан новкъах /нах/ бухабетташ болу , и гома хила лууш болу , уьш бу уьш эхартах цатешарш .

20.Уьш ца хилла /Аллах1/ г1орасиза веш лаьттахь , ца хилла царна Аллах1 воцург /1азап духатоха/ кхин г1оьнчий а . Шозза совдоккхур ду Цо царна 1азап , уьш бацара ладог1а ницкъ кхочуш , бацара гуш а

21.Уьш - шаьш шайн дог1машна эшам бинарш бу . /доьхна/ Д1атилла царех цара кхуллуш хилларг .

22.Дера /шеко йоцуш/ баккъалла а уьш ма бу уьш эхартахь уггар эшнарш

23.Баккъалла а шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а , шайн Далла муьт1ахь хилларш а - уьш ялсаманин дай бу , уьш цу чохь гуттур 1ийр бу .

24./оцу/ Шина тобанан масал - б1аьрзе , къора волчух а , б1аьрса гуш , хезаш волчух а тера ду . Юй и шиъ /тоба/ масалехь цхьатерра ? Шу ца кхета ?

25./Делора/ Бакъдолуш Оха вахийтина Нухь шен къоме /ша олуш/ :"Баккъалла а со шуна билггала д1ахьедийриг ву ,

26.Аллах1ана бен 1ибадат ма де . Баккъалла а со кхоьру шуна т1ехь лазочу дийнан 1азапех"

27.Цуьнан къомах болчу шаьш /Делах/ цатешначу элаша элира :"Тхуна хьо ца го тхо санна адам бен , тхуна хьо ца го хьайна т1аьхьах1иттина шаьш тхоьх лахарнаш /беркъанаш/ болуш бен , дагахь х1ума доцуш болу . Тхуна ца го шуна тхайна т1ехь цхьа а дозалла . Мелхо а , тхуна шу харцлуьйш хета" .

28.Цо /Нухьаса/ элира :"Х1ай сан къам ! Гой шуна , со сайн Делера цхьана цхьана бух т1ехь хилча , Цо суна Шена гергара къинхетам белча , т1аккха /Цо/ шух и хьулбича , Оха шуна т1е /муха/ божор бу и , шу и цабезаш долуш ?

29.Х1ай сан къам ! Аса шоьга ца боьху цу /дин/ т1ехь бахам , сан ял яц Аллах1ан т1ехь бен . Со вац шаьш /Делах/ тешнарш лелхор болуш . Баккъалла а уьш шайн Далла дуьхьал х1уьттур бу . Амма суна шу го сонта нах .

30.Х1ай сан къам ! Со хьа ларвийр ву Аллах1ех , аса уьш лелхийча ? Шу ца кхета ?

31.Аса шоьга ца боху :"Cоьгахь Аллах1ан хазнаш ю". Къайле ца хаа суна . Аса ца боху :"Баккъалла а со малик ду" . Аса ца боху шун б1аьргаш /шайха/ цадешачарна :"Аллах1а царна цхьа дика лур ма дац" . Аллах1 т1ех дика хууш ву церан дог1машкахь дерг . Баккъалла а /аса и бахахьара/ со т1аккха зуламхойх /хир/ ма ву" .

32.Цара элира :"Х1ай Нухь ! Бакъдолуш тхоьца къийси ахьа , шорта ди ахьа тхоьца къийсар , вола тхуна айхьа тхуна ч1аг1о ечуьнца , хьо /цуьнгахь/ бакълуьйчарех хиллехь"

33.Цо элира :"Баккъалла а цуьнца Аллах1 вог1ур ву шуна - Шена /и сихдан/ лаахь - шу дац /И/ г1орасиз вийр волуш .

34.Шуна пайда бийр бац сан хьехамо . Суна шуна хьехам бан лиъча а . /нагахь санна/ Аллах1 шу тило лууш хиллехь . Иза ву шун Дела , Цуьнга доьрзур ду шу .

35.Я цара боху :"Цо /шегара/ кхоьллина иза" . Ахьа ала :"Иза аса кхоьллинехь , суна т1ехь ду-кх сан къа , со ц1ена ву-кх аша дечу къинойх"
36.Нухье /Дала/ хьийхира :"Баккъалла а хьан къомах /Делах/ тешар вац , ша х1инцале тешнарг бен . Ахьа г1айг1а ма йе цара деш хиллачунна .

37./х1орда/ Кема де Тхан б1аьр хьалха , Тхан хьехарца . Соьга вист ма хила зулам динчеран хьокъехь . Баккъалла а уьш хи буха бохуьйтур бу .

38.Цо кема дора , /ткъа/ цуьнан къомах /болу/ элий цуна юххехула чекх мел бовлу цуьнах /цабешаш/ боьлура . Цо элира :"Шу /х1инца/ тхоьх делахь , баккъалла а тхо шух доьлур /ма/ ду шу /тхоьх/ ма-деллара .

39.Т1аьхьа хуур ду шуна , мила ву и шена 1азап дог1ур дерг , ша сийсазвеш долу , шена т1е дуссур дерг диллина лаьтта 1азап"

40.Тхан омру деача , пеш кхихкича , Оха элира :"Ахьа хьо цу /кеман/ чохь массо шина кепарчух /сте-боьрша/ шиъ а , хьан доьзал а /царех/ шена т1ехь /Дела/ дош хьалха даьлларг воцург , ша /Делах/ тешнарг а" . Цуьнца /Делах/ ца тийшира к1еззиг /нах/ бен .

41.Цо элира :"Ховша цу /кеман/ чу ! Аллах1ан ц1арца ду цуьнан лелар а , цуьнан сацар а . Баккъалла а сан Дела гечдийриг , къинхетамениг ма ву"

42.И лелара цаьрца лаьмнаш санначу тулг1енашкахь . Нухьас кхайкхира шен к1анте , /кеманна/ нацкъара вара и :"Х1ай сан жима к1ант ! Т1е хаахь тхоьца , ма хилахь керстанашца !"

43.Цо элира :"Лам т1е вер ву со , цо ларвийр ву со хих" . /Нухьас/ Элира :"Аллах1ан омрунех ларвархо вац тахана /цхьа а/ , Цо /шех/ къинхетам бинарг воцург" . Тулг1ено д1асакъастийра и шиъ , иза хилира хи буха бахийтинчарех .

44./Дала/ Элира :"Х1ай латта ! Д1ахуда хьайн хи ! Х1ай стигал ! Саца /дог1анах/ !" . Хи лахделира , /оцу/ белхан кхел кхочуш хилира . И /кема/ сецира Джуд-лам т1ехь . Элира :"/Делан къинхетамах/ Генадоккхийла зуламе къам"

45.Нухьас кхайкхира Шен деле , цо элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а сан к1ант , сан доьзалх ву /и/ , Хьан ч1аг1о бакъ ю , Хьо - кхелахойх уггар говзаниг ву"

46./Дала/ Элира :"Х1ай Нухь ! Баккъалла а иза хьан доьзалх вац , баккъалла а иза дика боцу болх бу . Ахьа ма деха Соьга хьан шех /дерг/ хаар доцург . Баккъалла а Аса хьехам бо хьуна сонтачарех хиларх"

47./Нухьас/ Элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а со ларло Хьоьца айса дехарх сан шех /дерг/ хаар доцург . Ахьа суна геч ца дахь , соьх къинхетам ца бахь - со хир ву эшначарех"

48.Элира :"Х1ай Нухь ! Охьавосса Тхоьгарчу маршонца а , беркаташца а хьайна а , хьоьца долчу халкъашна а . /цхьадолу/ Халкъаш Оха т1аьхьа зовкх хьоьгуьйтур ду цаьрга , цул т1аьхьа царех хьакхалур ду Тхоьгара лазош долу 1азап" .

49.И /дийцар/ къайленан хабарех ду , Оха шаьш хьоьга хьоьхуш долу , вацар и хууш хьо а , дацар хьан къам а х1окхул хьалха . Сатоха ! Баккъалла а чаккхе /Делах/ кхоьручарна ю .

50.1адашка - церан ваша Х1уд /вахийтира/ . Цо элира :"Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибадат де , шун вац И воцург кхин дела . Шу дац , /харцо/ кхуллурш бен .

51.Х1ай сан къам ! Аса ца боьху шоьга цу т1ехь мах , сан мах бац , Ша со кхоьллинчунна т1ехь бен . Хьекъале ца хуьлу шу ?

52.Х1ай сан къам ! Гечдар деха шайн Деле , цул т1аьхьа /дохкодовларца/ дерза Цуьнга - /т1аккха/ Цо шуна т1е стигал йоуьйтур шортта дог1анца , шу совдохур ду шун ницкъана т1е а ницкъехь , шу /цуьнах/ д1а ма дерза къа дийраш хилла .

53.Цара элира :"Х1ай Х1уд ! Хьо ца веана тхоьга /цхьана/ билгалонца . Тхо дац буьтур болуш тхан деланаш хьан дашна , тхо дац хьоьх тешаш .

54.Оха ца олу , цхьаболчу тхан деланаш хьуна /цхьа/ вон дина /хир ду/ алар бен" . Цо элира :"Баккъалла а аса Аллах1 х1оттаво /сайна/ теш , аша тешалла де баккъалла а со ц1ена хилар аша ша декъахо вечух

55.Аллах1 воцург . Аша массара мекарло йе сунна , со т1аьхьа ма татта .

56.Баккъалла а со тевжина Аллах1ан т1е - сан Далла а , шун Далла а /т1е/ . Цхьа дийнат дац , шен к1ужал лаьцна И волуш бен . Баккъалла а сан Дела нийсачу новкъа т1ехь ву .

57.Шу /цуьнах/ д1адерзахь , бакъдолуш аса шуна д1акхачийна со шоьга шеца ваийтинарг . Сан Дала /шун меттана/ т1аьхьа дуьтур ду кхин къам шу доцург . Аша Цуна зен дийра дац цхьана х1уманца . Баккъалла а сан Дела ву массо х1ума лардийриг" .

58.Тхан омру деанчу хена , Оха к1елхьара ваьккхира Х1уд а , шаьш цуьнца тешнарш а Тхайгарчу къинхетамца , Оха к1елхьара бехира уьш буьрсачу 1азапех .

59.Оцу 1адаша т1е ца ийцира шайн Делан аяташ , уьш 1еса хилира Цуьнан элчанашна , т1аьхьа х1иттира х1ор къизачун , аьрхачун г1уллакхна .

60.Не1алт хьажийна царна т1аьхьа х1окху дуьненахь а , къемата дийнахь а . Ва ! Баккъалла а 1адаш шайн Делах /теша ма/ цатешна . Ва ! /Дала диканах/ Генабохийла 1адаш - Х1удан къам .

61.Самудашка - церан ваша Салихь /вахийтира/ . Цо элира :"Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибадат де , шун вац И воцург кхин дела . Цо кхиийна шу лаьттах , цу чохь даха ховшийна шу . Гечдар деха Цуьнга , цул т1аьхьа /дохкодовларца/ дерза Цуьнга . Баккъалла а сан Дела /шуна/ гергахь ву , жоп луш ву" .

62.Цара элира :"Х1ай Салихь ! Бакъдолуш хьо вара тхуна юкъахь х1окхул хьалха /хьайга/ догдохийла . Ахьа тхо юхатуху оха 1ибадат дарха , тхан дайша шена 1ибадат дечунна ? Баккъалла а тхо , ахьа тхо шега кхойкхучух билгалчу /тешамбойъучу/ шекон чохь ма ду"

63.Цо элира :"Х1ай сан къам ! Гой шуна , со сан Делера /цхьана/ билгалонна т1ехь хилча , Цо суна Шегара къинхетам белча /Со Цунна 1еса муха хуьлу ?/ . Хьа ларвийр ву со Аллах1ах , со Цунна 1еса хилахь ? Аша сов ца боккху суна эшам боцург .

64.Х1ай сан къам ! Х1ара Аллах1ан эмкал ю - шуна билгало хилла , йиталуш и Аллах1ан лаьттахь йажа , /цхьа/ вониг ма делаш цунна , /дахь/ т1аккха шу д1аоьцур ду гергарчу 1азапо" .

65.Цара урс хьаькхира цунна , т1аккха цо элира :"Зовкх хьега аша шайн х1усамехь кха дийнахь . Иза харц йоцу ч1аг1о ю" .

66.Тхан омру деанчу хена , Оха к1елхьара ваьккхира Салихь а , шаьш цуьнца тешнарш а Тхайгарчу къинхетамца , /Оха к1елхьара бехира уьш/ оцу дийнан сийсазаллех . Баккъалла а хьан Дела - Иза нуьцкъалниг , сийлахьниг ву .

67.Шаьш зуламдинарш ц1ог1ано д1алецира , т1аккха 1уьйренга бевлира уьш белла эгна /тхьузбоьлла/

68.Шаьш цу чохь ца баьхча санна . Ва ! Баккъалла а Cамудаш шайн Делах /теша ма/ цатешна . Ва ! /Дала диканах/ Генабохийла Самудаш .

69./Делора/ Бакъдолуш Тхан геланчаш ма баьхкира кхаъца Ибрах1им волчу . Цара элира :"Cалам-маршалла /ду хьоьга/" . Цо элира /жоплуш/ :"/шоьга ду/ Салам-маршалла" . /т1аккха/ Хьецалуш деттина эса деара цо /царна/ .

70.Шена церан куьйгаш цу т1е ца кхевдаш гича , вуха кхийтира и царех , кхерам хаабелира цуна царех . Цара /цуьнга/ элира :"Ма кхера ! Баккъалла а тхо дахкийтина Лут1ан къоме"

71.Лаьтташ йолу цуьнан зуда елаелира . Оха кхаъ баьккхира цуьнга Исхьакъца а , Исхьакъал т1аьхьа Йа1къубца а .

72.Цо элира :"Бала-я1 ! Аса бера /муха/ дийр ду ткъа , со къена йолуш , х1ара сан майра воккха стаг волуш ? Баккъалла а х1ара тамашийна х1ума ма ду" .

73.Цара элира :"Аллах1ан балхах тамаша бо ахьа ? Аллах1ан къинхетам а , Цуьнан беркаташ а ду шуна т1ехь , х1ай ц1ийнан нах ! Баккъалла а Иза хастаме , сийлахь ву"

74.Ибрах1имах кхеравалар д1адаьлла , цуьнга кхаъ беанчу хена , Лут1ан къоман хьокъехь Тхоьца дийцаре велира и .

75.Баккъалла а Ибрах1им собаре , ах1не /холчух1уттург/ , дохко вуьйлург ма ву .

76./цара элира/ "Х1ай Ибрах1им ! Дитахь и /дийцаре дар/! Баккъалла а /уьш х1аллак барца/ хьан Делан омру х1инцале деана /сецна даьлла/ , баккъалла а уьш - царна дог1ур ду /цхьаммо/ духатухур доцу 1азап"

77.Тхан геланчаш Лут1 волчу даьхкича , оччавелира и уьш бахьанехь , г1оранна гаттавелира и царна . Цо элира :"Х1ара хала де ду"

78.Цуьнан къам деара и волчу , хьаьдда , /цул/ хьалха дара и вонаш деш . Цо элира :"Х1ай сан къам ! Х1орш сан йо1арий бу /уьш бига маре/ , уьш ц1ена /ма/ бу шуна . Кхера Аллах1ах , ма ве со сийсаз сан хьешашна хьалха ! Вац ткъа шух цхьа нийса стаг ?"

79.Цара элира :"/Делора/ Бакъдолуш хьуна /хаа/ ма хиъна , хьан йо1аршкахь тхан /цхьа/ хьашто йоций , баккъалла а хьуна /хаа/ ма хаа тхуна х1ун лаьа"

80.Цо элира :"Баккъалла а шоьца /ларо/ ницкъ белхьара сан , я т1етовжа онда г1ортор /мукъане/ елхьара /т1аккха шу совцор дара аса/"

81.Цара элира :"Х1ай Лут1 ! Баккъалла а тхо хьан Делан геланчаш ду . Уьш кхочур ма бац хьуна т1е . Арабаккха хьан доьзал буьйсанан /цхьана/ декъехь , вуха ма хьожийла шух цхьа а , хьан зуда йоцург . Баккъалла а цунна т1едог1ург царна т1е деанарг ду . Баккъалла а церан йиллина хан 1уьйре ю . Яц ткъа 1уьйре герга ?"

82.Тхан омру деанчу хена , Оха йира цуьнан /г1алин/ т1ехуле /уьш бертал тоьхна/ цуьнан лахе , Оха делхийра царна т1е /беттинчу/ поппарех /долу/ т1ек1ел /шорта/ т1улгаш ,

83./шаьш х1оран ц1арца/ хьан Далла гергахь билгалдина /долуш/ . Уьш ма яц зуламхойх генахь .

84.Мадйанхошка а - церан ваша Шу1айб /вахийтира/ . Цо элира :"Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибадат де , шун вац И воцург кхин дела . Ма эшаде дустар а , озар а . Баккъалла а суна шу го диканца , баккъалла а со шуна т1ехь кхоьру /шуна/ гобуьллучу дийнан 1азапех .

85.Х1ай сан къам ! Кхочушде дустар а , озар а нийсонца , ма эшайе нахана церан х1умнаш , ма лела лаьттахула бохамаш беш !

86.Аллах1а бухадитинарг тоьлу шуна . Шу муъманах хиллехь . Со вац шуна т1ехь /шу/ лардийриг" .

87.Цара элира /цабешаш/ :"Х1ай Шу1айб ! Хьан ламазо омру до хьоьга , оха тхан дайша шена 1ибадат дийриг дитарца , я оха тхан бахамашкахь тхайна луург дар /дитарца/ ? Баккъалла а хьо ма ву собаре , хьекъале" .

88.Цо элира :"Х1ай сан къам ! Гой шуна , со сан Делера билгалонна т1ехь хилча , Цо суна Шегара дика рицкъа делча , суна ца лаьа шуна хилпало ян айса шуна цамагдочуьнгахь . Суна ца лаьа /шу/ нисдар бен , сайн ницкъ мел кхочу . Сан аьтто хилар ма дац , Аллах1аца бен . Цунна т1етевжина со , Цуьнга воьрзу со .

89.Х1ай сан къам ! Шу ма даладойла соьца эг1аро Нухьан къоманна , я Х1уд къоманна , я Салихь къоманна т1едеанарг саннарг шайна т1едаре . Лут1ан къам дац шуна /ханна/ генахь .

90.Гечдар деха шайн Деле , /тоба дарца/ дерза Цуьнга . Баккъалла сан Дела къинхетаме , /тоба динарг/ везаш ву"

91.Цара элира :"Х1ай Шу1айб ! Тхо ца кхета ахьа дуьцучух дукхах долчух . Баккъалла а тхуна хьо го тхайна юкъахь ледара /г1ийла/ . Хьан гергарнаш бацахьара , оха хьуна /тоххара/ т1улгаш тоьхна хир ма бара . Хьо ма вац тхуна гергахь сийлахь"

92.Цо элира :"Х1ай сан къам ! Сан гергарнаш т1ех сийлахь бу шуна гергахь Аллах1ал ? Шайн букъ т1ехьа витира аша Иза /д1атесна/ . Баккъалла а сан Дела аша дийриг /хаарца/ чулоцуш ву .

93.Х1ай сан къам ! Шайн некъа т1ехь 1амалйе аша , баккъалла а со ву /шуна сайн некъа т1ехь/ 1амалйеш , т1аьхьа хуур ду шуна /вайх/ мила ву шена ша сийсазвеш /долу/ 1азап дог1ур дерг а , мила ву и харцлуьйриг а . Хьоьжуш 1е , баккъалла а со ву шоьца /цхьана/ хьоьжуш" .

94.Тхан омру деанчу хена , Оха к1елхьара ваьккхира Шу1айб а , шаьш цуьнца тешнарш а Тхайгарчу къинхетамца . Шаьш зуламдинарш ц1ог1ано д1алецира , т1аккха 1уьйренга бевлира уьш белла эгна /тхьузбоьлла/

95.Шаьш цу чохь ца баьхча санна . Ва ! /Дала диканах/ Генабохийла Мадйанхой , Самудаш гена ма-баххара

96./Делора/ Бакъдолуш Муса /ма/ ваийтира Оха Тхан аяташца а , билгалчу бухца а

97.Фир1авн а , цуьнан элий а болчу . Уьш т1аьхьах1иттира Фир1авнан балхана , Фир1авнан болх ма бац нийса .

98.Шен къоманна хьалхавера ву иза къемата дийнахь , /жоьжахатин/ ц1ерга балор бу цо уьш . Ма вон ю-кх и /уьш/ чубалон чуг1ойла !

99.Царна т1аьхьахьажийна х1окху /дуьнена/ чохь а , къемата дийнахь а не1алт . Ма вон ду-кх и /царна/ лушдолу совг1ат .

100.Иза яртийн хабарех /цхьа хабар/ ду , Оха дуьйцу и хьуна . Царех /яртех х1инца а/ лаьттарг ю , /царех/ д1ахьаькхнарг /д1ашарйинарг/ ю .

101 .Оха зулам ца дина царна , делахь а цара /шаьш/ шайн дог1машна зуламдина . Царех хьалха ца даьккхира /юха ца туьйхира/ , цара Аллах1 витина шаьш кхойкхуш болу церан деланаш х1умма . Хьан Делан /1азапца/ омру /кхел/ деанчу хена , цара сов ца бехира уьш х1аллак хиларехь /эшамехь/ бен

102.Иштта ду хьан Делан схьалацар , Цо ярташ схьалаьцча , уьш зуламе йолуш . Баккъалла а Цуьнан схьалацар лазош , ч1ог1а ду .

103.Баккъалла а цу /хьахийна/ чохь билгало ма ю /ша/ эхартан /дийнан/ 1азапах кхийранчунна . Иза шена /чохь/ нах гулбийр болу де ду , иза /массарна/ гур долу де ду .

104.Оха т1аьхьа ма ца тотту и /де/ , йагарйинчу хене бен

105.И дог1учу дийнахь цхьа дег1 дистхир дац , Цуьнан пурбанца бен . Царех ву декъазниг а , декъалниг а .

106.Амма шаьш дакъаза бевлларш - /жоьжахатин/ ц1ергахь /хир/ бу . Царна цу чохь /даккхий/ синош дахар а , узарш а ду .

107.Гуттар цу чохь лаьтташ , стигланаш а , латта а мел ду , хьан Далла /цхьаберш ара баха/ лиънарг доцург . Баккъалла а хьан Дела Шена луург деш ма ву .

108.Амма шаьш декъала хилларш - ялсаманехь бу , гуттар цу чохь лаьтташ , стигланаш а , латта а мел ду , хьан Далла /сов баха/ лиънарг доцург , д1ахадор доцу дика хилла .

109.Хьо ма хила х1окхара 1ибадат дечух шекон чохь . Цара 1ибадат ца до , хьалха шайн дайш 1ибадат ма-дарра бен . Баккъалла а Оха царна кхочуш д1алур ма ду шайн дакъа , эшийна доцуш .

110./Делора/ Бакъдолуш , Оха делира Мусага жайна , т1аккха бекъабелира цуьнгахь . Хьан Делера хьалха даьлла дош дацахьара , царна юкъахь къелйина
хир ма яра . Баккъалла а уьш цуьнах тешамаза шеконехь /ма/ бу .

111.Баккъалла а х1оранна , /Делора/ хьан Дала царна кхочуш д1алур ма ю шайн 1амалш . Баккъалла а иза цара дийриг хууш /ма/ ву .

112.Нисло хьайга омру ма-дарра /хьо а/ , хьоьца цхьана тоба динарг а . /дозанел/ Т1ехмадийла , баккъалла а Иза аша дийриг гуш /ма/ ву

113.Ма тийжа шаьш зуламдинчарга , т1аккха шух /жоьжахатин/ ц1е хьакхалур /ма/ ю . Шун бац Аллах1 воцург /шу лардан/ кхин верасаш , т1акхха шуна /цхьаммо/ г1о дийр дац .

114.Ламаз х1оттаде дийнан шина йистехь а , буьйсан жерахьашкахь а . Баккъалла а диканаша д1адоху вонаш . Иза хьехам бу /ша эца/ дагадог1учарна .

115.Сатоха , баккъалла а Аллах1а ца йойъу дикадинчеран ял .

116.Ца хилла шул хьалхарчу чкъорех /болу/ бухадуьсучун /динан/ дай , лаьттахь /бечу/ бохамех /нах/ бухатухуш , царех Оха к1елхьара баьхна /болу/ к1еззиг /боцурш/ бен . Шаьш зуламдинарш т1аьхьах1иттира шайга шегахь зовкх хьегийтинчунна , уьш бара къинош дийраш .

117.Хьан Дела вац зуламца ярташ х1аллакйеш , церан ох1лунаш диканах болуш

118.Хьан Далла лиънехьара , Цо нах цхьа уммат хулуьйтур ма бара . Уьш ца совцу /динехь/ бекъабаларх ,

119.хьан Дала /шех/ къинхетам бинарг воцург . Оцунна кхоьллина Цо уьш . Кхочуш хилла хьан Делан дош :"/Делора/ Аса юзур ма ю жоьжахати жинех а , адамех а - массарех"

120.Дерриге а дуьйцу Оха хьоьга элчанийн хабарех , Тхаьш хьан дог шеца ч1аг1дийриг . Хьоьга деана х1окху чохь бакъдерг а , хьехам а , муъманахана дагадаийтар а .

121.Ахьа ала шаьш /Делах/ цатешачарга :"Йе аша шайн хьолехь 1амал , баккъалла а тхо ду /тхан хьолехь/ 1амалйеш"

122.Хьежа /шайн белхан чаккхене/ , баккъалла а тхо ду /цуьнга/ хьоьжуш /и тергалйеш , ларйеш/"

123.Аллах1ан ю стиглашийн а , лаьттан а къайле . Цуьнга дерзор ду и дерриге г1уллакх . Цунна 1ибадат де , Цунна т1етовжа . Хьан Дела /ма/ вац чидам боцуш /вицвелла 1аш/ аша дечух .



12 - Сурат Юсуф /Юсуп/
/Маккахь доьссина ‚ 111 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Алиф , лам , ра /Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена царех луург/ . Х1орш билгалчу жайнан /къуръанан/ аяташ ду .

2.Баккъалла а , Оха доссийна и къуръан 1аьрбийн /маттахь/ , шу /цуьнах/ кхетийтархьама .

3.Оха дуьйцу хьоьга /вуно/ хаза дийцар , Оха х1ара къуръан хьоьга хьехарна , баккъалла а хьо цул хьалха чидам боцучарех ма вара .

4.Юсупа шен дега /Я1къубе/ элира :"Х1ай сан да ! Баккъалла а суна /г1енахь/ гина цхьайтта седа а , малх а , бутт а - суна гина уьш сайна горадахна" .

5.Цо элира :"Х1ай сан жима к1ант ! Ма дийцалахь хьан г1ан хьан вежаршка , /ахьа дийцахь/ т1аккха цара хьуна цхьа мекарло йийра ю . Баккъалла а шайт1а адамна билгала мостаг1 /ма/ ду .

6.Иштта , хьо хоржур ву хьан Дала , хьуна 1амор ду Цо /г1енахь/ хилларш тидар , кхочуш дийр ду Цо Шен зовкх хьуна т1ехь а , Я1къубан доьзална т1ехь а , Ша хьалха кхочуш ма-дарра хьан шина дена - Ибрах1имна а , Исхьакъана а т1ехь . Баккъалла а хьан Дела хууш верг , кхетамениг ву .

7./Делора/ Бакъдолуш , Юсупехь а , цуьнан вежаршкахь а билгалонаш хилла хоьттучарна .

8.Цара /вовшашка/ элира :"/Делора/ Юсуп а , цуьнан ваша а вайн дена вайл дукха ма веза , вай /цхьа/ тоба елахь а , баккъалла а вайн да билгалчу тиларчохь ма ву .

9.Ве Юсуп , я /генарчу/ махка д1акхосса иза , т1аккха мукъаера ю шуна шун ден юьхь , шу хир ду цул т1аьхьа дика нах" .

10.Царех цхьаммо элира :"Ма вейша Юсуп , /шаьш 1анне ца 1ахь/ г1унан к1оргалле /бухе/ кхоссийша иза , схьаоьцур вара иза цхьаболчу /д1асхьа/ лелачара , шу делахь /цунна цхьаъ/ дийра долуш"

11.Цара элира :"Х1ай тхан да ! Хьуна х1ун /хилла/ , Юсуп тхьох тешна /ма/ ца вуьту ахьа , баккъалла а тхо цунна /даггара/ дика лууш ма ду ?

12.Ваийтахь иза тхьоца кхана , самалхадер цунна , ловзур иза , баккъалла а оха ларвийр ма ву иза"

13.Цо /Я1къуба/ элира :"Баккъалла а со г1айг1ане ма во аша иза вигаро , со кхоьру иза барзо ваарна , шу цунна т1ехь чидам боцуш долуш"

14.Цара элира :"/Делора/ Барзо иза ваахь , тхо /цхьа/ тоба йолуш , баккъалла а тхо т1аккха эшнарш ма ду"

15.Уьш цуьнца д1абаханчу хена , цара барт бира иза г1унан к1оргалле кхосса . Оха цуьнга хьийхира :"/Делора/ Ахьа цаьрга хоуьйтур ма ду х1ара церан г1уллакх , царна хаа ца луш /хьо мила ву/"

16.Уьш баьхкира сарахь шайн да волчу боьлхуш

17.Цара элира :"Х1ай тхан да ! Баккъалла а тхо даханера /хьалха довла/ къовсадала , Юсуп тхайн х1умнаш уллехь витина , /т1аккха/ барзо виира иза , хьо тхьох тешара-м вац , тхо бакълуьйш делахь а"

18.Уьш баьхкира цуьнан куьйча т1ехь харц ц1ийца . Цо /Я1къуба/ элира :"/барзо ца виъна и/ Мелхо а , шун синош хаздина шуна /цхьа/ г1уллакх /дар/ , /делахь/ собар хаза ду , /цхьа/ Аллах1 ву /аса/ шега г1о доьхург , аша кхуллучу /харцонна/ т1ехь" .

19./д1асхьа/ Леларш баьхкира /г1у йисте/ , цара вахийтира шайн /хи/ т1евоьдург /хи дан/ , /вахана г1у чу/ охьахийцира цо шен чийлик /т1аккха цуьнах Юсуп тасавелча/ , цо элира :"Х1ай кхаъ - я1 ! Х1ара-м к1ант /ма/ ву" . Цара хьулвира иза совдегаран х1ума лерина . Аллах1 хууш ву цара дийриг .

20.Цара воьхкира иза ладамбоцучу мехах - к1еззиг /масех/ соьмех , уьш бара цуьнгахь г1ехьа .

21.Ша иза Мисрара эцначо шен зудчуьнга элира :"Дикаделахь цуьнан /вайгахь/ 1ар , вайна пайда бан мега цо , я вай лоцур иза /вайна/ доьзалхо /вина/" . Иштта /к1елхьара ма ваккхара/ , Оха ч1аг1вира Юсуп лаьттахь /Миср махкахь/ , Тхаьш цунна /г1енах/ хилларш тидар 1аморхьама . Аллах1а толам боккху Шен балха т1ехь , делахь а дукхах болу нах хууш бац и .

22.Иза шен г1еметтах1оттаре кхаьчча , Оха делира цунна хьукма дар а , хаар а . Иштта /цунна санна/ , Оха бекхам бо дикадечарна .

23.И /Юсуп/ шен х1усам чохь /1еш/ ерг /шена/ иза /везаваларна/ 1ехо г1оьртира , /массо/ не1арш д1акъевлина цо элира :"Схьавола /кхуза/ !" Цо элира :"Аллах1а ларвойла /со/ ! /муха хир ву со ямарт/ Баккъалла а иза сан эла /ма/ ву /ша/ сан 1ар дикадина /волу/ , баккъалла а декъал хир /ма/ бац зуламхой" .

24./Делора/ Бакъдолуш , /безамца/ т1емаг1оьртира и /зуда/ цунна . Шена шен Делан бакъо ца гинехьара , и /Юсуп/ а т1ег1оьтур ма вара цунна . Иштта , цуьнах вониг а , боьханиг а юхатохархьама . Баккъалла а иза Тхан догц1енчу лешха ву .

25.Не1аре хьаьдира и шиъ , т1ехьара /катоьхна/ цуьнан /Юсупан/ коч ят1ийра цо , не1арехь цуьнан /Зулийхан/ элана т1е1оттаделира /т1енисделира/ и шиъ . Цо элира :"Х1ун бекхам бу хьан доьзална вониг лиъначунна , набахти чуволлар , я лазош /долу/ 1азап доцург ?"

26.Цо /Юсупа/ элира :"Со 1ехо г1оьртира иза" . Цуьнан доьзалх /цхьана/ тешо тешалла дира :" /нагахь санна/ Цуьнан коч хьалхара ят1ийна елахь , т1аккха иза бакълийна , /ткъа/ и /Юсуп/ харцлуьйчарех ву .

27./нагахь санна/ Цуьнан коч т1ехьара ят1ийна елахь , т1аккха иза харцлийна , /ткъа/ и /Юсуп/ бакълуьйчарех ву" .

28.Шена цуьнан коч т1ехьара ят1ийна гича , цо элира /шен зудчуьнга/ :"Баккъалла а иза шун мекарлонех ду , баккъалла а шун мекарло йоккха ю"

29."Х1ай Юсуп ! Дитахь х1ара /нахал ца доккхуш/ ! Ткъа ахьа /Зулийха/ гечдар деха хьан къинна , баккъалла а хьо къа латочарех хилла"

30.Шахьарехь /бехачу/ зударша элира :"Элан зуда шен лай 1ехо г1ерта , бакъдолуш цо юьзна иза безамах . Баккъалла а тхуна иза билгалчу тиларчохь ма хета"

31.Шена церан мекарло /хабарш/ хезча , цо /цхьаъ/ вахийтира царна т1е /уьш ша йолчу кхайкха/ , цо кечйира цаьрна д1атовжийла , делира царех х1оранга а урс , /т1аккха/ цо элира :"Аравала царна т1е !" Ткъа шайна иза гича , вазвира цара и , шайн куьйгаш хедийра цара /цецбовларна/ , цара элира :"Аллах1а лардойла /вай/ ! Х1ара-м дац адам . Х1ара /ма/ дац лераме малик бен"

32.Цо /Зулийхас/ элира :"И ву шуна /и/ , ша аша соьгара шен хьокъехь бехк баьккхинарг . /Делора/ Бакъдолуш , со и /безамца/ 1ехо ма г1оьртира , /ткъа/ иза ларвелира . /Делора/ Цо аса шега омру дийриг ца дахь , набахти чувуллур ма ву иза , /шайна/ г1ело йинчарех хир ма ву иза"

33.Цо /Юсупа/ элира :"Х1ай сан Дела ! Набахти дукха ма еза суна , цара со шега кхойкхучул а . Ахьа соьх церан мекарлонаш д1ацахьовзаяхь , /т1аккха/ со /безамца/ цаьргахьа тевжара ву , сонтачарех хир ву"

34.Жопделира цунна шен Дала , д1ахьовзийра Цо цуьнах церан мекарлонаш . Баккъалла а Иза хезаш , хууш ву .

35.Т1аккха , шайна билгалонаш гинчул т1аьхьа , царна /бег1ийла/ хийтира , /Делора/ шаьш и набахти чувуллур ма ву цхьана ханна /аьлла/

36.Цуьнца набахти чувахара /жима/ ши стаг . Цаьршиннах цхьаммо элира :"Баккъалла а суна /г1енах/ со /кемсех/ чаг1ар доккхуш го" . Вукхо элира :"Баккъалла а суна /г1енах/ со го , аса хьуш сайн коьрта т1ехула бепиг , олхазарша шех дууш . Дийцахь тхуна цуьнан тидар /муха ду/ . Баккъалла а тхуна хьо хета дикадечарех"

37.Цо /Юсупа/ элира :"Шу шинна /г1енах/ даар дог1ур дац , ша шу шинна луш долу , аса шу шинга цуьнан тидар дийцина бен , и /тидар/ шу шинга дале хьалха . И ду шуна сан Дала суна 1амийначух дерг . Баккъалла а аса дитина Аллах1ех цатешачу сан къоман дин , уьш бу уьш эхартех цатешарш .

38.Со т1аьхьах1оьттина сан дайн - Ибрах1иман а , Исхьакъан а , Я1къубан а динна . Тхоьца /дог1уш/ ца хилла , оха Аллах1ана х1умма а декъахо яр . И /Дела цхьаъ вар/ Аллах1ан комаьршонах ду тхуна т1ехь а , адамашна т1ехь а , делахь а дукхахбочлу наха баркалла ца олу .

39.Х1ай сан набахти /чуьра/ ши накъост ! Тайп-тайпана деланаш г1оли бу , я цхьаъ волу , нуьцкъала волу Аллах1 ву ?

40.Аша 1ибадат /ма/ ца до Иза /1адда/ витина , ц1ерашна бен , шаьш техкина йолу аша а , шун дайша а , Аллах1а ца йоссийна цаьрца цхьа а бакъо . Хьукма дар дац , Аллах1ан бен . Цо омру дина аша 1ибадат ма де Шена бен /аьлла/ . Иза бакъ долу дин ду , делахь а дукхахболчу нахана ца хаа /и/ .

41.Х1ай сан набахти /чуьра/ ши накъост ! Шу шиннах цхьаъ - цо шен элана чаг1ар малор ду /хьалха санна/ , амма важа - и д1атухур /ирх уллур/ ву , олхазарш дуур ду цуьнан коьртара . Аша шиммо хоьттучу белхан кхел сецна .

42.Цо /Юсупа/ элира , баккъалла а шена цаьршиннах к1елхьаравер ву /аьлла/ хетначуьнга :"Со хьахавелахь хьан элана гергахь !" . Шайт1ано дицдира цунна шен эле /и/ хьахор , т1аккха и лаьттира набахти чохь маситта шарахь .

43.Паччахьо элира :"Баккъалла а суна /г1енах/ го берстана ворх1 етт шаьш ворх1 озачо бууш , /иштта/ баьццара ворх1 кан а , вуьйш /ворх1/ дакъаделла а . Х1ай элий ! Сацам бе суна сан г1енан , шу г1ан туьдуш делахь"

44.Цара элира :"/уьш ийначу/ Г1енашин ц1евнаш /ду/ . Тхо дац г1енаш тидар хууш"

45.Цаьршиннах ша /верах/ к1елхьара ваьллачо элира , цунна дагадеара цхьа хан яьлча :"Аса дуьйцур ду шуна цуьнан тидар , вахийта со /Юсуп волчу/ !"

46."Юсуп - х1ай бакълуьйриг ! Сацам бехьа тхуна берстана ворх1 аттах /лаьцна/ шаьш ворх1 озачо бууш /болчу/ , /иштта/ баьццара ворх1 кенах а , вуьйш /ворх1/ дакъаделла /долчу/ . Со вухаверза мегар нахана т1е . Царна хаа мегар" .

47.Цо элира :"Аша /ялта/ дуьйр ду диллина ворх1 шарахь . Ткъа шаьш гулдинарг - аша и дита шен кенахь , шаьш дуучух /долу цхьа/ к1еззиг доцург .

48.Т1аккха дог1ур ду цул т1аьхьа ворх1 халанаш , шаьш дууш аша шайна /ялтанех/ кечдинарг , аша д1адуьллучух /долу/ к1еззиг доцург .

49.Т1аккха цул т1аьхьа дог1ур ду /цхьа/ шо , шена чохь нахана дог1а доуьйтуш /долу/ , цу /шар/ чохь цара /стоьмех/ мутт доккхуш .

50.Паччахьо элира :"Схьавалаве и суна т1е !" . Ша волчу /элан/ геланча веача цо /Юсупа/ элира /цуьнга/ :"Юха хьан элан т1е г1ой ахьа цуьнга хатта , х1ун хьал ду шайн куьйгаш хидийначу зударийн , баккъалла а сан эла церан мекарло хууш ву /хьуна/"

51.Цо /эло/ элира /зударшка/ :"И х1ун дара шуна шаьш Юсуп 1ехо г1ерташ /лиънарг/ ?" Цара элира :"Аллах1а лардойла ! Тхуна ца хиъна цуьнах цхьа вониг" . Элан зудчо элира :"Х1инца къаьсти бакъдерг . Со яра и 1ехо г1оьртинарг , баккъалла а иза бакълуьйчарех ма ву"

52./Юсупа элира :/ "/аса/ И /ц1ано лоьхура/ цунна хаийтархьама , баккъалла а со цунна къайлах ямарт ца хиллий а , баккъалла а Аллах1 ямартчеран мекарло нисйеш воций а .

53.Аса ца ц1андо сан са , баккъалла а /массо а/ са вочуьнца омру деш ма ду , ша сан Дала /шех/ къинхетам бинарг доцург . Баккъалла а сан Дела гечдийриг , къинхетамениг ву" .

54.Паччахьо элира :"Схьавалаве и суна т1е , аса сайна /г1уллакхна/ къастор ву и" . Ша цуьнга вистхилча цо элира :"Баккъалла а хьо тахана тхуна гергахь /ч1ог1а/ нуьцкъала , тешаме ву"

55.Цо /Юсупа/ элира :"Со лаьттин хазнаш т1е х1оттавехьа , баккъалла а со т1аламениг , хуург /ма/ ву !"

56.Иштта , Оха Юсуп ч1аг1вира /Миср/ лаьттахь , цуьнах шена луучохь /ваха/ охьахууш . Оха Тхан къинхетам бо Тхайна луучунна , Оха цо йойъу дикадечеран ял .

57.Эхартан ял г1оли ма ю шаьш /Делах/ тешначарна а , /Цуьнах/ кхоьруш хиллачарна .

58.Юсупан вежарий баьхкира /Мисре/ , и волчу чубахара уьш , /т1аккха/ цунна бевзира уьш , /амма/ уьш бацара иза вевзаш .

59.Ша уьш шайн г1ирсаца кечбинчу хена , цо элира :"/шолг1а дог1уш/ Дена вина шайн ваша валавеша суна т1е . Шуна ца го , баккъалла а аса барам кхочуш /лела/ бар а , со шена т1е хьеший буьссучарех уггар тоьлуш верг хилар а .

60.Аша и суна т1е ца валавахь , суна гергахь /оза/ барам бац шуна , суна герга му дуьйла !"

61.Цара элира :"Оха /т1едожош/ воьхур ву иза цуьнан дега , баккъалла а оха дийр ма ду /и/"

62.Цо элира шен ялхошка :"Церан х1уманаш /цара механа елла йолу/ церан п1аьлдигашчу ехка . Царна йовза тарло уьш шаьш шайн ох1луне бирзича . /т1аккха/ Цара /уьш/ юхаян тарло"

63.Шайн да волчу буха бирзича цара элира :"Х1ай тхан да ! /ялтан/ Барам бухатоьхна тхоьх , ваийтахь тхоьца тхан ваша , барам узур бара оха , баккъалла а оха /вочух/ ларвийр ма ву иза"

64.Цо /Я1къуба/ элира :"Хьалха шух тешна цуьнан ваша витарх терра бен вуьтий аса иза шух тешна ?! Аллах1 ву /цунна/ г1оли ларвийриг , Иза ву къинхетамечарех уггар къинхетамениг"

65.Шайн п1аьлдигаш схьадиллича , царна карийра шайн х1уманаш шайна юхаелла . Цара элира :"Х1ай тхан да ! Кхин х1ун оьшу вайна ?! Х1ара вайн х1уманаш вайна юхаелла , тхан доьзална кхача латтор бара оха , тхан ваша ларвийр вара оха , /и вигча/ цхьана эмкалан барам сов девра дара тхо . Атта барам бу-кх и"

66.Цо элира :"Аса шоьца воуьйтур ма вац иза , аша суна Аллах1аца ч1аг1о яллалц , /Делора/ аша суна схьавалор ма ву иза шайн цхьаъ ца хилахь /аьлла/" . Цара шена ч1аг1о йича , цо элира :"Аллах1 ву-кх вай бохучун т1ехь векил"

67.Цо элира :"Х1ай сан к1ентий ! Цхьана не1арехула /кевнехула/ чу ма г1олаш , тайп-тайпана не1арашкахула /кевнашкахула/ чу г1олаш . Аса хьалха ца доккху шух Аллах1ера х1умма а . Кхел яц Аллах1ан бен . Цунна т1етевжина со , Цунна т1етовжийла т1етевжарш"

68.Уьш чубаханчу хена шайн дас /шайга/ омру динчухула , и дацара царех хьалхадоккхуш Аллах1ера х1умма а , Я1къубан дег1ера хьашто йоцург , цо ша кхочуш йина йолу . Баккъалла а иза 1илман да ву , Оха шена 1амийначунна , делахь а дукхахболу нах хууш бац /и/ .

69.Уьш Юсуп волчу чубаьхкича , шен ваша шен маракъевлина цо элира :"Баккъалла а со хьан ваша ву , цара деш хиллачунна са ма гатделахь"

70.Ша уьш шайн г1ирсаца кечбинчу хена , цо биллира /терзан/ кад шен вешин п1аьлдигчу , т1аккха кхайкхира кхойкхучо :"Х1ай къепал /ковран дай/ ! Баккъалла а шу къуй ма ду"

71.Цара элира шаьш царна т1ебирзина :"Х1ун яйна шун ?"

72.Цара элира :"Паччахьан /терзан/ кад байна тхан . И схьабеанчунна /совг1атна/ цхьана эмкалан мохь /лур/ бу . Аса дош ло /шуна/ цуьнах" .

73.Цара элира :"Аллах1ора , бакъдолуш шуна /хаа/ ма хаа тхо лаьттахь бохам бан ца даьхкиний а , тхо къуй доций а" .

74.Цара элира :"Ткъа х1ун бекхам бу цуьнан , шу харцлуьйш хиллехь ?"

75.Цара элира :"Цуьнан бекхам - шен п1аьлдиг чохь /шуна/ и /кад/ карийнарг /милла велахь/ , и /ша/ бу-кх цуьнан бекхам . Иштта бекхам бо-кх оха зуламхошна"

76.Иза волавелира /и лаха/ церан п1аьлдигаш т1ера , шен вешин п1аьлдигал хьалха . Т1аккха цо арабаьккхира и шен вешин п1аьлдиг чуьра . Иштта , кийтарло йира Оха Юсупна /дуьхьа/ . Цуьнан йиш яцара шен ваша схьаэца паччахьан динехь , Аллах1ан лиъча бен . Оха ойъу Тхайна луучун даржаш . 1илма долчу массарна т1ехула а ву хуург .

77.Цара элира :"Цо /и/ лачкъийнехь , бакъдолуш хьалха цуьнан вашас а лачкъийнера" . Юсупас шена чохь хьулдира и , гучуцадаьккхира цо и царна . Цо элира /шен дагахь/ :"Шу /кхин/ вон /ма/ ду /х1окху/ меттигехь /хьолехь/ . Аллах1 /т1ех/ дика хууш ву аша куц х1отториг"

78.Цара элира :"Х1ай эла ! Баккъалла а цуьнан воккха , къена да ву /и дукха везаш/ , цуьнан метта тхоьх цхьаъ эцахь , баккъалла а тхуна хьо хета дикадечарех" .
79.Цо элира :"Аллах1а лардойла /тхо/ , тхан х1ума шегахь тхуна карийнарг воцург оха лацарх . Баккъалла а тхо т1аккха зуламхой ма ду" .


80.Шаьш цуьнах догдиллинчу хена , шайна бевлира уьш /вовшех/ дагабуьйлуш . Царех /ханна/ воккхачо элира :"Шуна ца хиъна , баккъалла а шун дас , бакъдолуш шоьгара Аллах1аца ч1аг1о эцний ? Хьалха Юсупан хьокъехь ледарло йира аша . Аса дуьтур дац х1ара /Миср/ латта сан дас суна /ц1а ван/ пурба даллалц я Аллах1а суна кхел яллалц . Иза ву кхелъечарех г1олийниг .

81.Шайн да волчу юхадерзе аша /цуьнга/ ала :"Х1ай тхан да ! Баккъалла а хьан к1анта къола дина , оха /цунна т1ехь/ тешалла ца дина тхайна /билггал/ хиъначуьнца бен , тхо дацара къайле ларъеш /я и хууш тхаьш хьуна дош лучу хена/ .

82.Хатта тхо /шена/ чохь хиллачу юьрте а , тхо шеца даьхкинчу къепале а , баккъалла а тхо бакълуьйш ма ду"

83.Цо /Я1къуба/ элира :"/х1ан-х1а/ Мелхо а , шун дог1маша шуна хаздина /цхьа/ г1уллакх . /амма/ Собар хаза ду . Аллах1а уьш берриге суна схьабало тарло . Баккъалла а И ву И /сан хьал/ хууш верг , кхетамениг" .

84.Царех д1авирзира и , /шена Юсуп дагавеана/ цо элира :"Х1ай Юсупна болу сан сингаттам !" Г1айг1анна цуьнан ши б1аьрг к1айбелира , и вара /баланна/ садетташ .

85.Цара элира :"Аллах1ора , Юсуп хьехочура /ма/ ца соцу хьо , хьо /цамгарна/ к1елависсалц , я х1аллак хиллачарех хиллалц" .

86.Цо элира :"Баккъалла а аса балхабо сан сингаттам а , сан г1айг1а а Аллах1е , суна хаа Аллах1ера шуна ца хуург .

87.Х1ай сан к1ентий ! Г1ой , талла Юсупех а , цуьнан вашех а дерг , аша дог ма дилла Аллах1ан къинхетамех , баккъалла а Аллах1ан къинхетамех дог ца дуьллу /Делах/ цатешачу наха бен"

88.Иза волчу чубахча цара элира :"Х1ай эла ! Тхоьх а , тхан доьзалах а зен хьакхаделла . Тхо даьхкина к1еззигчу х1уманца , /делахь а/ барам кхочуш бехьа тхуна , саг1ийна /х1ума/ лохьа тхуна . Баккъалла а Аллах1а /диканца/ бекхам бо саг1алучарна" .

89.Цо /Юсупа/ элира /бехк боккхуш/ :"Шаьш Юсупна а , цуьнан вешийна а динарг хаий /дагадог1ий/ шуна , шу /хиндерг/ хууш доцуш ?"

90.Цара элира :"Баккъалла а Юсуп ву хьо ?" Цо элира :"Со Юсуп ву , х1ара сан ваша ву . Бакъдолуш Аллах1а дика дина тхуна . Баккъалла а ша /Делах/ кхоьрург а , /баланна/ сатухург а /милла велахь/ , баккъалла а Аллах1а ца йойъу дикадечеран ял"

91.Цара элира :"Аллах1ора , бакъдолуш Аллах1а /вазвина/ хаьржина хьо тхуна т1ехь , баккъалла а тхо хилла галдевлла"

92.Цό элира :"/аша динчунна/ Тахана шун юьхь яккхар дац , Аллах1а гечдойла шуна , Иза къинхетам бечарех уггар къинхетамениг ву"

93.Цо элира :"Х1окху сан кучаца г1ой , сан ден юьхь те таса и - /т1аккха/ б1аьрса гуш хир ву и . Шу дуьйла со волчу шайн дерриге ох1лунца"

94.Къепал /Миср чуьра/ арайаьлча , церан дас /Я1къуба/ элира /шен доьзале/ :"Баккъалла а суна Юсупан хьожа ма хаало . Шуна со 1овдал ца хетахьара /тешар дара шу соьх/"
95.Цара элира :"Аллах1ора , баккъалла а хьо хьан ширачу тиларчохь ма ву"


96.Кхаъ боккхург веача цо и /коч/ тесира цуьнан /Я1къубан/ юьхь т1е , б1аьрса гуш вухавирзира и . Цо элира :"Аса шоьга ца элира , баккъалла а суна Аллах1ера хаа шуна ца хуург"

97.Цара элира :ЁХ1ай тхан да ! Тхан къиношна /Деле/ гечдар дехахь тхуна . Баккъалла а тхо галдевлла хилла"

98.Цо элира :"Аса доьхур ду шуна сан Деле гечдар . Баккъалла а И ву И гечдийриг , къинхетамениг"

99.Уьш Юсуп волчу чубаьхкича , цо шен да-нана шена т1еийцира , цо элира :"Маьрша дог1ийла Мисранчу , Аллах1ан лиънехь !"

100.Айъира /охьахаийра/ цо шен да-нана 1аршан /васхал/ т1е . Гора ийгира уьш цунна . Цо элира :"Х1ай сан да ! Х1ара ду-кх /и/ суна хьалха /г1енах/ гинчун тидар , бакъдолуш сан Дала бакъ ди и , бакъдолуш сан Дала суна дикадина : набахти чуьра со араваьккхина Цо , есачу /г1ум/ арара шу далийна , шайт1ано суна а , сан вежаршна а юккъе дов тесначул т1аьхьа . Баккъалла а сан Дела к1еда-мерза /озабезаме/ ву Шена луучунна . Баккъалла а И ву-кх И хууш верг , кхетамениг .

101.Х1ай сан Дела ! Бакъдолуш Ахьа паччахьалла а делла суна , хилларш тидар 1амийна суна . Х1ай стигланаш а , латта а Кхоьллинарг ! Хьо ву-кх сан верас /велий/ дуьненахь а , эхартахь а ! Д1акхалхавехьа со бусалба волуш , д1атохахь /кхиавехьа/ со дикачарех !"

102.И /хьахийнарг/ къайлахчу хабарех ду , Оха ша хьоьга /х1ай Мухьаммад/ хьоьхуш /долу/ , хьо вацара цаьрца /цхьана/ цара шайн белхан сацам бечу хена , шаьш мекарло еш .

103.Дукхах болу нах , /уьш Делах тешар т1ехь/ хьо /мел/ сутара хилча а тешар бац .

104.Ахьа цаьрга ца йоьху цу т1ехь /цхьа а/ ял /мах/ . И /къуръан/ дац 1аламашна хьехам бен .

105.Хийла /Дела цхьаъ хиларан/ билгало ю стигланашкахь а , лаьттахь а уьш шена юххехула чекхбовлуш , шаьш цуьнах /ойла ца еш/ д1абирзина болуш .

106.Царех дукхах берш Аллах1ех ца теша , шаьш /Цунна/ декъахо веш бен .

107.Уьш маьрша бевлла те шайна т1е Аллах1ан 1азапех /долу шаьш/ хьулбийриг дарах , я ц1еххьана /къемата дийнан/ сахьт дарах , шайна /и чехка дарна/ хаа ца луш /и дог1уш/ ?

108.Ахьа /цаьрга/ ала :"Х1ара сан некъ бу . Аллах1е кхойкху аса билггала /нийса хилар/ гуш долчунна т1ехь - аса а , ша суна т1аьхьах1оьттинчо а . Ц1ена ву Аллах1 , со вац /Цунна/ декъахо вечарех"

109.Оха ца бахийтина хьоьл хьалха яртийн ох1лунех /болу/ стегарий бен , Оха шайга хьоьхуш /болу/ . Ца лийлира уьш лаьттахула , ца хьаьвсира муха хилла шайл хьалхарчеран чаккхе ? /Делора/ Эхартан х1усам г1оли ма ю шаьш /Делах/ кхийранчарна . Хьекъале ца хуьлу уьш ?

110.Элчанаш /царех/ догдиллича , царна моьттича баккъалла а шаьш /цара/ харцбина /бевлла/ - Тхан г1о деара царна , Тхуна луург к1елхьараваьккхира , Тхан ницкъ буха ца туху къинош дечу нахах .

111./Делора/ Бакъдолуш , церан дийцаршкахь хьехам /кхетам/ ма бу хьекъалан дайшна . И /къуръан/ дацара /цхьамма/ кхуллуш /долу/ хабар , амма /и дара/ шел хьалхарниг бакъдар а , массо а х1ума /билгал дина/ дастар а , нийса некъ а , къинхетам а /Делах/ тешачу нахана .



13 - Сурат Арра1д /Къовкъар/
/Мадийнатехь доьссина ‚ 43 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Алиф , лам , мийм , ра . /Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена царех луург/ . Х1орш /Делан/ жайнан аяташ ду . Ша хьан Делера хьоьга доссийнарг - /шеко йоцуш/ бакъдерг ду , делахь а дукхах болу нах /тешам/ ца теша /и Цуьнгара хиларх/ .

2.Аллах1 ву Ша стигалш айъинарг /уьш совцийна/ шуна гуш г1ортораш йоцуш , /Шеца дог1учу куьцара/ 1арша т1ехь Ша д1атарвелларг . Малх а , бутт а муьт1ахь бина Цо /пайданна/ , /цаьршиннах/ х1ор лелаш ду ц1етоьхначу ханналц . Цо леладо /д1акхоьхьу массо а/ г1уллакх . Цо билгалдо аяташ . Шун догтешийта шайн Далла дуьхьал кхетарх .

3.Иза ву Ша латта даржийнарг а , цу т1ехь /даккхий/ лаьмнаш а , /лелаш/ татолаш а хилийтинарг а , Цо хилийтина цу т1ехь массо а стоьмех ши тайпа . Цо хьулдо буьйсанца де . Баккъалла а цу чохь билгалонаш ма ю ойлаечу нахана .

4.Лаьттахь /тайп-тайпана/ дакъош ду лулахь , кемсийн бошмаш ю , ялта ду , хурманаш ю /цхьа орам болуш/ курсе /ц1евне/ ерш а , /цхьа орам болуш , цхьалха г1ад долуш бен/ йоцурш а . Цунна /хьахийначунна/ хи дуьллу /туху/ цхьана хица . Оха царех цхьаерш вукхарел /чомана/ г1оли йо яарехь . Баккъалла а цу чохь билгалонаш ма ю хьекъалечу нахана .

5.Хьо /царех/ цецвалахь , /инзаре/ цецвалар церан къамел ду-кх :"Тхоьх латта хилча , баккъалла а тхо керлачу кхолларехь /хир/ ду тов ?" . Уьш шаьш шайн Делах цатешнарш бу , уьш - церан кочахь /логах/ буржалш /хир/ ду , уьш /жоьжахатин/ ц1еран дай бу , уьш гуттар /1ийр/ бу цу чохь .

6.Цара хьо сихво вочуьнца дикачул хьалха . Бакъдолуш , царал хьалха д1адахна масале /къиза/ та1зарш . Баккъалла а хьан Дела нахана гечдаран да ма ву церан /уьш/ зулам т1ехь /болушнехьа/ . Баккъалла а хьан Дела буьрса та1зар деш ма ву .

7.Шаьш /Делах/ цатешначара олу :"Цунна т1е шен Делера /цхьа/ билгало йоссийнехьара" . Баккъалла а хьо д1ахьедархо ву . Х1ор къоманна /уьш/ нисбийриг ву .

8.Аллах1ана хаа х1ор стечо /шен кийрахь/ лелош дерг /х1ун бера ду/ , кийранаш ша эшориг а , совдоккхург а . Массо а х1ума Цунна гергахь барамца ду .

9./Иза/ Къайлах дерг а , гучохь дерг а хууш верг а ву , воккха верг а , лакхаваьлларг а ву .

10./Далла/ Цхьатерра /хууш/ ву шух ша /щен/ къамел хьулдинарг а , ша и гучудаьккхинарг а , и ша буьйсанна хьулвелларг а , денахь гуш воьдург а .

11.Цунна /адамна/ шен хьалхахула а , шен т1ехьахула а /хийцалуш/ леларш /малийкаш/ ду , шаьш иза ларвеш Аллах1ан омрунца . Баккъалла а Аллах1а ца хуьйцу нахаца /хьолах/ дерг , цара хийцалц шайн дог1машца дерг . Аллах1ана лиъча нахаца /цхьа/ вониг , /т1аккха/ юхатохар дац цунна , царна вац Иза воцург /цхьа/ эла .

12.Иза ву Ша шуна кхерамна а , догдахарна а ткъес гойтург а , /дог1анах юьзна/ еза мархаш кхуллург а .

13./стигал/ Къовкъаро теспахь до Цунна хастам барца , малийкаш Цуьнах кхерарна . Стелахаьштигаш дохкуьйту Цо , /т1аккха/ уьш туху Цо шена луучунна , уьш Аллах1ан хьокъехь къуьйсуш болуш , Иза г1уда /кийтарло/ ч1ог1а дерг ву .

14.Цуьнга бу бакъ /болу/ кхайкхам . Шаьш И /Аллах1/ витина /ц1уйш/ кхойкхурш - цара царна жоплур дац /цхьана а/ х1уманца , шен ши кана хине кховдийначунна - и шен бете кхачийтархьама - /хино/ санна бен , /амма/ иза дац цуьнга кхочур долуш . /Делах/ Цатешачеран до1а дац тилар чохь бен .

15. Аллах1ана /сужда деш/ горадоьду ша стигалшкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг /шен/ лаамехь /долуш/ а , /ца даьлла/ лаамза а , /иштта/ церан 1индаг1аш а /доьду суждане/ 1уьйранна а , суьйранна а .

16.Ахьа ала /цаьрга/ :"Мила ву стигалшин а , лаьттан а Дела ?" . /цара жоп цалахь/ Ахьа ала :"Аллах1 ву" . Ахьа ала :"Аша /муха/ лецна ткъа Иза воцург верасаш , шайн долахь шайн дог1машна пайда бар а , зен дар а доцуш /болу/ ?" . Ахьа ала :"Вуй ткъа цхьатерра б1аьрзениг а , б1аьрсадерг а , я буй ткъа цхьатерра боданаш а , серло а ?" . Я Аллах1ана декъахой бина цара , шаьш Цуьнан кхолларах тера кхоьллина /болу/ , т1аккха царна /и ши/ кхоллар /цхьатера/ тарделла ? Ахьа ала :"Аллах1 ву массо а х1ума кхоьллинарг , Иза ву цхьаъ верг , нуьцкъала верг"

17.Цо доссийна стиглара /дог1ан/ хи , /т1аккха эха/ доладелира /хин/ хершанаш шен барамца , яьхьира 1овраша /шайна/ т1ехула яьлла чопа . Ша цара хазалла я /кхин/ дика /пайден дерг/ лоьхуш ц1ергахь ягочух а ю цуьнах тера /йолу/ чопа . Иштта /цуьнах терра/ Аллах1а /масална/ даладо бакъдерг а , харцдерг а . Чопа эрна д1айоьду , ткъа нахана пайдабийриг лаьттахь дуьсу . Иштта Аллах1а даладо масалш .

18.Шаьш шайн Далла /муьт1ахьаллийца/ жоп деллачарна /ялсаманин/ дика ду , /ткъа/ шаьш Цунна жоп ца делларш - баккъалла а церан долахь лаьттахь мел дерг а , цуьнца /кхин/ оццул а хилча , цара и /1азапех хьалхабовлархьама/ махийна лур ма дара . Уьш - царна вон хьесап /хир/ ду , церан боьрзийла жоьжахати ю . Ма вон /кечбина/ мотт бу-кх /и/ .

19.Ша хууш верг , баккъалла а хьоьга хьан Делера доссийнарг бакъ хилар , ша /бакъдолчух/ б1аьрзе верг санна ву ткъа ? Баккъалла а хьехам оьцу /Делан аятех/ хьекъалан дайша .

20.Шаьш Аллах1ан /бина/ ч1аг1ам кхочуш беш а , барт ца бохош а болу

21.Шаьш Аллах1а ша хоттарца омру динарг /гергарло/ хуттуш /лелош/ а , шайн Делах кхоьруш а , вон хьесапах кхоьруш /ийзалуш/ а болу .

22.Шаьш шайн Делан юьхь лууш сатоьхна а , ламаз х1оттийна а , Оха шайна деллачух къайлах а , гучохь а харж йина а , диканца вон юхатухуш а болу . Уьш - царна /ялсаманин/ х1усаман т1аьхье -

23.дахаран /1адн/ бошмаш ю . Оцу чу г1ур бу уьш а , церан дайшха а , церан зударшха а , церан т1аьхьенашха а дика /ийманца/ хилларш а , шайна массо а не1арехула /уьш декъал беш/ малийкаш т1едог1уш /шаьш олуш/

24."/Делера/ Салам /маршалла/ ду шуна аша /халонашна/ сатохарна . Ма дика х1усаман т1аьхье ю-кх /и бошмаш/"

25.Шаьш Аллах1ан /бина/ ч1аг1ам бохош а , цуьнан барт хиллачул т1аьхьа , Аллах1а ша хоттарца омру динарг /гергарло/ хедош /ца лелош/ а , лаьттахь бохамаш беш а берш , уьш - царна не1алт ду , царна вон х1усам ю .

26.Аллах1а Шена луучунна рицкъанна шорто а йо , гатто а йо . Уьш баккхийбийра дуьненан дахарах , /ткъа/ дуьненан дахар /ма/ дац эхартахь /долчуьнца дуьстича цхьа/ зовкх бен .

27.Шаьш /Делах/ цатешначара олу :"Цунна /элчанна/ т1е шен Делера /йолу/ цхьа билгало йоссийнехьара" . Ахьа ала :"Баккъалла а Аллах1а /шух/ Шена луург тила а во , ша т1евирзинарг цуьнга нис а во

28.Шаьш /Делах/ тешнарш а , шайн дегнаш Аллах1 хьехорца парг1ат довлурш а /нисбо/ . Ва , Аллах1 хьехорца дегнаш парг1ат довлу /шуна/ !

29.Шаьш /Делах/ тешнарш а , дикаш динарш а - царна /зовкхе/ декъалалла ю , хаза /йолу/ боьрзийла ю .

30.Иштта /хьоьл хьалхарнаш санна/ , Оха вахийтина хьо - бакъдолуш шел хьалха къаьмнаш д1адахначу - къоме , хьоьга царна дешийта Оха ша хьоьга хьехнарг . Уьш цатеша Къинхетамечух . Ахьа ала :"Иза сан Дела ву , кхин дела вац Иза воцург , Цунна т1етевжина со , Цуьнга ду сан /дохковаьлла/ юхаверзар" .

31.Баккъалла а /цхьана/ къуръано шеца лаьмнаш меттахъхьадича , я шеца латта декъча , я шеца белларш бистихилийтача /т1аккха а х1ара къуръан бен хир ма дацара и/ . Мелхо а , Аллах1ан ду дерриге а г1уллакх . Ткъа шаьш /Делах/ тешначарна ца хиъна , баккъалла а Аллах1ана лаахьара Цо берриге а нах нисбина хир барий ? Шаьш /Делах/ цатешнарш бу шаьш динарг бахьанехь шайна т1ебог1у бохам /бала/ ца соцуш , я шайн х1усаман юххехь буссуш /и бохам/ , Аллах1ан ч1аг1о яллалц . Баккъалла а Аллах1а ца йохайо /Ша/ йиллина хан .

32./Делора/ Бакъдолуш , кхаьрдина /ца баьшна/ хьоьл хьалхарчу элчанашха а , Аса хан елира шаьш /Делах/ цатешначарна . Т1аккха Аса схьалийцира уьш , муха дара Сан та1зар ?

33.Ша и х1ор синна цо динчуьнца /и хууш/ т1ех1оьттина /терго еш/ верг /ц1уйх тера ву/ ? Цара бира Аллах1ана декъахой . Ахьа ала :"Бийца уьш /муьлш бу/ ! Я аша д1ахоуьйту Цуьнга , лаьттахь /долчух/ Цуна ца хуург , я дашах /харц/ гуш дерг ?" . Мелхо а , хазйина шаьш /Делах/ цатешначарна шайн /къамелан/ мекарло . /Дала/ Юхатуьйхира уьш /нийсачу/ новкъах . Ша Аллах1а тилориг /милла велахь/ , цуьнан вац /цхьа/ нисвийриг .

34.Царна 1азап ду дуьненан дахарехь , /Делора/ эхартаан 1азап сов хала /деза/ ма ду . Церан /ма/ вац Аллах1ах /шаьш/ ларбийриг .

35./Делах/ Кхоьручарна ч1аг1о йинчу /ялсаманин/ бешан масал /куц/ , шена к1елахула татолаш лелаш /йолу/ : цуьнан даар даимна /хир/ ду , цуьнан 1индаг1 а /иштта/ . Иза шаьш /Делах/ кхийранчеран чаккхе ю , керстачеран чаккхе /жоьжахатин/ ц1е ю .

36.Шаьш Оха шайна /хьалха/ жайна делларш , баккхийбуьйш бу хьоьга доссийначух . Тобанашха /цхьаберш/ шаьш цуьнан цхьадерг т1е ца оьцуш бу . Ахьа ала :"Баккъалла а соьга омру дина , аса Аллах1ана 1ибадат дарца а , аса Цунна декъахо ца варца а , Цуьнга кхойкху аса , Цуьнга ду сан верзар а"

37.Иштта , Оха доссийна и /къуръан/ 1арбийн /маттахь/ хьукма /хилла/ . /Делора/ Хьо церан лаамашна /дезаршна/ т1аьхьах1оттахь , хьайга /бакъдерг/ хаар деанчул т1аьхьа , хьан /ма/ вац Аллах1ера верас /г1оьнча/ а , /хьо/ ларвийриг а .

38./Делора/ Бакъдолуш , Оха бахкийтина хьоьл хьалха элчанаш , Оха хилийтира царна зударий а , т1аьхье а . /царех цхьана а/ Элчанна /карахь/ ца хилла /цхьа а/ билгало йало Аллах1ан пурбанца бен . Х1ор ханна /шен/ тептар ду .

39.Аллах1а /цуьнах/ Шена луург д1адойъу , /Шена луург/ ч1аг1до . Цуьнгахь ду /хьадеш доцу/ нана жайна .

40.Оха хьуна гайтахь , Тхаьш царна /1азапах/ ч1аг1о еш долу цхьадерг , я Оха хьо /цул хьалха/ д1акхалхавахь , баккъалла а хьуна т1ехь д1акхайкхор ду , Тхуна т1ехь ду хьесап дар ду .

41.Царна ца гина , баккъалла а Тхо /церан/ лаьтте дахкар и шен йисташкара эшош ? Аллах1а кхел йо , Цуьнан кхелана /цхьа а/ юхатухург вац . Иза хьесап чехка долуш ву .

42.Бакъдолуш , шаьш царел хьалхарчара а йира /шайн элчанашна/ мекарло , /амма/ Аллах1ан ю ерриге а кийтарло , Цунна хаа х1ор сино лелориг , керстанашна хуур ду хьанна ю /эхартан/ х1усаман т1аьхье .

43.Шаьш /Делах/ цатешначара олу :"Хьо геланча вац" Ахьа ала :"Тоьар ву суна а , шуна а юккъехь теш /хила/ Аллах1 а , шегахь жайнан 1илма дерг а"




14 Сурат Ибрах1ийм
/Маккахь доьссина ‚ 52 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Алиф , лам , ра /Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена царех луург/ . /х1ара/ Оха ша хьоьга доссийна /долу/ жайна ду , хьоьга /шеца/ нах церан Делан пурбанца арабахийтархьама боданашкара серлонга - Сийлахьчун , Хастамечун новкъа .

2.Аллах1 - Ша , стигалшкахь /мел/ дерг а , лаьттахь /мел/ дерг а Шен /долахь/ дерг ву . /ма/ Бала /хир/ бу-кх /Делах/ цатешачарна буьрсачу /луьрачу/ 1азапех .

3.Шаьш дуьненан дахар эхартал г1оли хеташ /дезаш , хоржуш/ , Аллах1ан новкъах /нах/ сецош , и /некъ/ гамбан г1ерташ берш - уьш генарчу тиларчохь бу

4.Оха ца ваийтина /цхьа а/ элча шен къоман маттаца /дин кхайкхош/ бен , цуьнга царна /ша деанарг/ билгалдайтархьама . Аллах1а тилаво Шена луург , нисво шена луург . Иза сийлахь , кхетаме ву .

5./Делора/ Бакъдолуш , Оха ваийтира Муса Тхан аяташца /цуьнга омру деш/ :"Арадаккха хьан къам боданашкара серлонга , дагадахкийта царна Аллах1ан /зовкхан/ денош /аьлла/" . Баккъалла а цу чохь билгалонаш ма ю массо а садеттачунна , баркаллечунна .

6.Мусас элира шен къоме :"Дагадаийта шайна т1ера Аллах1ан зовкх - Цо шу к1елхьара дехира Фир1авнан доьзалх , шаьш шуна вон /луьра/ 1азап деш /болчу/ , шаьш шун к1енташна арсаш хьоькхуш , шун зударий дийна буьтуш /болчу/ . Цуьнгахь шун Делера доккха зер ду /шуна/" .

7.Шун Дала д1акхайкхийра :"/Делора/ Шу /Сан зовкхашна/ баркалле хилахь , Аса шу совдохур ма ду . /амма Делора/ Аша хама-пусар ца дахь , баккъалла а Сан 1азап ч1ог1а /луьра хир/ ма ду /шуна/"

8.Мусас элира :"Хама-пусар ца дахь аша а , лаьттахь болчу массаьра а , баккъалла а Аллах1 /шун баркалле хьаштвоцуш/ хьалдолуш , хастаме ма ву"

9.Шоьга ца кхаьчна /тов/ шаьш шул хьалха хиллачеран хабар - Нухьан къоман а , 1адан а , Самудан а , шаьш царел т1аьхьа хиллачеран а /хабар/ ? Уьш ца бевза Аллах1ана бен . Царна баьхкира церан элчанаш билгалонашца , шайн куьйгаш шайн батошка даьхьира цара /царех кадетташ/ , цара элира :"Баккъалла а тхо цатеша шу шеца дахкийтинчух , баккъалла а тхо билгалчу (тешамбойъучу) шеконехь ма ду аша тхо шега кхойкхучух"

10.Церан элчанаш элира :"Шеко ю ткъа Аллах1ехь - стигалш а , латта а Кхоьллинчу ? Цо шу /иймане/ кхойкху , Ша шуна шун къинош гечдархьама а , Ша шу /кхалхарна/ ц1етоьхначу хене т1аьхьататтархьама а . Цара элира :"Шу /ма/ дац тхо санна /долу/ адамаш бен , шайна лууш тхо совцо /д1адерзо/ тхан дайша /шена/ 1ибадат деш хиллачух . /шаьш элчанаш делахь/ Аша балабе тхуна /шаьш бакъхиларан/ билгала бух /бакъо/"

11.Цаьрга церан элчанаш элира :"Тхо /ма/ дац шу санна адамаш бен , делахь а Аллах1а дика /ма/ до Шен лайшха Шена луучунна . Тхан долахь /ма/ дацара шуна цхьа /бакъонан/ бух балабар , Аллах1ан пурбанца бен . Аллах1ана т1етовжийла муъманах"

12.Х1ун ду тхуна /новкъарло йийриг/ тхо Аллах1ан т1е ца товжа , бакъдолуш Цо тхо тхан некъашна т1е нисдина /хилча/ ? /Делора/ Оха сатухур ма ду аша тхо /шеца/ хьийзийначун т1ехь . Аллах1ана т1етовжийла /шаьш/ т1етовжурш

13.Шаьш /Делах/ цатешначара элира шайн элчанашка :"/Делора/ Оха шу тхан лаьттара /махкара/ арадохур ма ду я шу тхан дине доьрзур ма ду" . /т1аккха/ Церан Дала цаьрга /элчанашка/ хаийтира :"/Делора/ Оха х1аллак бийр ма бу зуламхой .

14.Оха шу /церан/ лаьттахь /махкахь/ даха ховшор ма ду царел т1аьхьа . Иза /ирс/ Суна хьалха /дуьхьал къиношца , юьхь 1аьржа хилла/ х1оттарх кхийранчунна а , Сан /1азапца/ кхерамтасарх кхийранчунна а ду"

15.Толам бийхира цара /шайн мостаг1на т1ехь/ , /Дала толийра уьш , т1аккха/ ийшира массо а къизаниг , вухахьарниг /х1уьттаре йийриг , къарцалург/ .

16.Цуьнан хьалха /кечйина/ жоьжахати ю /и шен чуг1ур волу/ , /цу чохь/ малор ду /цунна/ ноткъан хих /долу хи/ ,

17.Цо къурдаш дийр ду цуьнан , /амма/ и /легашха/ чоьхьа даккха герга хир вац иза . Валар дог1ур ду цунна т1е массо а меттигера , /амма/ иза вац велла /парг1ат вер волуш/ , цуьнан хьалха шога /къиза/ 1азап ду .

18.Шаьш шайн Делах цатешначеран масал /куц муха ду аьлча/ - церан 1амалш , дарцечу дийнахь шеца мох ч1аг1белла /бадийна/ чим /юкъ-овкъарш/ санна ю . Церан ницкъ ца кхочу шаьш гулдинчух /даьккхинчух , лехначух/ цхьана а х1уманна т1ехь /и чим гулбан ницкъ ма-кхаччара бен/ . Иза ду и генара тилар .

19.Хьуна ца гина , баккъалла а Аллах1а стигалш а , латта а бакъонца кхоллар ? Шена лаахь шу д1адохур /д1атилор/ , керла халкъ далор ду Цо .

20.И /ма/ дац Аллах1ана /дан/ хала /деза х1ума/

21./къемата дийнахь/ Аллах1ана гучубевлира уьш берриге а . /царех/ Г1ийлачара /ледарчара/ элира шаьш /дуьненахь элий хилла/ куралла йинчаьрга :"Баккъалла а тхо дара /дуьненахь/ шуна т1аьхьах1иттинарш . Дуй шу /тахана/ Аллах1ан 1азапех /долчу/ цхьана а х1уманах тхо хьалхадохур /к1елхьардохур/ долуш ?" Цара элира /жоплуш/ :"Аллах1а тхо нисдинехьара , оха шу а нисдина хир ма дара . Цхьатерра ду тхуна оха г1айг1а йича а , я сатоьхча а . Тхуна яц к1елхьардовла меттиг" .

22.Шайт1ано элира /Дала халкъан юкъара/ белхан кхелйича :"Баккъалла а Аллах1а йинера шуна бакъ /йолу/ ч1аг1о , аса а йинера шуна /сан/ ч1аг1о , /амма/ аса кхочуш ца йира шуна /и/ , сан долахь дацара шуна т1ехь /цхьа а/ урхалла , аса шу /тиларе/ кхайкхар доцург , /ткъа/ аша суна /дукха чехка/ жопделар . /цундела/ Суна ма билла бехк , /мелхо а/ шайн дог1машна билла аша бехк . Со дац шуна /тахана/ дан г1о долуш , шу а дац суна дан г1о долуш . Баккъалла а аса керстаналла дина , аша со хьалха /дуьненахь Делаца/ декъаходарца" . Баккъалла а зуламхой , царна лазош /долу/ 1азап ду !

23.Шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а /Дала/ бахийтира /ялсаманин/ бошмашчу , шайна к1елахула татолаш лелаш /йолчу/ , /уьш/ шайн Делан пурбанца гуттар 1ийр бу цу чохь . Цу чохь церан т1екере /маршалла хаттар/ Салам /далар хир/ ду .

24.Хьуна ца гина Аллах1а муха далийна масална - шен орам ч1ог1а /лаьттах/ болу , шен га стиглахь долу т1еххаза /ц1ена/ дитт санна долу - т1еххаза /ц1ена/ дош ?

25.Цо шен стоьмаш ло шен Делан пурбанца массо хенахь . Аллах1а даладо нахана масалш , цаьрга /царех/ хьехам эцийта .

26.Боьхачу дешан масал , боьхачу диттах тера ду , ша лаьттах бухдаьккхина , шен /тасадала цхьа/ ч1аг1о йоцуш /долчу/ .

27.Аллах1а ч1аг1бо шаьш /Шех/ тешнарш ч1ог1ачу /бакъонан/ дашца дуьненан дахарехь а , эхартахь а , Аллах1а тилабо зуламхой , Аллах1а до Шена луург .

28.Хьуна ца гина шаьш Аллах1ан зовкх керстаналлах хийцанарш а , шен къам /тилорца/ хаийнарш /чудигнарш/ а х1аллак хиларан х1усамчу -

29.жоьжахатичу , уьш шена чохь богур болу ? Ма вон чохь1ойла ю-кх /и/ !

30.Аллах1ана теранаш /декъахой/ бира цара , /цаьрца/ Цуьнан новкъах /нах/ тилорхьама . Ахьа ала /цаьрга/ :"Зовкх хьега аша /дуьненахь/ , баккъалла а шун доьрзийла ц1ерга ю /шуна/ !"

31.Ахьа ала шаьш /хьоьх/ тешначу Сан лешка ламаз х1оттаде , Оха шайна деллачу рицкъанах харж йе къайлах а , гуш а , шена чохь /бехк такха/ мах бар доцуш , доттаг1алла доцуш /долу къемат/ де дале хьалха .

32.Аллах1 ву Ша стигалш а , латта а кхоьллинарг а , стиглара /дог1ан/ хи доссийнарг а , Ша цуьнца стоьмаш арадаьхна шуна /царех/ рицкъа дина , шуна х1ордкема муьт1ахь динарг а , и лелийта х1орд чохь Шен омрунца , шуна татолаш муь1ахь динарг а .

33.Биллина д1алелаш болу малх а , бутт а шуна муьт1ахь бинарг а , буьйса а , де а шуна муьт1ахь динарг а .

34.Цо шуна делла аша ша дехначух массо а /х1ума/ . Шу Аллах1ан зовкхаш дагардан х1иттача , шуна уьш ларалур /церан хьесап далур ма/ дацара . Баккъалла а /керста/ адам /шен дег1ана/ зуламхо , /зовкхана/ хама-пусар доцург ма ду .

35.Ибрах1има элира :"Х1ай сан Дела ! Ехьа х1ара шахьар маьрша , генаваккхахь со а , сан к1ентий а оха ц1уйшна 1ибадат дарх !

36.Х1ай сан Дела ! Баккъалла а цара тилийна дуккха а нах . Ша /динехь/ суна т1аьхьах1оьттинарг - баккъалла а иза соьх ву , ша суна 1еса хилларг - баккъалла а Хьо гечдийриг , къинхетамениг ву .

37.Х1ай тхан Дела ! Баккъалла а аса /баха/ ховшийна сан доьзалх /цхьаберш/ ораматаш /соьналла/ доцчу тог1ехь /боьрахь/ - Хьан дихкинчу /дезачу хьажин/ ц1енна юххехь - цаьрга ламаз х1оттадайта . Дехьа нахех /цхьадолу/ дегнаш цаьрга туьйжуш /сатуьйсуш/ , лохьа цаьрна стоьмашха рицкъа . Цара баркалла ала тарлора .

38.Х1ай тхан Дела ! Баккъалла а Хьуна хаа оха хьулдийриг а , гучудоккхург а . Аллах1ана къайла ца долу цхьа а х1ума лаьттахь а , ца долу стиглахь .

39.Хастам бу Аллах1ана , Ша суна веллачу /сан/ воккхаллийца Исма1ил а , Исхьакъ а . Баккъалла а сан Дела до1а хезаш ма ву .

40.Х1ай сан Дела ! Вехьа ламаз х1оттош со а , сан доьзалх /берш/ а . Х1ай тхан Дела ! Къобал дехьа сан до1а !

41.Х1ай тхан Дела ! Гечдехьа суна а , сан дена-нанна а , муъманахaна а хьесап х1уттучу дийнахь !"

42.Хьуна /хетне а/ ма хетийла Аллах1 чидам боцуш зуламхоша дечух . Баккъалла а Цо т1аьхьатоьтту уьш шена чохь б1аьргаш къаьрзачу /къемата/ дийне

43./шаьш/ Хьаьвдда /бевдда/ , шайн кортош айъина , шайн д1ахьахьажар /къарзар/ шайга юхацадоьрзуш , шайн дегнаш даьсса долуш .

44.Д1ахьеде нахана шайна 1азап дог1ур долу де . Шаьш зуламдинчара эра ду :"Х1ай тхан Дела ! Т1аьхьататтахь тхо гергарчу хене , Хьан кхайкхамна жоплур дара оха , элчанашна т1аьхьах1уьттур дара тхо" . Шу дацара ткъа хьалха /дуьненахь/ дуй биънарш , шайна /дуьненчуьра/ д1атилар дац /аьлла/ ?!

45.Шу /дуьненахь даха/ хевшира шаьш /шул хьалха/ шайн дог1машна зуламдинчеран х1усамашка , шуна билгалделира Оха муха /та1зар/ дина цаьрна , Оха далийра шуна масалш /амма аша хьехам ца ийцира/ .

46.Цара йира шайн мекарло , Аллах1ан гергахь /хууш/ ю церан мекарло . Яцара церан мекарло шех лаьмнаш д1атуьлур долуш /уьш д1атилча а бакъо д1атуьлур йолуш/ .

47.Хьуна /хетне а/ ма хетийла Аллах1 , Шен элчанашна /Ша йина/ Шен ч1аг1о йохор йолуш . Баккъалла а Аллах1 сийлахьнаг , /Шен лешна/ ч1ир оьцург ву .

48.Оцу /къемата/ дийнахь латта кхечу лаьттаца хуьйцур ду , стигалш а . Уьш гучубевра /хьалабевра/ бу /шайн кешнашчуьра/ цхьаъ волчу , нуьцкъала волчу Аллах1ана

49.Хьуна гур бу къинош дерш оцу дийнахь /шайна/ буржалш тоьхна /з1енашца бихкина/

50.Церан бедарш силамах /хир/ ю . Ц1еро д1алоцур ю церан яххьаш .

51.Аллах1а декхархьама х1ор синна ша гулдинарг /леханарг/ . Баккъалла а Аллах1 хьесап чехка деш ву

52.Х1ара /къуръан/ кхайкхам /хьехам/ бу нахана , царна цуьнца /Делан 1азап хилар/ д1ахьеда а , царна хаийта а баккъалла а Иза - цхьа Дела вуй , хьекалан дайшка ойла яйта а .




15 - Сурат Альхьиджр /Тог1е , г1ала/
/Макахь доьссина ‚ 99 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Алиф , лам , ра .
Х1орш жайнан а , билгалчу къуръанан а аяташ ду .

2.Шаьш /Делах/ цатешначарна лаа тарло шаьш бусулбанаш хила

3.Бита ахьа уьш яа а , зовкх хьега а , сатийсаро д1алаца а . /т1аьхьа/ Хуур ду царна .

4.Оха х1аллак ца йина цхьа юрт , шен тоьхна хан йолуш бен

5.Цхьа къам шен /тоьхначу/ хенал хьалха ца долу , /цунах/ т1аьхьа а ца дуьсу .

6.Цара элира :"Х1ай шена т1е хьехор /къуръан/ доссийнарг ! Баккъалла а хьо хьераваьлла /телхина/ ма ву"

7.Ахьа /хьайна теш х1итта/ тхуна малийкаш далийча , хьо бакълуьйчарех хилча

8.Оха малийкаш бакъдолчуьнца бен ца диссадо /ткъа диссийча/ , т1аккха уьш хир бацара т1ахьатеттинарш

9.Баккъалла а Оха досса а дина /х1ара/ хьехор /къуръан/ , баккъалла а Тхо и лардийраш ма ду .

10./Делора/ Бакъдолуш Оха хьоьл хьалха а /ма/ бахийтина хьалхалерачийн тобанашка /элчанаш/

11.Царна /цхьа/ элча ма ца вог1у , уьш шех кхаьрдаш /цабешаш/ хилла бен

12.Иштта , Оха дуьллу и къадечеран дегнашчу ,

13.уьш шех тешаш боцуш . Бакъдолуш , д1адахна хьалхалерачийн 1адат а .

14.Оха царна стигалха цхьа не1 схьайиллинехьара , уьш цуьнах хьалабовлуш хуьлуш ,

15.цара эра ма дара :"Баккъалла а тхан б1аьргаш дахийна , мелхо а тхо /шена/ бозбуанчалла дина къам /нах/ ду"

16./Делора/ Бакъдолуш , Оха стиглахь хилийтина седарчийн гулам , Оха кечйина и /стигал/ хьовсучарна

17.Оха ларйина и /стигал Дала/ эккхийначу массо а шайт1анах .

18.Ша /шена/ хеззарг лачкъийнарг доцучух , ткъа цунна т1аьхьаболу сирла /къегина/ седа .

19.Латта даржийна Оха , цу т1ехь лаьмнаш доьг1на , /шен/ барам болу массо х1ума кхиийна Оха цу т1ехь ,

20.Оха цу т1ехь юург хилийтана шуна а , аша /рицкъа луш/ ша кхобуш йоцучунна .

21.Цхьа а х1ума /ма/ яц , Тхуна гергахь шен хазнаш йолуш бен . Оха ца йоссайо и /х1ума/ билгалчу барамехь бен .

22.Оха дахкийтина /шуна/ беркате /пхаръевлла мархаш йохьу/ мехаш , доссийна Оха стиглара /мархашкара дог1ан/ хи , Оха малийна и шуна , шу дац и /хи/ лардийраш /доуьйтурш/

23.Баккъалла а Тхо ма ду /белларш/ денбийраш а , /дийнаберш/ кхалхораш а , Тхо ду /бухдуьсу/ верасаш .

24./Делора/ Бакъдолуш , Тхуна хиъна шух хьалхабевлларш /муьлш /бу/ а , /Делора/ бакъдолуш Тхуна хиъна /шух т1аьхьабиснарш /муьлш бу/ а .

25.Баккъалла а хьан Дала - Цо гулбийр бу уьш . Баккъалла а Иза кхетаме верг , хууш верг ву .

26./Делора/ Бакъдолуш , Оха адам кхоьллина бекъачу /боькучу/ , /шен/ кепйинчу поппарх - сацкъарх /саззах/ .

27.Жинн /да Иблийс/ а кхоьллина Оха /цул/ хьалха чахчочу /морцучу/ ц1ерах

28.Хьан Дала малийкашка элира :"Баккъалла а Со адам кхолла воллу бекъачу /боькучу/ , /шен/ кепйинчу поппарх - сацкъарх /саззах/ .

29.Ткъа Аса иза /кепехь/ нисвина , Сан сих цунна чу садиллича , шу эга цунна гора /суждане/ .

30./т1аккха/ Горадахара малийкаш - уьш дерриге , массо .

31.Иблийс доцург , дуьхьалделира и ша горадаханчаьрца хиларх"

32.Цо /Дала/ элира :"Х1ай Иблийс ! Хьуна /лууш дерг/ х1ун ду , хьо горадаханчаьрца ца хиларехь ?"

33.Цо /Иблийсо/ элира /жоплуш/ :"Со /лууш/ ма дац горадаха адамна , Ахьа ша бекъачу /боькучу/ , /шен/ кепйинчу поппарх - сацкъарх /саззах/ кхоьллина долчу" .

34.Цо /Дала/ элира :"Делахь , арадала цу чуьра , баккъалла а хьо эккхийна ду .

35.Баккъалла а хьуна т1ехь не1алт ду бекхаман де кхаччалц"

36.Цо /Иблийсо/ элира :"Х1ай сан Дела ! Делахь , со т1аьхьататтахь уьш /денбина/ г1овттор болчу дийне"

37.Цо /Дала/ элира /жоплуш/ :"Делахь , хьо баккъалла а т1аьхьатеттинчарех ду-кх ,

38.билгалчу хенан дийне"

39.Цо /Иблийсо/ элира :"Х1ай сан Дела ! /Делора/ Ахьа со тилорна , аса царна хаздийр ма ду лаьттахь /1еса мел дерг/ , аса уьш тилор ма бу берриге а ,

40.царех Хьан догц1ена лайш боцурш"

41.Цо /Дала/ элира :"Х1ара /бакъонан/ некъ Суна нийса бу .

42.Баккъалла а Сан лайш , хьан дац царна т1ехь урхалла /бакъо/ , тиллачарех ша хьуна т1аьхьах1оьттинарг воцучунна" .

43.Баккъалла а жоьжахати церан хан йиллина меттиг ма ю - массеран а .

44.Цуьнан ворх1 не1 ю , царех х1ор не1аран къастийна /декъна , хьажийна/ дакъа ду

45.Баккъалла а /Делах/ кхоьрурш /ялсаманин/ бошмашкахь а , шовданашкахь а /хир/ бу .

46./царга эра ду :/ "Чу г1о царна машарца , /шаьш/ маьрша /кхерамза/ долуш !"

47.Оха д1аяаьккхира церан кийранашкахь йолу хьаг1 /гамо , цабезам , ачо , догволла/ , вежарий хилла , маьнгеш т1ехь дуьхь-дуьхьал бирзина

48.Цу /ялсамани/ чохь царех ца хьакхало к1адбалар /г1елбалар/ , уьш цу чуьра арабохур бац .

49.Д1акхайкхаде Сан лайшка , баккъалла а Со гечдийриг , къинхетамениг вуй .

50.Баккъалла а Сан 1азап - иза лазош /долу/ 1азап дуй

51.Д1ахаийта царна Ибрах1иман хьешех /дерг/ .

52.И волчу баьхкина цара элира :"Салам маршалла /ду шуна/" . Цо /Ибрах1има/ элира :"Баккъалла а тхо шух кхоьруш ду"

53.Цара элира :"Ма кхера ! Баккъалла а , оха кхаъ боккху хьуна хьекъалечу к1антаца"

54.Цо элира :"Аша суна кхаъ баьккхина , со къаналло схьалаьцна волуш , стенца кхаъ боккху аша ?"

55.Цара элира :"Оха кхаъ баьккхина хьуна бакъдолчуьнца , хьо ма хила догдиллинчарех !"

56.Цо /Ибрах1има/ элира :"Хьа догдуьллу шен Делан къинхетамех , тиллачара бен ?"

57.Цо /Ибрах1има/ элира :"Х1ун 1алашо ю шу ? Х1ай геланчаш !"

58.Цара элира :"Баккъалла а тхо дахкийтина къадечу къоме /уьш х1аллакбан/ ,

59.Лут1ан доьзал боцург . Баккъалла а оха к1елхьарбохур бу уьш - берриге ,

60.цуьнан зуда йоцург . Оха кхелйина , баккъалла а иза бухабуьсучарех ма ю"
61.Лут1ан доьзал болчу геланчаш баьхкинчу хена

62.Цо элира :"Баккъалла а шу /суна/ девзаш доцу /хийра/ нах ду"

63.Цара элира :"Мелхо а , тхо даьхкина хьо волчу уьш шегахь шек хиллачуьнца .

64.Тхо даьхкина хьо волчу бакъдолчуьнца , баккъалла а тхо ма ду бакълуьйш .

65.Арабаккха хьан доьзал буьйсанан /цхьана/ декъехь , царна т1аьхьа х1отта , вуха ма хьожийла шух цхьа а , д1аг1о шайга омру дечу" .

66.Оха д1ахаийтира цунна и г1уллакх - баккъалла а х1окхеран т1аьхье /х1аллак барца/ хадийна ю /уьш/ 1уьйренга бовлуш .

67.Г1алин бахархой баьхкира баккхийбуьйш

68.Цо /Лут1ас/ элира :"Баккъалла а х1орш сан хьеший бу , со юьхь1аьржа ма х1оттавелаш .

69.Аллах1ах кхера , со сийсаз ма велаш !"

70.Цара элира :"Оха хьуна дехка ца дихкина нах /т1елацар/ ?"

71.Цо элира :"Х1ара сан зудбераш ду-кх /шуна/ , аша /х1ете а , вете а и/ деш хиллехь /бига уьш маре/"

72.Хьан оьмарора , баккъалла а уьш шайн бахарчохь /кеп хиларехь/ тилла лелаш ма бу

73.Садаьржаш ц1ог1ано схьалецира уьш .

74.Оха йира цуьнан /г1алин/ т1ехуле /уьш бертал тоьхна/ цуьнан лахе . Оха делхийра царна т1е /беттинчу/ поппарех /долу/ т1улгаш

75.Баккъалла а цу /хьахийна/ чохь билгалонаш ма ю леррина хьовсучарна /терго ечарна/

76.Баккъалла а и /г1ала/ ма ю /х1инца а нах д1асхьалелаш/ болуш болчу некъаца .

77.Баккъалла а цу чохь билгало ма ю муъманахана

78.Баккъалла а варшан дай /Шу1айбан къам/ зуламхой ма хилла

79.Оха царна д1адекхна /уьш х1аллак барца/ , баккъалла а и шиъ /юрт/ ма ю /нахана/ билгалчу новкъахь /лаьтташ/

80./Делора/ Бакъдолуш , тог1ен /г1алин/ дайша /Самудаш/ харцбира геланчаш

81.Оха елира царна Тхан билгалонаш , уьш царех д1абоьрзуш бара

82.Уьш бара лаьмнех маьрша /кхерамза/ чохь1ойлаш /х1усамаш/ цоьстуш /йохуш/

83.Сахуьллуш ц1ог1ано схьалецира уьш

84.Уьш хьалха ца бехира /Делан 1азапех/ цара лохуш /гулдеш/ хиллачо .

85.Оха ца кхоьллина стигалш а , латта а цаьршинна юккъехь /мел/ дерг а бакъонца бен . Баккъалла а /къемата дийнан/ сахьт дог1ур /долуш/ ма ду , къинт1еравала /царна/ хаза къинт1ераваларца

86.Баккъалла а хьан Дела кхуллург , хуург ву

87./Делора/ Бакъдолуш , Оха хьоьга делла /доссийна юх-юха доьшуш/ карладоккхучарех ворх1 /аят/ а , сийлахь къуръан а .

88.Ма кхийдабе /кхерстабе/ хьан ши б1аьрг Оха шеца царех цхьаболчарга зовкх хьегийтинчуьнга , ма хила царна г1айг1ане а , охьата1абе хьан т1ам муъманахана /к1еда-мерза хила царца/ !

89.Ахьа ала :"Баккъалла а со /шуна 1азап хилар/ билгала д1ахьедархо ма ву "

90.Оха досса ма-дарра доькъучарна т1е

91.шаьш дина /болу/ къуръан дакъош

92.Хьан Делора Оха /жоп/ хоттур ма ду цаьрга массаьрга а

93.цара деш хиллачух .

94./мохь тоххе/ Гучудаккха хьайга омру дийриг , д1аверза /Далла/ декъаховечарех !

95.Оха хьо хьалхаваьккхина /хьоьх/ кхаьрдачарех /хьо хьийзочарех/

96.шаьш Аллах1аца цхьана кхин дела веш болчу . /т1аьхьа/ Хуур ду царна /шайна хиндерг/ .

97./Делора/ Бакъдолуш Тхуна хаа , баккъалла а хьан кийра гаттлой /1аьвжий/ цара /хьайна/ олучух /дуьйцучух/

98.Теспахь де хьан Далла хастам барца , хьо хила /суждане/ горабаханчарех

99.1ибадат де хьан Далла , хьайга билггал дерг /валар/ даллалц .



16 - Сурат Аннахьл /Накхармозий/
/Маккахь доьссина ‚ 128 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу
къинхетаман Да волчу



1.Аллах1ан омру /герга/ деана , аша сих ма де иза /хенал хьалха/ . Ц1ена ву Иза , лакхаваьлла Иза цара /Шеца/ декъахо вечух .

2.Цо диссадо малийкаш сица /хьехамца цхьана/ Шен омрунца Шен лайшха Шена луучунна т1е :"Аша д1ахьеде баккъалла а /кхин/ дела вац , Со бен . Кхера Соьх" - /аларца/

3.Цо кхоьллина стигланаш а , латта бакъонца . Лакхаваьлла Иза цара /Шеца/ декъахо вечух .

4.Цо кхоьллина адам /стеган а , зуьдчун а/ т1адамах , т1аккха иза /шен Далла/ билгала довхо ву

5.Хьайбанаш а кхоьллина Цо , шуна цаьргахь йовхо а , пайданаш а бу , царех дуу аша .

6.Шуна цаьргахь хазалла ю , аша уьш /сарахь/ чудерзочу хенахь а , аша уьш /1уьйаранна/ д1алохкучу хенахь а

7.Цара д1ахьо шун маххьаш , дог1машна халонца бен шу шега кхочур доцчу махка . Баккъалла а шун Дела къахетаме , къинхетаме ма ву

8.Говраш а , /вир/ б1аьрзанаш а , варраш а /кхоьллина Цо/ шу царна т1еховшийта а , куьцанна /хазаллийна/ а . /иштта/ Цо кхуллу шуна /йовза/ ца евзарг а .

9.Аллах1ан т1ехь ду нийса некъ /билгалбар/ , царех бу харцберг а . Шена лиънехь Цо нисдийра ма дара шу дерриге а .

10.Иза ву Ша стиглара /д1ог1ан/ хи доссийнарг , шуна шех /мала/ малар долу , шех ораматаш /кхиар/ долу , шен чохь аша /даьхни/ дажош

11.Цо хьаладолуьйту шуна цуьнца ялта а , зайтун а , хурманаш а , кемсаш а , массо а стоьмех /стоьмаш/ а . Баккъалла а цуьнгахь билгало ма ю ойлаечу нахана

12.Цо муьт1ахь йина шуна буьйса а , де а , малх а , бутт а , седарчий а ду муьт1ахь дина Цуьнан омрунца . Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ма ю хьекъалечу нахана

13.Цо кхоьллина шуна лаьттахь /мел дерг/ шен беснаш бес-бесара долуш . Баккъалла а цуьнгахь билгало ма ю хьехам оьцучу нахана

14.Иза ву Ша х1орд /шуна/ муьт1ахь бинарг , шоьга цуьнах ховха /керла/ жижиг даийта а , шоьга цуьнах /жовх1аре/ хазъерг хьалаяккхийта а , аша ша /шайна/ т1еуллуш йолу . Х1ордкеманаш го хьуна цу /х1орд/ чохь /и/ хедош . Шоьга лахийта Цуьнан комаьршонах . Шу хила мега /Далла/ баркалла олуш .

15.Цо доьг1на лаьттахь /даккхий/ лаьмнаш и /латта/ шоьца меттах /ца/ хьейта , татолаш а , некъаш а /дина/ . Шу хила мега нислуш .

16.Билгалонаш а /йоьг1на/ , седарчашца нисло уьш /шайн некъахь/

17.Ткъа Ша /массо а х1ума/ кхуллург ша /х1умма/ ца кхуллург санна ву те ? Шу /кхета/ ца кхета ?

18.Шу Аллах1ан зовкх дагардан х1иттича , шуна цуьнан чот тохалур яц . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ма ву

19.Аллах1ана хаа аша хьулдийриг а , гучудоккхург а

20.Шаьш Аллах1 воцург кхойкхурш , цара /шайга кхойкхучара/ ца кхуллу х1умма а , /мелхо а/ уьш бу /шаьш кхечо/ кхуллуш

21./уьш/ Белла /бу/ дийна боцуш , царна хаа ца ло шаьш /денбина/ маца г1овттор бу

22.Шун Дела - цхьа Дела ву . /ткъа/ Шаьш эхартех ца тешарш - церан дегнаш /и къобал ца деш/ юхатухуш ду , кура бу уьш
23.Дера /шеко йоццуш/ , баккъалла а Аллах1ана хаа цара /шайн дегнашкахь/ хьулдийриг а , цара гучудоккхург а , баккъалла а Цунна ца беза куранаш

24.Цаьрга аьлча :"Х1ун ду и шун Дала доссийнарг ?" Цара олу /жоп луш/ :"Хьалхалерачийн туьйранаш /ду/"

25.Цара къемата дийнахь хьойла дийнна /дуьззина/ шайн /къинойн/ маххьаш а , шаьш /тилабой/ хаар доцуш /берш/ тилочеран /долчу/ маххьашха /тера маххьаш/ а . Ма вон /хилла/ ду-кх и цара /ша/ хьуш дерг

26.Бакъдолуш мекара хилира шаьш царел хьалхарнаш , т1аккха Аллах1 веара /Шен та1зарца/ церан г1ишлонна баххашкахула , тхов т1ебуьйжира царна шайна т1ехулара /шаьш бухахь буьсуш/ , 1азап деара царна шайна дагахь доцучу аг1орхьара

27.Цул т1аьхьа , къемата дийнахь а сийсаза бийр бу Цо уьш , Цо эра ду :"Стенгахь бу /аша Суна бина и/ Сан декъахой , шаьш шайн хьокъехь шу /Соьца/ къийсалуш хилла болу ?" Шайна /Дала/ хаар деллачара элира :"Баккъалла а тахана сийсазалла а , вон а /Делах/ цатешачарна т1ехь ду ,

28.шаьш малийкаш /са эцарца/ кхалхош болу /уьш/ шайн дог1машна /шаьш Делах цатешарна/ зуламе а болуш" . Машар кховдийра цара :"Тхо дацара вочух /х1умма/ деш" /аьлла/ . /царна жоп лур ду :/ "Х1аъ . Баккъалла а Аллах1 ву хууш верг аша /дуьненахь/ деш хилларг .

29.Шу г1о жоьжахатин не1арш чу , гуттар цу чохь лаьтташ ! Ма вон ю-кх курачеран боьрзийла" /аьлла/

30.Шаьш /Делах/ кхийриначаьрга элира :"Х1ун ду и шун Дала доссийнарг ?" Цара элира :"Диканиг /ду/" Шаьш х1окху дуьненахь дикадинчарна - диканиг /хир/ ду. /Делора/ Эхартан х1усам тоьлуш ма ю . /Делора/ Ма дика ю-кх /Делах/ кхоьручеран х1усам !

31./иза/ Дахаран /1адн/ бошмаш /ю/ , уьш шайна чуг1ура болуш , шайн к1елахула татолаш лелаш йолу , царна цу чохь шайна мел дезарг /хир/ ду . Иштта бекхам бо Аллах1а /Шех/ кхоьручарна ,

32.шаьш малийкаш /са эцарца/ кхалхош болу /уьш/ ц1ена болуш , шаьш олуш :"/Делера/ Маршалла ду шоьга ! Шу ялсаманий чуг1о шаьш /дуьненахь дика/ деш хиларна"

33.Шайна /са оьцу/ малийкаш дахкаре бен , я /1азапца/ хьан Делан омру даре /бен/ хьоьжий уьш ? Из-за дира шаьш царел хьалхарачара а . Аллах1а /уьш х1аллак барехь/ зулам ца динера царна , амма уьш хилира шайн дог1машна /шаьш шайна/ зулам деш

34.Царна т1едаьхкира шаьш диначуьн вонаш , царна го биллира уьш шех /ца бешаш/ кхаьрдаш хиллачо

35.Шаьш /Делаца/ декъахо винчара элира :"Аллах1ана лиънехьара , И воцучунна цхьана а х1уманна 1ибадат дийра /ма/ дацара оха - оха а /дацара/ , /я/ тхан дайша а дацара , /я/ оха /хьарам дина/ дихкина /хир/ дацара Цуьнан /лаамца/ бен х1умма а . Из-за дира шаьш царел хьалхарачара . Дуй ткъа элчанашна т1ехь , билгала д1акхайкхор бен ?

36./Делора/ Бакъдолуш , Оха хьажийна х1ор умматна /къоманна/ элча :"Аллах1ана 1ибадат де , йилбазна /ц1уна/ генадовла" /аларца/ . /ткъа/ Царех ша Аллах1а нисвинарг ву , /иштта/ царех шена т1ехь /Далла гергахь/ тилар хьакъ хилларг ву . Дуьйлало лаьттахула , хьовса муха хилла /элчанаш/ харцбечеран т1аьхье /чаккхе/


37.Хьуна /мел/ ч1ог1а лиъча а уьш /тилларш/ нисбалар , баккъалла а Аллах1а нис /ма/ ца во Ша тилориг . Церан бац /шаьш 1азапах ларбан/ г1оьнчий .

38.Аллах1аца дуй биира цара шайн ч1ог1ачу ч1аг1онашца :"Аллах1а /денвина/ г1аттор /ма/ вац ша велларг" /аьлла/ . Х1аъ /дера вийра ма ву/ . /Цо йина/ Цунна т1ехь ч1аг1о ю /иза/ , /ша/ хьакъ /бакъ/ хилла . Делахь а , дукхахболчу нахана ца хаа /иза/

39. /Дала уьш денбийр ма бу/ Царна билгалдархьама а уьш шегахь бекъалург , шаьш /Делах/ цатешначарна хаийтархьама а баккъалла а уьш харцлуьйш хилар .

40.Баккъалла а , Оха цхьана х1умане олург , Тхайна иза /хила/ лиъча , Оха цуьнга :"Хила" алар ду , т1аккха иза хуьлу .

41.Шаьш Аллах1ан дуьхьа /шайн/ махках бевлларш , шайна зулам динчул т1аьхьа , /Делора/ Оха уьш дуьненахь дика /меттиг елла/ д1атар бийр ма бу . /Делора/ Эхартан ял /мел цул/ йоккха ма ю , уьш /и/ хууш белхьара /кхин а сов бевра ма бара/ .

42./уьш/ Шаьш сатоьхнарш а , шайн Далла т1етевжинарш а /бу/

43.Оха ца бахкийтина хьоьл хьалха божарий /адамаш/ бен , Оха шайга хьоьхуш . Аша хатта жайнан /хьахоран/ ох1лунга шаьш ца хууш делахь .

44.Билгалонашца а , жайнашца а /баьхкийтина уьш/ . Оха доссийна хьоьга жайна /хьахор/ , хьоьга нахана билгаладайта цаьрга доссийнарг . Цара ойла ян мега .
45.Шаьш вонаш динарш маьрша бевлла ткъа Аллах1а шайца латта чудожийтарха , я шайна дагахь доцучу аг1орхьара /ц1аьххьана/ шайна 1азап дарах ?!


46.Я цо /1азапо/ уьш шайн /дахаран/ керчарехь /хьаьдда-бевдда леларехь/ д1алецарха ? Уьш /ма/ бац /и Тхан 1азап/ г1орасиз дийр болуш .

47.Я цо шаьш кхоьруш болуш д1алецарха ? Баккъалла а шун Дела /шоьх/ къахеташ , /шоьца/ къинхетаме ма ву .

48.Царна ца гина-те Аллах1а /тайп-тайпана/ х1уманех ша кхоьллинарг , шен 1индаг1 аьтту а , аьрру а аг1орхьа тевжаш , /ша/ Аллах1ана /муьт1ахь хилла/ охьате1аш , шаьш хьастаделла ?

49.Аллах1ана /сужда дарца/ гор доьду ша стигланашкахь /мел/ дерг а , ша дийнатех лаьттахь /мел/ дерг а , /иштта/ малийкаш а , шаьш куралла а ца еш .

50.Шайна т1ехулара шайн Делах кхоьруш , шайга де бохург деш .

51.Аллах1а элира :"Аша ма лаца ши дела ! Баккъалла а Иза цхьа Дела /ма/ ву . Соьх кхералуш" .

52.Цуьнан ду ша стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг , Цунна ду муьт1ахьалла , гуттар а . Ткъа шу Аллах1 воцучух кхоьру тов ?

53.Къинхетамех ша шоьца дерг , Аллах1ера ду . Т1аккха шоьх /цхьа/ зен хьакхаделча , Цуьнга мохь бетта аша /орца доьхуш/ .

54.Цул т1аьхьа Цо /и/ зен шоьх д1аайъича , т1аккха шоьх /цхьа/ тоба шен Далла декъахо веш ю ,

55.Оха шайна деллачух цатешархьама /къера ца хилархьама/ . Зовкх хьега аша /х1окху дуьненахь/ , /т1аьхьа/ хуур ду шуна /шайна хиндерг/ .

56.Оха шайна /рицкъанех/ деллачух дакъа до цара шайна ца девзачунна . Аллах1ора , шоьга /къемата дийнахь жоп/ хоттур ма ду аша /харц/ кхуллуш хиллачух .

57./малийкаш/ Аллах1ана зудбераш хуьлуьйту цара . Ц1ена ву-кх Иза . Ткъа шайна - /к1ентарех/ шаьш /шега/ сатуьйсург /хоржу/

58.Царех цхьанна стечуьнца кхаъ баьккхича , цуьнан юьхь /халахетна/ 1аржло , ша /шен/ оьг1азло сецош .

59.Ша нахах /эхь хеташ/ лечкъаш , шена шеца баьккхинчу кхаъан вонна /х1ун дийр ду ца хууш/ . /шена хуьлучу/ Сийсазаллин т1ехь /дийна/ 1адйита-те ша и , я /йийна д1аяккха/ лаьттах йолла-те ша и ? Ма вон хилла-кх цара ен кхел !

60.Шаьш эхартех цатешачарна вон /ирча/ масал /куц/ ду . /ткъа/ Аллах1ана /массо аг1ор/ лаккхара /тоьлла/ масал ду . Иза сийлахьниг , кхетамениг ву

61.Аллах1а нахана шайн зулам бахьанехь та1зар деш делахьара , Цо цу /лаьтта/ т1ехь цхьа а дийнат дитина хир /ма/ дацара , делахь а Цо т1аьхьатотту уьш /Ша/ ц1етоьхначу хене . Ткъа церан /х1аллак баран/ хан еача , /цул/ цхьа сахьт т1аьхьа а ца буьсу уьш , /я/ хьалха а ца бовлу

62.Цара Аллах1ана хуьлуьйту /т1ехьарчадо/ шайна /ша/ ца дезарг . Церан меттанаш кхуллу харцо - баккъалла а шайна диканиг ду /аларца/ . Дера /шеко йоццуш/ , баккъалла а царна /жоьжахатин/ ц1е /ма/ ю , баккъалла а уьш /цу чохь/ д1атесна /хир ма/ бу

63.Аллах1ора /дуй буу Аса/ , бакъдолуш Оха хьоьл хьалха а бахкийтина къаьмнашка /элчанаш/ , /ткъа/ шайт1ано царна хазйира шайн 1амалаш . И /шайт1а/ ду тахана церан верас , царна /уьш/ лазабен 1азап /хир/ ду /къемата дийнахь/ .

64.Оха ца доссийна хьуна т1е жайна /къуръан/ , хьоьга царна ша уьш шегахь бекъабелларг билгалдайта а бен , /и къуръан/ нийса некъ а , къинхетам а хилийта бен /Делах/ тешачу къоманна

65.Аллах1а стиглара /дог1ан/ хи а доссийна , цуьнца латта дендина иза /дакъа/ деллачул т1аьхьа . Баккъалла а цу /къамела/ чохь билгало ма ю /шега/ ладуг1учу нахана

66.Баккъалла а шуна , хьайбанашкахь а хьехам ма бу . Оха шуна малайо церан гайшкарчух , кхона а , ц1ийна а юккъера ц1ена шура , молучарна аьхна /чомехь , тамехь/ йолуш

67./иштта Оха маладо шуна/ Хурманийн а , кемсийн а стоьмех /доккху мутта а/ , аша цуьнах доккху вахош долу малар а , /кхидолу/ дика рицкъа а . Баккъалла а цу чохь билгало ма ю хьекъалечу нахана

68.Хьан Дала накхармозийна /дагчу/ хьехна :"Ахьа йе /хьайна накхар/ баннаш лаьмнех а , диттех а , цара /г1ишлонех/ ечух а .

69.Цул т1аьхьа ахьа яа массо а стоьмех /дургал/ , хьо лела хьан Делан некъашца /Цунна/ хьасталой" . Церан гайшчуьра арадолу малар , шен беснаш бес-бесара долу , шегахь нахана дарба долу . Баккъалла а цу чохь билгало ма ю ойлаечу нахана

70.Аллах1а кхоьллина шу , цул т1аьхьа д1акхалхадо Цо шу . Шоьх ша гужамалле /хьекъалах эшаре , къаналле/ верзориг ву , цуна х1умма ца хаийтархьама /цуьнан/ хаарал т1аьхьа . Баккъалла а Аллах1 хуушверг , ницкъ кхочург ву

71.Аллах1а толийна шоьх цхьаберш вукхарна т1ехь рицкъангахь . Ткъа шаьш толийнарш /ма/ бац шайн рицкъа лур долуш шайн аьттучара доладечарна /куьйга к1еларчарна/ , шаьш цуьнгахь цхьатерра хила . Аллах1ан зовкх къобал ца до цара ?

72.Алллах1а хилийтина шуна шух шайха /болу/ зударий , Цо хилийтина шуна шун зударех бераш а , берийн бераш а , Цо шуна рицкъа делла /цхьадолчу/ диканех /ц1енчух/ . Харцдолчух теша ткъа уьш , шаьш Аллах1ан зовкхах а ца тешаш ?

73.Цара 1ибадат до Аллах1 воцуш , шайн долахь стигалшкара а , лаьттара а рицкъанех шайна дала х1умма а доцучарна , ницкъ ца кхочучарна .

74.Ма даладе Аллах1ана /ц1уйх/ масалш ! Баккъалла а Аллах1ана хаа /Ша цхьаъ хилар/ , шуна ца хаа /и шайн сонталлийна/ .

75.Аллах1а далийна /шуна/ масал - /нехан/ долахьволу лай а , ша /цхьана а/ х1уман т1ехь ницкъ ца кхочуш /волу/ , Оха шена Тхайгара дика рицкъа делларг а , ша цуьнах къайлах а , гуш а харж еш волу . Цхьанийсса буй уьш ? Хастам бу Аллах1ана . Х1етте а царех дукхахберш ца хууш бу .

76./иштта/ Аллах1а далийна /кхин/ масал /а/ - ши стаг , цаьршиннах цхьаъ мотт ца хууш ву , шен /цхьана а/ х1уман т1ехь ницкъ ца кхочуш ву , иза бала бу шен верасна . Цо ша миччахьа а хьажийча , диканца ца вог1у иза . Цхьанийсса вуй иза а , нийсонца омру дийриг а , ша нийсачу некъа т1ехь а волуш ?

77.Аллах1ан ю стигалшин а , лаьттан а къайле . /къемат дийнан/ Сахьтан г1уллакх /ма/ дац /сихаллехь/ б1аьрган нег1ар тохар санна бен , я кхин а герга /ду/ и /г1уллакх/ . Баккъалла а Аллах1 массо а х1уман т1ехь ницкъ кхочуш ву .

78.Аллах1а арадаьхна шу шайн нанойн кийранашкара , шу х1умма а ца хууш /долуш/ , Цо хилийтина шуна хазар а , б1аьргаш а , дегнаш а . Шу хила тарло баркалла олуш .

79.Царна ца гина олхазарш /шаьш/ стигалан х1аваэхь /т1емадевлла/ лелалуш /долу/ , уьш /чудожарха/ саца ца до Аллах1а бен . Баккъалла а цуьнгахь билгало ма ю /Делах/ тешачу нахана .

80.Аллах1а хилийтина шуна шун ц1еношха /парг1ат/ чохь1ойла . Хилийтина шуна хьайбанан не1арех /ц1окарчех/ ц1енош , шуна шаьш /дахьа/ дай долуш шун новкъадовларан /кхелхина леларан/ дийнахь /хенахь/ а , шун /цхьанахь даха севцина/ кхерч лацаран дийнахь /хенахь/ а . /Цо хилийтина шуна/ Церан т1арг1анех а , чоьшха а , месех а сал-пал а , /цхьана/ ханна /долу/ зовкх /бахам/ а .

81.Аллах1а шуна Ша кхоьллинчух 1индаг1 дина , лаьмнех /чохь 1ан/ хьехарш йина , шаьш шу йовхонах /а , шелонах а/ лардеш /долу/ духарш а , шаьш шу шун ницкъах лардеш /долу/ духарш а делла шуна . Иштта , Цо кхочуш до шуна т1ехь Шен зовкх . Шу муьт1ахь хила тарло .

82.Ткъа уьш /бакъонах/ д1аберзахь , баккъалла а хьуна т1ехь /дерг/ билгала д1ахаийтар ду .

83.Царна девза Аллах1ан зовкх , /х1етте а/ цул т1аьхьа цара къобул ца до и , царех дукхахберш керста бу /цуьнца/ .

84.Оцу дийнахь Оха г1аттор ву х1ор умматах теш , т1аккха шаьш /Делах/ цатешначарна /бехаказа бовла/ пурба лур дац , дохкобовлар доьхур дац царга

85.Шаьш зуламдинчарна /ц1еран/ 1азап гинчу хена , царна /и/ дайдийр дац , уьш /цуьнах/ т1аьхьатоттур бац

86.Шаьш /Далла/ декъахо винчарна шайн декъахой гинчу хена , цара элира :"Х1ай тхан Дела ! Х1орш бу-кх /уьш/ тхан декъахой , оха шаьш Хьо воцуш /шайна 1ибадат дарца/ кхойкхуш хилла болу" . Т1аккха уьш цаьрга бистхилира :"Баккъалла а шу харцлуьйш ма ду" /аьлла/ .

87.Аллах1е машар /муьт1ахьалла/ кховдийра цара оцу дийнахь , д1атилира царех ша цара /харц/ кхуллуш хилларг

88.Шаьш /Делах/ цатешнарш а , Аллах1ан /динан/ некъах /нах/ юхатоьхнарш а , Оха уьш совбохур бу 1азап т1е а 1азапехь , уьш бохамаш беш хиларна

89.Оцу дийнахь Оха г1аттор ву х1ор умматах царна т1ехь царех шайха /волу/ теш , Оха хьо валор ву х1окхарна т1ехь теш /хилла/ , Оха доссийна хьуна т1е жайна массо а х1ума билгалда а , бусулбанашна нийса некъ а , къинхетам а , кхаъ а хилийта а

90.Баккъалла а Аллах1а омру до нийсонца а , дикадарца а , гергарчунна /саг1а/ даларца , Цо сацаво /юхатуху/ боьхачух /дастамечух/ а , /хьекъалца/ цадог1учух /сийдоцучух/ а , зуламех а , Ша шуна хьехам беш . Аша хьехам эца тарло .

91.Аша кхочуш йе Аллах1аца /йина йолу/ ч1аг1о , шаьш /и/ ч1аг1о йича , ма къарбе дуйнаш /шаьш/ уьш ч1аг1бинчул т1аьхьа , бакъдолуш аша /ван ма/ вина Аллах1 шайна т1ехь юкъархо /доладархо , верас/ . Баккъалла а Аллах1 хууш ву /шуна/ аша дийриг .

92.Шу ма хила ша шен /эханган/ уьйриг дикка хьовзийнчул т1аьхьа дакъошка баьстинчух тера , шаьш шайн дуйнаш шайна юккъехь /вовший/ ледарна /1ехорна/ лоьцуш , цхьа тоба /кхечу/ тобанел сов хилархьама . Баккъалла а Аллах1а зуьйш ду шу цуьнца .Цо шуна къемата дийнахь билгалдийра ма ду шу шегахь декъалуш хилларг .

93.Аллах1ана лиънехьара , Цо шу цхьа уммат дина хир ма дара . Делахь а , Шена луург тилаво Цо , Шена луург нисво . Шоьга /къемата дийнахь жоп/ хоттур ма ду аша /дуьненахь/ деш хиллачух .

94.Аша ма леца шайн дуйнаш шайна юккъехь /вовший/ ледарна /1ехорна/ , т1аккха шун ког шершар бу шен ч1аг1баларал т1аьхьа , /т1аккха/ аша вон /1азап/ 1овшур ду шаьш Аллах1ан некъах /нах/ юхатохарна , доккха 1азап /хир/ ду шуна .

95.Аша ма эца Аллах1аца /йина йолу/ ч1аг1онах к1еззиг мах . Баккъалла а Аллах1ана гергахь /дерг/ иза дика ду шуна , шу хууш хиллехь .

96.Шуна гергахь дерг кхачало , Аллах1ана гергахь дерг /геттаренна/ бухадуьсу . Оха , шаьш сатоьхначарна шайн ял д1алур ма ю , цара деш хиллачул а г1оли /дика/

97.Ша диканиг динарг /милла велахь/ боьршачух я стечух , ша /Делах/ тешаш /муъма/ волуш , Оха вахор ма ву и хазачу дахарехь , Оха царна шайн ял д1алур ма ю , цара деш хиллачул а г1оли /дика/

98.Айхьа къуръан дешча , хьо ларло Аллах1аца /Цо Шех/ эккхийначу шайт1анах

99.Баккъалла а цуьнан урхалла /куьйгалла/ дац шаьш /Делах/ тешначарна т1ехь а , шайн Далла т1етевжачарна т1ехь а
100.Баккъалла а цуьнан урхалла ду шаьш цунна муьт1ахь болчарна т1ехь а , шаьш и /Делаца/ декъахо лоцучарна т1ехь а


101.Оха /цхьана/ аят метта /и д1аайдина кхин/ аят хийцича - Аллах1 т1ех дика хууш ву Ша доссош дерг - цара элира :"Баккъалла а хьо /харцо/ кхуллуш верг ву" . Мелхо а , Царех дукхахберш ца хууш бу /цуьнах луург/ .

102.Ахьа ала /цаьрга/ :"И доссийна дезачу /ц1еначу жабраилан/ сино хьан Делера бакъонца , шаьш /Делах/ тешнарш /шайн ийманехь/ ч1аг1бархьама а , бусулбанашна нийса некъ а , кхаъ а хилийта а

103./Делора/ Бакъдолуш , Тхуна хаа баккъалла а цара олий :"Баккъалла а , иза /цхьана/ адамо 1амош ву" . Уьш шега тийжачун мотт - хийра мотт бу . /ткъа/ Х1ара /къуръан мотт/ билгала 1арбийн мотт бу

104.Баккъалла а шаьш Аллах1ан аяташха ца тешарш , Аллах1а нис ца бо уьш , царна лазош /долу/ 1азап /хир/ ду /къемата дийнахь/

105.Баккъалла а харцо кхуллу шаьш Аллах1ан аяташха цатешачара . Уьш бу уьш харцлуьйш берш .

106.Ша имдиллинчул т1аьхьа Аллах1аца керстаналла динарг /милла велахь/ , шена /цу т1ехь цхьамма/ ницкъбинарг воцург , шен дог ийманца парг1ат долуш , делахь а керстаналлийна ша /шен/ накха биллинарг - царна т1ехь Аллах1ера оьг1азло ю , царна доккха 1азап ду .

107.И /1азап/ , баккъалла а царна эхартал /дукха/ дуьненан дахар дезадаларна ду . Баккъалла а Аллах1а нис ца до керста къам .

108.Уьш - Аллах1а шайн дегнаш т1е а , шайн лергаш т1е а , шайн б1аьргаш т1е мухар тоьхнарш бу . Уьш бу уьш чидам боцурш .

109.Дера /шеко йоццуш/ , баккъалла а уьш /ма/ бу уьш эхартахь эшнаберш .

110.Т1аккха , баккъалла а хьан Дела , шаьш /халонашца/ зийначул т1аьхьа /шайн/ махкахбевлачарна а , т1аккха /керстанах/ леттачарна а , /цу т1ехь/ сатоьхначарна а , баккъалла хьан Дела цул т1аьхьа /царна/ гечдийриг , къинхетамениг ма ву .

111.Оцу дийнахь массо а са дог1ур ду шен дег1 доьхуш /цуьнах бехказдуьйдуш/ . Х1ор синна /бекхамна/ лур ду цо ша динарг , царна зулам дийр дац /цуьнгахь/ .

112.Аллах1а ялийна масална /цхьа/ юрт , ша маьрша , парг1ат хилла /йолу/ , шен рицкъа шена шорта массо меттигера т1едог1уш /йолу/ , /х1етте а/ керстаналла дира цо Аллах1ан зовкхашна , т1аккха Аллах1а цуьнга 1овшийтира /лайтира/ мацаллин а , кхераман а духар , цара деш хилларг бахьанехь .

113./Делора/ Бакъдолуш царна веара шайха /волу/ элча , /амма/ цара харцвира иза , т1аккха уьш 1азапо д1алецира , шаьш зуламдеш болуш .

114.Аша даа Аллах1а шайна деллачу рицкъанах хьаналниг , ц1енниг , баркалла ала Аллах1ан зовкхана , шу хиллехь Цунна 1ибадат деш .

115.Баккъалла а Цо шуна /яа/ йихкина /хьарам йина/ къеелларг а , ц1ий а , хьакхин жижиг а , Аллах1 воцучунна /ц1етоьхна/ йийнарг а . Ткъа ша /и ца йиъча/ ца ваьлларг , зуламдеш воцуш , /дозана/ т1ех волуш воцуш , баккъалла а Аллах1 /цунна/ гечдийриг , къинхетамениг ву .

116.Аша ма ала - шайн меттанаш харцо кхолларна - :"Х1ара - мегаш ду , х1ара - дихкина ду" , шаьш Аллах1ана т1ехь харцо кхоллархьама . Баккъалла а шаьш Аллах1ана т1ехь харцо кхуллурш декъал хир бац

117./церан дахар/ К1еззиг зовкх ду , царна лазош /долу/ 1азап ду .

118.Шаьш жуьгтийн динехь хиллачарна Оха /хьарам йина/ йихкина Тхаьш хьоьга хьалха йийцинарг , Оха зулам ца дина царна , делахь а уьш /шаьш/ бара шайн дог1машна зуламдеш

119.Т1аккха , баккъалла а хьан Дела , шаьш ца хууш вониг динчарна а , т1аккха цул т1аьхьа дохкобевллачарна а , диканиг динчарна а , баккъалла хьан Дела цул т1аьхьа /царна/ гечдийриг , къинхетамениг ма ву .

120.Баккъалла а Ибрах1им /Далла/ муьт1ахь имам хилла , /ша/ Аллах1е /Цуьнан нийсачу дине/ туьйжуш /те1аш/ , и ца хилла /Делаца/ декъахо вечарех ,

121.Цуьнан зовкхашна баркалле /хилла и/ . Цо /харжа а/ хаьржина иза , нис а вина и /Шен/ нийсачу новкъа .

122.Оха делла цунна дуьненахь дика , баккъалла а и эхартахь а ма ву дикачарех .

123.Т1аккха Оха хьехна хьоьга :"/Делан дине/ Туьйжуш /волчу/ Ибрах1иман динна т1аьхьах1отта , и ца хилла /хьуна Делаца/ декъахо вечарех .

124.Баккъалла а шоьтан де /ларар/ шаьш цуьнгахь бекъабеллачарна т1ехь /декхар/ дина . Баккъалла а хьан Дала царна юккъехь кхел йийр ма ю къемата дийнахь , уьш шегахь бекъабелла хиллачуьнгахь .

125.Ахьа кхайкха /адамаш/ хьан Делан /динан/ некъе кхетамца а , хазчу хьехарца а . Ахьа къовса цаьрца ша и дика долчуьнца . Баккъалла а хьан Дела , И т1ех дика хууш ву Шен некъах тилларг мила ву а , И т1ех дика хууш ву нисбелларш /муьлш бу/ а

126.Шаьш /цхьанна/ та1зар дича , аша /цунна/ та1зарде шайна та1зар ма-дарра , /Делора/ аша сатохахь , иза г1оли ма ду сатухучарна .

127.Сатоха , хьан сатохар ма дац Аллах1аца бен , г1айг1а ма е царна , хьо ма хила саготта цара ечу мекарлонна /ямартлонна/

128.Баккъалла а Аллах1 шаьш /Шех/ кхийранчарца а , шаьш дикадечарца а ву .



17 - Сурат Альисраъ /Дехьаваккхар/
/Маккахь доьссина ‚ 111 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Ц1ена ву Ша Шен лай /Мухьаммад/ буьйсанна /цхьана муьрехь/ хьарам /дихкинчу/ маьждигера Акъса /генарчу/ маьждиге дехьаваьккхинарг , ша Оха шена гонаха беркат дина долчу , Тхаьш цунна гайтархьама Тхан /яккхийчу/ билгалонашха /инзаре билгалонаш/ . Баккъалла а И /Аллах1/ ву Иза /массо а тата/ хезаш , /массо а х1ума/ гуш /верг/

2.Оха делира Мусага жайна , Оха дира и /жайна/ Исраилан к1енташна нийса некъ :"Аша ма лаца Со витина /кхин/ векал /верас/ ,

3./х1ай/ Оха Нухьаца /х1ордкеманахь/ баьхьначеран т1аьхье ! Баккъалла а и /Нухь/ хилла баркалле лай" /аьлла/

4.Оха д1ахаийтира Исраилан к1енташка жайнахь :"/Делора/ Аша бохам бийр ма бу лаьттахь шозза , шу /курадевлла/ айалур ма ду /Аллах1ана муьт1ахь хиларх/ доккхачу айадаларца"

5.Цаьршиннах /бохамашха/ хьалхарчун ч1аг1о еача , Оха шуна т1е хьовсийра Тхан лайш , ч1ог1ачу буьрсаллийн дай болу , уьш /ницкъаца/ чекхбоьвлира /шун/ х1усамашкахула , и яра кхочушйина /яьлла/ ч1аг1о .

6.Цул т1аьхьа Оха шуна юхабелира царна т1ехь толам , Оха белира шуна бахамаш а , к1ентий а . Оха дира шу б1ана алссам .

7.Аша /муьлхха/ дикадича , шайн дог1машна дикадина , /ткъа/ аша водича , /иза а/ цаьрна /шун дог1машна/ ду . Т1аьхьарчун /шолг1ачу бохаман/ ч1аг1о еача , /Оха шуна т1е хьовсийра цхьа лайш/ цаьрга шун яххьаш вон /г1айг1ане/ яйтархьама а , уьш /бохамца/ маьждиг чубахийтархьама а , уьш /хьалха/ дуьххьара цу чу ма-баххара , цаьрга дохадайта а шаьш /ницкъаца/ к1елдитинарг дохадарх а .

8.Шун Дела герга ву Ша /уьш бухатохарца/ шух къинхетам бан . Ткъа шу /бохамашка/ духадерзахь , Тхо а духадоьрзур ду /та1заршка/ . Оха йина жоьжахати /Делах/ цатешачарна /голаьцна/ набахти .

9.Баккъалла а , х1окху къуръано ша и уггар нийса долчуьнга а вуьгу , шаьш диканаш дечу муъманахана кхаъ а боккху - баккъалла а царна йоккха ял хиларца а ,

10.баккъалла а шаьш эхартах цатешарш - Оха царна лазош долу 1азап кечдина хиларца а .

11.Адамо /Деле/ вониг доьху /ша сихделлачохь/ , ша диканиг ма-деххара , адам /шен кхолламехь/ сиха хилла .

12.Оха йина буьйса а , де а /шуна/ шиъ билгало , Оха д1айоккху буьйсенан билгало /и д1атилорца/ , Оха йо дийнан билгало серло луш , шоьга /цу чохь/ шайн Делера комаьршо /рицкъа/ лахийта а , шерийн дагардалар а , хьесап а шуна хаийта а . Оха даьстина /билгалдина/ и массо а х1ума дастарх а /кхачаме/

13.Х1ор адамна шен коча дожийна Оха цуьнах даьлларг . Къемата дийнахь Оха лур ду цунна д1адаржийна /долуш/ цо ша схьаоьцур долун жайна

14./цуьнга эра ду/ "Деша /айхьа/ хьан жайна ! Тоьар ду /хьуна/ хьан дег1 тахана хьуна т1ехь ларарехь /хьесап дарехь/"

15.Ша нисвелларг , баккъалла а шен дег1ана нисло , ткъа ша тилларг , баккъалла а шена туьлу . Ца хьо хьучо кхечун /къинан/ мохь . Тхо ца хилла /цхьанне а/
1азапдеш Тхаьш /царна/ элча вахийтталц

16.Тхуна лиъча цхьа юрт х1аллак ян , Оха /Далла муьт1ахь хиларца/ омру до цуьнан хьоладайшка , ткъа уьш песакъ /дастамалле/ хуьлу цу чохь , т1аккха цунна т1ехь хьакъ хуьлу /1азапан/ дош , т1аккха Оха йохайо и йохаярх а .

17.Хийла чкъоьрнаш /къаьмнаш/ х1аллакдина Оха Нухьал т1аьхьа . Хьан Дела тоьуш ву Шен лайшин къинош довзарехь , гарехь .

18.Ша сиханиг /дуьне/ дезаш хилларг /милла велахь/ , Оха сихдина цунна цу чохь ша Тхайна луург Тхайна /сихдан/ луъчунна , цул т1аьхьа /эхартахь/ Оха йина цунна жоьжахати - ша цу чувоьдуш /шен/ юьхьйохуш /бехк бохуш/ , /шена/ г1ело еш

19.Ткъа ша эхарт дезнарг , ша /Делах/ тешаш волуш цунна /эхартна/ хьега ма-дезза къахьегнарг , уьш - церан къахьегар баркалле /меле/ хилла .

20.Оха лур ду /царех/ х1оранна а - х1окхарна а , вукхарна а хьан Делан даларха /рицкъанах/ . Хьан Делан далар /рицкъа/ ца хилла /Цуьнан лайшха цхьаммо а/ дихкина /уьш 1еса хиллехь а/

21.Хьажа муха толийна Оха царех цхьаберш вукхаьрна т1ехь /дуьненан хьелашкахь/ . Эхарт даржашна а доккха ду , толорехь а доккха ду /дуьненал а/

22.Ма ве Аллах1аца кхин дела , т1аккха хьо охьахаа /хьайгара/ бехк боккхуш , /г1оьнча воцуш/ д1атесна

23.Хьан Дала омру дина , аша Шена бен 1ибадат ца дарца а , деца-ненаца дика хиларца а . Ткъа цаьршиннах цхьаъ я ший хьуна гергахь доккхалле /къаналле/ кхачахь , ахьа ма ала цаьршинга :"Офф-фай" , цаьршинна т1е ма чеха , ахьа ала цаьршинга г1иллакхе /хаза/ дош .

24.К1еда-мерза хила цаьршинца къинхетамна , ахьа ала :"Х1ай сан Дела ! Къинхетам бехьа цаьршиннах , жима волуш цаьршиммо со /къахеташ/ кхиа ма-варра"

25.Шун Дела /массарел/ дика хууш ву шун дог1машкахь дерг . /нагахь санна/ Шу дика нах хилахь , баккъалла а Иза хилла /дохко а бевлла/ т1ебоьрзучарна гечдеш .

26.Ахьа д1ало шен хьакъ гергарло долчунна а , мискачунна а , некъахочунна а , /амма/ ма дайа /и даьхний/ кхоамаза /т1аламаза/

27.Баккъалла а /х1уманна/ кхоам /т1алам/ боцурш - шайт1анашин вежарий хилла , ткъа шайт1а шен Далла керста хилла .

28.Хьо царех д1аверзахь , хьан Делан къинхетам лоьхуш , ахьа шега сатуьйсуш болу , ахьа цаьрга ала дай /к1еда/ дош

29.Ахьа ма де хьан куьг /сутараллийна/ хьан логах дихкина /долуш санна/ , д1а а ма хеца и /кхоамаза/ дерриге а даржорца , т1аккха хьо охьахаа /хьан/ бех боккхуш , г1айг1ане

30.Баккъалла а хьан Дала рицкъа д1а а хоьцу Шена луучунна , юха а узу /цунна/ . Баккъалла а Иза хилла Шен лайш бевзаш , гуш .

31.Аша ма дайа шайн бераш къоьллех кхерарна . Оха ло рицкъа царна а , шуна а . Баккъалла а уьш байар доккха къа ду .

32.Нахаца леларна герга ма г1о . Баккъалла а и /нахаца лелар/ дастамалла /боьханиг/ а хилла , некъехьа вон а хилла /и некъ/

33.Аша ма де Аллах1а ша /дер/ дихкина /долу/ дег1 бакъонца бен . Ша зуламца вийнарг /милла велахь/ , бакъдолуш Оха цуьнан велийна елла /ч1ир эца/ бакъо , /шар1ан дозанал/ т1ех ма волийла и /вели ша ч1ирца стаг/ верехь . Баккъалла а иза хилла /шена Делера/ г1о долуш

34.Боберан бахамна герга ма г1о , ша и /цунна/ тоьлуш долчунца бен , иза шен г1еметта х1отталц , ч1аг1ам /барт/ кхочуш бе , баккъалла а ч1аг1ам хилла /шех/ жоп доьхуш

35.Кхоччуш леладе дустар шаьш дуьстича , нийсачу терзанца оза , иза тоьлуш а , вуно дика а ду /шуна/ дерзарехь

36.Хьо т1аьхьа ма х1отта шеца хьан хаар доцучунна . Баккъалла а хазар а , гар а , дог а - уьш дерриге хилла /къемата дийнахь/ шех жоп доьхур долуш

37.Хьо ма лела лаьттахула воккхавуьйш /дозаллийца/ , баккъалла а ахьа лаьттана чекх 1уьрг доккхур дац , /я/ хьо лаьмнашка кхочур вац локхаллехь

38.И /хьахийна/ дерриге - цуьнан вон хилла хьан Далла гергахь цадезаш .

39.И /декхарш/ - хьан Дала хьоьга кхетамах хьехначух ду , ахьа ма ве Аллах1аца кхин дела /декъахо/ , т1аккха хьо жоьжахати кхосса /хьан/ бехк боккхуш , /г1оьнча воцуш/ д1атесна

40.Шун Дала шу к1енташца къастийна тов , ша малийкех зудбераш /шена доьзал/ эцна /лаьцна/ ? Баккъалла а аша /ала/ ма олу доккха /къилахь/ дош .

41./Делора/ Бакъдолуш , Оха билгалдина /х1ара маь1ан/ х1окху къуръан чохь , цаьрга /цуьнах/ хьехам эцийтархьама , /амма/ цо уьш сов ца боху /бакъонах/ къахкарехь бен

42.Ахьа ала :"Цуьнца хилча кхин деланаш , цара ма-аллара , т1аккха цара лохур ма бара 1аршан дена т1е /боьду/ некъ"

43.Ц1ена ву Иза , лакхаваьлла Иза цара /Шен хьокъехь/ олучух йоккхачу лекхалле

44.Цунна теспахь до варх1 стиглано а , лаьтто а , цаьрна чохь /мел/ волчо а , цхьа х1ума дац Цунна хастам барца теспахь деш бен , делахь а шу ца кхета церан теспахьах , баккъалла а Иза хилла эсала , гечдеш

45.Ахьа къуръан дешча , Оха йина хьуна юккъехь а , шаьш эхартах цатешачарна юккъехь а хьулйина дуьхьало

46.Оха дина церан дегнаш т1ехь пардонаш , уьш цуьнах /ца/ кхетийтархьама , церан лергаш чохь къоралла /ч1ог1алла йина/ . Ахьа хьан Дела хьахийча Ша цхьаъ , уьш букътоьхна д1абирзира /цуьнах/ къаьхкина

47.Тхуна т1ех дика хууш ду цара шеца /къуръане/ ладог1ар /хьал/ , хьоьга цара ладуг1учу хена , /церан къамел а/ уьш къайлаха бист хуьлучу хена , зуламхоша олучу хена :"Шу т1аьхьа ма ца х1уьтту /шена/ бозбуанчалла лелийначу стагана бен"

48.Хьажал цара хьайна масалш муха далийна , /нийсонах/ тилла уьш /оцуьнгахь/ , /цундела/ церан ницкъ ца кхочу /нийса/ некъ /каро/

49.Цара элира :"Ткъа тхоьх /деллачул т1аьхьа/ даь1ахкаш а , чан /латта/ а хилча , баккъалла а тхо /дендина/ г1овттор ду тов керлачу кхолларехь ?"

50.Ахьа ала /цаьрга/ :"Шу хила т1улг я эчиг

51.я шун кийранашкахь доккха долчух /долу/ цхьа халкъ !" Цара эра ду :"/т1аккха/ Тхо /дахаре/ хьа духадерзор ду /дендина/ ?" Ахьа ала /цаьрга/ :"Ша шу /х1умма доцучух/ дуьххьара кхоьллинчо /дерзор ду/ " Шайн кортош /хьала-охьа/ те1ор /лестор/ ду цара хьогахьа /цабешаш/ , цара эра ду :"/ткъа/ Маца ду и /тхо г1овттор/ ?" Ахьа ала :"Кеста хила герга ду и"

52.Оцу дийнахь Цо кхойкхур ду шу , /т1аккха/ аша жоп лур ду Цунна /теспахь деш/ хастам барца , шуна хеталур ду шаьш /дуьненахь/ к1еззиг бен ца 1ийна /аьлла/

53.Ахьа ала Сан /муъма/ лайшка , цара олийла /керстане/ ша и тоьлуш /дика/ дерг . Баккъалла а шайт1ано царна юккъе дов туьйсу . Баккъалла а шайт1а , адамна билггал мостаг1 хилла

54.Шун Дела т1ех дика хууш ву шух дерг . Шена лаахь къинхетам бийр бу шух , я Шена лаахь 1азап дийр ду шуна . Оха хьо ца вахийтина /имдиллар/ царна т1ехь /ницкъаца т1едожо/ векал /вина/

55.Хьан Дела т1ех дика хууш ву стигаланашкахь а , лаьттахь а болчарех дерг . /Делора/ Оха бакъдолуш толийна /базбина , къастийна/ цхьаболу пайхамарш вукхаьрна т1ехь /цхьайолчу билгалонашкахь/ . Оха делла Давуде забур

56.Ахьа ала /цаьрга/ :"Аша /орца/ кхайкха шаьш И /Аллах1/ витина /деланаш/ лерина чаьрга . Церан долахь /ма/ дац шух зен д1аайар а , дац /кхечуьнга и/ д1ахьовзор а"

57.И шаьш цара /шайга/ кхойкхурш , шаьш а бу шайн Деле гергалла лоьхуш , муьлха ву /и/ шайха /Далла/ т1ех герганиг /хаа г1ерташ/ , Цуьнан къинхетаме догдохуш , Цуьнан 1азапах кхоьруш . Баккъалла а хьан Делан 1азап , /шех/ ларвала везаш хилла

58.Цхьа а юьрт /ма/ яц , Оха ша къемата дийнал хьалха х1аллак йийр йолуш бен а , я /Оха/ шена буьрса 1азап лур долуш бен а . Иза хилла жайнахь д1аяздина

59.Тхо совца /ма/ ца дира аяташца /элчанаш/ бахкийтарха , /царел/ хьалхалерачара уьш харцдаро бен . Оха елира Самудашна эмкал /шех царна Дела цхьаъ хиларна т1ехь/ гайтаме масал /дина/ , /амма/ уьш цуьнца зуламе хилира . Оха ца бохкуьйту аяташца , кхерамна бен

60.Оха элира хьоьга :"Баккъалла а хьан Дала /урхаллин/ го бина нахана" Оха ца дина Тхаьш хьуна гайтина долу гар а , къуръан чохь /ша дуур долучарна/ не1алт аьлла /долу/ дитт а нахана зер /дина/ бен . Оха /цуьнца/ кхерам туьйсу царна , /амма/ цо уьш сов ца боху /кхин/ дукха бахбаларехь /т1ехбийларехь/ бен

61.Оха /Адам кхоьллинчу хена/ малийкашка элира :"/ларамца/ Охьата1а Адамна !" Т1аккха охьатаь1ира уьш /дерриге/ , /цхьа/ Иблис доцург /куралла йира цо/ , цо элира :"Со охьатаь1а ткъа Ахьа ша поппарх кхоьллинчунна ?"

62.Цо /Иблисо/ элира :"Х1ара Ахьа ша соьл вазвинарг /толийнарг/ гиний хьуна ? /Делора/ Ахьа со къемата дийнналц т1аьхьататтахь , аса дакъаза йоккхур ма ю цуьнан т1аьхье , /царех/ к1еззиг боцурш"

63.Цо /Дала/ элира :"Д1адоло ! Царех ша хьуна т1аьхьах1оьттинарг /милла велахь/ , баккъалла а жоьжахати шун /массеран а/ бекхам бу , /ша/ кхоччуш /болу/ бекхам

64.Карзахаваккха хьайн озаца царех хьан ницкъ кхочург , д1агулбе царна дуьхьал хьайн береш а , хьан г1ашлой а , дакъалаца цаьрца бахамашкахь а , доьзалшкахь а , ч1аг1о йе царна . шайт1ано царна ч1аг1о /ма/ ца йо , 1ехоран /ч1аг1о/ бен

65.Баккъалла а Сан /дика/ лайш , хьан дац царна т1ехь куьйгалла . Хьан Дела тоьур ву /царна/ векал

66.Шун Дела - Ша шуна х1орд чохь кеманаш лелориг ву , шоьга Шен комаьршонах /са/ лахийта . Баккъалла а Иза хилла шоьца къинхетаме .

67.Х1орд чохь шух /цхьа/ зен хьакхаделча , аша шайга /х1инццалц/ кхойкхурш д1абов И /цхьа Аллах1/ воцург , ткъа Цо шу к1елхьарадаьхча /хин йистера/ лаьтта т1е , д1адирзира шу /Цуьнах/ . Адам баркал доцуш /ма/ хилла .

68./шаьш хих к1елхьарадаьхча/ Шу маьрша девлла ткъа , Цо шоьца /цхьана/ лаьттан йист чуйожийтарх , я шайна т1е Цо /т1улгийн/ дарц даийтарх - т1аккха шуна карор воцуш шайна /т1ехотта/ векал ?

69.Я шу маьрша девлла ткъа , Цо шу оцу /х1орд/ чу кхин цкъа духа а дерзийна , шуна т1е механ /ц1ог1ане/ дарц даийтарх , т1аккха Цо шу хин буха дахийта шу /Делах/ цатешарна - т1аккха шуна шайна карор воцуш цуьнца Тхуна т1аьхьавала да

70./Делора/ Бакъдолуш , Оха лерам бина Адаман к1ентийн , Оха лелийна уьш лаьтта т1ехь а , х1орд чохь а /царна пайденна/ , Оха рицкъа делла царна ц1енчарех , Оха толийна уьш толорах а Тхаьш кхоьллинчарех дукхачарна т1ехь .

71.Оцу дийнахь Оха кхойкхур бу массо а нах шайн баьччанца /имамаца/ , ткъа шен тептар аьтту куьйга делларг /милла велахь/ , уьш - цара доьшур ду шайн тептар , царна /хурман/ хьасанал зулам дийр /ма/ дац

72.Ткъа ша х1окху /дуьнена/ чохь б1аьрзе хилларг , иза /иштта/ эхартах а б1аьрзе а , некъехь т1ех тилларг а /хир/ ву

73.Баккъалла а уьш герга бара хьо /1ехийна/ д1ахьовзо Оха ша хьоьга хьехначух , хьоьга Тхуна т1ехь и доцург кхоллийтархьама , т1аккха /ахьа и дича/ хьо лоцур /ма/ вара цара доттаг1 /вина/

74.Оха хьо ч1аг1 ца винехьара , хьо герга ма вара царна цхьа жимма т1етовжа

75.Т1аккха Оха хьоьга 1овшуьйтур ма дара шалха /1азап х1окху/ дуьненахь а , шалха /1азап/ велчи а , цул т1аьхьа хьуна карор вацара Тхуна дуьхьал хьайна г1оьнча

76.Баккъалла а уьш герга бара хьо /хьан/ лаьттара /махкара/ къахко , шаьш хьо цу чуьра араваккхархьама , т1аккха /цара и дича/ уьш /цу чохь/ лаьттар ма бацара хьоьл т1аьхьа жимма /к1еззиг/ бен

77.Бакъдолуш Оха хьоьл хьалха Тхан элчанашха бахкийтанчеран ламаст /хьал/ ду и , хьуна карор дац Тхан ламастана хийцар

78.Ахьа /х1отта/ де ламаз а малх /делкъана/ д1атоьвжинчул т1аьхьа буьйсенан боданалц , садаржаран къуръан /дешар/ а , баккъалла а садаржаран къуръан /дешар/ шен /малийкех/ теш волуш хилла

79.Буьйсанна /1уьйкъа ламазна/ г1атта цуьнца /къуръан дешарца/ хьайна /диканехь/ сов валуш . Хьан Дала хьо вилла тарло хастамечу меттиге

80.Ахьа ала :"Х1ай сан Дела ! Ахьа чувахийтахь со бакъдолчу чуволийлах , араваккхахь со бакъдолчу араволийлах , бехьа суна Хьайна гергара /суна/ г1оден ницкъ

81.Ахьа ала :"Бакъдерг деана , харцдерг д1адаьлла , баккъалла а харцдерг д1адолуш хилла"

82.Оха доссадо къуръанах муъманахана ша дарба а , къинхетам а берг , /ткъа/ зуламхой цо сов ца боху эшамехь бен

83.Оха /керста/ адаме /диканца/ зовкх хьегийтача , /пусар дарха/ д1адоьрзе /дозаллийца/ генадолу и /Тхоьх/ , /ткъа/ шех /цхьа/ вон хьакхаделча , /Делан къинхетамах/ догдиллина хуьлу и

84.Ахьа ала :"Массо а ву шен куьцара 1амал еш , /ткъа/ шун Дела т1ех дика хууш ву мила ву и /шух/ некъехь уггар нийсаниг"

85.Цара хьоьга хоьтту синах /лаьцна/ , ахьа ала /цаьрга/ :"Са - сан Делан г1уллакхех ду . Шуна ца делла 1илманах к1еззиг бен"

86./Делора/ Тхуна лиънехьара Оха /тептарш чуьра а , дегнаш чуьра а/ д1атилийна /д1адайана/ хир ма дара Тхаьш /къуръанах/ хьоьга хьехнарг , т1аккха хьуна карор вацара цуьнца /и юхадерзорца/ Тхуна т1ех1отто векал ,

87.хьан Делера къинхетам боцург , баккъалла а Цуьнан комаьршо йоккха хилла хьуна т1ехь

88.Ахьа ала :"/Делора/ Адамаш а , жинаш а гулделча х1ара къуръан саннарг дарна т1ехь , цара дийра ма дацара и саннарг , царех цхьаберш вукхаьрна г1оьнчий хилча а"

89./Делора/ Бакъдолуш Оха билгалдина /юх-юха далийна/ х1окху къуръан чохь массо а масалх /долу масал/ , /амма/ адамашха дукхахболчара /и дерриге а/ юхатуьйхира /цхьа бакъдолчух/ цатешар доцург ,

90.цара элира :"Тхо хьоьх тешар ма дац , ахьа тхуна лаьттах хьаст /къулла , шовда/ даккхалц ,

91.я хьан хурманийн а , кемсийн а беш хиллалц , /т1аккха/ ахьа цуьнан юккъехула татолаш даладаллалц ,

92.я ахьа тхуна т1е стигал кескашкахь йожаяллалц айхьа ч1аг1 ма-дарра , я хьо Аллах1аца а , малийкашца а /тхуна/ хьалха схьаваллалц

93.я хьан дешица кхелина ц1ено хиллалц , я хьо стигал хьалаваллалц , /ткъа/ тхо тешар ма дац хьан хьалаваларх ахьа тхуна т1е жайна доссадаллалц , оха ша доьшур долу" . Ахьа /цаьрга/ ала :"Ц1ена ву сан Дела /аша кхуллучух/ . Хиллий ткъа со адам элча бен ?"

94.Нах /царех дукхахберш/ ца совцийра /Делах/ тешарха , царна нийсо еанчу хена , цара аларо бен :"Аллах1а адам даийтина элча /дина/ ?"


95.Ахьа ала /цаьрга/ :"Лаьттахь маьрша лелаш малийкаш хиллехьара , Оха стиглара малик доссор ма дара царна т1е элча /дина/"

96.Ахьа ала :"Аллах1 тоьур ву суна а , шуна а юккъехь теш /хиларехь/ . Баккъалла а Иза , Шен лайш бевзаш , гуш ву"

97.Ша Аллах1а /нийсачу новкъа/ нисвийриг , иза ву /цу т1ехь/ нисвелларг , /ткъа/ ша Цо /цуьнах/ вохориг /тилкхазавоккхург/ , хьуна карор ма бац царна И воцург /цу т1ехь уьш нисбан/ верасаш . Къемата дийнахь Оха гулбийра бу уьш шайн яххьаш т1ехь /болуш/ , б1аьрзе , бист ца хуьлуш , къора . Церан берзар жоьжахати ю . И /жоьжахатан ц1е/ г1ел мел ели Оха сов бохур бу уьш ц1ергахь .

98.Иза церан бекхам бу , баккъалла а уьш Тхан аятех ца тешарна а , цара аларна а :"Ткъа тхо /мур йоьлла/ даь1ахкаш а , латта а хиллачу хена , баккъалла а тхо /дендина/ г1овттор ду тов керлачу кхолларехь ?"

99.Царна ца гина /ца хаа/ те , баккъалла а Аллах1 , Ша стигланаш а , латта а кхоьллина волу , ницкъ кхочуш хилар Ша уьш саннарш кхолла , Цо йина царна 1ожалла , шегахь шеко йоцу . /амма/ Зуламхоша /и дерриге а/ юхатуьйхира /цхьа цуьнах/ цатешар доцург

100.Ахьа ала :"Шун долахь елхьара сан Делан къинхетаман хазнаш , т1аккха шу сутара хир ма дара къоьллах кхерарна . Адам б1аьрмециг хилла" .

101./Делора/ Бакъдолуш Оха елла Мусага исс билгала /йолу/ билгало . Ахьа хатта Исраилан к1енташка , царна и веанчу хена Фир1авнас цуьнга элира :"Баккъалла а суна хьо /хета/ ма хета , х1ай Муса , /хьайна/ бозбуанчалла /лелийна/"

102.Цо /Мусас/ элира :"/Делора/ Бакъдолуш хьуна /х1ай Фир1авн хаа ма/ хиъна , х1орш ца йиссийний стигланийн а , латтан а Дала бен /шайха/ гайтамаллаш хилла . Баккъалла а суна хьо /хета/ ма хета , х1ай Фир1авн , х1аллак хилла /эшна/ "

103.Цунна лиира уьш /Миср/ лаьттара д1алелхо /арабаха/ , /т1аккха/ Оха хи буха вахийтара иза а , ша цуьнца /мел/ верг - массо а

104.Оха элира цул т1аьхьа Исраилан к1енташка :"Даха /Миср/ лаьттахь ! Ткъа эхартан ч1аг1о еача , Оха шу далор ду /цхьана/ гулдина /дерриге а/"

105.Бакъонца доссийна Оха и /къуръан/ , бакъонца /досса а/ доьссина иза , Оха ца ваийтана хьо /ялсаманийца/ кхаъ боккхуш а , /жоьжахати хилар/ д1ахьедеш а бен

106.Оха декъна и къуръан , хьоьга и нахана дешийта меллаша . Оха доссийна и /дакъошкахь , хьелашка хьаьжна/ доссорца

107.Ахьа ала :"Шу тешийла цуьнах , я ма тешийла , баккъалла а шайна цул хьалха хаар делларш , шайна и дешча ч1енигаш т1е оьгу уьш /сужде/ корта бетташ

108.Цара олу :"Ц1ена ву тхан Дела , баккъалла а тхан Делан ч1аг1о кхочуш йина ма хилла"

109.Ч1енигаш т1е оьгу уьш /шаьш/ боьлхуш , цо /къуръано , белхаро/ сов боху уьш /Далла/ муьт1ахьаллехь /хьастабаларехь , эсалаллехь/

110.Ахьа ала :"Аллах1 /але/ кхайкха я Къинхетамениг /але/ кхайкха , аша муьлха /ц1арца/ кхайкхича а , хаза ц1ераш ю Цуьнан" . /т1ех/ Ч1ог1а ма де хьан ламаз /т1ийра дешар/ , /дукха/ меллаша ма де и , цу /шинна/ юккъехь некъ лаха хьайна !

111.Ахьа ала :"Хастам бу Аллах1ана , Ша /Шена/ доьзалхо ца лаьцначу , олаллехь Шена декъахо ца хиллачу , сийсазаллех /ларван/ Шена верас /г1оьнча хьашт/ ца хиллачу". Вазве Иза вазварца .




18 Сурат Алках1ф (Хьех)
(Маккахь доьссина , 110 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Аллах1ана (ша хьакъ волун) хастам бу , Ша Шен лайна (сийдолчу Мухьаммадна) т1е (къуръан) жайна доссийна (волчу) , (Ша) цу чохь (маь1анаш) гома (чуьчча , харцоне тийжаш) ца деш

2.(ша) Нийса (а долуш) , Шиэна гергара ч1ог1а 1азап хирг хилар (къуран харц динчунна) д1ахаъийтархьама а , шаьш дика 1амалаш йечу , (къуранах) тешачарга кхаъ баккхархьама а , баккъалла а , царна (Далла гергахь) хаза ял (ялсамане хирг) хиларца

3.Оцу чохь (шаьш) гуттара а бехар болш

4.(иштта) Аллах1ан доьзалхо ву бохучарна кхерам тасархьама а

5.Цаьргахь а , я церан (и аларца д1абаханчу) дайшкахь а , цуьнах (шаьш кхуллучу дашах) 1илма (т1етовжа х1ума) дац , (къилахь) доккха хили церан багахула (бетера) арадолу (харц) дош , (цун хьокъехь) харц дерг бен ца олу цара

6.Хьайн дег1 (х1ай сийдолу Мухьаммад) бале лаьцна (хила тарло) ахьа , цара х1окху къамелна (къуранна) букъ тохарна , (хьайна) халахетна (дог дохо ца оьшу хьуна!)

7.Баккъалла а , Оха лаьтта т1ехь мел дерг дина и (латта исбаьхьа) хазадеш , уьш зер дуьхьа (Далла) доггах (и хазалла а йитина) г1улкх дарехь царех тоьлург муьлха ву (хьовса)

8.(иштта) Баккъалла а , Оха оцу латта т1ехь мел дерг (х1аллак дарца и) д1ашардина (шена т1ехь х1ума доцуш) декъа дийр ду

9.Бакъ долуш хьуна (х1ай Мухьаммад) хетнера хьех а , тептар а дай тхан билгалонашха т1ех тамашийна (цул дуккха а тамашийна билгалонаш ю хьуна тхан)

10.(ахьа хьахаде) Кегирхой (шаьш ийманах бохорна кхера белла) хьехчу левчкъина , т1аккха (цара) элира : "Х1айн тхан Дела ! Хьайн гергара (совг1ат дай) къинхетам бехьа тхоьх , тхан болх (хьал) бакъонца (нийсонца берза) бехьа .

11.Оха наб т1етесира цаьрна хьехчохь (дуккха а) шерашкахь .

12.Цул т1аьхьа Оха (набарха) г1иттийра уьш , хаар доьхьа цу шина тобанех (царех дерг хаарехь йекъаелла йолу) муьлханиг ю (хаарехь) т1ех герга , цара (хьехчохь) яьккхина хан мел ю .

13.Оха дуьйцур ду хьуна царех дерг бакъонца (ма дарра) , баккъалла а , шайн Делаца имдиллина кегирхой бара уьш , (т1аккха) Оха сов бехира уьш ийманехь .

14.Церан (кегирхойн) дегнаш (бакъ дерг алар т1ехь собарца) ч1аг1дира Оха , шаьш г1евттина цара элира : "Тхан Дела , стигланийн а , латтан а Дела ву , оха (кхайкханне а) кхойкхур ма вац кхин дела , (кхечунга кхайкхар) бакъ долуш т1ех (харц) хир дара и тхан алар .

15.Х1окху тхан (вайн) къомо Иза (Аллах1) витина (ц1уй) деланаш (бина) лецна , билггала бух (т1етовжийла) балабахьара цара шайн 1ибадатна (Аллах1ан омар и хилар) . Мила ву ткъа т1ех зуламе ша Аллах1ан т1ехь харцо кхоьллинчул а ?(цхьа ма вац) .

16.Шаьш царех а , Аллах1 воцуш (цара) лолла дечух (ц1уйх) а (къаьстина) гена девлича (нацкъардевлича) , хьехе дерза ! Шун Дала шух (рицкъа даларца) къинхетам бийр бу , шун болх эсала (к1еда) берзор бу .

17.Хьуна уьш (кегирхой) гича гур бара , малх ша хьала баьлча , церан хьехна аьтто аг1ор тийжаш , ткъа ша д1абузуш (уьш бите) царна т1екъарзар доцуш (церан лерамна 1индаг1ца) аьрро аг1ор т1ех буьйлуш , уьш цу хьехан сонехь (к1ожанехь) ва болуш , и (вай хьахийнарг) Аллах1ан (ницкъ хилар , цаьрца к1еда хилар) билгалонашха ду . Аллах1а ша (шен дин т1е) нисвинарг , иза нийсонан т1ехь ву , ткъа (Цо) тилийнарг , хьуна (каронне а) карор ма вац и нисван накъост .

18.(хьайна уьш гича) Уьш сема хетар (бар) хьуна , шаьш (набарца) бийшана болшнехь а (биллинчу б1аьргашна) , аьтто а , аьрро а аг1ора керча уьш (латте дилха ца талхадайта) , церан ж1аьла а ду шен (хьалхара) ши ког а хецна не1ар саг1анехь хиъна (уьш санна ша меттах хьаьвш). Хьайна уьш гича букътоьхна царех водур ма вара хьо , царех (болчу) кхерамо кийра бузур ма бар хьан. (18)

19.Иштта (оцу хьолехь латтабарх терра) , г1иттийра (самбаьхна) Оха уьш вовшашка хаттийта (шайн хьолех лаьцна) . Царех цхьаммо элира : "Мел лаьттина шу" , цара элира : "Дийнахь я (оцу) дийнан муьргехь". Цара элира : "Шун Дела т1ех дика хууш ву шун оцу (чохь) латтарха (дерг) , шайх цхьаъ хьажаве х1окху детийца (ахчанца) х1окху (шаьш ара девлачу) шахьаре , и хьажийла даарха муьлха ду чомана г1оли (мерза) , цуьнах рицкъ дохьийла (цо) шуна , ларлуш хуьлийла (иза) , (т1аккха) цхьанне а хуур дац шух дерг" .

20.Баккъалла а , царна шу гучудовлахь , т1улгаш тухур бу (цара) шуна (дойъур ду шу) , я шайн дине дерзор ду шу , т1аккха (шу церан дине дерзахь) цкъа а (хилне а) декъал хир ма дац .

21.Иштта (уьш г1итторха терра), Оха цаьрна (церан къам) т1екхачийтира - царна (къоманна) хаийта , баккъалла а , Аллах1ан (кханалерчу дийнахь г1иттор хилар) ч1аг1о бакъ хилар , (иштта) баккъалла а , къемат де (х1оттар) шегахь шеко йоцуш хилар - уьш (бусулба , керста) шайна юккъехь церан болх (кегирхойх дан дезарг) къуьйсуш бохкуш , цара (керстачара) элира : " (хьуламанна) Г1ишло йе царна т1ехь (гонаха) , церан Дела т1ех дика хууш ву царех дерг" , ткъа царех тоьллачара (ийманехь болчара) элира :" Оха (вай) данне а дийр ма ду царна т1ехь (гонаха) маьждиг " .

22.Цара (уьш мас-мел хилла къуьйсучара) эра ду : " Кхоъ ву (уьш) цера диолг1аниг церан ж1аьла а долш " , (иштта) цара олу : " пхиъ ву (уьш) цера ялхолг1аниг церан ж1аьла а долш " 1илма доцуш аларца , (юха а) цара олу : " варх1 ву (уьш) церан барх1олг1аниг церан ж1аьла а долш " . Ахьа (х1ай сийдолу Мухьаммад) ала : " Сан Дела т1ех дика хууш ву церан дагардалар и (дагардалар , мас хилла уьш) хаац к1еззиг болчарна бен " . Ахьа ма къовса церан (кегирхойн) хьокъехь (Делера) бухболчу къовсамца бен , хьо дага ма вала церан (дагардалар) хьокъехь царех (тептар ох1ланех) цхьаннех а .

23.Ахьа (х1ай сийдолу Мухьаммад алне а) ма ала х1уманна , баккъалла а , аса дийр ду иза кхана (я т1ейог1учу заманахь) .

24.Аллах1ан лаамца бен ("Дала мукъ лахь" аьлла бен) , хьайн Дела хьахаве хьо вицвелча , ахьа ала : " Сан Дела герга ву со нисван (суна яла) х1окхулла (вай хьахийначул) а герга нийсонан т1ехь (хилар билгалонаш) .

25.(цара элира :) "Уьш лаьттира (набарахь) шайн хьехахь кха баь1а шарахь (маьлха шерашца) шаьш ис шарахь сов бовлуш (бетта шерашца)" (25)

26.Ахьа ала : " Аллах1 т1ех дика хууш ву цара (хьехахь) яьккхина хенах дерг , стигланийн а , лаьттан а къайле Цуьнгахь ю , мел дика гуш ву Иза , мел дика хезаш ву Иза , цаьрна (стиглар а , лаьттар а кхолламна) ван ма вац Иза воцург г1оьнча , Шен хьукмангахь цхьа а Шен декъашхо ца во Цо
27.Ахьа (х1ай сийдолу Мухьаммад) деша хьайга (Дала) хьехнарг хьайн Дела жайнах (къуранах) , Цуьнан (къуран) дешнаш хийца да вац , хьуна (каронне а) карор вац Иза воцург т1етовжийла .

28.Хьайн дег1 сацаде (хьо охьа хаа) , 1уьйренца , суьйренца доггаха (Далла муьт1ахь хилар лууш) шайн Деле кхойкхучаьрца , хьо д1амакъаста царех дуьненан дахар хазалла (шайгахь йолу тоба) йезарна , хьо муьт1ахь ма хила Оха Тхаьш хьахорха (къуранах) шен дагт1е мух1ар тоьхначунца , шен (дег1а) лаамна (Делаца накъост варна) т1аьхьа х1оьттина , шен болх зене (пунче) хилла волу

29.Ахьа (цаьрга) ала : "(иза къуран) Шун Делера бакъ (дерг) ду , шена луъчо имдилла , шена луъчо керстаналла де , баккъалла а , Оха кечйина зуламдайшна (жоьжахатан) ц1е , шен керто (пенаро) царна го биллан йолу , (и ца лайна) цара орца дехча , царна орца хуьлу (ша бете даьхьча) юьхьмаш йотту (кхехкочу) хица , ша лалийна даш санна долу , ма во малар ду-кх (иза) , (д1атовжа) ма во х1усам ю (и жоьжахате)"

30.Баккъалла а , шаьш имдиллина , дика 1амалаш йинарш , баккъалла а , Оха ша 1амал ярехь дикахилчунна ял зе йойъур яц

31.Уьш (вай хьахийнарш) , цаьрна (ялсаманан) дагйуккъера бошмаш хир ю , шайна к1елахула лелаш татолаш долуш , оцу чохь (уьш) кечбийр бу дешин (куьйгаха духкучу) х1азаршца , царна духур ду , дуткъачу , стоммачу (дезачу) дарен баьццара духарш , оцу чохь (шаьш) маьнгеш т1ехь тевжина , ма хаза ял ю (и бекхам) , ма дика х1усам ю (и ялсамани)

32.Ахьа царна (керстана) дала де , шина къонахчун масал , Оха цаьршинах цхьанна (керстанна) кемсийн шиъ беш йеллера , хурман диттах Тхаьш цаьршинна го бина , цаьршинна юккъехь ялта дира Оха

33.Х1ора бешо шен стоьмаш делира , цхьа а эшам боцуш , Оха цаьршинна юккъехула татолаш дахийтира (лелийтира)

34.(тайп-тайпана) Бахам бара цуьнан (и шиъ беш хилла ца 1еш) , т1аккха (цу керстано) элира шен накъосте , цуьнца (дазаллийца) къамеле волуш : " Со хьоьл дукха даьхни долш ву , тоба йоккха йолш ву "

35.Шен беша велира (иза) шен дег1ана (куралла ярна) зуламе ша волуш , (цо) элира (шен накъосте дазалло кийра буьзна) : " Х1ара цкъа а х1аллак хир ду (д1адерду) аьлла ца хета суна "(шен кхетам бацарна)

36."Къемат де х1оттарха тешаш вац со , нагахь санна (и ахь хир ду боху къемат де бакъ хилла) сан Деле со верзавахь , суна (каронне а) карор ма ю х1окхулла а тоьлла воьрзийла ".

37.Цуьнан накъосто (бусалбано) элира цуьнга (керстане) ша цунна (къамелана) жоп луш : " Хьо лаьттах , цул т1ахьа (к1айчу) т1адамах (хих) Ша кхоьллина , т1аккха (кхачаме суьртахь) стаг вина д1ах1оттийначуьнца керстаналла (х1унда) ди ахьа ?"

38."Амма (суна дог1ачу декъана) Иза Аллах1 сан Дела ву , сайн Делаца цхьа а накъост ца во аса (38)

39.Хьайн беша ваьлча (хьайн дагна хилчу тамана) ахьа аьллехьара (хьайн дагца) : "(х1окху бешахь) Аллах1ана лиънарг хиллакх (ма шааллах1) , Аллах1аца бен (таро-бахам хиларехь) ницкъ кхачар дацкха ". Хьуна со гахь хьайла к1еззиг даьхни а , доьзал а болуш ,

40.Сан Дели герга ву суна (эхартахь) хьан бешал тоьлларг дала , оцу (хьан беша) т1е стиглара 1азап доссо , т1аккха цуьнах (лаца х1ума доцуш) шера латта хир долш .

41.Я цуьнан (бешара) хи (лаьтто) д1ахуда (герга ду) , т1аккха хьуна хьала (даккха далне а) даккхалур ма дац иза

42.(Делан 1азапо) Го биллира цуьнан бахамна (я стоьташна уьш х1аллакбарца) , т1аккха (дохко вийларца) шен шиъ куьг керчо (вовшех детта) х1оьттира (иза) , ша (и кхиош) цу т1ехь хьегчу къинна , и (кемсаш) шен г1ортолаш т1ехь хаьрцина йолуш (чардакх чудоьжна) , (ша) олуш : " Сайн Делаца цхьа а накъост ванза веларкха со " .

43.Аллах1 воцург (бала юхатохарехь) шена г1о дан (ша дазалла дина) тоба ца хилира цуьнан , (шен ницкъаца Делан г1уданах) хьалха валар ца хилира (цуьнан) .

44.Цигахь (къемата дийнахь) бакъ волчу Аллах1ан ю (толаман) кхел , (имдиллинчунна дуьненахь , эхартахь) ял яларехь тоьлург , (сатийсанчарна) хаза т1аьхье (ялсамани) яларехь тоьлург Иза ву .

45.Ахьа (х1ай сийдолу Мухьаммад) даладе царна (адамашна) масална (шен пана хиларехь) дуьненан дахар , стиглара Оха доссийначу хих (дог1анах) тера долу , лаьттан орамат (сено) шех (дог1анах) ийна ( и маларна ша хаза кхиъна) , т1аккха (хи д1ахадарна) якъаелира (ата елира и сено) мохо (ша) идош , Аллах1 ву массо а (вай хьахийначу) х1уман т1ехь ницкъ кхочуш .

46.Даьхни а , доьзал а дуьненан дахаран хазалла ю , (амма) бухадуьсу диканаш (Дела реза волу белхаш) тоьлуш ду хьан Далла гергахь йолехь а , (дикане) сатийсарехь .

47.(ахьа хьахаде) Оха (чена хьесапахь) лаьмнаш (лаьтта т1ийра) д1атилор долун де , хьуна гурдолу (оцу дийнахь) латта (экъа санна) шера (т1ехь х1умма а доцуш) , Оха шаьш (бусулба а , керста а) гулбина (махьшаран майдане) , царех (адамашха) цхьа а вуьтур воцун (къемат де)

48.Уьш х1иттий Хьан Далла хьалха , мог1аршкахь , (шайга олуш :) "Бакъ долуш шу Тхуна хьалха д1ах1итти , Оха шу дуьххьара ма кхоллара (цхьалха , дерзина , т1ехь - когахь доцуш ) , амма бакъ ду , аша (дуьненахь) бехира Оха шайна (тохне а) тухур ма яц (х1окху къемата дийнахь г1итторан) хан

49.(х1оранна кара) Тептар диллича (делча) , хьуна гурбу керстанаш кхоьруш оцу (шайн тептарш) чохь долчух , цара эра ду (шайн вон 1амалаш гучуевлача) : "Х1ай тхан х1аллак хилар , х1окху тептаром (хьа) ца дуьту (къиношха) дагарданза (язданза) жиманиг я доккханиг , цаьрна карийра шаьш динарг (шайна) хьалха , хьан Дала зулам дац цхьанне а

50.(ахьа хьахаде) Оха элира маликашка : " Сужуд де Адам -(пайхамар)-на , т1аккха цара (сий-лерам баран) сужуд дира , (цхьа) Иблис доцчо , жинех дара иза , шен Далла муьт1ахь хиларх араделира иза , аша (х1ай адамаш) муха лоцу иза (Иблис) а , цуьнан т1аьхье а гергарнаш , Со (царех хийцина) витина (царна муьт1ахь хилла) , уьш шун мостаг1ий ма бу , ма вон хийцар ду и зуламдайшна (50)

51.Аса теш ца х1иттийна уьш (дага ца ваьлла царех) стигланаш а , латта а кхолларехь , (иштта) церан дог1маш кхолларехь а , Со ца хили (адамаш) тилорхой г1оьнчаш лоцуш

52.(хьахаде) И (къемат) де , (Цо) эра долу : "(аша) Кхайкха (х1инца) и шаьш (дуьненахь) Соьца бина Сан декъашхой , т1аккха цара (орца доьхуш) кхайкхира царга (ц1уйшка) , амма цара (шафа1ате) жоп ца делира царна , Оха царна юккъехь жоьжахатан (уьш х1аллак бен) боьра бира .

53.Къинойн дайшна (шайн б1аьргашца) жоьжахате (ялийна д1ах1оттийна) гича , (г1айг1а совйаларца) билгалделира , баккъалла а , шаьш цу чуоьгур (г1ур) хилар , царна ца карийра цунах д1ахьавзам (д1абоьрзу некъ) .

54.Бакъ долуш ,Оха билгалдарца далийна х1окху Къуранчохь адамашна (пайденна) массо а куьцара (бакъонна т1енисво) масал , (ткъа керста) адам (дукха хьолехь) хилира т1ех къийсалуш .

55.Адам юхатоьхна ма дац , шайга (къуранан) бакъо йиъча , имдилларха а , шайн Деле гечдар дехарха а , хьалха д1абаханчеран хьал (х1у доцуш х1аллак бар) шайна т1ех1оттадар дехаро (лааро) а , я шайн шина б1аьрганна гуш (ц1аьххьана эхарт) 1азап дар лааро а бен (шайн дакъазаллийна) .

56.Оха геланчаш (элчанаш) хьовсош ма бац , (имдиллинчарна ялсаманица) кхаъ бохьуш а , (шаьш харц бинчарна 1азапца) кхерам тосуш а бен . Шаьш керстаналла динчара къуьйсу харцонна т1е х1итте (и юьхьур лаце) , цуьнца (харцонца) бакъо (къуран) эшо (г1елйан) г1ерташ , Сан (Аллах1ан) аяташ (билгалонаш) а , шайга тесна (1азап хирг хиларца) кхерамаш а кхардарца (ца башарца) т1елаьцна цара (керстано) .

57.Мила ву ткъа (лайшха) т1ех зуламе (шен дег1ана) , шен Дела аяташца шена хьехам бича (ладог1ар доцуш) букъ тоьхна , шен шина куьйго (ша 1асаллех) динарг дицдинчул ?! Оха церан дегнаш т1ехь пардонаш дина , уьш цакхетийтархьама (церан керстаналла бахьан долуш) цунах (къуранах , билгалонах) , церан лерехь (ладог1а ца лааран) къоралла (лерга ч1аг1алла) ю , ахьа уьш бакъоне (иймане) кхайкхича , уьш нисбалне а нислур болуш бац цкъа а .

58.Хьан (х1ай сийдолу Мухьаммад) Дела т1ех гечдеш ву , (шуьйрачу) къинхетаман Да ву .
(Цо) Церан (дуьненахь) ч1ир оьцуш хилча , цара динарг (къинош) бахьан долуш , царна (оцу дуьненахь) 1азап сихдийра (ма) дар (Цо) , (делахь) бакъ долуш (сиха вац Аллах1) , церан (шайна 1азап дала) тоьхна хан ю (къемата дийнахь) , цуьнах лачкъа (бовда) меттиг карор яц царна .

59.И ярташ (оцу чохь даьхна умматаш) , Оха х1аллак йира уьш , цара зуламаш (х1уьттаренца керстаналла) динчу хена ( и дар бахьан долуш) , уьш х1аллак барна хан тоьхнера Оха (иштта шу а ларлолаш цу 1азапах)

60.(ахьа хьахаде х1ай сийдолу Мухьаммад ! 1имрана к1анта Муса - пайхамара) Элира шен жимачу накъосте (Нун к1ант Юша1е) : " Ши х1орд гуллучу (вовшах кхетачу) кхаччалц д1а ца воьдуш со 1ийр (ма) вац , я лелар ву со (д1акхаччалц) ехачу заманахь (аса мел дукха некъ бан безарх) .

61.Ткъа и шиъ (х1орд) гуллучу (вовшах кхетачу) шаьшшиъ д1акхаьчча , шаьшшинна (баа кечбина) ч1ара биц бина (хилар карийра) цаьршимма , (ткъа ч1еро) шен некъ лецира х1ордаха (шел т1аьхьа т1улга) декъа харш дуьтуш .

62.(оцу ч1ара биц бинчу меттигах) Шаьш шиъ (шолг1ачу дийнан делкъа хан хиллалца некъ беш) т1ех ваьлча , (Муса пайхамара) элира шен къоначу накъосте :"Вайн кхача лохь вайна , бакъ долуш х1окху вайн некъах (г1елдалар , к1ад далар) хало ги вайна" .

63.Цо элира : "Тидам бирий ахь , вай чхаре дирзича , баккъалла а , аса ч1ара бицбира , и суна дагар ма ца баккхина шайт1ано бен , цо (ч1еро) шен некъ лецира х1ордаха тамашийна (цец воккхуш Муса а , цуьнан г1оьнча а) .

64.Цо (Муса пайхамара) элира : " И (ч1ара д1абахар) даркха (билгало яркха) ша вайна лууш хилларг , (чхаре) вухавеара и шиъ шаьшшинна (некъа) тачанаш (лараш) ларъярца .

65.Цаьршинна карийра тхан лайшха лай (Хизар - Делера салам хуьлда цунна) , Оха Тхайна гергара къинхетам белла , иштта Оха тхайгара шена 1илма 1амийна (волу) (65)

66.Цуьнга элира Мусас : "Со хьоьца ван мегар дарий (х1ай Хизар) , хьуна (Дала) 1амийначух , сайна хьоьга нийсо (к1орггера 1илман бакъо) 1амаяйтархьама ? " .

67.Цо (Хизара , жоп луш) элира : "Баккъалла а , хьан (х1ай Муса) кхачне а кхочур бац , (цхьаъ ца олуш) собарца соьца чекхвала ницкъ,

68.Хьо собаре муха хир ву , айхьа хаарца го ца биллинчунна (го ца лаьцначунна) т1ехь"

69.Цо (Мусас) элира : "Дала мукъ лахь со собаре карор ву хьуна , хьан балхан муьт1ахь хир ву со"

70.Цо (Хизара) элира : "Хьо суна т1аьхьа х1оттахь , соьга махетталахь цхьанне а х1уманах лаций , цуьнах дерг хьайга аса дийццалц !" .

71.Т1аккха (шаьшшинна барт хилчул т1аьхьа , х1орда йистехула) д1аволавелира и шиъ , ткъа и шиъ (уьллехула чекхдолучу) х1орд -кеманна т1ехиъча (хих дехьавала дагахь , цхьа (дечиг) у схьадаккхарца) 1уьрг даьккхира цунна (Хизарс , т1аккха цецваьллачу Мусас сацатохаделла) элира : "Цунна (х1орд-кеманна) 1уьрг даьккхи ахьа , цуьнан т1ийранаш хихбахийтархьама ?! Бакъ долуш тамашийна доккха х1ума ди ахьа (хьо маьхза т1ехаийтинчарна)".

72.Цо (Хизарс) элира : "Аса хьога ца элир , баккъалла а хьан (х1ай Муса кхачне а) кхочур ма бац , (цхьаъ ца олуш) собарца соьца чекхвала ницкъ" .

73.Цо (Мусас) элира : "Со вицваларна суна бехк ма билла ахьа , соьх даьллачунна суна гатто ма йе ахьа халонца

74.(цул т1аьхьа х1орд-кеманара воьссина) Д1аволавелира и шиъ , ткъа и шиъ жимачу к1антана духьала кхетча , цо (Хизарс) вийра иза . Цо (Мусас) Элира : "(дешин буьртиг санна) Ц1ена (къа латонза) са дий-кх ахь (ч1ир яра ала) синна дуьхьал доцуш ? Бакъ долуш (боккха) бехк биллал (ирча) х1ума ду хьоьх даьлларг" .

75.Цо (Хизарс) элира : "Аса хьоьга ца элира , баккъалла а , хьан (х1ай Муса кхачне а) кхочур ма бац , (цхьаъ ца олуш) собарца соьца чекхвала ницкъ " .

76.Цо (Мусас) элира : " Х1окхул т1аьхьа аса хьайга (реза воцуш) х1ума хаттахь , со хьайца ма ваийта , бакъ долуш (т1аккха) соьгара (соьх къаста) бехказло ю хьуна .

77.Кхин д1а вахара и шиъ , ткъа шаьшшиъ (цхьана) юьрта бахархошна (ох1ланна) т1е кхаьчча , оцу (юьрта) ох1лане (хьешан) кхача бийхира цаьршимма , (амма) и шиъ хьаша вина т1елацарха юхакхийтира уьш . Цаьршинна карийра цигахь (юьртахь) пен (чир) , (ша тевжина , разбаьлла) охьабожжа боллуш , цо (Хизарса) нисбира иза , (т1аккха) цо (Мусас) элира : "Хьайн лиънехь , ял (мах) оьцур яркха ахьа цуьнах (и нисбарха) " .

78.Цо (Хизарса) элира : "Х1ара суна а , хьуна а юккъехь къастар ду , аса буьйцур бу хьуна , хьан шегахь собар ца тоьъначух болун кхетам (чулацам) .

79.Амма х1орд-кема , мискачу нехан дара иза , шаьш х1ордчохь болх беш болу , ткъа суна лиира цуьнан дерт (1уьрг) даккха , царна т1аьхьа (вог1уш) вара паччахь (эла) , х1ор (мегаш долун дика) х1орд-кема ницкъаца схьадоккхуш .

80.Амма жима к1ант , цуьнан да-нана бусулба дара , ткъа тхо кхийрира (ша дукхавезарна) цо и шиъ (шен Делан дозанашха) т1ех вийларца , керстаналца (хьийзина) дакъаздаккхарх .

81.Тхуна лиира , цаьршинна Дала хийцина (доьзалхо) вала цул ц1аналлехь (дикаллехь) тоьлург а , къинхетамехь (цул) гергарниг а .

82.Амма пен , юьртарчу шина боберан бара , оцу (пен) к1елахь цаьршинна хазна яра , дика стаг вара цаьршинан да , ткъа хьан Далла лиънера и шиъ анда ваьлла , шаьшшина хазна хьала яккха , хьан Делера къинхетамца . Аса дин ма дац иза (аса дагардинарг) сайн лаамца , иза (дастам) бу хьан шегахь собар ца тоьъначух болун кхетам (чулацаман тидар) .

83.(иштта) Хьоьга (х1ай Мухьаммад) хоьтту (жуьгташ) ши ма1а йолчух (Зулкъарнайнах лаьцна) , ахьа ала (цаьрга) : "Аса дуьйцур ду шуна цуьнах долун хабар" .

84.Оха (массо а х1ума муьтахь дина) ч1аг1вира иза лаьттахь (лелар атта хилийта) , (иштта) Оха белира цунна (оьшуш долчу) массо а х1ума довзаран некъ .

85.(малх бузехьа) Новкъа велира иза (ши ма1а ерг) .

86.Малх бузе (метте) ша кхаьчча , цуна и (малх) карийра (б1аьрган гарехь) даьржина (кхоьхку) шовданах (х1ордах) ша бузуш , цуна (шовдана) гергахь (керста) къам карийра цуна , Оха элира : "Х1ай Зулкъарнайн ! Я ахьа (байъарца) 1азап дийр ду (уьш иймане ца баг1ахь) , я ахьа диканца маьрша (дийна) буьтур бу уьш .

87.Цо элира :"Амма ша (Делаца накъост варца) зулам динарг (милла велахь) , оха цунна (дуьненахь верца) 1азап лур ду , цул т1аьхьа (къемата дийнахь) шен Деле верзор ву , т1аккха Цо лур ду цунна (жоьжахатан) буьрса 1азап .

88.Амма ша имдиллина , дика 1амал йинарг (милла велахь) , цунна диканца (ялсаманица) бекхам хир бу , Оха цуьнга эр ду (т1едуьллур ду) тхайн омранах атта дерг .

89.Цул т1аьхьа , (малх балехьа) новкъа велира иза .

90.Малх бале (метте) ша кхаьчча , цуна и (малх) карийра , Оха шайна а цунна (малханна) а юккъехь (х1усамашха , дитташха , лаьмнашха) пардо (хьуламанна 1индаг1) данза , къомана т1ехь ша хьала болуш .

91.Иштта , бакъ долуш Оха го биллина , цунах (Зулкъарнайнах) долчух , хаъарца .

92.Цул т1аьхьа (малх балехьара) новкъа велира иза .

93.Шина ломах дуьхьалона юккъе кхаьчча , цуна карийра цаьршинна (шина лома) т1ехьа (дехаш) , къамелах (шен маттах халла бен) кхета герга доцу къам .

94.Цара элира: "Х1ай Зулкъарнайни ! Баккъалла а , Яъжуж а , Маъжуж а (тайпанаш) талор лелош ду лаьттахь , оха хьуна (жимма) ясакх (мах) х1оттийчи х1ун дар техьа , ахьа тхуна а , царна а юккъехь (уьш тхуна т1ецакхачийта) дуьхьало йийриг" ?

95.Цо элира : "Сан Дала (со шегахь ч1агвеш) суна (бахамах) делларг , (шунчул) тоьлуш ду , аша суна (цулла а) г1о де (шайн адаман г1ирса) ницкъаца , аса йийра ю шуна а , царна а юккъехь (нуьцкъала) буг1а (дуьхьало) .

96.Аша да суна эчиг дакъош (кескаш , ткъа) ша шина лома (йисташка нисса) юкъ (царех юьзна) нисйича , цо элира : "(ц1е) Марса яккха" , (т1аккха) ша и (эчиг лалийна) ц1е санна дича , цо элира : " Схьада суна лалийна ц1еста , цуна (лалийна эчиг) т1едуттур дара аса" .

97.(цул т1аьхьа) Ницкъ ца кхечира церан (Яъжуж , Маъжуж тайпанин) цуна (дуьхьалон) т1оьхул бовла а (лекха , шера хиларна) , я цунах 1уьрг даккха а (буто хиларна)

98.Цо элира : "Х1ара (дуьхьло ян ницкъ кхачар) сан Делера (х1о къомана) къинхетам бу , ткъа сан Дела (уьш ара бовларан) ч1аг1о йиъча (хан т1екхаьчча) , Цо и (духьало лаьттаца) д1ашарйийр ю , (шеко йоцуш) сан Делан ч1аг1о (гуттара а) бакъ хилла" .

99.Оцу (къемата) дийнахь , Оха битира царех цхьаберш кхиболчарех (шайн дукхаллийна) д1ауьйш , (г1овторна) зурманчу (ц1узанчу) "х1уп" аьлла , т1аккха Оха (къемата дийнахь) гулбийр бу уьш (халкъаш) гуламехь (махьшар майданахь) .

100.Оцу (къемата) дийнахь Оха (герга ялийна) жоьжахате гайтарх а (буьрса) гойтур ю керстанашна ,

101.Шаьш , шайн б1аьргаш т1е (нийсо ца езарна) пардо (морха) лаьцна (б1аьрзе) хилболу Со хьахаварха , (иштта) шаьш (Дала бохучунга) ладог1а (ца лаарна) ницкъ ца кхочуш (къорбоьлла) хилболу .

102.Моьттанера (хетара) ткъа (Делаца накъост варна) керста хилчарна шаьш , Со витна Сан лайш гергарнаш (деланаш) бина (1ибадатна) леца (мега) ?! (х1ан-х1ан , мегаш дац иза) Баккъалла а , Оха кечйина жоьжахате керстанна х1усам йина .

103.Ахьа ала : "1амалашкахь т1ех эшаме берш бийца Оха шуна ?"

104.(уьш дера бу) Шаьш , шайн дуьненан дахарехь лелориг (харц хиларна) тиларехь (эрна) хилла , шайна моьттуш (шаьш тешаш) , баккъалла а , шаьш дика (ял хир йолу) г1уллакх деш (бакъона т1ехь) бу .

105.Уьш , шаьш керста хилларш , шайн Дела аяташца (билгалонашца) а , (беллачул т1аьхьа г1иттийна) Цуна дуьхьал бахарх а , церан 1амалаш (эрна) яйна , къемата дийнахь Оха х1оттор бац (лурбац) царна терзан мах (ял) .

106.Иза , церан бекхам - жоьжахате ю , уьш керста хиларна а , Сан аяташха (билгалонашха) а , Сан элчанашха а уьш (цабешаш) кхардарна

107.Баккъалла а , шаьш имдиллина , диканаш динарш , царна (уггара лакхара) фирдавс (даржехь) ялсаманеш (хьешан) х1усам хир ю .

108.Гуттар цу (ялсаманеш) чохь (зовкх хьоьгуш) хир болш , шаьш доьхур доцуш цуьнах д1ахьавзор (д1атилор) .

109.Ахьа ала : "Х1орд (чура хи) хилча сан Делан дешнашна (яздан) шекъа , (уьш яздарехь) х1орд кхачор ма бара , сан Делан дешнаш (яздина) кхачадале , Оха (х1ордаш) деача а и (х1орд) санна (г1оьнна) кхин а сов (х1ордаш)" .

110.Ахьа ала : "Баккъалла а , со адам ду шухтерра , (амма Аллах1а) соьга хьоьху , баккъалла а , шун Дела цхьа (Аллах1) Дела хилар , ткъа ша шен Далла дуьхьал вахаре сатуьйсуш верг , дика 1амал йойла цо , шен Далла лолла дарехь (Аллах1ан) цхьа а декъашхо ма войла .




19 Сурат Марьям /Марем/
/Маккахь доьссина , 98 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш щорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Каф , х1а , йа , 1айн , сод /Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена царех луург/

2./х1ара/ Хьан Дала Шен лайх - Закариййах къинхетам бар хьахор /ду/

3.Цо кхайкхира шен Деле хьуламе кхайкхарца

4.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а /къаналлийна/ даь1ахкаш ледара евлла сан /дег1ах/ , къеждаларх корта буьзна /сан/ , со ца хиллера - х1ай сан Дела - /х1инццалц айса/ Хьоьга кхайкхарца /жоп ца луш/ декъаза .

5.Баккъалла а со кхоьру /сан/ гергарчарех соьл т1аьхьа /цара дин д1атасарна/ , сан зуда ю бера ца хуьлуш , лохьа суна Хьайна гергара верас ,

6.ша соьгара /пайхамараллин/ ирс оьцуш , /иштта/ Я1къубан ох1лунах ирс оьцуш /долуш волу/ , вехьа и - х1ай сан Дела - /Хьайна гергахь/ таме /стаг/"

7.Х1ай Закарий ! Баккъалла а Оха хьуна кхаъ боккху к1ентаца , шен ц1е Яхья йолу , Оха ца вина цуна хьалха /цхьа а/ ц1ерхо

8.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Сан муха хуьлу к1ант , сан зуда бера хуьлуш яц , бакъдолуш со а кхаьчна воккхаллех /къаналлех/ гужамалле /тишалле/ ?"

9.Цо элира :"Иштта /Далла лаарна хуьлу/ . Хьан Дала аьлла :"Иза Суна атта ду . Бакъдолуш Аса хьо а кхоьллина хьалха , хьо дацара х1умма а" .

10.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Суна /сан зуда доьзалх хиларна/ билгало ехьа" . Цо элира :"Хьан билгало - кхаа буса хьо нахе вист ца хилавалар ю , /хьо/ могуш волуш"

11./т1аккха/ Михьраб чуьра шен къомана /нахана/ т1е ара а ваьлла цаьрга ишар йира цо :"/Далла/ Теспахь дарца 1уьйранна а , суьйранна а" .

12./Дала элира/ :"Х1ай Яхья ! Тасало жайнах нуьцкъала" . Оха белира цунна /и/ бераллехь /волуш/ кхетам а ,

13.Тхайна гергара къахетар а , /къинойх/ ц1ано а , и вара /Делах/ кхоьруш а ,

14.шен деца-ненаца дика а , и вацара къиза , 1еса .

15.Маьршо /кхерамазалла/ ю цунна винчу дийнахь а , лийр волчу дийнахь а , /лахьтийчуьра/ дийна /волуш/ г1аттор волчу дийнахь а .

16.Хьахайе жайни чохь Марьям ! Нацкъараелира и шен ох1лунах /болчу нахех/ малхбалечу меттиге

17./хьуламна/ Пардо лецира цо царна хьалха . Оха дахийтира и йолче Тхан са /Джабраил/ , и тарделира цунна кхачамечу адаман суьртахь

18.Цо /Марьяма/ элира :"Баккъалла а со хьоьх ларло Къинхетамечуьнца , хьо /Делах/ кхоьруш велахь" .

19.Цо элира :"Баккъалла а , со хьан Делан геланча ву , хьуна /уьнах/ ц1ена к1ант вала /ваийтина/"

20.Цо /Марьяма/ элира :"Сан муха хуьлу к1ант , соьх адам ца хьакхаделла , /я/ со нахаца лелаш ца хилла ?"

21.Цо элира :"Иштта /Далла лаарна хуьлу/ . Хьан Дала аьлла :"И /кхоллар/ Суна атта ду . /Оха кхоьллина и 1ийса хьан кийрахь/ Тхаьш иза вархьама нахана билгало а , Тхоьгара къинхетам а" . И /1ийса кхоллар/ сацам бина /баьлла/ г1уллакх дара" .

22.Цуьнах /1ийсах/ берах хилира и /Марем/ , /т1аккха/ цуьнца нацкъараелира и генарчу меттиге

23./бер деш дог1учу/ Лазаро ялийра и хурман /диттан/ г1одаме , /цунах тевжина/ цо элира :"/давискха/ Х1окхул хьалха яла а елла , /цхьанне а/ дагацайог1у йицъелла /х1ума/ хилла елахьара со"

24.Цо /Джабраило/ кхайкхира цуьнга цуьнан /диттан/ к1елара :"Г1айг1а ма йе ! Бакъдолуш хьан Дала хьуна к1елахь /мала/ татол дина /хьуна/ .

25.Ластаде хьайгахьа хурман /диттан/ г1ад , цо эгор ю хьуна меда /ховха/ хурманаш .

26.Яъа /хурма/ , мала /татолан хи/ , /к1антах/ б1аьрг буза /йоккхае/ . Хьайна адамех цхьаъ гахь /т1аккха цо хьайга к1антах лаьцна хаттахь/ ахьа ала :"Баккъалла а аса Къинхетамечунна ч1аг1о йина /цхьангге а/ йистцахила , со йист хир ма яц тахана аддаме а"

27.Иза еара цуьнца шен къам долчу , ша /карахь/ и /к1ант/ вохьуш . Цара элира :"Х1ай Марьям ! /Делора/ Бакъдолуш ахьа /ма/ дина инзаре /доккха , х1инццалц шайн доьзалехь хилла доцу/ х1ума .

28.Х1ай Х1арунан йиша ! Хьан да /ма/ вацара вон стаг , /я/ хьан нана /ма/ яцара нахаца лелаш !"

29.Ишар йира цо цунна т1е . Цара элира :"Тхо дист муха хуьлу ша аганахь бер долчуьнга ?"

30.Цо /1ийсас/ элира :"Баккъалла а со Аллах1ан лай ву , соьга жайна делла Цо , пайхамар вина Цо соьх .

31.Беркате а вина Цо со миччахьа а велахь , Цо весет дина соьга ламазца а , закатца а со дийна мел ву ,

32.муьт1ахь а /вина Цо со/ сайн нанна , Цо ца вина со къиза , декъаза .

33.Маьршо ю суна винчу дийнахь а , лечу дийнахь , дийна /волуш/ г1атточу дийнахь а"

34.Иза ву 1ийса - Марьяман к1ант , шегахь уьш шек болу бакъонан дош .

35.Аллах1аца дог1уш /ма/ дацара /Шена/ доьзалхо лацар /цхьа а/ . Ц1ена ву-кх Иза /цуьнах/ . Ша цхьана белха сацам бича , баккъалла а Цо олу цуьнга :"Хила !" - т1аккха иза хуьлу .

36.Баккъалла а Аллах1 /ма/ ву сан Дела а , шун Дела а , Цунна де 1ибадат . Х1ара бу /шуна/ нийса некъ .

37.Екъаелира тобанаш шайна юккехь . Бала /хир/ бу шаьш /Делах/ цатешначаьрна доккхачу /къемата/ дийнахь гурдолчух

38.Ма дика хеза царна , ма дика го /царна/ Тхуна /дуьхьал/ бог1учу дийнахь , х1етте а зуламхой тахана /дуьненахь/ билгалчу тиларехь бу

39.Д1ахьеде цаьрга дагахьбалламан де ! /оцу/ Белха сацам бина , /ткъа/ уьш /тахана/ чидам бацарехь бу /оцу д1ахьедарх/ , уьш /къемата дийнах/ тешаш бац .

40.Баккъалла а Тхуна /ирсана/ кхочур ду латта а , цу т1ехь /мел/ верг а , Тхоьга бухаберзор бу уьш /бекхамна/ .

41.Хьахаве жайнахь Ибрах1им , баккъалла а иза хилла бакъ луьйрг , пайхамар .

42.Цо элира шен дега :"Х1ай сан дада ! Х1унда до ахьа 1ибадат ша хезаш доцучунна а , ша /х1умма/ гуш доцучунна а , /цхьанне а/ х1уманах хьо хьалха ца воккхучунна а ?

43.Х1ай сан дада ! Баккъалла а , соьга деана хаарах ша хьоьга ца деанарг , суна т1аьхьах1оттахь , /т1аккха/ аса хьо нисвийр вара нийсачу новкъа .

44.Х1ай сан дада ! Ма дехьа шайт1ана 1ибадат , баккъалла а шайт1а Къинхетамечунна 1еса /ма/ хилла .

45.Х1ай сан дада ! Баккъалла а со /кхера ма/ кхоьру /хьо дохко ца валахь/ Къинхемечуьнгара 1азап хьоьх хьакхадаларх а , хьо шайт1анна верас хиларх а" .

46.Цо /дас/ элира :"Х1ай Ибрах1им ! Цабезам болуш ву хьо сан деланашка ? /Делора/ Хьо ца сацахь , аса /во/ човхор ма ву хьо , вита со еххачу ханна !"

47.Цо /Ибрах1има/ элира :"/соьгара/ Маьршо ю хьуна . Аса гечдар доьхур ду хьуна сан Деле , баккъалла а Иза соьца к1еда-мерза ву .

48.Со гена волу шух а , аша Аллах1 витина шега кхойкхучух а , аса кхойкху сан Деле . Со декъаза ца хила тарло /догдоху аса/ сан Деле кхайкхарца" .

49.Иза генаваьллачу хенахь царна а , Аллах1 витина цара шена 1ибадат дечух а , Оха велира цунна Исхьакъ а , Я1къуб а . Оха вира /уьш/ массо а пайхамар .

50.Оха делира царна Тхан къинхетамах /цхьа дакъа/ а , /иштта/ Оха белира царна /т1аьхьенашкахь а дика ц1е йоккхур йолун/ бакълуьйн лаккхара мотт а .

51.Хьахаве жайнахь Муса , баккъалла а иза хилла /1ибадат дарехь/ догц1ена , иза хилла элча , пайхамар .

52.Оха кхайкхира цуьнга /Т1ур/ ламан аьтту аг1орхьара , Оха /Тхайна/ гергавалийра иза меллаша къамелдеш

53.Оха велира цунна Тхайгарчу къинхетамна шен ваша - Х1арун , пайхамар вина .

54.Хьахаве жайнахь Исма1ил , баккъалла а иза хилла /шен/ ч1аг1о бакъйолуш , иза хилла элча , пайхамар .

55.Цо омру дора шен ох1луне ламазца а , закатца а , иза вара шен Далла гергахь /Иза/ шена реза волуш .

56.Хьахаве жайнахь Идрис , баккъалла а иза хилла /къамелехь/ бакъ луьйрг , пайхамар .

57.Оха хьалаваьккхира иза лаккхарчу меттиге .

58.Уьш /и хьахийнарш/ , Аллах1а шайга зовкх хьегийтинарш бу , /шаьш/ Адаман т1аьхьенах /болу/ пайхамарашха а , Нухьаца Оха /х1ордкеманахь/ баьхьначарех а , Ибрах1иман а , Исраилан а т1аьхьенех а , Оха нисбинчарех а , хаьржинчарех а болу . /ткъа/ Шайна Къинхетамечун аяташ дешча , уьш гор оьгу /Далла/ корта бетташ , /шаьш/ боьлхуш .

59.Царел т1аьхьа яьхкира /вон/ т1аьхьенаш , шаьш ламаз дитина , дег1ан лаамашна /марзонашна/ т1аьхьах1иттина /йолу/ , царна карор ду /цунна дуьхьал/ вон /зен/ ,

60.ша дохко а ваьлла , /Делах а/ тешна , дика динарг воцучунна . /ткъа/ Уьш - ялсамани чуг1ур бу , царна цхьана кепара зуламдийр дац .

61.Дахаран /1адн/ бошмашчу /г1ур бу уьш/ , шаьш Къинхетамечо Шен лайшна ганза /а йолуш , делахь а хир ю аьлла/ ч1аг1о йина /йолу/

62.Царна ца хеза цу чохь эрнадерг /даьсса хабар/ , /ца хеза/ салам /маршалла/ доцург , царна шайн рицкъа /хир/ ду цу чохь /дуьненахь/ 1уьйранна а , суьйранна а /ма хиллара/

63.И ялсамани ю Оха ша ирсана луш /ерг/ Тхан лайшха ша /Делах/ кхоьруш хиллачунна

64./Джабраило элира/ :"Тхо охьа ца дуьссу хьан Делан омрунца бен , Цунна /хаарехь/ ду ша вайна хьалхадерг а , вайна т1аьхьадерг а , ша оцунна юккъехь /мел/ дерг а . Хьан Дела ца хилла вицлуш .

65./Иза/ Стиглашин а , лаьттан а , цаьршинна юккъехь /мел/ долчун а Дела ву . 1ибадат де Цунна . Сатоха Цунна 1ибадат дарна /т1ехь/ . Хьуна вевзий Цунна ц1ерхо ?"

66.Адамо олу :"Со велча , денвина г1аттор ву /те/ ?"

67./ойла ца йо те/ Дага ца дог1у /те/ адамна , баккъалла а Оха ша /цул/ хьалха х1умма доцуш /долу/ кхоллар ?

68.Хьан Делора , Оха /денбина/ гулбийр ма бу уьш а , шайт1анаш а , цул т1аьхьа Оха балор ма бу уьш жоьжахатан гонаха горбахана /болуш/

69.Цул т1аьхьа Оха схьавоккхур ма ву х1ор тобанах , Къинхетамечунна дуьхьал валарехь царах уггар ч1ог1аниг

70.Цул т1аьхьа , Тхо ма ду т1ех дика бевзаш шаьш /жоьжахатахь/ багарехь цуьнца хьалха /хьакъ/ берш .

71.Шух /цхьа/ ма вац , /ша/ цу чу г1ун волуш бен . И хилла хьан Далла т1ехь /хаддош/ бина сацам /кхел/ .

72.Цул т1аьхьа , Оха /оцу жоьжахатах/ к1елхьара бохур бу шаьш /Делах/ кхийринарш , буьтур бу Оха зуламхой цу чохь горлаьтташ

73.Ткъа шайна Тхан билгала аяташ дешча , шаьш /Делах/ цатешначара элира шаьш тешначаьрга :"/вай/ Шина тобанах муьлха ю /х1усамийн/ хьолаца г1оли а , пхьоханца /гоца/ тоьлла а ?"

74.Хийла чкъор /къам/ х1аллак дина Оха царел хьалха , шаьш /царел сал-пал/ бахамца а , вастаца а тоьлла долу .

75.Ахьа ала :"/вайх/ Ша тиларехь хилларг /милла велахь/ , Къинхетамечо цунна хан яхйойла . Ткъа царна гича шайна ч1аг1о йийриг : я 1азап /т1едеана/ я /ц1аьххьана/ сахьт /т1ех1оьттина/ , т1аккха хуур ду царна мила ву и /вайх/ меттигца вон верг а , б1оца г1ийла верг а" .

76.Аллах1а совбоху шаьш /ийманца/ нисбелларш /шайн/ нийсаллехь . /доврадоцуш/ Бухдуьсу диканаш хьан Далла гергахь тоьлуш ду /хир йолчу/ йолехь /мелехь/ а , тоьлуш ду /шайга/ верзарехь а

77./дийцахь/ Гирий хьуна ша Тхан аяташха цатешна , "/Делора/ Суна бахам а , доьзал а лур ма бу" - аьлларг ?

78.Къайле хиъна цунна , я Къинхетамечун гергахь ч1аг1ам эцна цо ?

79.Х1ан-х1а ! Оха цо бохург д1аяздийр ду , цунна 1азап дахдийр ду дахдарх а

80.Тхуна кхочур /дуьсур/ ду цо бохург , Тхуна т1е вог1ур ву и /ша/ цхьалха /волуш/ .

81.Цара лийцира Аллах1 /1ад/ витина деланаш /ц1уйш/ , уьш хилийта шайна /т1ех1уттур йолун/ сийлалла .

82.Х1ан-х1а ! /къемата дийнахь/ Цара д1атосур ду царна /ц1уйшна/ 1ибадат дар , уьш хир бу царна дуьхьал /мостаг1ий/

83.Хьуна ца гина , баккъалла а Оха шайт1анаш дахкийтар /Делах/ цатешачарна , цара уьш /1есаллийна/ т1ехьоьхуш /карзахдохуш/ ду т1ехьехарх а ?

84.Хьо сих ма ло царна т1ехь /1азап дехарца/ , баккъалла а Оха дагардеш ду царна /цара дийриг/ дагардарх а /1азап ханналц/

85.Оцу дийнахь Оха д1агул бийр бу /Делах/ кхоьрурш Къинхетамечуьнга /шаьш эмкалшна/ т1ехевшина /сийлахь болуш/

86.Оха жоьжахате лохкур бу /шаьш/ къинош динарш хьогах /долу хьайбанаш хи т1е санна/

87.Церан /цхьаннен а/ долахь дац /вовшашна/ т1ех1оттар /шафа1ат дар/ , ша Къинхетамечун гергахь ч1аг1ам эцнарг воцург

88.Цара элира :"Къинхетамечо /Шена/ доьзалхо лаьцна"

89./Делора/ Бакъдолуш , инзаре /доккха/ х1ума дина аша /шаьш и аларца/

90.Герга ю стигланаш /шаьш/ эт1арна цуьнах , латта ша эккхарна , лаьмнаш доьхна эгарна

91.Цара кхайкхорна Къинхетамечунна доьзалхо

92.Ца дог1у Къинхетамечунца /Ша/ доьзалхо лацар

93.Массо а ша стигаланашкахь а , лаьттахь а дерг ма дац , ша Къинхетамечунна /дуьхьал/ лай хилла дог1ур долуш бен

94./Делора/ Бакъдолуш , Цо /лара а/ лерина уьш , дагар а дина уьш дагар дарх а

95.Уьш дерриге а дог1ур ду Цунна къемата дийнахь цхьалха

96.Баккъалла а шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а , Къинхетамечо бийра бу царна /нехан дегнашкахь/ безам

97.Баккъалла а Оха атта дина и /къуръан/ хьан /1арбийн/ маттахь , ахьа цуьнца /Делах/ кхоьручарна кхаъ баккхархьама а , ахьа цуьнца девнечу къоманна д1ахьедархьама

98.Хийла чкъор /къам/ х1аллак дина Оха царел хьалха , хаалой хьуна царех цхьа а , я хезий хьуна церан тата ?





20 - Сурат Т1o , х1а

/Маккахь доьссина , 135 аят ду/.
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетам Да волчу


1.Т1а , х1а /Аллах1ана т1ех дика хаа Шена царех луург/

2.Оха ца доссийна хьуна т1е /х1ара/ къуръан хьо дакъазвалийта ,

3.хьехамна бен /ша/ кхоьручунна ,

4.Ша латта а , лекха стигалш а кхоьллинчуьнгара доссорах

5.Къинхетамениг 1арша т1ехь д1атарвели /д1анисвели/

6.Цуьнан /долахь/ ду стиглашкахь а , лаьттахь а , цаьршинна юкъахь а , /варх1е/ лаьтта бухахь а /мел/ дерг

7.Ахь къамел ч1ог1а дахь /ца дахь/ , баккъалла а Иза хууш /ма/ ву къайлахниг а , /цул/ сов хьуламниг а .

8.Аллах1 - кхин дела вац Иза бен , Цуьнан ю хаза ц1ераш .

9.Кхаьчний хьоьга Мусан /хьокъехь долу/ хабар ?

10.Ц1е гира цуна , т1аккха цо элира шен доьзале :"Шу /кхузахь/ совца ! Баккъалла а суна ц1е тусаелла /хааелла/ , цуьнах шуна цхьа хаьштиг /алу/ ян тарло аса , я суна карон /мега/ ц1еран т1ехь нийса некъ /т1е воккху билгало/"

11.И цунна т1евеанчу хена цуьнга кхайкхира :"Х1ай Муса !

12.Баккъалла а Со - Хьан Дела ву . Хьан ши мача д1аяккха , баккъалла а хьо езачу Т1ува - тог1ехь ву

13.Ас /къастийна/ хаьржина хьо , ладог1а /х1инца Ас хьайга/ хьохучуьнга

14.Баккъалла а Со - Аллах1 ву , кхин дела вац Со бен , Суна 1ибадат де , ламаз х1оттаде Со хьехорна

15.Баккъалла а /къемат дийнан/ сахьт дог1ур /ма/ ду , со герга ву и хьулдан , массо а синна бекхам хилийта цо къахьоьгучуьнца /лоьхучуьнца/

16.Хьо цуьнах /тешарх/ д1ахьовза ма войла ша цуьнах ца тешачо , шен /дег1ан/ лаамна т1аьхьаваьзна /волу/ - т1аккха /и бахьанна/ хьо х1аллак хила .

17."Х1ай Муса ! И х1ун ю хьан аьтту куьйгахь ерг ?"

18.Цо /Мусас/ элира /жоплуш/ :"Иза сан 1аса ю , /новкъаца/ со цунна т1е а тевжа , ас цуьнца сайн жана г1аш а дегадо , цуьнгахь кхин пайданаш а бу сан"

19.Цо элира :"Х1ай Муса ! Охьакхосса и !"

20.Цо охьакхоьссира и /1аса/ , т1аккха цуьнах лаьхьа хилира сетташ /текхаш/ .

21.Цо элира :"Схьаэца и , ма кхера . Оха берзор бу и /лаьхьа/ - хьалхалера хьоле .

22.Хьан куьг хьан т1ома /пхьаьрса/ к1ела /я чета/ долла , иза арадера ду к1айделла /шеца цхьа а/ сиркхо йоцуш , кхин билгало хилла .

23./Оха дина и/ Тхаьш хьуна Тхан яккхийчу билгалонашха /цхьадерг/ гайтархьама

24.Фир1авн волчу г1о , баккъалла а иза /дозанал/ т1ехваьлла" .

25.Цо /Мусас/ элира :"Х1ай сан Дела ! Схьабеллахь суна сан накха /кийра/ ,

26.аттадехь суна сан г1уллакх ,

27.бастахь сан маттах /болу/ шед ,

28./т1аккха/ сан къамелах кхетар бара уьш ,

29.вехьа суна сан ох1ланах /волу/ г1оьнча -

30.- сан ваша - Х1арун .

31.Ч1аг1дехьа цуьнца сан г1ора ,

32.декъавалавехьа и сан г1уллакхана ,

33.оха Хьуна дуккха а теспахь дан а ,

34.оха Хьо дуккха а хьехо а ,

35.баккъалла а Хьо вар-кха тхо гуш !"

36.Цо элира :"Х1ай Муса ! Бакъдолуш , /Оха/ хьуна делла ахь доьхург .

37./Делора/ Бакъдолуш , Оха дикадина /къинхетам бина/ хьуна тохара /х1окхул хьалха/ а /цкъа/ .

38.Оха хьан нене хьоьхург /дагчу/ хьехначу хена :

39."Т1орказа чу а вилле , х1орда чукхосса иза , /т1аккха/ х1ордо йистаха кхоссийла и , схьаоьцур ву и Сан мостаг1чо а , цуьнан мостаг1чо а".
Ас тесира /хьан мостаг1чун кийра/ Сайгара хьоьга безам , хьо кхиавайта Сан б1аьрхьалха"

40.Хьан йиша йог1уш , цо олучу хена :"Ас шу нисдай ша цуьнан доладийр долчун т1е ?" Оха хьо вухаверзийра хьан нене /Оха цуьнга ч1аг1о ма-ярра/ , /хьо гарца/ цуьнан б1аьрг бузийта а , /хьоьх къастарна/ цуьнга г1айг1а ца яйта а . Ахь /цхьа/ дег1 /са/ дийра , Оха хьалхаваьккхира хьо /ч1иран/ баланах . Оха зийра хьо зерашца . Хьо 1ийра Мад-яна ох1ланехь /вехаш/ шерашкахь . Цул т1аьхьа , хьо веара шен хеннахь , х1ай Муса !

41.Ас хаьржина хьо Сайна

42.Хьада г1о хьо а , хьан ваша а Сан билгалонашца , мал /к1ад/ ма лолаш Со хьехорехь

43.Шу шиъ г1о Фир1авнна т1е , баккъалла а т1ехваьлла иза .

44.Аш шимма цуьнга ала к1еда дош , /т1аккха/ меттаван я кхеравала мега /тарло/ иза

45.Цаьршимма элира :"Х1ай тхан Дела ! Баккъалла а тхо кхоьру цо тхуна т1ехь сихо ян , я г1ело ян"

46.Цо /Дала/ элира :"Ма кхера ! Баккъалла а Со шоьца ву , хезаш а , гуш а .

47.Иза волче а г1ой аш шимма ала :"Баккъалла а тхой шиъ хьан Делан шиъ элча ву , ахь бахкийта тхоьца Исраилан к1ентий , царна 1азап ма де . Бакъдолуш , тхо даьхкина хьуна т1е хьан Делера билгалонца . Салам /маршалла/ ду ша нийсачу новкъана т1аьхьаваьзначунна .

48.Баккъалла а тхуна /Дала дагчу/ хьехна , баккъалла а 1азап ду /хир долуш/ ша /аяташ/ харцдинчунна а , /Далла муьт1ахь хиларх/ д1авирзинчунна а т1ехь"

49.Цо /Фир1авнас/ элира :"Мила ву шу шиннан Дела , х1ай Муса ?"

50.Цо элира :"Тхан Дела ву , Ша массо а х1уманна шен кхоллар /васт/ а делла , т1аккха /иза нийсачу новкъа/ нисдинарг"

51.Цо /Фир1авнас/ элира :"Хьалхалера чкъоьрнийн /умматийн/ х1ун хьал ду /аьлла хета хьуна/ ?"

52.Цо элира :"Церан /хьолах долу/ 1илма сан Далла гергахь /лавхьулмахьфуз/ жайнахь ду . Сан Дела гал ца волу , виц ца ло"

53./Иза ву/ Ша шуна латта ага /санна/ динарг , шуна цу чохь некъаш динарг , стиглара /дог1ан/ хи доссийнарг , Оха цуьнца /лаьттах/ хьаладаьхна шина кепара /долу/ бес-бесар ораматаш .

54.Даа шайна /цуьнах/ , шайн даьхни а дажаде , баккъалла а цу чохь билгалонаш ма ю хьекъалдолучарна

55.Цуьнах /кхолла а/ кхоьллина Оха шу , цу /лаьтта/ чу дерзор /долуш/ а ду Оха шу , цуьнах хьала а дохур ду Оха шу кхин цкъа а .

56./Делора/ Бакъдолуш , Оха цуьнга гайтира Тхан /шина элчано еана/ ерриге а билгалонаш , /амма/ цо харцйира /уьш/ , /т1е ца оьцуш/ юхатуьйхира цо /уьш/

57.Цо элира :"Хьо тхуна веана , хьан бозбуанчаллийца тхо тхан махках /ара/ даха , х1ай Муса ?

58./Делора/ Тхо /дахкане а/ дог1ур ма ду хьуна цуьнах терачу бозбуанчаллийца . Йе тхуна а , хьайна а юкъахь , оха а , ахьа а ша йохор йоцу йиллина хан - /йиллина/ нийса меттиг /шера аре/ .

59.Цо элира :"Шун /гуламна/ йиллина хан - /шу 1ийдана/ кечдаларан де ду , 1уьйранна нах гулбо /де/"

60.Д1авахара Фир1авн , шен мекарло гулйира цо , т1аккха /вуха/ веара иза

61.Мусас цаьрга элира :"/Дала/ Шаьш бале лацарш ! Ма кхолла Аллах1ана т1ехь харцо , /т1аккха и бахьан долуш/ Цо шу х1аллак дийр /ма/ ду /Шегарчу/ 1азапца . Бакъдолуш /эша ма/ эшна ша /Аллах1ан т1ехь харцо/ кхоьллинарг" .

62./вовшашца девне бевлла/ Шайна юкъахь къевсира цара шайн г1уллакх , хьулдира цара /шайн/ къамел .

63.Цара элира :"Баккъалла а х1ара шиъ бозбуанча ма ву , шайн бозбуанчаллийца шу шайн махкара /ара/ даха а лууш , /иштта/ шун масале /дика/ некъ /дин , нах шух/ д1атило а /лууш/ .

64.Шайн мекарло /кийтарло/ д1а а гулъяй , т1аккха мог1арехь дуьйла ! Бакъдолуш , тахана декъала хилла /тоьлла/ ша лакхе яьккхинарг"

65.Цара элира :"Х1ай Муса /харжа/ ! Я ахьа кхуссу , я тхо хуьлу ша хьалха кхоьссинарг"

66.Цо /Мусас/ элира :"Мелхо а , аш кхосса /хьалха/" . /цара охьакхийсира уьш/ Т1аккха церан машшаш /чуханаш/ а , церан 1асанаш а мотталора /хеталора/ цуна - церан бозбуанчаллех - баккъалла а уьш меттаххьуьй .

67./адам дакъаздаларх/ Кхерар хааделира Мусана шен дег1ехь

68.Оха элира /цуьнга/ :"Ма кхера ! Баккъалла а хьо ма ву ша лакхе йоккхур ерг .

69.Охьакхосса хьан аьтту куьйгарниг , цо д1акхоллур /д1ахудур/ ю цара йинарг . Баккъалла а цара йинарг , бозбуанчан кийтарло /мекарло/ ю , аьтто /толам , кхиам/ хир бац бозбуанчан миччахьа велахь".

70./т1аккха/ Гор ийгира бозбуанчаш , цара элира :"Тхо тийши Х1арунан а , Мусан а Делах"

71.Цо /Фир1авнас/ элира :"Шу цуьнах /муха/ тийши /аш иза бакъ муха ви/ ас шайна пурба а далале ? Баккъалла а иза шун коьртаниг ма ву , ша шуна бозбуанчалла 1амийна /волу/ . /Делора/ Аса хедор ма ду шун куьйгаш а , шун когаш а дуьхь-дуьхьал , ас шу д1атухур /д1аухкар/ ма ду хурман г1одмаш т1е , шуна /хаъне а/ хуур ма ду /т1аккха/ муьлха ву тхоьх 1азапехь /т1ех/ ч1ог1аниг а , сов бухавуьсур верг а"

72.Цара элира :"Оха хьо /г1оли хетна/ хоржур ма вац , ша тхуна билгалонашха деанчунна а , Ша тхо кхоьллинчунна а т1ехь . Де /х1инца тхоьца/ айхьа /та1зарх/ дийриг . Баккъалла а /деъа/ х1окху дуьненахь дийра ду-кх ахь /и тхоьца/"

73.Баккъалла а тхо тешна тхан Делах , Цуьнга тхайна гечдайтархьама тхан къиношна /бехкашна , ледарлонашна/ а , бозбуанчаллех ахьа тхоьга нуьцкъала дайтинчунна . Аллах1 ву тоьлуш верг а , /гуттар/ бухавуьсур верг а .

74.Баккъалла а , ша шен Далла т1е къинош дина вог1ург , баккъалла а цунна жоьжахате ю , и цу чохь лийр вац , /я/ вехар вац .

75.Ткъа ша Цунна т1е муъмастаг хилла вог1ург , бакъдолуш диканаш дина /волу/ , уьш - цаьрна лаккхара даржаш /хир/ ду -

76.- вахаран /1адн/ бошмаш , шайна к1елахула татолаш лелаш /йолу/ , /шаьш/ цу чохь гуттар лаьтташ . Иза ша ц1анвеллачун бекхам бу .

77./Делора/ Бакъдолуш Оха Мусан дагчухьехна :"/Мисрара/ Аравала буьйсана /жерахь/ Сан лайшца , билла царна х1орда чохь бекъа некъ . Ма кхера /уьш хьайна/ т1екхиарх а , ма кхера /хи бухавахарх а/ !"

78.Т1аьхьавелира царна Фир1авн шен эскарца , /амма/ хьулбира уьш х1ордах ша уьш хьулбинчо .

79.Тилийра Фир1авнас шен къам , нийсачу новкъа ца дигира .

80."Х1ай Исраилан к1ентий ! Бакъдолуш , Оха шу к1елхьарадехира шун мостаг1ах , Оха хан йиллира шуна /- Мусана Синаъ/ ламан аьтту аг1ор , Оха доссийра шуна т1е манн а , салва а /олу мерза х1уманаш/"

81.Даа Оха шайна деллачу рицкъан ц1енчарех /хьаналчух/ , т1ех ма дийла цуьнгахь , т1аккха Сан оьг1азло хьакъ хир /хьаьрчар/ ю шуна т1ехь , /ткъа/ шена т1ехь Сан оьг1азло хьакъ ерг /йоьссинарг/ , /жоьжахатан ор чувоьжна/ х1аллак хилла .

82.Баккъалла а Со , сов гечдийриг ма ву ша /тоба дина/ дохковаьллачунна , /Делах/ тешначунна , диканиг динчунна , т1аккха нисвеллачунна .

83."Х1ай Муса ! Сте сихвина хьо хьан къомах ?"

84.Цо элира :"И д1оранаш сан лар т1ехь /т1аьхьа кхиъна бог1уш/ бу , ас Хьоьга сихо йира , х1ай сан Дела , Хьо суна сов реза хилийта" .

85.Цо /Дала/ элира :"Баккъалла а Оха , бакъдолуш зийра хьан къам /иза/ хьоьл /гена хиллачул/ т1ахьа , Самирхочо тилийра уьш"

86.Вухавирзира /вухавеара/ Муса шен къоме /ч1ог1а/ оьг1азе /дера/ , г1айг1ане /волуш/ . Цо элира :"Х1ай сан къам ! Шун Дала шуна хаза ч1аг1о ца йинера ткъа , /Дала йиллина/ хан яхъели шуна я /цхьаъ доьхнарг дина/ шайн Делера оьг1азло шайна т1ехь хьакъ хила /йосса/ лии шуна , /шаьш/ суна йина ч1аг1о йохий аш ?"

87.Цара элира :"Оха ца йохийна хьуна йина ч1аг1о тхан доланца /ницкъаца , лаамца/ , делахь а тхуна т1едоьттина дара нехан /кечбаларан/ хазаллех /дуьзна долу/ маххьаш , Оха /ц1ерга/ кхийсира уьш . Самирхочо а кхоьссира иштта".

88.Цо дира цаьрна /лалийначу хазаллех/ дег1долу эса , шен 1ахар а долуш . Цара элира :"Х1ара шун дела а , Мусан дела а ву , /делахь а/ цуна вицвелла /иза/"

89.Цаьрна ца го те , баккъалла а и /эса/ шайга дашца ца дерзар /дист ца хилар/ а , цуьнан долахь /карахь/ дац цаьрна зен дар , дац пайда бар .

90./Делора/ Бакъдолуш , Х1арунас элира цаьрга /Муса юхаварал/ хьалха :"Х1ай сан къам ! Баккъалла а шу зийна цуьнца , /ма де цуна 1ибадат/ , баккъалла а шун Дела - Къинхетамениг /ма/ ву , суна т1аьхьах1итта , сан омрунна муьт1ахь хила !"

91.Цара элира :"Тхо /совцане а/ совцур /долуш/ ма дац цунна /1ибадатна/ д1ах1иттина 1арх /латтарх , и дитина/ , Муса тхуна т1е вухаверззалц"

92.Цо /Мусас/ элира /ша вухавеача/ :"Х1ай Х1арун ! Сте сацийра хьо хьайна уьш /эсан 1ибадат дарца/ тилабелла гича

93.суна т1аьхьах1оттарх ? Cан омрунна /весетана/ 1еса хили хьо ?"

94.Цо /Х1арунас/ элира :"Х1ай сан ненан к1ант ! Ма лацахь /со/ сан маж т1ера а , /ма лацахь/ сан коьрта т1ера /месаш/ а ! Баккъалла а со кхийрира ахьа аларх :"Исраилан к1ентий бекъна ахьа , сан дош тергал /лар/ ца дина ахьа"

95.Цо элира :"Х1ай Самирхо ! Х1ун 1алашо ю хьан /оцу ахьа динчух/ ?"

96.Цо элира :"Суна гира /хиира/ царна ша цагинарг /цахиънарг/ , /т1аккха/ аса ийцира геланчан /Жабраил малийкан динан берган/ лорах /цхьа/ кана /латта/ , аса кхоьссира и /Исраилан к1ентийн хаззаллех динчу эсан т1е/ . Иштта хьийхира /хаздира/ суна сан сино"

97.Цо /Мусас/ элира :"Д1авало /тхуна юкъара/ ! Баккъалла а хьуна /г1уданна/ ду /хьан/ дахарехь ахьа алар :"/соьх/ Хьакхадалар /йиш йолуш/ дац /шуна/" Баккъалла а хьан /1азапна/ йиллина хан ю , /Дала/ хьоьх ша /йохаянне а/ йохор йоцу /хьо шех хьалхавер воцу/ . Хьажа хьан деле , хьо шена /1ибадатна/ д1ах1оьттина лаьттинчу , /Делора/ Оха иза вагор ма ву , цул т1аьхьа Оха варжор ма ву иза х1орд чохь - варжорах а .

98.Баккъалла а шун Дела - Аллах1 ву , Ша Иза бен кхин дела воцург . Цо чулаьцна /д1алаьцна/ массо а х1ума хаарца" .

99.Иштта , Оха дуьйцу хьуна , бакъдолуш ша /хьалха/ д1адаханчун хабаршха /дерг/ . Бакъдолуш , Оха хьоьга делла Тхайна гергара хьахор /къуръан/

100.Ша /и къуръан харцдина/ цунах д1авирзинарг /милла велахь/ , баккъалла а цо хьур /ма/ бу къемата дийнахь /къинан/ мохь ,

101./шаьш/ Гуттар цу /жоьжахат/ чохь лаьтташ . Ма вон хили-кх царна и /мохь/ бахьарехь къемата дийнахь -

102.- зурманчу х1уп олучу дийнахь . Оцу дийнахь Оха /денбина/ г1овттор бу /дуьненахь/ къинош динарш /б1аьргаш/ сенделла /шаьш б1аьрзе болуш/ ,

103.шайна юкъахь /къайлаха/ шабар-шибар деш /шаьш олуш/ :"Аша ца даьккхина /дуьненахь/ итт /дебуьйса/ бен"

104.Тхо т1ех дика хууш ду цара /шайна юкъахь/ олург /дуьйцург/ . Царех некъехьа /леларца уггар/ масалечо /хьекъалечо , нийсачо/ боху :"Аша ца даьккхина /цхьа/ де /буьйса/ бен"

105.Цара хьоьга хоьтту лаьмнех /хиндерг/ , ахьа /цаьрга/ ала :"Сан Дала /царех чан а йина мохехь/ даржор ду уьш даржорах а ,

106.Цо дуьтур ду и /лаьмнаш шена т1ехь хилла латта/ шера аре хилла ,

107.хьуна гур яц цу /латта/ т1ехь чутаь1на /к1аг болу/ меттиг а , айъаелла /гу болу гома/ меттиг а

108.Оцу дийнахь уьш т1аьхьах1уьттур бу /махьшар майдане/ кхойкхучунна , шен гамдалар /д1асхьате1ар/ доцучу , аьзнаш д1атийна /хир ду/ Къинхетамечунна , хьуна хезар дац шабар-шибар бен .

109.Оцу дийнахь пайда бийр бац /цхьана а/ т1ех1оттаро /шапа1ато/ , Къинхетамечо шена /цхьанна т1ех1отта/ пурба деллачунна /т1ех1оттаро/ а бен , /иштта/ И шена вистхила реза хиллачунна /магийначунна/ а /бен/

110.Цунна /Далла/ хаа царел хьалха хилларг а ‚ царел тIаьхьа хиндерг а , цара цуьнан го ца бо хаарехь

111./муьт1ахь хилла/ Хьастаелира /къинош динчеран/ яххьаш /даимна/ Дийнаволчунна , /хьашташна/ Д1ах1оьттина волчунна , бакъдолуш эшна ша /Далла дуьхьал воьдуш/ зулам даьхьнарг .

112.Ша диканаш динарг /милла велахь/ , ша /Делах/ тешаш а волуш , и кхоьрур вац /къинош совдахаран/ зуламах а , /шен диканийн/ эшамах а .

113.Иштта , Оха доссийра и /аяташ/ 1арбийн /маттахь/ къуръан долуш , Оха /юх-юха/ билгалбира цу чохь кхерам уьш /1есаллех/ ларбалийта я царна цуьнах хьехам хилийта

114.Лакхавели Аллах1 - бакъ паччахь волу . Сих ма ло къуръанца хьайга и /хьан дагчу/ хьехар /доьссина/ кхачадалале /д1адешарца/ . Ахьа ала :"Х1ай сан Дела ! Совваккхахь со /къуръанан 1илма/ хаарехь"

115./Делора/ Бакъдолуш , Оха Адамех тешна /т1едиллина весет/ дитира /царел/ хьалха , /делахь а/ дицделира цунна /и/ , Тхуна ца карийра цуьнгахь /собар дан/ ч1ог1алла .

116.Оха малийкашка элира :"Адамна /лерамна/ горг1о !" . Гордахара уьш Иблис доцург . /куралла йина/ Дуьхьал хилира иза .

117.Оха элира :"Х1ай Адам ! Баккъалла а х1ара /Иблис/ мостаг1 ду хьуна а , хьан зудчунна а . Цо шу шиъ арамадоккхийла ялсамани чуьра , т1аккъа хьо дакъазавала .

118.Баккъалла а хьуна цу чохь мац ца валар а , верзина ца хилар а ду .

119.Баккъалла а хьо цу чохь хьаг ца валар а , бурко ца волар а ду" .

120.Шайт1ано /вониг/ хьийхира цунна , цо элира :"Х1ай Адам ! Аса хьо нисвай гуттаренан дитт т1е а , д1адера доцчу паччахьаллин т1е а ?"

121.Цаьршимма кхаьллира цуьнах , т1аккха гучуевлира цаьршинна шаьшшиннан бехкен /эхьен/ меттигаш , и шиъ доладелира /х1оьттира/ шаьшшинна т1е ялсаманин г1аш лето . 1еса хилира Адам шен Далла , тилира иза /нийсачу новкъах/ .

122.Цул т1аьхьа хаьржира и шен Дала , къинт1еравелира Иза цунна , нисвира Цо /иза нийсачу новкъа/

123.Цо элира :"Охьадисса цу чуьра дерриге а , /дуьненахь/ шух цхьаберш /х1ай Адаман т1аьхье/ вукхаьрна мостаг1ий хир бу . Шоьга беача Соьгара нийса некъ , ша Сан нийсачу новкъанна т1аьхьах1оьттинарг - иза тилалур вац , дакъазавер вац .

124.Ша Со хьехорах д1авирзинарг /милла велахь/ , баккъалла а цунна готта /хала/ дахар /хир/ ду , Оха и /денвина/ г1аттор ву къемата дийнахь б1арзе /волуш/ "

125.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Х1унда г1аттий Ахьа со б1арзе , бакъдолуш со /дуьненахь/ са гуш /ма/ вара ?"

126.Цо /Дала/ элира :"Иштта /дира ахьа/ , Тхан /нуьре/ аяташ даьхкира хьоьга , /амма/ ахьа дицдира уьш /церан чот ца еш/ , /цундела/ иштта хьо вицвийр ву тахана"

127.Иштта , бекхам бо Оха ша т1ехваьллачунна а , шен Делан аятех ца тешначунна а . Эхартан 1азап т1ех ч1ог1а а , /дукха/ деха а ма ду

128.Билгала ца дина те царна , Оха шайл хьалха хийла чкъоьрнаш х1аллакдаро ? Церан х1усамашкахула лелаш бу уьш , баккъалла а цу /лараш/ чохь билгалонаш ма ю хьекъалан дайшна .

129.Хьан Делера хьалха даьлла дош а дацахьара , ц1етоьхна хан а /яцахьара/ , и /1азап/ хир ма дара т1едоьжна

130.Ахьа сатоха цара /хьан хьокъехь/ дуьйцучунна т1ехь , хьан Далла хастам барца теспахь де малх схьакхетале а , и чубузале а , буьйсенан сахьташкахь а , дийнан /сахьтийн/ йисташкахь а теспахь де . Схьахетарехь хьо реза хир ву /хьайна еллачу йолана/ .

131.Ма бетта /сутараллийца/ хьан шиъ б1аьрг Оха царех цхьаболчаьрга шеца зовкх хьегийтанчуьнга - дуьненан дахаран хазалла ю иза - Тхаьш уьш зерхьама цуьнгахь . Хьан Делан /ялсаманин/ рицкъа /царна дуьненахь деллачул а/ тоьлуш /г1олий/ а , /гуттаренна а/ бухадуьсур долуш а ду .

132.Омру де хьан ох1луне /доьзале/ ламазца , сатоха цу т1ехь . Оха ца доьху хьоьга рицкъа . Тхо ду хьуна рицкъа луш . Т1аьхье /Делах/ кхерарна ю .

133.Цара элира :"И ваг1ахьара тхуна шен Делера билгалонца" . Цаьрга ца еана тов /къуръанчохь/ хьалхарчу тептарш чохь долчуьнан билгало ?

134.Оха уьш х1аллак бинехьара цул хьалха /долчу/ 1азапца , цара эра ма дара :"Ахьа тхуна элча ваийтинехьара , т1аккха тхо т1аьхьах1итта Хьан аяташна , тхаьш сийсаза а , юьхь1аьржа а хилале

135.Ахьа ала :"Массо а ву /и де лардеш цуьнга/ хьоьжуш , шу а хьежа , т1аккха хуур ду шуна /вайх/ нийса некъан дай муьлш бу а , нисвелларг мила ву а" .



21 Сурат Альанбияъ /Пайхамарш/
(Маккахь доьссина , 112 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Гергадеана нахана церан /къемат дийнан/ хьесап /сахьт/ , /ткъа/ уьш /цуьнах/ чидам боцуш , /кечам бар доцуш/ д1абирзина бу .

2.Цаьрга ца бог1у шайн Делера /къуръанан/ керла хьехам , цара цуьнга шаьш ловзуш /кхаьрдаш/ болш ладуг1уш бен ,

3.шайн дегнаш тергамбоцуш /х1умана бала боцуш/ долш . Цара - шаьш зуламдинчара хьулдира /шайна юкъахь шаьш олуш/ бистхилар :"Х1ара шу санна /долу/ адам бен дуй ? Бозбуанчалле /ладог1а муха/ дог1у шу , шаьш гуш /хууш/ долш /и бозбуанча хилар/ ?"

4.Цо элира :"Сан Далла хаа /къайла ца долу/ стиглахь а , лаьттахь а /аьлла долу/ дош . Иха хезаш верг , хууш верг ву .

5.Мелхо а , цара элира :"/и къуръан/ Г1енашин кегареш бу . Мелхо а , цо /шегара/ кхоьллина иза . Мелхо а , иза байтахо ву . Вайна цхьана билгалонца вог1ийла иза , дуьххьарлернаш /хьалхалернаш/ ма - бахкийттара"

6.Царел хьалха Оха ша х1аллакйина йолу /цхьа/ юрт /бахархой Делах/ цатийшира . Ткъа уьш /х1ара вай хьахийнарш/ тешар бу тов ?

7.Оха хьоьл хьалха ца бахкийтана божарий бен , Оха шайга /Тхан къамел/ хьоьхуш болу . Аш хатта /и жайнахь/ хьахор девзачаьрга, шу /и/ ца хууш делахь .

8.Ша юург ца юуш долу дег1 ца дина Оха царех , ца хилла уьш /ца леш/ гуттар лаьтташ а .

9.Цул т1аьхьа бакъйира Оха царна /йина Тхан/ ч1аг1о , Оха к1елхьара бехира уьш а , /иштта/ Тхайна луурш а , Оха х1аллакбира /Делан дозана/ т1ехбуьйлурш .

10./Делора/ Бакъдолуш Оха /шун маттахь/ шоьга /х1ай къурайш/ доссийна шен чохь шу хьахор /дийцар , даздар/ долу жайна . /цуна т1аьхьадаза/ Хьекъале ца хуьлу шу ?

11.Хийла юрт /х1аллакйина/ йохийна Оха , ша зуламе хилла йолу , царел т1аьхьа кхин къаьмнаш кхиийна Оха .

12.Ткъа шайна Тхан г1ора /1азап/ хааделча /тусаделча/ , т1аккха уьш цуьнах /чехка/ д1абовду .

13./цаьрга эра ду/ "Д1амадовда /1азапах/ , духадерза шена чохь шайга зовкх хьегийтанчу а , шайн х1усамашка а . Шоьга хатта /жоп деха/ тарло" .

14.Цара элира /къера хилла/ :"Х1ай тхан бала /х1аллак хилар/ ! Баккъалла а тхо /Делах цатешарна/ зуламхой хилла-кх"

15.И бара церан кхайкхам , Оха уьш баллалц чудерзийна ялта /санна/ , /белла/ д1атийна

16.Оха ца кхоьллина стигал а , латта а , цаьршинна юкъахь /мел/ дерг а ловзуш .

17.Тхуна лиънехьара /Тхайна доьзалхо лаьцна/ синкъерам лаха , Оха лехна хир бара и Тхайна гергара . Оха и деш хиллехьара ... /ткъа Делаца дог1уш дац и/ .

18.Мелхо а , бакъдерг харцдолчун т1е кхуссу /т1етуху/ Оха , цо иза дохадо , т1аккха иза /харцдерг/ д1атуьлу . Шуна бала /хир ма/ бу аш /Аллах1ан т1ехь/ дуьйцучух /кхуллучух/ .

19.Цуьнан бу стиглашкахь а , лаьттахь а мел берш . Шаьш Цуна гергахь болчара куралла ца йо Цуна 1ибадат дан , к1ад /г1ел/ ца ло .

20.Буса а , дийнахь а /ца хаддош/ теспахь до цара лаг1 /мал/ ца луш .

21.Я /мелхо а/ лаьттах деланаш /бина/ лецна цара , шаьш /кхинаш/ денбеш болуш ?

22.Цаьршинна /стигал , лаьтта/ чохь Аллах1 воцург /кхин/ деланаш белхьара , телхара /духура/ ма дара и шиъ . Ц1ена ву-кх Аллах1 - 1аршан Дела цара /Шена т1ехь/ дуьйцучух /кхуллучух/

23.Цуьнга ца хотту /жоп ца доьху/ Ша дечух , цаьрга хоттур /доьхур/ ду .

24.Я цара лецна И /1ад/ витина /кхин/ деланаш ? Ахь ала :"Схьало шайн /бакъхиларан/ бух ! Х1ара соьца болчеран хьехам бу , соьл хьалхарчеран хьехам бу . Мелхо а , царех дукхахболчарна бакъдерг ца хаа /ца девза/ , уьш д1абирзина бу /цуьнах/ .

25.Оха ца ваийтина хьоьл хьалха /цхьа/ элча , Тхаьш цуьнга хьоьхуш бен :"Баккъалла а /кхин/ дела вац , Со бен . Суна /Со цхьаъ варца/ 1ибадат де" /аьлла/

26.Цара элира :"Къинхетамечо /Шена малийкех/ доьзалхо лаьцна . Ц1ена ву-кх Иза /цара кхуллучух/ . Мелхо а , /Цуьнан/ лераме лайш ду-кх /уьш/ .

27./шайн/ дашца /шаьш/ Цул хьалха ца довлуш /хьалха ца лоьлху/ долу . Цуьнан омрунца 1амал йо цара .

28.Цуна хаа царел хьалхарниг а , царел т1аьхьарниг а . Уьш /шапа1атца/ т1ецах1уьтту Иза /шена/ реза хиллачуна бен , уьш Цуьнах кхерарна ийзалуш /дегош/ ду .

29.Царех ша олург /муьлха делахь/ :"Баккъалла а со ду дела , Иза /Аллах1/ а воцуш" , Оха бекхам бийр /ма/ бу цуна жоьжахат . Иштта бекхам бо Оха зуламхошна .

30.Шаьш /Делах/ цатешначарна ца гина /ца хиъна/ , баккъалла а стигланаш а , латта а и шиъ /х1оьттина/ дийнна цхьаъ /х1ума хилла/ хилар , т1аккха Оха /эккхийтана/ къастийра /дийкъира , дат1ийра , хадийра/ и шиъ , Оха дира /кхоьллира/ хих массо а дийна х1ума . Уьш /цуьнах/ ца теша тов ?

31.Оха дина лаьттахь ондий лаьмнаш , и цатехкийта /меттах ца хьейта/ цаьрца . Оцу /лаьмнийн/ юкъахь Оха дина ч1ажжаш - /шуьйра/ некъаш . Уьш нийса новкъа бахийтархьама .

32.Оха йина стигал ларбен тхов . Ткъа уьш цуьнан билгалонашха /церан ойла яр доцуш/ д1абирзина бу .

33.И /Аллах1/ ву Ша кхоьллинарг буьйса а , де а , малх а , бутт а . /уьш/ Массо а стигал экъанахь /чехкаллийца/ лелаш /хьийзаш/ ю .

34.Оха ца дина /цхьанне а/ адамна хьоьл хьалха /дуьненахь/ абаде /лийриг цахилар/ . Ткъа хьо велча , уьш /ца леш/ буьсур бу тов ?

35.Массо сино валар 1овшур ду , Оха /дуьненахь/ зуьйр ду шу вонца а , диканца а зерхьама , Тхоьга дерзор ду шу /т1аккха Оха бекхам бийр бу шуна/ .

36.Шаьш /Делах/ цатешначарна хьо гича , кхаьрдаш /цабешаш/ бен т1ецалоцу цара хьо /шаьш олуш/ :"Х1ара ву и ша шун деланаш /вонца/ хьахориг ?" Ткъа уьш керстаналла деш бу Къинхетамениг хьакхорца

37./Дала/ Адам кхоьллиина сихаллех /х1умана сиха долуш/ . Ас шоьга гойтур ю Сан билгалонаш , аш Со сих ма ве .

38.Цара олу :"Маца ю и ч1аг1о , шу бакълуьш хиллехь"

39.Шаьш /Делах/ цатешначарна хаахьара /йовзахьара/ шайн яххьашха а , шайн баккъашха а /жоьжахатан/ ц1е шаьш юхацатуху /саца ца йо/ а , шайна /цхьаммо/ г1одийр доцу а хан /цара и 1азап сихдийра ма дацара/

40.Мелхо а , и /сахьт/ дог1ур ду царна ц1аьххьана , т1аккха цо 1адор /хьайре , боьхна , цецбоьвлла бийр/ бу уьш , ницкъ кхочур бац церан и юхатоха /сацо/ , уьш т1аьхьатоттур бац .

41./Делора/ Бакъдолуш хьоьл хьалха а кхаьрдина элчанашха , т1аккха шаьш царех цабаьшначарна т1едеара /т1едоьссира/ уьш шех кхаьрдаш хилларг .

42.Ахь ала /хатта цаьрга/:"ЁХьа 1алашдийр ду шу Къинхетамечух /Цуьнан 1азапах и деача/ буса а , дийнахь а ?" Мелхо а , уьш шайн Дела хьахорах д1абирзина .

43.Я церан Тхо доцург /кхин/ деланаш бу уьш /Тхан 1азапах/ юхатухур болш ? Церан ницкъ ца кхочу шайн дог1машна г1одан а , уьш ларбийр /к1елхьар бохур/ бац Тхоьх /цхьаммо а/ .

44.Мелхо а , Оха зовкх хьегийтара х1окхаьрга а , церан дайшка а царна т1ехь /церан/ оьмар яхяллалц . Царна ца го тов , баккъалла а Тхо дахкар и латта /царна/ шен йисташкара эшош /жимдеш , гатдеш/ ? /т1аккха а/ Уьш бу тов тоьлларш ?! /дера бац , Тхо дукх/ .

45.Ахь ала :"Баккъалла а ас шоьга д1ахьедо /Аллах1а сан/ дагхьоьхучунца /къуръанца/" . Къорачарна /керстана/ ца хеза /къуръанан/ кхайкхар шайга /и/ д1ахьедечу хена .

46./Делора/ Царех хьакхаделча хьан Делан 1азапех /цхьа/ дакъа , цара эра ма дара :"Х1ай тхан бала /тхан х1аллак хилар/ ! Баккъалла а тхо зуламхой хилла-кх"

47.Къемата денна Оха д1ах1иттор ду нийса /бакъ/ терзанаш , /цхьана/ дег1ана /синна/ зулам дийр дац х1уманца , и /х1ума/ хиллехь к1оллин буьртиг барамехь , Оха схьадохьур ду и . Тхо тоьар ду хьесаплелорхой .

48./Делора/ Бакъдолуш Оха делла Мусага а , Х1аруне а /бакъ-харц/ къасториг /Таврат/ а , серло а , хьехам а /Делах/ кхоьручарна ,

49.шаьш къайлах /шайна болш/ шайн Делах кхоьруш болу , шаьш /къемат дийнан/ сахьтах ийзалуш болу .

50.Х1ара /къуръан/ Оха ша доссийна , беркате /хьехам/ хьахор ду , аш /т1е ца оьцуш/ духатуху и /Делера хилар/ ?

51./Делора/ Оха белла Ибрах1име шен нийса некъ /Мусал , Х1арунал/ хьалха /и жими волш/ , Тхо дара цуьнах дерг хууш /и вевзаш/

52.Цо элира шен дега а , шен къоме а :"Х1орш х1ун ц1уй ю , шу шайна /1ибадатна/ д1ахиттина йолу ?"

53.Цара /жоплуш/ элира :"Тхуна тхан дай карийна царна 1ибадат деш"

54.Цо элира :"/Делора/ Бакъдолуш шу а , шун дай а билгалчу тиларчохь /ма/ хилла"

55.Цара элира :"Хьо тхуна бакъдолчунца веана я хьо ловзучарех /бегаш бечарех/ ву ?" /баккъал бах ахь я бегаш бо ахь ?/

56.Цо элира :"Мелхо а , шун Дела - стиглашин а , лаьттин а Дела ву , Ша уьш кхоьллиина волу . Со оцу т1ехь тешалла дечарех ву .

57.Аллах1ора /дуй ма буу ас/ шун ц1уйшна ас /цхьа/ кийтарло йийр /уьш кеггор/ ма бу , шу букътоьхна /шайн 1ийде/ д1адаханчул т1аьхьа .

58.Цо /дигарца/ царех кескаш йира , церан коьртаниг воцучух , /цо витира и/ уьш /хаттарца/ цуьнга берзийтахьама .

59.Цара элира :"Хьан дина х1ара вай деланашца ? Баккъалла а иза зуламхойх ма ву"

60.Цара элира :"Тхуна хезна шех Ибрах1им олуш /волу/ к1ант уьш /вонца/ хьехош /царна луьйш/"

61.Цара элира :"Схьавалаве иза нехан б1аьра хьалха , цара /оцу т1ехь/ тешалла дан тарло"

62.Цара элира /хаьттира/ :"Х1ай Ибрах1им ! Ахь диний х1ара тхан деланашца ?"

63.Цо элира /жоплуш/ :"Мелхо а , церан коьртачо х1окхо дина-кх и . Цаьрга хатта уьш бистхуьлуш белахь"

64.Шайн синошка /хьекъале , кхетаме/ бирзина цара /шаьш шайга/ элира :"Баккъалла а шу ду-кх зуламхой /царна 1ибадат деш долу/ "

65.Цул т1аьхьа /ойла хьоьвзина/ шайчуьнга бирзира уьш :"/Делора/ Бакъдолуш хьуна хааш /ма/ ду х1орш бист ца хуьлий"

66.Цо элира :"Ткъа аш 1ибадат /муха/ до Аллах1 /1ад/ витина шайна х1уманца пайда ца бечунна а , шайна зе ца дечунна а ?

67.Офф-фай-кх шуна а , аш Аллах1 витина 1ибадат дечунна а . Хьекъале ца дог1у шу ?"

68.Цара элира :"Вагаве иза , г1о де шайн деланашна , аш деш делахь"

69.Оха элира :"Х1ай ц1е ! Хьо хила Ибрах1имна /салкхане/ шело а , маршо а"

70.Царна лиира цуьнца мекарло . Оха бира уьш уггар эшнарш /зе хилларш/

71.Оха к1елхьараваьккхира иза а , Лут1 а Тхаьш шена чохь 1аламашна беркат динчу лаьтте

72.Оха цуна велира Исхьакъ а , Я1къуб а совг1атана . /уьш/ Берриге а диканаш бира Оха .

73.Оха бира уьш /динан/ тхьамданаш /баьччанаш , имамаш/ шаьш Тхан омрунца /нах/ нийса новкъа бохуш , Оха цаьрга хьийхира диканаш дар а , ламаз х1оттор а , закат далар а , Тхуна 1ибадат деш бара уьш .

74.Лут1е а , делира Оха цуьнга кхетам а , хаар а . Оха к1елхьараваьккхира иза , бакъхьара доцурш /оьзда доцург/ деш хиллачу юьртах , баккъалла а уьш хиллера вониг ден песакънах .

75.Оха вахийтира и Тхан къинхетамчу . Баккъалла а иза дикачарех ву .

76./хьахаве/ Нухь а , цо кхайкхира хьалха , Оха цуна жопделира , Оха к1елхьараваьккхира иза а , цуьнан доьзал а боккхачу балех .

77.Оха 1алашвира иза шаьш Тхан аяташ харцдинчу къомах . Баккъалла а уьш хиллера вониг ден нах . Оха хи бухабахийтар уьш берриге .

78./хьахаве/ Давуд а , Сулайман а , цаьршимма шена т1е /дажа/ нехан жа даьллачу кхен хьокъехь кхел еш хиллачу хена . Тхо теш дара церан кхелана .

79.Оха Сулайманна кхетийра и , Оха делира х1оранна а кхетам а , хаар а . Оха муьт1ахь дира лаьмнаш а , олхазарш а Давудаца теспахь дан . Тхо дара /и/ дийраш .

80.Оха 1амийра цуна шуна /т1еман/ духарш дар , цо шу лардан шун ницкъах . Дуй шу /Сан зовкхашна/ баркалле ?

81./Оха муьт1ахь бира/ Сулайманна дарцан мох , ша цуьнан омрунца лелаш шена чохь беркат динчу лаьтте . Тхо дара массо а х1ума хууш .

82./Оха цуна муьт1ахь дира/ Шайт1анех а , шаьш цуна /жовх1арш хьала даха/ хи чудовлурш а , шаьш и болх боцург кхин дерг дийраш а . Тхо дара уьш /галдовлах/ лардеш .

83./хьахаве/ Аюб а , ца кхайкхира шен Деле :"Баккъалла а соьх во хьакхаделла , ткъа Хьо къинхемечарех уггар Къинхетамениг ву" .

84.Оха жоп делира цуна , Оха д1адаьккхира /д1аайбара/ цуьнгара во , Оха белира цуна шен доьзал а , цаьрца цхьана уьш саннарш а Тхайгарчу къинхетамна , 1ибадат дечарна хьехамна а

85./хьахабе/ Исма1ил а , Идрис а , Зулькифл /Делера декъан да/ а - /уьш/ массо а сатоьхначарех бу .

86.Оха бахийтара уьш Тхан къинхетамчу , баккъалла а уьш дикачарех бу .

87./хьахаве/ Зуннун /ч1еран да/ а , д1авахара иза оьг1азвахана , цуна моьттира баккъалла а Оха шена гатто /хало/ йийра яц . Цо кхайкхара /ч1еран кийрара/ боданашкахь :"Кхин дела /ма/ вац , Хьо воцург . Ц1ена ву-кх Хьо . Баккъалла а со хилла-кх зуламхойх" .

88.Оха жопделира цуна , г1айг1анах иза хьалхаваьккхира . Иштта /шайн г1айг1анах , сингаттамах/ хьалхабоху Оха муъманах .

89./хьахаве/ Закарий а , цо кхайкхара шен Деле :"Х1ай сан Дела ! Ма витахь со цхьалха , Хьо вар-кх верасашха уггар тоьлург"

90.Оха жопделира цуна , Яхья велира Оха цуна , Оха йира цуьнан зуда цуна /доьзалхо ван/ мегаш . Баккъалла а уьш бара диканашкахь сихоеш а , /Тхан дикане/ сатийсарца а , /Тхан г1уданах/ кхерарца а Тхоьга кхойкхуш а , Тхуна хьастабелла бара уьш .

91./хьахае/ Ша шен бехке меттиг ларйинарг , Оха цуна чу диллира Тхан сих /са/ , Оха йира иза а , цуьнан к1ант а 1аламашна билгало .

92.Баккъалла а х1ара шун уммат ду , /ша/ цхьаъ уммат хилла , Со ву шун Дела , /Со цхьаъварца/ Суна 1ибадат де .

93. Шайн /динан/ г1уллакх шайна юкъахь /бекъабелла/ хадийра цара . /уьш/ Массо а /шен бекхам эца/ Тхоьга боьрзур /болш ма/ бу .

94.Ткъа ша диканшха /цхьадерг/ динарг , ша /Делах/ тешаш волш , цуьнан къахьегарна /ял йоцуш/ духатохар дац , баккъалла а Оха цуна /и диканаш/ д1аяздеш ду .

95.Оха ша х1аллак йинчу юьртана дихкина , баккъалла а уьш /х1окху дуьненчу/ бухабоьрзур бац ,

96.Яъжуж а , Маъжуж а /1ажм1ажб1оьнан дуьхьало/ схьаеллалц , уьш массо а гух чухьовддалц а .

97.Гергаеара бакъйолу ч1аг1о , т1аккха и шаьш /Делах/ цатешначеран б1аьргаш къаьрзира /цара элира/ :"Х1ай тхан бала /ма бала букх тхуна/ ! Бакъдолуш тхо дара х1окхунах чидам бацарехь . Мелхо а тхо хилла-кх зуламхой"

98.Баккъалла а шу а , Аллах1 /1ад/ витина аш шена 1ибадат /мел/ дийриг а , жоьжахатан дечиг ду , шу /ма/ ду оцу чу г1ур /дерш/ .

99.Х1орш /аш ма-аллара/ деланаш хиллехьара , оцу /жоьжахат/ чу г1ур /ма/ бацара . /ткъа уьш/ Массо а оцу чохь гуттар 1ийр /болш/ бу .

100.Цаьрна оцу чохь узар /маьхьарий/ ду , уьш оцу чохь /х1ума/ хезаш бац .

101.Баккъалла а шайна Тхоьгара /азаллехь/ диканиг хьалхадаьлларш , уьш цуьнах генабохур бу ,

102.царна хезар дац цуьнан /г1ара-/ тата , уьш шайн синошна /дог1машна зовкхашха/ дезначуьнгахь /сатесначуьнгахь/ 1ийр бу гуттар .

103.Уьш г1айг1ане бийра бац доккхачу 1адоро . Малийкаш т1еоьцур бу уьш /шаьш олуш/ :"Х1ара ду шун /диканца бекхам бен/ де , ша шуна /хир ду аьлла/ ч1аг1о йеш хилла /долу/"

104.Оцу дийнахь Оха д1ахьарчор ю стигал , йозан тептарш хьарчорах терра . Оха дуьххьарлера кхоллар дола ма дарра , духакхуллур /карладоккхур/ ду и . Тхуна т1ехь /Оха йина/ ч1аг1о ю /и/. Баккъалла а Тхо дара /и/ дийраш .

105./Делора/ Бакъдолуш Оха яздира Забур /жайна/ чохь хьехамал т1аьхьа :"Баккъалла а латта - и дуьсур /кхочур ма/ ду Сан дикачу лайшна"

106.Баккъалла а х1окхуьнгахь /кхачаме/ кхайкхам ма бу 1ибадат дечу къомана /нахана/ .

107.Оха ца хьажийна /ца вахийтана/ хьо , 1аламашна къинхетамна бен .

108.Ахь ала :"Баккъалла а соьга /Дала/ хьоьху , баккъалла а шун Дела - цхьаъ Дела ву . Дуй шу /Далла муьт1ахь/ бусулбанаш ?"

109.Ткъа уьш д1аберзахь , ахь ала :"Ас д1акхайкхийна шоьга цхьабосса /цхьатерра/ , суна ца хаа шуна ч1аг1о йийриг герга ду я гена ду

110.Баккъалла а Цуна хаа къамелах /аш/ гучудоккхург /хозуьйтург/ а , Цуна хаа аш хьулдийраг

111.Суна ца хаа , и /1азап хьедар/ шуна зер хила тарло , я цхьана хенналц зовкх /хила тарло/" .

112.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Бакъонца кхел ехьа . Тхан Дела - Къинхетамениг , аш /харц/ кхуллучун т1ехь /Шегара/ Г1о деха дезарг ву" .



22 - Сурат Альхьадж /Хьадж/
/Мадинатехь доьссина , 78 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна а болу къиинхетаман Да волчу


1.Х1ай нах ! Шайн Делах кхера ! Баккъалла а /къемат дийнан/ сахьтан /хьалхар/ дегар доккха /кхераме/ х1ума ду /шуна/ .

2.Оцу дийнахь шуна гур ду , х1ор /бер/ дакхориг ша /дукхадезаш/ дакхийначух /балан боккхаллийна/ йицлуш /цо шен хьомечу доьзалхочух д1алоцуш/ , х1ор доьзалхочух ерг /кхераман ч1аг1аллийна/ шен /кийрара/ доьзалхо /остаяьлла/ охьатосуш . Нах гур бу хьуна /техкаш/ бехна /болуш санна/ , бехна /ма/ бац уьш , делахь а /уьш 1адийна долу/ Аллах1ан 1азап ду /ша/ ч1ог1а /дерг/ .

3.Нахах ву , ша Аллах1ан хьокъехь /шегахь нийса/ 1илма доцуш къуьйсург а , /Далла/ дуьхьалдаьллачу х1ор шайт1ана т1аьхьах1уттург а .

4./Дала/ Цуна /шайт1ана/ т1ехь /кхел йина/ яздина , баккъалла а ша цуна т1аьхьах1оьттинарг /милла велахь/ , баккъалла а цо иза /нийсачу новкъах/ тилаво , ц1еран 1азапе иза нисво /аьлла/ .

5.Х1ай нах ! /нагахь санна/ Шу делахь /деллачул т1аьхьа Оха шаьш/ г1овтторах шеконехь , /х1ета/ баккъалла а Оха /кхолла ма/ кхоьллина шу /шун да Адам/ лаьттах , т1аккха /шу кхоьллина сте-боьршийн хина/ т1адамах , т1аккха ц1ийн улхах /деттачу ц1ийх/ , т1аккха кхиъна , кхианза долчу талхах , Тхаьш шуна /оцу ражца/ билгалдархьама /Тхан ницкъ кхачар шу г1овтто/ . Оха тардо /нанойн/ кийрашкахь Тхайна /ша дита/ луург /дуьнен т1едала/ ц1етоьхначу хене /кхаччалц/ , т1аккха Оха арадоху шу /ненан кийрара/ бер хуьлий , цул т1аьхьа /Оха/ шу /дуьту/ шайн ондалле /г1еметтах1оттаре/ кхачийта . Шух ша /ондавалале/ кхалхориг ву , шух ша гужамалле /хьекъалах эшаре , къаналле/ верзориг ву , цуна х1умма ца хаийтархьама /цуьнан/ хаарал т1аьхьа . Латта го хьуна /ша/ дакъаделла , ткъа Оха цуна т1е /дог1ан/ хи доссийча , /денделла сеноца/ меттаххьаьвра и , севсира , цо хьаладалийтира х1ор хаза /долш/ шина кепара /ораматаш/ .

6.И /вай хьахийнарг/ ду , баккъалла а Аллах1 - Иза бакъдерг долун дела а , баккъалла а Цо /ша и латта ден ма-дарра/ белларш денбо дела а , баккъалла а Иза массо х1уман т1ехь ницкъкхочуш волун дела а ,

7.баккъалла а /къемата дийнан/ сахьт , шегахь шеко йоцуш , дог1ур долун дела а , баккъалла а Аллах1а кешнаш чохь берш /денбина/ г1овттор болун дела а .

8.Нахах ву , ша Аллах1ан хьокъехь /шегахь оьшу/ 1илма доцуш , нийса некъ боцуш , /Делера/ нуьре жайна доцуш къуьйсург ,

9./кураллийца/ шен яь1на /ворта/ сеттош , Аллах1ан /динан/ новкъах /нах/ тилорхьама /къуьйсург/ . Цуна дуьненахь сийсазалла ю . Къемата дийнахь Оха цуьнга 1овшуьйтур ду ц1еран 1азап .

10./цуьнга эра ду/ Иза , хьан шина куьйго /дуьненахь дина/ хьалхадаьккхинарг бахьанехь ду /хьуна/ . Баккъалла а Аллах1 /Шен/ лайшна /харцо йийр йолш/ зуламе вац .

11.Нахах ву ша Аллах1ана /динлелорехь/ йиста /шекон/ т1ехь /ойла керчаш/ 1ибадат дийриг . Шега дика деача цуьнах синтем /парг1ато/ хуьлуш , ткъа шега /ша халонца , баланца/ зер деача /керста хиле/ шен юьхь т1е вухавоьрзуш . Дуьне а , эхарт а дайъана цо . И ду иза билгала /долу/ дар /эшам , зе/ .

12.Цо кхойкху Аллах1 витина шена ша зе ца дийриг а , шена ша пайда ца бийриг а . И ду иза геннара тилар .

13.Цо кхойкху шен зе /дуьненахь/ шен пайданел а герга дерг . Ма вон эла ву-кх иза , ма вон накъост ву-кх иза .

14.Баккъалла а Аллах1а чубохуьйту шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а шайна к1елахула татолаш лелачу /ялсаманийн/ бошмашка . Баккъалла а Аллах1а , Шена луург до .

15.Аллах1а цуна /Мухьаммадна/ дуьненахь а , эхартахь а г1о дийр дац моьттуш верг , /шен тховха/ хьала муш д1атасийла цо /ирхъоллавалархьама/ , т1аккха /и/ хада бойла цо , /ойланца/ хьожийла иза шен мекарлоно /а , шен х1иллано а/ д1атиладой ткъа /ша/ дарвеш /оьг1азвохуьйтуш/ дерг .

16.Иштта , Оха доссийра и /къуръан/ билгала аяташца , баккъалла Аллах1а нисво Шена луург .

17.Баккъалла а шаьш /Делах/ тешнарш а , шаьш жуьгтийн динехь хилларш а , седарчашна /малийкашна/ 1ибадат дийраш а , 1иса /пайхамаран/ динехь хилларш а , ц1еран /малхан/ 1ибадат дийраш а , шаьш /Далла ц1уйх/ декъахо винарш а - баккъалла а Аллах1а къемата дийнахь царна юкъахь /нийсонца/ кхел йийр ю /цхьаберш ялсамане , вуьйш жоьжахате бахийтарца/ , баккъалла а Аллах1 /церан/ массо а х1умана т1ехь /и хаарца/ теш ву .

18.Хьуна ца гина , баккъалла а Аллах1 - Цуна гордоьду ша стиглашкахь , лаьттахь мелдерг а , малх а , бутт а , седарчий а , лаьмнаш а , дитташ /ораматаш/ а , дийнаташ а , адамашха дуккха а , шайна 1азап хьакъ хилла /чарех/ дуккха а ? Ша Аллах1а сийсаз вийриг , цуьнан вац /цхьа а/ сийдийриг . Баккъалла а Аллах1а Шена луург до .

19.Х1ара шиъ довхо /тоба/ шайн Делехь девне /къовсаме/ ваьлла , ткъа шаьш /Делах/ цатешнарш - царна ерина ц1ерах /йолу/ бедарш . Церан кортош т1ехула /царна т1е/ дутту ц1ийдина /кхехкийна/ хи ,

20.шеца церан кийрашкахь дерг а , /церан/ чкъоьрнаш а лалош /долу/ ,

21.царна /та1зарна кечйина/ аьчка чхьонкарш /ж1аьвнаш/

22.Х1оразза царна оцу /жоьжахат/ чуьра - /цуьнан/ г1айг1анера арабовла лиъча , цу чубухку уьш , /цаьрга олу/ :"1овша ц1еран 1азап"

23.Баккъалла а Аллах1а чубохуьйту шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а шайна к1елахула татолаш лелачу бошмашна , оцу чохь уьш кечбо дешица кхелина х1азаршца а , жовх1арца а , церан духар оцу чохь даре /хир/ ду .

24.Уьш нисбина /къуръанан/ хазчу даше , уьш нисбина /дуьненахь/ хастаме /нийсачу/ некъе .

25.Баккъалла а шаьш /Делах/ цатешнарш а , Аллах1ан некъах , дихкинчу маьждигах /нах/ бухабеттарш а , Оха ша нахана /1ибадатна/ цхьатерра дина долу - цу /Макка/ чохь 1ечуна а , арарчуна /ца 1ечуна/ а , ша цу чохь зуламца /дин/ т1еравалар луург /милла велахь/ - Оха цунга 1овшуьйтур ду лазочу 1азапех .

26./хьахаде/ Оха билгалйира Ибрах1имна /хьажийн/ ц1ийнан меттиг , :"Ма де соьца х1умма декъахо , ц1анде сан ц1а го тосучарна а , /ламазна/ д1ах1иттанчарна а , /руку1ана/ охьатаь1начарна а , /сужудана/ горбаханчарна а"

27.Кхайкха нахалахь хьадж дарца , уьш бог1ур бу хьуна г1аш а , /шаьш/ массо а генарчу тог1ера /ч1ожера/ йог1учу массо а озачу /эмкална/ т1ехь а ,

28.шайна /хир болу/ пайданашна тешх1итта а , билгалчу /г1урбан/ деношкахь Аллах1ан ц1е хьахо а Цо шайна хьайбанашха деллачу дийнат т1ехь . Шаьш даа цуьнах , декъазчу пекъарна дааде .

29.Т1аккха цара кхочушдойла шайн /хьадж дехкаран уьнахц1аналлийн/ ламасташ /декхарш/ , кхочушйойла шайн ч1аг1онаш , го тасийла ширачу /хьаж/ ц1енна .

30./иштта ду/ И /г1уллакх/ . Ткъа ша Аллах1а дихкинарш /хьурматаш/ лоьрург , иза тоьлуш ду цуна шен Далла гергахь . Шун /даа , пайда эца/ магийна /хьанал дина массо/ хьайбанаш , шуна т1ехь /цамагарца билгалдина/ доьшург доцург . Генадовлалуш ц1уйшха /долчу/ боьхачух , генадовлалуш харц дашах /къамелах/ ,

31./доггаха/ Аллах1е /Цуьнан бакъоне/ туьйжуш , Цуьнца декъахо ца веш . Ткъа ша Аллах1ана декъахо вийриг , баккъалла а ша стиглара /лаьтта/ воьжнарг санна ву , т1аккха ша олхазаро /сихонца/ д1ахьуш , я мохо /вадийна/ генарчу меттиге вожош /вуьгуш/ .

32./иштта ду/ И /г1уллакх/ . Ткъа ша /хьадж дарехь долу/ Аллах1ан ламасташ лоьрург /милла велахь/ , баккъалла а и дегнаш /Делах/ кхерарх ду .

33.Шуна цаьргахь /хьайбанашкахь/ пайданаш бу /цаьрна урс хьакха/ ц1етоьхначу ханналц , т1аккха церан /урс хьакха мега/ меттиг ширачу /хьаж/ ц1енна гергахь ю .

34.Х1ор умматна /бусулба тобанна/ Оха йина динан кеп , цаьрга Аллах1ан ц1е хьахаяйта Цо шайна хьайбанашха деллачу дийнат т1ехь . Шун Дела - цхьа Дела ву , /доггаха/ Цуна муьт1ахь хила . Ахь кхаъбаккха эсалчарна /муьт1ахьчарна/ а ,

35.шаьш /шайна гергахь/ Аллах1 хьахийча шайн дегнаш озаделла /кхийрина/ болу , /иштта халонашха/ шайна т1едеанчуна сатухучарна а , /шен хенахь/ ламаз х1отточарна а , Оха шайна деллачух /саг1ийна/ харжъечарна а /кхаъбаккха/

36.Эмкалш /бежнаш /- Оха йина уьш шуна Аллах1ан /динан/ билгалонашха . Шуна цаьргахь /дуьненахь/ дика ду . Аш хьахайе Аллах1ан ц1е царна /урс хьакхар/ т1ехь , /уьш/ мог1арехь лаьтташ . Церан аг1онаш /урса хьаькхна лаьттах/ кхетча , аш даа цуьнах /жижиг/ , дааде /шегахь долчух/ тоамбечуна , доьхучуна . Иштта , Оха муьт1ахь йина шуна уьш , шоьга баркалла алийта .

37.Аллах1е кхочур дац церан жижигаш а , дац церан ц1ийш а , делахь а Цуьнга кхочур ду шоьгара /Шех/ кхерар . Иштта , Цо муьт1ахь йина шуна уьш , шоьга Аллах1 вазвайта Цо шаьш /нийсачу новкъа/ нисдарна т1ехь . Кхаъбаккха дикадечарна .

38.Баккъалла а Аллах1а 1алашбо /ларбо/ шаьш /Делах/ тешнарш . Баккъалла а Аллах1ана ца веза т1ех ямартаниг , /Делах/ цатешарг .

39.Магийна шайца т1ом бечарна /т1ом бан/ баккъалла /керстано/ царна зуламдарна . Баккъалла а Аллах1 царна /бусулбанашна/ г1одар /уьш толор/ т1ехь ницкъкхочуш ма ву .

40.Шаьш арабаьхна болу шайн керташкара /цхьа/ бакъо йоцуш /бахьан доцуш/ , цара :"Тхан Дела - Аллах1 ву" - алар доцург . Аллах1а 1алашбеш бацахьара нах - царех цхьаберш вукхарца , йохийна хир ма яра /мозг1арш чохь лолла до/ лаппаг1анаш , килсаш , /жуьгтийн/ ламаз чоьнаш , шайна чохь дуккха а Аллах1ан ц1е хьахош долу маьждигаш . /Делора/ Аллах1а г1одийр ма ду Шена г1одечунна . Баккъалла а Аллах1 ницкъберг , сийлахьниг ву .

41.Шаьш - Оха уьш ч1аг1бича лаьттахь , ламаз х1оттийна , закат делла , /диканца/ девзачунца омру дина , цадог1учух /нах/ бухатоьхна болу . Аллах1ан ю г1уллакхийн чаккхе /т1аьхье/ .

42.Цара хьо харцвахь , бакъдолуш царел хьалха харцвина Нухьан къомо , /Х1удан къомо/ 1адаш , /Салихьан къомо/ Самудаш ,

43.Ибрах1иман къомо , Лут1ан къомо ,

44./Шу1айб къомо/ Мадьяна дайша /харцвина шайга веана элча/ , Муса харцвина /къибт1аш/ . Ас /та1зар хан/ т1аьхьатеттира керстанашна , цул т1аьхьа Ас схьалецира уьш . Муха дара Сан /цаьргара/ бехк баккхар /та1зар дар/ ?

45.Хийла юьрт х1аллак йина Оха , и зуламе йолуш . Шайн тхевнаш т1е хаьрцина /лаьтташ/ ю уьш . /хийла/ Г1у ю д1атесна /юкъйелла лаьтташ/ , /хийла/ йоккха г1ала ю /еса лаьтташ/ .

46.Лаьттахула ца лелла уьш /шаьш хьовса Дала х1аллак динчу къаьмнийн ларашка/ , /т1аккха/ царна хила шайца ойла ен дегнаш я шайца ладуг1у лергаш . Баккъалла а б1аьрсаш дац б1аьрзе /дерш/ , амма шаьш кийрашкахь долу дегнаш ду б1аьрзе .

47.Цара сихво хьо /шайна ч1аг1о ечу/ 1азапца . Аллах1а йохор /йолш/ ма яц Шен ч1аг1о . Баккъалла а хьан Далла гергахь /долу цхьа/ де , аш /дуьненахь/ дагардечух эзар шо санна /деха/ ду .

48.Хийла юьрт , Ас /1азапах/ т1аьхьатеттина иза , уьш зуламе йолуш . Цул т1аьхьа Ас схьалецира уьш /1азапца/ . Соьга ду /церан/ берзар .

49.Ахь ала :"Х1ай нах ! Баккъалла а со шуна билгала д1ахьедархо ву"

50.Шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а - царна гечдар а , лераме рицкъа а ду .

51.Шаьш Тхан /къуръанан/ аяташ г1орасиз дан г1ерташ лелларш , уьш /жоьжахатин/ ц1еран дай бу .

52.Оха ца ваийтира хьоьл хьалха /цхьа/ элча а , пайхамар а , цо /Делан дош/ дешча шайт1ано цуьнан дешарна юкъа /нахана дезарг/ кхуссуш бен , т1аккха Аллах1а д1адойъу /д1атиладо/ шайт1ано /юкъа/ кхуссург , цул т1аьхьа Аллах1а ч1аг1до /лардо/ Шен аяташ /шайт1ано юкъа кхуссучух/ . Аллах1 хууш , кхетаме ву .

53.Шайт1ано /юкъа/ кхуссург дархьама , шайн дегнашкахь /шеконан/ цамгар йолучарна а , шайн дегнаш шога долучарна а зер . Баккъалла а зуламхой геннарчу эг1арехь ма бу .

54./Дала и хьал довзуьйту/ Шайна 1илма деллачарна хаийтархьама а , баккъалла а и /къуръан/ Хьан Делера бакъдерг хилар , уьш цуьнах тешийтархьама а , церан дегнаш цуна муьт1ахьхилийта а . Баккъалла а Аллах1 , шаьш /Делах/ тешнарш нийсачу новкъа нисбеш ма ву .

55.Шаьш /Делах/ цатешнарш , сацанза цуьнах /къуръанах/ шеконехь бу , шайна ц1аьххьана /къемат дийнан/ сахьт даллалц я шайна 1ахар /доьхна/ дийнан 1азап даллалц .

56.Оцу /къемата/ дийнахь олалла /паччахьалла/ Аллах1ан ду . Цо кхел йийр ю царна юкъахь . Шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а зовкхан бошмашкахь /хир/ бу .

57.Шаьш /Делах/ цатешнарш а , Тхан аяташ харцдинарш а , уьш - царна /шаьш/ сийсазбен 1азап /хир/ ду .

58.Шаьш Аллах1ан некъахь махкахбоьвлла , цул т1аьхьа байъинарш я белларш - Аллах1а царна лур ма ду дика рицкъа . Баккъалла а Аллах1 - И ма ву рицкъалучарех /уггар/ тоьлург .

59.Цо чубохуьйтур ма бу уьш , шаьш шена реза болчу /ялсаманин/ чуг1ойлина . Баккъалла а Аллах1 хуург , /собаре/ к1еданиг ма ву .

60.Иштта /ду и г1уллакх/ . Шена /кхечо/ динчул ша /дуьхьал/ та1зар дина /д1адекхна/ , цул т1аьхьа /цо/ шена /юха/ зулам динарг /милла велахь/ , Аллах1а г1одийр ма ду цуна . Баккъалла а Аллах1 къинт1ераволург , гечдийриг ма ву .

61./шен зулам хиллачуна/ И /г1о/ , баккъалла а Аллах1а /Шен ницкъаца/ буьйса денна чуюуллу дела а , де буьйсан чудуллу дела а , баккъалла а Аллах1 хезаш , гуш волун дела а ду .

62.Иза , баккъалла а Аллах1 - Иза бакъдерг хиларна а , баккъалла а Иза витина цара кхойкхург - иза харцдерг хиларна а , баккъалла а Аллах1 - Иза лекханиг , воккханиг хиларна а ду .

63.Хьуна ца гина , баккъалла а Аллах1а стиглара /дог1ан/ хи доссор , т1аккха латта хуьлу сенделла ? Баккъалла а Аллах1 к1еда-мерзаниг , хуург ву .

64.Цуьнан /долахь/ ду стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг . баккъалла а Аллах1 - Иза /х1умане/ хьаштвоцург /хьал дерг/ , хастамениг ма ву .

65.Хьуна ца гина , баккъалла а Аллах1а шуна муьт1ахь дар лаьттахь /мел/ дерг а , х1ордкеманаш а шаьш Цуьнан омрунца х1ордахула лелаш , Цо стигал сацор а лаьтта т1е йожарх Шен пурбанца бен ? Баккъалла а Аллах1 адамашха къахетарг /доглозург/ , къинхетамениг ма ву .

66.Иза - Ша шу /нена кийрахь/ дендинарг а , цул т1аьхьа /1ожаллин хан кхаьчча/ шу кхалхориг /долуьйтург/ а , цул т1аьхьа /эхартахь/ шу дендийриг а ву . Баккъалла а адам /шена динчу диканна/ баркалле ма дац .

67.Х1ор умматна /бусулба тобанна/ Оха йина динан кеп , цара ша д1алелош йолу . Цара ма къуьйсийла хьоьца оцу г1уллакхехь . Хьан Деле кхайкха , баккъалла а хьо нийсачу некъа т1ехь ма ву .

68.Цара хьоьца /девне боьвлла/ къовсахь , /царца къийса ца къуьйсуш/ ахьа ала :"Аллах1 т1ех дика хууш ву аш дийриг /шуна дог1а та1зар/"

69.Аллах1а кхелйийр ю шуна юкъахь къемата дийнахь , /дуьненахь/ шу шегахь /барт/ оьг1уш хиллачуьнгахь .

70.Хьуна ца хиъна , баккъалла а Аллах1ана стиглахь а , лаьттахь а /мел/ дерг хууш хилар ? Баккъалла а и /цаьршина чохь дерг/ жайнахь /билгалдина/ ду . Баккъалла а иза /хаар/ Аллах1ана атта ду .

71.Цара 1ибадат до Аллах1 витина , Цо шех /лаьцна и магош жайнахь/ бух ца боссийначуна а , шайгахь шех /лаьцна , уьш деланаш бу я бац цхьа/ хаар доцучуна а . /цхьа/ Г1оьнча вац зуламхошна /шаьш Делан 1азапах к1елхьар баха/ .

72.Царна Тхан /къаръан/ аяташ дешча билгалдина , хьуна хаало шаьш /Делах/ цатешначеран яххьашкахь /Тхан аяташка болу/ цабезам /уьш цара т1ецаэцар/ , шайна Тхан аяташ доьшучарна /г1ело ян/ т1екхета /т1елата/ кийча болш . Ахь ала :"/шуна цадезарехь/ Цул вочух /лаце/ дийций ас шуна ?" /жоьжахатин/ Ц1е ю /и/ , Аллах1а шаьш /Делах/ цатешначарна шеца ч1аг1о йина йолу . Ма вон берзар ду-кх /и ц1е/ .

73.Х1ай нах ! Масал далийна /шуна/ , ладог1а цуьнга . Баккъалла а шаьш , аша Аллах1 витина кхойкхурш , цара /цкъа а/ кхуллур ма бац моза /цара х1уъа а дича/, уьш /ц1уйш/ оцуна /дуьхьа/ гулъелча а /кхуллур бац/ . Мозано шайха цхьа х1ума ядийча , царна цуьнгара схьаяккхалур /ма/ яцара и . Заь1ап /г1ийла/ хили /ша/ лохург а , /ша/ лоьхург а .

74.Цара ца вазвира Аллах1 Ша вазван хьакъ ма-варра . Баккъалла а Аллах1 нуьцкъала , сийлахь ма ву .

75.Аллах1а хоржу малийкех а , адамех а геланчаш . Баккъалла а Аллах1 хезаш верг а , гуш верг а ву .

76.Цуна хаа цара хьалха динарг а , цара т1аьхьа дийра дерг а . Аллах1е дерзадо белхаш .

77.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! /руку1ана/ Охьата1а , /сужудана/ горг1о , шайн Далла 1ибадат де , диканиг де . Декъал хила мега шу /декъал хилархьама/ .

78.Къахьега Аллах1ан дуьхьа /шайн бахамашца , меттанашца , дог1машца/ Иза хьакъ волу къахьегарца . Цо хаьржина шу /Шен динна/ . Цо ца йина шуна динехь /цхьа хало/ гатто . /мелхо а парг1ато йина/ Шун ден - Ибрах1иман динехь /ма - ярра/ . Цо бусулбанаш аьлла шух хьалха /диссийна жайнашкахь/ а , х1окху /къуръан/ чохь а , элча шуна /ша д1акхайкхор/ т1ехь теш хилийта а , шу нахана /церан элчанаш царна д1акхайкхор/ т1ехь тешаш хилийта а . Ламаз /х1отта/ де , закат ло , Аллах1ана т1етовжа , Иза ву шун /доладеш волу/ верас /эла/ . Ма дика верас ву-кх /Иза/ , ма дика г1оьнча ву-кх /Иза шуна/ .



23 - Сурат Альмуъминуна /Муъманах/
/Маккахь доьссина , 118 аят ду/.
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Бакъдолш , декъалхилла муъманах ,

2.шаьш шайн ламазехь /Далла/ хьастабелла болу ,

3.шаьш /къамелехь/ эрначух /десачух/ д1абирзина болу ,

4.шаьш /гуттар/ закат доккхуш болу ,

5.шаьш шайн бехкеметтигаш /хьарамчух/ ларъеш болу ,

6.шайн зударий , йа шайн аьттучара доладинарш /г1арбаш/ а боцучарех . Баккъалла а уьш бехказа бу /цаьрца лелочу юкъаметтигехь/ .

7.Ша цул /сов дерг дезаделла/ дехьа кхевдинарг , уьш бу уьш /дозанех/ т1ехбуьйлурш .

8./декъалхилла муъманах бу/ Шаьш шайн тешамаш а , шайн ч1аг1о а ларъеш болу ,

9.шаьш шайн ламазаш /хенашца/ лардеш болу .

10.Уьш бу уьш /хьакъ болу/ верасаш ,

11.шаьш ирсана фирдавс /ялсамани/ схьаоьцур йолш болу , шаьш оцу чохь гуттар лаьтташ .

12./Делора/ Бакъдолш , Оха адам кхоьллина ц1енчу поппарх /дина/ ,
13.т1аккаха Оха т1адам хилийтина и /нена кийрарчу/ тешамечу меттехь ,

14.т1аккха Оха т1адамех ц1ийна улх йира , ц1ийнан улхех талх йира , талхах даь1ахкаш йира , д1аь1ахкаш т1е дилха диллира , т1аккха Оха /чу са а диллина/ цуьнах кхин кхоллар дира /хилийтира/ . Беркате /сийлахь/ хили кхуллучарех уггар говза /тоьлуш/ волу Аллах1 .

15.Т1аккха , баккъалла а шу цул т1аьхьа лийр долш ма ду .

16.Т1аккха , баккъалла а шу къемата дийнахь /дендина/ г1овттор ду .

17./Делора/ Бакъдолш , Оха шуна т1ехула т1ек1ел варх1 стигал ма кхоьллина . Тхо дацара халкъах чидам боцуш .

18.Стиглара /оьшучу/ барамца /дог1ан/ хи а доссийна , лаьттахь сацийра Оха и . Баккъалла а /шу баркалле ца хилахь/ Тхо и /шух/ д1атилор т1ехь ницкъ кхочуш ма ду .

19.Оха кхиийра шуна цуьнца хурман а , кемсийн а бошмаш а , шайна чохь шуна шортта стоьмаш долу , аш царех /и стоьмаш/ дууш йолу ,

20.Сайнаъ ломах хьаладолу /зайтун/ дитт а /кхиийра Оха шуна/ , ша /зайт/ даьттаца а , дуучарна чамбечунца а хьаладолу .

21.Баккъалла а шуна , даьхнешкахь /хьайбанашкахь ойла ян/ хьехам ма бу . Оха шуна малайо церан гайш чохь йолчух /шуьреш/ , /кхин а/ шортта пайданаш бу шуна цаьргахь , царех /жижиг а/ дуу аша .

22.Царна т1ехь а , х1ордкеман т1ехь а д1асхьалеладо /кхьоьхьу/ шу .

23./Делора/ Бакъдолш , Оха хьажийра /вахийтира/ Нухь шен къоме . Цо элира :"Х1ай сан къам ! Аллах1ан 1ибадат де . Шун вац И воцург цхьа а /шена 1ибадат дан хьакъ волш/ дела . Шу /Цуьнан та1зарх/ ца кхоьру ткъа ?"

24.Цуьнан къомах /болчу/ шаьш /Делах/ цатешначу элаша элира :"Х1ара /ма/ дац , шу санна адам бен , шена шун т1ехь тола /даздала/ лууш /долу/ . Аллах1ана /элча ваийта/ лиънехь , малийкаш диссийна хир ма дара Цо . Тхуна ца хезна х1окхунах /лаьцна/ тхан хьалхарчу дайшкахь .

25.Иза /ма/ вац , шеца /жиний хьуца/ талхар долу стаг бен . Аш тергал /лар/ ве и цхьа хан-зама яллалц /кхаччалц/ .

26. /т1аккха/ Цо /Нухьас церан ийманах догдиллина/ элира :"Х1ай сан Дела ! Г1о дехьа суна цара /со/ харцварна !"

27.Оха цуьнан дагчухьийхира :"Х1ордкема де ахь Тхан б1аьра хьалха /Тхан 1уьналлийца/ , Тхан дегхьехамца . Ткъа /уьш х1аллакбарца/ Тхан омру деана пеш /хих/ т1ехъеача , оцу /кеман/ чу /т1е/ даха х1ора /дийнатах сте-боьрша/ ши тайпа а , хьан доьзал а , царех шена т1ехь /х1аллакварца Делан/ дош хьалхадаьлларг /сецнарг/ воцург . Ахь соьга ма беха шаьш зуламдинарш . Баккъалла а /Оха/ уьш хи бухабохуьйтур /болш/ бу" .

28.Ткъа х1ордкеман т1ехь хьо а , ша хьоьца верг а д1атарвелча , ахь ала :"Хастам букх Аллах1ана , Ша тхо зуламечу къомах к1елхьарадаьхначу"

29.Ахь ала :"Х1ай сан Дела ! Воссавехьа со беркатечу меттиге , Хьо варкха биссочарех уггар тоьлуш верг" .

30.Баккъалла а цуьнгахь /Оха динчуьнгахь/ билагалонаш ма ю /нахана/ , баккъалла а Тхо ма дара /уьш/ зуьйш .

31.Т1аккха кхоьллира Оха царел т1аьхьа кхин чкъоьрнаш /къаьмнаш/

32.Оха хьажийра цаьрга царех /волу/ элча :"Аллах1ан 1ибадат де , шун вац И воцург кхин дела . Шу ца кхоьру /Цуьнах/ ?" /аларца/ .

33.Цуьнан къомах /болчу/ шаьш /Делах/ цатешначу , эхартан дуьхьалкхетар харцдинчу , Оха шайга дуьненан дахарехь зовкх хьегийтанчу элаша элира :":"Х1ара /ма/ дац , шу санна адам бен , аша шех юучух ша юуш , аша молучух ша молуш /долу/ .

34./нагахь санна/ Шу шаьш санна долчу адамна муьт1ахь хилахь , шу т1аккха баккъалла а эшнарш ма ду .

35.Шуна ч1аг1о йо цо , баккъалла а шу /дала а/ делла , шух латта а , даь1ахкаш а хилча , баккъалла а шу /лахьтийчуьра/ арадохур ду /аларца/ .

36.Ма гена дара-кха , ма гена дара-кха шуна /шеца/ ч1аг1о йийриг /хила , дожа/

37.И ма дац , вайн дуьненан дахар бен . Вай /ла а/ ле , вай /даха а/ деха . Вай /ма/ дац /деллачул т1аьхьа/ г1овттор /долуш/

38.И ма вац , ша Аллах1ан т1ехь харцо кхоьллиниа стаг бен . Вай /ма/ дац /цо дуьйцучуьнгахь/ цуьнах тешаш" .

39.Цо /Салихьа/ элира :"Х1ай сан Дела ! Г1о дехьа суна цара /со/ харцварна !"

40.Цо /Дала/ элира :"Кеста /дукха ца 1аьш/ дохко бевра бу уьш"

41./Делера уьш/ Хьакъ болу /механ/ ц1ог1ано д1алецира уьш . Оха /х1аллак/ бира уьш /1оврашо йохьу/ нехаш /санна кегийна/ . /Дала Шен къиинхетамах/ Генадоккхийла зуламе къам /и х1аллакдарца/

42.Т1аккха кхоьллира Оха царел т1аьхьа кхин чкъоьрнаш /къаьмнаш/ .

43.Цхьа а уммат шен 1ожаллел хьалха а дера дац , т1аьхьа а дуьсур дац

44.Цул т1аьхьа , т1етт1а Тхан элчанаш бахкийтара Оха . Х1оразза цхьана умматна шен элча мел вог1у харцвира цо и . Царех цхьаберш вукхаьрна т1аьхьа хьовсийра Оха /х1аллак барехь/ . Оха царех /т1аьхьа бог1учарна вонна далон/ дийцарш /масалш/ дира . /Дала Шен къиинхетамах/ Генадоккхийла /Делах/ цатеша къам /и х1аллакдарца/ .

45.Цул т1аьхьа , Оха хьажийра Муса а , цуьнан ваша Х1арун а Тхан билгалонашца а , билгалчу бухца а

46.Фир1авн а , цуьнан элий а болче , /амма/ цара куралла йира /ийман дилларх/ , айделла /дазделла/ къам хилира уьш .

47.Цара элира :"Тхо /муха/ теша ткъа , тхо санначу шина адамах , цу шинна къам тхан /муьт1ахь/ лайш хилча ?"

48.Харцвира цара и шиъ , /цундела шаьш/ х1аллакбинчарех хилира уьш .

49./Делора/ Бакъдолш , Мусага /Товрат/ жайна ма делира Оха . Уьш нислур бацар те /аьлла/ .

50.Оха йира Маръяман к1антах а , цуьнан ненах а /нахана тамашийна/ билгало . Оха /хьуламна/ дерзийра и шиъ тийна вехийла а , шовда а долш йолчу айъаеллачу меттиге .

51.Х1ай элчанаш ! Ц1енчарех /хьаналчух/ даа /рицкъа/ , дика /мелдерг/ де . Баккъалла а со аш дийриг хууш ву /шуна/ .

52.Баккъалла а х1ара шун уммат /шун дин/ цхьа уммат ду , Со /цхьаъ/ ву шун Дела , Соьх кхера /Ас шайна та1зар дарха/ .

53.Цара хадийра /дийкъира/ шайн /динан/ г1уллакх шайна юкъахь дакъошка /тобанашка/ . /царех/ Х1ор тоба а , шегахь долчух яккхийеш /тамашбеш/ ю .

54.Бита ахь уьш шайн /тиларан/ сонталлехь цхьа хан яллалц .

55.Царна моьтту те , баккъалла а Оха бахамех а , к1ентрех а шайна /дуьненахь цхьа дакъа/ далар ,

56.Оха шайна диканашкахь сихо яр ду ? /х1ан-х1а/ Мелхо а , царна ца хаало /иза шаьш зер хилар/ .

57.Баккъалла а шаьш шайн Делах кхерарна ларлурш /ийзалурш/ а ,

58.шаьш шайн Делан аяташха тешарш а ,

59.шаьш шайн Далла декъахо ца вийраш а ,

60.шаьш /нахана/ лург , шайн дегнаш /и къобул ца дарна/ кхоьруш а долш лурш а , баккъалла а шаьш шайн Деле боьрзур болун дела ,

61.уьш - цара диканашкахь сихо йо , уьш цера дуьхьа /кхечарел/ хьалхабуьйлу .

62.Оха /цхьанне а/ сина т1е ца дуьллу , цуьнан ницкъ кхочург бен , Тхоьгахь ду /ша/ бакъонца дистхуьлу /адамийн 1амалш т1еязйина/ жайна , царна зулам дийр /долш/ дац /цу т1ехь/ .

63.Мелхо а /х1етте/ , церан дегнаш /тиларан/ сонталлехь /ма/ ду х1окхунах /къуръанах/ . Церан ю 1амалш , уьш йоцурш а , цара шаьш йеш йолу .

64.Оха царех зовкх хьоьгурш 1азапца схьалецча , т1аккха /орцанца/ мохь болу цера .

65./цаьрга эра ду/ "Тахана /орца доьхуш эрна/ мохь ма бетта ! Баккъалла а шуна Тхоьгара г1о хир /долш/ дац" .

66.Бакъдолш , Тхан /къуръанан/ айаташ дара шуна доьшуш , ткъа шу /шайн к1ажаш т1ехь/ юхаг1ерташ дара

67. дазалла деш цунах /хьаж-ц1ийнах/ , шаьш буьйсана /хьаж-ц1ийна гонаха/ гуллой /элчанна , къуръанна/ луьйш .

68.Цара ойла ца йина /Делан/ дешан /и довзархьама/ ? Йа цаьрга церан хьалхара дайшка ца деанарг деана /цара и т1е ца лаццал/ ?

69.Йа царна ца вевзина шайн элча /дика мел долчунца/ , /йа вевзина хьаг1-гамо лаьцна/ юхатуха цара иза ?

70.Йа цуьнца /жиний хьуца/ талхар ду боху цара ? Мелхо а , иза царна бакъонца веана-кх , х1етте царех дукхахберш бакъо езаш /ма/ бац .

71.Бакъдерг /Аллах1/ церан /дег1ан/ лаамашна /муьт1ахь а хилла царна/ т1ахьа х1оьттинехьара , стигланаш а , латта а , царна чохь /мел/ дерг а телхар ма дара /церан лаамаш телхана болун дела/ . Мелхо а , Тхо даьхкира цаьрга царна хьахорца /къуръанца/ , /амма/ уьш шайна хьахорах д1аберзара .

72.Я цаьрга ял йоьху ахь ? Хьан Делан ял тоьлуш ю /хьуна/ , Иза рицкъалучарех тоьлуш верг ву .

73.Баккъалла а ахь /кхайкха/ ма кхойкху /исламан/ нийсачу некъе .

74.Баккъалла а шаьш эхартех ца тешарш , /нийсачу/ некъах д1абевлларш ма бу .

75./нагахь санна/ Оха царех къинхетам бина , цаьрца долун зен д1адаьккхинехьра , уьш /кхин къар ца луш/ бахлур ма бара шайн тиларехь , шаьш боьхна лелаш .

76./Делора/ Бакъдолш , Оха схьалецира уьш /Тхан/ 1азапца , /х1етте/ уьш муьт1ахь ца хилира шайн Далла , хьаста ца ло /Цуна/ .

77.Оха шайна т1ехь ч1ог1ачу 1азапан не1 йиллича , т1аккъа цара /массо а диканех/ догдуьллу /шаьш хьере хиле/
78.Иза ву и Ша шуна хазар а , б1аьрсаш а , дегнаш а кхоьллинарг . /ма/ К1еззиг баркалла олу-кх аш .

79.Иза ву и Ша шу лаьттахь кхоьллинарг . Цуьнга д1агулдийр ду шу /деллачул т1аьхьа/ .

80.Иза ву и Ша дендийриг а , кхалхориг а . Цуьнан /ницкъаца/ ду де , буьйса хийцадалар . Хьекъале ца хуьлу шу /т1аккха шайна Тхан ницкъ бовза/ ?

81.Мелхо а , цара элира хьалхарчара ма - аллара

82.Цара элира :"Тхо /дала а/ делла , тхьох латта а , /мурйоьлла/ даь1ахкаш а хилча , баккъалла а тхо г1овттор ду те ?

83./Делора/ Бакъдолш , и /г1овтторан/ ч1аг1о тхуна а , тхан дайшна а /Мухьаммад вале/ хьалха йинера . И /ма/ дац , хьалхарчеран туьйранаш /дийцарш/ бен" .

84.Ахь ала :"Хьенан /доллалехь/ ду латта а , оцу чохь /мел/ верг а , шу хууш делахь ?"

85.Цара /къера хилла/ эра ду :"Аллах1ан ду" . Ахь ала :"Аш хьехар ца оьцу ?"

86.Ахь ала :"Мила ву варх1 стигалийн Дела а , сийлахьчу 1аршан Дела а ?"

87.Цара /къера хилла/ эра ду :"Аллах1ан ю /уьш/" . Ахь ала :"/Делах/ Ца кхоьру шу ?"

88.Ахь ала :"Мила ву шен карахь массо а х1уманан олалла /долалла/ дерг , Ша /массо/ ларвийриг , Ша /цхьаммо/ ларцавийриг , шу хууш делахь ?" .

89.Цара /къера хилла/ эра ду :"Аллах1 ву" .Ахь ала :"Т1аккха шу /шайт1ано бакъдолчух/ ле /1еха/ муха до ?"

90.Мелхо а , Оха царна бакъдерг делла , /х1етте/ баккъалла а уьш харцлуьйш ма бу .

91.Аллах1а ца лаьцна /Шена/ доьзалхо , Цуьнца /декъахь/ ца хилла цхьа а дела , /хиллехьара/ т1аккха х1ор дала а д1ахьур ма дара ша кхоьллинарг , царех цхьаберш вукхарел лакхабевр бара . Ц1ена ву Аллах1 цара /Шена/ т1ехь /харцонах/ кхуллучух ,

92.къайлахдерг а , гушдерг а хууш волу , лакха вели И цара /Шена/ бечу декъахойх .

93.Ахь ала :"Х1ай сан Дела ! /нагахь санна/ Ахь суна /гайтаза ца даьлла/ гайтахь /Ахь/ царна ч1аг1о йийриг ,

94.х1ай сан Дела ! Ма вехьа со зуламечу къоман юкъахь"

95.Баккъалла а , Тхо ницкъ кхочуш ма ду , Оха царна /та1зарца/ ч1аг1о йийриг хьуна гайтар т1ехь

96.Ахь духатоха /нехан/ вониг , ша дика /хаза/ долчунца . Тхо т1ех дика хууш цара /Тхуна/ т1ехь /харцонех/ кхуллург .

97.Ахь ала :"Х1ай сан Дела ! Со Хьоьца ларло шайт1анийн /вочуна/ т1ехьехаршха .

98.Со Хьоьца ларло , х1ай сан Дела , уьш сайна /герга/ дахкарха"

99.Царех цхьанна валар т1едеача , цо элира :"Х1ай сан Дела ! /дуьнена/ Вухаверзавеша со ,

100.дика дан мегара /тарлора/ аса , айса /дуьненахь ас терго йоцуш/ дитанчуьнгахь" . Х1ан-х1а . Баккъалла а , иза цо ша олу дош ду . Царна т1ехьа /хьалха/ дуьхьало ю уьш г1овтторан дийнналц .

101.Зурманчу х1уп аьлча /и лекхча/ , оцу дийнахь гергарлонаш /хир/ дац царна юкъахь , вовшашка /хьал-де/ хоьттур дац цара .

102.Шен терзанаш /диканах/ дазделларг /милла велахь/ , уьш бу уьш декъалнаш .

103.Шен терзанаш /диканах/ дайделларг /милла велахь/ , уьш шаьш шайн дог1машна зе динарш - гуттар жоьжахатахь /хир/ берш бу ,

104.ц1аро шайн яххьаш йагош /морцуш/ , шаьш цу чохь /ц1армат хилла/ кхоьлина болуш .

105.Сан аяташ дацара шуна доьшуш , ткъа шу уьш харцдеш дара ?

106.Цара элира :"Х1ай тхан Дела ! Тхан дакъазалла туьйлира тхуна т1ехь , /т1аккха/ тхо тилла къам хилира .

107.Х1ай тхан Дела ! Арадахахь тхо оцу /жоьжахат/ чуьра , /нагахь санна/ тхо /вонашка/ юхадерзахь , т1аккха тхо /та1зар хьакъ долу/ зуламхой ду-кх"

108.Цо элира :"Д1асовца цу чохь , /дехаршца/ Соьга дист ма хила"

109.Баккъалла а Сан лайшха цхьа тоба яра шаьш олуш :"Х1ай тхан Дела ! Тхо тешна /Хьоьх/ , гечдехьа тхуна , къинхетам бехьа тхоьх , Хьо ву-кх къинхетам бечарех уггар тоьлуш верг"

110.Шу царех кхаьрдира , цара шайна Со хьахор дицдаллац , шу дара царех доьлуш .

111.Баккъалла а , Ас тахана царна /диканца/ бекхамби цара /шун кхардарна/ сатохарна . Баккъалла а , уьш бу уьш /диканца/ тоьлларш .

112.Цо элира :"Мас шарахь 1ийна шу лаьттахь /дехаш/ ?"

113.Цара элира :"Тхо 1ийна дийнахь , я дийнан /цхьана/ декъехь , дагардечаьрга хаттахь"

14.Цо элира :"Шу ца 1ийна к1еззиг бен . Баккъалла а шу хиллехь /и/ хууш /аш хоржур ма дацара панадерг дуьсур долчун т1ехь/"

115.Ткъа шуна моьттинера , баккъалла а Оха шу бегашна /забарина/ кхоьллина , баккъалла а шу Тхоьга дерзор дац ?"

116.Лакхаваьлла /Ша/ бакъ , паччахь волу Аллах1 , кхин дела вац Иза - сийлахьчу 1аршан Дела воцург .

117.Ша Аллах1аца кхин дела кхойкхург /милла велахь/ , /цхьа а/ бух бац цуьнан цуьнца , баккъалла а цуьнан хьесап шен Далла гергахь ду . Баккъалла а /Делах/ цатешарш /къемата дийнахь/ декъал хир бац .

118.Ахь ала :"Х1ай сан Дела ! Гечдехьа /сан къиношна/ , къинхетам бехьа /соьх/ , Хьо ву-кх къинхетам бечарех уггар тоьлуш верг" .



23 - Сурат Альмуъминуна /Муъманах/
/Маккахь доьссина , 118 аят ду/.
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу

1.Бакъдолш , декъалхилла муъманах ,

2.шаьш шайн ламазехь /Далла/ хьастабелла болу ,

3.шаьш /къамелехь/ эрначух /десачух/ д1абирзина болу ,

4.шаьш /гуттар/ закат доккхуш болу ,

5.шаьш шайн бехкеметтигаш /хьарамчух/ ларъеш болу ,

6.шайн зударий , йа шайн аьттучара доладинарш /г1арбаш/ а боцучарех . Баккъалла а уьш бехказа бу /цаьрца лелочу юкъаметтигехь/ .

7.Ша цул /сов дерг дезаделла/ дехьа кхевдинарг , уьш бу уьш /дозанех/ т1ехбуьйлурш .

8./декъалхилла муъманах бу/ Шаьш шайн тешамаш а , шайн ч1аг1о а ларъеш болу ,

9.шаьш шайн ламазаш /хенашца/ лардеш болу .

10.Уьш бу уьш /хьакъ болу/ верасаш ,

11.шаьш ирсана фирдавс /ялсамани/ схьаоьцур йолш болу , шаьш оцу чохь гуттар лаьтташ .

12./Делора/ Бакъдолш , Оха адам кхоьллина ц1енчу поппарх /дина/ ,

13.т1аккаха Оха т1адам хилийтина и /нена кийрарчу/ тешамечу меттехь ,

14.т1аккха Оха т1адамех ц1ийна улх йира , ц1ийнан улхех талх йира , талхах даь1ахкаш йира , д1аь1ахкаш т1е дилха диллира , т1аккха Оха /чу са а диллина/ цуьнах кхин кхоллар дира /хилийтира/ . Беркате /сийлахь/ хили кхуллучарех уггар говза /тоьлуш/ волу Аллах1 .

15.Т1аккха , баккъалла а шу цул т1аьхьа лийр долш ма ду .

16.Т1аккха , баккъалла а шу къемата дийнахь /дендина/ г1овттор ду .

17./Делора/ Бакъдолш , Оха шуна т1ехула т1ек1ел варх1 стигал ма кхоьллина . Тхо дацара халкъах чидам боцуш .

18.Стиглара /оьшучу/ барамца /дог1ан/ хи а доссийна , лаьттахь сацийра Оха и . Баккъалла а /шу баркалле ца хилахь/ Тхо и /шух/ д1атилор т1ехь ницкъ кхочуш ма ду .

19.Оха кхиийра шуна цуьнца хурман а , кемсийн а бошмаш а , шайна чохь шуна шортта стоьмаш долу , аш царех /и стоьмаш/ дууш йолу ,

20.Сайнаъ ломах хьаладолу /зайтун/ дитт а /кхиийра Оха шуна/ , ша /зайт/ даьттаца а , дуучарна чамбечунца а хьаладолу .

21.Баккъалла а шуна , даьхнешкахь /хьайбанашкахь ойла ян/ хьехам ма бу . Оха шуна малайо церан гайш чохь йолчух /шуьреш/ , /кхин а/ шортта пайданаш бу шуна цаьргахь , царех /жижиг а/ дуу аша .

22.Царна т1ехь а , х1ордкеман т1ехь а д1асхьалеладо /кхьоьхьу/ шу .

23./Делора/ Бакъдолш , Оха хьажийра /вахийтира/ Нухь шен къоме . Цо элира :"Х1ай сан къам ! Аллах1ан 1ибадат де . Шун вац И воцург цхьа а /шена 1ибадат дан хьакъ волш/ дела . Шу /Цуьнан та1зарх/ ца кхоьру ткъа ?"

24.Цуьнан къомах /болчу/ шаьш /Делах/ цатешначу элаша элира :"Х1ара /ма/ дац , шу санна адам бен , шена шун т1ехь тола /даздала/ лууш /долу/ . Аллах1ана /элча ваийта/ лиънехь , малийкаш диссийна хир ма дара Цо . Тхуна ца хезна х1окхунах /лаьцна/ тхан хьалхарчу дайшкахь .

25.Иза /ма/ вац , шеца /жиний хьуца/ талхар долу стаг бен . Аш тергал /лар/ ве и цхьа хан-зама яллалц /кхаччалц/ .

26. /т1аккха/ Цо /Нухьас церан ийманах догдиллина/ элира :"Х1ай сан Дела ! Г1о дехьа суна цара /со/ харцварна !"

27.Оха цуьнан дагчухьийхира :"Х1ордкема де ахь Тхан б1аьра хьалха /Тхан 1уьналлийца/ , Тхан дегхьехамца . Ткъа /уьш х1аллакбарца/ Тхан омру деана пеш /хих/ т1ехъеача , оцу /кеман/ чу /т1е/ даха х1ора /дийнатах сте-боьрша/ ши тайпа а , хьан доьзал а , царех шена т1ехь /х1аллакварца Делан/ дош хьалхадаьлларг /сецнарг/ воцург . Ахь соьга ма беха шаьш зуламдинарш . Баккъалла а /Оха/ уьш хи бухабохуьйтур /болш/ бу" .

28.Ткъа х1ордкеман т1ехь хьо а , ша хьоьца верг а д1атарвелча , ахь ала :"Хастам букх Аллах1ана , Ша тхо зуламечу къомах к1елхьарадаьхначу"

29.Ахь ала :"Х1ай сан Дела ! Воссавехьа со беркатечу меттиге , Хьо варкха биссочарех уггар тоьлуш верг" .

30.Баккъалла а цуьнгахь /Оха динчуьнгахь/ билагалонаш ма ю /нахана/ , баккъалла а Тхо ма дара /уьш/ зуьйш .

31.Т1аккха кхоьллира Оха царел т1аьхьа кхин чкъоьрнаш /къаьмнаш/

32.Оха хьажийра цаьрга царех /волу/ элча :"Аллах1ан 1ибадат де , шун вац И воцург кхин дела . Шу ца кхоьру /Цуьнах/ ?" /аларца/ .

33.Цуьнан къомах /болчу/ шаьш /Делах/ цатешначу , эхартан дуьхьалкхетар харцдинчу , Оха шайга дуьненан дахарехь зовкх хьегийтанчу элаша элира :":"Х1ара /ма/ дац , шу санна адам бен , аша шех юучух ша юуш , аша молучух ша молуш /долу/ .

34./нагахь санна/ Шу шаьш санна долчу адамна муьт1ахь хилахь , шу т1аккха баккъалла а эшнарш ма ду .

35.Шуна ч1аг1о йо цо , баккъалла а шу /дала а/ делла , шух латта а , даь1ахкаш а хилча , баккъалла а шу /лахьтийчуьра/ арадохур ду /аларца/ .

36.Ма гена дара-кха , ма гена дара-кха шуна /шеца/ ч1аг1о йийриг /хила , дожа/

37.И ма дац , вайн дуьненан дахар бен . Вай /ла а/ ле , вай /даха а/ деха . Вай /ма/ дац /деллачул т1аьхьа/ г1овттор /долуш/

38.И ма вац , ша Аллах1ан т1ехь харцо кхоьллиниа стаг бен . Вай /ма/ дац /цо дуьйцучуьнгахь/ цуьнах тешаш" .

39.Цо /Салихьа/ элира :"Х1ай сан Дела ! Г1о дехьа суна цара /со/ харцварна !"

40.Цо /Дала/ элира :"Кеста /дукха ца 1аьш/ дохко бевра бу уьш"

41./Делера уьш/ Хьакъ болу /механ/ ц1ог1ано д1алецира уьш . Оха /х1аллак/ бира уьш /1оврашо йохьу/ нехаш /санна кегийна/ . /Дала Шен къиинхетамах/ Генадоккхийла зуламе къам /и х1аллакдарца/

42.Т1аккха кхоьллира Оха царел т1аьхьа кхин чкъоьрнаш /къаьмнаш/ .

43.Цхьа а уммат шен 1ожаллел хьалха а дера дац , т1аьхьа а дуьсур дац

44.Цул т1аьхьа , т1етт1а Тхан элчанаш бахкийтара Оха . Х1оразза цхьана умматна шен элча мел вог1у харцвира цо и . Царех цхьаберш вукхаьрна т1аьхьа хьовсийра Оха /х1аллак барехь/ . Оха царех /т1аьхьа бог1учарна вонна далон/ дийцарш /масалш/ дира . /Дала Шен къиинхетамах/ Генадоккхийла /Делах/ цатеша къам /и х1аллакдарца/ .

45.Цул т1аьхьа , Оха хьажийра Муса а , цуьнан ваша Х1арун а Тхан билгалонашца а , билгалчу бухца а

46.Фир1авн а , цуьнан элий а болче , /амма/ цара куралла йира /ийман дилларх/ , айделла /дазделла/ къам хилира уьш .

47.Цара элира :"Тхо /муха/ теша ткъа , тхо санначу шина адамах , цу шинна къам тхан /муьт1ахь/ лайш хилча ?"

48.Харцвира цара и шиъ , /цундела шаьш/ х1аллакбинчарех хилира уьш .

49./Делора/ Бакъдолш , Мусага /Товрат/ жайна ма делира Оха . Уьш нислур бацар те /аьлла/ .

50.Оха йира Маръяман к1антах а , цуьнан ненах а /нахана тамашийна/ билгало . Оха /хьуламна/ дерзийра и шиъ тийна вехийла а , шовда а долш йолчу айъаеллачу меттиге .

51.Х1ай элчанаш ! Ц1енчарех /хьаналчух/ даа /рицкъа/ , дика /мелдерг/ де . Баккъалла а со аш дийриг хууш ву /шуна/ .

52.Баккъалла а х1ара шун уммат /шун дин/ цхьа уммат ду , Со /цхьаъ/ ву шун Дела , Соьх кхера /Ас шайна та1зар дарха/ .

53.Цара хадийра /дийкъира/ шайн /динан/ г1уллакх шайна юкъахь дакъошка /тобанашка/ . /царех/ Х1ор тоба а , шегахь долчух яккхийеш /тамашбеш/ ю .

54.Бита ахь уьш шайн /тиларан/ сонталлехь цхьа хан яллалц .

55.Царна моьтту те , баккъалла а Оха бахамех а , к1ентрех а шайна /дуьненахь цхьа дакъа/ далар ,

56.Оха шайна диканашкахь сихо яр ду ? /х1ан-х1а/ Мелхо а , царна ца хаало /иза шаьш зер хилар/ .

57.Баккъалла а шаьш шайн Делах кхерарна ларлурш /ийзалурш/ а ,

58.шаьш шайн Делан аяташха тешарш а ,

59.шаьш шайн Далла декъахо ца вийраш а ,

60.шаьш /нахана/ лург , шайн дегнаш /и къобул ца дарна/ кхоьруш а долш лурш а , баккъалла а шаьш шайн Деле боьрзур болун дела ,

61.уьш - цара диканашкахь сихо йо , уьш цера дуьхьа /кхечарел/ хьалхабуьйлу .

62.Оха /цхьанне а/ сина т1е ца дуьллу , цуьнан ницкъ кхочург бен , Тхоьгахь ду /ша/ бакъонца дистхуьлу /адамийн 1амалш т1еязйина/ жайна , царна зулам дийр /долш/ дац /цу т1ехь/ .

63.Мелхо а /х1етте/ , церан дегнаш /тиларан/ сонталлехь /ма/ ду х1окхунах /къуръанах/ . Церан ю 1амалш , уьш йоцурш а , цара шаьш йеш йолу .

64.Оха царех зовкх хьоьгурш 1азапца схьалецча , т1аккха /орцанца/ мохь болу цера .

65./цаьрга эра ду/ "Тахана /орца доьхуш эрна/ мохь ма бетта ! Баккъалла а шуна Тхоьгара г1о хир /долш/ дац" .

66.Бакъдолш , Тхан /къуръанан/ айаташ дара шуна доьшуш , ткъа шу /шайн к1ажаш т1ехь/ юхаг1ерташ дара

67. дазалла деш цунах /хьаж-ц1ийнах/ , шаьш буьйсана /хьаж-ц1ийна гонаха/ гуллой /элчанна , къуръанна/ луьйш .

68.Цара ойла ца йина /Делан/ дешан /и довзархьама/ ? Йа цаьрга церан хьалхара дайшка ца деанарг деана /цара и т1е ца лаццал/ ?

69.Йа царна ца вевзина шайн элча /дика мел долчунца/ , /йа вевзина хьаг1-гамо лаьцна/ юхатуха цара иза ?

70.Йа цуьнца /жиний хьуца/ талхар ду боху цара ? Мелхо а , иза царна бакъонца веана-кх , х1етте царех дукхахберш бакъо езаш /ма/ бац .

71.Бакъдерг /Аллах1/ церан /дег1ан/ лаамашна /муьт1ахь а хилла царна/ т1ахьа х1оьттинехьара , стигланаш а , латта а , царна чохь /мел/ дерг а телхар ма дара /церан лаамаш телхана болун дела/ . Мелхо а , Тхо даьхкира цаьрга царна хьахорца /къуръанца/ , /амма/ уьш шайна хьахорах д1аберзара .

72.Я цаьрга ял йоьху ахь ? Хьан Делан ял тоьлуш ю /хьуна/ , Иза рицкъалучарех тоьлуш верг ву .

73.Баккъалла а ахь /кхайкха/ ма кхойкху /исламан/ нийсачу некъе .

74.Баккъалла а шаьш эхартех ца тешарш , /нийсачу/ некъах д1абевлларш ма бу .

75./нагахь санна/ Оха царех къинхетам бина , цаьрца долун зен д1адаьккхинехьра , уьш /кхин къар ца луш/ бахлур ма бара шайн тиларехь , шаьш боьхна лелаш .

76./Делора/ Бакъдолш , Оха схьалецира уьш /Тхан/ 1азапца , /х1етте/ уьш муьт1ахь ца хилира шайн Далла , хьаста ца ло /Цуна/ .

77.Оха шайна т1ехь ч1ог1ачу 1азапан не1 йиллича , т1аккъа цара /массо а диканех/ догдуьллу /шаьш хьере хиле/

78.Иза ву и Ша шуна хазар а , б1аьрсаш а , дегнаш а кхоьллинарг . /ма/ К1еззиг баркалла олу-кх аш .

79.Иза ву и Ша шу лаьттахь кхоьллинарг . Цуьнга д1агулдийр ду шу /деллачул т1аьхьа/ .

80.Иза ву и Ша дендийриг а , кхалхориг а . Цуьнан /ницкъаца/ ду де , буьйса хийцадалар . Хьекъале ца хуьлу шу /т1аккха шайна Тхан ницкъ бовза/ ?

81.Мелхо а , цара элира хьалхарчара ма - аллара

82.Цара элира :"Тхо /дала а/ делла , тхьох латта а , /мурйоьлла/ даь1ахкаш а хилча , баккъалла а тхо г1овттор ду те ?

83./Делора/ Бакъдолш , и /г1овтторан/ ч1аг1о тхуна а , тхан дайшна а /Мухьаммад вале/ хьалха йинера . И /ма/ дац , хьалхарчеран туьйранаш /дийцарш/ бен" .

84.Ахь ала :"Хьенан /доллалехь/ ду латта а , оцу чохь /мел/ верг а , шу хууш делахь ?"

85.Цара /къера хилла/ эра ду :"Аллах1ан ду" . Ахь ала :"Аш хьехар ца оьцу ?"

86.Ахь ала :"Мила ву варх1 стигалийн Дела а , сийлахьчу 1аршан Дела а ?"

87.Цара /къера хилла/ эра ду :"Аллах1ан ю /уьш/" . Ахь ала :"/Делах/ Ца кхоьру шу ?"

88.Ахь ала :"Мила ву шен карахь массо а х1уманан олалла /долалла/ дерг , Ша /массо/ ларвийриг , Ша /цхьаммо/ ларцавийриг , шу хууш делахь ?" .

89.Цара /къера хилла/ эра ду :"Аллах1 ву" .Ахь ала :"Т1аккха шу /шайт1ано бакъдолчух/ ле /1еха/ муха до ?"

90.Мелхо а , Оха царна бакъдерг делла , /х1етте/ баккъалла а уьш харцлуьйш ма бу .

91.Аллах1а ца лаьцна /Шена/ доьзалхо , Цуьнца /декъахь/ ца хилла цхьа а дела , /хиллехьара/ т1аккха х1ор дала а д1ахьур ма дара ша кхоьллинарг , царех цхьаберш вукхарел лакхабевр бара . Ц1ена ву Аллах1 цара /Шена/ т1ехь /харцонах/ кхуллучух ,

92.къайлахдерг а , гушдерг а хууш волу , лакха вели И цара /Шена/ бечу декъахойх .

93.Ахь ала :"Х1ай сан Дела ! /нагахь санна/ Ахь суна /гайтаза ца даьлла/ гайтахь /Ахь/ царна ч1аг1о йийриг ,

94.х1ай сан Дела ! Ма вехьа со зуламечу къоман юкъахь"

95.Баккъалла а , Тхо ницкъ кхочуш ма ду , Оха царна /та1зарца/ ч1аг1о йийриг хьуна гайтар т1ехь

96.Ахь духатоха /нехан/ вониг , ша дика /хаза/ долчунца . Тхо т1ех дика хууш цара /Тхуна/ т1ехь /харцонех/ кхуллург .

97.Ахь ала :"Х1ай сан Дела ! Со Хьоьца ларло шайт1анийн /вочуна/ т1ехьехаршха .

98.Со Хьоьца ларло , х1ай сан Дела , уьш сайна /герга/ дахкарха"

99.Царех цхьанна валар т1едеача , цо элира :"Х1ай сан Дела ! /дуьнена/ Вухаверзавеша со ,

100.дика дан мегара /тарлора/ аса , айса /дуьненахь ас терго йоцуш/ дитанчуьнгахь" . Х1ан-х1а . Баккъалла а , иза цо ша олу дош ду . Царна т1ехьа /хьалха/ дуьхьало ю уьш г1овтторан дийнналц .

101.Зурманчу х1уп аьлча /и лекхча/ , оцу дийнахь гергарлонаш /хир/ дац царна юкъахь , вовшашка /хьал-де/ хоьттур дац цара .

102.Шен терзанаш /диканах/ дазделларг /милла велахь/ , уьш бу уьш декъалнаш .

103.Шен терзанаш /диканах/ дайделларг /милла велахь/ , уьш шаьш шайн дог1машна зе динарш - гуттар жоьжахатахь /хир/ берш бу ,
104.ц1аро шайн яххьаш йагош /морцуш/ , шаьш цу чохь /ц1армат хилла/ кхоьлина болуш .

105.Сан аяташ дацара шуна доьшуш , ткъа шу уьш харцдеш дара ?

106.Цара элира :"Х1ай тхан Дела ! Тхан дакъазалла туьйлира тхуна т1ехь , /т1аккха/ тхо тилла къам хилира .

107.Х1ай тхан Дела ! Арадахахь тхо оцу /жоьжахат/ чуьра , /нагахь санна/ тхо /вонашка/ юхадерзахь , т1аккха тхо /та1зар хьакъ долу/ зуламхой ду-кх"

108.Цо элира :"Д1асовца цу чохь , /дехаршца/ Соьга дист ма хила"

109.Баккъалла а Сан лайшха цхьа тоба яра шаьш олуш :"Х1ай тхан Дела ! Тхо тешна /Хьоьх/ , гечдехьа тхуна , къинхетам бехьа тхоьх , Хьо ву-кх къинхетам бечарех уггар тоьлуш верг"

110.Шу царех кхаьрдира , цара шайна Со хьахор дицдаллац , шу дара царех доьлуш .

111.Баккъалла а , Ас тахана царна /диканца/ бекхамби цара /шун кхардарна/ сатохарна . Баккъалла а , уьш бу уьш /диканца/ тоьлларш .

112.Цо элира :"Мас шарахь 1ийна шу лаьттахь /дехаш/ ?"

113.Цара элира :"Тхо 1ийна дийнахь , я дийнан /цхьана/ декъехь , дагардечаьрга хаттахь"

114.Цо элира :"Шу ца 1ийна к1еззиг бен . Баккъалла а шу хиллехь /и/ хууш /аш хоржур ма дацара панадерг дуьсур долчун т1ехь/"

115.Ткъа шуна моьттинера , баккъалла а Оха шу бегашна /забарина/ кхоьллина , баккъалла а шу Тхоьга дерзор дац ?"

116.Лакхаваьлла /Ша/ бакъ , паччахь волу Аллах1 , кхин дела вац Иза - сийлахьчу 1аршан Дела воцург .

117.Ша Аллах1аца кхин дела кхойкхург /милла велахь/ , /цхьа а/ бух бац цуьнан цуьнца , баккъалла а цуьнан хьесап шен Далла гергахь ду . Баккъалла а /Делах/ цатешарш /къемата дийнахь/ декъал хир бац .

118.Ахь ала :"Х1ай сан Дела ! Гечдехьа /сан къиношна/ , къинхетам бехьа /соьх/ , Хьо ву-кх къинхетам бечарех уггар тоьлуш верг" .



24 Сурат Аннур /Серло/
/Мадинатехь доьссина ‚ 64 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман да волчу




1./х1ара/ Оха ша доссийна а , Оха ша /парз дина/ т1едожийна /т1едиллина/ а сурат ду . Оха диссийна оцу /сурат/ чохь билгала айаташ . Шоьга ойла йайтархьама .
2./зина деш/ Нахацалела зуда а , нахацалела стаг а - цаьршиннех х1оранна а /г1уданна/ б1аь1а /б1е/ г1аж тоха ! Шу /совцийна/ д1амалацийла цаьршиннах къахетаро Аллах1ан динехь /долу хьукманаш кхочуш дарха/ , /нагахь санна/ шу хиллехь /делахь/ тешаш Аллах1ах а , т1аьхьарчу /къемата/ дийнах а . Цаьршинан 1азапна /цигахь хьожуш хиларца/ тешх1оттийла муъманахех /цхьа/ тоба .
3.Нахацалелачу стага ца ялайо нахацалела зуда , я /Делаца/ декъаховийриг бен . Нахацалела зуда - и ца ялайо нахацалелачу стага , я /Делаца/ декъаховечо бен . /Дала/ Дихкина и /дастаме белхаш/ муъманахана .
4.Шаьш оьздазударшна /зинаца , нахацалеларца/ ц1екхуллурш , цул т1аьхьа шаьш /аьллачуна/ виъ теш ца валош - езткъа г1аж тоха царна , /кхин цул т1аьхьа/ церан тешалла къобул ма делаш цкъа а . Уьш бу /шуна/ уьш песакънах .
5.Шаьш цул /харц ц1екхоьллинчул/ т1аьхьа дохко а боьвла , /шайн хьелаш/ тадинарш боцурш . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
6.Шаьш шайн зударшна /зинаца/ ц1екхуллурш , шаьш бен /цу т1ехь кхин/ тешаш боцуш , царех цхьанна тешалла - Аллах1аца диъ тешалла /дар/ ду - баккъалла а ша бакълуьйчарех ма ву /аьлла/
7.Пхоьазлаг1а - баккъалла а Аллах1ан не1алт /ма/ ду шена т1ехь , /нагахь санна/ ша харцлуьйчарех хиллехь /алар ду/ .
8.Цуьнах /зудчух/ 1азап духатуху , цо Аллах1аца диъ тешалла даро , баккъалла а и /шен майра/ харцлуьйчарех ма ву /аьлла/
9.Пхоьазлаг1а - баккъалла а Аллах1ан оьг1азло ю /хуьлийла/ шена т1ехь , /нагахь санна/ и /сан майра/ бакълуьйчарех хиллехь /алар ду/
10.Аллах1ан комаьршо а , къиинхетам а бацахьара шуна т1ехь , баккъалла а Аллах1 къинт1ераволург а , кхетамениг а вацахьара /сийсаздина х1аллак дийр ма дара Цо шу/
11.Баккъалла а шаьш /доккхачу/ эладитанца баьхкинарш , шух цхьа тоба ю . Аш ма лара и /эладита/ шайна во , мелхо а дика ду шуна и . Царех х1ор стагана а къинах цо лехнарг /хир/ ду . Царех ша цуьнан /эладитан/ доккха дакъа лаьцнарг , цуна доккха 1азап /хир/ ду .
12.Шайна и /эладита/ хезначу хена , дика моьттинехь муъмастегаршна а , муъмазударшна а шайх /а шайн вежарех а , йижарех а/ , цара аьллехь :"Х1ара /аш дуьйцург/ билгала /аш кхоьллина/ эладита /ма/ ду"
13.Уьш /и эладита кхоьллинарш/ баьхкинехь цу /эладитан/ т1ехь виъ тешца . Ткъа уьш ца баьхкинехь тешашца , Аллах1ан гергахь харцлуьйраш ма бу уьш
14.Аллах1ан комаьршо а , Цуьнан дуьненахь а , эхартахь а болу къинхетам а бацахьара шуна т1ехь , аш дахдина дийцанчуьнгахь /эладитанехь/ доккха 1азап хьакхалур ма дара шух .
15.Шайн меттанашца /кар-кара оьцуш/ т1елоцу аш и /эладита/ , шайн батошца шайна шех хаар доцург дуьйцу аш , дай /жима къа/ хета шуна и /шаьш дуьйцург/ , /амма/ иза Аллах1ан гергахь /та1зар дарехь/ доккха /ма/ ду .
16.Шайна и /эладита/ хезначу хена , аш аьллехь :"Тхоьца дог1уш /товш/ дац оха и /къамел/ дийцар . Ц1ена ву-кх Хьо /хастаме Дела/ . Х1ара /дера/ ду доккха эладита /харцдерг/"
17.Аллах1а хьехар до шуна и санна чуьнга шу цкъа а юхацадерзийта , /нагахь санна/ шу муъманах хиллехь /делахь/ .
18.Аллах1а билгалдо шуна айаташ . Аллах1 хуушверг , кхетамениг ву .
19.Баккъалла а шаьш тешначаьрна юкъахь боьханиг /дастамениг/ даржар дезарш , царна лазавен 1азап /хир/ ду дуьненахь а , эхартахь а . Аллах1ана хаа /къайлахниг/, шуна ца хаа .
20.Аллах1ан комаьршо а , Цуьнан къинхетам а бацахьара а , баккъалла а Аллах1 къахеташ , къинхетаме вацахьара а /сийсаздина х1аллак дийр ма дара Цо шу/
21.Х1ай шаьш тешнарш ! Шайт1ан г1улчашна т1аьхьа ма х1итта . /ткъа/ Ша шайт1ан г1улчашна т1аьхьах1уттург /милла велахь а/ , баккъаллла а цо /цуьнга/ омру до боьхачуьнца а , /шар1аца/ цадог1учуьнца а . Аллах1ан комаьршо а , Цуьнан къинхетам а бацахьара шуна т1ехь , шух цхьа а ц1анлур ма вацара /шен къинойх/ цкъа а . Делахь а , Аллах1а ц1анво /дохкобевлачарех/ Шена луург . Аллах1 хезашверг , хуушверг ву .
22.Дуй ма баийла шух комаьршонан а , /хьолан/ шортонан а дайша , гергарчарна а , мисканашна а , Аллах1ан новкъахь /Цуьнан дуьхьа/ махкахбевлачарна а /саг1а/ ца даларца /цара эладита дийцинера але/ . Къинт1ера бовлийла уьш , /бехках /хьалхабуьтийла цара /уьш/ . Шуна ца деза /ца лаьа/ тов Аллах1а шайна гечда . Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
23.Баккъалла а шаьш оьзда , /боьхачуна/ чидамебоцу /догц1ена/ , муъмазударшна /зинаца/ ц1екхуллурш , царна не1алт /та1зар/ ду дуьненахь /г1ажъеттарца/ а , эхартахь /балане лацарца/ а . /уьш дохко ца бовлахь/ Доккха 1азап /хир/ ду царна /эхартахь/
24.Оцу /къемата/ дийнахь царна дуьхьал тешалла дийр ду церан меттанаш а , церан куьйгаш а , церан когаш а цара /дуьненахь вочух/ лелош /деш/ хиллачун т1ехь .
25.Оцу дийнахь Аллах1а царна /кхоччуш/ д1алур бу /уьш/ хьакъ /болу/ церан бекхам . /т1аккха/ Царна хаар ду баккъалла а Аллах1 - Иза билгала бакъверг вуйла .
26.Боьхазударий боьхастегаршна /бог1уш/ бу , боьхастегарий боьхазударшна бу , ц1еназударий ц1енастегаршна /бог1уш/ бу , ц1енастегарий ц1еназударшна бу , уьш /ц1енаберш/ гуьнахь /декъахь/ бац цара /вукхара эладитанех/ дуьйцучуна . Царна /ялсаманахь/ гечдар а , лераме /шорта/ рицкъа а /хир/ ду .
27.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Шу ма г1олаш шайн йоцчу /хийра/ х1усамашчу шаьш пурба деххалца а , церан ох1лане салам даллалца а . И /г1иллакх/ тоьлуш ду шуна /шун сонта г1иллакхел а/ . Шу герга даркха хьехамэца .
28./нагахь санна/ Шуна ца карийнехь цу /х1усамаш/ чохь /пурбалучарех/ цхьа а , шу цаьрна чу ма г1олаш шайна /и/ пурба даллалц . Ткъа шоьга /чуьрчара/ :"Духадерза !"- аьллехь , духадерзалаш ! Иза ц1ена ду шуна /дагна/ . Аллах1 аш лелориг /дийриг/ хааш ву /шуна/ .
29.Шуна къилахь дац , чохь /нах/ бехаш боцучу а , шайна чохь шун пайда болчу а /юкъара/ х1усамашка /пурба доцуш/ шу чудахар . Аллах1ана хаа аш гучадоккхург а , хьулдийриг а .
30.Ахь ала муъмастегаршка цара шайн б1аьргаш /хьарамчух/ охьадахийтийла /д1адерзадойла/ , шайн /чук1елара/ бехкен меженаш ларйойла . И /г1иллакхаш/ ц1ена ду цаьрна /Далла гергахь/ . Баккъалла а Аллах1 хааш /девзаш/ ву цара дийриг .

31.Ахь ала муъмазударшка цара шайн б1аьргаш /хьарамчух/ охьадахийтийла , шайн бехкен меженаш ларйойла , цара шайн хазалла ма гойтийла /хийрачарна/ , ша цуьнах /дукхахьолахь/ гушъерг йоцург , шайн чоьтнаш т1е /лаг , накха ца гайта/ корталеш тосийла цара , шайн хазалла ма гойтийла цара шайн майранашна а , шайн дайшна а , шайн мардайшна а , шайн к1енташна а , шайн меран к1енташна а , шайн вежаршна а , шайн вежарин к1енташна а , шайн йижарийн к1енташна а , шайн зударшна /бусалба йижаршна/ а , шайн аьттучара доладечарна /г1арбашна/ а , йа божарех зударшка шовкъ /хьашто/ йоцу /шайн/ ялхошна а , йа зударин ерзина меженаш ца евзачу берашна а бен , цара ма беттийла шайн когаш , шайн хазаллех шаьш хьулдийриг /кхечарна/ хаийта . Х1ай муъманах ! Аллах1ана дохкодовла дерриге а . /т1аккха/ Шу герга ду декъалхила .
32./маре дарца/ Цхьанатоха шайх яханза-ялонза берш а , шайн лайшха а , г1арбашха а болу диканаш а . /нагахь санна яханза-ялонза берш/ Уьш къен белахь , Аллах1а Шен комаьршонах аьтто бийра бу церан . Аллах1 шортоерг /тароерг/ , хаарг /девзарг/ ву .
33./сатохарца/ Оьзда /ц1ена/ чекхбовлийла шаьш зудайалон ницкъ ца карораш , Аллах1а Шен комаьршонах шайн /цу т1ехь/ аьтто баллалц . Шун аьттучара доладинчарех /шун лайшха а , г1арбашха/ шайна /шаьш механ дуьхьал маьрша дахар т1ехь/ кехат-барт безарш , цаьрца кехат-барт бе аш /нагахь санна/ шайна цаьргахь дикалла /тешаме хилар/ хааделлехь . Аш ло цаьрна Аллах1а шуна ша беллачу бахамех . Аш /нуьцкъаша/ т1емате1аде шайн зудбераш кхахьпаллийна , царна /ц1ано/ оьздангалла езнехь , шайна дуьненан дахаран /т1аьхьло йоцу/ таро /аьтто/ лахархьама . Ша уьш /кхахьпаллийна/ т1ете1ориг /милла велахь , царна хила деззарг хир ду/ , баккъалла а Аллах1 уьш /зудбераш бертаза/ т1ете1ийначул т1аьхьа /царна/ гечдеш , къинхетаме ву .
34./Делора/ Бакъдолш , Оха шоьга диссийна билгала айаташ а , шаьш шул хьалха д1абаханчарех /долу/ масал а , /Делах/ кхоьрачаьрна /пайден/ хьехам а .
35.Аллах1 - стиглашин а , лаьттин а нур ду . Цуьнан нуьран куц - шена чохь чиркх болчу /пена т1ера/ к1огах тера ду , чиркх - шишан чохь бу , ткъа шиша - баккъалла а ша /серлонца/ лепа седа болш санна ду . И /чиркх/ латабо беркатечу зайтун диттах , /ша/ малхбалера доцу , малхбузера доцу . Цуьнан /хьакхар/ даьтта герга ду ша серло яла шех ц1е ца хьакхаеллехь а . Нур т1е а нур ду /и/ . Аллах1а Шен нуьре нисво шена лаьарг . Аллах1а даладо адамашна масалш . Аллах1 массо а х1уманах дерг хууш ву .
36.Аллах1а шаьш хьаладотта /дог1а/ а , шайна чохь Шен ц1е яккха а магийна /долчу/ ц1еношкахь /маьждигашкахь/ 1уьйренашкахь а , суьйренашкахь а Цуна /И хесторца а , ц1анварца а/ теспахь до
37./цхьана/ къонахоша , шаьш совдегаро а , йохкаро а Аллах1 хьахорах а , ламаз х1отторах а , закат даларах а д1ацалоцучу а , шена чохь дегнаш а , б1аьргаш а /шайн хьолашха/ хийцалочу /д1акерчачу къемата/ дийнах кхоьрачу а .
38./цара теспахь дар а , церан кхерар а/ Аллах1а шайна шаьш динчу уггар дикачуна бекхам бархьама а , Шен комаьршонах Цо шаьш совбаха а /ду/ . Аллах1а рицкъа ло Шена лаьачуна хьесап доцуш .
39.Ша /Делах/ цатешнарш - церан 1амалаш , хьогахчуна /генара хьаьжча/ ша хи ду моьттуш йолу /шерачу/ г1ум-аренахь /бурконна х1утту/ б1алг1а санна /эрна/ ю . Ткъа иза цуна т1евеача , ца карийра цуна и /шена моьттина/ х1ума . Аллах1 карийра цуна шена гергахь , Цо кхоччуш д1аделира цуна шен хьесап . Аллах1 - хьесап чехка долш ву .
40.Йа к1оргачу х1ордчуьра боданаш санна /ю церан 1амалаш/ . Тулг1ено ша хьулбеш , оцу /тулг1ен/ т1ехула шена т1ехула марха йолу /кхи/ тулг1е ю . /уьш/ Царех цхьаберш вукхаьрна т1ехула болу боданаш бу . Цо /оцу х1орд чуваьллачо/ шен куьг арадаькхча , и /шен куьг/ ган герга хир ма вацара и /боданан ч1аг1аллийна/ . Аллах1а шена /нийсонан/ нур ца делларг /милла велахь/ , цуьнан дац /цхьа а/ нур .
41.Хьуна ца гина /ца хиъна/ , баккъалла а Аллах1ана /хестош/ теспахь дар стиглашкахь а , лаьттахь а мелдолчо а , олхазарш а /шайн/ т1емаш даржийна /х1аваэхь/ доьдуш ? Бакъдолш хиъна /девзина/ х1оранна а шен ламаз /до1а/ а , шен теспахь а . Аллах1 хууш ву цара /мел/ дийриг .
42.Аллах1ан ду стиглашин а , лаьттин а олалла /долалла/ . Аллах1е ду /х1оранне а/ верзар .
43.Хьуна ца гина , баккъалла а Аллах1а мархаш йохкуьйту /Шена лаьачу/ , цул /уьш йаржийначул/ т1аьхьа гулйо Цо уьш , цул т1аьхьа /оьла санна/ т1ек1ел йо Цо уьш . Т1аккха дог1а го хьуна ша арадолуш оцу /мархийн херонаш/ юкъахула . Цо боссабо стиглара - цигахь /стиглахь/ долчу /мархийн/ лаьмнашкара - къора /ша/ . Шена лаьачуна т1е а туху Цо и , ткъа Шена лаьачух д1а а берзабо Цо и . Цуьнан ткъесан серло /шен ч1аг1аллийна/ герга /ма/ ю /церан/ б1аьрсаш д1аэца .
44.Аллах1а хуьйцу де а , буьйса а . Баккъалла а цуьнгахь хьехам ма бу хьекъалечаьрна .
45.Аллах1а массо а дийнат хих кхоьллина . Царех ша шен гай т1ехь леларг ду , /иштта/ царех ша шина кога т1ехь леларг ду , /иштта/ царех ша беа /кога/ т1ехь леларг ду . Аллах1а кхуллу Шена лаьарг . Баккъалла а Аллах1 , массо а х1уман т1ехь ницкъ кхочуш ву .
46./Делора/ Бакъдолш Оха диссийна билгала айаташ . Аллах1а Шена лаьарг нийсачу новкъа нисво .
47.Цара олу /шайн меттанашца/ :"Тхо тешна Аллах1ах а , элчанах а , /цаьршина/ муьт1ахь а хилла тхо" . Т1аккха царех цхьа тоба /ийманех/ д1айоьрзу цул /шаьш и аьллачул/ т1аьхьа /цхьа хан йаьлча/ . Уьш /ма/ бац /догц1ена/ муъманах .
48.Уьш кхайкхича Аллах1е /къуръане/ а , Цуьнан элчане а , цо /элчано/ шайна юкъахь /динца/ кхел йан , царех цхьа /йолу/ тоба /кураллийца/ д1айоьрзу /цуьнах/ .
49.Ткъа /кхечарна т1ехь/ шайна /дог1уш/ цхьа хьакъ хилча , уьш бог1у и волче хьасталой /ладуг1уш хиле , сихонца/
50.Ткъа церан дегнашчохь цамгар ю , йа /динах/ шекбоьвла уьш , йа Аллах1а а , Цуьнан элчано а шайна т1ехь харцо йарна кхоьру уьш ? Мелхо а , Уьш /ма/ бу уьш зуламхой .
51.Баккъалла а муъманехан дош дара , шаьш Аллах1е а , Цуьнан элчане а кхайкхича цо /элчано/ шайна юкъахь /динца/ кхел йан , цара алар :"Хезна тхуна , муьт1ахь хилла тхо" . Уьш бу уьш декъалнаш .
52.Ша Аллах1ана а , Цуьнан элчана а муьт1ахь верг , ша Аллах1ах кхоьрург , ша Цуьнах ларлург а уьш бу уьш тоьлларш /аьтто баьлларш/
53.Цара биира Аллах1аца шайн ч1ог1а дуйнаш , /Делора/ ахь шайга /г1азотана арадовларца/ омру дахь , шаьш арадоьвра ма ду /аьлла/ . Ахь /цаьрга/ ала :"Аш дуй ма баа ! Девза муьт1ахьалла /тоьлуш ду/ . Баккъалла а Аллах1 , аш дийриг хууш ву .
54.Ахь ала :"Аллах1ан муьт1ахь хила , элчана муьт1ахь хила !" Ткъа уьш д1аберзахь , баккъалла а цуна т1ехь /кхайкхадарх/ шена т1едиллинарг ду , шуна т1ехь /муьт1ахьаллех/ шайна т1едиллинарг ду . Шуна цуна муьт1ахь хилахь , нислур ду шу . Элчана т1ехь ма дац , билгала д1акхайкхор /д1акховдор/ бен .
55.Аллах1а ч1аг1о йина , шоьх /Делах/ тешначарна а , шаьш диканаш динчарна а , Ша уьш лаьттахь верасаш бийр ма бу /аьлла/, Ша царел хьалхарнаш верасаш ма - барра , Ша ч1аг1дийр ма ду царна - Ша реза а хилла царна хаьржина долу - церан дин , Ша хуьйцар ма бу уьш маьршонца /кхерамзаллийца/ церан кхерар т1аьхьа . Цара Суна 1ибадат деш , Суна х1умма а декъахо лацар доцуш . Ша цул т1аьхьа цатешнарг , уьш бу уьш песакънах .
56./х1ай адамаш/ Ламаз /х1отта/ де /шен бехкамашца/ , /Дала т1едиллина/ закат ло , /Делан/ элчана муьт1ахь хила , шоьх /шун Дала/ къинхетам бан тарлора .
57.Ахь /ларне а/ маларийла шаьш /Делах/ цатешнарш /Тхоьх к1елхьарбовларца Тхо/ лаьттахь г1орасиз деш . Церан берзар /чуг1ойла/ жоьжахате ю . Ма вон верзийла ю-кх и .
58.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Шоьга /чубахка/
пурба доьхийла шун аьттучара доладинчара /г1арбаш/ а , шоьх г1еметтах1оттазчара а кхузза : 1уьйра ламазал хьалха а , делкъана аш шайн бедарш охьайохучу хена а , пхьуьйра ламазал т1аьхьа а . /уьш/ Ларйаза /1уьналла доцу/ кхоъ /хан/ ю шун . Шун т1ехь а , царна т1ехь а царел т1аьхьа /чудахка/ къа доцуш . /уьш/ Лелаш /хьийзаш/ бу шун т1ехула /ц1ийнан хьашташца шун т1ех1уьттуш/ . Шух цхьаберш /лела/ вукхаьрна т1ехула . Иштта Аллах1а билгалдо шуна айаташ . Аллах1 хуушверг , кхетамениг ву .
59.Шух долу бераша /шаьш/ г1еметтах1иттича пурба дехийла , шаьш царел хьалхарчара ма - деххара . Иштта Аллах1а билгалдо шуна Шен айаташ . Аллах1 хуушверг , кхетамениг ву .
60.Зударех къенаберш , шаьш марене догдохуш боцу , царна т1ехь къа дац шайн /т1ехулара/ бедарш охьайахарехь , хазалла гучуйоккхуш боцуш . /делахь а/ Оьзда /хьулбелла/ хилар тоьлуш ду царна . Аллах1 хезашверг , хуушверг ву .
61.Б1аьзечун т1ехь къа дац , астаг1чун т1ехь къа дац , цомгушчун т1ехь къа дац , шун дог1маш /шун/ т1ехь а дац аш шайн х1усамашкара яарх а , йа шайн дай х1усамашкара а , йа шайн нанойн х1усамашкара а , йа шайн вежарийн х1усамашкара а , йа шайн йижарийн х1усамашкара а , йа шайн ден вежарийн х1усамашкара а , йа шайн ден йижарийн х1усамашкара а , йа шен дог1анаш шун долахь долчуьра а , йа шун доттаг1чуьра а , шун т1ехь къа дац аш цхьана , йа къаьстина /шайн-шайна/ яарехь а . Шаьш х1усамаш чудоьвлча , аш салам ло шайга /вовшашка/ Аллах1ана гергара беркатечу , ц1енчу маршаллийца .
62.Баккъалла а муъманах - шаьш Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а тешнарш бу . Шаьш цуьнца /элчанца/ цхьана юкъарчу /гуламечу/ г1уллакхехь хилча , шаьш цуьнгара пурба даккхалца д1ацабахнарш . Баккъалла а шаьш хьоьга пурба доьхурш , уьш бу шаьш Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а тешарш . Цара хьоьга шайн цхьаццадолу г1уллакхна пурба дехча , ахь пурба ло царех хьайна лиъначуна , царна гечдар деха Аллах1е . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
63.Аш ма де шайна юкъахь элчане кхайкхар , шух цхьаболчара вукхаьрга /аш вовшашка/ кхайкхар санна . Бакъдолш , Аллах1ана бевза шух /элчан пурба а доцуш/ шаьш /маьждигера/ лечкъина къайлабуьйлурш . Шаьш цуьнан омрана дуьхьало йийраш ларлойла , шайна /т1е шаьш зуьйш цхьа/ бала барах , йа шайна /эхартахь/ лазавен 1азап дарах .
64.Дера ! Баккъалла а Аллах1ан /долахь ма/ ду стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг . Бакъдолш , Цуна хаа /массо а/ шу шена т1ехь дерг /аш дийриг/ . Уьш Цуьнга берзочу дийнахь , Цо царна хоуьйтур ду цара /дуьненахь/ динарг . Аллах1 массо а х1ума хууш ву .


25 Сурат Алфуркъан /Къастор/
(Маккахь доьссина ‚ 77 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу



1./сийлахь/ Беркате хили Шен лайна т1е /хьарам-хьанал/ къасториг /къуръан/ Ша /юх-юха/ доссийнарг , /къаьсттана/ и /Мухьаммад/ хилийта 1аламашна д1ахьедийриг ,
2.Ша стиглашин а , лаьттан а долалла /олалла/ Шен /карахь/ долуш волу , Цо ца лаьцна цхьа а /Шен/ доьзалхо /вина/ , Цуьнан ца хилла долаллехь /олаллехь цхьа а/ декъахо , Цо кхоьллина массо а х1ума , белла Цо цуна барам а .
3.Цара лийцира И /1ад а/ витина шаьш х1умма а ца кхуллуш болу /кхин/ деланаш /ц1уйш/ , уьш /цара лецна деланаш шаьш ма/ бу кхечо кхуллуш . Церан долахь дац шайн дог1машна /дан/ зе а , бац пайда а . Церан долахь дац далар а , дац дахар а , дац /белларш/ г1овттор а .
4.Шаьш /Делах/ цатешначара элира :"Х1ара /къуръан/ дац , цо ша кхоьллина харцдерг бен , цу т1ехь кхечара шена г1одина" . Бакъдолш уьш баьхкира зуламца а , харцонца а .
5.Цара элира :"/уьш/ Хьалхалерачийн туьйранаш ду , цо шаьш схьаяздина . Уьш цуна доьшу 1уьйранна а , суьйранна а" .
6.Ахь ала :"И доссийна Шена стигланашкахь а , лаьттахь а йолу къайле хаачо . Баккъалла а Иза , гечдийриг , къинхетамениг вара .
7.Цара элира /цабешаш/ :"Х1ара х1ун элча ву ? /вай ма-баъара/ Кхача буу цо , базаршкахула лела и . Цул цуьнга малик доссийнехьара , цуьнца /цхьана/ д1ахьедийриг хила .
8.Йа цуьнга хазна кхоссахьара , йа цуьнан беш елхьара , цо шех /стоьмаш/ дууш !" Зуламхоша элира :"Шу т1аьхьах1уьттуш /ма/ дац /бозбуанчаллийца/ талхийначу стагана бен"
9.Хьажал /гой хьуна/ , цара хьуна масалш муха далийна , /нийсачу новкъах/ тилла уьш , /цундела/ кар ца бало царна /и/ некъ .
10.Беркате /сийлахь/ хили Ша - Шена лиъча - дийр /лур/ долш волу хьуна цул /цара аьллачул/ диканиг - шена к1елахула татолаш лела бошмаш , йийра /лур/ ю Цо хьуна г1аланаш a .
11.Мелхо а , /цул сов/ харцдира цара /къемат де х1оттаран/ сахьт . /амма/ Оха кечйина сахьт харцдинчуна /жоьжахатин буьрса/ ц1е .
12.Цуна /ц1ерана/ уьш гича генарчу меттигера , царна хезира цуна дераллийна /оьг1азлонна/ кхехкар а , /уг1уш/ садий1ар /ц1ог1а/ а .
13.Буржалш тоьхна шаьш цу /жоьжахат/ чуьра /уггар/ готтачу меттиге кхийсича , цигахь /т1аккха/ цара кхойкхур ду х1аллакхиларе .
14./цаьрга эр ду :/ "Аш ма кхайкха тахана цхьа х1аллакхилар , дуккха а х1аллакхиларш кхайкха /деха/ !"
15.Ахь ала :"И /цаьргара 1азап/ ду тоьлуш /г1оли/ йа гуттаренан /ялсаманин/ беш ю , /Делах/ кхоьручарна шеца ч1аг1о йина йолу . И хилира царна бекхам а , боьрзу меттиг а ?"

16.Царна цу чохь - гуттар лаьтташ болчу - /зовкхах/ шайна /мел/ луург /дезарг хир/ ду . И /царна луург/ хилла хьан Далла т1ехь /цара/ ехна ч1аг1о
17.Цо уьш а , Аллах1 витина цара шена 1ибадат динарг а д1агулбечу дийнахь , Цо эра ду /цаьрга/ :"Аш тилийна х1ара Сан лайш , йа уьш /шаьш/ тилла /нийсачу/ новкъах ?"
18.Цара /жоплуш/ элира :"Ц1ена ву-кх Хьо /Хьайна т1ехь кхуллучух/ . Тхуна дог1уш /тхан бакъо йолш , мегаш/ ма дацара , оха Хьо а витина /тхайна/ верасаш /гергарнаш/ лецар . Делахь а , Ахь зовкх хьегийтира цаьрга а , церан дайшка а царна хьехам бицбаллалц . Х1аллак хилла /эрна дайна/ къам хилира уьш"
19.Бакъдолш , шу харцдина цара аш дуьйцучунгахь , шу ницкъ ца кхочу /1азап/ д1ахьовзо а , г1о дан а . Шух зулам дийриг /милла велахь / , Оха цуьнга доккха 1азап 1овшуьйтур ду .
20.Оха хьовсийна бац хьоьл хьалха геланчаш , баккъалла а шаьш кхача бууш а , базаршкахула /некъашкахула/ лелаш а болш бен . Оха бина шух цхьаберш вукхаьрца зуьйш . Сатохалур дуй-те шуна ? Хьан Дела /нийса дерг/ гуш /хууш/ ма ву .
21.Шаьш Тхуна дуьхьал бахкаре догцадохучара элира :"Тхуна т1е малийкаш диссийнехьара , йа тхуна тхан Дела гахьара" . /Делора/ Бакъдолш , куралла /ма/ йира цара шайлахь , т1ехбевлира уьш ч1ог1а т1ехбовларца .
22.Къадечарна малийкаш гучу дийнахь , /диканца/ кхаъ /хир/ бац царна цу дийнахь , цара /малийкаш/ эра ду /цаьрга/ :"Дехкарца дихкина /шуна Делера кхаъ хилар/"
23.Тхо т1едирзира /т1едуьйлира/ 1амалех цара динчуна , Оха йира и /мохо/ яржийна чан /санна эрна/ .
24.Ялсаманин дай цу дийнахь тоьлуш /хир/ бу 1арехь а , дика /хир/ бу садо1ийлехь а .
25.Оцу дийнахь стигал ет1ар ю мархашца , охьадиссор ду малийкаш диссорах а /шорта/
26.Хьакъ долу олалла цу дийнахь Къинхетамечуна ду . Хала де дара и керстанашна
27.Оцу дийнахь зуламхочо кадеттар ду шен шина куьйгана , ша олуш :"Х1ай /давискх/ элчанца некъ лаьцна белар-кх аса .
28.Х1ай сан г1айг1а-я1 , хьенех доттаг1 лаьцна ма велар-кх аса .
29./Делора/ Бакъдолш со тилийра цо /Дела/ хьахорах /къуръанах/ , соьга иза деанчул /кхаьчначул/ т1аьхьа" . Шайт1а дара адамна ямарт /и д1атосуш/
30.Элчано элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а сан къомо д1атеси х1ара къуръан"

31.Иштта /хьуна санна/ , х1ор пайхамарна а вина Оха къадечарех мостаг1 . Хьан Дела тоьар ву нийса новкъа воккхург а , г1оьнча .
32.Шаьш /Делах/ цатешначара элира :"/декъна доцуш/ Цхьаьний /цхьанаметта/ доссийнехьара цуна т1е /и/ къуръан /кхечарна т1едиссийна жайнаш санна/". Иштта , Тхаьш хьан дог цуьнца /к1ез-к1езиг/ ч1аг1дархьама /декъа а декъна Оха и/ , хаза билгал а дина /досса а дина/ Оха и билгалдарца
33.Уьш хьуна бог1ур ма бац масалца , Тхо хьуна бакъонца а , тидарехь хазчунца а даьхкина бен
34./1уьнкарх1иттийна/ Шайн яххьаш т1ехь /текхош/ шаьш жоьжахате балор берш , уьш меттигна вонаш а , некъана уггар тилларш а бу .
35./Делора/ Бакъдолш , Мусага /Таврат/ жайна делла Оха , цуьнан ваша Х1арун г1оьнча а вина цуьнца .
36.Оха элира :"Шу шиъ г1о шаьш Тхан айаташ /билгалонаш/ харцдинчу къоме" . /вахар и шиъ , амма цара харцвира , т1аккха/ Оха х1аллак бира уьш х1аллакбарх а /тамашийна куьцара/ .
37./хьахаде/ Нухьан къам а , цара элчанаш харцбинчу хена , Оха хин буха бахийтар уьш , нахана билгало а йира Оха царех , Оха кечдира зуламхошна лазавен 1азап .
38./иштта/ 1адаш а , Самудаш а , боьлакан /г1унан/ дай а , цу /нехан заман/ юкъахь /даьхна/ дуккха а чкъоьрнаш /т1аьхьенаш/ а /х1аллакдира Оха/ .
39.Царна массарна а масалш далийра Оха . /уьш/ Массо а х1аллакбира Оха х1аллакбарх а /буьрса/
40./Делора/ Бакъдолш , уьш /хийла/ чекхбийлира шена т1е /Дала/ вонан /т1улге 1азапан/ дог1а делхийтинчу юьртах . И /юьрт/ гуш бацара уьш /цуьнан ох1лунах динчуна ойла ян/ ? Мелхо а /и гуш йолушнехьа/ , г1овтторе догдохуш /йа цуьнах тешаш/ бацара уьш .
41.Шайна хьо гича , цара ца лоцу хьо кхардаме /беламе/ бен , /цара олу : / "Х1ара ву и ша Аллах1а элча /вина/ ваийтинарг ?
42.Баккъалла а , и герга /кийча/ ма вара тхо тило /д1адерзо/ тхан деланашха , оха сацатоьхнехьара цу /деланашха тасадалар/ т1ехь" . Царна хаар /ма/ ду шайна 1азап гучу хена /ткъа царна и гур долш ду/ , мила ву некъана уггар тилларг .
43.Гиний хьуна , шен /дег1ан/ лаам /шена хазделларг/ - шен дела /вина/ лаьцнарг ? Хьо хир ву ткъа цуна т1ехьажархо /1уьнлхо/ ?
44.Йа хьуна моьтту , баккъалла а царех дукхахберш хезаш бу , йа /ойла ян/ хьекъале бу ? /х1ан-х1а/ Уьш ма бац хьайбанаш санна бен . Мелхо а , уьш некъана /хьайбанел а/ сов тилларш /ма/ бу
45.Хьо ца хьаьжна хьан Дале - Цо 1индаг1 муха дахдина /даржийна/ ? Шена лиънехь , сецна /д1ацатуьлуш/ дийра дара Цо иза . Цул т1аьхьа малх бина Цо цу /1индаг1/ т1е /нисвен/ билгало .
46.Цул т1аьхьа Оха д1атилийра и /1индаг1/ тхайгахьа к1ез-к1езиг д1атилорца .
47.И ву , Ша шуна буьйса /цуьнан бода/ йинарг духар /санна хьуламе/ , наб /йинарг/ - /дог1машна/ синтем /сада1ар хилла/ , де динарг - /денделла/ г1овттар
48.И ву , Ша хьажийнарг мехаш кхаъца Шен къинхетаман хьалха . Оха доссийна стиглара ц1ена /дог1ан/ хи .
49.Тхаьш цуьнца /бакъа/ белла мохк денбархьама а , /шаьш/ Тхаьш шортта кхоьллинчух /долчу/ хьайбанашна а , адамашна а и малорхьама а
50./Делора/ Бакъдолш , Оха даржийра /дийкъара/ и царна юкъахь цаьрга /Делан зовкх/ хьахадайта . /амма/ Адамашха дукхах дерш дуьхьал девлира /шайн дагчуьра/ цатешар доцучунна /массо а зовкхана/
51.Тхайна лиънехь , Оха хьажийна хир ма вара массо а юьрта д1ахьедийриг
52.Хьо муьт1ахь ма хила /Делах/ цатешачаьрна . Цаьрца къийсам латтабе ахь цуьнца /къуръанца/ боккхачу къийсамца /къахьегарца/ .
53.И ву , Ша шиъ х1орд /юх-юххехь/ д1ахецнарг , х1ара /цхьаъ/ теза мерза бу /шен малар томехьа чам болш долш/ , ткъа х1ара /шолг1аниг/ туьхане /ч1а1а санна/ дуьра бу . Цу шинна юкъахь /юкъарлонна/ пардо а , /и шиъ вовшашна талхамца т1ецакхийдийта а , д1ацаэйта а/ нуьцкъала дуьхьало а йина Цо .
54.И ву , Ша /сте-боьрша/ хих адам кхоьллинарг . Цо дина и /адам/ схьадалар долш а , захало долш а /сте-боьрша а/ . Хьан Дела ницкъкхочуш ву /цу т1ехь/
55.Цара 1ибадат до Аллах1 витина ша царна пайда ца бечунна а , царна зе ца дечунна . Цатешарг хилла шен Далла дуьхьал /шайт1ан/ г1оьнча
56.Оха ца хьажийна хьо , кхаъбоккхуш а , д1ахьедеш а бен .
57.Ахь ала :"Ас ца йоьха шоьга цу /кхайкхам/ т1ехь ял /мах/ , шена лиъначо шен Далла т1е боьду некъ лацар бен
58.Хьо товжа Ша ца лечу дийначунна т1е , ц1анве И хасторца . И /цхьаъ/ тоьар ву , Шен лайн къинош довзарехь .
59.Ша кхоьллина волу стигаланаш а , латта а , цу шинна юкъахь /мел/ дерг а ялх дийнахь . Цул т1аьхьа 1арша т1ехь д1атарвелла /д1анисвелла/ Иза - Къинхетамениг . Ахь хатта /Цуьнах дерг/ И вевзачуьнга .
60.Цаьрга аьлча :"Къинхетамечуна /сужуд дарца/ гораг1о !" Цара /жоплуш/ элира :"Х1ун ду /и/ Къинхетамениг /тхуна девзаш , йа оха къобул деш х1ума ма дац и/ ?! Тхо горадоьлху ткъа ахь тхоьга омру дечуна /ахь и аларна/ ?!" Цо /цуьнан кхайкхамо/ совбехира уьш /ийманах/ къахкарехь .

61./сийлахь/ Беркате хили Ша стиглахь седарчий дина , цигахь /стиглахь маьлхан/ чиркх а , нуьре /лепа/ бутт а бинарг .
62.И ву , Ша буьйса а , де а /рог1ехь/ хийцалуш динарг , шена лиъначуна ойла ян а , йа /шена/ лиъначуна /Делан зовкхана/ баркалла ала а .
63.Къинхетамечун лайш , шаьш лаьтта т1ехула /Далла хьастабелла/ оьзда леларш а , ткъа шайга сонтанах /ирча/ бистхилча "Машар" аьлларш а бу .
64.Шаьш буьйса йоккхурш шайн Далла /муьт1ахь хилла/ горабахна а , /1ибадатца/ д1ах1иттина а .
65.Шаьш олурш :"Х1ай тхан Дела ! Д1ахьовзадехьа тхоьх жоьжахатин 1азап . Баккъалла а цуьнан 1азап /сецна/ г1уда дар-кха .
66.Баккъалла а и /жоьжахате/ во хили-кх /чохь/ 1арехь а вахарехь /верзарехь/ а"
67.Шаьш харжйича , /цуьнгахь/ т1ехцабийлинарш а , /и/ ца кхоийнарш /пис ца хилларш/ а . /шайн харжйар/ Цу /шина барам/ юккъехь нийса хилларш а .
68.Шаьш Аллах1аца /декъахо вина/ кхин дела ца кхойкхурш а , ша /дер/ Аллах1а дихкина долу са /шар1а/ бакъонца бен ца дуьйраш а , нахаца /зина деш/ ца леларш а . Ткъа и дийриг /милла велахь/ , та1зар кхочур /ма/ ду цуна ,
69.къемата дийнахь 1азап алсама а доккхур /дебор/ ду цуна , сийсаз /аьшнаш/ вина гуттар лаьттар а ву и цу чохь .
70.Ша дохковаьлларг а , /Делах/ тешнарг а , дика динарг а воцург . Ткъа уьш , Аллах1а хуьйцар ду церан вонаш диканашца . Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
71.Ша дохко а ваьлла дика динарг /милла велахь/ , баккъалла а Деле воьрзу и /ц1енчу/ дохковаларца .
72.Шаьш харцтешалла ца дийраш а . Эрна /дастаме/ долчуна юххехула шаьш т1ехбоьвлача , /цуна букътоьхна/ сийлахь т1ехбоьвларш а .
73.Шаьш , шайн Делан аяташ шайн хьахийча къору а , б1аьрзе а хилла ца эгнарш а .
74.Шаьш олурш :"Х1ай тхан Дела ! Лохьа тхуна тхан зударех а , тхан т1аьхьенашха а /цара дика дарца тхан/ б1аьрг бузар /даккхийдер/ . Дехьа тхо /дика лай , Делах/ кхоьрачаьрна /т1аьхьах1отта/ масал /хилийта/
75.Царна бекхамна /ялсаманийн лаккхара/ чоь /меттиг/ лур ю /халонашна/ сатохарна , уьш т1елоцур бу цу чохь т1екеренца /ларамца/ а , салам-маршаллийца а
76.Цу чохь гуттар лаьттар болш . /ма/ Хаза хили и /ялсаманийн чоь/ 1арехь а , вахарехь /верзарехь/ а .
77.Ахь ала :"Сан Дала шун терго йийра /ма/ яцара , шун кхайкхар /до1анаш/ дацахьара . Бакъдолш харцдира аш /Делан дин/ , /цундела/ хир ма ду и /1азап шуна , хилаза ца долуш/ сецна .



26 - Сурат Ашшу1араъ /Илланчаш/
(Маккахь доьссина ‚ 227 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу



1.Т1о , сийн , мийм . /Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена царех луург/
2.Х1орш билгалчу /харц-бакъ гучудоккхучу/ жайнан /къуръанан/ айаташ ду
3.Хьо /х1ай Мухьаммад/ хьан дег1 х1аллак деш /дуьйш/ хила тарло уьш тешаш ца хиларна /г1айг1анна/
4.Тхуна /цара имдилла/ лиъча , Оха царна т1е стиглара билгало йоссор ю , т1аккха церан вортанаш /кортош/ лаьттар ю /хьастаелла , муьт1ахь/ охьатаь1на
5.Царна Къинхетамечуьнгара керла хьахор ца дог1у , уьш цуьнах /юха а/ д1абирзина хилла бен
6.Бакъдолш харцдира цара /и хьахор/ , царна дог1ур ду уьш шех цабешаш /кхаьрдаш/ хиллачун хаамаш
7.Лаьтте ца хьаьвсина уьш , хийла /мел/ кхиийна /далийтана/ Оха цу т1ехь массо а лерамечу /хьийкъина , пайден ораматийн/ тайпанах ?
8.Баккъалла а цуьнгахь билгало ма ю . Царех дукхахберш бацара тешаш
9.Баккъалла а хьан Дела , Иза /ч1ирэцарехь/ нуьцкъала /сийлахь/ , /тешначаьрца/ къинхетаме ма ву
10./хьахаде/ Хьан Дала кхайкхара Мусага :"Зуламечу къоман т1е г1о /аларца/ -
11.Фир1авн къоман т1е . /Делах/ Ца кхоьру те уьш ?"
12.Цо /Мусас/ элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а со кхоьру цара со харцварна
13./т1аккха/ Сан кийра гатлур бу , сан мотт бист хир /керчар/ бац . Х1арон волчу дахийтахь /Жабраил малик суна г1оьнна/
14.Суна т1ехь /ч1ир бахьан долш/ церан къа /декхар/ ду . /цундела/ Со кхоьру цара со верна"
15.Цо /Дала/ элира :"Х1ан-х1а /ма кхера/ ! Шу шиъ г1о Тхан айаташца /билгалонашца/ , баккъалла а Тхо /хир/ ду шоьца , ладуг1уш"
16.Фир1авн волче г1ой , аш шиммо цуьнга ала :"Баккъалла а Тхо 1аламийн Делан хабар /элчанаш/ ду .
17.Тхоьца бахкийта Исраилан к1ентий /бераш/"
18.Цо /Фир1авнас/ элира :"Оха ца кхиийра хьо тхайна юкъахь /хьо жима/ бер долш ? Хьо /вехаш/ 1ийра ткъуна юкъахь хьан уьмарх шерашкахь .
19.Ахь ша дин долу /стаг вер/ хьан г1уллакх а дина ахь , /сан диканна/ хьо баркалле воцуш"
20.Цо элира :"Ас дина и /стаг вер г1уллакх/ со тиллачарех /и ца магар цадевзачарех/ волш .
21.Со ведара шоьх , со шоьх кхеравеллачу хена . Т1аккха сан Дала суна хаар /пох1ма/ а делира , со геланчех /элчанех/ а вира
22.И ду ахь суна ша т1ехдетта зовкх /дика/ , Исраилан к1ентий /бераш/ айхьа /лай бина/ бацорца
23.Фир1авна элира :"Мила ву /И/ 1аламийн Дела ?"
24.Цо /Мусас/ элира :"/Иза/ Стиглашин а , лаьттан а , цаьршинна юкъахь /мел/ долчун а Дела ву . /нагахь санна/ Шу хиллехь /делахь/ догтешна"
25.Цо элира шена гонаха болчаьрга :"Шуна ца хеза /цо дуьйцург/ ?"
26.Цо /Мусас/ элира :"/Иза/ Шун Дела а , шун хьалхарчу дайн Дела а /ву/"
27.Цо /Фир1авнас/ элира :"Баккъалла а , шоьга ваийтина волу шун элча , хьераваьлла /1овдал , хьекъалза/ ма ву"
28.Цо /Мусас/ элира :"/Иза/ Малхбален а , малхбузен а , цаьршинна юкъахь /мел/ долчун а Дела ву . /нагахь санна/ Шу хиллехь /делахь/ хьекъале"
29.Цо /Фир1авна/ элира :"Нагахь санна ахь со воцург кхин дела лаьцнехь , ас хьо тутмакхашех /лецначарех , набахте боьхкинчарех/ вийр ма ву"
30.Цо /Мусас/элира :"Со хьуна билгалчу /тамашийна/ х1уманца веънехь ай ?"
31.Цо /Фир1авнас/ элира/ :"Вола цуьнца /схьагайта и тамашийна дерг/ , /нагахь санна/ хьо бакълуьйчарех велахь /хиллехь/"
32./т1аккха/ Шен 1аса охьатесира цо , ткъа иза - билгала лаьхьа /хилира/
33.Шен куьг схьадаьккхира цо /шен чоьтара/ , ткъа иза - шурул-к1айн /лепаш гуш/ ду хьоьжучаьрна
34.Цо /Фир1авнас/ элира шен гонаха болчу элашка :"Баккъалла а х1ара /Муса/ говза /хууш/ бозбуанча ву ,
35.шен бозбуанчаллийца шу шайн лаьттара /махкара/ арадаха лаьаш . Х1ун омру /хьехар/ до аш /соьга/ ?"
36.Цара /жоплуш/ элира :"Т1аьхьататта иза а , цуьнан ваша а . Хьовсабе /бахийта бозбуанчаш/ гулбийраш /божарий/ шахьаршка ,
37.уьш бог1ур бу хьуна массо а говзачу бозбуанчийца"
38.Бозбуанчаш гулбира билгалчу /массарна а девзачу/ дийнан /тоьхначу/ ханна
39.Нахе элира :"/дерриге/ Схьагулделлий шу ?"
40.Вай бозбуанчашна т1аьхьадаза тарло /т1аьхьах1уьттур ду , нагахь санна/ уьш хилахь шаьш /Мусана т1ехь/ тоьлларш"
41.Бозбуанчаш баьхкича /схьакхаьчча/ , цара Фир1авне элира :"Баккъалла а тхуна ял /са/ йуй /нагахь санна/ тхо хилахь тоьлларш ?"
42.Цо /Фир1авнас/ элира :"Х1аъ /ю/. Баккъалла а шу , т1аккха гергаоьзначех /т1еоьзначех хир/ ма ду"
43.Мусас цаьрга элира :"Охьатаса /и/ ша аша охьатосург !"
44.Шайн машшаш /чуханаш/ а , 1асанаш /г1ожмаш/ а охьа а тесна цара элира :"Фир1авнан сийлаллора /дуй ма буу оха/ , баккъалла а тхо ма ду тоьлур дерш"
45.Мусас охьатесира шен 1аса , т1аккха цо /схьалоцуш/ д1акхаллара /д1ахудара/ ша цара /бозбуанчаллех/ кхуллу харцо /моттарг1анаш/
46./цу балхо/ Бозбуанчаш /сихонца/ гора эгийра
47.Цара элира :"Тхо тешна 1аламийн Делах -
48.Мусан а , Х1арунан а Делах"
49.Цо /Фир1авна элира :"Цунах тешна шу , ас шайна пурба далале ? Баккъалла а и /Муса/ шух воккханиг /коьртаниг/ ма ву , ша шуна бозбуанчалла 1амийна волу . Хаар /гур/ ду шуна /ас шайна дийр дерг/ . Ас хедор ма ду шун куьйгаш а , когаш а ирх-пурх а , ж1арах д1атухар ма ду шу дерриге"
50.Цара элира :"Зене /х1умма/ дац . Баккъалла а тхо тхан Деле керчар /доьрзар/ ду .
51.Баккъалла а оха сатуьйсу /догдоху/ Тхан Дала тхуна /оха дина/ тхан г1алаташ /къинош/ гечдаре , тхо /Мусах/ тешначарех хьалхар хиларна"
52.Оха Мусан дагчухьийхира :"Буса аравала /миср шахьар чуьра/ Сан лайшца . Баккъалла а шуна т1аьхьавер /волш/ ву /Фир1авн/"
53.Фир1авнас бахийтира шахьаршка /эскар/ гулдийраш
54."Баккъалла а х1орш к1еззиг /жима/ ж1уга /тоба/ ю .
55.Баккъалла а цара вай дар /оьг1азе/ ма дина .
56.Баккъалла а вай дерриге сема /хила дезаш/ ма ду .
57.Оха арабехира уьш бошмашкара а , шовданашкара /татолашкара/ а ,
58.хазнашкара /бахамашкара/ а , лерамечу /сийлахьчу/ меттигера а .
59.Иштта Оха /ирсана/ йитира и Исраилан к1енташна .
60.Царна т1аьхьабоьвлира уьш /1уьйрана/ садоржуьйтуш
61.Шина тобана вовшийн гинчу хена , Мусан накъосташа элира :"Баккъалла а вайн т1екхуьуш ма бу /уьш/"
62.Цо /Мусас/ элира :"Х1ан-х1а ! Баккъалла а соьца сан Дела ву , со /нийсачу новкъа/ нисвийр волш"
63.Оха Мусан дагчухьийхира :"Хьан 1аса х1ордах тоха !" /аьлла/ . /цо и тоьхна/ Бекъабелира и /х1орд шен/ х1ор аг1о /йист/ боккха лам санна /лекха/ хилла .
64.Оха гергабалийра цига вуьйш
65.Оха к1елхьар бехира Муса а , цуьнца берш а /уьш/ берриге
66.Т1аккха хин буха бахийтира Оха вуьйш
67.Баккъалла а цуьнгахь /дийцарехь , хьехаме/ билгало ма ю . /амма/ Царех дукхахберш тешаш бацара .
68.Баккъалла а хьан Дела , Иза нуьцкъала /сийлахь/ , къинхетаме ма ву
69.Деша /дийца/ царна Ибрах1иман хабар
70.Цо шен дега а , шен къоме а элира :"Cтенна лолла /1ибадат/ деш ду шу ?"
71.Цара /жоплуш/ элира :"Ц1уйшна лолла /1ибадат/ до оха , царна /1ибадатна/ д1ахиттина 1а-кх /лаьттакх/ тхо"
72.Цо /Ибрах1има хоттуш/ элира :"Ткъа хезий царна шу , аш /шайга/ кхойкхуш ?
73.Йа шуна пайда бой цара /аш шайна 1ибат дора аьлла/ , йа /шуна/ зе дой цара /аш шайна 1ибадат ца дича/ ?
74.Цара /жоплуш/ элира :"/х1ан-х1а/ Мелхо а , тхуна тхайн дай карийнакх шаьш иштта /из-за/ деш /цундела оха а докх из-за/"
75.Цо /Ибрах1има/ элира :"/ойла йиний аш/ Шуна гиний и аш /шена/ 1ибадат деш хилларг -
76.Аша а , шун хьалхара /шира/ дайш а ? /шена 1ибадат дан хьакъдолш х1умнаш ю тов уьш ?/
77.Баккъалла а уьш /шун деланаш/ сан мостаг1 /ма/ ву , 1аламийн Дела воцург ,
78.Ша со кхоьллина волу , И ву со нисвийриг ,
79.И ву Ша суна даа , мала лушверг ,
80.Со цомгуш хилча , И ву суна г1оли йийриг /дарба дийриг , товийриг/ ,
81.Ша со кхалхориг , цул т1аьхьа Ша со денвийриг ,
82.Ша суна сан г1алат /къа/ , бекхаман дийнахь , гечдаре ас сатуьйсарг /догдохург/ .
83./х1ай/ Сан дела ! Лохьа суна хаар /хьекъал , кхетам/ , д1атохахь /вехьа/ со /дуьненахь , эхартахь Хьан лайшха/ дикачарах
84.Дехьа суна т1аьхьарчарна юкъахь диканиг алар /диканца хьахор , хаза ц1е яккхар/
85.Вехьа со зовкхан ялсаманин верасашха /цу чохь буьсур болчарех/
86.Гечдехьа сан дена , баккъалла а тиллачарех варкха иза
87.Ма вехьа со сийсаз уьш г1овтточу дийнахь
88.Бахамо а , к1енташа /бераша/ а /цхьанне а/ пайда ца бечу /г1о ца дечу/ дийнахь
89.Ша ц1енчу /бехдаза/ дагца Аллах1ан т1евеънарг воцучунна"
90./оцу дийнахь/ Йалсамани гергайалийра /Делах/ кхоьручарна /кечйина/
91.Жоьжахате гучуйаьккхира 1ехабеллачарна /тилабеллачарна , цуьнан чам хаийта/
92./т1аккха/ Цаьрга элира :"Мичахь ду аш /дуьненахь/ шена 1ибадат деш хилларг ,
93.Аллах1 витина ? Дой цара шуна /тахана/ г1о , йа шайна /мукъане/ г1о дой цара ?
94.Т1ек1ел юьхьарбиттира уьш цу /жоьжахат/ чохь , уьш а , 1ехабелларш /тилабелларш/ а .
95.Иблийсан эскарш а - дерриге .
96.Цара элира , шаьш цу чохь къийсалуш :
97."Аллах1ора , Баккъалла а тхо билгалчу тиларехь ма хилла ,
98.оха шу 1аламийн Делаца нисдечу хена .
99.Тхо тилийна дац , къадечара бен .
100.Тхан бац /шафа1атна/ т1ех1уьттарш а ,
101./гергар/ хьоме доттаг1 а .
102./давискха/ Баккъалла а тхан /цкъа дуьненчу/ юхадерзар делхьара , /т1аккха диканиг дина / тхо тешначарех хила"
103.Баккъалла а цуьнгахь /хьехаме/ билгало ма ю /ойла ечунна/ , делахь а царех дукхахберш тешаш бацара .
104.Баккъалла а хьан Дела , Иза /сийлахь/ нуьцкъала , къинхетаме ма ву .


105.Харцбира Нухьан къомо геланчаш .
106.Церан вашас - Нухьас цаьрга элира :"Шу /Делах/ ца кхоьру ?!
107.Баккъалла а со тешаме элча /ма/ ву шуна .
108.Аллах1ах кхера , суна муьт1ахь хила .
109.Ас ца йоьху шоьга цу т1ехь ял /са/ . Сан ял ма йац 1аламийн Далла т1ехь бен .
110.Аллах1ах кхера , суна муьт1ахь хила .
111.Цара элира :"Тхо хьоьх /муха/ теша , хьуна т1аьхьах1иттанарш /уггар/ г1аддайнарш /декъазнаш/ хилча ?"
112.Цо элира :"Соьгахь х1ун хаар ду цара лелош хиллачунца ?
113.Церан хьесап /ма/ дац , Сан Далла т1ехь бен . Шуна /и/ хаахьара /хиъна хир дара шуна и Цуна т1ехь хилар/ .
114.Со ма вац муъманах /сайха/ лелхор /къахкор/ болш
115.Со ма вац , билгала д1ахьедархо бен" .
116.Цара элира :"Х1ай Нухь ! /нагахь санна/ Хьо /хьан кхайкхамах/ ца сацахь , /шайна/ т1улгаш диттанчарех хир ма ву хьо"
117.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а сан къомо харцви со .
118.Кхел йехьа суна а , царна а юкъахь . К1елхьарваккхахь со а , муъманахех соьца верг а !"
119.Оха к1ехьарваьккххира иза а , ша цуьнца верг а доьттинчу х1ордкеманахь
120.Цул т1аьхьа Оха хин буха бахийтира бисанарш
121.Баккъалла а цуьнгахь /хьехаме/ билгало ма ю /ойла ечунна/ , делахь а царех дукхахберш тешаш бацара .
122.Баккъалла а хьан Дела , Иза /сийлахь/ нуьцкъала , къинхетаме ма ву .


123.Харцбира 1адаш геланчаш
124.Церан вашас - Х1удас цаьрга элира :"Шу /Делах/ ца кхоьру ?!
125.Баккъалла а со тешаме элча /ма/ ву шуна .
126.Аллах1ах кхера , суна муьт1ахь хила .
127.Ас ца йоьху шоьга цу т1ехь ял /са/ . Сан ял ма йац 1аламийн Далла т1ехь бен .
128.Аш юг1у х1ор гу /барз/ т1ехь /г1ишлонах/ билгало /цуьнга хьашто йоцушнехь/ шаьш самукъадоккхуш /ловзуш/ ,
129.х1иттайо б1аьвнаш /г1аланаш/ , шаьш гуттар латтаре догдохуш ,
130.шаьш ка тоьхча /та1зар дича , г1уда тоьхча/ аш къиза /дера/ ка туьйхира ?
131.Аллах1ах кхера /ка тохарехь/ , суна муьт1ахь хила
132.Шу кхера , Ша шуна /зовкхашха/ девзариг шуна деллачух .
133.Цо шуна делла даьхни а , к1ентий /бераш/ а , бошмаш а ,
134.шовданаш /татолаш/ а
135.Баккъалла а со кхоьру шуна т1ехь /хир долчу/ доккхачу дийнан 1азапех"
136.Цара элира :"Цхьатерра ду тхуна , ахь /тхуна/ хьехам бича а , йа хьо хьехамхойх ца хилча а .
137.Х1ара ма дац , хьалхалерчийн г1иллакх /ламаст/ бен .
138.Тхуна 1азап дийра ма дац"
139.Цара харцвира и , т1аккха Оха х1аллакбира уьш . Баккъалла а цуьнгахь /хьехаме/ билгало ма ю /ойла ечунна/ , делахь а царех дукхахберш тешаш бацара .
140.Баккъалла а хьан Дела , Иза /сийлахь/ нуьцкъала , къинхетаме ма ву .

141.Харцбина Самудаш геланчаш
142.Церан вашас - Салихьас цаьрга элира :"Шу /Делах/ ца кхоьру ?!
143.Баккъалла а со тешаме элча /ма/ ву шуна .
144.Аллах1ах кхера , суна муьт1ахь хила .
145.Ас ца йоьху шоьга цу т1ехь ял /са/ . Сан ял ма йац 1аламийн Далла т1ехь бен .
146.Шу /шаьш/ дуьтур ду /моьтташ ду/ тов х1окху /зовкхехь/ кхузахь /дуьненахь/ маьрша ,
147.бошмашкахь а , шовданашкахь /татолашкахь/ а ,
148.ялташкахь а , шен ч1ениг ховха /экам/ йолчу хурманашкахь а ,
149.лаьмнех говза /дозаллийца/ ц1енош цоьстуш /деш/ а ?
150.Аллах1ах кхера , хила суна муьт1ахь !
151.Ма хила телханчеран балхана мут1ахь ,
152.шаьш лаьттахь /зуламе/ бохамаш беш , диканиг ца деш болчу .
153.Цара элира :"Баккъалла а , хьо /ма/ ву /и/ талхийначарех /бозбуанчалла , г1омалла хиллачарех/ .
154.Хьо /ма/ дац тхоьга терра адам бен . Йалайе /цхьа/ билгало /нагахь санна/ хьо бакълуьйчарех велахь"
155.Цо элира :"Х1ара стен эмкал ю , цуна а малар /дакъа/ ду , шуна а ду билгалчу дийнан малар /дакъа/ .
156.Хьакха ма лолаш цуьнах вонца , /ткъа аш цуна во дахь/ т1аккха доккхачу дийнан 1азапо д1алоцур ду шу !"
157./амма ла ца доьг1на/ Урс хьаькхира цара цуна , /т1аккха/ хилира уьш дохкобоьвлла .
158.1азапо д1алецира уьш . Баккъалла а цуьнгахь /хьехаме/ билгало ма ю /ойла ечунна/ , делахь а царех дукхахберш тешаш бацара .
159.Баккъалла а хьан Дела , Иза /сийлахь/ нуьцкъала , къинхетаме ма ву .


160.Харцбира Лут1ан къомо геланчаш .
161.Церан вашас - Лут1ас цаьрга элира :"Шу /Делах/ ца кхоьру ?!
162.Баккъалла а со тешаме элча /ма/ ву шуна .
163.Аллах1ах кхера , хила суна муьт1ахь .
164.Ас ца йоьху шоьга цу т1ехь ял /са/ . Сан ял ма йац 1аламийн Далла т1ехь бен .
165.1аламашха /Дала шайна кхоьллинчух , безамца/ божаршна дог1у /т1ег1ерта/ шу ,
166.аш /муха/ дуьту шун Дала шун зударех шайна кхоьллинарг /магийнарг/ ? Мелхо а , шу /шайн зуламехь хьаналчух/ т1ехдаьлла къам /нах ма/ ду
167.Цара элира :"Х1ай Лут1 ! Хьо /айхьа дуьйцучух/ ца сацахь , хьо хир ма ву /махках/ арабаьхначарех !"
168.Цо элира /цаьрга/ :"Баккъалла а со шун 1амална гамоне /ачоне/ чарех ма ву .
169.Х1ай сан Дела ! К1елхьарваккхахь со а , сан доьзал а цара лелочух !"
170.Оха к1елхьарваьккхира иза а , цуьнан доьзал а - берриге а ,
171./х1аллак хила/ бухбисанчарна юкъахь /йолу цуьнан/ къена зуда йоцург .
172.Т1аккха Оха х1аллакбира /этира бисана/ вуьйш .
173.Оха царна т1е /т1улген/ дог1а делхийра . Ма вон /буьрса/ даркха /шайна/ д1ахьединчеран дог1а .
174.Баккъалла а цуьнгахь /хьехаме/ билгало ма ю /ойла ечунна/ , делахь а царех дукхахберш тешаш бацара .
175.Баккъалла а хьан Дела , Иза /сийлахь/ нуьцкъала , къинхетаме ма ву .

176.Боьлак дайша харцбира геланчаш .
177.Церан вашас - Шу1айба элира цаьрга :"Шу /Делах/ ца кхоьру ?!
178.Баккъалла а со тешаме элча /ма/ ву шуна .
179.Аллах1ах кхера , хила суна муьт1ахь .
180.Ас ца йоьху шоьга цу т1ехь ял /са/ . Сан ял ма йац 1аламийн Далла т1ехь бен .
181./терзан/ Барам буьззина /кхоччуш нийса/ д1ало , шу ма хила /терза/ эшочарех .
182.Нийсачу терзанца оза .
183.Ма эшайе нахана церан х1умнаш , шу ма лела лаьттахула бохамаш беш .
184.Шу кхера , шу а , /шул/ хьалхара кхоллам /х1у/ а Ша кхоьллинчух".
185.Цара элира :"Баккъалла а , хьо /ма/ ву /и/ талхийначарех /бозбуанчалла , г1омалла хиллачарех/ .
186.Хьо /ма/ дац тхоьга терра адам бен . Баккъалла а тхуна хьо харцлуьйчарех ма хета
187.Ахь эгайе тхуна т1е /г1уданна/ стиглара кескаш /аьхкаш , геригаш/ , /нагахь санна/ хьо бакълуьйчарех хиллехь /велахь/"
188.Цо элира :"Сан Дела т1ех дика хууш ву аш лелориг"
189.Харцвира цара и , т1аккха уьш д1алецира бодане /хьуламе/ дийнан 1азапо . Баккъалла а доккхачу дийнан 1азап дара /хиллера/ иза .
190.Баккъалла а цуьнгахь /хьехаме/ билгало ма ю /ойла ечунна/ , делахь а царех дукхахберш тешаш бацара .
191.Баккъалла а хьан Дела , Иза /сийлахь/ нуьцкъала , къинхетаме ма ву .

192.Баккъалла а и /къуръан/ , 1аламийн Делан доссор /Цуьнгара доьссина/ ма ду .
193.Тешаме /Джабраилан/ са доьссина цуьнца
194.хьан даг т1е , хьо хилийта д1ахьедечарех
195.билгалчу 1арбийн маттахь .
196.Баккъалла а и /къуръанан маь1наш хьахор/ хьалхарчеран жайнашкахь ма ду
197.Исраилан к1ентийн /жуьктийн/ 1еламнахана и хаар билгало ца хилла-те царна ?
198.Оха и /къуръан , 1арбой боцуш/ кхечу къомах цхьанна т1е а доссийна ,
199.цо царна и дешча , тешар /ма/ бацара уьш цуьнах .
200.Иштта чудиллина Оха и /харцдар/ къадечеран дегнашчу .
201.Уьш ца теша цуьнах /бакъдолчух/ , шайна /шаьш/ лазо 1азап галлалц .
202.Ц1аьххьана дог1у царна и /1азап/ , царна /и дог1уш/ хаа ца луш .
203./т1аккха/ Цара /дохкобовле/ олу :"Вай /1азапна к1еззиг/ т1аьхьатоттий-те /дика дийр ма дара вай/ ?"
204.Тхан 1азап сихдо цара ?!

205.Хьуна гирий , Оха цаьрга /дуккха а/ шерашкахь /заманахь/ зовкх хьегийтана ,
206.цул т1аьхьа /1азапех/ шайна ч1аг1о еш хилларг
царна деача ,
207.уьш /цуьнах/ хьалхабохур ма бацара шайга хьегийтана хиллачу зовкхо ?
208.Оха х1аллак ма ца йина цхьа а юрт , цуьнан /юьртан баьхкина/ д1ахьедийраш /элчанаш/ болш бен
209./царна/ хьехамна . Тхо дацара зуламе /уьш цул т1аьхьа х1аллакбарехь/
210.Ца диссина цуьнца /къуръанца/ шайт1анаш ,
211.царца дог1уш дац /и/ , /хилчи а/ церан ницкъ /ма/ ца кхочу /и дан/.
212.Баккъалла а уьш /шайт1анаш , охьадоссочу къуръане/ ладог1арха генадаьхна /духатоьхна/ ма ду
213. Ахь ма кхайкха Аллах1аца кхин дела , т1аккха хьо /шайна/ 1азапдечарех хила /хьакъ ца хилийта/
214.Д1ахьеде уллерачу /юххерачу/ хьан тайпане /ц1ийна нахе/ .
215.К1еда-мерза хила муъманахех хьайна т1аьхьах1иттанчарца .
216./нагахь санна/ Уьш хьуна 1еса хилахь , ахь /цаьрга/ ала :"Баккъалла а со ц1ена ву-кх аш лелочух"
217.Хьо т1етовжа нуьцкъалчуна , къинхетамечуна ,
218.Ша гушволчу хьо а , /ламазна/ хьо д1ах1уттучу хена ,
219.хьан д1асхьахьежар /хилар/ а , горабахначарна юкъахь
220.Баккъала а И ву И хезашверг , хуушверг .
221.Ас д1ахаийтий шуна шайт1анаш хьанна т1едуьссу ?
222.Уьш /дера/ дуьссу х1ор харцлуьйчуна , къадечуна т1е .
223./малийкашка/ Ладуг1у цара /къайле хаархьама/ , /делахь а/ царех дукхахдерш харцлуьйш ду .
224.Илланчаш - царна т1аьхьах1уьтту /шайн сонталлийна/ 1ехабелларш /тилларш/
225.Хьуна ца гина , баккъалла а уьш массо а /къамелан/ тог1ехь кхерстар а ,
226.баккъалла а цара шаьш ца дийриг алар /дийцар/ а ,
227./царех/ шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а , /шайн къамелехь/ Аллах1 дукха хьахийнарш а , /шаьш шайн маттаца бусалбанахана/ г1одинарш а боцурш /керстано царна/ зуламдинчул т1аьхьа . Шаьш зуламдинчарна хуур /ма/ ду , муьлхачу дерзаре /чаккхене/ шаьш боьрзур бу .



27 - Сурат Аннамл /Зингаташ/
(Маккахь доьссина ‚ 93 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу




1.Т1о , сийн . /Аллах1 т1ех дика хууш ву царех Шена луург/ . Х1орш къуръанан а , билгалчу жайнан а аяташ ду
2./шаьш тиларха/ Нийса некъ а , /шайха/ тешачарна /ялсаманийца/ кхаъ а болуш
3.Шаьш /кхачаме/ ламаз х1оттош /деш/ , закат луш , эхартах /и т1едарех/ догтешна шаьш болуш
4.Баккъалла а шаьш эхартах цатешарш , Оха царна хазйина шайн /ирча/ 1амалш . Уьш боьхна лела /хьайре хилла/
5.Уьш - шайна /дуьненахь/ 1азапан вон /гур/ дерш бу , уьш - эхартахь шаьш /массарел а сов/ эшнарш /зен хиндерш/ бу
6.Баккъалла а хьоьга /Мухьаммад/ къуръан кхочу /ло , ахь и схьаоьцу/ кхетамечуьнгара , хуучуьнгара
7./хьахаде/ Мусас элира шен доьзалга /ох1улуне новкъах тилавелла ша вог1уш/ :"Баккъалла а суна /геннахь цхьа / ц1е хааели /ги/ , ас цуьнах /цун т1ебоьдучу некъах/ хаам бохьур бу шуна , я ас /цуьнах/ шуна хаьштиг - /богу/ к1ега бохьур бу . /т1аккха/ Шу дохдала тарло"
8.Ткъа и цуна т1евеанчу хена , цуьнга кхайкхира :"Беркате /сийлахь , декъала/ хили ц1ергахь верг а , /малийкех/ цуна гонаха верг а . Ц1ена ву Аллах1 - 1аламийн Дела"
9.Х1ай Муса ! Баккъалла а /хьоьга вистхуьлург/ , Со ву сийлахь , кхетаме /волу/ Аллах1 .
10. Охьакхосса /таса/ хьан /карар/ 1аса !". Шена и гинчу хена /ша/ меттаххьуьйш /сетташ/ , баккъалла а ша /моьлкъа санна чехка/ текхарг болш санна , д1ахьадира и букътоьхна , /кхераваларна/ юха ца хьаьжира /ца вирзира/ и . /т1аккха Дала элира/ "Х1ай Муса ! Ма кхера /хьайна гучух/ ! Баккъалла а Со , Сайна гергар /болу/ геланчаш /цуьнах , кхечух/ ца кхоьруш /ма/ ву
11.Ша /царех/ зулам динарг воцург , цул т1аьхьа /ша и/ хийцина диканца /дохковаларца , ша динчу/ вочул т1аьхьа . Баккъалла а Со гечдийриг , къинхетамениг ву"
12.Хьан куьг хьан /г1аг1ан/ чоьта долла , иза арадер ду /хьуна Сан пурбанца/ к1ай /нуьре хилла/ , /шеца цхьа а/ во /сиркхонах х1ума/ доцуш . Фир1авне а , цуьнан къоме а /гайта хьоьга Оха еллачу/ исс билгалонах /билгало ю и/ . Баккъалла а уьш хиллера песакъ къам /нах/
13.Шайга Тхан билгалонаш йаьхкинчу хена /шайна/ гуш /йолш/ , цара элира :"Х1ара билгала бозбуанчалла ду"
14.Цара /къобал ца деш/ юхатуьйхира уьш зуламца а , дозаллийца /кураллийца/ а шайн синош царех /уьш делера хиларх дог/ тешна долшнехьа . Хьажа муха хилла бохамбечеран /талхорхойн/ чаккхе /т1аьхье/
15.Бакъ долш Оха делла Давудана а , Сулайманна а хаар . Цаьршимма элира :"Хастам бу Аллах1ана , Ша тхо толийначу /г1оли , бакъхьа хетначу/ Шен муъма лешха дукхахболчарна т1ехь"
16.Сулаймана ирс /пайхамаралла , паччахьалла , 1илма/ ийцира /шен дех/ Давудах /цул т1аьхьа/ . Цо /Сулаймана/ элира :"Х1ай нах ! Тхуна /Дала/ 1амийна /кхетийна/ олхазарийн мотт /къамел/ , тхуна /суна а , со санна чаьрна а/ делла массо а /пайхмаршна , паччахьашна лучу/ х1уманах . Баккъалла а х1ара , /Делера/ билгала толор /комаьршо/ ду /суна/
17.Д1агулдира Сулайманна цуьнан эскарш /б1ахой/ жинех а , адамех а , олхазарех а /долу/. Уьш /низамехь/ д1асадоькъу /д1анисдо шайн декхаршна/
18.Уьш /сулайман а , цуьнан эскарш а/ зингатийн тог1е /боьра/ кхаьчча , /коьртачу/ зингато /уьш шена гина/ элира :"Х1ай зингатий ! /чехка/ Шайн баннаш /х1усамаш/ чудовла ! Шу ма хьешийла /кегдойла/ Сулаймана а , цуьнан эскарш а , шайна /шу новкъахь дуй хаа/ ца хууш .
19.Вела къежира и /Сулайман/ цуьнан /зингатан/ дешах /тамашбина/ . Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Сан дагчохь сацадехьа /дагчу диллахь/ Хьан зовкхана баркалла алар , ша Ахь суна а , сан дена-нанна а делла долчу , /иштта/ ас диканиг дан а Хьо шена реза волу , Хьан къинхетамца со хьан дикачу лешха д1атохалахь"
20.Цо лехира /шен хьаштана х1уттут/ олхазар , т1аккха /шена и ца гича/ цо элира :"Х1ун ду суна /хилларг/ , х1уттут ма ца го суна ? Я /кхузахь/ доцучарех дара и /олхазар/ ?
21.Ас буьрса та1зар дийра ма ду цунна , я урс хьокхур ма ду цунна , я и суна билгалчу бухца /бехказлонца/ йог1ур ма ю
22.Еха ца лаьттира и . /еана кхаьчна/ Цо /х1уттуто/ элира :"Хьуна /х1ай Сулайман/ ца девзинарг девзи /хиъна/ суна . Ас хьуна деана Сабаэра бакъ /билгал/ хабар
23.Баккъалла а суна карийра зуда царна /сабаъ къомана/ паччахьалла деш . Массо а /паччахьан оьшу/ х1уманах /х1ума/ делла цуна . Йоккха /исбаьхьа/ васхал /паднар/ а ю цуьнан
24.Суна карийра иза а , цуьнан къам а маьлхана гораг1уш /сужуд деш/ Аллах1 а витина /маьлхана 1ибадат дарца/ . Шайт1ано хазйира цаьрна шайн 1амалаш /Далла сужуд ца дар/ , цо бухатуьйхира /д1ахьовзийра/ уьш /нийсачу/ новкъах , /цундела/ уьш нисцало /царна ца бевза нийса некъ/
25./шайт1ано бухатуьйхира/ Уьш Аллах1ана гора ца бахийтархьама , Ша схьадоккхуш /1орадоккхуш/ волу стигланашкахь а , лаьттахь а /мел долу/ хьуламениг , хууш волу аш хьулдийриг /къайладоккхург/ а , гучудоккхург а
26.Аллах1 /ву Шена 1ибадат дан хьакъверг/ - кхин дела вац И воцург , сийлахьчу васхалан /1аршан/ Дела /да/ волу
27.Цо /Сулаймана/ элира :"Хьовсур ду вай бакълийна хьо я харцлийначарех хилла хьо .
28.Х1окху сан кехатца г1ой царна /Билкъийсана/ и охьа а тасе т1аккха царех юьстах а йале хьажа цара х1ун сацам бо /жоп ло/"
29.Цо /Билкъийса/ элира :"Х1ай элийн пхьоьг1а ! Баккъалла а Соьга лераме кехат тесна /кхаьчна/
30.Баккъалла а и /кехат/ Сулайманера ду . Баккъалла а и /цуьнан чулацам/ "Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу" .
31.Даз ма ло суна ! Суна т1едуьйла /Аллах1ан/ муьт1ахь хиле"
32.Цо элира :"Х1ай элийн пхьоьг1а ! Хьехар деша суна сан белхехь , со ма яц х1ума хадор долш шу сайна юххехь доцуш"
33.Цара элира :"Вай ницкъан а , ч1ог1ачу г1оран а дай ду . /делахь а/ Болх /цуьнан сацам/ хьоьга /хьан карахь/ бу , хьажахь х1ун омру до ахь /тхоьга , тхо муьт1ахь хир ду хьуна/
34.Цо /Билкъийса/ элира :"Баккъалла а паччахьаш /шайна дуьхьал йаьлла/ юьрта /толамца/ чубаьхкича , талхийна /йохийна/ и , цуьнан сийлахьнаш /шайна муьт1ахь хилийта/ сийсаз бина . Иштта до цара /и/
35.Баккъалла а ас царна совг1ат а дахьийтана хьожур ю со /ладуг1ур ду ас/ стенца буха боьрзу геланчаш"
36.И /геланча совг1аташца/ Сулайман волчу веанчу хена , цо /Сулаймана/ элира /цаьрга/ :"Суна г1о дан /со шайна т1еверзо/ г1ерта шу /шайн/ бахамца ? Аллах1а суна /пайхамараллех а , паччахьаллех а/ делларг тоьлуш /дика/ ма ду /Цо/ шуна /дуьнена хазаллех/ деллачул а . Мелхо а , шу шайн совг1атах /тамашбеш/ даккхийдоь .
37./Сулаймана Билкъийсан геланче элира/ Вухаверза цаьрга /хьан совг1атца/ ! /ахь д1аала цаьрга , Делора/ Тхо царна дог1ур ма ду церан шеца /ларо/ ницкъ /хир/ боцучу эскаршца . Оха арабохур ма бу уьш цу /шайн Сабаъ махка/ чуьра юьхь1аьржа х1иттийна , шаьш сийсаз болш /бохийна , охьата1ийна/
38.Цо /Сулаймана/ элира :"Х1ай элийн пхьоьг1а ! Шух муьлхачо йохьур яра суна цуьнан /Билкъийсан/ васхал /паднар/ , уьш суна т1екхачале /Аллах1ан/ муьт1ахь хилла ?
39.Жинашха /уггар/ буьрсачо элира :"Ас йохьур ю-кх хьуна и , хьо хьайн меттигера /пхьоьг1анера/ хьала г1аттале . Баккъалла а со цу т1ехь нуьцкъала , тешаме ду"
40.Шегахь жайнара хаар долчо элира :"Ас йохьур ю-кх хьуна и , ахь б1аьрг-нег1ар тохале". /ткъа/ Цуна и гинчу хена шена хьалха /гергахь/ лаьтташ , цо элира :"Х1ара сан Делан комаьршонех ду , Ша со зерхьама ; Ас /зовкхана/ баркалла олу /те/ йа керстаналла до /те хьажар дуьхьа/ . Ша баркалла аьлчо , баккъалла а шен дег1ана /шена/ баркалла олу , ткъа ша /зовкхаца/ керстаналла динчо /шена до/ , баккъалла а сан Дела хьоле /церан баркалле хьашт воцуш тароне/ , лераме ву
41.Цо /Сулаймана/ элира :"Ца йовззал хийца цуна шен васхал /паднар/ , хьовсур ду вай нисло и /шен васхал йовзаре , каръяре/ йа шаьш ца нислочарех хир ю и"
42.Ткъа и /Билкъийс/ схьаеанчу хена , /цуьнга/ элира :"Иштта юй хьан васхал /паднар/ ?" Цо /жоп луш/ элира :"Баккъалла а и йолш санна юкх и . Тхуна /Дала/ хаар делла цул хьалха , тхо хилира /Далла/ муьт1ахь"
43./Далла 1ибадат дарха/ Юхатуьйхира /сацийра/ и /Билкъийс/ Аллах1 витина /шена/ цо 1ибадат деш хилчо /я Сулаймана сацийра и Билкъийс Аллах1 воцуш кхечунна деш хиллачу 1ибадатах/. Баккъалла а иза /Билкъийс/ цатешачу /малхан лолла дечу/ къомах яра
44.Цуьнга элира :"Г1ишло чуйала !" Шена и гинчу хена , /чекхсагуш хиларна/ хина к1урк1мане ю моттаделира цуна и , /т1аккха/ шен /юх т1ад ца йалийта хьалатесна/ шиъ ност гучуйаьккхира цо . Цо /Сулаймана/ элира /цуьнга/ :"Баккъалла а иза аьнгалин /шера/ лекха /нуьцкъал/ г1ишло ю". Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а ас зулам динакх сайн дег1ана /сайна , айса лелийначуьнца/ . /х1инца/ Со муьт1ахь хили Сулайманца Аллах1ан , 1аламин Делан"
45.Бакъ долш , Оха хьажийра /вахийтара/ Самудашка церан /къоман/ ваша - Салихь /пайхамар/ , "Аллах1ан /цхьаъварца/ 1ибадат де" /аларца/ . Ткъа уьш /царех/ къийсало шиъ тоба /хилира/
46.Цо /Салихьа/ элира :"Х1ай сан къам ! Х1унда сихдо /кхойкху/ аш вониг дикачул хьалха ? Аллах1е гечдардехахьара аша , /жоп даларца/ къинхетам бан тарлора /Цо/ шух" .
47.Цара /жоплуш/ элира :"Ойла йоьжна /дог даьлла/ тхан хьоьх а , хьоьца болчех а /тхайна гинчу вочу билгалонна/ . Цо элира /цаьрга жоплуш/ :"Шун ойла йожар /дог далар/ Аллах1ан гергахь ду /бекхам хир болш/ . Мелхо а , шу зуьйш къам ду"
48.Оцу шахьарехь /коьрта/ исс стаг /накъост/ вара , /цу/ лаьттахь бохамаш лелош , диканиг ца деш .
49.Цара /вовшашка/ элира :"Дуй баа /ч1аг1о йе массара/ Аллах1аца , х1окху буса вай х1аллак бийра ма бу иза а , цуьнан доьзал /динвежарий/ а . Цул т1аьхьа вай эра ма ду цуьнан верасе :"Тхо дацар цуьнан доьзал х1аллакбечохь . Баккъалла а тхо бакълуьйш /ма/ ду" /аьлла/
50.Ямартлонца /тешнабехкаца/ мекарло йира цара /Салихьна дуьхьал/ . Оха а йира /царна/ х1илланца /бекхам беш та1заран/ мекарло . Царна /и та1зар т1едог1ий/ хууш доцуш .
51.Хьажа муха хилла церан мекарлонан чаккхе /т1аьхье/ . Баккъалла а Оха /ц1ог1анца/ х1аллак бира /бохийра/ уьш а , церан къам а - /уьш/ берриге
52.И церан х1усамаш ю /царех/ йаьсса /эрна , йоьхна лаьтташ/ цара динчу зуламна . Баккъалла а цуьнгахь /Оха царех динчуьнгахь кхетаме/ билгало ма ю /Тхан ницкъ мел бу/ хуучу /хьекъалечу/ къомана /нахана/
53.Оха /цу та1заран/ к1елхьарбехира шаьш /Салихьах/ тешнарш а , /Делах/ кхоьруш хилларш а
54.Лут1 а /хьажийра Оха шен къоме/ , цо элира шен къоме :"Ирчаниг /боьханиг муха/ до аш , шайна /и ирча хилар/ гуш /хууш/ долш ?
55.Стегаршна /муха/ дог1у шу безамна /Дала шайна кхоьллина/ зударий битина ? Мелхо а , шу сонта /энжеде/ къам /ма/ ду"
56.Цуьнан къоман жоп /ма/ дацара цара алар /доцург/ бен :"Арадаккха /лалла/ Лут1ан ох1лу шайн юьртара ! Баккъалла а уьш /вай лелочух/ ц1анло /реза доцуш/ адамаш ду"
57.Т1аккха Оха к1елхьарваьккхира иза а , цуьнан доьзал а , цуьнан зуда йоцург . Оха /х1аллак хила/ бухабисанчарех лерира иза .
58.Оха /т1улге/ дог1а делхийра царна т1е . Ма вон ду-кх /шайна/ кхерамтесначеран дог1а
59.Ахь ала :"Хастам бу Аллах1ан . /салам/ Маршалла ду Цо шаьш хаьржинчу Цуьнан лайшна . Аллах1 тоьлуш /дика/ ву я цара /Цуна/ декъаховийриг ду /тоьлуш/ ?"
60.Я /мелхо а/ Ша стигланаш а , латта а кхоьллина , шуна стиглара /дог1ан/ хи доссийнарг /вац ткъа тоьлург/ , Оха шеца хаза /исбаьхьа/ бошмаш кхиийна . Шун /ницкъехь ма/ дацар цуьнан /деккъа цхьа/ дитт кхиор . Вуй ткъа Аллах1аца кхин дела ? Мелхо а , уьш /кхиверг Аллах1ех/ д1атарвеш къам /ма/ ду
61.Я Ша латта /цхьанахь/ сецна /ца техкаш/ дина , цуна юккъехула татолаш далийна , цуна /т1ехь и ч1агдеш/ лаьмнаш доьг1на , шина /дуьри а , тези а/ х1ордан юкъахь /цаэйта/ дуьхьало йинарг /вац ткъа тоьлург/ . Вуй ткъа Аллах1аца кхин дела ? Мелхо а , царех дукхахболчарна ца хаа /и/
62.Я Ша г1айг1анехь /хьаштонехь , гаттонехь/ волчуна жоплуш , цо шега кхайкхача , /цунах/ во д1аойъуш /д1адоккхуш/ , шу лаьттан верасаш деш верг /вац ткъа тоьлург/ . Вуй ткъа Аллах1аца кхин дела ? Ма к1еззиг ойла йокх аш /цуьнан/ !
63.Я Ша аренан а , х1ордан а боданашкахь шу /седарчашца , билгалонашца/ нисдеш , Ша Шен къинхетаман /дог1ан/ хьалха , къаъца /мела/ мехаш хьежориг /дохкуьйтург вац ткъа тоьлург/ . Вуй ткъа Аллах1аца кхин дела ? Аллах1 лакхавели /ц1анвели/ цара /Шеца/ декъашховечух /ц1уйх/ .
64.Я Ша /халк/ кхоллар долош , цул т1аьхьа и /кхелхача/ юхакхуллуш , Ша шуна стиглара а , лаьттара рицкъа луш верг /вац ткъа тоьлург/ . Вуй ткъа аллах1аца кхин дела ? Ахь ала /цаьрга/ :"Схьабалабе /схьагайта/ шайн /шаьш бакъ хиларан/ бух . Шу бакълуьйш хиллехь /делахь/
65.Ахь ала /цаьрга/ :"Стигланашкахь а , лаьттахь а долчунна /малийкашна а , адамашна а/ ца хаа /къемат де х1оттаран/ къайле , /цхьа Аллах1а воцучунна . /делахь а/ Царна тоса ца ло /ца хаа шаьш/ маца г1иттор /дендийр/ ду
66.Мелхо а , церан /цуьнах долу/ хаар эхартахь /бен/ т1екхиъна /дац/ . Мелхо а , уьш цуьнах шеконехь бу . Мелхо а , уьш цуьнах б1арзе бу .
67.Шаьш /Делах/ цатешначара элира :"Тхо а , тхан дай а чан хилча , баккъалла а тхо /тхан кешнашчуьра ден дина/ хьаладохур ду те ?
68.Бакъ долш , х1ара ч1аг1о тхуна а , тхан дайшна а хьалха дуйна йина . Х1ара ма дац хьалхалерчийн туьйранаш /аьшпаш/ бен .
69.Ахь ала :"Лаьттахула д1асхьа а дуьйлалой , хьовса муха хилла къадечеран чаккхе /т1аьхье/ !
70.Царна /уьш ца тешнера але/ г1айг1ане ма хила хьо . Цара лелочу мекарлонна /ямартлонна озалой/ са ма гатделахь !
71.Цара олу :"Маца ю и /аш 1азапца йина/ ч1аг1о шу бакълуьйш хилча ?"
72.Ахь ала :"Шуна герга хила тарло ша аш /1азапех/ сихден цхьадерг"
73.Баккъалла а хьан Дела адамашна комаьршон /къинхетаман/ да ву , делахь а царех дукхахболчара /цунна/ баркалла ца олу .
74.Баккъалла а хьан Далла /хаа/ ма хаа церан кийранаш /дегнаш ша/ хьулдийриг а , /церан меттанаш ша/ гучудоккхург а .
75.Стиглахь а , лаьттахь а цхьа а хьуламениг /х1ума ма/ дац /ша/ билгалчу жайнахь /д1айаздина Далла хууш/ долш бен
76.Баккъалла а х1окху къуръано Исраилан к1енташна дуьйцу уьш шегахь бекъабеллачух /церан ойла цхьанацайог1учух/ дукхахдерг
77.Баккъалла а и /къуръан/ муъманахана нийса некъ а , къинхетам а ма бу
78.Баккъалла а хьан Дала кхел йийра ма ю царна юкъахь Шен /нийсачу/ хьукманца . Иза сийлахь /нуьцкъал/ верг , /Ша дийриг/ хууш верг ву
79.Аллах1ан т1етовжа /Цуьнах тешна/ ! Баккъалла а хьо билгалчу бакъдолчун т1ехь ву
80.Баккъалла а хьуна д1ахазийталур бац /хьан/ кхайкхам /ирахь лелаш болш/ беллачарна а , д1ахазийталур бац /бакъдолчух/ къорачарна а , уьш букътоьхна д1ахьоьвдича
81.Хьо ма вац ба1ьрзенаш шайн тиларха нисбийр болш . Хьуна д1ацахазийта ло ша Тхан айаташха тешачунга а , шаьш /Аллах1ан/ муьт1ахь /догц1ена/ болчаьрга а бен .
82./1азапца ч1аг1о йина/ Дош царна /бакъ хилла/ т1едоьжча /т1ех1оьттича/ , Оха царна лаьттара хьаладоккхур ду ша цаьрга дистхуьлу цхьа хьайба /дийнат/ , баккъалла а адамаш Тхан /къуръанан/ айаташха догцатешаш хиллера /аларца/
83./хьахаде/ Оцу /къемата/ дийнахь х1ор къомах цхьа тоба гулйийра йу Оха , Тхан айаташ харцдечарех . Уьш /т1аьхьар/ лоьхкур /тоьттур/ бу .
84.Уьш /Далла хьалха/ д1акхаьчча /жоьпан д1ах1иттача/ , Цо /Дала/ элира :"Аш харцдира Сан айаташ /билгалонаш/ , шаьш церан гобина боцуш хаарца /шайна уьш девзина доцуш/ ? Йа х1ун деш дара шу ?" /амма церан дала жоп ца хилира/
85./т1аккха 1азапан/ Дош /хьакъ хилла/ т1едуьйжира царна , цара зулам дарна . /дала жоп ца хиларна/ Уьш бист ца хуьлу .
86.Царна ца гина ткъа , баккъалла а Оха , царга шена чохь сада1ийта /бодане/ буьйса йар /кхоллар/ а , /шайн г1уллакхе хьовса/ гуш /сирла/ де дар а ? Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ма ю тешачу къомана /нахана/ .
87./хьахаде , Исрапил малийко шен/ Зурма /чу х1уп аьлла/ д1алокхчу дийнахь , стигаланашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг /кхераделла/ 1адийра , ша Аллах1ан /шен дог ч1аг1дан/ лиънарг воцург . Массо а баьхкира Цуна /хьалха/ муьт1ахь хилла /хьастабелла/
88./зурманчу х1уп олучу хена хьайна лаьмнаш гича/ Хьуна го и лаьмнаш , /даккхий хиларна/ хьайна шаьш севцина /лаьтташ/ хеташ /моьттуш/ , ткъа уьш лелаш ду /мох баьлча/ марха ма леллара /чехка/ . Аллах1ан болх /кхоллам/ бу /иза/ , Ша массо а х1ума говза /кхачаме/ динчу . Баккъалла а Иза , хууш ву аш дийриг
89.Ша /цу къемата дийнахь/ диканца веанарг , цуна /бекхамна/ цул диканиг /хир/ ду . Уьш 1адорах /кхерамах/ оцу дийнахь маьрша /хир/ бу
90.Ша вонца веанарг , церан яххьаш /уьш/ ц1ерга тийсина /эгийна , херцийна/ . Шуна бекхам бой ткъа аш /дуьненахь/ деш хилларг /цуьнца/ бен ?
91.Баккъалла а соьга омру дина , х1окху /Макка/ шахьаран Далла 1ибадат дарца , Ша и /вочух/ йихкина волчу . Цуьнан ду массо а х1ума . /иштта/ Соьга омру дина бусулбанех /Далла муьт1ахь болчарех/ хиларца а .
92.Ас Къуръан дешарца а . Ткъа ша нисвелларг , баккъалла а шен дег1ана /шена/ нисло . Ткъа ша /нийса новкъах/ тилларг , ахь ала /цуьнга/ :"Баккъалла а со д1ехьедечарех /кхерамтосучарех/ ву /кхи вац/" .
93.Ахь ала :"Хастам бу Аллах1ан . Цо шуна гойтур ю Шен билгалонаш , /т1аккха/ шуна евзар ю уьш . Хьан Дела ма вац аш дечух чидам боцуш /и ца девзаш/" .




28 - Сурат Алькъасас /Дийцар/
(Маккахь доьссина ‚ 88 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Т1о , сийн , мийм . /Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена царех луург/
2.Х1орш - /бакъдерг харцонах/ билгалдечу /гучудоккхучу/ жайнин аяташ ду
3.Оха хьуна доьшу /дуьйцу/ Мусан а , Фир1авнан а хабарха бакъонца , тешачу къомана /нахана дуьхьа/
4.Баккъалла а Фир1авн вазвелира /лакхавелира Миср шахьаран/ лаьттахь , цо йира цуьнан ох1лунах тобанаш , ша царех цхьаболчарна г1елойеш , /г1ело хьовх/ ша церан божабераш дойъуш , церан зударий бухабуьтуш . Баккъалла а бохамаш бечарех /адам талхочарех/ вара и
5.Тхуна лаьа Тхаьш дикадан /къинхетам бан/ шайна лаьттахь г1елойинчарна , уьш /диканехь/ тхьамданаш /баьччанаш/ бан а , уьш /Миср-шахьаран/ верасаш бан а ,
6.церан /уьш ч1аг1барца/ лаьттахь аьтто бан а , Фир1авнна а , Х1аманна а , цаьршинна эскаршна а царех /Исраилан берех/ гайта а ша уьш ларлуш /кхоьруш/ хилларг
7.Оха Мусан ненан дагехьийхира /дагчу тесира/ :"Вакхаве иза , ткъа хьо кхийрача цунна цхьаъ хиларх , х1ордчу кхосса и , ма кхера , г1айг1а ма йе . Баккъалла а Оха хьоьга вухаверзор /вухалур/ а ву и , геланчех вийр а ву и"
8.Фир1авнан ох1луно /хичуьра/ схьаийцира и /Муса/ , шайна и /т1аьхьа/ мостаг1 а , г1айг1а а хила . /х1унда аьлча/ Баккъалла а Фир1авн а , /цуьнан г1оьнча/ Х1аман а , цаьршинан эскарш а хат1е /къадеш/ дара /цундела Дала та1зар дира царна цуьнца/
9.Фир1авнан зуьдчо элира :"Суна а , хьуна а б1аьрган самукъа /хир/ ду /и , ша вайн б1аьрг бузуш , вай даккхий деш/ . Ма вейша иза ! Вайна пайда бан герга /ма/ ву и , я вай лоцу и /вайна/ доьзалхо" . Шаьш хууш боцуш /цуьнан карах шаьш х1аллак хирг хилар/
10.Муса ненан дог /и воцчух дуьнена массо а х1уманех/ дас делира . Баккъалла а иза герга яра /шегахь йолчу г1айг1анна/ цуьнах дерг /и шен к1ант хилар/ гучудаккха , Оха цуьнан дог ч1аг1 /те/ ца динехьара , и тешачарех /муъманахех/ хилийтархьама
11.Цо элира цуьнан йише :"Тергал вехьа /лахахь/ иза" . Цуна гира /хаавелира/ и геннара /къайлаха/ царна хууш доцуш
12.Оха цамагийра цуна /шен ненал/ хьалха /кхин болу и/ вакхораш . Цо /Мусан йишас/ элира :"Ас шуна гайти шаьш и шуна /вакхо/ т1елоцур /доладийр , кхобур/ болу ц1ийнан ох1лу , шаьш цуьнга доггах хьовсур болш ?"
13.Оха вухавелира шен нене , цуьнан б1аьрг /Мусах/ самукъане /синтеме/ хилийта а , /цуьнга/ са ца гатдайта а , цуна хаийта а баккъалла а Аллах1ан ч1аг1о бакъ хилар , делахь а царех /Делах цатешачарех/ дукхахболчарна ца хаа /и/
14.И /Муса/ кхиъна ваьлла , г1еметтах1оьттинчу хена , Оха цуна делира кхетам /пайхамаралла/ а , /х1ума/ хаар /1илма/ а . Иштта бекхам бо Оха дикдечарна
15.Шахьар чувеара и /лечкъина/ , цуьнан ох1лу чидаме доцучу хена . Цуна карийра цу чохь вовшех леташ шиъ стаг ; х1ара /цхьаъ/ цуьнан тобанех /жуьгтех/ ву , ткъа х1ара /шолг1аниг/ цуьнан мостаг1ех /къибт1ех/ ву . Ша цуьнан тобанех волчо орцу дийхира цуьнга /Мусага/ цуьнан мостаг1ех волчун т1ехь . /т1аккха/ Мусас цуна /буй/ тоьхна вийра и . Цо /Мусас/ элира :"Х1ара шайт1ан болх бу . Баккъалла а , иза билгала , /нийсачу новкъах/ тилавеш /вохош/ мостаг1 ма ду"
16.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а ас зулам дикх сайн дег1ана , гечдехьа суна" . /цуьнан до1анна жоп делла/ Гечдира Цо цуна . Баккъалла а Иза гечдийриг , къинхетамениг ву
17.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Ахь суна динчу диканна /бинчу къинхетамна/ со хир ма вац /х1инцачул т1аьхьа/ къадечарна г1оьнча
18./ч1ирах/ Кхоьруш , д1асхьахьоьжуш 1уьренга велира и . Ткъа ша цуьнга селхана г1одехначо /шолг1ачу дийнахь юха а /кхечун дуьхьал/ г1одоьхуш мохьбеттара цуьнга . Мусас цуьнга элира :"Баккъалла а хьо /стаг/ билгала тилавелла /дакъазваьлла/ вукх"
19.Цуна /Мусана/ ша цаьршин мостаг1 волчуна тоха лиъначу хена , цо элира :"Х1ай Муса ! Со вен лаьа хьуна айхьа селхана стаг верах терра ? Хьом вац лаьттахь къизаниг хила а бен лууш . Хьунам ца лаьа дикачарех хила .
20.Цхьа къонах веара шахьаран йистера /чехкачу боларца/ хьаьдда /ведда/ . Цо элира :"Х1ай Муса ! Баккъалла а элий дагабуьйлуш бу хьан хьокъехь , шаьш хьо верхьама . Аравалахь /х1окху шахьар чуьра/ ! Баккъалла а со хьуна хьехамчех /дика луучарех ма/ ву
21.Аравелира и цу /шахьар/ чуьра кхоьруш , д1асхьахьоьжуш . Цо элира :"Х1ай сан Дела ! К1елхьарваккхахь со зуламечу къомах /нахах/"
22.Ша Мадйана аг1орхьа /вирзина/ д1аволавеллачу хена цо элира :"Сан Дела герга ву Ша со нийса новкъа ваккха"
23.Ша Мадйана /г1унан/ хина /коьрте/ т1е кхаьчча , цуна карийра цу /г1уна йист/ т1ехь /шайн хьайбанашна , даьхнина/ хи малочу нахех цхьа тоба , иштта цуна карийра /гира/ царна лахохьа /лаьтташ шаьшшин жа хих/ д1акъехкон /сецон/ ши зуда а . Цо /Мусас/ элира /цаьршинга/ :"Шуьшинна х1ун хилла /жа д1акъехкош ма ю шуьшиъ/ ?" Цаьршиммо /жоплуш/ элира :"Оха /шиммо/ хи ца мала до 1уй /малийна/ бовлалц . Ткъа тхан да /кхуза ван т1ех/ воккха стаг ву"
24.Цо /шена мелана/ малийра /жана и хи/ цаьршинна дуьхьа. Т1аккха 1индаг1е ваьлла цо элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а со , Ахь сайна доссийначу /муьлххачу а/ дикане /юурге/ хьашт вукх"
25.Цуна т1ейеара цаьршиннах цхьаъ , ийзалуш /эхь хеташ/ йог1уш , цо элира :"Баккъалла а , сан дас кхойкху хьо , ахь тхан дуьхьа /уьстаг1ашна хи/ малорна хьуна мах бала". И /воккха стаг/ волчу и /Муса/ веана , цо /Мусас/ цуна /шен хьолах лаьцна/ дийцарш дийцача , цо элира :"Ма кхера /парг1ат хила хьо/ ! Зуламечу къомах /нахах/ к1елхьарваьлла хьо"
26.Цаьршиннах цхьаммо элира :"Х1ай сан дада ! /вайн жа дажо/ Балха эцахь и , баккъалла а ахь /мехах болх бан/ балха эцначех тоьлуш верг /г1олийнаг/ онданиг , тешамениг /ма/ ву"
27.Цо /воккхачу стага/ элира :"Баккъалла а суна лаьа , х1окху сан шина йо1ех цхьаъ хьоьга /маре/ йаийта , ахь барх1 шарахь суна болх бийриг . Ткъа ахь итт дузийтахь /кхочуш дахь/ , /и/ хьоьгара /лаамца/ ду . Суна ца лаьа хьуна хало йан . Хьуна со карор /ма/ ву - Дала мукъ лахь /Далла лаахь/ - дикачарех"
28.Цо /Мусас/ элира :"И /ахь делла ч1аг1онан дош/ суна а , хьуна а юкъахь ду . Цу шина хенах муьлхханиг ас йаьккхича , суна т1ехь /сов хенаца/ гатто /хила йиш/ яц . Аллах1 ву вай дуьцучун т1ехь теш /векал/"
29.Муса /шен/ хан чекх а йаьккхина , шен доьзалца /миср шахьаре боьду/ новкъаваьлча , цуна гира /хааелира/ ламан аг1орхьара /генара , серлонца йогу/ ц1е . Цо элира шен доьзалга :"Шу /кхузахь/ совца /1е/ , баккъалла а суна ц1е гина /хааелла/ , со шуна цуьнгара /дикачу/ хабарца , я ц1еран к1егаца /хаьштигца/ ван тарло , шу /шелонах/ дохдалийта"
30.И /Муса/ цуна /ц1е/ т1евеача , цуьнга кхайкхира беркатечу меттехь , боьран /тог1ин/ аьтту йистера - диттах :"Х1ай Муса ! Баккъалла а Со /хьоьга вистхуьлуш волу/ , Аллах1 ву Со , 1аламин Дела /волу/ .
31.Хьан /куьйгар/ 1аса охьакхосса !" аьлла . Шена и /1аса/ гича меттахахьуьйш , баккъалла а ша , текхарг болш санна , букътоьхна /цунах/ д1аведира и , юха а ца воьрзуш . /т1аккха Дала кхайкхира цуьнга/ "Х1ай Муса ! Схьат1евола , ма кхера . Баккъалла а хьо маьршачарех ву" аьлла
32.Хьан куьг хьан чета долла , /т1аккха/ арадер ду и к1ай /делла/ , /шеца цхьа а/ сиркхо йоцуш . Хьан т1ам /хьан куьг/ хьайна т1ета1абе /некха т1едилла , текхаргех болчу/ кхерамна /т1аккха и д1абер бу хьуна/ . И шиъ /1аса а , куьг а/ хьан Делера билгало ю Фир1авне а , цуьнан тобане /баьччанашка/ а . Баккъалла а уьш песакъ нах бара .
33./Дала шега царна т1евахарца омру дича/ Цо /Мусас/ элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а ас царех цхьаъ /вен ма/ вийна , /цундела/ со кхоьру цара /шайна/ со /гича/ верна .
34.Сан ваша Х1арон - иза маттана соьл говза вара , соьца ваийтахь и со бакъвечу г1оьнца . Баккъалла а со кхоьру цара со харцварна"
35.Цо /Дала/ элира :"Оха ч1аг1вийр ву хьо /г1о дийр ду хьуна/ хьан вешица , Оха бийр бу шу шинна /т1етовжа нуьцкъала/ бух /билгало/ . Уьш т1екхочур бац шу шинна . Шу шиъ а , шу шинна т1аьхьах1иттанарш а тоьлур бу Тхан билгалонашца"
36.Тхан билгалчу баххашца /т1етовжийлашца , билгалонашца/ шайна Муса веанчу хена , цара элира :"Х1ара /ахь деанарг/ ма дац , /ахь харцонца/ кхоьллина бозбуанчалла бен , тхуна хезна ма дац и /ахь тхо шега кхойкхург/ хьалхарчу тхан /варх1а/ дайшкахь"
37.Мусас элира :"Сан Дела дика хууш ву , Шена гергара /Шегара/ нийсонца веанарг мила ву а , /ялсаманин/ х1усаман чаккхе /т1аьхье эхартахь/ хьанна хир ю а . Баккъалла а зуламхой декъал хир /баккхибер/ бац"
38.Фир1арна элира :"Х1ай элий ! Суна вевзина вац шуна со воцург /кхин/ дела . Х1ай Х1аман ! /ц1е/ Латайе суна поппар т1ехь /цуьнах еттина кибарчигаш ян/ , /царех/ б1ов /г1ала/ йе суна . Со Мусан деле хьажа тарло . Баккъалла а суна и хета /со воцург кхин Дела ву аларехь/ харцлуьйчарех"
39.Куралла йира цо а , цуьнан эскарш а /Миср/ лаьттахь /цхьа а и йан/ бакъо а йоцуш , царна моьттира , баккъалла а шаьш Тхоьга берзор бац
40.Оха схьалецира иза а , цуьнан эскарш а , /т1аккха/ х1ордчу кхийсира Оха уьш . Хьажа муха хилла зуламхойн чаккхе
41.Оха бира уьш /дуьненахь/ шаьш /жоьжахатан/ ц1ерга кхойкху баьччанаш , къемата дийнахь /Дала 1азап делча/ царна /цхьаммо а/ г1одийр дац
42.Оха хилийтара царна х1окху дуьненахь не1алт /сийсазло/ , /ткъа/ къемата дийнахь уьш эрчабаьхначарех /генабаьхначарех/ бу
43.Бакъ долш Оха делира Мусага /Таврат/ жайна , Тхаьш хьалхара чкъоьрнаш /къаьмнаш/ х1аллак динчул т1аьхьа , /ша/ адамашна /деган/ нуьреш /серлонаш/ а , /бакъоне вуьгу/ нийса некъ а , /дикачу 1амал т1енисвен/ къинхетам а долу , царга /цуьнах/ хьехам эцийта
44.Хьо /Мухьаммад/ вацар /ламанан/ малхбузен аг1ор , Оха Мусана т1е /элчан/ болх /декхар/ билланчу хена а , хьо вацар цигахь хиллачарех а /и хаа/ ,
45.Делахь а , баккъалла а Оха /Мусал т1аьхьа/ кхиийра чкъоьрнаш /къаьмнаш/ , йахйелира царна т1ехь /шайна юкъахь элча воцуш/ хан , хьо вацар Мадйан ох1ланца вехаш , царна Тхан аяташ доьшуш . Делахь а , баккъалла а Тхо дара /хьоьга церан хабарш довзийтанарш а , хьо царна геланча вина/ хьажораш /воуьйтурш/
46.Хьо вацар /Синаъ/ ламан аг1ор , Оха /Мусага/ кхайкханчу хена . Делахь а , /Оха ваийтана хьо/ хьан Делера /хьоьга а , цаьрга а болчу/ къинхетамна , хьоьга кхерамтасийта , хьоьл хьалха шайна кхерамтасархо ца веанчу , къомана /нахана/ , цаьрга /цуьнах/ хьехам эцийта .
47.Царна т1е - шайн куьйгаш хьалхадаьккхинарг /динарг/ бахьанехь - /1азапан/ бохам беача , цара эра дацахьара :"Ахь тхуна элча ваийтанехьара , тхо Хьан аяташна т1аьхьах1уьттур /дозур/ ма дара , т1аккха тхо тешначарех /муъманахех/ хир дара" /Оха 1азап лур ма дара царна хьо хьажа а ца веш/
48.Ткъа шайна Тхуна гергара /Тхоьгара/ бакъо еача , цара элира :"Цуьнга /Мухьаммаде Дала/ деллехьара /Ша/ Мусага делларг саннарг /билгалонашха/ " . Ткъа уьш /теша ма/ ца тийшира /цул/ хьалха Мусага деллачуьнах ? Цара /ала ма/ элира :"Вовшашна г1одина шиъ бозбуанчалла /ду х1ара а , важа а/" . "Баккъалла а Тхо дерригенах /цаьршиннах цхьаннех/ цатеша"
49.Ахь ала /цаьрга/ :"Аш схьадайша Аллах1ан гергара ша цаьршиннел а нийса /долун/ жайна , т1аккха со т1аьхьах1уттур ву /шуна/ цуна . Шу бакълуьйш делахь"
50.Цара хьуна жоп ца лахь , хьуна хаийла : баккъалла а уьш шайн /дег1ан /лаамашна /духахьараллашна/ т1аьхьабозуш буйла /цхьа т1етовжа бух боцуш/ . Мила ву ткъа /ша/ сов тилавелларг , шен дег1ан лаамна т1ахьаваьзначул а , /шегахь/ Аллах1ера /доьссинчу жайнара схьаэцна/ нийсо /т1етовжийла а/ йоцуш ? Баккъалла а Аллах1а ца нисдо зуламе къам /адамаш/
51.Бакъ долш , Оха царна /билгал а дина/ д1акхачийра /нийса/ дош . Цаьрга /цуьнах/ хьехам эцийта
52.Шаьш Оха шайна цул /Къуъанал/ хьалха жайна делларш , уьш цуьнах тешаш бу
53.Шайна и дешча , цара элира :"Тхо тешна цуьнах . Баккъалла а , иза /Къуръан/ тхан Делера бакъ ду . Баккъалла а тхо дара цул хьалха /и доссале а/ бусалбанаш /доггах Дела цхьаъ веш , Цуна муьт1ахь/
54.Царна /и куц шайгахь долчарна/ лур ю церан ял /мел/ шалха /шозза/ , цара /бакъонна т1аьхьабазарехь/ сатохарна /собардарна/ . Цара вон диканца духа а туху , Оха шайна /хьаналчух/ деллачух /закатна , саг1ийна/ харж а йо ,
55.шайна эрна /харц/ дерг /вон бага еттар/ хезча , /букъ тоьхна/ д1аберзара уьш цуьнах , цара алар :"Тхуна тхан 1амалш ю , шуна шун 1амалш ю . /тхан маттах/ Маьрша ду шу . Сонтанахан /уьш безарца/ т1е ца г1ерта тхо"
56.Баккъалла а ахь ца нисво хьайна /ша/ везнарг , амма баккъалла а Аллах1а нисво /аьтто барца/ Шена /нисвала/ луург . Иза т1ех дика бевзаш ву нисбелларш
57.Цара элира /бехказбуьйлуш/ :"Тхо хьоьца /ахь еанчу/ нийсонна т1аьхьах1иттахь /тхайна гонах болчарех д1а а къаьстина/ , /цара дукха чехка/ тхан лаьттах /махках/ дохур /ма/ ду тхо" . Оха ч1аг1 ца бира царна маьрша /вочух бихкина , уьш цига баха ховшийна , царна бина/ мохк , шега д1агулдеш /лахьош/ массо а х1уман стоьмаш , Тхайгара /царна/ рицкъа дина ? Делахь а , царех дукхах болчарна ца хаа /Оха бохург бакъ хилар/
58.Хийла юрт /цуьнан ох1лу/ х1аллак йина Оха , шен дахарха /Далла хам ца беш/ дозалла дина /куралла йина/ йолу . Х1орш ю церан х1усамаш , царел т1аьхьа цу чохь ца баьхна к1еззиг бен .Тхо дара /церан/ верасаш .
59.Хьан Дела ма вацара ярташ х1аллак еш , царех коьртачу юьрта/ элча хьажаваллалц , ша царна Тхан аяташ доьшуш . Тхо ма дацара ярташ х1аллак еш , церан ох1лу зуламе долш бен
60.Шуна /х1окху дуьненах/ елла /массо/ х1ума , /иза/ дуьненан дахаран зовкх а , цуьнан хазалла а ю /кхи т1аьхьало йолш х1ума дац/ , /ткъа/ Аллах1ан гергахь дерг /цо ялсаманехь лур дург/ , /иза/ тоьлуш /дика/ дерг а , /гуттаренна/ бухдуьсург а ду . Шу хьекъале дац ткъа /цуьнах кхета/ ?
61.Оха шена ч1аг1о йинарг дикачу ч1аг1онца , ша цуьнга кхочур волш , Оха шега дуьненан дахаран зовкх хьегийтанарг санна ву /ткъа/ , цул т1аьхьа ша къемата дийнахь /1азапна жоьжахате/ балочарех хир волу ?
62.Оцу /къемата/ дийнахь Цо кхойкхур бу уьш Ша олуш :"Мичхьа бу /уьш/ аша шаьш Сан декъахой бу бохуш /1ибадат деш/ хилларш ?"
63.Шайна т1ехь /жоьжахата бахарца/ дош хьакъ хиллачара /сецначара/ элира :"Х1ай тхан Дела ! Х1орш бу /уьш/ Оха шаьш /нийсачу новкъах/ тилийнарш /тиларе кхайкханарш/ . Оха тилийра уьш /тиларе кхайкхара уьш , т1аккха уьш тилабелира/ тхо ма тиллара . Хьоьга /дерзарца/ ц1андели тхо /царех/ . Тхуна 1ибадат деш бацара уьш" .
64./цаьрга/ Элира :"Шайн /аш суна бина хилла болу/ декъахой /ц1уй/ кхайкха /х1инца , цаьрга шаьш 1азапех хьалхадахийта/ !" /т1аккха/ Цара кхайкхара уьш , /амма/ цара жоп ца делира цаьрна . /т1аккха/ Царна 1азап гира /и 1аьвшира цара/ . Баккъалла а уьш нислуш хиллехьара /гур дацара царна и/
65.Оцу /къемата/ дийнахь Цо кхойкхур бу уьш Ша /цаьрга/ олуш :"Х1ун жоп делира аш /шайна бахкийтанчу Тхан/ геланчашна ?"
66.Кегаделира /хьулделира/ царна хабарш /жоьпаш , шаьш х1ун жоп дала деза ца хууш/ оцу /къемата/ дийнахь , цара вовшашка ца хоьтту /дала деза жоп/
67.Ткъа ша /тоба дина/ дохковаьлларг а , тешнарг а , дика динарг а герга ву /тарлуш ду/ декъалчарех хила
68.Хьан Дала Шена ша /кхолла/ луург кхолла а кхуллу , харжа а хоржу . Церан ца хилла /цхьанне а х1умангахь/ харжар . Аллах1 ц1ена ву , лакхавели Иза цара /Шена/ бечу декъахойл
69.Хьан Далла хаа церан кийранаш /дегнаш мостаг1аллех/ хьулдийраг а , /1иттаршха/ гучудоккхург а
70.Иза /цхьаъ/ - Аллах1 ву , /кхин/ дела вац И воцург . Цуна бу /массо а/ хастам хьалхарчуьнгахь /дуьненахь/ а , т1аьхьарчуьнгахь /эхартахь/ а . Цуьнан /цхьаьнна/ ю кхел а . /делча/ Цуьнга дерзор ду шу /дерриге а/
71.Ахь ала /цаьрга/ :"Дийца соьга /шайн ницкъ кхочучо/ , Аллах1а шуна т1ехь буьйса йича гуттаренна а къематде кхаччалц /де доцуш/ , мила ву дела , Аллах1 воцург , ша шуна /дийнан/ серло лур йолу ? Шуна ца хеза те /ла ца дуг1у аш/ ?
72.Ахь ала /цаьрга/ :"Дийца соьга /шайн ницкъ кхочучо/ , Аллах1а шуна т1ехь де дича гуттаренна а къематде кхаччалц /буьйса йоцуш/ , мила ву дела , Аллах1 воцург , ша шуна буьйса лур йолуш , шена чохь аш садо1уш ? Шуна ца го те /шаьш г1алат хилар/ ?
73.Шегарчу /шоьга болчу/ къинхетамна Цо шуна йина буьйса а , де а , шоьга цу /буьйсан/ чохь сада1ийта а , /денахь/ Шен комаьршо лахийта /цуьнга догдахийта/ а . Шу /Аллах1ан/ баркалле хилийта .
74.Оцу /къемата/ дийнахь Цо кхойкхур бу уьш Ша олуш :"Мичхьа бу /уьш/ аша шаьш Сан декъахой бу бохуш /1ибадат деш/ хилларш ?"
75.Х1ор умматах /къомах , тобанех/ теш схьа а ваьккхина Оха /цаьрга/ элира :"Схьаба /шаьш Далла декъаховарехь т1етевжина/ шайн бух !" /т1аккха/ Царна хиира баккъалла а бакъдерг Аллах1ан дуй . Царех д1атилира цара /харцонех/ кхуллуш хилларг
76.Баккъалла а Къарун Мусан къомах вара , /делахь а/ г1ело йира цо царна . Оха еллера цуна хазнаш , баккъалла а шен дог1анаш /дукхаллийна/ нуьцкъалчу тобанна а дазлуш . Цуьнан /Делах тешачу/ къомо цуьнга элира :"/хьайн бахамех/ Ваккхий ма ве ! Баккъалла а Аллах1ан ца беза баккхийбийраш /дозалладийраш/"
77.Хьуна лаа /ахь лаха/ Аллах1а хьайна деллачуьнгахь /цуьнах саг1а даларца/ т1аьхьара х1усам /эхарт/ ! Ахь диц ма де /ма дита/ дуьненах /магийна/ хьайн дакъа ! Дикаде /Делан лешна/ Аллах1а хьайна дика ма дарра ! Ма лаа лаьттахь бохам /талхар/ , баккъалла а Аллах1ан ца беза талхораш
78.Цо /жоп луш/ элира :"Баккъалла а /Дала/ суна делла и /даьхни/ соьгарчу хаарна /бахьанна/ " . Цуна /Къарунна/ ца хиъна тов , баккъалла а Аллах1а бакъ долш шел хьалха /хиллачу/ т1аьхьенех /чкъоьрнашха/ х1аллаквар ша и ницкъехь цул ч1ог1аверг а , бахамехь алсамверг а ? Хоттур дац шайн къинойх /шорта/ къадечаьрга /къинойн дукхаллийна/
79.Араваелира /гучувелира/ и /Къарун/ шен къомана шен хазаллехь /кечваларехь/ . Дуьненан дахар лаьачара /дезачара/ элира :"/давискха/ Тхуна /а делла/ делхьара ша Къарунан делларг санна /дуьненах дакъа/ . Баккъалла а и /Къарун дуьненах/ доккха дакъа долш ма ву
80.Шайна хаар деллачара элира :"Дала шу бале лацарш ! Аллах1ан ял /мел/ тоьлуш /дика/ ма ю ша тешначунна а , дика динчунна а . /амма/ И /ял хиларан дош/ ца ло /дикадар т1ехь/ сатухучарна а бен
81.Оха лаьтте д1ахудийтара иза /Къарун/ а , цуьнан х1усам а /и латта чудожарца/ . Яцара цуьнан цхьа а тоба /г1ера/ ша цуна г1о далуш Аллах1ан хьалха . Вацара и /ша а шена/ г1одалучарех
82.Шаьш селхана цуьнан /санна/ меттиг /дарж/ лиънарш ала буьйлира :"Байтамал-я1 ! Баккъалла а Аллах1а Шен лешха Шена луучунна рицкъана шорто а йо , к1еззиг а до /и царна/ . Баккъалла а Аллах1а вайна дика ца динехьара , Цо /латте/ вай д1ахудуьйтур дара . Байтамал-я1 ! Баккъалла а декъал ца хуьлу /Делах/ цатешарш /керстанаш/
83.И /хьуна хезна йолу/ т1аьхьара х1усам /эхарт/ , Оха йийра ю и шайна лаьттахь /зуламца/ лакхалла а , /1есаллийца/ бохам а ца луучарна . /дика/ Чаккхе /т1аьхье Делах/ кхоьручарна ю
84.Ша /Далла дуьхьал/ диканца веанарг , цуна /бекхамна/ цул а тоьлуш дерг /хир/ ду . /ткъа/ Ша вонца веанарг , шаьш вонаш динчарна бекхам ца бо /Дала/ цара ша деш хилларг /санначуьнца/ бен
85.Баккъалла а Ша хьуна къуръан /нахе д1акхачор/ т1едиллинчо хьо верзор ма ву /къемат дийнан/ воьрзийле . Ахь ала :"Сан Далла т1ех дика хаа нийсонца мила веана а , мила ву и /ша/ билгалчу тиларехь верг а"
86.Хьо вацар догдохуш хьайга жайна /къуръан/ доссоре , /делахь а и ца доссийра/ хьан Делера /болчу/ къинхетамна бен . Хьо /хилане а/ ма хила /Делах/ цатешачарна г1оьнча
87.Хьо цара вухаматохийла Аллах1ан /къуръанан/ аятех уьш /Цо/ хьоьга диссийначул т1аьхьа . Кхайкха хьан Деле . Хьо /хилане а/ ма хила /Далла/ декъаховечарех .
88.Ахь ма кхайкха Аллах1аца кхин дела . Дела вац И воцург . Массо а х1ума х1аллак хир ю Цуьнан юьхь йоцург /И воцург/ . Цуьнан ю кхел , Цуьнга дерзор ду шу /къемата дийнахь/



29 - Сурат Аль1анкабут /Гезг/
(Маккахь доьссина ‚ 69 аят le).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу



1.Алиф , лам , мийм /Аллах1 т1ех дика хууш ву царех Шена луург/
2.Нахана моьттинера ткъа шаьш ца зуьйш буьтур бу , цара :"Тхо /Делах/ тешна" аларна ? /х1ан-х1а , буьтур бац/
3.Бакъ долш Оха зийра шаьш царел хьалхарнаш /а/ . Аллах1ан бевзаш ма бу шаьш /и аларехь/ бакълийнарш а , Цунна бевзаш /хааш/ ма бу харцлуьйраш .
4.Шаьш вонаш дечарна моьттира ткъа шаьш Тхо г1орасиз дийр ду /шаьш Тхоьх д1атуьлур бу/ ? Ма вон дукх цара ден хьукма .
5.Ша Аллах1ан дуьхьалкхетаре догдохуш /сатуьйсуш/ хилларг , баккъалла а Аллах1а /цунна тоьхна/ хан /цунна т1е/ йог1ур /йолш/ ма ю /кечам бойла цо/ . Иза /церан къамелаш/ хезарг , /цара дийриг/ хуург ву
6.Ткъа ша /т1амца , сица/ къахьегнарг /милла велахь/ , баккъалла а цо къахьоьгу шен дег1ана /дуьхьа/ . Баккъалла а Аллах1 хьашт ма вац 1аламашка
7.Шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а , Оха царех церан вонаш д1ац1андийр а ма ду , Оха царна цара деш хиллачул тоьлла бекхам а бийр ма бу
8.Оха весет дина адаме шен деца-ненаца дика хиларца .
/амма/ Цу шиммо хьо хьовзавахь /къахьегахь , лаахь/ хьоьга Соьца декъаховайта , хьан шеца хаар доцучунца , цу шинна муьт1ахь ма хила хьо ! Соьга ду шун дерзар . /т1аккха/ Ас шуна хоуьйтур /довзуьйтур/ ду аш деш хилларг
9.Шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а , Оха уьш бохуьйтур ма бу дикачарна юкъа
10.Адамех ву ша /багахь/ олург :"Тхо тешна Аллах1ах" . Ткъа ша Аллах1ан новкъахь /балано/ хьовзийча /зийча/ , цо дира /лерира/ нехан зер /ша кхераваларна/ Аллах1ан 1азап /долш/ санна . Ткъа /Ас ч1аг1о ма йо/ хьан Делера /хьуна/ толам беача , цара эра ма дара :"Баккъалла а тхо шоьца ма дара". Аллах1 вац ткъа 1аламийн кийранашкахь /дегнашкахь/ дерг т1ех дика хуург ?! /дера ван ма ву/
11.Аллах1ан бовза ма бевза шаьш /доггах/ тешнарш а , Цуна бовза ма бевза мунепикъаш а
12.Шаьш /Делах/ цатешначара шаьш тешначаьрга элира :"Т1аьхьадаза /т1аьхьах1итта/ тхан /динан/ некъана , т1аккха оха /тхайн гихь/ хьур ду шун /хиндолу/ къинош . Уьш ма бац шайн къиношха а х1умма дахьалур долш . Баккъалла а уьш харцлуьйш ма бу /цу т1ехь/
13.Цара хьур ма ду шайн /къиношан/ маххьаш а , шайн маххьашца /кхин берш тилорна долчу къин/ маххьаш а . Цаьрга хоттур ма ду къемата дийнахь цара кхуллуш хиллачу харцонех
14.Бакъ долш , Оха Нухь /пайхамар/ хьажийнера шен къоме , т1аккха и лаьттира /1ийра/ царна юккъехь /уьш Делан дине кхойкхуш/ эзар шарахь шовзткъе итт шо доцург . Т1аккха уьш д1алецира хи дистина даро , уьш зуламхой болш
15.Оха к1елхьарваьккхира иза а , х1ордкеман т1ехь берш а . Оха дира и /х1ордкема/ 1аламашна /ойла йан/ билгало
16.Ибрах1им а /хьажийнера Оха шен къоме/ , цо элира шен къоме :"Аллах1ан 1ибадат де , кхера Цуьнах ! И тоьлуш /дика/ ду шуна шу хиллехь /шайна г1олий дерг/ хууш"
17.Баккъалла а , Аллах1 а витана ц1уйшна 1ибадат а до аш , /Цунна т1ехь/ харцо а кхуллу . Баккъалла а , Аллах1 а витана аш шайна 1ибадат дийраш , церан долахь /ницкъехь/ дац шуна /дала/ рицкъа . Аш лаха рицкъа Аллах1ан гергахь , 1ибадат а де Цуна , баркалла а ала Цуна . Цуьнга дерзор /долш/ ду шу
18./ткъа/ Аш /х1ара/ харцдахь , бакъ долш шул хьалхарчу умматаш /къаьмнаш/ а харцдина /шайна деанарг/ . Элчана т1ехь ма дац , /Дала шега аьлларг/ билгала д1акхайкхор бен
19.Царна ца гина тов , Аллах1а кхоллар муха доладо ? Цул т1ахьа и юхакхуллу Цо . Баккъалла а иза атта ду Аллах1ан .
20.Ахь ала :"Лаьттахула дуьйла а лой шу хьовса муха долийна Цо /дуьххьарлера/ кхоллар . Цул т1аьхьа Аллах1а кхуллу т1аьхьара кхоллар . Баккъалла а Аллах1 массо а х1уманна т1ехь ницкъкхочуш ву
21.Шена /1азапдан/ луучунна 1азапдо Цо , Шена /къинхетам бан/ луучух къинхетам бо . Цуьнга карчор /хьовзор , дерзор/ ду шу
22.Шу /ма/ дац /Дела/ г1орасиз вийр долш лаьттахь а , стиглахь а . Шун /ма/ вац Аллах1 воцург /кхин/ верас /вели/ а , г1оьнча а"
23.Шаьш Аллах1ан аятех а , /эхартахь/ Цунна дуьхьалкхетарх а цатешнарш - уьш Сан къинхетмах догдиллинарш бу . Уьш - царна лазабен 1азап ду .
24.Цуьнан /Ибрах1иман/ къоман жоп /ма/ дацар , цара алар бен :"Ве иза , я вагаве иза" . Аллах1а к1елхьарваьккхара иза ц1ерах . Баккъалла а цуьнгахь /и к1елхьарваккхарехь/ билгалонаш ма ю /Делах/ тешачу къомана /нахана/
25.Цо /Ибрах1има/ элира :"Баккъалла а аш дуненан дахарехь лецира /1ибадатна/ ц1уйш Аллах1 а витина , шайна юкъарчу марзонна , цул т1аьхьа къемата дийнахь шоьх цхьаболчара вуйш /инкарло ярца/ д1атосур бу , шух цхьаболчара вукхарна не1алт эр ду . Шун доьрзийла /жоьжахатан/ ц1е ю . Шун /ма/ бац г1оьнчаш"
26.Цуьнах /и Ибрах1им пайхамар хиларх/ тийшира Лут1 . Цо элира :"Баккъалла а со /сайн къам а дитина/ сайн Деле кхелха . Баккъалла а И ву И сийлахьниг , кхетамениг"
27.Оха цуна /Ибрах1имна/ велира Исхьакъ а , Йа1къуб а . Оха дира /хилийтара/ пайхамаралла а , жайна а цуьнан т1аьхьенехь . Оха цуна елира шен ял /мел/ дуненахь , баккъалла а и эхартахь дикачарех ма ву .
28.Лут1 а /хьажийнера Оха шен къоме/ , цо элира шен къоме :"Баккъалла а аш до телхинарг /боьха , оьзда доцу г1уллакх/ , шеца шул хьалха Iаламашха цхьа а ца ваьлла долу . /и тайпа ц1армат болх бина бац шоьл хьалха 1аламашха цхьаммо а/
29.Баккъалла а божаршна /зударшна санна муха/ дог1у ткъа шу , /д1асхьавоьдучун/ некъ /х1унда/ хедабо аш , шайн пхьог1анехь ц1арматниг /стенна/ до аш ? Церан жоп ма дацара цара /цабешаш/ алар бен :"Даладе тхуна Аллах1ан 1азап , хьо бакълуьйчарех велахь"
30.Цо /Лут1а/ элира :"Х1ай сан Дела ! Г1одехьа суна телхинчу /боьхачу , 1есачу/ къомана /нахана/ т1ехь
31.Тхан /малийкех/ геланчаш /хазчу/ кхаъца Ибрах1им волчу баьхкинчу хена , цара элира :"Баккъалла а оха х1окху /Лут1ан/ юьртан ох1лу х1аллакдийр долш ду . Баккъалла а цуьнан ох1лу зуламе /1еса/ дара
32.Цо /Ибрах1има/ элира :"Баккъалла а цу /юьрта/ чохь Лут1 /ма/ ву /ткъа/ " . Цара элира :"Тхо т1ех /дукха/ дика /г1олий/ хууш ду цу чохь болчарех /дерг/ . Оха к1елхьарвоккхур ма ву иза а , цуьнан доьзал а , цуьнан зуда йоцург , /х1аллак хила/ буха бисанчарех йара и
33.Тхан геланчаш Лут1 волчу баьхкинчу хена /халахетна/ царех цатам белира цуна , пошмавуьйлира /х1ун дан деза ца хууш гаттвелла хьоьвзира/ и . Цара элира :"Хьо /кхера/ ма кхера /воха ма воха/ , г1айг1ане ма вожа . Баккъалла а оха к1елхьарвоккхур ву хьо а , хьан доьзал а , хьан зуда йоцург , буха бисанчарех йара и .
34.Баккъалла а оха доссор ду х1окху юьрта ох1луна т1е стиглара /дог1ун т1улге/ 1азап , уьш песакъ /1еса/ хиларна
35.Бакъ долш Оха йитна цуьнах /ойла ян/ б1аьрла билгало хьекъалечу къомана /нахана/
36.Мадйане а /хьажийнера Оха/ церан ваша - Шу1айб . Цо цаьрга элира :"Х1ай сан къам ! Аллах1ан 1ибадат де , т1аьхьарчу /эхарт/ дийне догдаха /шайн 1ибадатца , кхера а кхоьруш/ , ма лела лаьттахула бохамаш беш !"
37./амма/ Харцвира цара и . Д1алецира уьш /луьрачу латта/ дегаро , т1аккха 1уьйренга бевлира уьш белла эгна /тхьузбоьлла/
38./Х1удан къам/ 1адаш а , /Салихьан къам/ Самудаш а /х1аллак бира Оха / , бакъ долш шуна билгалделира /и/ церан х1усамех /хиллачунца/ , шайт1ано хазйинера царна шайн 1амалш , цо юхатоьхнера уьш /Делан/ новкъах , уьш тидаме болшнехь
39.Къарун а , Фир1авн а , Х1аман а /х1аллак вира Оха/ . Бакъ долш царна веара Муса билгалонашца , цара куралла йира лаьттахь , уьш бацара /баланах/ хьалхабевр болш
40./царех/ Х1ор /уммат/ а лецира Оха шен къаца . Ткъа царех Оха шена т1е /т1улген/ дарц /мох/ хьажийнарг ду , /иштта/ царех ша ц1ог1ано /маьхьаро/ лаьцнарг ду , царех ду ша лаьтто хуьйдинарг а , царех ду ша хинбуха дахийтанарг а . Аллах1 вацар царна зуламдийр долш , делахь а уьш /шаьш а/ бара шайн дог1машна зуламе
41.Аллах1 а витина шаьш /кхинберш/ верасаш /ц1уйшха деланаш/ лаьцначеран масал /стенах тера ду аьлча/ , /шена маша боьзна/ ц1а динчу гезгах тера ду . /ткъа/ Баккъалла а ц1еношха уггар ледарниг , гезган /машин/ ц1а ду , уьш хиллехь /и/ хууш /цара ц1уйшна 1ибадат дийр дацар/
42.Баккъалла а Аллах1ана хаа /девза/ Ша витина цара кхойкху /и/ х1ума . Иза сийлахь , кхетаме ву
43.И масалш - Оха нахана даладо уьш . /амма/ Царех /болчу пайданех/ ца кхета 1еламнах /хуурш/ бен
44.Аллах1а кхоьллина стигланаш а , латта а бакъонца /эрна доцуш/ . Баккъалла а цуьнгахь билгало ю муъманахана
45.Деша хьайна /Дала/ жайнех дагехьехнарг /доссийнарг/ , ламаз /х1отта/ де . Баккъалла а ламазо сацаво /вухатуху/ боьхачух а , магош доцучух /дийцамечух/ а . Аллах1 хьахор , т1ех доккха ду . Аллах1ан хаа аш дийриг .
46.Аш ма къийса жайнан ох1лунца ша и тоьлуш долчунца /уггар дикахчунца/ бен , царех шаьш зуламдинчарца бен /ма къийса/ . Аш ала /цаьрга/ :"Тхо тешна ша тхоьга доссийначух а , шоьга доссийначух а . Тхан Дела а , шун Дела а цхьаъ ву , тхо Цуна муьт1ахь ду"
47.Иштта /цаьрга доссамадарра/ Оха хьоьга а доссийра жайна . Шаьш Оха шайна /хьалха/ жайна делларш теша цуьнах /къуръанех/ . Х1окхарех /хьан махкахойх/ а ву ша цуьнах /къуръанех/ тешарг , /ткъа/ Тхан билгалонашна /уьш гучуевлача/ дуьхьал ца хуьлу керстанаш /цатешарш/ бен
48.Хьо /ван ма/ вацар цул /къуръанал/ хьалха /цхьа а/ жайна доьшуш а , /вацар хьо/ хьайн аьттучунца и йаздеш а , вуьшта /хьо доьшуш , йаздеш хиллехь т1аккха/ шекбевра /ма/ бара харцондай /сонтанах/
49.Мелхо а , иза /къуръан/ - шайна хаар /1илма/ деллачеран кийранаш /дегнаш/ чохь /лардина/ - билгала аяташ ду . /ткъа/ Тхан /билгалчу/ аяташна /уьш гучудевлача/ дуьхьал ца хуьлу зуламхой /цатешарш/ бен
50.Цара элира :"Йиссийнехьара цуна т1е Шен Делера билгалонаш !" Ахь ала :"Баккъалла а билгалонаш Аллах1ан гергахь ю , /ткъа/ со баккъалла а билгала кхерамтосург ву"
51.Царна цатоьу , баккъалла а Оха хьуна т1е жайна доссадар , /ша/ царна доьшуш долу ? Баккъалла а цуьнгахь къинхетам /зовкх/ а , хьахор /хьехам/ а ма ду /Делах/ тешачу къомана /нахана/
52.Ахь ала :"Аллах1 тоьур ву суна а , шуна а юккъехь /ас дуьйцург бакъ хиларна а , аш и харцдарна а/ теш . Цуна хаа /девза/ ша стиглашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг . Шаьш харцонах а тешна , Аллах1ах цатешнарш , уьш бу уьш эшнар"
53.Цара сихво хьо 1азапца . Ц1етоьхна /къемат дийнан/ хан йацахьара царна 1азап /сихха/ деана хир ма дара . И дог1ур /долш/ ма ду царна ц1еххьана , царна /ша/ хаа ца луш /тоса ца луш и дог1у хан/
54.Цара сихво хьо 1азапца , /амма/ баккъалла а жоьжахате цатешачаьрна го лоцур /бийр/ болш ма ю
55.Уьш 1азапо церан т1ехула а , церан когаш к1елара а д1алоцучу /хьулбечу/ а , цо олучу а дийнахь :"1овша /чам баккха/ ша аш деш хилларг"
56.Х1ай Сан леш , шаьш тешнаболу ! Баккъалла а Сан латта шуьйра /доккха/ ду /шуна/ , Суна /цхьанна/ де /луш/ 1ибадат .
57.Х1ор /массо а/ сино 1овшур ду валар , т1аккха /цул т1аьхьа/ Тхоьга дерзор ду /Оха/ шу
58.Шаьш тешнарш а , диканаш динарш а Оха биссор /баха ховшор/ ма бу уьш ялсаманийн /чоьнашка , шайна к1елахула татолаш лелаш йолу , гуттаренна цу чохь болш . Ма хаза /дика/ юкх къахьоьгучеранн ял
59.Шаьш /халонна/ сатоьхначу а , /шайна оьшучуьнгахь/ шайн Далла т1етовжучу а
60.Хийла дийнато ца дохьу шен рицкъа , Аллах1а /кхобу/ рицкъа ло цуна а , шуна а . Иза хезарг , хуург ву
61.Ахь цаьрга хаьттича :"Хьа кхоьллина стигланаш а , латта а /кхачаме хьолехь/ , /хьа/ муьт1ахьбина /лайшна/ малх а , бутт а ?" Цара /алне а/ эра ма дара :"Аллах1а /дина и дерриге а/" . Ткъа муха 1ехабо /д1ахьовзабо/ уьш /и динчух , Цуна ц1ена 1ибадат дарха/ ?
62.Аллах1а рицкъа Шен лешха Шена луучунна шорта а до , цуна /и/ к1еззиг а до . Баккъалла а Аллах1 массо а х1ума хууш ву
63.Ахь цаьрга хаьттича :"Хьа доссийна стиглара /дог1ан/ хи , цуьнца /ша/ латта дендина и /дакъа/ деллачул т1аьхьа ?" Цара /алне а/ эра ма дара :"Аллах1а /доссийна и/" . Ахь ала :"Аллах1ан бу хастам" . Мелхо а , /амма/ царех дукхахберш кхеташ /ойлаеш/ бац .
64.Х1ара дуьненан дахар /ма/ дац - синкъерам а , ловзар а бен . /ткъа/ Баккъалла а т1аьхьара х1усам /керт/ , и ма ду /гуттаренна а дуьсур долун/ дахар . Уьш хиллехь /белахь/ хууш /цара хоржур ма дара дуьсун дерг/
65.Шаьш х1урдакемана хевшича , Аллах1е кхайкхира цара , /шаьш/ Цуна дин /ийман/ ц1андеш /декъахо ца веш/
. Ткъа шаьш Цо лаьтта т1е к1елхьар баьхча , /т1аккха дукха чехка/ цара /Цуна/ декъахо во
66.Оха шайна деллачух цатешархьама а , зовкх хьегархьама а . Царна хуур /гур/ ма ду /шайна 1азапех хиндерг/
67.Царна ца гина /ца хиъна/ , баккъалла а Оха /шайн шахьар/ йихкина /ларйина , сийлахь-йеза/ , маьрша /кхерамза/ йар , царна гонахара /шахьаршкара/ нах идош /шайха кадетташ , д1абуьгуш/ болш ? Ткъа харцонах теша уьш , Аллах1ан зовкхах /диканах/ цатешаш ?
68.Мила ву ткъа т1ех зуламе , Аллах1ан т1ехь харцо кхоьллинчул а , я бакъо харцйинчул а , и шена йеанчу хенахь ? Жоьжахатахь яц тов цатешачарна /керистан/ сацаметтиг /совцийла/ ?
69.Шаьш Тхан дуьхьа /бакъо толо т1амца , сица/ къахьегнарш , Оха уьш /аьтто барца/ нисбийр ма бу Тхан /нийсачу/ некъашка . Баккъалла а Аллах1 , дикадечарца ма ву .



30 - Сурат Аррум /Румой/
(Маккахь доьссина ‚ 60 аят ду)
Аллах1аа ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу



1.Алиф,лам,мийм . /Аллах1 т1ех дика хууш ву царех Шена луург .
2./г1ажароша/ Эшийра румой
3./шайна/ юххерчу /уллерчу/ лаьттахь . /амма/ Уьш /румаш/ шайн эшарал т1аьхьа тоьлар болш бу /г1ажарошна т1ехь/
4.масийтта /масех/ шо даьлча . Аллах1ан ду омру /цул/ хьалха а , т1аьхьа а . Оцу дийнахь /хазахетна/ баккхийбийр /г1адг1ур/ бу муъманах
5.Аллах1ан г1оьнца . Цо г1о до /толам ло/ Шена луучунна . Иза сийлахь , къинхетаме ву
6.Аллах1ан ч1аг1о ю /и/ . /ткъа/ Аллах1а йоха ца йо Шен ч1аг1о . Делахь а дукхахболчу нахана ца хаа /и/
7.Царна хаа /девза/ дуьненан дахарах гушдерг /т1оьхулдерг/ . Уьш шаьш эхартах чидам боцуш /ледара , терго йоцу нах/ бу
8.Ойла ца йина цара шайн дог1машкахь ? Аллах1а ца кхоьллина стигланаш а , латта а , цаьршинна юккъехь мел дерг а бакъонца а , ц1етоьхначу ханна а бен . Баккъалла а адамашха дуккха а , шайн Далла /шаьш/ дуьхьалкхетарха /дуьхьалх1иттарха/ тешаш бац /керста бу/
9.Уьш ца лелла тов лаьттахула , ца хьаьвсина тов /церан ларашка , т1аккха шайна га , гича ойла йа/ муха хилла шайл хьалхарчеран чаккхе /бекхам/ ? Уьш /ма/ бара царел ч1ог1а /дег1ан/ ницкъехь , латта лелийра цара , бехира уьш цу т1ехь уьш баьхначул а дукха . Царна баьхкира шайн элчанаш билгалонашца . Аллах1 ма вацара царна /бехк боцуш/ зулам дийр долш , амма уьш /шаьш/ бара шайн дог1машна зуламе
10.Т1аккха шаьш вон динчеран чаккхе /цул доккха/ вон хилира , цара Аллах1ан аяташ харцдарна а , уьш царех кхаьрдаш /ца бешаш/ хиларна а .
11.Аллах1а доладо /адам/ кхоллар , т1аккха /и адам пана хилла д1атилча/ юхакхуллу /карладоккху/ Цо и . Цул т1аьхьа Цуьнга дерзор ду шу .
12./къемат дийнан/ Са1т х1уттучу дийнахь /саб1арзлой дог эшна д1асовцу/ догдуьллу къадечара
13.Ца хилира царна шайн декъахойх /шафа1атца/ т1ех1уьттурш . Уьш хилира шайн декъахойх цатешаш
14./къемат дийнан/ Са1т х1уттучу дийнахь - оцу дийнахь д1асхьакъаьстар бу уьш /бусулба а , керста а/
15.Амма шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а - уьш /ялсаманин/ бешахь г1адбохуьйтур /бакххибоьйтур бу , царна там бийр/ бу
16.Амма шаьш /Делах/ цатешнарш а , Тхан аяташ а , эхарт дуьхьалкхетар а харцдинарш а - уьш 1азапе балор бу /царна та1зар дийр ду/
17.Аллах1 ц1анве шаьш суьйренга девлача /суьйранна/ а , шаьш 1уьйренга девлача /1уьранна/ а ,
18.Цунна бу хастам стиглашкахь а , лаьттахь а , буьйсанна а /ц1анве аш И/ , делкъхена а .
19.Еллачух /х1уманах/ дийнаниг а схьайоккху Цо , дийначух еллариг а схьайоккху Цо , латта а дендо Цо и /дакъа/ деллачул т1аьхьа . Иштта шу а арадохур ду /Цо кешнашкара/
20.Цуьнан /Ша сийлахь хиларан/ билгалонашех ду - Цо шу /шун да Адам/ лаьттах кхоллар , т1аккха шу /садолу/ адам /а хиле/ д1асхьадаьржа /д1алела/
21./иштта/ Цуьнан билгалонашех ду - Цо шуна шух /шайх , шун дог1мех/ зударий кхоллар а царех шун синтем хилийта , шуна юккъехь марзо /безам/ а , къинхетам а бар а . Баккъалла а цуьнгахь /оцу балхехь/ билгалонаш ма ю ойлаечу къомана /нахана/ .
22./иштта/ Цуьнан билгалонашех ду - стигланаш а , латта а кхоллар а , шун /буьйцу/ меттанаш а , шун беснаш а тайп-тайпана /башха/ хилар а . Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ма ю /массо а/ 1аламна /дуьненна/ а .
23./иштта/ Цуьнан билгалонашех ду - шун наб а буса а дийнахь а /аш еш йолу/ , шун лахар а Цуьнан комаьршо . Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ма ю ладуг1учу къомана /нахана/
24./иштта/ Цуьнан билгалонашех ду - шуна стелахаьштиг /ткъес/ гайтар а /шу цуьнах/ кхерийта а , /шоьга дог1ане/ сатийсийта а /догдахийта/ а , стиглар /дог1ан/ хи доссор а шеца латта дендеш цуьнан /дакъа/ даларал т1аьхьа . Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ма ю хьекъалечу къомана /нахана/
25./иштта/ Цуьнан билгалонашех ду - Цуьнан омрунца стигал а , латта а /г1ортор йоцуш/ х1оттар /1ар , сацар/ , цул т1аьхьа Цо шу кхайкхича лаьттарчу кхайкхамца , т1аккха шу /сихонца/ арадевра ду
26.Цуьнан /долахь , лай/ ву стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ верг . Массо а Цунна муьт1ахь /хьаставелла/ ву
27.И ву Ша /адам/ кхоллар долориг а , т1аккха и /адам пана хилла д1атилча/ юхакхуллург /карладоккхург/ а . Иза т1ех /ч1ог1а/ атта ду Цунна . Цунна ду /Ша цхьаъ хиларехь/ лаккхара масал стиглашкахь а , лаьттахь а . Иза сийлахь , кхетаме ву
28.Шуна /Шена декъахой бинчарна/ шайх масал далийна /дина/ Цо . /и масал/ Буй ткъа шуна /х1ай маьрша нах !/ , шун аьттучара доладинчарех /г1арбашех , лешха/ Оха шуна /дуьненах/ деллачуьнгахь декъахой , шу цуьнгахь /рицкъангахь/ цхьанийсса а долш , царех кхоьруш шаьш кхерарх терра шайн дог1мех /шаьш санна чарех/ ?! Иштта билгалдо Оха аяташ хьекъалечу /ойлаечу/ къомана /нахана/
29.Мелхо а , шаьш /шайна/ зуламдинарш т1аьхьах1иттара /т1аьхьабезара/ шайн /дог1машан/ лаамашна /шайгахь/ хаар /1илма/ а доцуш . Ткъа хьа нисвийр ву Аллах1а ша тилийнарг ? Церан бац /шаьш 1азапех хьалхадаха/ г1оьнчаш .
30.Ерзае /нисйе/ хьайн юьхь дин т1е /бакъоне тевжина/ нисвелла ! Аллах1а чудиллинарг ду /и бакъоне тийжар/ , ша /Дала/ адамаш цу т1ехь кхоьллина долу . Хийцар дац Аллах1ан кхолларна . Иза нийса дин ду , делахь а адамех дукхах болчарна ца хаа /и/
31./дохко довларца/ Цунна т1едоьрзуш , кхера Цуьнах /Цуьнан тергоярца/ , ламаз /х1отта/ де , ма хила /Цунна/ декъахойбинчарех ,
32.шайн дин а декъна , тобанаш хилчарех . Х1ор тоба а шегахь долчух йоккхаеш ю .
33.Адамех зен хьакхаделча , /доггах/ шайн Деле /хьасталой/ кхойкху цара , /дохкобовларца/ Цунна т1ебирзина , т1аккха Цо цаьрга Шегара къинхетам 1овшийтача /чам баккхийтича/ , царех цхьаболчара шайн Делаца декъахойбо
34.Оха шайна деллачух ца тешархьама /пусар ца дан/ . Ткъа зовкх хьега аш , /т1аьхьа/ хуур ду шуна !
35./я/ Оха царна т1е бух боссийна /тов/ , /т1аккха/ и /тешалла дарца/ бистхуьлуш цара шеца декъахойбеш хилчуьнца ?!
36.Оха адамашка къинхетам 1овшийтича , /хазахетна/ баккхийбийра уьш цуьнах . Ткъа шайна во деача шайн куьйгаш динчунна , т1аккха уьш догдуьллуш /саб1арзадолуш/ бу
37.Царна ца гина тов , баккъалла а Аллах1а рицкъа шортадар а Шена луучунна , /кхечарна/ к1езигдар а . Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ма ю /Делах/ тешачу къомана /нахана/
38.Д1ало шен хьакъ гергарчунна а , мискачунна а , некъахочунна а . И тоьлуш ду шайна Аллах1ан юьхь /гар/ луучарна . Уьш бу уьш /шаьш/ декъалберш .
39.Аш ша йолана делларг , нехан хьелашкахь совдалийта /дебийта/ , и совцадолу Аллах1ан гергахь . Аш ша закатна делларг , Аллах1ан юьхь лууш , уьш бу уьш /мела хиларехь/ шалха совбуьйлурш
40.Аллах1 ву Ша шу кхоьллинарг , т1аккха шуна рицкъа делларг , цул т1аьхьа шу кхалхориг , т1аккха шу дендийриг . Шун декъахойх вуй ша цуьнах х1умма а дийриг ?! Ц1ена ву И , лекха хили И цара декъахойбечух
41.Талхар гучудаьлла /даьржина/ лаьттахь а , хин т1ехь а /массанхьа а/ нехан куьйгаш /къинойшха/ гулдинчунна , /ша/ цаьрга 1овшийта шаьш динчух цхьадерг , уьш /нийсачу новкъа/ юхаберзийта а
42.Ахь ала /цаьрга/ :"Лела лаьттахула , хьовса муха хилла /шоьл/ хьалхарчеран чаккхе /бекхам/ . Царех дукхахберш /Делаца/ декъахойбеш бара"
43.Ерзае хьан юьхь /Делан/ нийсачу дине , Аллах1ера шен духатохар /ша цхьаммо а сацор/ доцун /къематан/ де дале /хьалха/ . Оцу дийнахь д1асхьакъаьстар /д1асхьабекъалур/ бу уьш
44.Ша цатешнарг /милла велахь/ , цуна /хир/ ду шен цатешар /та1зар/ . /ткъа/ Ша /Дела реза волу/ дика динарг , шайн дог1машна кечдо цара /и/ .
45.Ша декхархьама шаьш тешначарна а , диканаш динчарна а Шен комаьршонах . Баккъалла а И , безаш вац цатешнарш /керстанаш/
46.Цуьнан билгалонашха ду Цо мехаш дахкийтар /шуна дог1анца/ кхаъбаккхийта а , Шен къинхетамах шоьга чамбаккхийта а , Шен омрунца х1ордкеманаш лелийта а , Цуьнан комаьршо шоьга лахийта а . Т1аккха аш баркалла ала тарло
47.Бакъ долш Оха хьоьл хьалха а хьовсийра элчанаш шайн къоме , уьш баьхкира цаьрга билгалонашца /амма цара харцбира уьш/ , /т1аккха/ Оха /х1аллак барца/ ч1ир ийцира шаьш къадинчарех . Тхуна т1ехь декхар дара муъманахан /толамца/ г1о дар
48.Аллах1 ву Ша мехаш дохкуьйтург , т1аккха цара /стиглара/ марха лоллу . Цо йаржайо и /марха/ стиглахь Шена ма лаъара /барамехь/ . Цо йо и /марха/ кескаш /дакъош/ , хьуна го цу юккъера дог1а арадолуш . Т1аккха Цо и /дог1а/ Шен лешха Шена луучунна даийтача , /хазахетна/ кхаьънаш доху цара ,
49.шаьш хиллехь а , шайна и даийтале - цул хьалха /и дарах/ догдиллина /саб1аьрза/
50.Хьо хьажа Аллах1ан къинхетаман ларашка , Цо муха дендо латта цуьнан /дакъа/ даларал т1аьхьа ! Баккъалла а И , белларш денбийриг ма ву . Иза ву массо а х1уман т1ехь ницкъкхочург .
51.Оха /ялтанна и дагош бекъа/ мох а бахийтина , царна и мажделла гича , цул т1аьхьа а цатешаш /зовкханна пусар доцуш/ лаьттар /хир/ ма бара уьш
52.Баккъалла а , хьуна хазийталур /кхеталур ма/ дац беллачарна , хьуна хазийталур /ма/ бац /бакъ долчух/ къорачарна кхайкхам а , уьш /цуьнах/ букътоьхна /д1абирзана/ д1абевдача ,
53.Хьо /ма/ вац , /дагна/ б1аьрзенаш /б1аьрса доцурш/ шайн тиларх /бакъоне/ нисбийр /д1аберзор , юхатухур/ болш . Хьуна хазийталур дац Тхан аяташха тешачунна а бен , уьш бу бусулбанаш .
54.Аллах1 ву Ша шу /шун дог1маш/ эг1азаллех /г1ийла/ кхоьллинарг , т1аккха эг1азаллан т1аьхьа /шоьгахь/ г1ора дина Цо , т1аккха г1оран т1аьхьа /шоьгахь юха а/ эг1азалла /г1ийла , ледар хилар/ а , къеждалар а дина Цо . Шена луург кхуллу Цо . Иза хуург , ницкъберг ву .
55./къемат дийнан/ Са1т х1уттучу дийнахь къадечара дуйбуу лаьттина ма дац са1техь бен . Иштта /дуьненахь болш а/ лебеш /бакъонах д1ахьовзош/ хиллера уьш .
56.Шайна 1илма /хаар/ а , ийман а деллачара элира :"Бакъ долш , шу лаьттира /дисара/ Аллах1ан /лайн 1амалаш д1аязйен/ жайнахь /шаьш кхоьлличхьана/ г1овтторан денналц . Х1ара ду /и аш харцдина долу , адамаш шайн кешнашчуьра/ г1овтторан де , делахь а шу /дуьненахь долш/ ца хууш дара /и де дог1ург хилар/"
57.Ткъа оцу /къемата/ дийнахь , шаьш зуламдинчарна /шаьш динчух/ церан бехказбовларо пайда а бийр бац , /я/ цаьрга дохкобовлар а доьхур дац /юхаберзор бац/
58.Бакъ долш , Оха далийра нахана /уьш бакъонна т1екхиийта/ х1окху къур'анчохь массо а /кепара/ масалха /мисалш/ . Ткъа /Ас ч1аг1о ма йо/ ахь царна аят далийча , шаьш /Делах/ цатешначара эра ма дара :"Шу /ма/ дац харцондай /харцлуьйраш/ бен"
59.Иштта /оцу куьцара/ Аллах1а мух1ар туху /шайга деанчуьнан чулацам/ цахуучеран дегнаш т1е
60.Сатоха /царех хьайна хуьлучу цатаман т1ехь/ , баккъалла а Аллах1ан /орца хьуна кхочур хиларан/ ч1аг1о бакъ ю /хьуна/ . Хьо /собар ца тоьъна/ сонталле ма вуьгийла шаьш доггах цатешачара .



31- Сурат Лукъман
(Маккахь доьссина , 34 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Алиф , лам , мийм.
2.Уьш (х1орш) кхетамечу жайнан аяташ ду .
3.Нийса некъ а , къинхетам а дикчу лешна
4.Шаьш ламазаш х1иттош , закат луш , шаьш эхартах билггала тешаш болу
5.Уьш - шайн Делера нийсачу новкъа т1ехь бу , уьш шаьш декъалхилларш бу
6.Адамашха ву , ша дезарца хоржуш синкъераман къамел , шиэгахь доцчу 1илманца Аллах1ан новкъах тилорхьама , (иштта) ша царех (аяташха) кхаьрдаш . Уьш шайна сийсазбарца 1азап хиндерш бу
7.Тхан (къур'анан) аяташ шена дешча , куралла ярца (букъ тохе) д1авоьрзу иза , шена ца хезча санна , баккъалла а , шен лергашчохь къоралла йолуш (лергана ч1ог1а волуш) санна . Ахьа цуьнга кхаъ баккха лазош хиндолчу 1азапца
8.Баккъалла а , шаьш ийман а диллина , дика 1амалаш йинчаьрна зовкхе ялсаманеш хир ю .
9.Гуттара а шаьш цу чохь хир болуш , Аллах1ан ч1аг1о (шеко йоцуш) бакъ ю , Иза нуьцкъала а , т1ех кхетаме а ву .
10.Стигланаш кхьоьллина Цо г1ортолаш а йоцуш шаьш шуна гуш , лаьттах лекха лаьмнаш а доьг1на Цо и шуна (к1елахь) меттахцахьейта . Массо а куьцара дийнаташ а даржийна Цо цу т1ехь. Оха Стиглара (дог1ун) хи а доссийна , массо а хазчу кепара ораматаш а довлийтина Оха цу т1ехь
11.Х1ара Аллах1ан кхоллам бу , ткъа аша гайтийша Суна , х1ун ду Иза воцучаьра шаьш кхоьллинарг ? Бакъ долуш зуламхой билггалчу тиларехь бу
12.Бакъ долуш , Оха белира Лукъманна кхетам : "Аллах1ан баркалла ала , ша баркалла олучо , баккъалла а шен дег1ана баркалла олу. Ткъа ша керстаннала динарг.., баккъалла а Аллах1 хьаштвоцург , хастамениг ву
13.(ахьа хьахаде) Лукъмана шен к1анте элира ша цуна хьехам беш :"Х1ай сан жима-к1ант ! Аллах1аца декъашхо ма велахь ! Баккъалла а декъашховар (уггар) доккха зулам ма ду"
14.Адаме шен деца-ненаца весет дира Оха . Нанас (шен кийрахь) лелийра и (дено-дено) халонт1е а хало хуьлуш , (ткъа) и (декхчуьра) д1акъастар шина шарчохь ду . "Суна а , хьайн дена-нанна а баркалла ала , верзар Соьга ду (хьан)"
15.Цаьршиммо хьо т1етовжавахь Соьца декъашховарна хьан шеца дерг хаар доцучуьнца , цаьршинна муьт1ахь ма хила хьо. (амма) Дуьнена дахарехь (хьо) цаьршинца дика (оьзда) хилалахь . Дохко ваьлла соьга вирзинчун некъ лацалахь , цул т1аьхьа шун дерзар Соьга ду , т1аккха Аса д1ахауьйтур ду шуна аша деш хилларг (бекхам беш)
16.Х1ай сан жима-к1ант ! Баккъалла а и (дика-во) хилча к1оллин буьртиг барамехь жима , и тархах хилча , я стигланашкахь , я лаьттах , Аллах1а гучудоккхур ма ду иза . Баккъалла а , Аллах1 т1екхуьуш , хууш ву .
17.Х1ай сан жима-к1ант ! (бехкамашца) Ламаз делахь , диканца девзинчунца омар делахь , вочух юхатохалахь (ницкъ макхоччу) , хьайна (цу т1аьхь) хуьлучу халонна собаре хилалахь , баккъалла а , иза (вай хьахийнарг) , (дики долуш,) хадош ч1аг1дина т1едихкинчу белхашха ду
18.(къамелехь) Хьайн бесни (йоьхь) , (кураллийца , ца вашарца) нахах д1амаерзайелахь (букъ ма тохалахь). Хьо ма лиэлалахь лаьттахула дозаллийца (курачу боларца) . Баккъалла а , Аллах1ан везац хьуна массо а шех тамаш а , доззалла а дийриг
19.Хьайн болар дай диэлахь , хьайн аз лаг1диэлахь (г1елделахь) , баккъалла а , аьзнашха т1ех ирчаниг варрашин аз ду хьуна
20.Шуна ца гира (цахиъира) , баккъалла а , Аллах1а стигланашкахь дерг а , лаьттахь дерг а шайна муьт1ахь дар ? (иштта) Шайна (Цо) кхоччуш шорта дар , гуш (девзаш) а , къайлах (ца девзаш) а долу зовкхаш (ни1маташ) . Адамашха ву ша къуьйсург Аллах1 (цхьаъваран) хьокхехь (дийца) 1илма (бух) а , (элчанера) нийса некъ а , (т1етовжа) нуьре (билгала) жайна а доцуш
21.Цаьрга (къийсалучарга) аьлча : "Аллах1а (шен элчанна т1е) доссийначунна т1аьхьа х1итта (иза бакъдарца)", цара олу :"Цулла (бакъ долуш) , тхан дайш лелош тхайна карийначунна т1ахьа х1уьттур дай тхо", (Аллах1а элира) "Шайт1ано уьш (ц1ерца йогу) жоьжахатан 1азапе (лебеш харцоне) кхойкхуш хиллехь ай?"
22.Доггах Аллах1ан (т1е болх биллина) 1амал йинарг милла велахь , ша дикадеш (муьт1ахь) волуш , бакъ долуш (иза) ондачу (хедар боцучу муьшан) шедах тасавелла , (церан) белхийн (1амалийн) чаккхе (дерзар) Аллах1е ю
23.Ша керстаналла динарг милла велахь , хьо (х1ай сийдолу Мухьаммад) г1айг1ане (балане) ма войла цуьнан керстаналло , церан берзар Тхоьга ду хьуна , т1аккха Оха д1ахауьйтур ду царна шаьш лелийнарг (бекхам барца) . Баккъалла а , Аллах1 (церан) кийрахь дерг (хьуламе г1ур доцуш) т1ех дика хууш ву (хьуна)
24.Жимма зовкх хьогуьйтур ду Оха цаьрга (дуьненахь) , т1аккха к1оршаме 1азап т1етосур ду
25.(дуй ма буъу Аса) Ахьа цаьрга хаьттича :"Хьа кхоьллина стигланаш а , латта а ?" Цара (мук1арло деш) ала ма олу :"Аллах1а (кхоьллина) ". Ахьа (х1ай сийдолу Мухьаммад) ала : " Аллах1ана хастам бу (уьш бакъонна къера барна) , бакъ долуш , царах дукхах болчарна хаъам ца хаъа (шаьш Цуна 1ибадат дан дезар)"
26.Аллах1ан (долахь) ду стигланашкахь а , лаьттахь а (мел) дерг , баккъалла а , Аллах1 , ша х1умане хьашт воцург , шена хастам берг ву
27.Баккъалла а , ша (х1окху) лаьттахь мел долу дитт , (шайха) къоламаш (дина) хилчи , (ткъа) х1орд (шекъа хилчи) шел т1аьхьа варх1 х1ордо (шекъанца) совбоккхуш (диэбош) , (и г1ирс кхачабелчи а ) Аллах1ан дешнаш кхачор ма дацара , баккъалла а , Аллах1 , ницкъ болш , кхиэтаме (хьуьнаре) ма ву .
28.Шун (массеран) кхоллар а , я ден дина г1овттор а , дан мадац цхьа са (кхоллар , г1аттор) санна бен . Баккъалла а , Аллах1 (цара дуьйцург) хезаш , (цара дийриг) гуш ву
29.Хьуна (х1ай сийдолу Мухьаммад) ца гина (ца хаъа) , баккъалла а , Аллах1а буьйса (цуьнах цхьа дакъа) ден чу йоллар (и де дахдеш) , де (цуьнах цхьа дакъа) буьйсенчу доллар (и буьйса яхъеш) , малх , бутт (шуна пайдана) мут1ахь бар , (цаьршинах) х1ору а (Дала) тоьхна хенналца (шена билгал динчу дозанан новкъа) лиэлар , (иштта) баккъалла а , Аллах1 аша дийриг хуъуш хилар
30.Иза (хьахийнарг) баккъалла а , Аллах1 ша (шиэко йоцуш) хьакъ хилар , (иштта) баккъалла а , Иза (Аллах1) воцуш цара (лолла дарца) кхойкхург (т1аьхьло йоцуш) харц хилар , (иштта) баккъалла а , Аллах1 т1ех (нуьцкъала) лекхи , (сийлахь) воккху хилар (ч1аг1деш) ду
31.Хьуна ца гина (ца хаъа) , баккъалла а , х1ордкема х1ордчухула Аллах1ан ни1матца лиэлар , Шен (ницкъ хилар) билгалонаш шуна гайта , баккъалла а , оцунгахь билгалонаш ма йу массо а т1ех (халонехь)собаре , (шортонехь) пуьсаре волчуна
32.(х1орд ловзабаьлла) Лаьмнаш санна (лекха йолчу) тулг1ийно уьш (шаьш) хьулбича , доггаха (цуьнга цхьанга) Аллах1е кхойкху цара , ткъа (Цо) шаьш (х1ордах) к1алхьара баьхна лаьтта баьхчи , царах (Делаца йина) ч1аг1он т1ехь чекхволург (ле цаволург) хуьлу . (бакъ долуш) Тхан билгалонаш (къобал ца еш) юха цатуху массо а т1ех ямарт , керста волчо бен.
33.Х1ай адамаш шайн Делах кхиэралуш , дас шен доьзалхо (балех) хьалха ваккха (Дала къобал дийр долуш) дан х1ума а , (иштта) доьзалхочо шен дена дан х1ума а доцучу дийнах кхиэралуш , баккъалла а , Аллах1ан ч1аг1о бакъ ю (шуна) , дуьнена дахаро 1иэха ма дойла шу , Аллах1ах ("Дела къинхет шорта бу" аьлла) 1иэха мадойла шу (вуониг дайтарца) 1иэхочо (шайт1ано)
34.Баккъалла а Аллах1 , къиэмат ден (х1оттар хан) хаъар цуьнгахь ду . Дог1у доуьйту (Цо) , (наной) кийранашкахь (долчу синойх) дерг хаъа (Цуна) , цхьанне сина ца хаъа ша кхана х1ун лелор ду , цхьанне сина ца хаъа (ша) муьлхачу лаьттахь (махкахь) лийр ду . Баккъалла а , Аллах1 (массо х1ума) т1ех дика хуъуш , (къайлах дерг) девзаш ву




31- Сурат Лукъман
(Маккахь доьссина , 34 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Алиф , лам , мийм.
2.Уьш (х1орш) кхетамечу жайнан аяташ ду .
3.Нийса некъ а , къинхетам а дикчу лешна
4.Шаьш ламазаш х1иттош , закат луш , шаьш эхартах билггала тешаш болу
5.Уьш - шайн Делера нийсачу новкъа т1ехь бу , уьш шаьш декъалхилларш бу
6.Адамашха ву , ша дезарца хоржуш синкъераман къамел , шиэгахь доцчу 1илманца Аллах1ан новкъах тилорхьама , (иштта) ша царех (аяташха) кхаьрдаш . Уьш шайна сийсазбарца 1азап хиндерш бу
7.Тхан (къур'анан) аяташ шена дешча , куралла ярца (букъ тохе) д1авоьрзу иза , шена ца хезча санна , баккъалла а , шен лергашчохь къоралла йолуш (лергана ч1ог1а волуш) санна . Ахьа цуьнга кхаъ баккха лазош хиндолчу 1азапца
8.Баккъалла а , шаьш ийман а диллина , дика 1амалаш йинчаьрна зовкхе ялсаманеш хир ю .
9.Гуттара а шаьш цу чохь хир болуш , Аллах1ан ч1аг1о (шеко йоцуш) бакъ ю , Иза нуьцкъала а , т1ех кхетаме а ву .
10.Стигланаш кхьоьллина Цо г1ортолаш а йоцуш шаьш шуна гуш , лаьттах лекха лаьмнаш а доьг1на Цо и шуна (к1елахь) меттахцахьейта . Массо а куьцара дийнаташ а даржийна Цо цу т1ехь. Оха Стиглара (дог1ун) хи а доссийна , массо а хазчу кепара ораматаш а довлийтина Оха цу т1ехь
11.Х1ара Аллах1ан кхоллам бу , ткъа аша гайтийша Суна , х1ун ду Иза воцучаьра шаьш кхоьллинарг ? Бакъ долуш зуламхой билггалчу тиларехь бу
12.Бакъ долуш , Оха белира Лукъманна кхетам : "Аллах1ан баркалла ала , ша баркалла олучо , баккъалла а шен дег1ана баркалла олу. Ткъа ша керстаннала динарг.., баккъалла а Аллах1 хьаштвоцург , хастамениг ву
13.(ахьа хьахаде) Лукъмана шен к1анте элира ша цуна хьехам беш :"Х1ай сан жима-к1ант ! Аллах1аца декъашхо ма велахь ! Баккъалла а декъашховар (уггар) доккха зулам ма ду"
14.Адаме шен деца-ненаца весет дира Оха . Нанас (шен кийрахь) лелийра и (дено-дено) халонт1е а хало хуьлуш , (ткъа) и (декхчуьра) д1акъастар шина шарчохь ду . "Суна а , хьайн дена-нанна а баркалла ала , верзар Соьга ду (хьан)"
15.Цаьршиммо хьо т1етовжавахь Соьца декъашховарна хьан шеца дерг хаар доцучуьнца , цаьршинна муьт1ахь ма хила хьо. (амма) Дуьнена дахарехь (хьо) цаьршинца дика (оьзда) хилалахь . Дохко ваьлла соьга вирзинчун некъ лацалахь , цул т1аьхьа шун дерзар Соьга ду , т1аккха Аса д1ахауьйтур ду шуна аша деш хилларг (бекхам беш)
16.Х1ай сан жима-к1ант ! Баккъалла а и (дика-во) хилча к1оллин буьртиг барамехь жима , и тархах хилча , я стигланашкахь , я лаьттах , Аллах1а гучудоккхур ма ду иза . Баккъалла а , Аллах1 т1екхуьуш , хууш ву .
17.Х1ай сан жима-к1ант ! (бехкамашца) Ламаз делахь , диканца девзинчунца омар делахь , вочух юхатохалахь (ницкъ макхоччу) , хьайна (цу т1аьхь) хуьлучу халонна собаре хилалахь , баккъалла а , иза (вай хьахийнарг) , (дики долуш,) хадош ч1аг1дина т1едихкинчу белхашха ду
18.(къамелехь) Хьайн бесни (йоьхь) , (кураллийца , ца вашарца) нахах д1амаерзайелахь (букъ ма тохалахь). Хьо ма лиэлалахь лаьттахула дозаллийца (курачу боларца) . Баккъалла а , Аллах1ан везац хьуна массо а шех тамаш а , доззалла а дийриг
19.Хьайн болар дай диэлахь , хьайн аз лаг1диэлахь (г1елделахь) , баккъалла а , аьзнашха т1ех ирчаниг варрашин аз ду хьуна
20.Шуна ца гира (цахиъира) , баккъалла а , Аллах1а стигланашкахь дерг а , лаьттахь дерг а шайна муьт1ахь дар ? (иштта) Шайна (Цо) кхоччуш шорта дар , гуш (девзаш) а , къайлах (ца девзаш) а долу зовкхаш (ни1маташ) . Адамашха ву ша къуьйсург Аллах1 (цхьаъваран) хьокхехь (дийца) 1илма (бух) а , (элчанера) нийса некъ а , (т1етовжа) нуьре (билгала) жайна а доцуш
21.Цаьрга (къийсалучарга) аьлча : "Аллах1а (шен элчанна т1е) доссийначунна т1аьхьа х1итта (иза бакъдарца)", цара олу :"Цулла (бакъ долуш) , тхан дайш лелош тхайна карийначунна т1ахьа х1уьттур дай тхо", (Аллах1а элира) "Шайт1ано уьш (ц1ерца йогу) жоьжахатан 1азапе (лебеш харцоне) кхойкхуш хиллехь ай?"
22.Доггах Аллах1ан (т1е болх биллина) 1амал йинарг милла велахь , ша дикадеш (муьт1ахь) волуш , бакъ долуш (иза) ондачу (хедар боцучу муьшан) шедах тасавелла , (церан) белхийн (1амалийн) чаккхе (дерзар) Аллах1е ю
23.Ша керстаналла динарг милла велахь , хьо (х1ай сийдолу Мухьаммад) г1айг1ане (балане) ма войла цуьнан керстаналло , церан берзар Тхоьга ду хьуна , т1аккха Оха д1ахауьйтур ду царна шаьш лелийнарг (бекхам барца) . Баккъалла а , Аллах1 (церан) кийрахь дерг (хьуламе г1ур доцуш) т1ех дика хууш ву (хьуна)
24.Жимма зовкх хьогуьйтур ду Оха цаьрга (дуьненахь) , т1аккха к1оршаме 1азап т1етосур ду
25.(дуй ма буъу Аса) Ахьа цаьрга хаьттича :"Хьа кхоьллина стигланаш а , латта а ?" Цара (мук1арло деш) ала ма олу :"Аллах1а (кхоьллина) ". Ахьа (х1ай сийдолу Мухьаммад) ала : " Аллах1ана хастам бу (уьш бакъонна къера барна) , бакъ долуш , царах дукхах болчарна хаъам ца хаъа (шаьш Цуна 1ибадат дан дезар)"
26.Аллах1ан (долахь) ду стигланашкахь а , лаьттахь а (мел) дерг , баккъалла а , Аллах1 , ша х1умане хьашт воцург , шена хастам берг ву
27.Баккъалла а , ша (х1окху) лаьттахь мел долу дитт , (шайха) къоламаш (дина) хилчи , (ткъа) х1орд (шекъа хилчи) шел т1аьхьа варх1 х1ордо (шекъанца) совбоккхуш (диэбош) , (и г1ирс кхачабелчи а ) Аллах1ан дешнаш кхачор ма дацара , баккъалла а , Аллах1 , ницкъ болш , кхиэтаме (хьуьнаре) ма ву .
28.Шун (массеран) кхоллар а , я ден дина г1овттор а , дан мадац цхьа са (кхоллар , г1аттор) санна бен . Баккъалла а , Аллах1 (цара дуьйцург) хезаш , (цара дийриг) гуш ву
29.Хьуна (х1ай сийдолу Мухьаммад) ца гина (ца хаъа) , баккъалла а , Аллах1а буьйса (цуьнах цхьа дакъа) ден чу йоллар (и де дахдеш) , де (цуьнах цхьа дакъа) буьйсенчу доллар (и буьйса яхъеш) , малх , бутт (шуна пайдана) мут1ахь бар , (цаьршинах) х1ору а (Дала) тоьхна хенналца (шена билгал динчу дозанан новкъа) лиэлар , (иштта) баккъалла а , Аллах1 аша дийриг хуъуш хилар
30.Иза (хьахийнарг) баккъалла а , Аллах1 ша (шиэко йоцуш) хьакъ хилар , (иштта) баккъалла а , Иза (Аллах1) воцуш цара (лолла дарца) кхойкхург (т1аьхьло йоцуш) харц хилар , (иштта) баккъалла а , Аллах1 т1ех (нуьцкъала) лекхи , (сийлахь) воккху хилар (ч1аг1деш) ду
31.Хьуна ца гина (ца хаъа) , баккъалла а , х1ордкема х1ордчухула Аллах1ан ни1матца лиэлар , Шен (ницкъ хилар) билгалонаш шуна гайта , баккъалла а , оцунгахь билгалонаш ма йу массо а т1ех (халонехь)собаре , (шортонехь) пуьсаре волчуна
32.(х1орд ловзабаьлла) Лаьмнаш санна (лекха йолчу) тулг1ийно уьш (шаьш) хьулбича , доггаха (цуьнга цхьанга) Аллах1е кхойкху цара , ткъа (Цо) шаьш (х1ордах) к1алхьара баьхна лаьтта баьхчи , царах (Делаца йина) ч1аг1он т1ехь чекхволург (ле цаволург) хуьлу . (бакъ долуш) Тхан билгалонаш (къобал ца еш) юха цатуху массо а т1ех ямарт , керста волчо бен.
33.Х1ай адамаш шайн Делах кхиэралуш , дас шен доьзалхо (балех) хьалха ваккха (Дала къобал дийр долуш) дан х1ума а , (иштта) доьзалхочо шен дена дан х1ума а доцучу дийнах кхиэралуш , баккъалла а , Аллах1ан ч1аг1о бакъ ю (шуна) , дуьнена дахаро 1иэха ма дойла шу , Аллах1ах ("Дела къинхет шорта бу" аьлла) 1иэха мадойла шу (вуониг дайтарца) 1иэхочо (шайт1ано)
34.Баккъалла а Аллах1 , къиэмат ден (х1оттар хан) хаъар цуьнгахь ду . Дог1у доуьйту (Цо) , (наной) кийранашкахь (долчу синойх) дерг хаъа (Цуна) , цхьанне сина ца хаъа ша кхана х1ун лелор ду , цхьанне сина ца хаъа (ша) муьлхачу лаьттахь (махкахь) лийр ду . Баккъалла а , Аллах1 (массо х1ума) т1ех дика хуъуш , (къайлах дерг) девзаш ву


32 +Горaвахар




33 - Сурат Альахьзаб /Тобанаш/
/Маккахь доьссина , 73 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Х1ай пайхамар ! Аллах1ах кхера /Цунна муьт1ахь хиларца/ , хьо муьт1ахь ма хила цатешачарна /керстанна/ а , мунепикъашна . Баккъалла а Аллах1 хуург , кхетамениг ву .
2.Хьо т1аьхьах1отта хьайга хьан Делера хьоьхучунна . Баккъалла а Аллах1 хууш вара аш дийриг .
3.Аллах1ан т1етовжа /болх Цунна т1е билла/ . Аллах1 тоьар ву /хьуна/ т1етовжа /векал/ .
4.Аллах1а ца дина стагана шен кийрахь шиъ дог . Цо ца бина шун зударий - аш /шайн нанойн баккъашха тарбарца шайна/ шаьш хьарамбийраш - шун наной . Цо ца бина аш /дай х1иттина/ шайн долабаьхнарш шун к1ентий . Иза /деккъа багахула/ шайн батошца шун алар ду . Аллах1а бакъ дерг олу , Цо нийса новкъа а воккху.
5.Аш кхайкха /бехка/ уьш /долабаьхнарш/ шайн дайшка /церан ц1ерашца/ , иза нийса /г1олий хир/ ду Аллах1ан гергахь . Ткъа шуна церан дай ца бовзахь , шун вежарий а бу уьш динехь , шун гергар а бу /уьш/ . Шуна т1ехь къа дац , шу шеца /ца хууш/ г1алатдоьвлачун . Амма шун дегнашна лиъначун /къа ду шуна/ . Аллах1 гечдеш , къинхетаме ву .
6.Пайхамар хьакъ /къинхетаме , пайден/ ву муъманахех - царел /шайл/ а . Цуьнан зударий - церан /муъманеха/ наной /санна/ бу . Гергарнаш - царех цхьаберш вукхарех /вовшех ирс эцарехь/ хьакъ бу Аллах1ан жайнахь , муъманахел а , махкахбевлачарел а . Аш шайна уллерчарна /безачарна весет дарца/ дика дар доцург . /Аллах1ан/ Жайнахь д1аяздина дара и .
7.Ийцира Оха пайхамаршкара церан ч1аг1онаш : хьоьгара а , Нохьера а , Ибрах1имера а , Мусагара а , Мареман к1антера 1ийсагара а . Ийцира Оха царгара йоккха /ч1ог1а/ ч1аг1о .
8.Бакълуьйчарга /элчанашка/ хаттархьама церан бакълерах /дин д1акхачадарехь/ . Цо кечдина цатешачарна /уьш/ лазбен 1азап .
9.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Аш хьахаде шайн т1ийра Аллах1ан зовкх . Шуна /т1елата тобанашкахь керистан/ эскарш даьхкинчу хена Оха царна т1е тесира мох а , /малийкин/ б1ахой а , шаьш шуна гина боцу . Аллах1 вара аш дийриг /лелориг / гуш .
10.Уьш /керстанаш/ баьхкира шуна шун т1оьхула а , шун к1елхула а , /ткъа шун/ б1аьргаш /мостаг1 аг1ор доьхна а/ к1елд1ашхула /гома/ хьаьжира , дегнаш /кхерамна/ къамкъаргашка кхечира , Аллах1ех цхьацца /шеконан/ хетадаларш хета дуьйла делира шуна .
11.Эццехь зийра муъманах . Бегийра /ластийра , хьабира/ уьш ч1ог1а бегорах
12.Мунепикъаш а , шайн дегнашкахь цамгар йолчара а олу :"Аллах1а а , Цуьнан элчано а вайна йина ч1аг1о 1ехор /харцо/ бен ма яц"
13.Царех цхьана тобано элира :"Х1ай Йасриб бахархой шун /синтем хир болун/ меттиг яц /кхузарниг/ , духадерза /шайн ц1а/ !" Царех цхьана тобано пайхамаре /д1абаха/ пурба доьху , цара олу :"Тхан х1усамаш ларйаза /1уналла доцуш йисан/ ю" . Уьш ма яц ларйаза . Уьш лууш /ма/ бац /т1амах/ бовдар бен .
14./ткъа/ Царна /мунепикъашна , мостаг1ий/ чу а балийна цуьнан /Йасриб шахьаран/ йисташкахула /массо а аг1ор/ , т1аккха /мостаг1о/ царга питан /керста хилар/ дехча , и дийр ма дар цара . Уьш лаьттар ма бацар цу чохь к1еззиг бен .
15.Бакъ долш Аллах1ан ч1аг1о йина бара уьш /цул/ хьалха , /эшна/ т1ехьенаш ерзор яц /довдур , духадевр дац аьлла/ . Аллах1ан /йина/ ч1аг1о жоьпалле ю .
16.Ахь ала /царга/ :"/Шун дала хан кхаьчнехь , т1амах/ Довдаро шун бан пайда бац , /нагахь санна/ шу даларха а , дайъарха а девддехь . /ткъа шун хан ца кхаьчнехь/ Т1аккха /шайна йисанчу хенахь/ к1еззиг бен зовкх хьоьгур дац аша".
17.Ахь ала :"Мила ву и ша , шу Аллах1ах лардийр дерг , Цунна лиъча шуна цхьа во /дан/ , я /И сацон верг/ Цунна лиъча шуна къинхетам /бан/ ?" . Царна карор /ма/ вац Аллах1 воцург верас /доладийриг/ а , г1оьнча а .
18.Бакъ долш Аллах1ан бевза шух новкъарло йийраш /т1амах кхи берш юхабеттарш , сецораш/ а , /шаьш/ олурш а шайн вежаршка :"Схьадуьйла тхо долчу" . Ца бог1у уьш т1аме /вуоне , кхераме/ к1еззиг /ханна/ бен .
19.Шуна сутара /б1аьрмециг/ болш . Ткъа /и/ кхерам /шайна/ беача , хьуна го уьш /кхерабелла/ хьайга хьоьжуш , шайн б1аьргаш хьийзаш /д1асхьа уьдуш/ , ша /дог вон хилла , б1агор хьаьвзина/ валарна охьавужург санна . Ткъа /и т1еман/ кхерам д1абахча /д1абаьлла шаьш пайрг1ат бевлача/ , ирачу меттанашца шуна 1иттарш /чевнаш/ йо цара , диканна сутара болш . Уьш - /баккъалла а Делах/ тешна бац . /цундела / Аллах1а эрна йайъина церан 1амалш . Аллах1ан атта дара и /эрна йайъар/ .
20.Тобанаш д1ацайахна хета царна . Ткъа /и/ тобанаш /юха а/ йаг1ахь , царна лаьра /дара/ баккъалла а шаьш эрна /г1ум/ арахь кхерстачарех хила , шун хабарш хоьттуш . Уьш шоьца /шуна юккъехь/ хиллехь а , цара т1ом бийр бацар к1еззиг /бехказлонна/ бен .
21.Бакъ долш , Аллах1ан элчанехь /эца/ дика масал /ма/ дара шуна , ша Аллах1е /Цуьнан дикане/ а , т1аьхьарчу /къемат/ дийне а догдохучунна а , Аллах1 дукха хьехийначунна а /цунна т1аьхьа х1унда ца х1иттара шу ?/ .
22.Муъманахан тобанаш гинчу хена цара элира :"Х1ара дукх и Аллах1а а , Цуьнан элчано а ч1аг1о йинарг . Бакълийна Аллах1 а , Цуьнан элча а" . Цо сов ца бехир уьш тешамца а , муьт1ахьалца а бен
23.Муъманахех къонахой бу , шаьш /собарца/ бакъйина Аллах1ан йина ч1аг1о , царех бу шен хан текхнарг а , царех ву ша /цуьнга/ хьоьжург а , /амма/ цара ца хийцара /шайн ч1аг1о/ хийцане а .
24.Аллах1а бакълуьйчарна церан бакълерна /диканца/ бекхам ба а , мунепикъашна 1азап дала а Шена лаахь , я царна /дохко бовлахь/ къинт1ер вала а . Баккъалла а Аллах1 /дохко ваьллачуна/ гечдеш , къинхетаме вара .
25.Аллах1а юхатуйхира /берзийра/ шаьш цатешнарш шайн дераллийца /дарбелла/ , дикане ца кхаьча /аьтто ца хилла/ . Аллах1а хьалхабехира муъманах т1амах . Аллах1 нуьцкъала , сийлахь вара .
26.Цо биссийра , жайнан ох1ланах шаьш царна г1о динарш , шайн ч1аг1онашкара /г1епашкара , б1аьвнашкара/ , Цо тесир церан дегнашчу кхерам ; цхьаберш аш бойъуш , цхьаберш йийсар беш .
27.Цо делира шуна ирсан церан латта а , церан керташ а , церан бахамаш а , аш /хьалха/ хьаьшна доцу латта а . Аллах1 массо а х1уман т1ехь ницкъберг вара .
28.Х1ай пайхамар ! Ахь ала хьан зударшка :"/нагахь санна/ Шу делахь дуненан дахар а , цуьнан хазалла а езаш , схьадуьйла ас шуна там а бина , шу хаза парг1ат /сайха маьрша/ дохур ду" .
29."/амма/ Шу делахь везаш Аллах1 а , Цуьнан элча а , т1аьхьара /ялсаманан/ керт /х1усам/ а , баккъалла а Аллах1а кечйина шух дикадечарна сийлахь-йоккха ял" .
30.Х1ай пайхамаран зударий ! Шух билгала бакъхьа доцург дечунна , 1азап шалха сов /алсам/ доккхур ду цунна /кхечун чул а/ . Аллах1ан атта ду и .
31.Ткъа шух Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а муьт1ахь ерг а , дика дийриг а , Оха шозза ял лур ю цунна . Оха кечдина цунна /ялсаманехь/ лераме /аьхна/ рицкъа
32.Х1ай пайхамаран зударий ! Шу дац /жоьпаллехь/ кхи /болу/ зударий санна . Шаьш /Делах/ кхерахь , шу ма хила /хийрачу божаршца/ дашца к1еда , /т1аккха/ шен дагчохь /кийрахь/ цамгар йолчо дог /ца/ даха . Аш ала /юкъар/ девза дош .
33.Шу совца шайн х1усамашкахь , ма кечло хьалхалер /дин доцу/ сонталлийн /заман зударий санна/ кечдаларха , ламаз /х1отта/ де , закат ло , муьт1ахь хила Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а . Баккъалла а Аллах1ан лаьа шух /къинойн/ боьхо д1атило /д1аяккха/ х1ай ц1ийна нах , шу ц1андарха /къиношха/ ц1анда а .
34.Аш дагадаийта шайн х1усамашкахь Аллах1ан аяташха а , кхетамех /суннатех/ а доьшург . Баккъалла а Аллах1 /шоьца/ к1еда-мерза /т1екере , г1иллакхе/ , /хьал/ девзаш вара .
35.Баккъалла а бусулбастегарий а , бусулбазударий а , муъмастегарий а , муъмазударий а , /Далла/ муьт1ахь /болу/ стегарий а , муьт1ахь зударий а , бакълуьйн стегарий а , бакълуьйн зударий а , собаре стегарий а , собаре зударий а , /Далла/ хьастабелла стегарий а , хьастабелла зударий а , саг1ане /болу/ стегарий а , саг1ане зударий а , мархане стегарий а , мархане зударий а , шайн бехкен /эхьен/ меттигаш /хьарамчух/ ларъен стегарий а , /уьш/ ларъен зударий а , Аллах1 шортта /дуккха а/ хьахавен стегарий а , /Иза/ хьахавен зударий а , Аллах1а царна кечдина гечдар а , сийлахь-йоккха ял а .
36.Муъмастагана а , муъмазудчуна а дац , Аллах1а а , Цуьнан элчано а цхьана белха кхелйича , шайн белхах церан харжам хилар . Ткъа ша Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а 1есаверг , бакъ долш тилавелла и билггалчу тиларца
37.Хьахаде ахь алар , Аллах1а шена /ийманца/ зовкх деллачунга , айхьа шена /маьрша ваккхарца/ дика болх бинчунга :"/хьайн/ Долахь йита хьан зуда , Аллах1ах кхера !" Хьан кийрахь хьулдеш Аллах1а ша гучудоккхун дерг , нахех кхоьруш , Аллах1 ма ву /ткъа/ хьо Шех кхера т1ех хьакъ верг . Зайда цуьнах /шен/ хьашто /луург/ кхочуш йинчу хена Оха ялийра и хьуна , муъманахана гатто /новкъарло , къа/ ца хилийта /дай х1иттина/ шайн долабаьхначеран зударшкахь /уьш балабарехь/ , царех шаьш хьашто кхочуш йича . Аллах1ан омру сецна /кхочуш дина/ ду .
38.Пайхамарна къа дац Аллах1а шена т1едиллинчунгахь /магийначунгахь/ . Аллах1ан ламаст ду и хьалха баханчаргахь лелла . Аллах1ан омру сецна /яьлла/ кхел яра .
39.Шаьш Аллах1ан дахьийтарш /халкъе/ кхайкхош болу , Цуьнах кхоьруш , Аллах1 воцчух цхьаннех а ца кхоьруш . Аллах1 тоьар ву /хьуна/ хьесапхо .
40.Мухьаммад ца хилла цхьаннен а да шун божарех . Амма Аллах1ан элча а , пайхамарийн мух1ар а /дара и/ . Аллах1 вара массо а х1ума девзаш .
41.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Аллах1 хьахаве аш дуккха а хьахаварх .
42.Ц1анве И 1уьйранна а , суьйранна
43.И ву Ша шух къинхетам беш , Цуьнан малийкаш а /ду шу доьхуш/ , шу арадаха /тиларан/ боданашкара /нийсонан/ серлонга . Муъманахаца къинхетаме вара И .
44.Церан /вовшашка/ маршалла хаттар Цунна дуьхьал х1уьттучу дийнахь - "Cалам-маршалла" ду . Цо кечйина царна лераме ял .
45.Х1ай пайхамар ! Баккъалла а Оха /царга/ хьажийна хьо /царна т1ехь/ теш /вина/ а , /хьо бакъвинчунна/ кхаьъне /кхаъбоккхуш/ а , /харцвинчунна/ кхерамтосуш а .
46.Аллах1е кхойкхуш а Цуьнан пурбанца , серло лун /нуьре/ чиркх /санна/ хилла а .
47.Муъманахе кхаъбаккха ахь , баккъалла а царна Аллах1ера йоккха комаьршо /ялсамане/ хиларца .
48.Муьт1ахь ма хила /Делах/ цатешначарна /керстанна/ а , мунепикъашна а , йита /бекхамза/ церан новкъарло , Аллах1ан т1етовжа . Аллах1 тоьар ву /хьуна/ т1етовжа /векал/
49.Х1ай шаьш тешнарш ! /нагахь санна/ Муъмазударий бала а бина цул т1аьхьа шаьш уьш битанехь , шаьш царех хьакхадалале , шун бац царна т1ехь аш ша багарбан /тергалбан безаш/ мур . Там а ло царна , хаза парг1ат /маьрша/ а баха /бита/ уьш" .
50.Х1ай пайхамар ! Баккъалла а Оха хьанал бина /магийна/ хьуна хьан зударий а , шайн урдонаш /темаш/ ахь д1аделла болу , хьан аьттучо /куьйго/ дола динарш /г1арбашаш/ а , Аллах1а хьайна /х1онсана/ беллачарех , хьан ден вешин йо1арий а , ден йижарийн йо1арий а , нена вешин йо1арий а , нена йижарийн йо1арий а , шаьш хьоьца махках боьвлла болу , /иштта/ муъмазуда а , /нагахь/ цо шен дег1 пайхамарна деллехь , пайхамарна лиънехь /урдо доцуш/ и ялон , еккъа хьуна /магийна , кхиболчу/ муъманахана йоцуш . Бакъ долш Тхуна хиъна Оха царна т1едиллинарг церан зударшкахь а , церан аьттучара дола динчаргахь а , хьуна гатто /хало , новкъарло/ ца хилийта . Аллах1 гечдеш , къинхетаме вара .
51.Царех хьайна луург т1аьхьа а тоттур /ю/ ахь /шен буьйса яккхаран рог1ех/ , хьайна т1еоьцур /т1елоцур/ а /ю царех/ хьайн луург , ткъа айхьа д1акъастийначух хьайна лиънарг /т1елацар/ , къа дац хьуна . Иза герга ду церан б1аьргаш буза а , уьш г1айг1ане ца хила а , шайна массарна а ахь деллачунна реза хила а . Аллах1ана хаа /девза/ шун дегнашкахь дерг . Аллах1 хууш , эсала вара .
52.Хьуна ца мега /х1окхул/ т1аьхьа /кхи сов/ зударий , /я/ уьш /болш берш кхечу/ зударшца хийца а , церан хазалло хьо цецваьккхинехь а , хьан аьттучо дола динарш /г1арбашаш/ боцурш . Аллах1 вара массо а х1уманан терго /тидам/ еш .
53.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Шу ма г1о пайхамаран х1усамашка , шайна шуьне /кхачане дахка/ пурба делча бен , цуьнан /кийча хиларан/ хене ца хьоьжуш /и лар ца еш/ . Амма шаьш кхайкхича , чу г1о . Ткъа шаьш юург йиъча , д1асхьадаржа /ца совцуш д1аг1о/ , къамеле дийлар доцуш . Баккъалла а цо /пурба а доцуш шу чу дахкаро/ пайхамарна новкъарло йо , делахь а цунна эхь хета /бег1ийла ца хета/ шоьх /и ала/ . Аллах1ана эхь ца хета бакъдолчух /бакъдерг ала , цундела шуна ца магдо Цо и/ . Ткъа шаьш цаьрга /элчан зударшка/ цхьа х1ума ехнехь , аш еха /и/ цаьрга пардонна т1ехьахула . Иза ц1ена /оьзда/ ду шун дегнашна а , церан дегнашна . Шуна /мегаш/ ца хилла Аллах1ан элчанна новкъарло яр а , аш цуьнан /цуьнах бисина/ зударий балабар а цул /и кхелхинчул/ т1аьхьа /цкъана/ цкъа а . Баккъалла а /аш/ и /дар/ , Аллах1ан гергахь доккха /къа/ дара .
54.Аш цхьа х1ума гучадаьккхича а , я аш и хьулдича а , баккъалла а Аллах1 массо а х1ума хууш /девзаш/ вара .
55.Къа дац царна /бистхила , пардо доцуш га/ шайн дайшкахь а , шайн к1енташкахь а , шайн вежаршкахь а , шайн вежарийн к1енташкахь а , шайн йижарийн к1енташкахь а , шайн /чуьра бусулба/ зударшкахь а , церан аьттучара дола динчаргахь /г1арбашашкахь/ а . /шу/ Аллах1ах кхералуш /х1ай элчан зударий/ . Баккъалла а Аллах1 , массо а х1уманна теш /т1ех1оьттина/ ву /шуна/ .
56.Баккъалла а Аллах1 а /хеставо/ , Цуьнан малийкаш а /воьху/ декъалво пайхамар /салот дуьллу цунна/ . Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш веха и /Деле/ , маршон салам ло цуьнга .
57.Баккъалла а шаьш Аллах1ана /1есахиларца/ а , Цуьнан элчанна /1иттарш ярца/ а вас йийраш , Аллах1а не1алт аьлла царна дуьненахь а , эхартахь а , Цо кечдина царна сийсазбен 1азап .
58.Шаьш муъмастегаршна а , муъмазударшна а вас йийраш /луьйраш/ , цара ца динчуьнца /царна ца дог1учунца/ , цара йаьхьна харцо /пуьташ , эладита/ а , билггала къа а .
59.Х1ай пайхамар ! Ахь ала хьан зударшка а , хьан йо1аршка а , муъманеха зударшка а шайн т1е шайн еха бедарш /т1екхуллурш , духурш/ оза /юха/ . Иза герга ду уьш /кхечарех оьздангаллийца/ бовза а , т1аккха сийсаз ца бан а . Аллах1 гечдеш , къинхетаме вара .
60./Ас ч1аг1о ма йо/ Мунепикъаш а , шайн дегнашкахь /маьттаза леларан/ цамгар ерш а , Мадийнатахь харц хабарш /эладитанаш/ даржораш а ца совцахь /юха ца бовлахь/ , Оха хьо царна т1етосур /т1ехоьцур , т1ех1оттор/ ма ву , цул т1аьхьа хьоьца цу /мадийнат/ чохь лулахь бехар ма бац уьш к1еззиг бен .
61./Делан/ Не1алт хилла . Стенггахь /миччахьа/ карабахь /хилахь/ а лоьцур бу , къиза бойъур бу уьш .
62.Аллах1ан ламаст /1едал/ ду и хьалха д1абаханчаьргахь а /ша/ лелла . Хьуна каронне а карор ма дац Аллах1ан ламастна хийцар .
63.Наха хоьтту хьоьга /къемат де х1отаран/ са1тех /лаьцна/ . Ахь ала :"Баккъалла а цуьнах дерг хаар Аллах1ан гергахь ду" . Хьоьга сте хоуьйтур ду /и/ ?! /и/ Са1т герга хила а ма тарло .
64.Баккъалла а Аллах1а цатешначарна /керстанна/ не1алт а аьлла , цаьрна /жоьжахатан/ ц1еран ало а кечйина .
65./шаьш/ Гуттар а абадена цу чохь болш . Царна карор вац /шаьш цуьнах лардан/ верас а , /и юхатоха/ г1оьнча а .
66.Шайн яххьаш ц1ерга хьийзочу дийнахь цара эра ду /дагахьбалламца/ :"Эх1 да вискха тхан /байтамал-я1 тхан/ , Аллах1ан муьт1ахь хилла делар тхо , элчанна муьт1ахь хилла делар тхо"
67.Цара элира :"Х1ай тхан Дела ! Баккъалла а тхо муьт1ахь хилира тхан элашна а , тхан тхьамдашна /баккхийчарна/ а , ткъа цара тилийра тхо /нийсачу/ новкъах".
68."Х1ай тхан дела ! Лохьа царна шалха 1азап , алахь царна доккха не1алт"
69.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Шу ма хила шаьш Мусана /харцо кхолларца/ вас йинарш санна , Аллах1а ц1анвира и цара аьллачу /кхоьллинчух/ . И вара Аллах1ан гергахь лераме /сийлахь веза/ .
70.Х1ай шаьш тешнарш ! Аллах1ах кхера , нийса /бакъон/ дош ала !
71./т1аккха/ Цо шун 1амалш тойийр /къобулйийр/ ю , шуна шун къинош гечдийр ду . Ткъа ша Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а муьт1ахь верг , бакъ долш боккхачу толамца тоьлла .
72.Баккъалла а Оха кховдийра тешам /аманат/ стигалшка а , лаьтте а , лаьмнашка а , амма юхакхийтара уьш и д1абахьарха , кхийрара уьш цуьнах , т1аккха /шега кховдийча/ д1абаьхьара /т1елецира/ и адамо . Баккъалла а зуламе , сонта дара и .
73.Аллах1а 1азап дала /далархьама/ мунепикъстегаршна а , мунепикъзударшна а , /Далла/ декъаховечу стегаршна а , декъаховечу зударшна а . Аллах1 къинт1ера вала /гечдан/ а муъмастегаршна а , муъмазударшна а . Аллах1 гечдеш , къинхетаме вара




34 - Сурат Сабаъ
(Маккахь доьссина ‚ 54 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болун къинхетаман Да волчу



1.Хастам бу Аллах1ан , Ша Шен /долахь/ долш волчу стиглашкахь а , лаьттахь а мел дерг . Цунна бу хастам эхартахь а . Иза ву кхетамениг , хуург .
2.Цунна хаа /девза/ ша лаьттах доьдург а , ша цуьнах схьа долург а , ша стиглар дуссург а , ша цига /стигал/ хьала долург а . Иза ву къинхетамениг , гечдийриг.
3.Шаьш цатешначара элира :"/къемат дийнахь г1овтторан/ Са1ат дог1ур /долш/ дац вайна" . Ахь ала /цаьрга/ :"Бакъ долш , сайн Делаца - къайле хууш волчу дуй /ма/ буу ас , иза /са1ат/ шуна /т1е/ данне а дог1ур ма ду /аьлла/" . Цуьнах хьуллур /къайла дер ма/ дац заррат барамехь /жима х1ума/ стиглашкахь а , лаьттахь а , /я/ цул жиманиг а , доккханиг а /хьуллур/ дац /ша/ билгалчу жайнахь долш бен.
4./диканца/ Бекхам бархьама шаьш /Аллах1ах/ тешначарна а , дика 1амалаш йинчарна а . Уьш , царна /Делера/ гечдар а , /ялсаманан/ лераме рицкъа а ду.
5.Ткъа шаьш Тхан айаташкахь /шайн дагахь Тхо/ г1орасиз деш къахьегнарш - уьш , царна лазон вон /боьха/ 1азап ду .
6.Шайна 1илма деллачарна го /хаа/ хьан Делера хьоьга доссийнарг иза бакъ дуй а , цо нисвой а сийлахьчун , хастамечун новкъа
7.Шаьш /Делах/ цатешначара /цабешаш/ элира :"Оха нисдай шу цхьана стагана т1е /ша/ шуна дуьйцур /довзуьйтур/ долчу /баккъалла а/ шу цестарх а цистича /эт1ийча , латто талхийча/ , баккъалла а шу керлачу кхолларехь /юха кхуллур/ ма ду /бохуш/?
8.Аллах1ан т1ехь харцо кхоьллина цо я /коьртан/ телхина и ?" Мелхо а , шаьш эхартах ца тешарш 1азапехь а , генарчу тиларехь а бу
9./уьш ца хьаьвсина/ Царна ца гина тов шайна хьалхарниг а , шайна т1ехьарниг а стигланах /шайна т1оьхларниг/ а , лаьттах /шайна к1елхьарниг/ а ? Тхайн лаахь латта царца чудожуьйтур ду Оха /ша уьш д1ахудуш/ , я царна т1е стиглара аьхгаш /кескаш/ эгор ю . Баккъалла а цуьнгахь билгало ю массо а /дохковаларца Далла/ т1евоьрзучу лена
10.Бакъ долш Оха елла Давудана Тхайгара комаьршо /пайхамаралла , жайна/ . /Оха элира :" Х1ай лаьмнаш т1аьхьара айъа цуьнца /Cуна теспахь дар/ , олхазарш /аша/ а !" Оха к1аддира цунна эчиг .
11.Деха /дег1 хьулдеш/ г1аьг1наш де ахь , барам бе ахь /церан/ х1азарш дуцарехь . Дика де аш . Баккъалла а Со аш дийриг гуш ву /шуна/ .
12.Сулайманна мох /муьт1ахь бина Оха/ . Цуьнан 1уьренца /делккъалца х1о/ хьакхар /барам/ бутт бу , цуьнан суьренца /х1о/ хьакхар /барам а/ бутт бу . Оха далийтира /лалийра/ цунна ц1естан хьост . Жинашха ду шаьш цуна хьалха цуьнан Делан пурбанца /омранца/ болх бийраш а . Ткъа царех Тхан омранех ша /муьт1ахь ца хиларца/ д1ахьаьвзинарг /д1ашершинарг/ , Оха цуьнга /жоьжахатан/ ц1еран 1азап 1овшуьйтур ду .
13.Цара цунна до цуна луург /маьждиган/ лахьтанех а , х1олламех а , 1аьмнаш санна /даккхий а шуьйра а долу/ кедаш а , нуьцкъала еш а . /Далла мут1ахь хиларца/ 1амал йе х1ай Давудан ох1ла /Цунна/ баркалле долш . /Амма/ К1еззиг ву Сан лешха /1амал ярца , Сан зовкханна/ баркаллениг .
14.Оха цунна /иза ирахь волш/ валарца кхелйинчу хена , иза валарна т1е уьш /жинаш/ ца нисдира лаьттан чхьаьвриго бен , ша цуьнан 1аса йууш йолчу . Ткъа и /шен 1аса кагйаларна охьа/ воьжча , жинашна билгалделира шаьш къайле хууш хиллехьара лаьттина хирдоцийла сийсазчу 1азапехь .
15.Бакъ долш Сабаан /тайпан/ йара шайн х1усамехь билгало - шиъ беш аьтту а , аьрру а аг1ор . /царга элира :/ Аш даа шайн Делан рицкъанех , Цунна баркалле а хила шу . /х1ара/ Беркате /дика/ мохк а , гечдеш Дела а /ву шуна/ .
16./амма/ Д1абирзира уьш /Далла хастам барха/ , т1аккха Оха царна т1е хьажийра /т1етесира/ карзахе /буьрса , чехка/ 1овраш /церан буг1а , сунт , ч1инг йохош/ . Оха хийцира царна церан шиъ беш кхечу шина бешца - къаьхьа /йолчу кулан к1охцалан/ даар долш , эрзах а , акхачу стоьмах к1еззиг х1ума а
17.Оха царна и бекхам бина уьш цатешарна . Оха бекхам бой ткъа т1ех цатешачунна бен ?
18.Оха йина царна /Сабаъ тайпанна/ а , Оха шайн чохь /шортта/ беркатдинчу /Шемарчу/ ярташна а юккъехь /вовшех х1иттина/ гуш ярташ . Оха бира цу чохь некъ . Шу лела царна чухула буьйсанашкахь а , деношкахь а /денахь-буса/ маьрша .
19.Цара элира :"Х1ай тхан дела ! Гена бе /хьа/ тхан некъаш !" Шайн дог1машна зуламдира цара . Оха бира уьш /т1аьхьа бог1учарна/ дийцаршна /во масална балош/ . Оха цестарх а цистира /эт1ийра/ уьш . Баккъалла а цигахь билгалонаш ю массо а собаречун , баркаллечун .
20.Бакъ долш бакъ дира Иблийсо царех /адамех/ шен хетар . Цунна т1аьхьах1иттира уьш муъманахех цхьа тоба йоцург.
21.Цуьнан /Иблийсан/ ма бацара царна т1ехь цхьа а бух /куьйгалла/ , Тхуна /и царна т1етасарца/ лаар бен эхартах тешарг цуьнах ша шекволчух вовза /т1аккха бекхам бан/ . Хьан Дела массо а х1уманна тидаме /тергаме/ ву
22.Ахь ала /царга/ :"Аш кхайкха шаьш Аллах1ан метина шуна хетнарш !" Церан долахь /карахь/ дац заррат барамехь /дика а , во а/ стиглашкахь а , лаьттахь а , царна вац цаьршингахь /стиглахь а , лаьттахь а/ цхьа а декъахо , Цуьнан вац царех цхьа а г1оьнча
23.Т1ех1оттаро /шапа1ато/ пайда ца бо Цунна гергахь , Цо шена /цунгахь/ пурба деллачун бен . Церан дегнех кхерам д1атилийча /д1аайбича/ , цара элира /хаьттира/ :"Х1ун аьлла шун Дала ?" Цара элира /жоп делира/ :"Бакъдерг . Иза лекха , воккха ву"
24.Ахь ала /хатта царга/ :"Хьа ло шуна стигланашкара а , лаьттара а рицкъа ?" Ахь ала /жоп ло/ :"Аллах1а /ло але/ . Баккъалла а тхо я шу нийсонна т1ехь ма ду , я билггалчу тиларехь ма ду"
25.Ахь ала :"Шоьга жоп доьхур дац оха динчу /латийначу/ къинна , тхоьга жоп доьхур дац аш лелочух /дечух/"
26.Ахь ала :"Д1агулдийр ду вай вайн Дала /къемата дийнахь/ , т1аккха кхелйийр ю Цо вайна юккъехь бакъонца . Иза кхелйийриг , хуург ву "
27.Ахь ала :"Гайта суна аш шаьш Цуьнца декъахой бинарш ! Х1ан х1а . Мехо а И Аллах1 сийлахь , кхетаме ву"
28.Оха ваийтина ма вац хьо массо а нахана бен , кхаъбохьуш а , кхерамтосуш а . Делахь а нахех дукхах болчарна ца хаа /и/
29.Цара олу :"Маца /йог1ур йолш/ ю и /1азапца йина/ ч1аг1о , шу /шаьш тхуна йечу ч1аг1онехь/ бакълуьйш хилча ?"
30.Ахь ала :"Шуна /дог1ур долш/ ханйиллина де ду . Аш цуьнах са1ат юхаузур дац , хьалхадоккхур дац
31.Шаьш цатешначара элира :"Тхо тешне а тешар дац х1окху къур'анах а , цул хьалха /деана/ долчух а" . Хьайна гича /керста/ зуламхой шайн Далла гергахь д1ах1иттийна /совцийна/ , цхьаберш вукхаьрга /бекхбаккхарца/ къамеле /даше/ буьйлуш . Шайна г1ело йинчара /дакъазбаьхначара/ олу шаьш /Делах тешарха/ базбеллачаьрга :"Шу ца хиллехь , тхо /хилла/ хир ма дара муъманах /Делах тешнарш/"
32.Шаьш базбеллачара элира шайна г1ело йинчарга :"Оха духатоьхна /д1адерзийна/ тов шу /ийманан/ нийсонах шуна и еанчул т1аьхьа ? /х1ан х1а/ Мелхо а , шу даркха зуламхой /къа дийраш/"
33.Шайна г1ело йинчара /дакъазбаьхначара/ элира шаьш /Делах тешарха/ базбеллачаьрга :"Мелхо а , буьйсенан а , дийнан а мекарло хилла /и/ аш тхоьга омру дечу хена Аллах1ах цатешарца а , Цунна тернаш /декъахой/ барца " Цара хьулдира /шайн/ дохкобовлар /дагахьбаллам , вас/ шайна 1азап гинчу хена . Оха дира буржалш /г1оьмаш/ шаьш цатешначеран легашкахь /кочахь/ . Бийр бу ткъа царна бекхам цара деш хилларг /цуьнца/ бен ?
34.Оха хьажийна /вахийтина/ ма вац /цхьанне/ а юьрта /цхьа/ а кхерамтасархо цуьнан /юьрта/ хьоландайша аьлла бен :"Баккъалла а тхо шу шеца хьажийначуьнах /дахкийтиначу/ тешаш дац"
35.Цара элира :"Тхо /шул/ алсам /эвсара/ ду хьелашца /бахамашца /а , доьзалшца а . Тхо ма дац 1азапе лоцур долш"
36.Ахь ала :"Баккъалла а сан Дала рицкъа даржа /шорта/ а до Шена луучунна /и зуьйш/ , бараме /эша а , гатт/ а до , делахь а нахех дукхах болчарна ца хаа /и/
37.Шун хьелаш а , доьзалш а ма бац Тхуна гергахь шу гергадолор долш мелла а /Тхуна/ юххе /улле/ , ша /Делах/ тешнарг а , дика 1амал йинарг а бен . Ткъа уьш , царна шалха бекхам /хир/ бу цара динчунна . Уьш /ялсаманин/ чоьнашкахь маьрша /хир/ бу
38.Шаьш Тхан айаташкахь /шайн дагахь Тхо/ г1орасиз деш къахьоьгурш , уьш /къемат дийнахь/ 1азапе балор бу
39.Ахь ала :"Баккъалла а сан Дала рицкъа даржа /шорта/ а до Шен лешха Шена луучунна /уьш зуьйш/ , бараме /эша а , гатт/ а до . Аша /диканехь/ харжйина /саг1ийна елла/ х1ума , Цо меттах1оттар ю и . Иза рицкъалучарех тоьлларг ву
40.Цу дийнахь Цо /Аллах1а/ гулбийр бу уьш берриге , т1аккха эра ду Цо малийкашка :" Х1орш бу /уьш/ шуна лолла /1ибадат/ деш хилларш ?!"
41.Цара /малийкаш/ элира :"Ц1ена ву Хьо /цара Хьуна бинчу декъахойх/ . Хьо ву тхан Верас уьш боцуш . Мелхо а , жинашна лолла деш бара уьш , царех дукхах берш царех тешаш а бар /жинех/"
42.Ткъа тахана , шух цхьаболчеран вукхарна бан /шапа1ат/ пайда , /я дан та1зар/ зен а дац . Оха олу зуламдинчарга /керстане/ :"1овша /х1инца/ - ша и аш харцдеш хилла долу - /жоьжахатан/ ц1еран 1азап"
43.Шайна /элчано/ Тхан билгала аяташ дешча цара элира :"Х1ара ма вац , шун дайша лолла деш хиллачух /ц1уйх/ , шу духатоха лууш волун стаг бен" . Иштта цара элира :"Х1ара /къур'ан/ ма яц , /Далла т1ехь/ кхоьллина харцо бен" . Шаьш цатешначара элира бакъонна и шайна еанчу хена :" Х1ара /къуран/ ма яц , билггала бозбуанчалла бен"
44.Оха царна ца делла цара шаьш /1амош/ доьшуш /долун/ жайнаш а , Оха царга хьажийна вац хьоьл хьалха /цхьа а/ кхерамтасархо а /цара х1ара бозбуанчалла ду ала/
45.Шаьш царел /Маккара 1арбойл/ хьалхарчара а харцбира /элчанаш/ . /ткъа/ Цаьрга /Маккара 1арбойшка/ ца кхаьчнера /хьуна/ Оха вукхарна /хьалхалерчарна/ деллачух иттолг1а дакъа /хьуьнар/ а . /делахь а/ Цара харцбира Сан элчанаш . Ткъа муха дара сан /бехк баккхаран/ та1зар ?!
46.Ахь ала :"Баккъалла а ас хьехам бо шуна цхьанца : /иза/ Шу д1ах1иттарца Аллах1ан /дуьхьа/ шишша а , цхьацца а , т1аккха аш ойлайарца /шун хаар/ шун накъостаца /Мухьаммадца цхьа а/ талхар доций . И ма вац шуна кхерамтасархо бен /шуна/ буьрса 1азап т1едале"
47.Ахь ала :"Ас /цхьа а/ ял /мах/ ца ехна шоьга /кхерамтасарна , аш суна цу т1ехь бехк билла/ , иза шун ю . Сан ял /мел/ ма яц Аллах1ан т1ехь бен . Иза /цхьаъ/ ву массо а /ас лелочу/ х1уманна т1ехь теш /верг/"
48.Ахь ала :"Баккъалла а , къайленаш хуучу сан Дала /билгалйина/ бакъо /тосу/ йожайо /йоссайо Шен лешха шена луучун дагчу , харцо д1атилош/"
49.Ахь ала :"/Аллах1ера/ Бакъдерг деана , /ткъа/ /керстан/ харцо гучуер /юхайолалур/ а яц , юхайоьрзур /юхайог1ур/ а яц"
50.Ахь ала :"Со /бакъонех/ тилвеллехь - баккъалла а сайн дег1ан /сайна къинна/ туьлу со , ткъа со нисвеллехь - сан Дала соьга хьоьхучунна ду /и/ . Баккъалла а Иза /доьхург/ хезарг , /жоп даларна/ гергарниг ву"
51.Хьайна гинехьар уьш , 1адийначу /кхерабеллачу/ , юххерчу /уллерчу/ меттера схьалецначу
хена /Тхан та1зарх/ к1елхьарбовлар /бовдийла/ доцуш , /инзаре хьал гур дара хьуна/
52.Цара элира /шайна 1азап гича/ :"Тхо тешна цуьнах /бакъонах/". Царна муха /мичар/ ду /ийманах/ хьакхабалар /кхетар , имдиллар/ генарчу меттера /эхартахь/ ?!
53.Бакъ долш уьш цатийшира цуьнах хьалха /дуьненахь/ . Цара туьйсу /шайна/ хетарг /моьттург/ генарчу меттера .
54.Д1асхьакъастийра царна а , цара сатуьсучунна /ийманна ,товбанна/ а юккъехь , /царел/ хьалха царех терачарца ма дарра /и/ . Баккъалла а уьш , тешамаза шеконехь бара .



35 Сурат Фат1ир /Кхуллург/
/Маккахь доьссина ‚ 45 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу


1.Хастам бу Аллах1ан , стигалш а , латта а кхоьллинчу , малийкех геланчаш динчу , т1емаш долш - шишша , кхоккха , биъ-биъ . Цо совдоккху кхолларехь Шена лууш дерг . Баккъалла а Аллах1 массо а х1уман т1ехь ницкъберг ву.
2.Аллах1а нахана (Шен) къинхетамах схьадоьллург , и сацон цхьа а вац . Ткъа Цо сацориг , и д1ахеца а вац Цул т1аьхьа (И воцург) цхьа а . Иза сийлахь , кхетаме ву .
3.Х1ай нах ! Аш хьахаде (дагадаийта дагца , маттаца) шайн т1ийра Аллаха1ан зовкх ! Вуй ткъа (шун) Аллах1 воцург (цхьа а) кхуллург , ша шуна стиглара а , лаьттара а рицкъа луш ? Дела (ма) вац , И (Аллах1) воцург . Ткъа муха (сте) д1адерзадо шу (И цхьаъ варха) ?
4.Цара хьо харцвахь , бакъ долуш хьоьл хьалха а элчанаш харцбина . Аллах1е доьрзу (массо а) белхаш .
5.Х1ай нах ! Баккъалла а Аллах1ан ч1аг1о бакъ ю (шуна) . Шу 1еха ма дойла дуьненан дахаро (шайн хьоло) , шу 1ехамадойла Аллах1аца 1ехочо (шайт1ано)
6.Баккъалла а шайт1а , шуна мостаг1 ду . Аш мостаг1 лара и (аш лаца цуьнца йолу юкъаметтиг цуьнах мостаг1 а дай) . Баккъалла а цо кхойкху шен тоба жоьжахатан дай хиларе
7.Шаьш (Делах) цатешнарш (керстаналла динарш) , цаьрна буьрса 1азап ду . (ткъа) Шаьш (Делах) тешнарш а , диканаш динарш а , цаьрна гечдар а , йоккха ял а ю
8.Вуй ткъа (шайт1ано) шена шен вон 1амал хазйина , т1аккха и дика хетнарг (Дала ша бакъон т1ехь нисвинчух тера) ? Баккъалла а Аллах1а , Шена луург тила а во , нис а во . Хьо (хьан дег1) ма г1ойла цаьрна (дуьхьа) г1айг1анашка ! Баккъалла а Аллах1 хууш ву цара дийриг (лелориг)
9.Аллах1 ву И марха меттахйоккху мехаш дахкийтинарг . Оха и (марха) йигира (йокъаллийна) беллачу махка . Т1аккха Оха ден дира цуьнца (мархан дог1анца) латта , и (йокъаллийна) деллачул т1аьхьа . Иштта дукх (Цо шу деллачул т1аьхьа дендина) г1овттор (а)
10.Ша сийлалла езаш хилларг (милла велахь) , Аллах1ан (Цуьнгахь) ю сийлалла ерриге а . Цуьнга хьала долу оьзда (ц1ена) дош , (ткъа) дика 1амал (къобул ярца) айъайо Цо и . Шаьш вонашца мекарло йийраш , цаьрна буьрса 1азап ду . Церан мекарло - эрна (пайден йоцуш) ю и
11.(х1ай нах !) Аллах1а кхоьллина шу (дуьххьара) лаьттах , цул т1аьхьа (стеган а , зуьдчун а) т1адамах , т1аккха дира Цо шу шина (сте , боьрша) тайпара (кепара) . Цхьа а сте доьзалх хир ма яц , цо и (бер) дийр ма дац Цуьнан хаарца (И хууш волш) бен . Цхьанне а вахархочуьн дахар (Ас еллачу хенал) дахдийр дац , (я) цуьнан дахар эшор дац (цуьнан 1илма) жайнахь долш бен . Баккъалла а и Аллаха1ан атта ду .
12.(х1ара) Шиъ х1орд цхьатерра бац , х1ара теза мерза бу , шен малар томехьа (чам болш) долш , ткъа х1ара туьха долш дуьра бу . (цаьршиннах) Х1ораннах а аш дуу ховха (керла ч1ера) жижиг , (цаьршинна чуьра) аш хьалайоккху шаьш т1еюху и хазалла . Хьуна го х1ордкеманаш цу чохь (и) хедош лелаш , шоьга Цуьнан комаьршо лахийта . Шу баркалле хилийта .
13.Буьйса денна чуйуллу Цо (и дахдеш) , ткъа де буьйсан чу дуллу Цо (и яхйеш) . Малх а , бутт а муьт1ахь бина Цо , (уьш) массо а лела (Цо) ц1етоьхначу ханналц . И (дерриге а динарг) Аллах1 ву , (Ша) шун Дела волу . Цуьнан ду (массо а) паччахьалла . Ткъа аш - Иза а витина - шаьш кхойкхурш , церан долахь дац (хурман лаг т1ийра) чкъор а .
14.Аш цаьрга кхайкхича , царна хезар дац шун кхайкхар , ткъа (аш шайга кхайкхар) шайна хезнехь а , шун жоп делла хир ма дацар цара . Къемат дийнахь цара керстаналла дийр ду (юхадевр ду) аш (шайха) декъашхо варх . Хьоьга (х1уманна т1аьхьлонах) хаам бийр бац (довзуьйтур дац цхьаммо а) хуучо (Аллах1а) санна
15.Х1ай нах ! Шу хьашт ду Аллах1е . Иза (цхьаъ ву Ша х1умане хьашт воцуш) хьалдерг (тароерг) , хастаме верг
16.Шена (шу х1аллак дан) лаахь , Цо шу д1а а тилийна (шу меттан кхи) керла (шул тоьлуш , Далла муьт1ахь долуш) халкъ далор ду .
17. Аллах1ан хала (деза) дац и
18. (къемат дийнахь) Ца хьо хьучо (къа динчу сино) кхечуьнан къинмохь (х1ораммо а шен мохь хьур бу) . Кхайкхича (къиношха) дазделчо (сино) и (шен къинмохь) бахьаре (цхьаъ) , хьур яц (цхьаммо а) цуьнах х1умма а , и (цо кхайкханарг цуьнан) гергарниг хиллехь а . Баккъалла а ахь кхерамтосу шаьш къайлах шайн Делах кхоьручаьрга а , шаьш (шен бехкамашца) ламаз х1оттийначаьрга а . Ткъа ша (Далла декъашхо варха) ц1анвелларг , баккъалла а шен дег1а дуьхьа ц1анло , Аллах1е ду (шу массеран а) дерзар
19.Цхьанисса вац б1аьрзениг а , б1аьрсадерг а
20.(керсталлин) Боданаш а , (ийманан) нур а дац (цхьатерра)
21.1индаг1 а , бурко (де къойкъу хан) а яц (цхьатерра)
22. (иштта) Цхьанииса бац дийнаберш (бусулба) а , белларш (керста) а . Баккъалла а Аллах1а (нийсо) хозуьйту (д1акхачайо Шен лешха) Шена луучунна . Хьо ма вац хозуьйтур долш (ийманах дегнаш делла) кешнашчохь болчарна
23.Хьо кхерамтасархо бен ма вац
24.Баккъалла а Оха хьо (Тхан лешка) хьажийна (вахийтина нийсонан) бакъонца – (царна ялсаманца) кхаъбоккхуш а , (жоьжахатца) кхерамтосуш а . Цхьа а уммат ма дац шайлахь (хьоьл хьалха) кхерамтасархо веана бен (ванза)
25.Ткъа цара хьо харцвахь , бакъ долуш шаьш царел хьалхарчара а харцбина (шайна баьхкина элчанаш) . Царна баьхкира церан элчанаш билгалонашца а , тептаршца а , нуьречу жайница а
26.Т1аккха Ас (катоьхна та1зарца) лецира шаьш (Соьх) цатешнарш (керстаналла динарш) . Ткъа муха дар Сан (реза ца хиларан) та1зар ?!
27.Хьуна ца го (ца хаа) , баккъалла а Аллах1а доссийна стиглара (дог1ан) хи . Т1аккха Оха (Дала) хьаладовлийтара (хьалакхиийтара) цуьнца (дог1ан хица) шен беснаш тайп-тайпана долу стоьмаш , (шена т1ехь) некъаш долчу лаьмнашха а ду к1айнаш а , ц1енаш а , т1ех (к1ор санна) 1аьржанаш а
28.(иштта) Адамашха а , дийнаташха а , хьайбанашха а ду шен беснаш тайп-тайпана дерш . Иштта , баккъалла а Аллах1ах (кхера ма безза) кхоьру Цуьнан лешха 1еламнах . Баккъалла а Аллах1 сийлахь , гечдеш ву
29.Баккъалла а шаьш Аллах1ан жайна доьшурш а , ламаз х1оттийнарш а , Оха шайна делчу рицкъанах къайлах а , гуш а харж йинарш а – зен хир доцчу совдегаре догдохуш бу
30.Цо царна церан (кхачаме) меланаш (елаш) д1абала а , Шен комаьршонах уьш совбаха а . Баккъалла а Иза – гечдеш , баркалле ву
31.Оха ша хьоьга (х1ай Мухьаммад къуран) жайнах (вахьйанца) хьехнарг , иза - бакъдерг ду (хьуна) , шел хьалхарниг бакъдеш (деана) . Баккъалла а Аллах1 Шен лешха дерг девзаш , гуш ву (хьуна)
32.Т1аккха (цул т1аьхьа) Оха дитира (делира къуран) жайна , Тхан лешха шаьш Оха хаьржинчарна . Ткъа царех (1амал ярехь ледарло ярца) шен дег1ан зуламениг ву , (иштта) царех г1ехьаниг (барамениг) ву , царех Аллах1ан пурбанца диканашца (кхечарел) хьалхавуьйлург ву . И (царна ирсан жайна дитар) - иза йоккха комаьршо ю
33.Оцу дахаран бошмаш чуг1ур бу уьш , цу чохь уьш кечбийр бу (царна духкур ду) дешех а , жовх1арех а кхоьлина х1азаршца . Церан бедар цу (ялсаманин) чохь даре ду
34.Цара элира:»Хастам бу Аллах1ан , Ша тхоьх г1айг1а (сингаттам) д1атилийна (д1аяьккхина) волчу . Баккъалла а тхан Дела гечдийриг , баркаллениг ма ву .
35.Ша - Шен комаьршаллийна - тхо (гуттарчу) дахаран х1усаме ховшийна волчу . Цу чохь тхоьх хало (бала хьегар) хьакхалур яц , тхоьх цу чохь х1оттар (к1аддалар) хьакхалур дац «
36.Шаьш (Делах) цатешнарш (керстаналла динарш) , царна (гуттаренна а) жоьжахатан ц1е ю . (Дала баларца) Кхел ца йо царна т1ехь , т1аккха уьш бала (а белла 1азапах парг1ат бовла) , (я) цуьнан 1азап дай ца до царна . Иштта бекхам бо - кх Оха массо а цатешачунна (керстанна)
37.Туьйжуш /мохь беттарца Деле/ орца доьху цара цу /жоьжахат/ чохь :"Х1ай тхан Дела арадахахь тхо /х1окху жоьжахат чуьра/ , оха дика 1амал йийр /ма/ яра , тхаьш /дуьненахь долш/ еш хилларг а йоцуш !" . /цаьрна жоп лур ду/ :"Оха /дуьненахь/ хан ца елар /ткъа/ шуна , ша ойлайийраг /кхетарг/ цу /хена/ чохь кхеттал ? Кхерамтасархо /элча/ а /ма/ веара шуна /амма аш ла ма ца дуьйг1ир цуьнга/ . /х1инца 1азап/ 1овша аш , зуламхошна /ма/ вац /орцахвала цхьа а/ г1оьнча"
38.Баккъалла а Аллах1 стиглашин а , лаьттан а къайле хууш ву . Баккъалла а Иза кийранашкахь /дегнашкахь/ дерг хууш ву .
39.И ву и , Ша шу лаьттахь верасаш /халийфаш/ динарг . Ткъа ша /шух Делах/ цатешнарг , цунна ду шен цатешар /зен/ . Цатешарш церан цатешаро сов ца боху церан Далла гергахь оьг1азлонехь бен . Цатешарш церан цатешаро сов ца боху эшамехь /зенехь/ бен .
40.Ахь ала :"Гинай шуна шайн декъахой /ц1уй/ аша шаьш Аллах1 а витина /цаьрга/ кхойкхуш болу ? Гайта /дийца/ cоьга х1ун кхоьллина цара лаьттахь ? Я церан /Тхоьца/ дакъа ду стиглашкахь /уьш кхолларехь/ ? Я Оха царна жайна делла , уьш цу т1ийра /шаьш дуьйцург бакъ хиларна/ билгалонна /бух/ т1ехь болш ?" /х1ан х1а/ Мелхо а , зуламхоша - царех цхьаболчара вукхарга /цара вовшашка/ ч1аг1о ца йо /вовший/ 1ехорца /лебарца/ бен .
41.Баккъалла а Аллах1а сацайо /юхатуху/ стигланаш а , латта а /шайн меттера/ д1атиларха /д1ашаршарха/ . Ткъа уьш д1атилча сацор ма яцар уьш Цул т1аьхьа /И воцучо/ цхьаммо а . Баккъалла а Иза - эсалниг /сихвоцург/ , гечдийриг вара /ву/
42.Цара биира шайн ч1ог1а дуйнаш , /нагахь санна Делера/ шайна кхерамтасархо ваг1ахь , уьш хир ма бу умматех уггар нийса цхьаъ . Ткъа шайна кхерамтасархо веача , уьш сов ма ца бехира цо /и варо ийманах/ къахкарехь бен
43./шаьш/ Лаьттахь кураллайарна а , /церан/ вуочу мекарлонна а . Вуон мекарло ца хьакхало /ца юссу/ шен ох1лунах /хьакъ болчарна т1е/ бен . Хьоьжий ткъа уьш хьалхалерчийн /хилла 1азапан/ ламасте /хьоле , некъе/ бен ? Хьуна карданне а карор ма дац Аллах1ан /ч1ирэцаран/ ламастна хийцар . Хьуна карданне а карор ма дац Аллах1ан ламастна д1ахьовзор .
44.Ца лелла уьш лаьттахула , шаьш хьовса /шайна га/ муха хилла царел хьалхарчийн чаккхе . Уьш /ма/ бара ницкъехь царел ч1ог1а . Аллах1 ма вац стиглашкахь а , лаьттахь а /долу/
цхьанне а х1умано Ша г1орасиз вийр волш . Баккъалла а Иза хуург , ницкъберг вара .
45.Аллах1а та1зар дича нахана цара динчунна , Цо дуьтур ма дацар цуьнан /лаьтта/ букъ т1ехь /цхьа а/ дийнат /са/ . Делахь а Цо т1аьхьатоьтту уьш ц1етоьхначу /йиллинчу/ хене . Ткъа церан хан еача , баккъалла а Аллах1 Шен леш /церан 1амалш/ гуш ву .



36 - Сурат Ясин /Еса/
(Маккахь доьссина ‚ 83 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Я , син . (Аллах1 т1ех дика хууш ву цунах Шена лууш дерг)
2.Кхетамечу (массо а х1ума шен-шен метта дуьллучу) къур-анца дуй буъу аса (Аллах1а)
3.Баккъалла а хьо (х1ай сийдолу Мухьаммад) элчанашха (геланчашха) ма ву
4.Нийсачу (билгалчу) новкъа т1ехь (ву хьо)
5.(х1ара ахьа беана некъ , дин , къур-ан) Х1умано ша г1ора-сиз ца вечу , (бусалба лайшна) даиманна а болу къинхетам да волчу Дала доссийна ду .
6.Хьоьга халкъе д1адовзийта (д1ахаийта) , церан (гергара) дайшна ца девзинарг (ца хиънарг) , хаар дац царгахь (сема бац уьш) .
7.(ч1аг1о йо аса) Бакъ долуш 1азап хьакъ ма хилла царах (халкъах) дукхах болчарна , иймане бог1ар болуш бац уьш .
8.Баккъалла а , (иймане бог1ург ца хилар Далла гергахь сецнарш , церан куц (хьал) нийсоне кхочург ца хиларехь) Оха шайн кочах буржалш тоьхна , (диканна маьрша доцуш ши куьг дихкина , гулдина логехь) ч1енге кхаччалца , шаьш кортош айъина (хьалха хьажа йиш йоцуш) болу (чарах тера ду , массо а дикачух бихкана хиларехь)
9.Иштта Оха царна хьалха а т1ехьа а (гуобаьккхина) пардо дина , б1аьрзе бина Оха уьш (бакъ долчух) , гуш бац уьш (бакъ дерг , цунах пайда эца )
10. (шаьш керстаналла динчарна хьуна т1е доьссинчух) Цхьатерра ду (биэ дац) царна ахьа кхерам тесчи а , ца тесчи а , тешаш бац уьш
11.Баккъалла а , (пайда оьцу) ахьа кхерам тасарха къур-анан т1аьхьа ваьзначуо а , доза доцуш шорта болу къинхетам да волчух (Делах) къайлаха кхоьручуо а . Ахьа (х1ай сийдолу Мухьаммад) кхаъ баккха цунга ; гечдарци а (цуьни къиношна) , (йоккха , хаза) лераме ял хирг хиларци а .
12.Баккъаллла а , Тхо белларш ден беш ма ду (къемата дийнахь) . Цара йина 1амалш а , царал т1ахьа хир йолу (дика , вуо) лар а д1аязйо Оха , иштта массо а х1ума (кхолламаш) яздина (нис дина , лардина) ду билгалчу жайнахь ("Лавхьулмахьфуз1" олуш долу)
13.Балабе царна (хьуо харц винчу хьай къомана) масална (ц1уйшна лолла деш хилла болу) юьрта дай (нах) , шайна геланчаш (элчанаш) баьхкина (болу) ,
14.Оха шайна шиъ геланча ваийтича харц вира цара (и шиъ) , т1аккха кхолаг1чунца ч1аг1 вира Оха и шиъ , "Баккъалла а , тхо дахкийтина шуна (шу кхоьллинчу шун Дала , ша цхьаъ варца , шена лолла даре кхойкхуш) " элира цара (геланчаш)
15."Шу ма дац тхо санна (адамаш) бен , доза доцуш шорта болу къинхетам да волчуо (Дала) доссийна х1умма а ма дац , харц луьйш ма ду шу " элира цара (юьрта дайш) .
16."Тхан Далла хаъа , баккъалла а тхо шуна дахкийтана хилар" элира цара
17."Баккъалла а , тхуна т1аьхь дерг шуна билгал дерг (Дала даийтинарг) д1адовзийтар ду" (элира геланчаш)
18. "Баккъалла а , вуочу аг1ор тидна оха шун дахкар , нагахь санна шу ца совцахь , т1улгаш тухар ду оха шуна , иштта лазош хиндолу 1азап лур ду шуна оха" элира цара (юьрта дайш)
19."Шун тидам (керстаналла) шоьга (боьрзаш) бу (къобал бац и) , шоьга (Дела цхьаъ вар) хьаха дарна (шу) и (кхерамаш туьйсаш) далахь , бакъ долуш дозанал т1ех даьлла къам ду шу
20.Юьрта йистера сихачу боларца (орцана) цха стаг веара ,"Х1ай сан къам (юьртахой) геланчаш (бечу кхайкхамна) т1аьхьа х1иттавш"ша олуш
21."Т1аьхьа х1иттавша шайга ял (мах) ца йоьхучарна (шаьш беанчу кхайкхамах) . Нийсона т1ехь ма бу уьш"(шайн кхайкхамехь)
22."Аса х1унда ца деш ду лолла со (хазчу , кхачаме куьцахь) кхоьллинчун (Далла)" (элира цо юьртахошка) . Цунга дерзор ма ду шу а (къемата дийнахь , бекхамна)
23."Аса муха лоца и (Аллах1) 1ад витина (кхин) деланаш (ц1уйш , жа1арш , т1улгаш) ?! . Доза доцуш шорта болу къинхетам да волчу (Аллах1ана) суна вуон дан лиъча , цара (ц1уйш , жа1арш , т1улгаш) духа тухар ма дац и соьх , ле хьалха (к1елхьар) воккхар ма вац со цунах (вуонах)".
24."Баккъалла а , со т1аккха (аса уьш деланаш бина лацахь) билгалчу тиларехь ма ву"
25."Баккъалла а , аса ийман диллина (со тешна) шун Делаца ( Аллах1аца , аша керстаналла динчу) , ладог1авша соьга . (и къамел шайна хезча г1евтина юртахоша и накъост вийна ....аьлла деана жайнахь)
26."Ялсаманичу г1о хьо элира" (цунга Аллах1а , ле малийкаша ийманехь и кхалхарна) . "Сан къоман (юртахошна) хаъаш деларкха " элира цо
27.(ийман бахьан долуш) Сан Дала суна гечдар , ша лерам бинчарах со вар (и хиъча геланчашна т1аьхьа х1уьттар бар уьш)
28.Оха (Аллах1а) ма ца доссийра (даийтира) цуна къомана (юртахошна) т1е цул т1аьхьа (цара и вийначул т1аьхьа) эскар (малийкин б1о , уьш х1аллак бан) Тхо ма дацар доссор долш (царга хьашто йолш)
29.Цхьа ц1ог1а бен дацар иза (Делера 1азапца деана) , (лар йоцуш яйна ц1е санна ) ийгира уьш (беригге а) белла
30.Ма дохко бийлар дукх лайшна (къемата дийнахь) , шайна мел веана елчанах кхардар уьш (харц веш , ца башарца бакъонна букъ бетташ)
31. Царна ца хаъ ткъа Оха мел (керста) къаьмнаш (юрташ) х1аллак дина (хиъначул т1аьхьа пайда а иэца , дукха ма ду уьш) , баккъалла а уьш (х1аллак бинарш) цаьрга (геланчаш харц бе чарга) юха боьрзар цахилар (царна моьтташ ма хиллара шаьш юха ден делла дуьненчу дог1ар ду)
32.Массо а (къаьмнаш , умматаш) тхуна т1е валор ву (бекхамна , хьесапна)
33.Царна билгало ю (Аллах1 хилар , белларш ден бан ницкъ кхочуш) делла (декъа) латта (т1аьхь сиэно йоцуш) , Оха и ден дой (дог1анца) , буьртиг (х1у) болуьйту цунах , т1аккха юъу (кхача бой) цунах цара (а , церан хьайбанаш а)
34.Оха йина (йовлийтана) оцу латта т1аьхь хурманан а , кемсийн а бешмаш , шовданаш (татолаш) а дийлийтина Оха оцу лаьттаха
35.Цаьрга цуьнан стом баийта , церан куьйгаш дина ма дац иза (Делера къинхетамца ма ду иза , стоьмаш , хасстоьмаш хьалакхиар) , (ле маь1на хиЦла тарло : Цаьрга цуьнан стом а , церан куйгаш къахьегнарг а даийта) , хастам х1унда ца бо цара ! (хастам бан ца мега ткъа Дала деллачу наь1маташна)
36.(керстано мел кхуллучу харцонах) Ц1ена ву Иза (Дела) ша латтах хьала мел долу массо х1ума а шина кепара (сте , боьрша) кхоьллина волу , (иштта) царах а (адамах а) , царна ца девзачух а (кхолламах)
37. Царна билгало ю (Аллах1 ницкъ болуш хилар) Оха шех де д1акъастош (серло ца йуьтуш) йолу буьйса , т1аккха уьш боданехь хуьлуш
38.Малх бу лелаш (г1уш) шен (Дала меттиг-хена барам тоьхна) билгал йинчу меттехула , ницкъ болчу (шена дуьхьал баккха кхи ницкъ боцуш) , т1ех дика (массо а меттах хьаьвриг , тийнарг) хууш волчу (Дала) тоьхна барам бу иза
39.(иштта) Бетта (лелар , гучу балар) меттигин барам бина Оха (шераш , беттанаш довзийта) , (якъаяларна гамъеллачу) ширчу хурман таьллингах ша (бутт) тарлой боьрзуш
40.Малх баттан т1е кхиа йиш яц (х1оранна а ше-ше хан , доза ду) , ле буьйса яц дийнал хьалха ера йолуш (шайн-шайн рог1ехь йог1у и шиъ юкъа хан ца йуолуьйтуш) . (царах) Х1ора (малх , бутт , де , буьйса) стигал хула (шен-шен новкъа хула) лела (низамехь нека дар хьесапехь) .
41.Царна билгало ю , баккъалла а , Оха церан т1аьхье (тайпа , доьзалш) доьттанчу (массо дийнатах , хуржанах) х1орда кеманахь яхьар
42.(иштта) Оха кхоьллина (делла) царна цуьнах (х1орда кеманахь) тера т1еховжийла (х1орда-х1аваъа кеманаш , йоьжна ворданаш)
43.Тхайна лиъча хичу бохуьйтур бар Оха уьш (х1орда кеманахь берш) , т1аккха орцах вала да хир вацар царна , ле к1елхьар бохар бацар уьш (цхьаммо а)
45.(делахь , шун лаьттахь , х1ордахь маьрша лелар) , Тхоьгара къинхетамца , хан тоьхна зовкх хьеггалц бен дац
Цаьрга (керстане) аьлчи :"Кхера шайн къиношха а (шайла хьалхарчарна хилчух а) , къемат ден бекхамха а (т1аьхьа дог1учух а ) , шуна къинхетам хила герга дара" .(лаца дог1ара цара)
46.Шайн Делан аяташха аят (Дела цхьаъ вар , элчанаш бакъ бар) ца даг1ар цаьрга , цара шех (аятах) букъ тухаш (ойла яр , т1ецалацар, пайда эцар доцуш) бен
47.Цаьрга (керстане) аьлчи (омар дичи) :"Аллах1а шайна делчух д1алуоша" (къиэчарна , хьаштуо йолчарна) , шаьш керстаналла динчара олура ийман диллинчарга :"Оха муха ло , Аллах1а шена лиъчи лур болчуна кхача ?, билгалчу тиларехь ма ду шу". (тхоьга омар дарехь)
48.Цара (керстано) олу (къемат де х1оттарха ца тиэшарца) : "Маца (т1ех1уттур) ю и ч1аг1о (къемат де) , шу бакъ луьйш хилчи (и дог1ур ду бохуш)
49.Уьш хьоьжур бац цхьана ц1ог1ане (Исрафил - малик мохье) бен , ша уьш д1аоьцур долу (массо а белла иэгор болу), уьш шайн (дуьнена) къийсамашкахь ва болуш
50.Весет дан (ницкъ кхочур бац церан) кхуьур бац уьш (т1ех1оьттинчу хьелан ч1аг1аллийна) , ле шайн доьзалшка боьрзур бац (уьш)
51.Зурманчу (ц1узанчу) х1уфф аьлла , сихонца шайн кешнашчура Далла дуьхьал г1овттур бу уьш
52.Цара эра ду :"Х1ай тхан х1аллак хилар ! Хьа г1овттийна тхо тхан дийшарха (лахьти чуьра) ?"(аьлла) . "Х1ара (шуна гуш дерг) доза доцуш шорта болу къинхетам да волчуо (Дала) йина , элчанаш (геланчаш) бакъ хилла (шоьга д1ахаийтарехь) йолу ч1аг1о ю" (эра ду царга)
53.И ма дацар (уьш ден бинарг) цхьа ц1ог1у бен , ткъа уьш беригге а Тхуна (хьалха) балор бу (хьиэсапна , биэкхамна) (53)
54.Оцу дийнахь , цхьанне а (динчу) х1уман т1ехь зулам дийр дац . Иштта , аша динчуна бен бекхам хир бац (диканна диканца , вуона нийсонца)
55.Баккъалла а , ялсамани дай оцу дийнахь (шайн хилчу) йолехь (мелехь) зовкх хьоьгуш хир бу
56.Уьш а , церан х1усам наной а (диттийн) 1индаг1ехь маьнгеш т1иэхь тевжина ва болуш
57.Царна оцу (ялсамани) чохь (массо а кепара) стом хир бу , иштта цара са мел теснарг (мел дезнарг)
58. Даиманна а болу къинхетам да волчу Делера салам - маршал ду (шоьга , эра ду ялсамани ох1лане)
59."Д1акъаста (гена довла бусалбанах) х1ай бохам дай (керста) ! таханалерачу (къемата) дийнахь"(эра ду царга)
60.Аса омар (весет) ца динера ткъа шоьга х1ай Адам (пайхамар) т1аьхье (доьзалш) , шайт1анна лолла ма диэлаш (муьт1ахь ма хила луш) , баккъалла а , иза шун билггала мостаг1 ма ду ,
61.Суна лолла диэлаш , иза бу шуна нийса некъ (аьлла , ткъа шу 1еса ма хили)
62.Бакъ долуш шух дукха халкъ (нийсачу некъах) тилийна цо . Ва шу (х1ай керста)хьекъалехь дацар (кхетамца ойла ян) ?
63.Х1ара ю шуна хир ю аьлла (шуна) ч1аг1о йина жоьжахате
64.Оцу чу г1уо (шу) тахана , шаьш керста хиларна
65.Тахана , церан (керстана , мунепикхан) батош т1е мух1ар тухур ду Оха (уьш харц лиэ боьлча) , т1аккха церан куьйгаш дист хир ду Тхоьга , церан когаш тоьшалла дийр ду (Тхуна) , шаьш лиэлийначуна
66.Тхайна лиънехьара церан б1аьр са д1аоьцур дара (Оха) , т1аккха уьш (нийсачу) новкъа хьаьвдича (къийсалуш) , царна муха гур бара иза (гар доцуш)
67.Тхуна лиънехьара куц хийцана хир дара Оха церан шаьш болчехь (тхьузбоьлла) , т1аккха церан ницкъ кхочур бацара д1абаха (хьалха) а , ле юха берза а (т1ехьа)
68.Тхаьш уьмар (хан-зама) яхйинарг , г1орасиз хиларе (заь1апалле) верза ма во Оха , ойла ца йо ткъа цара (оцу белха)
69.Оха хьехна (1амийна) яц цуна (Мохьаммад-пайхамарна) байташ (иллеш) , ле цунца дог1аш дац иза (куц) , иза ма дац (Оха цуна хьехнарг) дагтийсам (хьекъал дайшна) а , билгала долу Къур-ан а бен
70.Цо (Къур-ано) дийна волчуна (сема хьекъал долчуна) д1ахаийта а (кхерам тасарца) , керстана т1ехь (Дела) дош хьакъ хилийта а (бусалбана къинхетам ,керстана 1азап хирг хиларца)
71.Царна ца гина , баккъалла а Оха , Тхан куьйгашца шайна хьайбанаш кхоллар , уьш церан долахь долуш ?
72.Оха царна муьт1ахь дина уьш (хьайбанаш) , ткъа царах цара дужурш ду (мохь бахьа , д1аса ваха) , иштта цара дуъурш ду (кхачана)
73.Царна царах пайданаш (т1арг1а , месаш) а , маларш (шуреш) а ду , хастам ца бо цара (Дела цхьаъ варца , оцу ни1матна) ?
74.Аллах1 воцург деланаш (ц1уйш) лийцира цара , шайна цара (деланаш) г1о даре дог дохуш
75.Царна г1о дан ницкъ кхочур бац церан (къемата дийнахь) , уьш (ц1уй) царна (кечбина) б1о хилла балор бу (цера дан г1о доций хаийта а , г1айг1а сов яккха а)
76.Церан дашо (цара ц1уйшна лолла даро) г1айг1ане ма войла хьо (х1ай сан геланча) , баккъалла а Тхуна хуъуш ду хьуна цара (хьулдийриг) къайла доккхург а , гучу доккхург а
77.Адаманна ца гина (ца хаъа) баккъалла а Оха (к1айчу сте-боьрша) т1адамах ша кхоллар ? билггала (бакъонна) мостаг1 вукх иза .
78.Тхуна масал далийна , шен (лаьттах) кхоллар диц дина элира (цо) :"Хьа ден йийр йу даь1каш (дог1маш) , уьш мур йел (телхана , яхкаел) чул т1аьхьа
79.Ахьа ала :"Уьш ден йо Ша духхьара кхоьллинчо , массо а холкъах (кхолламах) дерг хуъуш ву Иза"
80.Ша шуна ц1е хилийтина (йина) сийначу диттах , т1аккха аша (иза) цунах латаеш
81.Вац ткъа стигланаш а , латта а кхоьллинарг , ницкъ кхочуш царга (адамах)терниг кхолла ?! Бакъ долуш (кхочу) , Иза кхуллуш верг , т1ех дика хуъуш верг ву
82.Баккъалла а , цуьна г1илкх (хьал) цхьа х1ума лиъчи , цуьнга (х1умане) алар ду :"Хил"т1аккха и хуьлу
83.Ц1ан ве (теспахь де) аша (керстано кхуллачух) Шен карахь массо а х1уман мукъ (олалла) берг , Цунга доьрзур ду шу




37-Сурат Ассаффат (Мог1арехь д1ах1иттинарш)
(Маккахь доьссина , 182 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу


1.Мог1арехь д1ах1иттинчаьрца (малийкашца) а ,
2.Лахкарх а (ч1ог1а мархаш) лохкучаьрца а ,
3.(шена чохь диканиг) Хьахор (долун жайна) доьшучаьрца а (дуй ма буу Аса-Аллах1а)
4.Баккъалла а шун Дела цхьаъ ма ву (аьлла)
5.Стиглашин а , лаьттан а , цаьршинна юккъехь мел долчуьнан а Дела а , малхбаленашан Дела а волу
6.Баккъалла а Оха кечйина дуьненан стигал седарчийн хазаллийца
7.Лар а йина массо а карзахдуьйлучу (Далла муьт1ахь хиларха чуьрадуьйлучу) шайт1анех
8.Цара (х1инца) ладог1ац лакхарчу (малийкин) тобане . Царна (седарчи) кхуьйсу (уьш ладог1арх духатоха) массо а аг1ор
9.(уьш) Къахко (лахкархьам , эшо) . Царна гуттар (хир) долун (лазон) 1азап ду
10.Ша (цхьана дашах) катоха (лачкъон , курхалла дан) кархдаьлларг доцург , ткъа цуна т1аьхьахецало (т1аьхьах1утту 1уьрг доккхуш) чекхболун (богу) седа
11.Хатта цаьрга (дагавала царех) , уьш кхоллар ду ч1ог1а я Оха (кхин долу) кхоьллинарг ду ? Баккъалла а Оха уьш (церан да Адам-пайхамар) кхоьллина сацкъарх (т1елетачу поппарх)
12.Хьуна мелхо а тамаш хета (хьайн т1едоьссинарг) , ткъа уьш (цуьнах) ца беша
13.Ткъа шайна (ойла яйта диканца) хьехам бича (цуьнах) хьехам (пайда) ца оьцу цара
14.Шайна билгало гича , кхаьрда уьш
15.Цара элира : »Х1ара (ахь деанарг) ма дац билггала бозбуанчалла бен »
16. »Тхо (дала а) делла тхоьх латта а , (мурйоьлла) даь1ахкаш а хилча , ду ткъа баккъалла а тхо г1овттор ? »
17. »Я тхан (д1абахан) шира (тайпан) дай а ? »
18.Ахь ала (цаьрга) :»Х1аъ (г1овттор ду) , шу аьшнашдина (хьастаделла) а долуш »
19.Баккъалла а иза , цхьа ц1ог1а ду (хиндерг) , т1аккъа уьш (денбелла) б1аьргаш къерзош (д1ах1иттина) лаьтташ хир бу
20.Цара (керстанаш) элира :»(маржа я1) Ма (боккха) бала букх вайна (т1ебеанарг) ! Х1ара дукх и (хир ду аьлла) бекхаман (хьесапан) де «
21.(цаьрга юьхьйоккхуш эр ду :) »Х1ара ду и ша аша харцдеш хилла долу (Аллах1а шен халкъан юкъахь нийсо) къасторан (къемата) де »
22. (Дала эр ду :) « Схьагулбе шаьш зуламдинарш а , церан кепарнаш (царех тернаш) а , цара (шайна) 1ибадат (лолла) деш хилларш а
23. Аллах1 а витина , баха (хьовсабе) уьш жоьжахатан новкъа ,
24.совцабе уьш , баккъалла а цаьрга бартхоттур (лебан безаш , жоп дехадезаш) бу
25.Х1ун до аш (тахана дуьненахь санна) вовшашна г1оцадеш ? »
26.Уьш мелхо а , тахана (Дела кхелана) хьастабелла (къерахилла) бу
27.Т1ебирзира царех цхьаберш вукхарна бартбетташ (дуьхьалдетташ , юьхьйоккхуш)
28.Цара элира : » Баккъалла а шу ма дара аьтту аг1ор (ницкъаца , диканца) тхуна т1едог1уш (гонах г1ерташ , аш тилийнакх тхо !) «
29.Вукхара элира :» (х1ан-х1а) Мелхо а шу дацаркх (Делах) тешаш ,
30.Тхоьгаххьам дацар шуна т1ехь (цхьа а) олалла (я шун дуьхьал баккха , я шу тешарха сацон цхьа а бух) . Мелхо а шу даркх (бакъонал) т1ехдаьлла къам (цундела ладуьйг1аркх аш тхоьга) »
31.(цундела) Вайн т1ехь бакъ (хьакъ) хили вайн Делан дош , баккъалла а вай 1овшур ма ду (Цуьнан 1азап)
32.Оха шу 1ехийра (керстаналла хаздарца ледира , тилийра) , баккъалла а тхо (ма) дара 1ехораш (тилораш)
33.Баккъалла а уьш (берриге а ) оцу дийнахь 1азапехь дакъалоцуш бу
34.Баккъалла а , Оха и до зуламхошна
35.Баккъалла а уьш бара щайга аьлча :»Дела вац Аллах1 бен (воцург) « (и аларха) базлуш (куралла еш) а ,
36. шаьш олуш а :»Баккъалла а оха буьтур (д1атосур) бар тов тхайн деланаш (1ибадат ца деш) телхинчу байташхочун дуьхьа (и бахьандолш) ? «
37.(Дала эр ду цаьрга : х1ан-х1а) « Мелхо а , бакъонца а веана иза , бахкийтанарш (элчанаш) бакъ а бина цо
38.Баккъалла а аш 1овшур (хьоьгур) ма ду лазон (1овжаво) 1азап
39.Шуна бекхам хир ма бац , аш (дуьненахь) деш хилларг (цуьнан ял) бен
40.Аллах1ан ц1ена лайш боцучара
41.(ткъа) Уьш , цаьрна (ялсаманахь) билгала рицкъа ду -
42. – (бес-бесар) стоьмаш , уьш лоруш хир бу (шайн юьхь еш , сий а , пусар а деш)
43.Зовкхан бошмашкахь ,
44.Маьнгеш т1ехь (вовшашна) дуьхь-дуьхьал (хевшина , бирзина)
45.Царна т1ехула лела (маларан) шовдан кедаца
46.сирлачу (хьаьъначу) , молучаьрна мерзачу (чомечу)
47.дац цу чохь вахор а , бац уьш цуьнах кеп хуьлуш а
48.Царна гергахь (хир бу кхечарна) б1аьрхьажар доцурш (хийрачух б1аьрг ларбийраш , эмгаралла доцурш) , даккхий (хаза) б1аьргаш дерш
49.Баккъалла а шаьш , ларден (1алашден , хьулден , куьг кхетанза) х1оа санна (ц1ена) болуш
50.Т1ебирзира (буьйлира) царех (ялсаманин ох1лунах) цхьаберш вукхарга хетта
51.Царех олучо элира : »Баккъалла а (цхьа) накъост вар сан (дуьненахь)
52.Ша олуш : »Хьо ву ткъа баккъалла а (кханалечу дийнахь вай г1овттор) бакъдечарех ?
53.Тхо (дала а) делла , латта а , (мурйоьлла) даь1ахкаш а хилча , тхуна баккъалла а бекхамбийр бу тов ? »
54.Цо (бусулбано) элира (шен бусулба вежаршка) : »(оцу сан дуьненахь хиллачу накъостех х1ун хилла) Хьовсий шу (соьца)
55.(т1аккха ша) Хьаьжира иза (цуьнан хьоле) , цуна гира иза (жоьжахатан) ц1ера юккъехь
56.Цо элира (шена цуьнан хьал гича) : »Аллах1аца дуй ма буу ас (хьай Дела дуьхьа хьаж) , баккъалла а со (дуьненахь левина) х1аллакван герга ма хилла хьо .
57.Сан Делан къинхетам ца хиллехь , (1азапе) балийнчаьрца (жоьжахат чубоьхкинчаьрца) хир ма вар со (а) «
58.(т1аккха воккха вуьйш эр ду цо) Тхо кхин лийр долш дац ,
59.тхайн (дуьненахь) хьалхар (дуьххьарлера) далар доцург , тхуна кхин 1азап лур долш дац ?!
60.Баккъалла а х1ара ма бу и боккха толам ! »
61.Х1ара санначуна (ишттачу бекхам дуьхьа) къахьоьгийла хьоьгучара
62.И (царна хьахийнарг) ду тоьлуш шуьнехь (хьешан шун х1отторехь , хьаша т1елацарехь , комаьршаллехь) я заккъум (олу) дитт ду ?
63.Баккъалла а Оха дина (цу чохь) и (дитт) зуламхой зерна
64.Баккъалла а иза , жоьжахатан бухехь хьаладолу , дитт ду
65.Цуьнан стом , баккъалла а ша шайт1анийн кортош санна бу
66.Баккъалла а цара буур ма бу цуьнах , (шайн мацаллийна) юзур а ма ю цуьнах (шайн) гайш
67.Т1аккха баккъалла а царна (цул сов) оцу (даар) т1е , кхихкинчух эдинарг а ма ду
68.Цул т1аьхьа , баккъалла а церан берзар жоьжахате ма ду
69.(х1унда аьлча) Баккъалла а царна карийра шайн дай тилла
70.Ткъа уьш (нийсо лахар доцуш) церан лорах (цхьаммо т1аьхьар тоьттуш , лоьхкуш санна) д1ахьовду
71.(амма) Бакъ долуш царел хьалха (и бахьан долш) тилла (хьалха) д1абаханчарех дукхахберш (а)
72.Бакъ долуш Оха (баха ма) бахийтинера цаьрна (юкъа) кхерамтасархой
73.Хьажал , муха хилла (шайна) кхерамтесначеран чаккхе (т1аьхье)
74.Аллах1ан ц1ена лайш боцучера
75.Бакъ долуш , Нухьа кхайкхира Тхоьга (орца доьхуш) , ма дика жоплурш ду (Тхо цунна)
76.Оха к1елхьарваьккхира иза а , цуьнан ох1лу а боккхачу (хина) балех
77.Оха йира цуьнан т1аьхье - ша (х1аллак ца хуьлуш) бухйиснарг (оцу балех хьалхаяьлларг)
78.Оха дитира цунна т1аьхьенашкахь (хаза дош)
79. (иза :) « 1аламашлахь Нухьан (лур долун лераман дош) салам ду »
80.Баккъалла а Оха иштта бекхам бокх дикадечарна
81.Баккъалла а иза Тхан муъма лайшха ву
82.Цул (Нухь а , цуьнан т1аьхье а к1елхьарйаьккхинчул) т1аьхьа Оха хи буха бахийтира вуьйш
83.Баккъалла а цуьнан тобанех (цуьнан новкъа т1ехь хиллачу аг1ончех) Ибрах1им а ма вара
84.Ц1енчу дагца иза шен Далла дуьхьал веанчу (х1оьттинчу) хена
85.(иштта) Цо шен дега а , шен къоме а (реза воцуш) :»Шу стенна лолла деш ду (х1ара х1ун ю аш 1ибадат дийриг)« аьлчу хена
86.Кхин деланаш (1ибадатна лаца) лаьа шуна Аллах1 а витина – (шаьш) харцхилла ?
87. Х1ун ду шун хетарг (оцу) 1аламийн Делах ?
88.Т1аккха (цара палтосучу) седарчашка б1аьрг а тоьхна (бехказлонна)
89.Цо элира : »Баккъалла а , со цомгуш (ун долш) ву (и седа гучубалар сан цамгарна ду)»
90.Т1аккха д1абахар уьш цуьнах (Ибрах1имах) къаьхкина (букътоьхна и 1адвитина шайн 1ийде)
91.(т1аккха къайлаха чехка) Церан деланаш т1е а вахна (юург кховдийра цо царна , ткъа цара и юуш шена ца гича) цо элира :»Аш ца юу тов ?» (ткъа уьш бист ца хилча , ца вешаш элира цо :)
92. »Аш х1ун до (шун х1у хилла) , дист ма ца хуьлу шу ?»
93.Т1аккха царна аьттучуьнца (нуьцкъала) тоха (етта) вуьйлира (х1оьттира) иза . (шайна и хиъна)
94. (шайна и хиъна) Т1ехьаьвдира уьш цунна - сихбелла (чехкачу боларца)
95.Цо (Ибрах1има 1оттабаккхамца) элира :»Аша лолла (муха) до ткъа ша аш (шайн куьйга т1улгех а , дечкех а) цоьстучунну (ц1уйшна) ?! »
96.Аллах1а (ма) кхоьллина шу а , ша аша (шайн куьйга) йийриг а
97.(цо шаьш къардича) Цара элира : »Цунна (цхьа) куьрк яй , (цуьнан буьрсачу) ц1ерга кхосса иза «
98.Цунна мекарло (вас) ян лиънера царна , ткъа Оха уьш хилийтара к1елбиснарш (эшнарш , сийсазбинарш)
99.Цо (Ибрах1има) элира : »Баккъалла а (х1ар мохк битина) со воьду (кхелха) Сайн Далла (г1улкх дан парг1ато йолчу махка) т1е , Цо (ас арабаьккхинчу новкъа т1ехь) нисвийр ву со »
100. (дийхира цо) »Х1ай сан Дела ! Лохьа суна дикачарех (доьзалхо) »
101.Т1аккха Оха кхаъбаьккхира цуна эсалчу (собаречу) во1аца (к1антаца)
102.Ткъа и (к1ант) цуьнца (Ибрах1имца) лелалуш андаваьллачу хена , цо элира : »Х1ай сан жима к1ант (жиманиг) ! Баккъалла а суна г1енаха (набарха) го-кх , баккъалла а ас хьуна урсхьокхуш , хьажахь хьо (алахь ахьа) хьайна х1ун хета ! Цо (к1анта) элира : »Х1ай сан да ! Ахь де хьайга омру дийриг ! Хьуна со карор ву – Аллах1ан лаахь – (Дала мукъ лахь) – собаречарех » .
103.И шиъ (Дела кхелана) муьт1ахь а хилла , цо и (шен к1ант урс хьакха) хьажт1е бертал виллинчу хена
104.Оха кхайкхира цуьнга : » Х1ай Ибрах1им !
105.Бакъди ахь (г1енаха долун) гар « . Баккъалла а Оха иштта (хьуна ма барра , дика) бекхам бо дикачаьрна (Тхан омранна муьт1ахь болчаьрна)
106.Баккъалла а х1ара (уьрсан бала) , и ма ду и билггал зер
107. Оха цунна маханна диллира деза г1урба (Оха ийцир цуьнан са безачу ках)
108. Оха дитира цунна т1аьхьенашкахь (хаза дош)
109. (иза Делера :) « Салам хуьлийла Ибрах1имна « (аьлла салот диллар ду)
110.Иштта бекхам бо-кх Оха дикадечаьрна
111.Баккъалла а иза Тхан муъма лайшха ву .
112.(цул т1аьхьа) Оха кхаъ баьккхира цуьнга (Ибрах1имга) Исхьакъца – (элчанашха) дикачарех (хир волчу) пайхамарца
113.Оха (алсам) беркат дира цунна а , Исхьакъна а . Цаьршинан т1аьхьенах дикадийриг а , шен дег1ан билггал зулам дийриг а ву
114.Бакъ долуш , Оха (пайхамараллийца) комаьршо йира Мусана а , Х1арунна а
115.Оха к1елхьар ваьккхира и шиъ а , цаьршинан къам а боккхачу балех (вонех)
116.Оха г1одира цаьрна , (т1аккха) уьш хилир – шаьш тоьлларш
117.Оха делира цаьршинга билгала (долу таврат олу) жайна
118.Оха нисвира (ваьккхира) и шиъ нийсачу новкъа
119.Оха дитира цаьшинна т1аьхьенашкахь (хаза дош)
120.(иза Делера :) « Салам хуьлийла Мусана а , Х1арунна а « (аьлла салот диллар ду)
121.Баккъалла а , иштта бекхам бо-кх Оха дикадечаьрна
122.Баккъалла а и шиъ Тхан муъма лайшха ву
123.Баккъалла а , Ильяс а вар (Тхан) геланчашха (цхьаъ)
124.Шен къоме цо аьллачу хена : » (х1ай сан къам !) Шу (Аллах1ах) ца кхоьру (ткъа) ?!
125.Аш (муха) кхойкху ткъа (кхечу - « Ба1л » олучу) деле (ц1уйга) , (шаьш) витина (1ибадат ца деш) кхоллархойх уггар тоьлург (диканиг) ,
126.Аллах1 – шун Дела а , шун хьалхарчу (ширчу) дайн Дела а волу ?!»
127.(амма) Цара харцвира иза . Баккъалла а уьш (берриге а жоьжахате) балор (д1агулбийр) ма бу
128.Аллах1ан ц1ена лайш боцурш
129. Оха дитира цунна т1аьхьенашкахь (хаза дош)
130.(иза - Делера :) « Салам хуьлийла Ильясийна « (аьлла салот диллар ду)
131. Иштта бекхам бо-кх Оха дикадечаьрна
132.Баккъалла а иза Тхан муъма лайшха ву .
133.Баккъалла а , Лут1 а ву (Тхан) геланчашха
134.Оха (1азапах) к1елхьар ваьккхира иза а , цуьнан дерриг ох1лу а ,
135.Бухабисинчарех йолу йоккха стаг йоцург ,
136.Цул т1аьхьа , Оха х1аллак бира (бухбисна) вуьйш
137.Баккъалла а шу (шайн д1асхьа дахаршкахь) цаьрна (уьш х1аллак бинчу меттиган) юххехула лела (дуьйлу) 1уьйранна а , 138.буьсанна а . Ткъа ойла ца йо аш (царна хиллачуьнна) ?!
139.Баккъалла а Юнус а вар (Тхан) геланчашха 140.(шен къоман оьг1азвахна) Иза (маххьашха) доьттанчу х1ордкеман т1е веддачу хена
141.(ткъа некъаца кема сецна) Кхаж тасарехь дакъа лаьцна , (шен ц1арца кхаж баьлла) эшначарех хилир иза (хи чукхоссавелира иза)
142.(т1аккха) Д1акхаьллир иза ч1еро , иза бехке а волш
143.Баккъалла а иза теспахь дечарех ца хиллехьара
144.1ийр (вуьсар , лаьттар) ма вар и цуьнан кийрахь уьш (кешнаш чуьра) г1овторан (къематан) дийналц
145.Ткъа Оха охьатесира и эрначу ара , ша цомгуш а волуш
146.(т1аккха) Оха далийтира цунна (т1оьхула 1индаг1на) туьтанан (г1абакхан) дитт
147.(цул т1аьхьа) Оха хьажийра и б1е эзаре я (мелхо а царел) совчаьрга
148.Тийшир уьш (цуьнах) , т1аккха Оха зокххьегийтар цаьрга (баллалц йолчу) цхьана ханна (муьрна)
149.Хатта цаьрга , ткъа хьан Делан йо1арий (болш) церан к1ентий бу тов ?!
150.Я Оха кхоьллина малийкаш сте , уьш (теш , д1ах1иттан) болш
151.Х1ай (адамаш ! Мелхо а) ! Баккъалла а цара шайн харцонна ала ма олу :
152. »Аллах1а (доьзалхо) вина (доьзалхо ваьлла Цуьнах) » Баккъалла а уьш харцлуьйш ма бу
153.Ткъа (шуна ца безаш болу) йо1арий (х1унда) хаьржина Цо к1ентрел а (аш санна уьш ца хоржуш) ?
154.Шун хилларг х1ун ду , (иштта) хьукм муха до аш ?
155.(шаьш дуьйцучуьн) Ойла ца йо аш ?
156.Я шун (шаьш дуьйцучуьн) билгала бух бу ?
157.Схьада (и бух т1ехь болун) шайн жайна (тептар) , шу делахь бакъ луьйш »
158.Цара дира Цунна а , жинашна а юккъехь гергарло . (амма) Бакъ долуш жинашна хаа , баккъалла а уьш (1азапна) д1агулдийр ма ду
159. - Аллах ц1ена ву , цара (Шена т1ехь) кхуллучух -
160.(д1агулбийр бу 1азапна) Аллах1ан ц1ена лайш боцурш
161. Ткъа , баккъалла а шу а , аш шена лолла дийриг а
162. Шу ма дац , Цуьнах (Далла т1ебоьдучу новкъах) цхьа а тилор долш
163.Ша (Цуьнан кхелехь) жоьжахата г1ун верг бен
164.Тхоь (цхьа а) ма вац шен билгала меттиг болш бен
165.Баккъалла а , тхо (1ибадатна) могг1ар (д1ах1итина) ма ду
166.Баккъалла а , тхо (Далла) теспахь деш ма ду
167.Уьш (хьо къуранца вале сатийсарца) шаьш олуш ма бара :
168. »Тхоьгахь хьалхалерчеран (д1абаханчеран санна , жайнан) хьехам белхьара
169.Тхо хир ма дара , Аллах1ан ц1ена лай »
170.Ткъа (шайна шаьш сатуьйсург деача) керстналла дира цара цуьнца , (т1аьхьа) хуур ду цаьрна (шайна хиндерг)
171.Бакъ долуш хьалха деана - Тхан бахкийтинчу лешка – Тхан (орца хирг хиларца ч1аг1онан) дош :
172 .»Баккъалла а уьш , царна г1о хир ма ду .
173.Баккъалла а Тхан (муъманехан) б1о (эскар) , и тоьлур ма бу «
174.Хьо (букъ тохе) юхавала царех (1азап даран) цхьана ханналц
175.Тергам бе ахь церан (царна хин дерг тергал дарца , цуьнга хьежарца) , царна (ганне а) гур ма ду (и , т1аккха хуур ма ду цаьрна)
176.Ткъа (хьоьга) Тхан 1азапан сихо еш бу уьш ?
177.(дера) И (1азап) церан керта (уьйт1а) доьссича , ма вон (хир) юкх (шайна пайхамараш) кхерамтесначеран (и) 1уьйре
178. Хьо (букъ тохе) юхавала царех (1азап даран) цхьана ханналц
179. Тергам бе ахь (тергал де , цуьнга хьежарца) , царна (ганне а) гур ма ду (и , т1аккха хуур ма ду цаьрна)
180.Ц1ена ву хьан Дела , сийлаллин Дела , цара кхуллучух
181.Салам ду геланчашна
182.Хастам бу Аллах1ан , 1аламийн Далла .



38 - Сурат Сод
(Маккахь доьссина‚ дерриге 88 аят)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу


1.Сод (Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена цуьнах луург) . Хьехамечу (сийлахьчу) къуранца дуй (ма) буу (Аса-Аллах1а)
2.Мелхо а , шаьш керстаналла динарш дераллехь (ийман дилларх куралъярехь) а , х1уьттаренгахь (дуьхьалбийларехь) а (ма) бу
3.Хийла т1аьхье (къаьмнаш) х1аллакйина Оха царел хьалха . Цара (орца) кхайкхира (шайна т1е 1азап дуссуш) , амма яцар и к1елхьарбовлу (бевдда къайлабовлу) хан
4.Цецбевлира уьш шайна (малик а ца дог1уш) шайха (адамех) кхерамтосург варна . Керстанаша элира :» Х1ара (Мухьаммад) бозбуунча , харцлуьйриг ву .
5.Деланашха цхьа Дела вина х1окхо ?! Баккъалла а х1ара тамашена х1ума ма ду »
6.Нацкъарбевлира (д1абахара) царех болун элий (шаьш олуш) : « Д1адуьло , сатоха шайн деланашна (дуьхьа) ! Баккъалла а х1ара (элчанна шеца шун т1ехь сийлалла) лууш долун х1ума ма ду .
7.Вайна хезна дац оцунах (цо шега вай кхойкхучух) т1аьхьарчу динехь . Х1ара ма дац (цо шегара) кхоьллинарг (тардинарг , пуьташ) бен .
8.Тхуна юккъера (къастийна) цуна (Мухьаммадна) т1е доссийна (Дала) хьахор (къуран) ?!» . Мелхо а (амма) , шекончохь бу уьш Сан хьахорха (къуранах) . Мелхо а (амма) , 1евшина дац цара (х1инци а) Сан 1азап
9.Я цаьргахь хьан сийлахьчу , лушволчу Делан къинхетаман хазнаш ю (дог1анаш ду , шух и къинхемтам сацо) ?!
10.Я церан ду стиглашин а , лаьттан а , цаьршинна юккъехь мел долчуьнан а паччахьалла (олалла , урхалла) ?! Делахь (цара иза кхайкхадахь) хьалабовлийла уьш (шаьш стигал кхачочу) некъашца !
11.(шаьш) Эшор болун б1о бу (уьш) цигахь (бадрехь) , (иблисан) тобанашха (болу)
12.(пайхамарш) Харцбира царел хьалха Нухьан къомо а , 1адаш а , хьекхий долчу (нуьцкъалчу) Фир1авнас а
13.Самудаш а , Лут1ан къомо а , (Шу1айбан къомаха болу) боьлакан (варшан) дайш а , уьш ю (и нуьцкъала хилла) тобанаш
14.(цара) Массара а харцбира элчанаш , т1аккха хьакъ хилира (доьссира цаьрна т1е) Сан 1азап
15.Уьш хьоьжур ма бац , цхьана (ц1еххьана шайна дог1ур долчу зурманан) ц1ог1ане бен . Цуьнан ма дац хадар (сацар)
16.Цара элира :»Х1ай тхан Дела ! Сихдехьа тхуна тхан дакъа хьесапан дийнал хьалха»
17.Сатоха цара дуьйцучунна т1ехь , ахь хьахаве (дагаваийта) Тхан лай , (1ибадат дарехь) нуьцкъал волу Давуд (пайхамар) . Баккъалла а Иза (Далла муьт1ахь хиларна) т1евоьрзург вара
18.Оха (цунна) муьт1ахь дира лаьмнаш (шаьш) цуьнца (цхьана) теспахь деш суьйренца а , 1уьйренца (садаьржаш) а
19.(иштта Оха муьт1ахь динера цунна) Олхазарш а (шаьш цуьнца) гулдина (теспахь деш) . Массо а (х1ума) Цунна т1едоьрзу (муьт1ахь хиларехь а , теспахь дарехь а)
20.Оха (массо а кепара) ч1аг1дира цуьнан паччахьалла . Оха белира цунна кхетам а , дов къастор а
21.Кхаьчний (деъний) хьоьга довхой керт т1оьхул бевлла (Давуд волчу) чубахкаран хена хабар ?
22.Уьш Давуд волчу чубаьхкина , иза царех кхеравелла (хан йоцчу хена керт т1оьхул бевлла уьш ша волчу бахкарна) . Цара элира (цуьнга) :» (тхоьх) Ма кхера ! (тхой шиъ хьоьга кхел яйта веана) Ши довхо ву , тхоьх цхьаволчо вукхана г1ело йина . Тхуна юккъехь бакъонца кхелйе , харцо ма елахь , тхо нисде нийсачу (оха лоьхучу) новкъа !»
23.Баккъалла а х1ара сан (дин) ваша (ву) , (аладашна) цуьнан безткъе ткъесна уьстаг1 бу , ткъа сан цхьа уьстаг1 бу . Цо (соьга) элира :»Суна кхачабехь (лохьа) иза» Къарвира (эшийра) цо со къамелехь (къовсамехь)
24.Цо (Давуда) элира :» Бакъ долуш хьуна зуламдина цо (ша) хьоьга хьан уьстаг1 бехарца шен уьстаг1аш т1е . Баккъалла а декъашхойх (юкъахь х1умалелочарех) дуккха а болчара (царех цхьаболчара вукхарна) вовшашна г1ело (харцо) ма йо . Шаьш (Делах) тешнарш а , дика 1амалш йинарш а боцучара . Ма к1еззиг (карор) бу (хьуна) уьш . Хиира Давудан (кхийтира иза) , баккъалла а Оха ша зийний (Оха ша зер) , т1аккха шен Деле гечдар дийхира цо , (Далла хьалха) гола вуьйжира иза , (дохко ваьлла шен Далла) т1евирзира иза
25.Оха гечдира цунна иза (г1алат) . Баккъалла а цуьнан Тхуна гергахь гергарло а , дика (хаза) воьрзийла а ма ю
26.Х1ай Давуд ! Баккъалла а Оха вина хьо лаьтта т1ехь (нехан хьашташ кхочуш дан) верас (паччахь) . Бакъонца кхелйе нахан юккъехь , (дег1а) лааманна (дезачуьнна) т1аьхьа ма х1отталахь . цо тилор ву хьо аллах1ан новкъах . Баккъалла а шаьш Аллах1ан новкъах туьлурш , цаьрна буьрса 1азап (хир) ду хьесапан де (цара) дицдарна
27.Оха кхоьллина дац стигал а , латта а , цаьршинна юккъехь (мел) дерг а эрна (бегашена , забаренна) . Иза (эрна кхоьллар) шаьш керстаналла динчеран моттар (хетар) ду . Ма бала (жоьжахатан боьра) бу-кх шаьш керстаналла динчарна (жоьжахатан) ц1ерах
28.Я Оха бо шаьш тешнарш а , дика 1амалаш йинарш а (бекхамехь) лаьттахь бартбохорш (вон леларш , 1еса леларш) санна , я Оха бо (Тхайха) кхоьрурш сийдоцурш (телхинарш) санна ? (дера хир ма дац и)
29.(х1ара) Беркате жайна , Оха хьоьга доссийна , цуьнан аяташха цаьрга ойлаяйта а (т1аккха уьш цуьнах кхетар болш) , хьекъал долчаьрга хьехам эцийта а
30.Оха велира Давудана Сулайман , мел дика лай ву и (Сулайман) ! Баккъалла а иза (дохко а ваьлла теспахь а , зикр а дарца) т1евоьрзург ву
31.Цунна гайтира сарахь (кха кога х1иттина биолг1ачуьнца) бергаш бетта расха (чехка) дой
32.Цо элира :»Баккъалла а со , (дуьненан) дика дезаре тевжи (и лаарца) , Сайн Дела (ламаз т1ехь) хьахорал а (вицвелла) , пардонца (малх) къайлабаллалц (ламаз хан тилош)
33.Юхаерзайе (схьаялае) уьш суна т1е» , (т1аккха) х1оьттира (вуьйлира) и (церан) настаршна а , логашна (кхесашна) а (куьг) хьекха
34.Бакъ долуш , Оха зийра Сулайман , Оха диллира цуьнан г1анта т1е дег1 , цул т1аьхьа юхавирзира и (шен Деле а , паччахьалле а)
35.Цо элира :»Х1ай сан Дела ! Гечдехьа суна (хьулдехьа сан къа) , лохьа суна соьл т1аьхьа цхьанне а хила йишйоцу (инзаре доккха) паччахьалла . Баккъалла а Хьо (цхьаъ) ма ву лушверг»
36.Оха муьт1ахь бира цунна мох , (ша) лелаш цуьнан омрунца мела (ховха , бай) цунна луъчухула
37.(иштта муьт1ахь дира оха цунна) Шайт1анаш а , массо г1ишлоярхо (говзанча – пхьар) а , хинбухдоьдург а (цу чуьра жовх1арш дан)
38.Царех кхин дерш буржалш тоьхна ду (дихкина ду г1оьмашца , з1ешца)
39.Х1ара (Оха хьуна белла бахам) Тхан совг1ат ду , (хьайна луъчунна) д1ахеца (саг1ийна ло) я (хьайна луъчунна ца луш) сацаде , хьесап (жоьпалла) доцуш
40.Баккъалла а цуьнан Тхуна гергахь гергарло а , дика (хаза) воьрзийла а ма ю
41.Хьахаве Тхан лай Аюб (пайхамар) ! Цо кхайкхира шен Деле (орцадоьхуш , х1ай сан Дела): «Баккъалла а соьх (сан дег1ах) хьакхадели шайт1а (со) х1отторца (г1елварца , суна зен дарца) а , (дахаран халонаш) 1аткъорца а »
42.(цуьнга элира :) «Тоха (1отта) хьан ког (лаьттах) ! Х1ара шийла луьйчийла а , малар а ду »
43.Оха белира цунна шен доьзалш а , цаьрца цхьана царех тернаш а Тхайгарчу къинхетамна (зовкхана) а , хьекъалан дайшна хьехамна а
44. »Схьаэца хьайн куьйга (серийн) ц1ов , тоха цуьнца , (хьайн) дуй ма къарбе !» Баккъалла а тхуна карийра и собаре . Мел дик лай ву и . Баккъалла а иза (дохко а ваьлла теспахь а , зикр а дарца) т1евоьрзург ву
45.Хьахабе Тхан лайш - Ибрах1им а , Исхьакъ а , Я1къуб а , ниьцкъаллин а , (лелачунна , хиндолчунна) тидамаллин (чидаман , хьекъалан) а дай (хилла) болу
46.Баккъалла а Оха ц1анбира уьш (шеца мода йоцчу) ц1енчуьнца – эхарт хьахорца
47.Баккъалла а уьш Тхуна гергахь , хаьржинчарех , тоьлучарех (дикачарех) ма бу
48.Хьахабе Исма1ил а , Ал-яса1 а , Зуль-кифл а - (уьш) берриге а тоьлучарех (ма) бу
49.Х1ара хьахор ду . Баккъалла а (Делах) кхоьручарна дика боьрзийла ма ю
50.1адн бошмаш , цаьрна (шайн) не1арш йиллина (1еш йолу)
51.(шаьш) Цу (бошмаш) чохь (маьнгеш т1ехь) д1атевжина . (шайн) Боьхуш (боуьйтуш) цу чохь (бес-бесар) шорта стом а , (шорта) малар а
52.Царна гергахь (хир бу шайн х1усамдай боцучарех) б1аьргаш охьадахуьйтурш (ларбийраш) , (цхьана хенара) нийсархой
53.Х1ара (хьахийнарг) ду , ша шуна ч1аг1о йийриг хьесапан денна
54.Баккъалла а х1ара тхан рицкъа ма ду , цуьнан дац кхачадалар (чекхдалар)
55.Х1ара (иштта) ! Баккъалла а т1ехбуьйлучаьрна (Дала бохучуьнга лацадуг1учаьрна) вон боьрзийла ма ю
56.(ткъа иза) Жоьжахате (ю), шаьш цу чуг1ур болун . Ма вон боьрзийла ю
57.х1ара (1азап) , цара 1овшийла иза , (хих) ц1ийдинарг (к1еж яккхарна бага ягориг) а , (шага т1улг санна шийла) ноткъа а
58.(иштта 1азапах) Кхин дерг а , цуьнан кепара бес-бесар (тайп-тайпана)
59. (жоьжахан ох1лано вовшашка эр ду :) »Х1ара шоьца (жоьжахатан) чуйог1ун тоба ю » , (Делера) «парг1ате ма хуьлийла цаьрна » баккъалла а уьш ц1ерга г1ур ма бу
60.(т1аккха) Вукхара элира : »Мелхо а , шу (дукх уьш) – шун ма хуьлийла и парг1ате . Аш (шайн кхайкхамца) кечдинакх и (1азап) тхуна . Ма вон 1ан меттиг ю и (жоьжахате) »
61.Цара элира:»Х1ай тхан Дела ! Ша тхуна (шен кхайкхамца) х1ара (1азап) кечдинарг (х1о 1азапе тхо далийнарг) , сов ваккхахь иза (жоьжахатан) ц1ергахь шалха (маситтазчу) 1азапехь !»
62.Цара элира :»Вайна хилларг х1ун ду ? И вай шаьш вочарех лоруш хилла (болун) божарий ма ца го вайна
63.Вай (дуьненахь) шайха ца даьшна болу , я царех б1аьргаш д1атилла (те вайн) ? »
64.Баккъалла а и (Оха хьахийнарг) бакъ ма ду – жоьжахатан ох1лано (вовшашца) къийсар
65.Ахьа ала (х1ай Мухьаммад !) :»Баккъалла а со кхерамтосург ву . Кхин (цхьа а) дела ма вац (Ша) цхьаъ волу , нуьцкъала Аллах1 воцург
66.Стигалшин а , лаьттан а , цаьршинна юккъехь (мел) долчуьнан а сийлахь (веза) , гечден Дела волу »
67.Ахьа ала : »Иза (къуран) сийлахь (ладаме) беза хаам бу»
68.Шу цуьнах (духакхете) д1адоьрзу
69.Сан дацар лаккхарчу (малийкин) тобанех (дерг) хаар, цара къуьйсучу хена (дийцаре дечу хена)
70.Соьга (сан Дала) хьехац , баккъалла а со билггала кхерамтасархо хилар бен »
71.Хьан Дала малийкашка аьллачу хена :»Баккъалла а со поппарх адам кхолла воллу»
72.Ткъа Аса иза (кхоллар кхачаме суьртахь) кхочуш а дина Сайн сих цунна чу са диллича , шу цунна (лерамна) эгалуш горадахарца (охьата1арца)
73.Горадахар малийкаш , уьш массо а – дерриге
74.Иблис доцург , (сужуд дан) дазделира иза (куралла йира цо) . (и бахьан долуш) Керстанех хилира иза
75.Цо (Аллах1а) элира :»Х1ай Иблис ! Сте духатуьйхи хьо горадахарх Аса Сайн шина куьйга кхоьллинчунна ? Даздели хьо я кураллаечарех (шаьш лакхар хетачарех) хили хьо ? »
76.Цо (Иблиса жоп луш) элира : » Со цул тоьлуш (г1олий) ду . Ахь со ц1ерах кхоьллина , иза поппарх кхоьллина »
77.Цо (Дала) элира :»Арадала цу (ялсамани) чуьра . Баккъалла а хьо (Сан диканах) д1аэккхийна (лаьллина) ду
78.Баккъалла а хьуна т1ехь Сан не1алт ду бекхаман де даллалц »
79.Цо (Иблиса) элира : »Х1ай сан Дела ! Т1аьхьататтахь (дитахь) со уьш (кешнашкара) г1овтор болун денналц (х1аллак ца деш)»
80.Цо (Дала жоп луш) элира : »Баккъалла а хьо т1аьхьтеттинчарех ду
81.Билгалчу хенан денналц »
82.Цо (Иблиса) элира : »Хьан вазаллора , ас уьш (тилонне а) тилор (1ехор , лебийр) ма бу – берриге
83.Хьан ц1ена лайш боцурш »
84.Цо (Аллах1а) элира :»(бакъ дерг Соьгар хилар) Бакъ долш , Аса бакъдерг олу
85.Ас юзур ма ю жоьжахате хьоьх а , царех хьуна т1аьхьах1иттанчарех массарех а»
86.Ахь (х1ай Мухьаммад !) ала (цаьрга) : »Ас бехац (шоьга) цу (дин кхайкхор) т1ехь мах . Со ма вац доцург кхуллучарех »
87.И (къуран) ма дац , 1аламашна хьехам бен
88.Шуна хуур ма ду (х1ай ца тешарш !) цуьнан (бакъ хиларан) хабар , (цхьа) хан-зама яьлча.



39 - Сурат Аззумар (Ж1уганащ , тобанаш)
(Маккахь доьссина ‚ 75 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу


1.(х1ара) Жайна (къуран хьуна т1е) доссор - (х1ай Мухьаммад хьо шек вала ца оьшуш) сийлахьчу , кхетамечу Аллах1ера ду (хьуна)
2.Баккъалла а Оха хьоьга жайна доссийна бакъонца (нийсонца). Аллах1ан 1ибадатде ахьа , доггах Цуна дин лелорца
3.Х1ай (адамаш)! Аллах1ан (дуьхьа) ду ц1ена (доггах) дин (лелор) . Шаьш Иза витина (ц1уйшха , жа1аршха) верасаш (гергарнаш) лецнарш , (шаьш олуш:)"Оха царна 1ибадат дац , цаьрга тхо Аллах1ан (мелла) юххе (улле) гергадаладайтархьам бен" . Баккъалла а Аллах1а кхелйо царна (а , бусулбашна а)юккъехь , уьш шегахь къаьстина (бекъабелла) болчуьнгахь . Баккъалла а Аллах1а (бакъонт1е) нисвац ша и (Шен хьокъехь) харцверг , (Шен зовкхашна) керстверг
4.Аллах1ан (аша ма аллара :"Къинхетамечо доьзалхо лаьцна") доьзалхо лаца лиънехь (ткъа иза Цуьнца дог1уш дац) , Цо хаьржина хир (ма) вара (иза) Ша кхуллучух Шена луъ-ург . Ц1ена ву иза (аша Цунна т1ехь кхуллучух) . Иза - (Шен декъахо воцуш) цхьаъволу , нуьцкъалволу (доьзалхочуьнга хьаштвоцу) Аллах1 ву
5.Кхоьллина Цо стигланаш а , латта а бакъонца . Буьйса дийнан т1етосу (хьерчайо , чуйуллу) Цо , де буьйсан т1етосу Цо . Малх а , бутт а (хьалбаларца а , чубузарца а Шен лай хьашташна) муьт1ахь бина Цо . Массо а лела (шен новкъа) ц1етоьхначу ханналца . Х1ай (адамаш) ! Иза - сийлахь , гечдийриг ву
6.Цо кхоьллина шу цхьана синах (Адамах) , цул т1ахьа цуьнах йина Цо цуьнан кепарниг (Хьава) . Доссийна Цо шуна хьайбанашха ( сте-боьрша даьхнех) барх1 кепара , Ша шу кхуллуш шун нанойн кийранашкахь ражехь (хи , улх-детта ц1и , жижиг цуьрг) кхолларца , (кийрарчу) кха (гай , кийра , беран-ц1а) боданехь . Иза Аллах1 ву шун Дела , Цунна ду паччахьалла (олалла) , (кхин цхьа а) дела вац Иза бен (Иза воцург) . Муха (сте) д1ахьовзадо (д1адерзадо) шу (Иза витина кхечунна 1ибадат даре) ?
7.Аша керстаналла дахь , баккъалла а Аллах1 шоьга хьаштвац . Цуна (лаац) дезац (ца тов) Шен лайшна керастаналла (я цуьнца омру дац Цо) . Амма шу баркалле хилахь , Цуна деза иза шуна (Шен комаьршонехь совдохур ду шу) . (къемата дийнахь) Ца хьо къилахь долчо (сино) кхечуьнан (синан) къа (жоьпаллин мохь , х1ораммо а шен мохь хьур бу) . Т1аккха шайн Деле ду шун доьрзийла . Цо шуна хоуьйтур ду аша лелош (деш) хилларг . Баккъалла а Иза хууш ву кийранашкахь (дегнашкахь) дерг
8.(керста) Адамех зе (бала , хало , вон) хьакхаделча , шен Деле кхойкху цо (дохкодаларца) Цунна т1едоьрзе (д1аайбарца орцадоьху) . Цул т1аьхьа Цо шена Шегара зовкх делча , дицло цунна (дуьту цо) ша (цул) хьалха Цуьнга ( Аллах1е хьаставаларца) кхойкхуш хилларг . Аллах1ан (ц1уйшха а , т1улгашха а) декъашхой (тернаш) бо цо , (сонта нах) тилорхьама Цуьнан некъаха . Ахь ала :»(дуьненан) Зовкх хьега (там бе хьайна) хьайн керстаналлех жимма (к1еззиг) , баккъалла а хьо (жоьжахатан) ц1еран дайшха ву
9. Вуй те и ша (Далла муьт1ахь хиларна) буьйсенан хенашкахь хьаставелларг , (ламазан) сужуд деш а , г1еттина а , ша эхартах (цуьнан 1азапах) ларлуш а , шен Делан къинхетаме сатуьйсуш (догдохуш) а волу...
Ахьа ала:» Буй ткъа цхьатерра ткъа шаьш хууш берш а , шаьш хууш боцурш а ?! » Баккъалла а (Аллах1ан хьехамаш) дагадог1у (царех хьехам хуьлу) хьекъалан дайшна
10.Ахьа ала :» Х1ай шаьш тешна Сан (Делан) лайш ! Кхера шайн Делах (Цунна муьт1ахь хиларца , 1есадерг дитарца) . Шаьш х1окху дуьненахь дикадинчаьрна – дика ду . (Далла 1ибатдарна парг1ато езачунна) Аллах1ан латта шуьйра (доккха) ду . Баккъалла а сатухучаьрна (дуьненан халонашна собаречаьрна) ло церан ял хьесап доцуш (терзан барам боцуш) »
11.Ахьа ала :» Баккъалла а соьга омру дина ас Аллах1ан лолла дарца доггах (декъашхо варха ц1ена) Цунна дин лелош ,
12.соьга омру дина со хиларца бусулбанашха (имдилларехь) хьалхарниг »
13.Ахьа ала :» Баккъалла а со кхоьру - со сайн Далла 1еса хилахь – доккхачу (къемата) дийнан 1азапах »
14.Ахьа ала : » Аллах1ан лолла до аса , сайн дин (1ибадат) доггах (ц1ена) Цунна дина »
15.(Дала кхерамтосуш боху) Лолла де аша шайн луучунна Иза (Аллах1) витина ! Ахьа ала :» Баккъалла а эшнарш , шаьш шайн дог1машна а , шайн доьзалшна а къемата дийнахь зе хилларш бу . Х1ай (адамаш) ! Иза бу и билггала эшам .
16.Царна шайна т1оьхула а ц1еран чкъоьрнаш ду , царна к1елахь а чкъоьрнаш ду . Аллах1а цуьнца кхерабо Шен лайш . Х1ай Сан лайш кхера Соьх !
17.Шаьш шайт1анна (ц1уйшна) гена а бевлла - цунна лолла дарха – Аллах1ан т1ебирзинарш , царна (ялсаманца) кхаъ бу . Ткъа ахьа кхаъбаккха Сан лайшна
18.Шаьш къамеле ла а дуг1уш , цунах тоьллачунна (г1олийчунна , пайденчуьнна) т1аьхьах1уьттурш , уьш шаьш Аллах1а нисбинарш бу , уьш хьекъалан дай бу
19.Ткъа ша , шена т1ехь (шен керстаналла бахьан долуш) 1азапан дош хьакъ хилларггай ... Ахьа к1елхьалвоккхур ву ткъа (х1ай Мухьаммад) ша (жоьжахатан) ц1ергахь верг ?! (ницкъ кхочур ма бац хьан)
20.Делахь (амма) шаьш шайн Делех кхийринарш , царна т1ек1ел йоьг1на чоьнаш (хир) ю , шайна к1елахула татолаш лелаш . аллах1ан ч1аг1о (ва1до) ю (иза) . Аллах1а йохаяц (шалхаяккхац Шен) ч1аго
21.Хьуна ца гина , баккъалла а Аллах1а стиглара (дог1ан) хи а доссийна д1атуьйхира иза лаьттарчу шовданашха , т1аккха цуьнца арадоккху Цо шен беснаш тайп-тайпана долу орамат (ялташ) , цул т1аьхьа дакъало (марг1ал дулу) иза , хьуна го иза мажделла , т1аккха до Цо иза (кхарзъелла) чемхалгаш . Баккъалла а цуьнгахь хьехам (дегалацам) бу хьекъалшин дайшна
22.Ткъа ша , Аллах1а шен кийра (накха) исламан схьабиллина , ша шен Делера (къуранан) нур т1ехь верг… (Дала шен даг т1е мух1ар тоьхначух тера ву тов ?) . Боккха бала бу-кх шайн дегнаш Аллах1 хьахорха шога долчарна . Уьш – билгалчу тиларехь бу
Аллах1а доссийна уггар тоьлла (говза) къамел (къуран) – (маь1анаш морзах дийлар доцуш) цхьатера , карладуьйлу (долу) жайна , шаьш шайн Делах кхьручеран чкъоьрнаш (дилханаш) шех (иза дешча) зуьзе хуьлуш (дегош) , цул т1аьхьа к1адло (парг1ат довлу) церан чкъоьрнаш (дог1маш) а , церан дегнаш а Аллах1 (Цунна лолла дарца) хьахорна . Иза (къуран) Аллах1ан нийса некъ (боккха аьтту) бу , Цо нисво цуьнца (Шен лешха) Шена луург . ткъа Аллах1а тилориг (сийсазвийриг , нийсачу новкъах вохориг) , цуьнан вац (ша) нисвийриг
24.Ткъа ша шен юьхьца къемата дийнахь 1азапан вонах ларлург (г1олий ву , я декъала хилларг ву ?)… Зуламхошка элира : » Аша 1овша шаьш (гул) деш (лелош) хилларг (цуьнан 1азап)
25.(элчанаш) Харцбира шаьш царел хьалхарчара , т1аккха 1азап деара царна дагахьдоцчуьра (ца моьттучура , ца хаалочуьра)
26.Аллах1а 1овшийтира цаьрга дуьненан дахарехь сийсазло , ткъа эхартан 1азап т1ех (уггар) доккха ма ду , уьш хууш хиллехь (царна хаахь)
27.Бакъ долуш Оха далийна царна (ойла яйта) х1окху къуран чохь массо а (хьалха хиллачеран) масалха (мисал) , царна дагадаийтархьама (шаьш лелочух юхабовла безар)
28.(Оха дира иза) 1арбийн (маттахь) къуран , (шеца цхьа а) гомалла йоцуш (цакхетар доцуш) , уьш кхерийтархьам
29.Аллах1а (тешачунна а , цатешачунна а) валийна масална – шегахь (шен хьокъехь) декъашхой (цуьнан дай х1ара стаг шен-шен долахь ву бохуш) къийсалуш болун стаг а , ц1енна (веккъа) цхьана стеган долахь волун стаг а . Вуй ткъа и шиъ масалехь цхьатерра ?! (ван ма вац и шиъ цхьетерра). Хастам бу Аллах1ан . Мелхо а , царех дукхах берш хууш бац (шайна 1азапах хиндерг)
30.Баккъалла а хьо ву лийрволш , баккъалла а уьш бу лийрболш
31.Т1аккха , баккъалла а шу къемата дийнахь шайн Далла гергахь (хьалха) къийсалур ду
32.Мила ву т1ех зуламе Аллах1ан т1ехь харцлийначул (харцо кхоьллинчул) а , (къуранан) бакъо харцйинчул а , шега иза еанчу хена ?! (цхьа а ма вац) . Яц ткъа жоьжахатахь керстанашна боьрзийла (1айла) ?! (дера ян ма ю)
33.Ша бакъонца веанарг а , (ша) иза бакъйинарг а – уьш бу (шаьш Делах) кхоьрурш
34.Царна ша царна деззарг (церан дог1маш сатеснарг) ду шайн Далла гергахь . Иза (дуьненахь Дела реза волу) дикадечеран бекхам бу
35.Аллах1а уьш (бакъдинарш), ша цара динчу уггар вочух ц1анбархьама а , ша цара деш хилчу уггар дикачуьнца царна бекхамбархьама а .
36.Вац ткъа Аллах1 кхачамен (тоьаш) Шен лайна (г1о дан) ? (дера ва ма ву) . Цара кхерамтуьйсу хьуна шаьш Цул (Аллах1ал) лахарболчаьрца (ц1уйшца) . Ша Аллах1а тилориг , вац цуьнан (цхьа а) нисвархо
37.Ша Аллах1а нисвийриг , вац цуьнан (цхьа а) тилорхо . Вац ткъа Аллах1 сийлахьверг , ч1ироьцург ?!
38.Ахьа (х1ай Мухьаммад) царга хаьттича : »Хьа кхоьллина стигланаш а , латта а ? » (шаьш ц1уйшна лолла деш долшнехьа) цара эра ма ду : » Аллах1а » . Ахьа ала (царгара бехк боккхуш) :» (аша ойла ян а йиний) Шуна гиний Аллах1 витина шаьш аша кхойкхурш ?! Аллах1ан суна цхьа зе (дан) лиъча , юй ткъа уьш Цуьнан зе д1аойбур долш (цуьнах к1елхьар дохур долш) , я Цунна соьх къинхетам бан лиъча , юй ткъа уьш Цуьнан къинхетам юхатухур (сацор) болш ?!» (цара жоплур ма дара :» х1ан-х1а » аьлла) Ахьа ала : »Аллах1 тоьаш ву суна (Иза ву суна кхачам бийр берг) , Цунна т1етевжа т1етевжарш »
39.Ахьа ала :» Х1ай сан къам ! Аш 1амалйе шайн хьолехь (аг1онца) , баккъалла а со ву 1амалйеш (сайн хьолехь , некъехь) , хуур ду шуна (къастаман де деача)
40.Хьанна т1е дог1ур ду ша иза сийсазвен (аьшне вен) 1азап , хьанна т1едуссур ду (ца хедаш) лаьтта 1азап »
41.Баккъалла а Оха доссийна хьуна т1е (къуран) жайна (хьоьга цуьнца кхерамтасийта массо а) адамашна (а жинашна а) бакъонца . Ткъа ша нисвелларг , шен дег1ана (нисвелла) , ша тилавелларг , баккъалла а тилало шена (зенна) . Хьо ма вац царна т1ехь (уьш нисбан) векал (вина т1ех1оттийна)
42.Аллах1а д1аоьцу синош уьш (шайн тоьхна дахаран хан кхачийна) лечухена , (иштта) ша шен набарха ца делларг (кхелхинарг) а , Цо сацадо (лоцу) Ша шена т1ехь даларан кхелйинарг (кхелхинарг) , (иштта) Цо д1ахоьцу важа (са шен д1ег1е дерза) ц1етоьхначу (1ожаллин) хене (кхаччалц) . Баккъалла а цуьнгахь (оцу белхехь) билгалонаш ма ю ойлаечу къомана (нахана)
43.Я цара лецна (шайна шаьш) Аллах1 витина (лолла ден ц1уйш) г1одоккхурш (шафа1ат дай) ?! Ахьа ала (цаьрга) :» Уьш хиллехь ай шайн карахь (долахь , шуна пайда бан я зе дан) х1умма доцуш а , ца кхеташ а ?! »
44.Ахьа ала :»Аллах1ан (цхьанна) ду г1одаккхар (шафа1ат) деригге а . Цуьнан ду стиглашин а , лаьттан а паччахьалла (урхалла) . Т1аккха Цуьнга дерзор (долш) ду шу »
45.Ткъа Аллах1 (веккъа) Ша цхьаъ хьахийча , шаьш эхартах ца тешачеран дегнаш 1евжира (керчира , тохаделира , эрг1аддевлира) , ткъа Иза воцурш (шайн ц1уй) хьахийча , баккхибуьй (хазахета царна)
46.Ахьа ала :» Х1ай Аллах1 , стигланаш а , латта а кхоьллинарг , къайлахдерг , гушдерг хуушверг ! Хьо вукх хьайн лайшна юккъехь кхелйеш , ша уьш шегахь бекъабелла хиллачуьнгахь »
47.Баккъалла а шаьш зуламдинчеран лаьттахь мелдерг а , цуьнца цуьнга терра (кхи оццул т1е) а хилча , маханлур ма дара цара иза къемата дийнахь (шайна хиндолчу) вочу 1азапах (хьалха бовлархьам) . Царна гучуделира (оцу дийнахь) Аллах1ера (1азапах) царна ца моьттуш хилларг (дагахь доццург , хьесап ца дийриг)
48.Царна (къема дийнахь) гучудевли шаьш (дуьненахь) динчуьнан (лелийначуьнан) вонаш .Царех хьакхаделира (царна т1едоьссира) уьш шех (ца бешаш) кхаьрдаш хилларг
49.Адамах зен (хало , бала) хьакхаделча (т1едеача) , Тхоьга кхойкху цо (орцадоьхуш) , т1аккха Оха шена Тхайгара (халонан меттана) зовкх (ни1мат) делча , цо олу :»Суна (Дала) делла иза (суна иза дог1уш хилар) хаарна » Мелхо а , иза (зовкх далар уьш) зер (ма) ду , делахь а царех дукхахболчаьрна (иза хаам) ца хаа
50.Бакъ долуш изза элира (бехира) шаьш царел хьалхарчара а , амма уьш хьалха (к1елхьар) ца бехира цара лелош хиллачо
51.Царех кхиира (хьакхаделира) шаьш лелийначуьн (гулдинчуьн) вонаш , ткъа шаьш зуламдинарш х1окхарех – царех хьакхалурду шаьш лелийначуьн вонаш , уьш ма бац (и 1азап даларехь Тхо) г1орасиз дийрдолш (к1елхьар бевр болш)
52.Царна (Оха шайна т1ийра бала д1аайбанчарна) ца хаара , баккъалла а Аллах1а Шена луучунна рицкъа шордой а (эвсардой , алсамдой иза зуьйш) , (иштта Шена луучунна иза) гатдой а ?! Баккъалла а цуьнгахь (эвсардарехь , гатдарехь иза Аллах1а деш хиларан) билгалонаш ма ю (бакъонах) тешачу къомана (нахана)
53.Ахьа ала :» Х1ай шайн дог1машан хьокъехь т1аламза (кхоам боцуш , т1ехдуьйлуш) хилла Сан (Делан) лайш , (аша) догмадилла (саб1арзамадовла) Аллах1ан къинхетамах ! Баккъалла а Аллах1а гечдо дерриге къиношна . Баккъалла а Иза (ма) ву Ша гечдийриг , къинхетамениг »
54. »(кхайкхамна жопдаларца) Т1едерза шайн Далла , муьт1ахь хила Цунна шайна (Цуьнгара) 1азап дале хьалха , т1аккха (иза деача) шу к1елхьардохур (шуна г1одийр ма) дац (цхьаммо а) »
55. »Т1аьхьадаза (т1аьхьах1итта) шайга шайн Делера доссийначу тоьллачунна (къуранна) , ц1еххьана шуна хаацалуш (шуна дагахь доцуш) шайна (Делан) 1азап дале хьалха »
56.(Аллах1ан т1едерза , муьт1ахь хила) Сино алале (я кхоно цо ца ала) : » Маржа-я1 (жолам) Аллах1ан (1амал яран , муьт1ахь хиларан) аг1ор (Цуьнан омрунна) ас йинчу ледарлонна . Баккъалла а со (Цуьнан динах , къуранах) цавешачарех (кхаьрдачарех) ма вара »
57.Я (сино къемата дийнахь) алале : » Баккъалла а Аллах1а со (бакъонна т1е) нисвинехьара (со нисвелла , Цуьнан 1азапех) кхоьручарех хир ма вара »
58.Я алале шена 1азап гучу хена :»Баккъалла а сан (цкъа юха дуьнена) воьрзийла делхьара , со хила дикадечарех
59.Х1аъ , бакъ долуш хьоьга яьхкира Сан билгалонаш , ткъа харцйира ахь уьш , куралла а йира , керстанех хилира хьо
60.Къемата дийнахь хьуна гурбу шаьш Аллах1ан т1ехь харцлийнарш (харцо кхоьллинарш) , (и бахьанна) шайн яххьаш 1аржъелла (юьхь1аьржа х1иттина , сийса хилла) . Яц ткъа куралъечеран (боьрзу) меттиг жоьжахатахь ?!
(дера ян ма ю)
61.Аллах1а к1елхьарбохур бу шаьш кхийринарш , уьш (Шена гергахь) декъалхиларна , (къемата дийнахь) царех хьакхалур дац вон , уьш (хир) бац г1айг1ане (цхьанне а х1уманна)
62.Аллах1 ву массо а х1ума кхуллург . Иза ву массо а х1уманна т1ехь векал а
63.Цуьнан (долахь) ду стиглашин а лаьттин а дог1анаш . Ткъа шаьш Аллах1ан билгалонашца керстахилларш , уьш бу уьш эшнарш
64.Ткъа Аллах1 воцучунна ас 1ибадат дан омру до (кхойкху) аш соьга х1ай сонтанах (жех1алнах) !
65.Бакъ долуш хьехна хьоьга а , шаьш хьоьл хьалха хилчаьрга а , (Сайца дуй ма буу Ас нагахь санна) ахь (х1ай Мухьаммад Суна) декъашхо вахь , хьан (дика) 1амал (ял йоцуш эрна) йовр ма ю , хьо (хилне а) хир ма ву эшначарех
66.(цара бохург а ца деш) Мелхо а , (веккъа) Аллах1ан лолла а де , (Цунна Цо деллачу зовкхана) баркаллечарех а хила хьо
67.Ца лийрира цара (Цуьнца декъашхо винчара) Аллах1 , Иза лера ма везза (Иза хьакъ ма варра) .
Латта – дерриге а Цуьнан буйнахь (карахь , куьйгк1елахь) ду къемата дийнахь . (ерриге а) Стигланаш хьарчийна ю Цуьнан аьттучуьнца . Ц1ена ву Иза , лекха а ву цара декъашховечух
68.(Исрапил малийко шен) Зурманчу «х1уп» элира (дуьххьарлера зурма лекхира) , т1аккха (стелахаьштиго къорбина тентакбаьхча санна белла) ийгира шаьш стигланашкахь а , лаьттахь а (мел) берш , Аллах1ан (царех юкъарбаха) лиънарш боцурш . Цул т1аьхьа «х1уп» элира цу (зурман) чу кхин (цкъа) а , т1аккха уьш (шайн кешнашчуьра ден бина) г1евттина (Делан кхеле) хьоьжуш бара
69.Къегира латта шен Дела нуьрца . Охьадиллира (д1ах1оттийра хьесапна 1амалийн) жайна (тептар) . Схьабалийра (хаттаме) пайхамарш а , тешаш а . Кхелйира царна юккъехь бакъонца , царна зулам ца деш
70.Х1ор (къахьоьгучу ) синна (дег1ана , Аллах1а) д1аделира цо ша (диканах , вонах) динарг (цуьнан бекхам) . Иза (Аллах1) т1ех дика хууш ву цара ша дийриг
71.(къиза т1аьхьара) Лаьхкира шаьш керстаналла динарш жоьжахате ж1уганашкахь (тобанашкахь , ардангашкахь) , ткъа уьш цунна т1екхаьчча , йиллира (цаьрна) цуьнан не1арш , элира цаьрга цуьнан г1аролаш (хехоша) :» Ца баьхкар (ткъа) шуна шайха (шун къомах болун Делан) элчанаш (шаьш) шуна шун Делан аяташ доьшуш а , х1окху шун дийнан дуьхьал кхетарх (х1окху дийне дерзарх) шуна кхерамтосуш а ?!» Цара элира:» Х1аъ (бакъ ду иза) » Амма бакъ (дог1уш) хили керстанашна т1ехь 1азапан дош !
72.(цаьрга хехоша) Элира :» Жоьжахатан (шаьш хьакъ долун) не1арш чуг1о , оцу чохь гуттаренна а лаьтташ » Ма вон ю-кх куралъечеран боьрзийла !
73.Бигира шаьш шайн Делах (Цуьнан декхарш кхочушдарца) кхийранарш ялсамане тобанашкахь , ткъа уьш цунна т1екхаьчча , йиллира (цаьрна) цуьнан не1арш , элира цаьрга цуьнан г1аролаш :» Салам-маршалла (лерам хуьлда) шуна . Декъал хили шу . Цу чуг1о шу гуттаренна а»
74.Цара элира:» Хастам бу Аллах1ан , Ша тхуна Шен ч1аг1о бакъйинчу а , тхуна ирсана (ялсаманан) латта деллачу а . Тхо охьаховшур ду ялсаманахь тхайна луъучу » . Ма дика ю-кх (дика) 1амалъечеран (къахьоьгучеран) ял (мел)
75.Малийкаш го хьуна 1арша гонаха го бина , шайн Далла хастам барца теспахь деш (Иза ц1анвеш) . (Дала) Кхел йина царна юккъехь бакъонца (нийсонца) . (т1аккха цара) Элира :» Хастам бу-кх Аллах1ан , (массо а) 1аламийн Далла » .




40-Cурат Г1афир (Гечдийриг)
(Маккахь доьссина ‚ 85 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу


1.Хьа , мийм . (Аллах1 т1ех дика хууш ву х1окху элпашха Шена луург)
2.(х1ара) Жайна доссор - Аллах1ера ду , сийлахь , хууш ,
3.къинна гечдеш , дохковалар т1елоцуш (товба къобалдеш) , та1зар ч1ог1а долш , комаьршо йолш волчу . Дела вац Иза бен . Цуьнга ду (массо а х1уманан) дерзар
4.Къийсац Аллах1ан аяташкахь (уьш харцдарца) , шаьш керстаналла динчаьра бен . Хьо 1еха ма войла махкахь церан (маьрша , таронехь) хьийзаро .
5.Харцбира (элчанаш) царел хьалха Нухьан къомо а , царел т1аьхьа (яьхкинчу) тобанаш а . Т1ег1оьртира х1ора уммат шайн элчанна , иза (верца) д1аэца . Къевсира цара харцонца, д1атилорхьам цуьнца бакъдерг . Т1аккха Аса (1азапца) д1аийцира уьш . Муха дара Сан та1зар ?!
6.(хьалхабаханчаьрна т1ехь санна) Иштта , хьан Дела (1азап дийр ду аьлла) дош бакъ хилира шаьш керстаналла динчаьрна т1ехь , баккъалла а уьш – жоьжахатан дай хиларца
7.Шаьш 1арш хьурш а , цуьнан гонах дерш а шайн Далла хастам барца теспахь деш а ду , цуьнах тешаш а ду , гечдар доьхуш а ду шаьш тешначаьрна (шаьш олуш) : "Х1ай тхан Дела ! Массо х1ума а чулаьцна (юкъалаьцна) Ахь къинхетамца а , хаарца а . Гечдехьа шаьш дохко а бевла Хьан некъа т1е х1иттанчаьрна , ларбехьа уьш жоьжахатан 1азапах .
8. Х1ай тхан Дела ! Бахийтахь уьш 1адн-ялсаманан бошмашка , шаьш Ахьа цаьрна (лур ю аьлла) ч1аг1о йина йолу , (иштта бахийтахь) церан дайх а , церан зударех а , церан т1аьхьенех дика хилларш а . Баккъалла а Хьо , сийлахьверг , кхетамениг ву .
9.Ларбехьа уьш (цара динчу) вонашха . Оцу (къемата) дийнахь Ахь вонашха (1азап ца луш) ларвийриг , бакъ долуш Ахь къинхетам бина цуьнах . Иза (бан а) букх боккха толам"
10.Баккъалла а шаьш керстаналла динарш (къемата дийнахь уьш 1азап 1овшуш а болуш , малийкаш) кхойкху (цаьрга) :"Аллах1ан (шоьга дуьненахь хилла) цабезам (ачо) т1ех боккха ма бу , (тахана) шайн дог1машна (дуьненахь уьш 1еса хиларна цаьрга) болун шун цабезамел а , (х1унда аьлча) шаьш (Дала дуьненахь) иймане кхойкхучу хена керстаналла дора аш"
11.Цара элира:"Х1ай тхан Дела ! Далийтара (кхалхийра) Ахьа тхо шозза , ден а дира Ахьа тхо шозза , тхо къера хили (оха мук1арло , даре до) тхайн къиношна . Буй те (жоьжахатара) арадовла (цхьа а) некъ ?" (дера бан ма бац)
12.Иза (шун 1азап) , баккъалла а (дуьненахь шу) долун дела , Аллах1 Ша цхьаъ (варе шу) кхайкхича – (Цуьнца) керстаналла деш . Ткъа Цунна декъашхо вича – тешаш . Ткъа (шун 1азап даран) хьукма – лекха , воккху (сийлахь) волчу Аллах1ан ду
13.Иза ву , Ша шуна Шен (цхьаъ хилар) билгалонаш гойтург а , Ша шуна стиглара (дог1анца) рицкъа доссориг а . (амма царех) Хьехам эцац ша (Далла муьт1ахь хиларна) т1евоьрзучо а бен .
14.Аллах1е кхайкха аша , Цунна доггах дин лелорца , керстанашна (иза) цадезахь (ачоне делахь) а
15.Лаккхара даржаш долуш , 1арш йолуш , Шен омранца Шен лешха Шена луучунна т1е хаам боссабо Цо , цуьнга кхерамтасийта вовшахкхетачу дийнаца
16.Уьш (шайн кешнашчуьра) арабовлучу дийнахь , Аллах1ех къайладера дац царех (долун) х1умма а . (Дала хоттур ду) "Хьенан ду тахана паччахьалла ? (т1аккха Ша Шега жоп лур ду) Цхьаъ волчу , нуьцкъалчу Аллах1ан ду" (аьлла)
17.(цаьрга эра ду) Тахана массо а синна бекхам бийр бу цо (дуьненахь) динчуьнца (лелийнчуьнца). Зулам дац (харцо йийр яц) тахана (цхьанне а) . Баккъалла а Аллах1 , хьесап чехкадеш ву
18.Кхерамтаса ахьа цаьрна гергарчу (къемата) дийнаца , церан дегнаш (кхерарна) легашкахь (леггехь дисина) садетташ . Зуламхойн вац (царна пайда бан) доттаг1 а , (дехар дан , корта бетта) шега ладуг1ун (долун) юкъарлонча (дехархо) а
19.Цунна хаа б1аьргийн ямартло (тешнабехк , к1елд1ашхула хьажар) а , кийранаш (дегнаш) хьулдийраг а
20.Аллах1а бакъонца кхелйо . ткъа шаьш Иза воцург кхойкхучара цхьа а кхел ца йо . Баккъалла а Аллах1 , Иза хезашверг , гушверг ву
21.Уьш ца лелла лаьттахула , шаьш хьовса (хьаьвсича шайна га а , гича ойла ян а) муха хилла шаьш царел хьалха хилчеран (къаьмнийн) чаккхе ?! Бара уьш царел ч1ог1а ницкъехь а , лаьттарчу г1ишлошкахь (ларашкахь) а , Аллах1а (х1аллакбарца) д1аийцира уьш церан къиношна . Церан вацар Аллах1ех (уьш) ларбийриг (1алашбийриг , царна пайдабийриг)
22.Иза (та1зар дира Оха царна , х1унда аьлча) , баккъалла а уьш бара шайга билгалонашца шайн элчанаш бог1уш , амма цара керстаналла дира , т1аккха Аллах1а д1аийцира уьш . Баккъалла а Иза нуьцкъалниг , та1зар буьрса дерг ву
23.Бакъ долуш , Оха хьажийра (вахийтира) Муса Тхайн аяташца а , билгалчу бухца а
24.(Къибт1 паччахь волчу) Фир1авне а , (цуьнан г1оьнча волчу) Х1амане а , (хьолан да волчу) Къаруне а , амма цара элира :"(иза) Бозбуанча (холмачхо) , харцлуьйриг (пуьташбуттург ву)"
25.Ткъа иза , Тхуна гергарчу бакъонца , шайна венчу хена , цара элира : » Дайъа шаьш цуьнах тешначеран божабераш , дийнабита церан зударий (зудбераш) . Керстан мекарло (х1умалгаш) ма яц тиларехь бен
26.Фир1авна элира :»Вита аш со Муса вен (вейта соьга Муса) . Кхайкхийла цо (со сацон) шен Дела . Баккъалла а со кхоьру , цо шун дин хийцарха , я цо лаьттахь талхар (боьхалла) гучадаккхарха (даржорах)
27.Мусас элира :»Баккъалла а со ларло (1алашло) сайн Делаца а , шун Делаца а массо а куралъечух (дозалдечух) , ша ца тешаш волу хьесапан дийнах »
28.Фир1авна ох1лунах волу муъма стага элира , шен ийман хьулдеш волчу :» Стаг (муха) вуьй аша , цо аларна :»Сан Дела Аллах1 ву» ? Бакъ долуш , иза шуна веана шун Делера билгалонашца . Иза велахь харцлуьйш , цунна ду шен харцлер (аьшпаш) , ткъа иза велахь бакълуьйш , шуна хирду (кхочурду) цхьадолу ша шуна цо ч1аг1ойийриг . Баккъалла а Аллах1а нисвац (ца нисво) ша иза т1ехвуьйлург , харцлуьйриг
29.Х1ай сан къам ! Шун ду тахана паччахьалла , лаьттахь урхалла (дошлелар) долш ду шу . Ткъа хьа лардийр ду вай Аллах1ан та1зарх (г1уданех) иза вайна даг1ахь ?! » Фир1авна элира : » Аса шуна гайтац сайна гург бен . Аса шу нисдац бакъонан некъе бен »
30.Ша (Мусах) тешначо элира : »Баккъалла а со кхоьру шуна тобанашин (д1адаханчу къаьмнийн) дийнах терачух (де т1едарах)
31.Нухьан а , Iадан а , Самудан а къома ламастах (1адатах) тера долу , иштта шаьш царел т1аьхьарчеран а . Аллах1 ма вац , зулам лууш (Шен) лешна
32.Х1ай сан къам ! Баккъалла а со кхоьра шуна (адамаша) вовшашка кхойкхучу (къемата) дийнах
33.Букътоьхна шу (жоьжахате) д1аг1ур долчу дийнах . Шун вац Аллах1ах (Цуьнан 1азапах шу) лардийриг (я г1одийриг) . Ша Аллах1а тилийнарг (д1атеснарг) , цуьнан вац (ша) нисвийриг (шен аьтто бийриг)
34.Бакъ долуш , (Мусал) хьалха шун веара Юсуп билгалонашца , (амма) шу (ца совцуш) шеконехь лаьттира цо шуна деанчух , ткъа иза (велла) д1акхелхича , аша элира : » Аллах1а г1аттор (воуьйтур) ма вац цул т1аьхьа элча (геланча)» Иштта (шу тила ма дарра) Аллах1а тилаво (дакъазвоккху) и ша т1ехвуьйлург , шекверг
35.Шаьш Аллах1ан билгалонашкахь , шайга беана цхьа а бух боцуш , къуьйсуш берш , доккха хили (церан къийсар ша) цадезарехь Аллах1ан гергахь а , шаьш (Делах) тешначаьрна гергахь а . Иштта , Аллах1а мух1артуху массо а куралъечу , къизачу даг т1е
36.Фир1авна элира :» Х1ай Х1аман ! Йе суна (лекха) г1ала , со кхача мега некъашка
37.Стиглашийн некъашка (не1аршка) , Мусан Деле хьажархьам . Баккъалла а суна иза (Муса) хета харцлуьйш» . Иштта , хаздина Фир1авнан шен белхан вон , (нийсачу) новкъах юхатоьхна иза . Фир1авнан мекарло (х1уиалгаш) ма яц , эшамехь (х1аллак хиларехь) бен
38.ша тешначо элира : » Х1ай сан къам ! Суна т1аьхьа х1итта , ас шу нисдийр ду нийсонан новкъа (т1е).
39.Х1ай сан къам ! Баккъалла а х1ара дуьненан дахар – (хедар долун) зовкх ду . Ткъа баккъалла а эхарт , иза – (гуттаренна) соцу (синтеман) х1усам ю
40.Ша вон динарг (милла велахь) , цунна бекхам (бийр) бац иза санначуьнца (цуьнах терачуьнца) бен . Ша дика динарг боьршачух а , стех а (милла велахь) ша (Делах) тешна а волуш , уьш ялсамани чуг1ур бу , царна рицкъа лур ду цу чохь хьесап (доза) доцуш
41.Х1ай сан къам ! И х1ун ду , аса шу (Делан 1азапех) к1елхьардовларе кхойкху , ткъа аша со (жоьжахатан) ц1ере кхойкху
42.Аша со кхойкху (аса) Аллах1аца керстаналла даре а , аса Цуьнца декъашхо варе а сан шеца хаар доцучуьнца . Ткъа аса шу кхойкху сийлахьчуьнга , (сов дукха) гечдечуьнга
43.Бакъ долуш , баккъалла а ша аша со (ц1уйшха) шега (1ибадатна) кхойкхург , цуьнан (карахь) дац кхайкхар (-на жоп далар , я цхьанна пайда бар) дуьненахь а , эхартахь а . Баккъалла а вайн (д1а) дерзар , Аллах1е ду . Баккъалла а (Далла декъашхо варца Цо тоьхначу дозанашал) т1ехбуьйларш (керстанаш) , уьш – жоьжахатан дай бу
44.Шуна дагадог1ур ду (1азап шайна гучудаьлча) аса шайга бохург . Сайн болх Аллах1е (Цуьнан кара) д1ало аса . Баккъалла а Аллах1 гуш ву (Шен) леш (дийриг)
45.Аллах1а ларвира иза , цара йинчу мекарлонан , вонашха . Доьссира (т1едеара) Фир1авн ох1ланна (тайпанна) т1е (уьш хин буха бохуьйтучу) 1азапан во
46.Ц1е , цунна т1ех1иттор бу уьш (къемат де х1отталца массо а) 1уьйранна а , суьйранна а . Ткъа (къемата дийнан) са1ат х1уттучу дийна (Аллах1а эра ду) «Д1ачудахийта Фир1авнан ох1ла 1азапах буьрсачу »
47.(жоьжахатан) Ц1ергахь (керстанаш) вовшашца къийсаре бевлла , заь1апчара шаьш куралйинчаьрга эра ду :»Баккъалла а тхо дара шуна (тиларехь) т1аьхьах1иттинарш . Дуй ткъа шу (тахан) тхо хьалхадохур долуш ц1еран (цхьана) декъах ?! »
48.Шаьш (дуьненахь) куралйинчара элира : »Баккъалла а вай массо а оцу (жоьжахат ц1еран) чохь ду . Баккъалла а Аллах1а кхелйина (Шен) лешна юккъехь »
49.Шаьш (жоьжахатан) ц1ергахь болчара элира жоьжахатан г1аролашка : »Шайн Деле кхайкхийша (дехийша) , тхуна (тхан) 1азапах цхьа де (мукъане) дайдарца »
50.Цара (г1аролаша) элира :»Бацар ткъа (дуьненахь) шуна бог1уш шун элчанаш (Дела цхьаъ хиларан) билгалонашца ? » Цара элира : »Х1аъ (бар) » Цара (г1аролаша) элира (цаьрга) : »Шаьш кхайкха (деха) т1аккха» . (амма) Керстанашан до1а (кхайкхар) ма дац , тиларехь (эрна) бен
51.Баккъалла а Оха толабо тхайн элчанаш а , шаьш тешнарш а дуьненан дахарехь а , тешаш х1уьттучу (къемата) дийнахь а
52.Зуламхошна церан бехказлоно (махано) пайда ца бечу дийнахь . Царна не1алт (къинхетаман генабахар) ду , царна (жоьжахатан) х1усаман во ду
53.Бакъ долуш Оха белира Мусага (пайхамараллин) нийса некъ . Оха дитира Исраилан к1енташна (ирс эца Товрат) жайна
54.(ша) Нийса некъ а , хьехам а (болу) хьекъалдайшна
55.Сатоха , баккъалла а Аллах1ан ч1аг1о бакъ ю . Хьайн къинна гечдардеха , хьайн Далла хастам барца теспахьде (ламаз де) суьранна а , 1уьйранна а
56.Баккъалла а (шайгахь) шайга беана (цхьа а) бух боцуш Аллах1ан (къуран) аяташкахь шаьш къуьйсурш , церан кийранашкахь (дегнашчохь) ма дац шаьш шега кхочур боцун дозалла (хьуна т1ехь толам бакхха сатийсам) бен . Хьо ларло Аллах1аца (церан вонашха) . Баккъалла а Иза (церан къамелаш) хезашверг , (церан хьелаш) гушверг ву (хьуна)
57.(Аса дуй ма буу) Стигланаш а , латта а (юьхьанца) кхоллар доккха ма ду адамаш кхелхинчул т1аьхьа юха) кхолларал а . Делахь , дукхах долун адамаш хууш дац (иза)
58.Цхьатерра вац б1аьрзениг а , сагург а . (иштта бац цхьатерра) Шаьш (Делах) тешнарш а , дика 1амалш йинарш а , вон дийриг а . Ма к1еззиг дагадог1у-кх шуна (и Делан билгалонаш , хьехарш . Уьш шуна сих-сиха дага даг1ахьара , аша церан ойла яхьара кхетар ма дара шу шаьш харц хилар)
59.Баккъалла а (шу г1овтторан) са1ат т1едог1уш ма ду , шегахь шеко йоцуш . Делахь , дукхах долун адамаш , тешаш дац (и т1едарах)
60.Шун Дала аьлла :»Соьга кхайкха (Суна 1ибадат де) , (т1аккха) Аса жоп лур ду шуна (ял лур ю шуна) . Баккъалла а шаьш Суна 1ибадат дарха куралла йийраш , жоьжахатан чуг1ур бу уьш (шаьш) аьшне (сийсаз) бина (тийна)
61.Аллах1 ву , Ша шуна буьйса йина (шуна и елла) шоьга сада1ийта (шу парг1атдовлийта , синтемана) цучохь , (иштта Шен къинхетамца) де (дина Цо) гуш (серло луш , шоьга шайн хьашташ кхочуш дайта) . Баккъалла а Аллах1 , адамашна комаьршо йолш ву , делахь а дукхах долун адамаш , (Аллах1а шайна деллачу зовкхашна) баркалла олуш (хастам беш) бац (цундела тешаш бац)
62.Иза (деригге а зовкхаш шуна делларг) ву Аллах1 , шун Дела , (Ша) массо а х1ума кхуллург , (шена 1ибадат дан хьакъ волуш кхин) дела вац Иза (Аллах1) бен (Иза воцург). Ткъа (Аллах1а массо а билгало шайна гайтинчул т1аьхьа) муха (сте) д1ахьовзадо шу (ийманах , хьанна 1ибадат дан дохку шу , стенга даг1а дохку , стенна луьй шу харц) ?!
63.Иштта (ийманах) д1ахьаьвза (д1абоьрзу , харц луьй) шаьш Аллах1ан билгалонаш юхаетташ (къобал ца еш) хилларш
64.Аллах1 ву , Ша шуна латта (т1ехь парг1ат даха тийна) х1усам а (йина) , стигалха (лекха) тхов а бинарг . Цо кепе дерзийна (кхоьллина) шу , хаза (кхачаме , говза) дина (кхоьллина) Цо шун васташ (аматаш , куьцаш) а . Шуна ц1енчарех (хьаналчух , аьхначух , мерзачух) рицкъа делла Цо . Иза (деригге а зовкхаш шуна делларг) ву Аллах1 , шун Дела . (Шеца цадог1учу куьцашха) Ц1ена (сийлахь) хили Аллах1 , (массо а адамин а , жинин а , кхидолчу дийнатин) 1аламийн Дела (паччахь) волу
65.Иза (гуттар) дийна (вуьсург) ву , дела вац Иза бен , аша кхайкха Цуьнга доггах Цунна дин лелорца . Хастам бу Аллах1ана , (массо а) 1аламин Дела волчу
66.Ахьа ала:»Баккъалла а суна (Аллах1а) ца магийна (дихкина) , аса 1ибадат дар аша шаьш Аллах1ал совнаха (Иза витина) кхойкхучарна (1ибадат дечарна) , соьга сан Делера (Иза цхьаъ хиларан) билгалонаш яьхкичхьана . Иштта соьга (сан Дала) омра дина со хьастваларца (муьт1ахь хиларца массо а) 1аламин Далла
67.Иза ву , Ша шу (шун да Адам) лаьттах кхоьллина , цул т1аьхьа (шу к1айчу - шех доьзалхо кхоллалучу – хин) т1адамах (кхоьллина) , цул (тадам хилчул) т1аьхьа улхах (деттачу ц1ийрах) , цул (улх хилчул) т1аьхьа Цо арадоху шу (ненан кийрара) бераш хуьлийте , цул т1аьхьа (Цо дуьту) шу шайн г1еметтах1оттаре (ондадовларе) кхачийта (кхиийта), цул т1аьхьа шу хилийта къенанах . (иштта) Шух ву ша (Дала) д1акхалхориг (оцу г1еметтах1оттаран а , къанваларан а хенал) хьалха . (Дала и до) Шу кхачийта ц1етоьхначу (дозатохарца билгалйинчу даларан) хене . Шу (Шен билгалонашца Ша цхьаъ хиларха) кхетийтархьама (кхетар дацар те шу)
68.Иза ву , Ша денвийриг а , кхалхориг а . Ткъа Ша (цхьана) белхан (г1уллакхан иза дан) кхелйича (сацамбича) , баккъалла а Цо олу цуьнга :»Хил» - т1аккха иза (дукха чехка , цхьа а хало йоцуш) хуьлу
69.Хьуна ца гина шаьш Аллах1ан билгалонашкахь къуьйсурш ?! Уьш (бакъонах) д1а муха (сте) хьовзабо-те ?!
70.шаьш харцдина (болу) жайна (къуран) а , Оха Тхайн элчанаш шеца (ша дохьуш) бахкийтинарг а , царна хуур ма ду (шаьш и харцдаран та1зар муха ду)
71.Церан кочахь (логах) буржалш (г1оьмаш) а , (когах) барголаш а хирдолчу хена , уьш текхор бу
72.Кхехкийна (ц1ийдина) хи чу , т1аккха ц1ергахь багор бу уьш
73.Цул т1аьхьа царга (бехкбоккхуш) эра ду :»Стенгахь (мичахь) ду аша ша (Делаца) декъашховина хилларг
74.Аллах1 (1ад) витина ? « . Цара (жоп даларца) эра ду: » Тилла (къайлабевлла) уьш тхоьх (тхуна гац уьш). Бакъ долуш , тхо дан а ма дацар х1умане кхойкхуш хьалха . Иштта (уьш санна некъах , кхетамах) тилабо Аллах1а керстанаш
75.(шуна) Иза (1азап) - шу лаьттахь (цхьа а) бакъо йоцуш хазахеташ хиларна а , даккхийдеш (г1аддахан) хиларна а ду
76.Жоьжахат не1арш чуг1о шу , (шаьш) гуттаренна а цучохь лаьтташ . Куралъечеран боьрзийла вон ю
77.Сатоха (собаре хила) ! Баккъалла а , (царна 1азап даран) Аллах1ан ч1аг1о бакъ (ма) ю . Оха хьоьга (хьо дийна волш) гайтахь Тхаьш царна ч1аг1оечух цхьадерг , я Оха хьо (царна 1азап далале хьалха) д1акхалхавахь , Тхоьга берзор (ма) бу уьш (т1аккха Оха буьрса 1азап лур ма ду царна)
78.Бакъ долуш , Оха хьажийна хьоьл хьалха элчанаш .Царех Оха хьоьга бийцинарш бу , (иштта) царех Оха хьоьга ца бийцинарш (бийцаза берш) бу . (царех цхьанне а) Элчана бакъхьа дац (бакъо яц) билгало ялон Аллах1ан пурбанца бен (х1унда аьлча уьш лай болун дела). Ткъа Аллах1ан омру деача , бакъонца кхелйийр ю , цигахь (эццахь) оьшур бу (дин) харцдийраш
79.Аллах1 ву Ша шуна хьайбанаш (даьхний , бежнаш) кхоьллина ; царех (цхьадерш) шуна хахка (т1еховжа) , (иштта) царех (кхиндерш) шуна даа
80.Шуна цаьргахь (кхин а шортта) пайданаш ду . (иштта Оха кхоьллина уьш шуна) Шу кхачийта (кхиийта) царна т1ехь шайн кийранашкара хьаште . Цаьрна т1ехь а , х1ордкеман т1ехь а д1ахьо (д1адуьгу) шу
81.Цо шуна гойту Шен билгалонаш . Аллах1ан билгалонашха муьлха юхатуху аша ?! (х1уьттаренна а , кураллийна а ца тохахь шун юхатоха х1ума ма дац)
82. Уьш ца лелла лаьттахула (дуьненахь та1зарш дина меттигашкахула) , шаьш (дегнашца) хьовса (шайна га , гича ойла ян) шайла хьалха хилчеран (керстаналла бахьан долуш) белхан чаккхе муха хилла ?! Уьш (ма) бара царел дукха а , ницкехь а , (шаьш бехачу) лаьттахь (йинчу г1ишлойн) ларашкахь а мелла а ч1ог1а . Амма цо , цара гулдеш хиллачо , (Тхан 1азап деанчу хена) уьш хьалха (к1елхьара) ца бехи (цуьнах)
83.Ткъа шайга билгалонашца шайн геланчаш баьхкинчу хена , шайгахь долчу 1илманах (шаьш сонта хиларна) баккхийбийра уьш (дозалла дира цара) . (т1аккха) Царна т1едоьссира (царна т1едеара) уьш шех кхаьрдаш (цабешаш , цара сихдеш) хилларг
84.Ткъа шайна Тхан (та1зар даран) ницкъ гинчу хена , цара элира :»Тхо (х1инца) тийши Аллах1ах – Цуьнах цхьаннах , оха керстаналла ди тхаьш шеца декъашхо веш хилчунца»
85.Дацара царна пайда беш церан ийман (тешар) Тхан ницкъ царна гинчу хена . (иштта дара) Аллах1ан ламаст , ша Цуьнан (царел а хьалха хиллачу) лешкахь д1адахан долу . Ийшира цигахь керстанаш .



41-Сурат Фуссилат (Билгалдина)
(Маккхаь доьссина , 54 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу


1.Хьа , мийм .(Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена царех луург)
2.(х1ара) Дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчун доссор (ду)
3.(х1ара) жайна - 1арбийн къур'анахь – шен аяташ хуучу нахана билгалдина ду
4.(ша) Кхаъбоккхуш а , кхерамтосуш а . (амма) Царех дукхах берш (куралла йина) д1абирзина (цуьнах) , (цундела) уьш хезаш бац (иза)
5.Цара элира :"Тхан дегнаш ахь тхо шега кхойкхучух пардонашкахь (хьулдаршкахь) ду , тхан лергашкахь къоралла ю . Ткъа тхуна а , шуна а юккъехь (пардо ду) дуьхьало (динан башхо) ю . (хьайн дин кхайкхорехь) Г1уллакх де ахь , баккъалла а тхо а ду (тхайниг кхайкхорехь) г1уллакх деш"
6.Ахьа ала (цаьрга):"Со адам ма ду шух тера , соьга (Аллах1а) хьоьху , баккъалла а шун Дела цхьа Дела ву (аьлла) . Шу д1анисло Цуьнга , аша гечдар деха Цуьнга . Бала бу-кх (Аллах1аца) декъашховечарна"
7.Шаьш закат луш боцчу , уьш - эхартаца шаьш керстанаш бу
8.Баккъалла а шаьш имдиллина , дика 1амалаш йинарш , царна - хедар (эшаме) йоцу ял ю
9.Ахьа ала :"Баккъалла а шу ду ткъа шаьш (цатешаш) керстаналла деш а - Ша шина дийнахь латта кхоьллинчунца - шаьш Цуна декъашхой (тернаш) беш а ?! Иза - 1аламийн Дела (паччахь) ма ву"
10.Цо дина цу (лаьтта) чохь (лекха) лаьмнаш , цуьнан (букъ) т1ехула . Цо (беркат) токхо йина цу (лаьтта) чохь . Барам а х1оттийна Цо цу (лаьтта) чохь цуьнан (лаьттан) кхачанашан , деа дийнахь , хоьттучарна цхьатерра (цхьабосса)
11.Т1аккха вирзира Иза стигал т1е , яра иза (стигал) к1ур (хин 1а) . Цо элира цуьнга (стигале) а , лаьтте а :"Схьадола шушиъ (шаьшшинчохь мел кхоьллинчуьнца сан омре) лаамца я лаамза" Цу шиммо элира :"(бакъ долуш) Тхо даьхкина лаамца (кхайкхамна жоп делла)"
12.Цо уьш (кхочуш) йира варх1 стигал шина дийнахь . Хьийхира Цо массо а стиглахь цуьнан (стиглан) омра (декхар). Оха кечйира гергара (юххера) стигал чиркхашца (седарчашца)а , ларъярца а . Иза нуьцкъалчуьн , (къайленаш) хуучуьн кхоллам бу
13.Ткъа уьш (ийманах) д1аберзахь ахьа (цаьрга) ала :"Аса шун кхерамтесна стелахаьштигца (буьрсачу 1азапца) , 1адан а , Самудан (къам) а (х1аллак дарца тоьхначу) стелахаьштигах терачу
14.Элчанаш (геланчаш) баьхкира царна хьалхахула а , царна т1ехьахула а (массо а аг1ор , шаьш цаьрга олуш) :"Аша лолла ма де Аллах1ан бен !" Цара элира :"Тхан Далла лиънехь Цо малийкаш диссор ма дар . Баккъалла а тхо , шу шеца дахкийтанчуьнца , керста ма ду"
15.Амма 1адаш , (дозалла дира шайн ницкъаха) куралла йира цара лаьттахь (ян) бакъо а йоцуш . Цара элира :" Мила ву ницкъехь тхоьл (т1ех) ч1ог1аниг ?!" Царна ца гина (ца хаа) , баккъалла а Аллах1 , Ша уьш кхоьллина волу - Иза ницкъехь царел (шайла) ч1ог1а хилар ?
Уьш бара тхан билгалонаш юхаетташ (къобал ца еш)
16.Оха хьажийра царна т1е шийла (шакаре) мох доьхначу (духахьадаьллачу , цахедачу) дийношкахь , царга 1авшийтархьама сийсазлон 1азап дуьненан дахарехь , эхартан 1азап -(цул) сов (кхин а ч1ог1а , т1ех) сийсаз ду , царна (цхьаммо а) г1о дийр дац (цуьнах уьш хьалхабахар т1ехь)
17.Амма Самудаш (къам) , Оха нийсачу (билгалчу) новкъа бехира уьш , ткъа царна езаелира (цара хаьржира) б1арзалла нийсонан (бакъонан) метта , т1аккха схьалецира уьш аьшнечу (сийсазчу) 1азапан стелахаьштиго , цара гулдеш (деш) хилларг бахьанехь
18.Оха к1елхьарбехира (1азапах) шаьш имдиллинарш а , (Аллах1ах) кхоьруш хилларш а
19.Аллах1ан мостаг1ий (жоьжахатан) ц1ере г1овтточу (гулбечу) дийнахь , уьш (хьалхара) лохкур бу (жоьжахате)
20.Уьш цуьнга (ц1ерга) баьхкича , царна дуьхьал тешалла дира церан хазаро (лергаш) а , церан б1аьрсинош (б1аьргаш) а , церан чкъоьраш (меженаш , дилханаш) а цара деш хилларг бахьанна
21.(т1аккха) Цара элира шайн чкъоьрашка :"Х1унда ди аша тхуна дуьхьал тешалла ?!" Цара (чкъоьраш) элира :"Аллах1а дистхилийтара тхо , Ша массо х1ума а дистхилийтина волчу . Цо кхоьллина шу дуьххьара (дуьненахь) , Цуьнга дерзор а ду шу"
22.Шу дацара хьуллур (къайладевр) долш - шайн хазаро а , шайн б1аьрсинош а , шайн чкъоьраш а - шайна тешалла дарха . Амма шуна моьттира , баккъалла а Аллах1 хууш вац дуккха а аша дечух (лелочух а дерг)
23.Цо – шун моттаро , ша шайн Делаца шуна моьттина долу – х1аллак ди шу, т1аккха шу хилира эшначарех
24.Ткъа цара (жоьжахатан ц1еран 1азапна) сатохахь (я ца тохахь) а , жоьжахате церан х1усам (буьссийла) ю . Ткъа цара (шаьш дуьненчу юхабахкийтар , къинхетам , Дела) реза хилар дехахь (шайн бехказлонаш гучуйохуш) , уьш бац шайна реза хиллачарех
25.Оха т1ех1иттийра царна (шайт1анашха) накъостий , ткъа цара хаздира царна ша церан хьалхарниг (карар хьал) а , церан т1ехьарниг (д1адахнарг) а . Т1аккха царна т1ехь хьакъ хилир - царел хьалха жинех а , адамех а долчу къаьмнашна хилла – (1азапан) дош . Баккъалла а уьш , эшнарш хилира
26.Шаьш керстаналла динчара элира :»Аш ла ма дог1а х1окху къур'ане , аш (эрна) багаетта цуьнгахь , (т1аккха) шу тола мега «
27.Ткъа Оха , шаьш керстаналла динчаьрга 1овшуьйтур ма ду (цахеда) буьрса 1азап , Оха цаьрна бекхам бийр ма бу , ша цара деш хиллачу уггар вочуьнца (ирчачуьнца) .
28.Иза Аллах1ан мостаг1ийн бекхам бу – ц1е . Цаьрна цу чохь гуттарен х1усам ю , бекхамна - уьш Тхан аяташ духадетташ хиларна
29.Шаьш керстаналла динчара элира : » Х1ай тхан Дела ! Ахьа гайтахь тхуна шаьшшиммо тхо тилийна – жинех а , адамех а (волу и шиъ) , оха вуллур вара и шиъ тхайн когаш к1ела , хилийтархьама и шиъ лахарчарех
30.Баккъалла а шаьш » Тхан Дела Аллах1 ву » аьлла , цул т1аьхьа (цу т1ехь) нисбелларш , (уьш лечу ханна) царна т1е (къинхетаман) малийкаш дуьссу : » Шу ма кхера (шаьш т1ег1учух) , г1айг1ане ма хила (шаьш дитинчунна) , даккхийде (кхаъ бу шуна) ялсаманах , ша шуна (дуьненахь) ч1аг1о еш хилйолчу » (олуш)
31.Тхо шун гергарнаш (верасаш) ду дуьненан дахарехь а , эхартахь а . Шуна цу (ялсаманий) чохь - шун синош (дог1маш) шега са мел тосург ду , шуна цу чохь – ша аша мел доьхург ду
32.(хьешан) Кхачанна (ша болу) гечдечуьнгара , къинхетамечуьнгара
33.Мила ву тоьлуш (т1еххаза) дашца (аларехь , къамелехь) , ша Аллах1е кхайкханчул а , дика 1амал йинчул а , ша аьллачул а : » Баккъалла а со бусулбанех ву »
34.Цхьатерра (бекхамехь цхьабосса) дац (ца хуьлу) дика а , вон а , ахь духатоха (цуьнан вон , сонталла) ша – и тоьлуш долчуьнца (т1еххаза г1иллакхца), т1аккха ша хьуна а , шена а юккъехь мостаг1алла дерг хир ву , баккъалла а ша волуш санна (хьан) гергара (хьомсара) хьаша
35.И (хаз г1иллакх) ца ло шаьш (халонаш) лайначаьрна (сатоьхначарна , собаре хиллачаьрна) а бен , и ца ло доккха дакъа (ял , мела) долчунна а бен
36.Нагахь санна шайт1анера (вониг хаздар) вон ойла хьуна т1еяг1ахь , Аллах1аца ларвалар лах (деха) ахьа , баккъалла а Иза - хезарг , хуург ву
37.Цуьнан билгалонашха ду буьйса а , де а , малх а , бутт а . Аш сужуд ма де малхана а , баттана а , аш сужуд де Аллах1ана , Ша уьш кхоьллина волчу шу делахь Цунна лолла (1ибадат) деш
38.Ткъа цара (сужуд дан) куралла (дазалла) яхь , шаьш хьан Далла гергахь дерш (малийкаш) – цара теспахь до Цунна (ц1анво Иза) буьйсанна а , дийнахь а шайна ца к1ордош (г1елдалар , х1оттар доцуш)
39.Иштта Цуьнан билгалонашха ду баккъалла а хьуна латта декъа гар , ткъа Оха цунна т1е (дог1ан) хи доссийча , (ораматашца) меттахделира , (ораматашна) севсира иза . Баккъалла а Ша иза дендинарг , белларш денбийриг ма ву . Баккъалла а Иза массо а х1уманна т1ехь ницкъберг ма ву
40.Баккъалла а шаьш Тхан аяташ харцдийраш , Тхоьх (Тхан бекхамах) къайлабевр бац уьш . Ткъа ша жоьжахата кхуссург г1оли ву , я ша къемата дийнахь (1азапах) маьрша вог1ург ву ?! Шайна луъург де аш , баккъалла а Иза аш ша дийриг гуш ма ву
41.Баккъалла а шаьш керстаналла динарш хьахорца (къур'анца) , шайна иза деанчу хена (царна бекхам хир бу) . Баккъалла а иза сийлахь жайна ма ду
42.Цуьнга ца дог1у харцдерг , цуьнан хьалхахула а , цуьнан т1ехьахула а (цхьанне а аг1орхьара) . (иза) Кхетамечуьнгара , хастамечуьнгара доссор ду
43.Хьога алац (ца олу) , бакъ долуш ша хьоьл хьалха элчанашка аьлларг бен . Баккъалла а хьан Дела , гечдар долуш а , лазон 1азап долуш а ма ву.
44.Оха иза динехьара (1арбийн маттахь доцуш) кхечу маттара къур’ан , цара (1арбаш) эра ма дара : »Цуьнан аяташ (тхуна 1арбийн маттахь) билгалдинехьара» . Кхечу маттара (къур’ан) а , 1арбийн (элча) ай ? Ахьа ала : »Иза шаьш (Делах) тешначаьрна - нийсо а , дарба а ду . Ткъа шаьш цатешарш – церан лергашкахь (ч1ог1алла) къоралла ю (царна хазац иза) , иза царна т1ехь б1арзалла ю (цундела ца кхета уьш). Уьш (тера бу шаьш) кхойкху (чаьрга) генарчу меттера .
45.Бакъ долуш Оха деллера Мусана жайна , ткъа (нах) бекъабелира цуьнгахь . Хьан Делера (хьесап къемат дийне таттаран) дош хьалха ца даьллехьара (сецна дош дацахьара), царна юккъехь (Цо) кхел йина хир ма яра . Баккъалла а уьш (харцдийраш) , цуьнах билгалчу (тешамбойъучу) шеконехь ма бу .
46.Ша дика 1амал йинчо , шен дег1ана (йина). Ткъа ша вон динчо , цунна (шен дег1ана дина). Хьан Дела ма вац , (Шен) лешна зуламе .
47.Цуьнга дерзадо (къемат де х1оттар) са1атан 1илма (хаар). Стоьмаш шен баттарчашкара (кедалгашкара) ара а ца довлу , сте доьзалх а ца хуьлу , (я) цо бер а ца до Цуьнан 1илманца (хаарца) бен . Цо уьш кхойкхучу дийна : »Стенгахь бу (аша Суна бина) Сан декъашхой ?! » цара эра ду : »Оха д1ахаийтина Хьоьга , тхоьх (ва) ма вац (оцу т1ехь цхьа а) теш » .
48.(эхартахь) Царех къайладелира ша цара хьалха (дуьненахь) кхойкхуш (шена лолла деш) хилларг . Т1аккха тийшира уьш , шайн ца хиларх (1азапах) бовдийла
49.Адаманна к1орда дац (к1ад лац) дика дехар , ткъа шех вон хьакхаделча – догдиллина , саб1арзделла (дог ца дохуш) ду (иза)
50.Ткъа Оха шега Тхайгара къинхетам 1овшийтача , шех хьакхаделчу вонал (зенал) т1аьхьа , цо ала ма олу :»Х1ара суна (къахьегарна) ду . Со ца теша са1ат х1оттарх . Ткъа со (иза х1оьттина) сан Деле верзавахь , баккъалла а сан Цуна гергахь (ялсаманан) дика ма ду «
Оха д1ахоуьйтар (д1адовзуьйтур) ма ду шаьш керстаналла динчаьрна цара динарг , Оха царга 1овшуьйтур ма ду буьрсачу 1азапах .
51.Оха адаманна (массо а кепара) зовкх делча , (Оха кхойкхучух) д1а а доьрзу (иза) , (кураллийца жоп даларна) гена а долу . Ткъа шех вон хьакхаделча , (иза) шуьйра (деха , доккха) дехар (до1а) долуш ду .
52.Ахьа (х1ай Мухьаммад) ала:» Шуна гиний (дийцийша соьга х1ай адамаш) иза (аш харцдийриг) хилча Аллах1ан гергара , т1аккхха аша цуьнца керстаналла дича , мила ву т1ех тилла генарчу (к1орггерачу , бакъ долчух) эг1арехь волчул а ?! »
53.Оха гойтур ю цаьрна Тхайн билгалонаш анашкахь а , церан дог1машкахь а , цаьрна билгалдалийта баккъалла а иза (къуран) хьакъ хилар . Тоьар дац ткъа хьан Далла (цара Иза бакъ ван) , баккъалла а Иза массо а х1уманна т1ехь теш хилар ?!
54.Х1ей! Баккъалла а уьш , (г1овтта а бина) шайн Далла дуьхьалкхетарха (х1иттарха) шеконехь бу . Х1ей! Баккъалла а Иза , массо а х1уманна (хаарца , довзарца) гобина (голаьцна) ву .



42 - Сурат Ашшура (Кхеташо , дагадийлар)
(Маккахь доьссина ‚ 53 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болун къинхетаман Да волчу


1.Хьа , мийм
2.1айн , сийн , къаф (Аллах1 т1ех дика хууш ву х1окху элпашха Шена луург)
3.Иштта хьан а , шаьш хьоьл хьалха хилчеран а дагчу хьоьху сийлахьчу , кхетамечу Аллах1а
4.Цуьнан ду ша стигалшкахь а , лаьттахь (мел) дерг . Иза ву лекханиг , везаниг
5.Стигалш герга ю шаьш ят1а цаьрна т1ехула . Малийкаш теспахь до шайн Дела хасторца , цара гечдар доьху лаьттахь (мел) болчаьрна . Х1ей ! Баккъалла а Аллах1 , Иза гечдийриг , къинхетамениг ву
6.Шаьш Иза воцург верасаш (ц1уй) лецнарш , Аллах1 терго еш ву церан . Хьо ма вац цаьрна т1ехь векил
7.Иштта Оха хьан дагчу хьехна 1арбийн къуран , хьоьга кхерамтасийта яртийн нанна (Маккийна) а , цуна гонаха болчаьрна а , шегахь шеко йоцчу гуламан дийнах кхерамтасийта а . (цхьа) Тоба ялсаманахь , (важа) тоба жоьжахатахь (хир) ю
8.Аллах1ан лиънехь , Цо царех цхьа (дин) тоба йийра яра . Амма Цо Шен къинхетам чувалаво Шена луург . Ткъа зуламхой ,
церан вац (доладан) верас а , вац г1оьнча а
9.Я Иза воцург верас лаьцна цара ?! Ткъа Аллах1 , Иза ма ву верас , Иза ву белларш денбеш , Иза ву массо а х1уманна т1ехь ницкъберг
10.Шу шегахь декъаделла х1ума , цуьнан кхел Аллах1е ю . Иза , Аллах1 - сан Дела ву . Цун т1етевжина со . Цуьнга воьрзу со (массо а хьолехь)
11.(Иза) Стигалш а , латта а кхоллинарг (ву) . Цо шуна шух а кхоьллина теранаш (зударий) , хьайбанашха а (царех) теранаш . Цо дебош (кхуллуш) ду шу цу (кийр) чохь . Цуьнга тера х1умма а дац . Иза хезашверг , гушверг ву
12.Цуьнан ду стигалшин а , лаьттин а дог1анаш . (зуьйш) Шена луучунна рицкъана комаьршо а йо Цо , гат (духаоза) а до Цо (иза) . Баккъалла а Иза массо а х1ума хууш ву
13.Цо шуна т1едиллина (билгардарца гучудаьккхина) динах , Ша шеца Нухьан весет динарг а , Оха ша хьан дагчу хьехнарг (теснарг) а , Оха шеца Ибрах1имна а , Мусана а , 1ийсана а весет динарг а :"Аша д1ах1оттаде дин . Декъа ма ло шу цуьнгахь" . (Делаца) Декъашхойбечарна даздели (доккха хили) , ахьа шаьш шега (цхьаъваре) кхойкхург . Аллах1а хоржу (къаставо) цуна (динна) Шена лууш верг , Цо нис а во цуьнга ша т1евоьрзург
14.Уьш бекъа ма ца белир , шайга 1илма деанчул т1аьхьа бен , вовшашца (йолчу) хьог1ана . Хьан Делера сецна дош дацахьара ц1етоьхначу ханналца , цаьрна юккъехь кхел йина хир яра . Баккъалла а царел т1аьхьа жайна шайга делларш , билгалчу (тешамбойъучу) шеконехь ма бу
15.Цуьнга кхайкха ахьа , д1анисло хьо (цу т1ехь) хьайга омур ма дарра , хьо т1аьхьа ма х1отта церан лаамашна . Ахьа ала :" Со тешна Аллах1а жайнах доссийначух . Соьга омар дина шуна юккъехь нийсо ярца . Аллах1 тхан Дели а , шун Дели а ву . Тхуна тхан 1амалаш ю , шуна шун 1амалаш ю . Дов дац тхуна а , шуна а юккъехь . Аллах1а (къемата дийнахь) д1агулдийра ду вай . Цуьнга ду (вайн) дерзар"
16.Шаьш Аллах1ан (дин) хьокъехь (элчанца) къуьйсурш , Цуна (цхьаболчара) жоп делчул т1аьхьа , церан дов (хетарг) харц ду церан Далла гергахь . Царна т1ехь оьг1азалла а ю , буьрса 1азап а ду царна
17.Аллах1 ву , Ша бакъонца жайна а , (нийсонан) терза а доссийнарг . Хьуна сте хоуьйту , (къемата дийнан) хан герга хила ма тарло !
18.Иза (хан) сихйо шаьш цуьнах цатешачаьра (цабашарца) . Шаьш тешнарш , цунах кхоьруш бу . Царна хаа , баккъалла а иза (х1оттар) бакъ хилар . Х1ей ! Баккъалла а шаьш хенан хьокъехь (шек хиларна) къуьйсурш , генарчу тиларчохь ма бу
19.Аллах1 к1еда-мерза ву Шен лешца . Шена луучунна (эвсара) рицкъа ло Цо . Иза ву онданиг , нуцкъалниг
20.Ша эхарт д1адер (мела баккха) лууш хилларг (милла велахь) , Оха соввоккху иза шен д1адерехь (мелехь) . Ткъа ша дуьне д1адер лууш хилларг , Оха ло цуна цуьнах (дакъа) , амма дац цуна эхартахь (цхьа а) дакъа
21.Я декъахой бу церан , шаьш (шайгара) царна динах т1едиллина Аллах1а ша ца магийнарг ?! Къасторан (ханйиллина) дош ца сецнехь , (сихонца) кхел йийра ма яра царна юккъехь . Баккъалла а зуламхой , царна лазон 1азап ду
22.(къематдийнахь) Зуламхой го хьуна шаьш динчух (вонах) кхоьруш , иза (та1зар) царна т1едуссуш . Ткъа шаьш ийман а диллина , дика 1амалаш йинарш , ялсаманин бешахь (хир) бу . Царна шайн Далла гергахь , ша царна луург ду . Иза йоккха комаьршо ю
23.Иза ду , ша - шаьш ийман а диллина , дика 1амалаш йинчу Шен лешна - Аллах1а кхаъбоккхург . Ахьа ала :" Аса шоьга ехац цу(кхайкхам) т1ехь ял (мах) , гергарнаш (уллернаш) безар бен " . Ткъа ша дика дийриг , Оха иза соввоккху цуьнгахь диканца . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , баркалле верг ву
24.Я цара олу :"Цо (Мухьаммада) Аллах1ан т1ехь харцо кхоьллина" ?! Ткъа (иза бакъ хилла) Аллах1ан (хьо сацон) лиъча , хьан дагт1е мух1ар тухур ма дара Цо , харцдерг д1адойъур (д1адоккхур) ма дара Аллах1а , Шен дешнашца бакъдерг ч1аг1дийр ма дара Цо . Баккъалла а Иза кийранаш (дегнаш) чохьдерг хууш ву
25.Иза ву , Ша къобалдеш Шен лешкара тоба , вонашна къинт1ера волуш . хууш ша аша дийриг
26.Цо жоп а ло шаьш ийман а диллина дика 1амалаш йинчаьрна , сов а боху Цо уьш Шен комаьршонах . Ткъа керстанаш , царна буьрса 1азап ду
27.Аллах1а Шен (массо а) лешна рицкъан шорто йича , зуламе (1еса) хир ма бара уьш лаьттахь . Амма Цо доссадо (иза) Шена луучу барамехь . Баккъалла а Иза , Шен лешха дерг хууш , гуш ву
28.Иза ву , цара (дарах) догдиллинчул т1аьхьа Ша дог1а доуьйтург а , Шен къинхетам баржориг а . Иза ву 1уьналдийриг , хастамениг
29.Цуьнан билгалонашха ду стигалш а , латта а кхоллар , цаьршина чохь дийнатах Цо (мел) даржийнарг а . Иза уьш (г1овтторна) гулдаран т1ехь , Шена лиъча ницкх кхочуш ву
30.Шуна т1е беана бала , шун куьйгаш динчунна (дуьхьа) бу . (амма) Дукхах долчунна къинт1ераволу Иза .
31.Шу ма дац (Аллах1) г1орасиз вийрволуш лаьттахь , шун ма вац Аллах1 воцург 1уьналча а , г1оьнча а
32.Цуьнан билгалонашха ду - лаьмнаш санна (даккхийн) долу х1ордахула леларш
33.Шена лиъча мох лаг1бо Цо , т1аккха уьш лаьтта (дуьсу) х1иттана (севцина) цуьнан (х1ордан букъ) т1ехула . Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ю массо а (халонехь) собаречуна , (парг1атонехь) баркаллечуна
34.Я хихдог1уьйту Цо уьш (х1ордкеманаш) цара динчуна (дуьхьа) . (амма) Дукхах долчунна къинт1ераволу Иза
35.Шаьш Тхан билгалонашкахь къуьйсучаьрна хаийла - церан яц лочкъийла
36.Шуна (Дала) делла (массо а) х1ума - дуьненан дахаран зовкх ду . Ткъа ша Аллах1ан гергахь дерг тоьлуш (г1олий) а ду , дуьсуш а ду шаьш ийман а диллина шайн Далла т1етевжачаьрна а ,
37.Даккхийн къинойх а , бакъхьара доцучарех а шаьш генабовлучаьрна , ткъа шаьш (цхьанна) оьг1азбахча - шаьш гечдечаьрна а ,
38.Шайн Далла шаьш жопделлачаьрна а , ламаз х1оттийначаьрна а , шайн г1уллакх шайн юккъехь дагабовларца долчаьрна а , Оха шайна деллачух харжъечаьрна а
39.Шайна т1е зулам деъча , шаьш ч1иръоьцучаьрна а
40.Ткъа вон бекхам и санна вониг ду . Амма ша къинт1ераваьлла , масла1ат динарг - цуьнан ял Аллах1ана т1ехь ю . Баккъалла а Аллах1ан безац зуламхой
41.Ткъа ша д1адекхнарг (милла велахь) , шена зулам динчул т1аьхьа , уьш - царна т1е (кховда) некъ бац
42.Баккъалла а (та1заран) некъ , шаьш нахана зуламдечарна т1е а , бакъо а йоцуш лаьттахь т1ехбуьйлучарна т1е а бу . Уьш - царна лазон 1азап ду
43.Амма ша собаре а хилла , гечдинарг (милла велахь а) - баккъалла а иза хазчу г1иллакхашха ма ду
44.Ткъа Аллах1а ша тилориг (милла велахь а) , цуьнан вац цул т1аьхьа (цхьа а) доладийриг . Зуламхой го хьуна , шайна (къемата дийнан) 1азап гинчу хена шаьш олуш :"(дуьненчу) Юхадерза (цхьа а) некъ буй-те ?"
45.Хьуна гур бу уьш , цу (жоьжахатан) т1ех1иттош , сийсазлонна (шаьш) кхерабелла , къайлаха б1аьрг бетташ . Шаьш тешначара элира :"Баккъалла а зен хилларш , шаьш къемата дийнахь шайн дог1машна а , шайн доьзалшна а зен динарш бу" Х1ей ! Баккъалла а зуламхой , гуттар лаьттачу 1азапехь бу
46.Ца хилла церан г1одаккхархой (верасаш) , царна г1одеш , Аллах1 воцург . Ткъа Аллах1а ша тилориг (милла велахь а) , цуьнан бац (нисвала цхьа а) некъ .
47.Жоп ло шайн Далла , Аллах1а ша юхатухар доцу (къемата) де (шайна) т1едале хьалха . Оцу дийнахь шун яц лочкъийла . Шун дац т1ецаэцар
48.Уьш д1аберзахь , Оха хьо ваийтина ма вац царна т1ехь (церан 1амалаш) ларъярхо . Хьуна т1ехь ма дац , (дин) д1акхайкхор бен . Баккъалла а Оха адамега Тхайгарчу къинхетаман чамбаккхийтача , доккхадуьй иза цуьнах , ткъа шайна т1е вон деача , церан куьйгаш динчунна (бахьанна) , баккъалла а адам керста ду (карзахдолу)
49.Аллах1ан ду стигалшин а , лаьттин а паччахьалла . Шена лууш дерг кхуллу Цо . Шена луучунна стеш ло Цо , Шена луучунна боьршанаш ло Цо .
50.Я эбо Цо уьш боьршанаш а , стеш а (баларца) . Шена луург бер цахуьлуш во Цо . Баккъалла а Иза хуург , ницкъберг ву
51.Аллах1 шеца вистхила йиш яц адаман - дегхьехамца , я пардонан т1ехьара , я Ша элча ваийтарца бен , ша хьоьхуш Цуьнан (Аллах1ан) пурбанца Цуна луург . Баккъалла а Иза лекханиг , кхетамениг ву
52.Иштта Оха хьан дагчухьехна Тхайн омрунца къур'ан . Вацара хьо хууш жайна х1ун ду а , вацара ийман (х1ун ду) а . Амма Оха дина иза (къур'ан) нур , Оха шеца Тхайн луург Тхан лешха нисвеш . Баккъалла а ахьа нис ма во нийсачу новкъа
53.Аллах1ан новкъа , Ша - стигалшкахь а , лаьттахь а (мел) дерг - Шен долуш волу . Х1ей ! Аллах1е доьрзу белхаш



43 - Cурат Аззухруф (Дашон хаздерг)
(Маккахь доьссина ‚ 89 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу


1.Хьам , мийм (Аллах1 т1ех дика хууш ву х1окху элпашха лууш дерг)
2.Аса (Аллах1а) дуй буу билгалчу жайнаца
3.Баккъалла а Оха дира (доссийра) иза 1аьрбийн (маттахь) къуран , шу кхетийтархьама (цуьнан маь1анашха)
4.Баккъалла а иза (къуран) - Тхуна гергарчу нана жайнахь - даздинарг , кхетамениг ма ду
5.Оха дуьту ткъа шух хьахор (шу) д1атесна , шу хиларна (тиларехь) т1ехдаьлла къам ?!
6.Хийла пайхамар хьажийна Оха хьалхабаханчаьрна
7.Царна пайхамар ма ца ваг1ар , уьш цуьнах кхаьрдаш бен
Оха х1аллак бира царел а ницкъехь ч1ог1анаш . 8.Д1адахара хьалхабаханчеран масал
9.Ахьа цаьрга хаьттича :"Хьа кхоьллина стиглаш а , латта а ?" Цара (мук1арлонца) эра ма дара :" 10.Уьш кхоьллина нуьцкъалчо , хуучо"
Ша шуна латта дина волу ага (мотт) . Ша шуна цу т1ехь некъаш дина , шу нисдалийтархьама
11.Ша доссийна волу стиглара (дог1ан) хи (шуна оьшучу) барамехь . Т1аккха Оха денбира цуьнца белла мохк . Иштта (дендина) арадохур ду шу а (лахьтичуьра)
12.Ша кхоьллина волу и массо а шинакепарнаш . Цо дина шуна х1ордкеманах а , хьайбанашха а шу (шена) т1ехуург
13.Шу д1анисдалийта а цуьнан баккъаш т1е , т1аккха шоьга хьахадайта а Делан зовкх , шаьш цу т1ехь д1анисделча , шоьга алийта а :"Ц1ена ву , ша х1ара тхуна муьт1ахь динарг , тхо ма дацар цу т1ехь ницкъ кхочуш .
14.Баккъалла а тхо тхайн Деле доьрзур ма ду"
15.Цара (керстанаша) дира Цунна , Цуьнан лешха , дакъа (терниг). Баккъалла а (и олун) адам , билгала керста ма ду
16.Я (аша олу) Цо (Шена) битина Ша кхуллучух йо1арий , Ша шуна хаьржина (къастийна) к1ентарий ?!
17.Ткъа царех цхьанна кхаъ баьккхича ша Къинхетамечунна (зудберашца) масал далийначуьнца , д1ах1утту цуьнан юьхь 1аржлой , ша г1айг1ане (оьг1азе) волуш
18.Ша хаздолчуьнгахь кхиориг а , ша къовсамехь билгала воцург а ?!
19.Цара дира малийкаш , шаьш къинхетамечун леш долу , стеш . Уьш теш бара церан кхолларан ?! Церан тешалла д1аяздийр а ду , цаьрга (цунах) жоп а доьхур ма ду
20.Цара элира :"Къинхетамечунна лиънехь оха цаьрна лолла (1ибадат) дийра ма дацара . Церан ма дац цуьнах (дерг) хаар . Уьш ма бац , шаьш харцлуьйш бен"
21.Оха делла ткъа царна цул (къуранал) хьалха жайна , уьш шех (1амал ярца) тасабелла болун ?!
22.Бакъ долуш цара элира :"Баккъалла а тхуна карийра тхан дай (цхьана) дин (новкъа) т1ехь , баккъалла а тхо церан лараш т1ехь нийса д1аг1уш ма ду"
23.Иштта , Оха хьажийна ма вац хьоьл хьалха юьрта кхерамтасархо , цуьнан (юьртан) хьоладайша аьлла бен :"Баккъалла а тхуна карийна тхан дай (цхьана) дин т1ехь , баккъалла а тхо церан ларашна т1аьхьах1иттина ма ду"
24.Ахьа ала :"Аса шуна деанехь а , шуна шайн дай шена т1ехь карийначул а , т1ех нийсаниг ?!" Цара элира : "Баккъалла а тхо , шу шеца дахкийтиначух тешаш ма дац"
25.Оха ч1ир ийцира цаьргара . Хьо хьажал т1аккха , муха яра (элчанаш) харцбечеран чаккхе (т1аьхье)
26.(хьахаде) Ибрах1има элира шен дега а , шен къоме а :"Баккъалла а со ц1ена ву аша (шена) 1ибадат дечух .
27.Ша со кхоьллинарг воцучух .Ткъа баккъалла а Цо со (Шен дин т1е) нисвийр ву"
28.Цо дира и (шен алар) , (даиманна а) шен т1аьхьенехь дуьсу дош . Уьш юхаберзийтархьама
29.Бакъ долуш , Аса зовкх хьегийтина х1окхаьрга а , церан дайшка а царна бакъ дерг а , (иза) билгалден элча а валлалц
30.Ткъа шайга бакъдерг деача , цара элира :"Х1ара бозбуанчалла ду . Баккъалла а тхо цунах тешаш дац"
31.Цара элира :"Х1ара къуран доссийнехьара , х1окху шина юьртара , сийлахьчу стаган т1е"
32."Уьш бу ткъа хьан Делан къинхетам боькъурш ?" Оха декъна цаьрна юкъахь церан 1ар-дахаран рицкъа дуьненан дахарехь . Оха айъира (толийра) цхьаберш вукхаьрна (кхечаьрна) т1ехула даржашкахь , царех цхьаберш хьажийта вукхеран г1уллакхе . Хьан Делан къинхетам г1олий (тоьлуш) бу цара ша гулдечул а
33.Адамаш хирдацахьара (керста) цхьа тоба , Оха дийра дара , шаьш Къинхетамечуьнца керстаналла дечаьрна - церан ц1еношна , детица кхелина тхевнаш а , шайна т1ехула уьш хьалабовлу ламеш а
34.(Оха йийра яра) Церан ц1еношна (детица кхелина) не1арш а , шайна т1е уьш д1атевжа маьнгеш а ,
35.Дешица кхелина хаздерг а . И деригге а ма дац дуьненан дахаран зовкх бен . Эхарт , хьан Далла гергахь , кхоьручаьрна ду
36.Ткъа ша Къинхетамениг хьахаварха букътоьхнарг (милла велахь) , Оха шайт1а т1етосу (т1ех1оттадо) цунна . Иза цуьнан (ца хеда) накъост (хьаша) ду
37.Баккъалла а цара (шайт1анаша) уьш юхабетта (нийсачу) новкъах . (амма) Царна моьтту , баккъалла а шаьш нисбелларш бу
38.Ткъа ша Тхуна дуьхьал веача , цо элира (шайт1ане) :"Да вискх суна а хьуна а юккъехь малхбаленан а , малхбузенан а юкъан геналла еларкх . Ма вон накъост дукх (хьо суна) "
39.(цаьрга эра ду:) "Тахана шуна бан пайда ма бац , (дуьненахь) зулам дина долчу , баккъалла а шу 1азапехь декъашхой хиларо" .
40.Хьуна хазийталур ду къорачунна , я нислур ву хьуна б1аьрзениг а , ша билгалчу тиларехь хилларг а ?!
41.Нагахь санна Оха хьо д1акхалхавахь , баккъалла а Оха (хьоьл т1аьхьа) цаьргара ч1ир оьцур ма ю
42.Я Оха (хьан дахарехь) хьуна гайтахь , ша Оха цаьрна (1азапца) ч1аг1о йинарг , баккъалла а Тхо цаьрна т1ехь (и дала) ницкъ кхочуш ма ду
43.Хьо тасало ша хьоьга хьехначух (доссийначух) . Баккъалла а хьо нийсачу новкъа т1ехь ма ву
44.Баккъалла а иза (къуран) сийлалла ма ю , хьуна а , хьан къомана а . Шоьга (цунах) жоп доьхур ма ду
45.Ахьа хатта , шаьш Оха хьоьл хьалха Тхан элчанашха бахкийтинчаьрга . Бинай Оха Къинхетамениг воцург шайна лолла ден деланаш ?!
46.Бакъ долуш , Оха хьажийра Муса Тхайн билгалонашца Фир1авн а , цуьнан (тобан) го а болче . Цо элира :"Баккъалла а со 1аламийн Делан элча ву"
47.Ткъа иза шайна веача Тхан аяташца (билгалонашца) , уьш (кхаьрдаш) боьлура царех
48.Оха царна гойтуш ма яц цхьа а билгало , иза шел хьалхарчул йоккха йолш бен . Оха 1азапца лецира уьш , уьш юхабовлийта (шайн тиларх)
49.(т1аккха) Цара элира :"Х1ай бозбуанча ! Ахьа дехахь тхуна хьан Деле , хьуна гергахь Цо (бала д1аайарца) ч1аг1о йинарг . Баккъалла а тхо нислур ма ду"
50.Ткъа Оха царех 1азап д1аайъича , уьш ямарт хуьлу
51.Фир1авна (дозаллийца) кхайкхира шен къоме . Цо элира :"Дац ткъа сан Мисран олалла а , х1ара суна к1елхула лела татолаш а ?! Шуна ца го (ткъа сан сийлалла) ?!"
52.Бакъ долуш со тоьлуш ма ву х1окху сийсаз волчул а , кхето герга воцучул а
53.Цунна т1едоьхкинехьара дешица кхелина х1азарш . Я даьхкинехьара цуьнца маликаш юххедевла
54.Шен къам сонта (атта) хийтира цунна , муьт1ахь хилира уьш цунна . Баккъалла а уьш песакъ къам ду
55.Цара Тхо оьг1аздахийтинчу хена , ч1ир ийцира Оха цаьргара . Хин буха бахийтира Оха уьш беригге а
56.Оха бира уьш хьехам а , масал а т1аьхьабог1учаьрна
57.Маръяман к1ант масална валийча , хьан къам цунах (деларца) д1адоьрзу
58.Цара элира :"Тхан деланаш тоьлу , я иза (г1олий ву) ?!" Цара иза (масал) хьуна далийна ма дац къовсаманна (девнан дуьхьи) бен . Бакъ долуш уьш девне къам ма ду
59.Иза (1ийса) ма вац , Оха шена дика а дина , Оха шех Исраилан берашна масал а дина волу лай бен .
60.Тхайна лиъча Оха (лаьттахь) кхуллур ма дара шун метта малийкаш , шаьш бухадуьсуш (шу хуьйцуш)
61.Баккъалла а иза (къемата дийнан) хенан билгало ма ю . Шу шек ма довла цуьнах , Суна т1аьхьах1итта . Х1ара - нийса некъ бу (шуна)
62.Шу д1амахьовзадойла шайт1ано (бакъонах ! Баккъалла а иза шун билгала мостаг1 ду (шуна)
63.1ийса билгалонашца веанчу хена , цо элира :"Бакъ долуш со веана шуна кхетамца а , иштта шуна билгал дан а цхьадолу шун шегахь барт цахуьлург . Аллах1ах кхера , суна муьт1ахь хила
64.Баккъалла а Аллах1 , сан дели а , шун дели а ву . Аша лолла де Цунна . Х1ара нийса некъ бу (шуна)"
65.Тобанаш екъаелира шайна юккъехь . (ма) Бала букх шаьш зулам динчаьрна лазочу (къемата) дийнан 1азапах
66.Хене , иза шайна ц1аьххьана яре бен хьоьжий уьш , царна хаадалар (тидам бар) доцуш ?!
67.Доттаг1ий оцу (къемата) дийнахь вовшийн мостаг1ий (хир) бу , (Делах) кхоьрурш боцурш
68.(цаьрга Дала эра ду :) "Х1ай Сан лай ! Тахана кхерам бац шуна , г1айг1ане хир дац шу"
69.Шаьш Тхан аяташха тешна , бусулба хилларш
70."Ялсамани чуг1о шу а , шун зударий а шаьш даккхий деш"
71.Царна т1ехула хийзар бу дашон хедаршца а , кедашца а . Оцу чохь хир ду синош шега сатеснарг а , (шех) б1аьргаш бузург (1ебарг) а . Шу оцу чохь гуттар лаьттар ду
72.И ялсамани - шуна ша кхачийна ю , аша деш хилларг бахьанехь
73.Шуна оцу чохь (массо а кепара) шорта стом бу , цуьнах аша (безнарг) буур болуш
74.Баккъалла а къинош летораш , гуттара а жоьжахатан 1азапехь хир бу
75.Дайдира дац цаьрна иза , уьш оцу чохь саб1аьрздаьлла (дог диллина) хир бу
76.Оха зулам дина ма дац цаьрна , амма уьш бара шаьш зуламхой
77.Цара кхайкхира :"Х1ай (ха ден) малик ! Хьан Дала тхуна т1ехь (сиха) кхел йойла". Цо элира :"Баккъалла а шу (даиманна а) дуьсур ду (оцу чохь)"
78.Бакъ долуш Тхо даьхкира шуна бакъонца , делахь шух дукхах берш бакъо езаш бац
79.Я (мекарло ян) сацам (кеч) бина цара ?! Баккъалла а Тха а ду (дуьхьала) кечам беш
80.Я хета цаьрна , баккъалла а Тхо хезаш дац церан къайле а , церан къайлаха алар (къайлаза дерг) а ?! Бакъ ду (Тхуна хазар) , (иштта) Тхан геланчаш ду (иза) д1аяздеш цаьрна гергахь
81.Ахьа ала :" Къинхетамечун бер делахь , со хьалхара вукх (цунна) лолладечарех"
82.Ц1ена вукх стигалшин а , лаьттин а Дела - 1арша Дела , цара х1отточу вастах
83.Бита уьш шаьш (тиларчу) эгарехь (къийсамехь) а , шаьш (дуьненахь) ловзарехь а , т1ех1отталца цаьрна шайн (къемат) де , ша цаьрна ч1аг1о еш (хин) долу
84.Иза ву , Ша стиглахь Дела верг а , лаьттахь Дела верг а . Иза ву кхетамениг , хуург
85.Сийлахь хили Иза , стигалшин а , лаьттин а , цаьршинна юккъерчун а паччахьалла Шен дерг . Цуьнгахь ду (къемата дийнан) хенах хаар . Цуьнга шу доьрзор ду
86.Шаьш Иза воцуриг кхойкхучеран карахь (долахь) дац г1одаккхар (т1ех1оттар) , ша бакъонца тешалла динарг воцучуьн , уьш хууш бу
87.(Аса дуй ма буу) Ахьа цаьрга хаьттича , хьа кхоьллина уьш , цара (къера хилла) эра ма ду :"Аллах1а" . Ткъа муха д1аберзабо уьш ?!
88.Цо алар а :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а х1орш , тешаш къам дац"
89.(д1аверзе) Бита уьш . Ахьа ала цаьрга :"Машар (бу шуна) " . (т1аьхьа) Хуур ду цаьрна (бакъдерг)



44 - Cурат Аддухан (К1ур)
(Маккахь доьссина , 59 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетам Да волчу


1.Хьа , мийм (Аллах1 т1ех дики хуъуш ву цунах Шена луъург)
2.(массо х1ума) Билгалдинчу жайнаца (къур-анца) дуй буъу
3.Баккъалла а , Оха доссийна иза беркате (лайткъедар) буса . Баккъалла а , Тхо кхерамца (адаманна пайден а , зене а дерг) д1ахоуьйтуш дара
4.Цу (буьйсана) чохь (билгалбарца) къаста бо (шеран) массо а (хирболу) кхетаме (хуьйцур боцун) сацам(аш)
5.Тхуна гергара (билгалчу) сацамца . Баккъалла а , Тхо дара (адамашна геланчаш) хьажораш
6.Хьан Дела (адамашка болчу) къинхетамна . Баккъалла а , Иза (церан къамелаш) хезаш , (цара лэлориг) т1ех дика хуъуш ву
7.Стигалшин а , лаьттин а , цаьршина юкъахь (мел) долчун а Дела волу , (Цунах) шу тешаш хиллехь (элчанах теша)
8.(цхьа а) Дела вац Иза бен , ден веш (кхуллуш) а , кхалхош а (волу) , шун Дела ву (Иза) , хьалха д1абаханчу шун дай Дела ву
9.Бакъ долуш , уьш (г1овториг хиларха) шэконехь (хьоьх кхардарца) ловзуш (1аьш) бу
10.Ахьа (собарца) ларде (х1ай Мухьаммад) , стигал билгалчу к1уранца йог1ур йолун (хала) де
11.Ша (массо) адамаш хьулдеш , (царга эра ду :) "х1ара (к1ур) лазош 1азап ду"
12.(цара эра ду :) "Х1ай тхан Дели тхоьх 1азап д1аайбахь , баккъалла а , тхо (х1инца) ийманехь (хир) ма ду ! "
13.Мичара хир бу царна хьехам (х1ун пайда бу цуьнах , 1азап т1ех1оьттина даьлчи) , бакъ долуш царна (бакъ дерг) билгала (деш) элча ма веана
14.Цул т1аьхьа цунах (элчанах) букъ туьйхира цара , цара элира : "шена (адамаш) хьехна , (я) жинашца тайна (сонта стаг) ву (Мухьаммад)
15.Баккъалла а , Оха жимма 1азап д1аайбичи , баккъалла а , шу юхудоьрзу (шайн керсталле)
16.(ахьа хьахаде) Тхаьш доккха та1зар дечу дийнахь , баккъалла а , Оха (цаьргар) ч1ир оьцур ю
17.Бакъ долуш , Оха зийна царал хьалха Фир1авн (а , цуьни) къам (а) , (Далла гергахь) лераме элча (Муса-пайхамар) веара царна
18.(цо царга элира :) "Схьахеца соьца Аллах1ан леш , баккъалла а со , шуна тешаме элча ву " ,
19."Аллах1ана куралла ма йе , баккъалла а со шуна веана билгалчу (т1етовжа йиш йолу) бухца" ,
20."Баккъалла а со 1алашло сайн Делаци а , шун Делаци а аш тулгаш тохарха "
21."Шаьш соьх ца тешахь , со (новкъарло ца еш) маьрша вита"
22.(ткъа уьш бакъоне ца бирзичи) Шен Деле кхайкхира цо , баккъалла а х1ара зуламе къам ду (аьлла)
23.(Дала жоп луш элира:) " Хьо ара вала (д1аг1о) сан (бусалба) лешца буса (са тасале) , баккъалла а (уьш) шуна т1аьхьа бевр бу
24.(хьо х1ордах чекх ваьлчи) Х1орд ша ма барра (тийна , биэкъа белла) 1ад бита , баккъалла а уьш (Фир1авн а , цуьни къам а) , хин буха г1ур болун б1ахой бу
25.Мел дукха бошмаш а , шовданан татолаш а ,
26.Ялташ а , лераме даржаш а ,
27.Шаьш шегахь зовкх хьоьгуш хилла (дахаран) ни1маташ а буха дитина цара
28.Иштта , Оха и (бахамаш) кхачийра (царал т1аьхьа) кхиэчу къаьмнашна
29.Царна т1аьхьа (хала хетна) ца йилхира стигал а , латта а , (тоба дан) т1аьхьа ца теттира уьш
30.Бакъ долуш , Оха хьалха бехира Исраилан бераш (т1аьхье) сийсазчу 1азапах ,
31.Фир1авнах , баккъалла а , т1ехбевллачарах лакхаваьлларг вара иза
32.Бакъ долуш Оха хаьржира (Исраил бераш) уьш (Тхайна) хаъарца (уьш хьакъ хилар цу т1аьхь оцу заманан) халкъашха
33.Оха елла царна , шегахь билгала зер долун билгалонаш
34.Баккъалла а , х1окхара (керстано) олу :
35."И (далар) ма дац , тхан хьалхара далар бен , тхо ма дац (цул т1аьхьа) г1иттор долш " ,
36."Аша схьабалабе тхан дай (ден бай) , шаьш бакъ лиэхь (тхо ден дийра хиларехь)"
37.Уьш тоьлу , я Тубба1 къам а , шаьш царал хьалха хилларш а (тоьлу) , Оха х1аллак бина уьш , баккъалла а уьш зулам-дай бара
38.Оха кхоьллина ма яц стигалш а , латта а , цаьршина юкъахь (мел) дерг а ловзуш (бегашена)
39.Оха и шиъ (цаьршина юкъахь дерг) кхоьллина ма дац бакъонца бен , делахь а царах (керстанах) дукхах болчарна ца хаъа (иза)
40.Баккъалла а , (бакъо , харцо) къасторан (къемат) де , церан (гулбаран) тоьхна хан ю , массеран а
41.Оцу дийнахь лайно юхатухур дац (шен гергарчу) лайха (1азапах) х1умма а , царна (вовшах) г1о хир дац ,
42.Аллах1а къинхетам бинарш боцурш , баккъалла а Иза (ч1ир эцарехь) ницкъ берг , (бусалбашна) шорта къинхетам берг ву
43.Баккъалла а , (жоьжахатан) уггар къаьхьа (чам болун) дитт ,
44.Къа (дукха) дечун даъар ду
45.1аьржачу даьттан (баьржина) бух санна (я лалийна ез санна) , ша геш чохь(кийрахь) кхоьхкуш
46.Довхачу хин кхехкарха терра
47.(Дала эра ду 1азап луч малийкашка:) "Схьалаца иза (коча т1ийра) , д1атакхаве иза жоьжахатан юккъе " ,
48."Т1аккха , дотта цуьни коьрта т1е кхоьхкучу хин 1азап" ,
49.(аша ала цуьнга бехк баккхарца :) "1овша (х1инца хало) , баккъалла а хьо (ма вар , хьо) везаниг , лерамениг ву (моьттуш)
50.Баккъалла а х1ара , шу шегахь шек хилларг ду
51.Баккъалла а (дуьнехаь Делах) кхийринарш , (эхартахь) тешамечу меттигехь (ялсаманахь) хир бу
52.(ялсамани) Бошмашкахь а , шовданашкахь а
53.Шаьш духуш дезачу (дуткъа) дарех а , лепачу (стомма) дарех а (духарш) , (маьнгеш т1ехь) вовшийн дуьхь-духьал бирзина (хевшина)
54.Иштта , Оха мах бийр бу церан (баккхий) хаза б1аьргаш (к1айн дог1маш) долчу (тайна) мехкаршца
55.Цу чохь цара боьхур бу массо кепара стом , (зе хиларх) тешаме болуш
56.Валар 1овшур дац цара цу чохь , (дуьненчура) хьалхара валар бен , жоьжахатан 1азапах хьалха бехира Цо уьш
57.Хьан Делера комаьршонна . Иза (вай хьахийнарг) бу (доза доцуш) боккха толам (кхиам)
58.Баккъалла а , Оха и (къур-ан , кхета) атта дина хьан (къоман) маттаца (доссийна) , уьш кхета герга хилийта
59.Терго йе ахьа (уьш х1аллак хиларан) , баккъалла а уьш бу , (хьо х1аллак хиларан) терго еш .




Сурат Алжасийа (Горадахнарг)
(Маккахь доьссина ‚ 37 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу

1.Хьа , мийм (Аллах1 т1ех дика хууш ву х1окху элпашха Шена луург)
2.Жайна доссор Аллах1ера ду , сийлахь , кхетаме волчу
3.Баккъалла а стигалшкахь а , лаьттахь а билгалонаш ю муъманахана
4.Шу кхолларехь а , Ша даржочу (кхидолчу) дийнаташкахь а (Аллах1ан) билгалонаш ю (баккъалла а) тешачу нахана
5.Буьйса а , де а хийцадаларехь а , ша Аллах1а стиглара доссийначу дог1анехь а Цо шеца латта дендина долу иза деллачул т1аьхьа , мехаш д1асхьахьекхарехь а билгалонаш ю хьекъалечу нахана
6.Уьш Аллах1ан билгалонаш ю , Оха шаьш бакъонца хьуна юьйцуш йолу . Ткъа муьлхачу къамелах теша уьш Аллах1ал а Цуьнан билголанал а т1аьхьа ?!
7.Х1аллак хилар дукх массо а т1ех харцлуьйчунна , къа дукх латочунна
8.Аллах1ан аяташ хеза цунна шена доьшуш , цул т1аьхьа ч1аг1ло иза куралла яй , шена уьш ца хезча санна . Кхаъ баккха ахьа цунна лазочу 1азапца
9.Шена тхан аяташха х1ума девзича кхаьрдаш т1елоцу цо уьш .Уьш - царна сийсазбен 1азап ду
10.Жоьжахате ю цаьрна хьалха (кечйина) . Цара гулдинчо хьалха бохур бац уьш х1уманха , Аллах1 витина цара шайха г1оьнчаш бина лецначара (ц1уйш) а к1елхьара бохур бац . Царна доккха 1азап ду
11.Х1ара (къуран) нийса некъ бу . Шаьш керстаналла динарш шайн Делан аяташца , царна ч1ог1ачух лазон 1азап ду
12.Аллах1 ву , Ша шуна х1орд муьт1ахь бинарг , Шен омрунца (пурбанца) х1орд-кема цу т1ехула лелийта а , шоьга Цуьнан комаьршо лехийта а , шу герга хилийта хастам барна
13.Цо шуна муьт1ахь дина стигалшкахь а , лаьттахь а мел дерг - деригге а Шегара . Баккъалла а
оцуьнгахь билгалонаш ю шаьш ойлаечу нахана
14.Ахьа ала шаьш тешначаьрга , цара гечдойла (уьш къинт1ера бовлийла) шаьш Алах1ан деношха (та1заршха) цакхоьручаьрна (чотцаечаьрна) , Ша бекхам бархьама (керста) нахана цара деш хилчунна
15.Ша дика динчо , шен дег1ана дина (иза) . Ткъа во динчо , шен дег1ана дина (иза) . Цул т1аьхьа (делчи) шайн Деле дерзор ду шу
16.Бакъ долуш , Оха делира Исраилан берашна жайна а , кхетам а , пайхамаралла а . Иштта Оха цаьрна делира (хьанала) зовкхаш а . Оха базбира (къастийра) уьш (кхидолчу) адамашна т1ехь
17.Оха елира цаьрна (шайн динан) белха билгалонаш . Ткъа уьш (динан хьокъехь) бекъа ма ца белира шайна 1илма (билгало) деанчул т1аьхьа бен , шайна юккъехь хьаг1-гамо лаьцна . Баккъалла а хьан Дала кхел йийра ю цаьрна юккъехь къемата дийнахь , уьш бекъабелла хилчун т1ехь
18.Цул т1ахьа Оха хьо (Мухьаммад) вира (динан) белха новкъа т1ехь . Цунна т1аьхьах1отта (ваза) хьо , Хьо ма х1отта шайна ца хуучеран лаамашна т1аьхьа
19.Баккъалла а цара Аллах1ера хьан хьалха даккха х1умма а дац . Баккъалла а зуламхой , царех цхьаберш вукхеран доладархой (г1оьнчаш) бу хьуна . Аллах кхоьручеран доладархо (1уналча) ву
20.Х1ара (къуран) - адамашна билгалонаш ю , нийса некъ а , къинхетам а бу (баккъалла а) тешачу нахана
21.Шаьш вонаш динчаьрна моьттира ткъа , Оха шаьш бийра бу (эхартахь) шаьш тешнарш , дика 1амалаш йинарш санна (йолехь) , шайн дахар а , шайн далар а цхьатерра хир ду ?! Ма вон хиликх цара ен кхел
22.Аллах1а коьллина стигалш а , латта а нийсонна (бакъонна) а , х1ора сина ша динчуьнца бекхам хилийта а . (оцу бекхамехь)Царна зулам (харцо) дийр дац
23.Хьуна ца гина ткъа (адамех) ша шен (дег1ан) лаам - шен дела вина лаьцнарг ?! Аллах1а тилийна иза хаар т1ехь . Цо мух1ар тоьхна цуьнан хазар (лерга) т1е а , цуьнан даг т1е а . Цо дина цуьнан гар т1ехь (б1аьргаш дуьхьал) пардо . Ткъа хьа нисвийра ву иза (бакъонан т1ехь) Аллах1а тилийначул т1аьхьа ?! Шу кхета дагахь дац ткъа ?!
24.Цара элира : "Иза (кхи дахар) ма дац тхан дуьненан дахар бен , тхо леш , тхо дуьненчу довлуш . Тхо х1аллак ца до замано бен". Цаьргахь ма дац цуьнах дерг хаар . Уьш ма бац шаьш моьттуш бен
25.Ткъа царна дешча Тхан аяташ - шаьш билгал долу - Церан (дуьхьал балон) бух ма бацара цара алар бен :"(ден бина) Г1овтабе тхан дай , шу бакълуьйш делахь"
26.Ахьа ала (цаьрга) :" Аллах1а кхуллу шу , т1акхха д1акхалхадо Цо шу , цул т1аьхьа Цо гулдо шу къемата дийнахь , шегахь шеко йоцучу , амма дукхах долу адамаш хууш дац
27.Аллах1ан стигалшин а , лаьттин а паччахьалла ду (къематан) Са1ат д1ах1уттучу дийнахь , оцу дийнахь эшамехь хир бу харцлуьйраш
28.Хьуна гур ду массо а уммат горадахна . Массо а уммат кхойкхур ду шен (1амалин) тептаре . (цаьрга эра ду:) "Тахана шуна бекхам хир бу - ша аша деш хилларг"
29."Х1ара Тхан тептар ду , ша (теш х1оттарца) дистхуьлуш шуна дуьхьал бакъонца . Баккъалла а Тхо дара д1аяздойтуш ша аша деш хилларг"
30.Амма шаьш тешна , дика 1амалаш йинарш - уьш бо...тур бу церан Дала Шен къинхетаме (ялсамане) . Иза бу , ша билггала болу толам .
31.Амма шаьш керстаналла динарш .(цаьрга Дала эра ду:) "Дацар Сан (къуранан) аяташ шуна доьшуш , ткъа аша (т1аьхьадазарна) куралла а йина , шу хилиркха къинош ден къам ?!"
32.Аьлчи (шуьга) :"Баккъалла а Аллах1ан ч1аг1о бакъ ю , (къемат дийнан) са1ат - шеко яц цуьнгахь" . Аша элира :"Тхуна довзац (хаац) - са1ат - х1ун ду . Тхуна хетац и (са1ат т1ех1оттар) моттар бен . Тхо ма дац (цуьнах) догтешнарш"
33.Гучудевлира цаьрна шаьш динчуьнна вонаш , го биллира цаьрна шех уьш кхаьрдаш хилчо
34.Элира (цаьрга) :"Тахана Оха шу диц дийра ду , аша диц ма дарра х1окху дийнан шаьш дуьхьалкхетар . Шун доьрзийла (жоьжахатан) ц1е ю . Шун ма бац (орцах бовла) г1оьнчанаш"
35.Иза (1азап) шуна ду , баккъалла а аша Аллах1ан аяташ кхаьрдаш (цадешаш) т1елацарна . Дуьненан дахаро 1ехийра шу . Тахана уьш арабохур бац цу (жоьжахат) чуьра . Уьш ма бац шайга дохко бовлар доьхур долуш
36.Аллах1ан бу хастам , стигалшин Дели а , лаьттин Дели а , (массо а) кхолламашин Дели а волчу
37.Цунна ду сийлахь олалла стигалшкахь а , лаьттахь а . Иза нуьцкъалниг , кхетамениг ву .



46 - Сурат Алъахькъаф (Г1амаран баьрзийн боьраш)
( Маккахь доьссина , 35 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу


1.Хьа , мийм (Аллах1 т1ех дика хууш ву х1окху элпашха луург)
2.(х1ара) Жайна доссор Аллах1ера ду , сийлахь , кхетаме волчу
3.Оха кхоьллина ма дац стигалш а , латта а , цаьршинна юккъехь мел дерг а баккъалла а (бегашна доцуш) , хан йиллина а бен . Шаьш керстаналла динарш шайна кхерамтесначух д1абирзина бу
4.Ахьа ала :"Шуна гиний ша аша кхойкхург Аллах1 витина ?! Аша гайтийша суна ша цара кхоьллинарг лаьттах . Я церан дакъа ду стигалшкахь . Аша дайша суна х1окхул хьалхара (доссийна) жайна , я 1илман бух (лар) нагахь санна шу бакълуьйш делахь"
5.Мила ву т1ех тилла , ша кхойкхучул а Аллах1 витина шена жоп лур доцучуьнга (ц1уйшка) къемат денналц . Уьш (ц1уй) церан кхайкхамна чидам боцуш ю
6.Адамаш гулдичи (къемата дийнахь) , уьш (ц1уй) хилира церан (шайха Делаца декъашхой бинчеран) мостаг1ий . Уьш хилира церан лолла духадетташ
7.Ткъа шайна дешча тхан билгала (къуранан) аяташ , шаьш керстаналла динчара олу бакъонна (къуранна) , шайна иза еанчу хена :"Х1ара билгала бозбуанчалла ду"
8.Я цара олу :"Цо (шегара) кхоьллина (харцо ю) иза (къуран) " . Ахьа ала :"Аса (сайгара) кхоьллича иза (харцо) , шу керахь ма дац Аллах1ера (Цо суна та1зар дича) суна (г1о) дан х1умма а . Иза т1ех дика хууш ву аша цуьнан (къуранан) хьокъехь дуьйцург . Иза тоьур ву суна а шуна а юккъехь теш . Иза гечдийриг , къинхетамениг ву"
9.Ахьа ала :" Со вацара элчанашха хьалхара (соьл хьалха баьхкина) . Суна хаац сайха х1ундийр ду я шух а . Со т1аьхьавозуш вац сайна (Дала) ша хьоьхучунна бен . Со ма вац билгала кхерамтосург бен"
10.Ахьа ала :"Шуна (Аллах1а) х1ун (дийр ду аьлла) хета , нагахь санна и (къуран баккъалла а) Аллах1ана гергар хилчи , ткъа аша цуьнца керстаналла дича , (иза бакъ хиларца) тоьшалла а дича Исраилан берашха (волчу) тешо и санна долчун т1ехь , ша (цуьнах) тешна , аша куралла йича ?!" Баккъалла а Аллах1а нисдац зуламе къам (нах)
11.Шаьш керстаналла динчара элира шаьш (Делах) тешначарга :"Иза (къуран) дика (бакъ) хиллехь , уьш тхоьл хьалха бевра ма бацар иза т1елацарехь . Ткъа шаьш цуьнца нисцабелчи , цара эра ду :" Х1ара (къуран) шира пуьташ (аьшпаш) бу "
12.Цул (къуранал) хьалха Муса (товрат) жайна ду (доссийна) т1аьхьаваза , къинхетамна . Х1ара (къуран иза) бакъдеш (деана) жайна ду 1аьрбин маттахь , шаьш зуламдинчаьрна ша кхерамтаса а , дикдечаьрна кхаъ хилла а (деана)
13.Баккъалла а шаьш :"Тхан дела Аллахь ву" аьлла , цул т1аьхьа шаьш (ийман т1ехь) нисбелларш , (т1едог1учух) царна кхерам а хир бац , (д1адаханчух) уьш г1айг1ане а хир бац .
14.Уьш ялсаманин дай бу , шаьш цу чохь гуттар 1ийр болуш , шаьш деш хилчунна бекхамна
15.Оха весет дина адаманна шен деца-ненаца дика хиларца . Цуьнан нанас кийрахь лелийна иза хала , ван а вина цо иза хала . Иза кийрахь лелор а , цуьнан векхчура д1ахадар а ткъеитт бутт бу . Ткъа ша шен ч1аг1алле кхаьччи - шовзткъа шере ваьлчи , цо олу :"Х1ай сан Дела ! Ахьа сан дагчу тасахь , ша Ахьа суна а , сан дена-нанна а деллачу зовкхан ас хастам бар а , Хьо шена реза хир волун дика ас дар а . Ахьа (ийманца) тоехьа суна сан т1аьхье , баккъалла а со (тобадарца) Хьоьга вирзинакх , баккъалла а со бусулбанахех вукх
16.Уьш , шаьш Оха цара динчух диканиг (тоьлларг) къобалдийраш а , Оха шайн вонашна гечдийраш а , ялсаманин дайшца хир бу . Бакъонан ч1аг1о ю иза , ша царна (Дала) еш хилйолу
17.Ша аьлларг шен дега-нене :"Оффай шу шинна . Суна ч1аг1о йо аша шимма со (кашчуьра) г1атторца , бакъ долуш (дукха) умматаш (адамаш) д1атилла (делла) соьл хьалха (г1аттийна вац цхьа а) ?!" . Цаьршимма (иза нисвар т1ехь) орцу доьху Аллах1е . (цара шайн к1енте олу :) "Хьо дакъазмаваларг ! Иймане волахь , баккъалла а Аллах1ан ч1аг1о бакъ ма ю" . Т1аккха цо олу :"Х1ара (къамел) ма дац , хьалхабаханчеран (бух боцу) туьйранаш (аьшпаш) бен"
18.Уьш шаьш шайна т1ехь 1азап хьакъ хилларш бу , царел (шайла) хьалха д1атиллачу умматашца цхьаьна , жинех а , адамех а . Баккъалла а уьш бара эшнарш (зе хилларш)
19.Х1оранна а даржаш ду шаьш диначух (кечдина) . Аллах1а царна кхоччуш хьакъ д1адалархьама церан 1амалшна , царна зулам ца деш .
20.Шаьш керстаналла динарш жоьжахатан ц1ер т1е х1итточу дийнахь . (цаьрга эра ду :) "Аша д1атилий шайн диканаш шайн дуьненан дахарехь , зовкх хьийги аша царех , ткъа тахана шуна буьрсачу 1азапан бекхам хир бу , шу хиларна дуьненахь цхьа бакъо йоцуш шаьш куралла еш а , иштта шу песакъ (1еса) хиларна а
21.Ахьа хьахаве (дагаваийта хьайна) 1адашан ваша (Х1уд) , шен къомана кхерамтесира цо г1амаран баьрзашан боьрахь - бакъ долуш баьхкинера геланчаш цул хьалха а , цул т1аьхьа а (шайн къаьмнашка) - "Аша лолла ма де Аллах1ан бен , баккъала а со кхоьру шуна т1ехь доккхачу (къемата) дийнан 1азап хиларха"
22.Цара элира :"Хьо тхуна веана ткъа , тхо тхайн делашха духатохархьама (д1адерзорхьама) ? Хьо вола (делахь) айхьа тхуна ч1аг1о ечуьнца , хьо велахь бакълуьйчарех !"
23.Цо элира :"Баккъалла а (1азап т1едаран хан) хаар Аллах1ан гергахь ду . Аса шуна д1акхачадо со шеца (шоьга д1аала) ваийтинарг . Амма суна шу го кхетардоцуш (чидам боцу) къам"
24.Шайна иза (марха) гинчу хена , гучуяьлла шайн боьрашна т1ейог1уш , (кхаъ хилла) цара элира :"Х1ара вайна дог1у дохьун кхолар юкх" . (Х1уда элира цаьрга) Х1ан - х1а . Бакъ долуш , аша шеца сихойинарг ду иза - (ч1ог1а) мох бу иза шегахь лазош 1азап долун"
25.Ша х1аллак еш массо а х1ума шен Делан лаамца (пурбанца) . Уьш (х1аллак хилла) д1ах1иттира , гуш йоцуш церан х1усамаш бен . Иштта бекхам бо Оха къиношдечаьрна
26.Оха ч1аг1бинера уьш , шу ца ч1аг1динчу кепара . Оха деллера цаьрна (хазарна) лергаш а , (гарна) б1аьргаш а , (ойла ян) дегнаш а . Амма царна х1уманна пайда ца бира церан хазаро а , гаро а , дегнаш а . Уьш бара юхаетташ Аллах1ан билгалонаш . Царна т1едоьссира уьш шех кхаьрдаш хилларг (1азап)
27.Бакъ долуш Оха х1аллак йина шуна гонахьара ярташ . Оха (царна) юх-юха билгалонаш яхкийтира уьш (керстаналлех) юхабовлийтархьама
28.Х1унда ца дина царна г1о , шаьш цара Аллах1ана гергабаха лецначу деланаша ?! Бакъ долуш (царна уггар оьшучу хена) уьш къайлабевлира царех . Иза (деланаш) церан пуьташ бу , цара шайгара кхуллуш хилларг ду
29.(ахьа хьахаде) Оха хьажийра хьуна т1е жиний тоба , цаьрга ладог1ийта къуране , ткъа шаьш цунна т1екхаьччи цара (вовшашка) элира :"Ладог1а !" . Ткъа и (къуран) дешна даьлча , (шаьш цуьнах тешна) шайн къоме дирзира уьш (царна) кхерамтосуш
30.Цара (жинаш) элира :"Х1ай тхан къам ! Баккъалла а тхуна хезна жайна , Мусал т1аьхьа доссийна , (ша) бакъдеш шел хьалхадаьхкинарш , ша нисвеш (динан) бакъонан т1е а , нийсачу новкъан т1е а"
31."Х1ай тхан къам ! Аша жоп лоша Аллах1е кхойкхучунна , Цунах тешийша , т1аккха Цо шуна гечдийра ма ду шун къинош , Цо шу к1елхьара дохур ма ду лазочу 1азапах
32.Ткъа ша жоп ца делларг Аллах1е кхойкхучунна , Иза вац (Аллах1) г1орасиз вийра волуш лаьттахь (къайла ваьлла) . Цуьнан бац Иза (Аллах1) воцуриг (1азап духатоха) г1оьнчаш . Уьш (ца тешнарш) билгалчу тиларехь бу
33.Царна ца хиъна , баккъалла а Аллах1 - Ша кхоьллина волу стигалш а , латта а , Ша к1адвалар доцуш уьш кхолларехь - ницкъ кхочуш вуй белларш Ша ден бар т1ехь ?! Бакъ долуш , баккъалла а Иза массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш ма ву .
34.Шаьш керстаналла динарш жоьжахатан ц1ер т1е х1итточу дийнахь . (цаьрга эра ду :) "Дац ткъа х1ара (1азап) бакъ ?" . Цара эра ду :"Бакъ ду , тхайн Делаца дуй буу оха" . (т1аккха) Цо эра ду :"Аша 1овша 1азап шаьш керстаналла деш хиларна"
35.Собаре хила хьо (хьайн халкъа новкъахьовзамна) , элчанашха доьналлин дай собаре ма хиллара , сих а ма ло хьо царна (1азап дехарехь) . Баккъалла а шаьш болуш санна - шайна ч1аг1о йийриг шайна гучу дийнахь - шаьш (дуьненахь) 1ийна боцуш , дийнах цхьа са1ат (хан) зама бен . (х1ара къуран) Кхайкхам бу (Делера) . Х1аллак бой ткъа (Дала) песакънах бен ?!



47 - Сурат Мухьаммад
(Мадийнатахь доьссина , 38 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу


1.Шаьш /Делах/ цатешна , Аллах1ан новкъах кхи берш буха тоьхнарш , тиларехь (ял йоцуш эрна) йина церан (дика) 1амалаш (уьш цатешар бахьанна)
2.Ткъа шаьш /Делах/ тешна (кийрарчу дегнашца) , (Аллах1ан шарий1ат т1е товжарца) дика 1амалаш йина , Мухьаммадна т1е доссийначух тешнарш - церан Делера ша хьакъ долу - шайн вонашха /Дала/ ц1анбина уьш (г1азот дарца) , церан болх (хьал) то бина
3.Иза (1амалаш тиларехь яр , вонашха ц1анбар) , баккъалла а шаьш /Делах/ цатешнарш (шайт1ан) харцонна т1аьхьа х1иттар бахьанна а , (иштта) баккъалла а шаьш /Делах/ тешнарш (къуръанан) бакъонна т1аьхьа х1иттар бахьанна а ду , иштта (оцу кепара билгал дарха терра) Аллах1а (билгалдарца) даладо адамашна церан (1амалашка хьаьжжина берзаран) куцош (хьелаш)
4.Шу (т1ам т1ехь) дуьхьала кхетча шаьш /Делах/ цатешначарна , вортанашчу х1ума тоха царна (байъа уьш) , ткъа аша уьш алсама байъича , (бисанарш йийсарбарца) г1оьмаш тоха аша (царна) , (цул т1аьхьа шоьгахь харжам бу) я шайгара диканца (шаьш лецнарш) маьхза (х1ума доцуш) д1ахеца , я (дуьхьал) маха эца , т1амо шен г1ирс (мохь) охьабиллалц (т1емаш кхача баллалц) . Х1ара , Аллах1ана лиъча цаьргара (керстанера) ч1ир оьцур яра , делахь (амма Аллах1а г1азот т1едиллина) шух (бусулбанех) цхьаберш кхиболчарца (керстачарца) зерхьама . Аллах1ан новкъахь шаьш кхелхинарш , церан 1амалаш яйъане а йойъура яц (Цо) зе (эрна , амма бакъ долуш диэбор ю)
5.Цо уьш нисбийр бу (дуьненахь , эхартахь шайна пайден долчунна т1е) , церан болх (хьал) тобийр бу (цу чохь)
6.Ялсамани чубохуьйтур бу (Цо) уьш (Ша) царна йовзийтина (билгалйина) йолу
7.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Аша Аллах1 (Цуьнан дин , элча) толавахь , Цо шу толор ду (шун мостаг1на т1ехь) , шун когаш ч1аг1бийр бу (т1аман майданахь шу ч1аг1дийр ду)
8.Шаьш /Делах/ цатешнарш , (Цуьнгара) х1аллак хилар ду царна , тиларехь (ял йоцуш эрна) йина (яйна) церан (дика) 1амалаш (цатешар бахьанна)
9.Иза (х1аллак хилар , тилор) Аллах1а доссийнарг царна цадезар бахьанна ду , т1аккха (Цо) церан 1амалаш зе яйъина
10.Уьш (Делаца накъост винарш) ца лелла лаьттахула (дуьненахь та1зарш дина меттигашкахула) , шаьш (дегнашца) хьовса (шайна га , гича ойла ян) шайла хьалха хиллачеран (керстаналла бахьан долуш) белхан чаккхе муха хилла , Аллах1а (орамашца бух бахарца) х1аллак ма бина уьш (церан доьзалш , бахамаш , церан х1у даайъарца) , керстанашна оцу кепара (х1аллак бар) чаккхе ю (иймане ца баг1ахь)
11.Иза (бусулба толор , керстанна та1зар дар) баккъалла а , Аллах1 шаьш /Делах/ тешначеран г1оьнча (вели) хилар , баккъалла а , /Делах/ цатешначеран , церан г1оьнча (вели) ца хилар (Дела та1зарха хьалха баха) ду
12.Баккъалла а Аллах1а , шаьш /Делах/ тешна , дика 1амалаш йинарш , шайна к1елахула татолаш лелачу ялсаманеш чубохуьйтур бу (къемата дийнахь) , ткъа шаьш /Делах/ цатешнарш , дуьненан дика хьоьгур ду цара , яъа юъур ю цара хьайбанаш ма-яъара , жоьжахати ю церан (къемата дийнахь) боьрзийла
13.Хийла юрт (мас юрт) , ша хьо /юьртах/ ара ваьккхинчу хьан юртал (юртахойл) т1ех ч1ог1а йолу , х1аллак бина Оха уьш , г1оьнча вац церан
14.Ша шен Делера билгалонна (дин) т1ехь хилларг , шен вон 1амал хазъелларг (дика хетнарг) , шайн дег1а лаъамашна т1аьхьа х1иттинарш (ц1уйшна лолла дарца) санна ву (ткъа) ?! (ва ма вац)
15.(Делах) Кхийринчарна хир ю аьлла ч1аг1о йинчу ялсаманин куц ; цу чохь ца телха (молу) хи а , чам хийца баланза (к1айчу , хьена) шуьре татолаш а , молучарна мерзачу (чомахь , корта ца талхош долу) малар татолаш а , (хазчу басахь , чомахь долчу) ц1енчу мезан татолаш а , царна оцу чохь массо кепара стоьмаш а , шайн Делера гечдар а ду , (ткъа ша оцу зовкхехь верг) ша гуттар а жоьжахатахь хин верг санна ву /тов/ , (кийра багош долу) кхоьхку хи шайна малийна болу , ша (оцу хино) церан чуьйраш цистина (хедийна) ? (ва ма вац)
16.Царех (мунепикъашха) бу , шаьш хьоьга (кхетар доцуш) ладуг1урш , ткъа шаьш хьо волчуьра (х1ай сийдолу Мухьаммад) ара бевлича , шаьш олуш шайгахь 1илма долчаьрга (хьан асхьабашка) : " Цо (элчано) х1ун элира х1инца (хьалхо) ?". Уьш , Аллах1а шайн дегнаш т1е мух1ар тоьхнарш (кхетар доцурш) бу , шайн дег1а лаъамашна т1аьхьа х1иттинарш (кхета лаъам боцурш) бу
17.Шаьш нисбелларш (нисбала лаъам хилларш) , (Цо) нийсонехь сов баьхна уьш (оцу т1ехь аьтто бина церан) , (Цо) кхерар делла царна (бакъо тесна церан дагчу)
18.Уьш хьоьжур ма бац цхьана муьре (хене) бен , (уьш бицбелла болуш) ц1еххьана ша царна бог1ур болчу , бакъ долуш цуьнан (гергабаран) бехкамаш (билгалонаш) баьхкина (х1иттина) , муха дага дог1ур ду царна (х1ун пайда бу) , шайна и мур биъча
19.Хьуна хаъийла (хиъначул т1аьхьа хьо латтийла) баккъалла а , Аллах1 воцуриг кхин дела цахилар (т1ехь) , хьай къинна а (хьо къинах ларвар а) , /Делах/ тешначу божаршна а , зударшна а гечдар а деха , Аллах1ана хаъа (дийнахь) аша лелориг , (буьйсана) шун чудоьрзийла . (массо шун хьелаш)
20.Шаьш /Делах/ тешначара олу : " (г1азот т1едуьллуш) Сурат доссадахьара "(цунга сатесна) , ткъа г1азотан (бакъо луш) сурат доссийча , шена чохь (т1еман) латар (т1едилларца) хьахийна , шайн дегнашчохь цамгар (шеко) ерш го хьуна (мунепикъаш) хьоьга хьоьжуш ша г1уо хилларг (эг1ийнарг) хьажарх терра (б1аьргаш къарзийна) баларха кхерабелла (керстаналле шаьш тийжарна) . Царна тоьлуш дара (ладог1ар) ,
21.Муьт1ахь хилар , диканиг алар .Ткъа (т1еман) хьал (перз хилла) чаг1делча , цара Аллах1 бакъвинехьара (ийман т1ехь чекхбоьвллехьара) , тоьлуш хир дара царна
22.Аша (ийманна , г1азот дарна) букъ тохахь , шу герга хила тарло (шу доьрзур ду) лаьтта т1ехь бохамаш лело (ц1ий 1ено) , уьйраш (гергарлонаш) хедо
23.Уьш (и бохамаш лелораш) Аллах1а Шен къинхетамах шаьш гена баьхнарш , (бакъдерг хазарха) шаьш къору бинарш , (диканах) шайн гарш (б1аьргаш , дегнаш) б1аьрзе динарш бу .
24.Къуръанах (ойла ярца) кхета ца г1ерта /те/ уьш , йа дегнаш т1ехь церан дог1анаш ду (те , цундела цунах цакхеташ) ?
25.Баккъалла а , шаьш букъ тоьхна юхабирзинарш , нийсо шайна билгала яьллачул т1аьхьа (керстаналле) , шайт1ано хаздина царна (шайн г1алаташ) , цо (тилар) хьехна царна (лиэбина , 1иэхийна уьш)
26.Иза (церан тилор) , баккъалла а , Аллах1а доссийнарг ца дезначарга , цара (къайлаха) аларна ду : " Цхьаболчу балха т1ехь (элчана мостаг1алла т1ехь , г1азотах юхаийзабар т1ехь) шуна муьт1ахь хир ду тхо (г1о дийр ду оха) ". Аллах1ана хуъуш ду цара хьулдийриг
27.Муха хир ду (церан хьал) малийкаш (къиза) церан синош оьцуш , церан яххьаш т1е а , баккъаш т1е а етташ ?
28.Иза (бекхам) , баккъалла а уьш Аллах1 оьг1уз вохуьйтучу балхана т1аьхьа х1иттар , И (ийманца) реза вар ца дезар бахьанна ду , (цундела) церан (дика) 1амалаш эрна йайъина (Цо)
29.Йа шайн дегнашчохь цамгар (шиэко) йолчарна (мунепикъашна) хета (уьш теша ?) , Аллах1а шайн (элчанца йолу) хьаг1-гамонаш (бусулба лайшна) гучу яхне а йохур яц ?
30.Тхайна лиъча , Оха хьуна (х1ай Мухьаммад) гойтур (бовзуьйтур) бара уьш (мунепикъаш) , т1аккха хьуна бевзар (гур) бара уьш (хьайн шина б1аьрга) шайн билгалонашца , (Делора) хьуна бовзане а бевзира ма бара уьш церан къамелаца (къамелан маь1анца) , Аллах1ана евзаш (хуъуш) ю церан 1амалаш (белхаш)
31.Шу зенне а зуьйра ма ду Оха , шух /г1азот дарехь/ къахьегнарш , /халонашна/ сатоьхнарш Тхайна бовзийтархьама а , шун хабараш (зерца) гучу дахархьама а
32.Баккъалла а , шаьш /Делах/ цатешнарш а , Аллах1ан (бакъона) некъах (нах) юхабиттинарш а , элчанца бертаза (мостаг1аллийца) хилларш а , шайна (и бакъ хилар) нийсо билгала яьллачул т1аьхьа , Аллах1ана цара /шайн керстаналца/ данне а дан зе /ма/ дац , Цо церан (дика) 1амалаш эрна (ял йоцуш) йойъур ю
33.Х1ай /Делах/ тешнарш ! Аллах1ана мут1ахь хилийша , элчана муьт1ахь хилийша , шайн (дика) 1амалаш (динах дохарца) зе ма йайъийша !
34.Баккъалла а , шаьш /Делах/ цатешна , Аллах1ан (нийсона) новкъах (нах) юхабиттина , цул т1аьхьа белларш , Аллах1а данне а геч дийра ма дац царна
35.Шу г1ел мало (ледар ма хила мостаг1на хьалха) , аша машаре ма кхайкха , шаьш лакхар (нуьцкъал) долуш , Аллах1 шоьца ву шуна , Цо шун 1амалаш /йолах/ эша янне а эшор ма яц
36.Баккъалла а , дуьненан дахар - ловзар , синкъерам бу . Ткъа шу /Делах/ тешахь , (Цунах) кхоьруш хилахь , Цо шуна (эшам боцуш) шун (1амалийн) ял лур ю , шоьга шун даьхнеш доьхур дац
37./ткъа/ Шоьга Цо и (даьхни) дехча , Ша шуна (нуцкъала) т1евирзина дехарехь , шу б1аьрмециг хир /ма/ дара , Цо шун (б1аьрмецигаллин) хьаьг1наш ара (гучу) йохур яра
38.Х1а (х1инца) шу дукх шаьш кхойкхуш , Аллах1ан некъахь (шайна перз йина) харж яре , ткъа шух ша б1аьрмециг волург ву , амма ша б1аьрмециг волург , баккъалла а шен дег1ана б1аьрмециг хуьлуш ву , Аллах1 (х1умане хьашт воцуш) таро йолш ву , ткъа шу къиэ (хьашт) ду (Цуьнга) , нагахь санна аша (Цуна муьт1ахь хиларна) букъ тохахь , Цо шу кхиэчу къомаца (нахаца) хуьйцур ду , т1аккха уьш (муьт1ахь хир бу) шух тера хир бац .



48 - Сурат Алфатхь (Схьаеллар)
(Мадинатехь доьссина ‚ 29 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а .даиманна а болу къинхетаман Да вочу


1.Баккъалла а Оха хьуна (толамца) схьайиллира (Макка) билгала елларца
2.Аллах1а хьуна гечдархьама хьан къинах хьалха даьлларг а , т1аьхьа дисинарг а , хьуна Шен зовкх (къинхетам) кхочуш дархьама а , Ша хьо т1енисвархьама а нийсачу новкъана
3.Аллах1а хьо (цуьнца) толорхьама (айъархьама) а сийлахьчу толамца
4.Иза ву Ша синтем боссийнарг муъманеха дегнашчу , уьш шайн ийман т1е а ийманехь кхин а совбийлийтархьама . Аллах1ан бу стигалшин а , лаьттин а б1ахой . Аллах1 ву хуург , кхетамениг
5.Ша бахийтархьама а муъмастегрий а , муъмазударий а , шайн к1елахула татолаш лелачу бошмашка , цу чохь (шаьш) гуттар лаьттар болуш . Ша царех д1атилорхьама а церан вонаш (къинош) . И бара Аллах1ана гергахь боккха кхиам (толам)
6.Ша 1азапе лацархьама а мунепикъстегарий а , мунепикъзударий а , (Делаца) декъашхо вен стегарий а , декъашхо вен зударий а (шаьш) моьттуш болу Аллах1аца вон моттар - цаьрна т1е вон хьаьвзар (дог1ур) ду . Аллах1 оьг1аз вахна цаьрна , Шен къинхетамах гена баьхна Цо уьш , Цо кечйина цаьрна жоьжахате , ма вон (х1усам) юкх иза (жоьжахате) верзарехь
7.Аллах1ан бу стигалшин а , лаьттин а б1ахой . Аллах1 ву сийлахьниг , кхетамениг
8.Баккъалла а Оха хьажийна хьо (х1ай Мухьаммад!) теш а , кхаъбохьург а , кхерамтосург а вина
9.Шу тешийта (х1ай адамаш!) Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а , шоьга цунна г1одайта а , шоьга иза ларийта а , шоьга Иза (ц1анварца) хаставайта а 1уьйренца а , суьренца а
10.Баккъалла а шаьш (куьйге баьхкина) хьуна (тешамца) ч1аг1о йийраш , баккъалла а уьш Аллах1ан ч1аг1о йеш бу (хьуна) . Аллах1ан куьг церан куьйгашна т1ехула ду . Ткъа (шен ч1аг1о) ша йохийнарг (милла велахь) , баккъалла а цо шен дег1ана зе до . Ткъа ша Аллах1ан йина ч1аг1о кхочуш йинарг (милла велахь) , Цо лур ю цунна йоккха ял
11.Хьоьга эра ду (т1аманна) арацабевлачу акха 1арбаша :"Д1алецира тхо тхан даьхнеш а , доьзалш а , (Деле) гечдар дехахь ахьа тхуна" . Цара олу шайн меттанашца ша церан дегнашчохь доцург . Ахьа ала (цаьрга) :"Хьена карахь ду ткъа Аллах1ера х1умма а (дан) , Цуна лиъчи шуна зен да , я Цуна лиъчи шун пайда бан ?!" . Бакъ долуш , Аллах1 аша лелориг хууш ву
12.Бакъ долуш шуна моьттинера (шу тешнера) элчи а , муъманах а (т1ам т1ийра дийна) шайн доьзалшка юхабоьрзур бац цкъа а , и (мунепикъалла шайт1ано) хаздина шун дегнашчохь , шуна моьттинера вон моттар . Шу хилир х1аллак хилла нах .
13.Ткъа ша ца тешнарг Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а (милла велахь а) , баккъалла а Оха кечйина керстанашна буьрса ц1е
14.Аллах1ан ду стигалшин а , лаьттин а паччахьалла (урхалла) , Цо геч до Шена луучунна , Цо 1азап ло Шена луучунна . Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву
15.Эра ду (т1аманна) арацабевлачара шу г1учу хена х1онсаш йолчу шаьш уьш схьаэца : "Дитийша тхо шайна т1аьхьах1итта" . Царна лаьа шаьш хийца Аллах1ан къамел (ч1аг1о) . Ахьа ала (цаьрга) :"Шу цкъа а х1уьттур ма дац тхуна т1аьхьа" . Иштта аьлла Аллах1а (х1окхул) хьалха . Цара эра ду :"Бакъ долуш , аша тхоьца хьаг1 лелайо" . Бакъ долуш , уьш ма бара шаьш ца кхеташ к1еззиг бен
16.Ахьа ала акха 1арбашха (т1аманна) арацабевлачаьрга :"Шу (Дала) кхойкхур ду (т1аманна) буьрса ницкъ болчу къоман дуьхьал , аша цаьрца т1ом бийра бу , я цара дин т1е оьцур ду . Ткъа шу муьт1ахь хилахь (арадовлахь) , Аллах1а лур ю шуна дика (хаза) ял . Амма шу (т1амах) юхадовлахь , хьалха шу юха мадовлара , Цо 1азап дийра ду шуна лазочу 1азапца
17.Б1аьрзечунна т1ехь къа дац , астаг1чунна т1ехь къа дац , цомгучунна т1ехь къа дац (таманна арацабовларна) . Ткъа ша муьт1ахь верг Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а , Цо и чувохуьйтур ву шайна к1елахула татолаш лелачу (ялсаманин) бошмашка , ткъа ша юхаволург , Цо 1азап дийра ду цунна лазочу 1азапца
18.Бакъ долуш Аллах1 реза хили муъманахана , цара (куьйге баьхкина) хьуна (тешамца) ч1аг1о йеш дитт к1ел , Цуна (Аллах1ана) хиира церан дегнашкахь дерг , Цо боссийра царна т1е синтем (собар) , Цо царна совг1ат дира гергачу толамца а ,
19.Шортачу х1онсашца а цара шаьш схьаоьцур йолу . Аллах1 сийлахьниг , кхетамениг ву
20.Аллах1а ч1аг1о йина шуна шортачу х1онсашца аша шаьш схьаоьцур йолу , Цо сихйира шуна иза (схьаэцар) . Цо духа тоьхна шух неха куьйгаш , и (х1онс) муъманахана билгало (хьехам) хилийтархьама а , Ша шу (муьт1ахь хиларна) нийса новкъа нисдархьама а
21.Кхин а , шу шена т1ехь ницкъ ца кхаьчна йолу , бакъ долуш Аллах1а (шуна атта ярца) го бина цуьни . Аллах1 ву массо а х1уманна т1ехь ницкъберг
22.Нагахь санна керстано шуца т1ом бинехьара , (эшна) баккъаш берзор ма бара цара , т1аккха царна карор ма вацара (хьалха ваьлла) доладийриг (лардархо) а , г1оьнча а
23.Аллах1ан ламаст (1адат) ду иза ша (шул) хьалха (дуьйна) д1адахан долу , хьуна цкъа а карор ма бац Аллах1ан ламастна хийцам (д1ахьовзам)
24.Иза ву , Ша церан куьйгаш шух а , шун куьйгаш царех а юхатоьхнарг Маккий арахь , Ша шу цаьрна т1ехь толийначул т1аьхьа . Аллах1 аша дийриг гуш ву
25.Уьш бу уьш шаьш керстаналла динарш . Цара хьажий ц1ийнах юхатуьйхира шу а , г1урбанан хьайбанаш а совцийна шайн метте кхачарха . (г1ийла) Муъма стегарий а , муъма зударий а ца хиллехь (Маккахь) , шаьш шуна ца бевзаш болу , аша (т1амца чудахча) шаьш хьошур (бойъур) болу (керстанца цхьана) , т1аккха шуна къа летар долуш (шуна и) хаар доцуш , (пурба лур дара шуна и ницкъаца яккха) . Аллах1а (ца делла и пурба) Шен къинхетамбархьама Шена луучунна . Уьш (муъма нах) схьакъаьстинехьара (царех) Оха 1азап дина хир дара шаьш керстаналла динчаьрна лазочу 1азапца
26.Шаьш керстаналла динчара йинчхена шайн дегнашкахь дералла , сонталлин дералла . Аллах1а боссийра Шен синтем (собар) Шен элчанна т1е а , муъманахана т1е а . Цо царна т1едиллира (Шех) кхераран дош (шах1адат) . Уьш бара цуьнга (шах1адате) хьакъ берш а , цуьнан ох1лу а . Аллах1 ву массо а х1уманах дерг хуург
27.Бакъ долуш Аллах1а бакъди Шен элчанна (цуьнан) г1ан бакъонца "Шу (дахне а) г1ур ма ду хьажий ц1енчу -Аллах1ана лаахь- кхерамбоцуш , шайн кортош даьшна а , дацдина а , шаьш ца кхоьруш" . Цуна хаара шуна ца хуург , Цо бира (шуна) цулла (Маккичу дахале) хьалха гергара толам
28.Иза ву Ша хьажийнарг (ваийтинарг) Шен элча нийсонца а , бакъ динца а , Ша айъархьама (толорхьама) иза массо динал а . Аллах1 тоьур ву (хьуна) теш (цу т1ехь)
29.Мухьаммад - Аллах1ан элча ву . Шаьш цуьнца берш буьрса бу керстанашца , къинхетаме бу шайна юккъехь . Хьуна го уьш руку1ехь , сужудехь , шаьш лоьхуш Аллах1ера комаьршо а , резахилар а . Сужудан ларха билгалонаш ю церан яххьашкахь . Изза ду церан васт (куц) Товратчохь . Ткъа церан васт (куц) Инжийлчохь , марг1ал тесначу ялтех тера ду , т1акхха цо шена г1одина ша ч1аг1делла д1анисделла шен г1ад т1ехь , ша ялтадерхой цецбохуш , оьг1азбахийтархьама царна керстанаш . Аллах1а ч1аг1о йина царех шаьш тешна , дика 1амалаш йинчаьрна гечдарца а , йоккхачу ялца а



49 - Сурат Алхьужурат (Чоьнаш)
(Мадинатехь доьссина ‚ 18 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна болу къинхетаман Да волчу


1.Х1ай шаьш тешнарш ! Шу хьалха ма лелхийша Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а . Аллах1ах кхерийша . Баккъалла а Аллах1 (шун къамелаш) хезаш , (аш дийриг) хууш ма ву
2.Х1ай шаьш тешнарш ! Аша ма айъаде шайн аьзнаш пайхамаран озал сов , ч1ог1а (мохь бетташ) къамел ма де цуьнца шаьш вовшашка ч1ог1а ма дарра , (т1аккха) шун 1амалаш (эрна) йовра ма ю , шун хаацалуш
3.Баккъалла а шаьш шайн аьзнаш лахдийраш Аллах1ан элчанна гергахь , уьш шаьш Аллах1а шайн дегнаш кхерарна зийнарш бу . Царна гечдар а , йоккха ял а ю
4.Баккъалла а шаьш хьоьга кхойкхуш берш чоьнашан арара (уьйт1ара) , царех дукхах берш кхеташ бац
5.Баккъалла а , цара собар динехьара хьо шайна араваллалца царна иза тоьлуш хир ма дара . Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву
6.Х1ай шаьш тешнарш ! Шуна т1е песакъстаг веача хабарца , (ларе) таллалуш (и хабар) , цахаарца (бехк боцчу) нахана бала ца бан , т1аккха шу хила дохкодевла шаьш динчун т1ехь
7.Шуна хаийла , баккъалла а шайна юккъехь Аллах1ан элча хилар . Иза шуна муьт1ахь хилчи (шуна луург цо дичи) дукхахчу белхашкахь , шуна хало хир ма яра . Амма Аллах1а шуна ийман дезийтина , хаз дина Цо иза шун дегнашкахь . Шуна ца дезийтина Цо керстаналла а , песакъалла а , 1есалла а . Уьш бу шаьш нисбелларш
8.Аллах1ера комаьршонца а , зовкхаца (къинхетамца) а (ду иза) . Аллах1 хуург , кхетамениг ву
9.Муъманахех шиъ тоба (вовшех) летча , аша (къуранца) масла1ат де цаьршинна юккъехь . Нагахь санна цаьршинах цхьамма (тобано) зулам дахь вукхааг1орхьарчунна , шу (дуьхьал) лата ша зулам дечуьнца (тобанца) иза Аллах1ан омруне ерзалца (юхаяллаца) . Ткъа иза (бакъоне) ерзахь , аша масла1ат де нийсонца . Аша нийсо елаш , баккъалла а Аллах1 безаш ву (шуна) нийсойийраш
10.Баккъалла а муъманах (динехь) вежарий бу . Ткъа аша масла1ат де шайн (летначу) шина вешина юккъехь . Шу кхералуш Аллах1ах (шаьш лелочуьнгахь) , (т1аккха) шу герга ду шайха къинхетам барна
11.Х1ай шаьш тешнарш ! Ма кхардийла (ца дашарца) адам кхечу адамех . Герга ду и хила царел (кхаьрдачул) тоьлуш (Далла гергахь) . Зударий а (ма кхарда) зударех . Герга бу уьш хила царел тоьлуш . Вовшийн анташ ма даха . Вочу ц1ерашца ма кхайкха вовшашка . Вон ц1е ю песакъалла (цуьнан) ийманалла т1аьхьа . Ткъа ша дохко ца ваьлларг , уьш зуламхой бу
12.Х1ай шаьш тешнарш ! Шу гена довла дукхах долчу моттарха , баккъалла цхадолу моттар къа ду . Вовшийн къайленаш ма леха . Вовшашна т1аьхьашха ма ле . Шух цхьанне а дезий шен веллачу вешин жижиг (дилха) даар ?! Ца деза шуна иза . Т1аккха Шу кхерийша Аллах1ах ! Баккъалла а Аллах1 тоба къобалдийриг , къинхетамениг а ма ву
13.Х1ай адамаш ! Оха кхоьллина шу боьршачух а , стечух а . Оха дина шу къаьмнаш а , тайпанаш а шу вовшийн довзийта . Баккъалла а шух т1ехлерамениг (сийлахьниг) Аллах1ана гергахь шух т1ехкхоьрург ву (шуна) . Баккъалла а Аллах1 (шух дерг) хууш , (шун белхаш) девзаш ву
14.Акха 1арбаша элира :"Тхо тешна (дегнашца)" . Ахьа ала (цаьрга) :"Шу (кхоччуш) тешна дац , амма аша ала :"Муьт1ахь хили тхо" , ийман кхаьчна (ч1аг1делла) даьлла дац (х1инци а) шун дегнашчу" . Нагахь санна шу муьт1ахь хилахь Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а , Цо шун эшор ма яц шун 1амалашха (мелаха) х1умма а . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву
15.Баккъалла а муъманах бу , шаьш Аллах1ах а , Цуьнан элчанах теша а тешна цул т1аьхьа шек ца бевларш (ийманах ца боьхнарш) а , Аллах1ан новкъахь шайн даьхнешци (бахамашци) а , шайн дог1машци а къахьегнарш (джих1ад динарш) а . Уьш бу (шайн ийманехь) бакъберш
16.Ахьа ала (цаьрга) :"Аллах1ан шайн динах (ийманах) дерг довзуьйтуш ду шу ?!" Аллах1 ма ву ткъа Ша хууш стиглашкахь а , лаьттахь а мел дерг . Аллах1 массо а х1уманах дерг хууш ма ву .
17.Хьуна безабуьй уьш шаьш (т1ом ца беш) бусулба хиларна . Ахьа ала (цаьрга) :"Суна деза ма де шай бусулба хиларна т1ехула" . Бакъ долуш , Аллах1а шун комаьршо йина (дика дина) - шу ийман т1е нисдарца , шу бакълуьйш делахь
18.Баккъалла а Аллах1ана хаьа стигалшин а , лаьттин а (чохь йолу) къайле . Аллах1 гуш ву аша дийриг
Тидамаш : 17 аят "ямуннуна" т1ех детта , несал лелор , хьуна дика дар хета
"(Т1ех детта цара хьуна шайн бусулбалла . Ахьа (ала цаьрга ) : Суна т1ех ма детта




50 - Сурат Къаф
(Маккахь доьссина ‚ 45 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна болу къинхетаман Да волчу


1.Къаф (Аллах1ан дика хаа оцу элпах Шена луург) . Аса дуй буу сийлахьчу къуранца
2.Бакъ долуш , уьш цецбевлира шайна шайха (адамашха) кхерамтосург варха . Керстанаша элира :"Х1ара тамаше х1ума ду "
3.Ткъа тхо дала а делла тхоьх латта хилчи (тхо юха тхайн суьрте муха дерзор ду?) . (дера ) Ду иза (хила) генара дерзар
4.Бакъ долуш , Тхуна хаа латто царех (чархашха) ша эшориг (юуриг) . Тхоьгахь (и деригге а) лардеш жайна ма ду
5.Бакъ долуш , цара (куранан) бакъдерг харц дира шайга и деанчу хенахь , уьш боьхначу хьолехь бу
6.Уьш ца хьаьвсина (ойлаярца) шайна т1ёхуларчу стиглане , Оха муха йоьг1на иза (г1ортолаш йоцуш) , Оха муха кечйина иза(седарчашца) , цуьни яц херонаш
7.Латта а даржийна Оха , лаьмнаш а доьг1на Оха цу т1ехь , Оха далийтина цу т1ехь массо а кепара исбаьхьа ораматаш
8.Гайтарна а хьехамна а массо а т1евирзинчу лена
9.Оха даийтина стиглара беркате (дог1ан) хи , Оха кхиийтира цуьнца бошмаш а , ялтан буьртиг а
10.Лекха хурман дитташ а , шена т1ехь т1ек1ел кенаш долш
11.Лешна рицкъанна . Оха денбира цуьнца (йокъаллийна) белла мохк . Иштта (хир) ду (шу кешнашкара) арадовлар
12.Царел хьалха (бакъ дерг) харц дира Нухьан къомо а , (Шу1айбан къомах болу) г1унан дайша а , (Салихьан къомо) Самудаша а
13.(Х1удан къомо) 1адаш а , Фир1авнас а , Лут1ан вежарша (захалоша) а
14.(Шу1айбан къомах болу) Варшан дайша а , Тубба1ан къомо а . (цара) Массара а харцбира элчанаш . (цундела царна т1ехь) Хьакъ хилира Сан (1азапан) ч1аг1о
15.Тхо г1орасиз хилир ткъа хьалхара кхолларехь ?! Х1ан-х1а . Бакъ долуш , уьш шеконехь бу (шаьш) юха кхолларха (г1овтторха)
16.Бакъ долуш Оха адам кхоьллина , Тхуна хаа цуьнан дег1о ша цунна хьоьхуриг . Тхо герга ду цунна (цуьнан) логан (син) пхенал а
17.(дагахь дита) Яздеш хилар (аша дийриг) шина малийко , аьтту а аьрру а аг1ора хиъна долчу
18.Цо (адамо) дош ма ца олу шена гергахь кийча тергамбийриг долш бен
19.Валаран ч1аг1алла (къахьо) йог1ур ю билггала . И (валар) дар хьо шех къехкаш (идна) хилларг
20.Зурманчу (г1овтторна) "х1уп" эра ду . Иза (де) ду (керстанашна 1азапца) ч1аг1онан де
21.(оцу дийнахь) Массо а дег1 дог1ур ду (махьшаре) шеца (ша Далла) т1евуьгарг а , (шена) теш (х1уттург) а долуш
22.Бакъ долуш хьо (дуьненахь) вара чидам боцуш х1окхунах , ткъа Оха д1атилира хьан (б1аьргара) марха (пардо) , тахана хьан гар (ч1ог1а) ира ду
23.Цуьнан (адаман) т1ех1оттийначо (малийко) элира :" Х1ара ду соьгахь кийча дерг"
24.Жоьжахатчу кхосса массо а (бакъонан) х1уьттаре ен керста
25.Дика сацориг , т1ехвуьйлург , шекдохург
26.Ша вина волу Аллах1аца кхин дела , кхосса ткъа иза буьрсачу 1азапе
27.Цуьнан т1ех1оттийначо (шайт1ано) элира :" (х1ай) Тхан Дела ! Аса тилийна вац иза , амма ша вара иза (бакъонах) генарчу тиларехь"
28.Цо (Аллах1а) элира :"Шу ма къийсало Со волчехь , бакъ долуш Аса хьалха яийтира шуна (1азапца) ч1аг1о
29."Сан дош хуьйцуш дац , Со ма вац лешна харцо еш"
30.Оцу дийнахь Оха эра ду жоьжахате :"Юьзний хьо ?" . Ткъа жоьжахато эра ду :"Кхин сов (х1умма) юй ?"
31.Ялсамане герга ялор ю (Делах) коьручаьрна , гена дац иза
32."Х1ара (гуш дерг) шуна ша ч1аг1о йийриг ду , массо а (Деле) воьрзучунна а , (дозанаш) лардечунна а"
33.Къинхетаме волчух къайлаха ша кхийринчунна а , (Далла) т1едирзинчу дагца ша веанчунна а
34."Шу г1о цу (ялсамане) чу машарца (маьрша) , иза (де) гуттаренан де ду"
35.Царна цу чохь царна деззарг ду . Тхоьгахь (т1етоха) кхин сов ду
36.Хийла уммат (чкъор) х1аллак дина Оха царел хьалха (даьхначарех) , уьш царел ницкъехь ч1ог1а а бара , лийлира уьш лаьттахула (и толлуш). Юй ткъа (валарха) вада меттиг ?
37.Баккъалла а цуьнгахь (хьахийначуьнгахь) хьехам букх шен (кийрахь) дог (шен хьекъал) долчунна , я сема (цуьнга) ладоьг1начунна , ша теш волуш
38.Бакъ долуш Оха кхоьллина стигалш а , латта а , цаьршинна юккъехь мел дерг а ялх дийнахь , хьакха ма ца делир Тхоьх к1аддалар
39.Хьо собаре хилахь цара олучунна т1ехь , хьайн Далла хастам барца вазвехьа (Иза) малх схьакхетале а , д1абузале а
40.Буьйсанна а вазве ахьа Иза , (хьайн) сужудашна т1аьхьа а
41.Ахьа ладог1а кхойкхучо кхойкхучу дийнахь уллерчу меттигера
42.Оцу дийнахь царна хезир ду ц1ог1а билггала , иза (кешнашчуьра) арадовлу де ду
43.Баккъалла а Оха (синош) ден а до , д1а а оьцу . Тхоьга ду (церан) дерзар
44.Оцу дийнахь , латта цаьрна т1ийра декъалур долчу (уьш г1овттур бу) сихонца . И (уьш) гулбар Тхуна атта ду
45.Тхо т1ех дика хууш цара олург . Хьо ма вац уьш (бакъонна) т1ете1ориг . Ахьа хьехам бе х1окху къуранца Сан (1азапца йинчу) ч1аг1онах кхоьручунна



51- Сурат Аззарият (Даржораш)
(Маккахь доьссина , 60 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Аса (Аллах1а) дуй буу даржорах а (массо а х1ума) даржочу мехашца а
2.(дог1анан) Маххьаш хьучу мархашца а
3.Атта (цхьана эшшара) лелачу х1орд-кеманашца а
4.(Дела) Омру (рицкъанаш) доькъучу малийкашца а
5.Баккъалла а шуна (г1итторца) ч1аг1о йийриг (дожарехь) бакъ (хабар) ма ду ,
6.(иштта) Баккъалла а (шуна) бекхам (хьесап) т1ех1уттур (бужур) ма бу (аьлла)
7.Аса дуй буъу ша (седарчашца исбаьхьа) еринчу стигалца
8.Баккъалла а шу (къур-анах) шалхачу (декъаделлачу) аларехь ма ду
9.Цуьнах (бакъонах) д1атилаво (д1ахьавзаво) ша (Далла гергахь) д1атилийнарг
10.(Дала) Халлак бойла харцлуьйраш
11.Шаьш (тиларан боданан) хьуламехь (эхартах) бицбелларш
12.Цара хоьтту :"Маца ду бекхаман де (х1оттар) ?"
13.(дера ду) Уьш ц1ергахь (багорца) зуьйра болун дийнахь
14.(царга эра ду) "1овша аша шайн бала . Х1ара , ша аша шеца сихоеш хилларг ду (шуна) ".
15.Баккъалла а , (Делах) кхоьрурш (ялсаманин) бешмашкахь а , шовданашкахь а бу
16.Шаьш схьаоьцуш Шайн Дала (совг1атна) шайна делларг . Баккъалла а уьш бара цулхьалха (ялсамане бахале) дикадеш (дуьненахь)
17.Уьш бара (буса) к1еззиг д1абуьйшуш (лолла дукха деш)
18.1уьйкъенашкахь шаьш (Деле) гечдар доьхуш
19.Церан даьхнешкахь дакъа ду (саг1а) доьхучунна а цатоьъначунна а
20.Лаьттахь билгалонаш ю тешачаьрна
21.Шун дог1машкахь а (ма ю яккхий билгалонаш) , шуна цаго ткъа ?!
22.Стиглахь шун (лайн-дог1ан) рицкъа а , шуна ч1аг1о йийриг а ма ду .
23.Стиглан а , лаьттан Делаца дуй ма буъу Аса , баккъалла а иза (деригге а) бакъ ма ду , баккъалла а шу дистхуьлуш хилар санна .
24.Кхаьчний хьоьга Ибрах1иман (пайхамар) сийлахьчу хьешийн хабар ?
25.Шаьш иза волу чу а бевлла , цара элира :"Салам-маршалла (хилла хьуна)", т1аккха цо (Ибрах1има) жоп делира :"(Делера) Салам-маршалла (хилла шуна а) , (х1ай) хийра нах " .
26.Т1аккха хьуламца (сихонехь) шен доьзале вирзина , (деттина) дерстина эса дохьуш веара иза (царна)
27.Иза царна хьалха а диллина , (г1иллакхехь) элира цо :"Аша ца дуъу (даъар)?!"
28.(цара шен кхача ца биъча) Цо хьулбира (шен дагчохь) царех кхерам . (ткъа иза озавалар шайна хиъчи) Цара элира :"Ма кхера (тхоьх)" . (иштта) Цара цуна кхаъ баьккхира хьекъалечу (кхетамечу) к1антаца (доьзалхочуьнца) .
29.Ткъа (и кхаъ шена хезчи) цуьнан зуда (Сара) т1ейеара маьхьарца , шен беснех т1араш детташ , т1аккха цо элира :"Со - къена бера ца хуьлу зуда ма ю"
30.Цара (малийкаша) элира :"Иштта хьан Дала аьлла (Цуна лиъна) . Баккъалла а Иза (Ша дечунгахь) кхетаме верг , (Шен кхолламах дерг) хуъуш верг ма ву"
31.Цо (Ибрах1има) элира (цаьрга) :"Шун 1алашо х1ун ю х1ай геланчаш ?".
32.Цара элира :"Баккъалла а тхо (Дала) дахкийтина къинош дечу (Лут1-пайхамаран) къоме ,
33.(стиглара) Царна т1е (1азапна) поппаран т1улгаш дахкийта (детта) ,
34.(шаьш х1оранна ц1арца) Билгалдина хьан Далла гергахь (Цуьнан дозанашна) т1ехбуьйлучаьрна"
35.Оха арабехира оцу (юьрта) чохь муъма-нахех хилларш
36.Амма тхуна ца карийра оцу (юьрта) чохь бусалба-нахех цхаъ ц1а доцург
37.Оха йитира оцу (юьрта) чохь (ойлаян) билгало , шаьш кхоьручаьрна лазош долчу 1азапах .
38.Иштта Муса (пайхамар) хабарехь а (ю билгало) . Оха хьажийра иза Фир1авн волче билгалчу (бакъ хилар сецначу) бухца (му1жизаташца)
39.Амма (куралла йина) цо шен б1оца (бакъонна) букъ а тоьхна , элира :"Иза бозбуанча ву , я (жиний) хьу кхетна ву"
40.Т1аккха Оха (г1уданна) иза а , цуьнан б1ахой а лаьцна , (керста хиларна) х1ордачу кхийсира уьш . Иза (Фир1авн) 1оттабаккхаме волуш
41.Иштта 1ада (х1аллак даран) хабарехь а (ю билгало) . Оха хьажийра царна т1е зене (луьра) мох .
42.Ша ца дуьташ (болу) цхьа а ша т1енисбелла (т1ехбаьлла) х1ума ша цуьнах дамардарц дина (х1ур бина) бен .
43.Иштта Самуда (х1аллак даран) хабарехь а (ю билгало) . (цара эмкална урс хьаькхначул т1ехьа) Цаьрга элира :"Аша зовкх хьега (шайна тоьхна) хан т1екхаччалца"
44.Амма цара (кураллийца) шалхо йира (1еса хилира) шайн Дела омрунна (муьт1ахь хиларна) , т1аккха (ц1аьххьана) уьш д1алецира (эсах галбохучу) ц1ог1ано (баларан 1азапо) , шаьш хьоьжуш болуш (оцу балане)
45.Церан г1ора ца тоьира (бала т1е беача иза юхатоха) хьала г1овтта (я цуьнах бовда а) , бацара уьш (оцу баланехь) тоьлларш а
46.Иштта (царелла) хьалха Нохь (пайхамаран) къам (х1аллак даран) хабарехь а (ю билгало) . Баккъалла а уьш песакъ (оьзда доцу) къам дара
47.Стигал , юьг1ира Оха иза (Тхайн) куьйгашца (ницкъаца) . Баккъалла а Тхо нуьцкъала ма ду
48.Латта , даржийра Оха иза (аьхна мотт санна дина) . Ма дика даржораш ду (Тхо)
49.Массо а х1уманах кхоьллира Оха шина кепара , шу герга хилийта ойла ян
50.(ахьа ала цаьрга) "Шу довда (та1зарха) Аллах1е (Цуьнан йоле) . Баккъалла а со шуна Цуьнгара билгала кхерамтасархо ма ву"
51."Аша (декъашхо) ма ве Аллах1аца кхин дела . Баккъалла а со шуна Цуьнгара билгала кхерамтасархо ма ву"
52.Иштта , царал хьалхарчаьрга элча веана ма вац , цара бозбуанча ву , я (жиний) хьу кхетна ву аьлла бен
53.Цара вовшашка весет дина ткъа цуьнца (оцу дешца) ? (дера ца дина) Бакъ долуш , уьш (дозанна) т1ехдаьлла къам ду
54.Ахьа букътоха царех , хьо ма вац 1оттабаккхаме (бехказа ву хьо)
55.Хьехам бе ахьа (къур-анца) , баккъалла а хьехамо пайда бо муъма-нахана
56.Аса кхоьллина ма дац джинаш а , адамаш а Сайна лолла дан бен
57.Суна дезац цаьргара рицкъа , Суна дезац (лаъац) цара Сайна кхача бала а
58.Баккъалла а Аллах1а , Иза ву рицкъа лург , ницкъан Да , ч1ог1аниг а
59.Баккъалла а шаьш (шайн дог1машна) зулам динчаьрна (1азапах) дакъа ду , шайн (шайла хьалаха зулам динчу) накъостийн (адамийн) декъах терра . (цундела) Со сих ма войла цара (и даларна т1ехь)
60.(жоьжахатан буьйрахь) Бала букха , шаьш керстаналла динчаьрна , ша (х1уттур ду аьлла) ч1аг1о йина долчу церан (къемата) дийнахь .



52-Cурат Атт1ур (Сийнаъ лам)
(Маккахь доьссина , 49 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волу


1.Аса дуй буу (шена т1ехь Муса Сайца къамеле ваьккхинчу) ламца а
2.Ша (мог1анашкахь) яздинчу йозанца а
3.Даржийначу тептарахь
4.Шена (малийкаш) т1ех1уттучу ц1ийнаца а
5.(лаьтта т1оьхула) Айбинчу (стигалан) тхевнаца а
6.Шех ц1е латийначу х1ордаца а
7.Баккъалла а (керстанна) хьан Делан 1азап дужур (т1ех1уттур) долуш ма ду
8.Иза юхатоха х1умма ма дац
9.Стигал техкара йолчу дийнахь техкарх а
10.Лаьмнаш леларх а (х1ур санна) лелара долчу (дийнахь)
11.(х1аллак баран боккха) Бала (г1айг1а) букха (хилийла) оцу дийнахь (дуьненахь бакъо) харцъечаьрна
12.Шаьш харцонехь (эхарт дицдина) ловзуш болу
13.Оцу дийнахь уьш тоттура бу жоьжахатан ц1ерга таттарх а (к1оршаме)
14.(цаьрга эра ду :) "Х1ара ц1е ю (иза) , ша аша (ца тешаш) харцъеш хилларг"
15.Дуй х1ара (ц1е) бозбуанчал ?! Ле шу (дуьненахь бакъ долчух б1аьрзе хиларх терра) гуш дац (х1ара хьал)
16.Д1ачуг1о цунна (цуьнан йовхаллин ч1аг1алла 1овшархьама) , (шайна лаахь) собаре хила (оцу т1ехь) , я собаре ма хила , (пайда ца хиларехь) цхьатерра ду шуна . Баккъалла а шуна бекхам бийра бу аша лелош (деш) хиллачуьнца
17.(амма) Баккъалла а (Делах) кхоьрурш (ялсаманин) бошмашкахь а , зовкхехь а (хир) бу
18.Шаьш зовкх хьоьгуш шайн Дала шайна деллачух а , шайн Дала жоьжахатан 1азапах шаьш ларбарх а
19.(цаьрга эра ду :) "Г1оза яийла , малийла аша , шаьш лелош (деш) хиллачунна ,
20.Тевжина маг1аршкахь х1иттийначу маьнгеш т1ехь" . Оха бира 1аьржа-б1аьрг мехкарий церан зударий
21.Шаьш имдиллина , шайна т1ахьа иманца шайн т1аьхье х1оьттинарш , Оха (ялсаманехь) царех д1атухура ю церан т1ахье , Оха эшор ма дац церан 1амалха х1умма а . Массо а стаг (дег1) ша динчуьнна закъалт (жоьпалла) ву .
22.Оха совбехира уьш царна дезачу (цара сатесначу) стоьмаца а , жижигца а
23.Кар-кара оьцур бу цара оцу (ялсамани) чохь (маларан) кад , шеца (ша маларца) эрна (оьзда доцу) къамел дар а , къилахь дерг дар а доцу
24.Т1ехьийзар бу царна шайн ялхой , баккъалла а шаьш (шайн исбаьхьаллехь) баттара даккханза жовх1арха тера болу
25.Вовшашна т1ебирзира уьш , шаьш (шайн хьолах) хеттаре буьйлуш
26.Цара (вовшашка) элира :"Баккъалла а тхо дара , (х1окхул) хьалха , дуьненахь (Делан та1зарха) кхоьруш (х1окху дийнахь)
27.Амма Аллах1а (шен комаьршонца) къинхетам бира тхоьх , (жоьжахатан) ц1еран (механ) 1азапах лардира Цо тхо
28.Баккъалла а тхо дара (х1окхул) хьалха (дуьненахь) Цуьнга (Иза цхьаъ варца) кхойкхуш . Баккъалла а Иза (Шен лешца) К1еданиг , Къинхетамениг ву
29.Кхайкхам бе ахьа (бакъонца) ! Хьо ван ма вац хьан Делан диканца (къинхетамца) жинашца тайнарг (бозбуанча) а , (жиний) хьу кхетнарг а
30.Я (бакъ долуш) цара олу :"(Иза) - Байтъязъярхо ву . Вай ладуг1ур (собар дийра) ду иза замано д1аэцаре" (аьлла)
31.Ахьа ала (цаьрга) :"Ладог1а (собар де) аша . Баккъалла а со а ву шоьца цхьаьна ладуг1учарех (шун 1азапе)"
32.Я церан хьекъалш ду цаьрга цуьнца (харц лерца) омру дийраш (дера дан ма дац) , я (бакъ долуш) уьш (х1уьттаре ярна) дакъаздаьлла (т1ехдаьлла) къам ду ?!
33.Я цара олу :"Цо (элчано) шегара (кхоьллина) дуьйцу иза" . Бакъ долуш тешаш бац уьш . (цундела дуьйцу цара иза)
34.(делахь) Уьш бог1ийла цуьнга (къур-анах) тера къамелаца , шаьш бакълуьйш белахь (элчано иза шегара кхоьллина бохучуьнгахь)
35.Я кхоьллина уьш (Аллах1а) х1умма доцучух , я уьш бу кхуллурш (шайн дог1маш) ?!
36.Я стигланаш а , латта а кхоьллина цара ?! Бакъ долуш (бакъ долчух) догтешна бац уьш
37.Я цаьргахь ю хьан Делан хазнаш ?! Я уьш бу (цу т1ехь) урхалхой (куьйгалхой) ?!
38.Я церан (стигал болуш) лами бу (бах цара) , шаьш оцу т1ехь (Делан къайленашка) ладуг1уш ?! (делахь) Царех ладуг1уриг вог1ийла (оцу къамелан) билгалчу бухца (т1етовжийлаца)
39.Я Цуьнан (шуна ца беза) йо1арий , (ткъа) шун к1ентий бу (баха аша , субхьаналлах1) ?!
40.Я цаьрга (дин кхайкхадарна) ял (мах) йоьху (тов) ахьа , ткъа уьш (оцу) декхарна базбелла (иймане ца бог1уш) ?!
41.Я цаьргахь (Делан) къайле ю , цара (оцу т1ийра) д1аязъеш (шайна оьшуриг) ?!
42.Я мекарло ян луъуш бу уьш ?! Ткъа шаьш керстаналла динарш ма бу шайна мекарло хилларш
43.Я церан дела ву Аллах1 воцуриг ?! Аллах1 ц1ена ма ву цара (Шеца) декъашхо вечух
44.Царна (1азапанна) стиглан кескаш (шайна т1е) охьайог1уш гичи , цара эра ма дара (къарцабала) :"Т1ек1ел марха" (яра изам дог1у дохьуш йог1у" аьлла)
45.Бита ахь уьш , шаьш шена чохь (эсах боьхна белла) эгор болун шайн (бекхаман) де т1ех1отталца
46.Церан (дуьненан) мекарлоно цаьрна бан пайда а боцу , (иштта) цаьрна г1о а хир доцу де (т1ех1отталца)
47.Баккъалла а шаьш зулам динчаьрна 1азап (хир) ду (дуьненахь а , ) иза (эхартахь дерг) доцург а . Делахь баккъалла а царех дукхахболчаьрна (хаам) ца хаъа иза (дуьненахь даларан бахьан)
48.Хьо собаре хила хьайн Делан (халонан) кхелана , баккъалла а хьо Тхан (1уьналлин) баьргашан гарехь ву . Ахьа хьайн Далла хастам барца ц1анве (Иза керстано кхуллачух) хьо г1оттуш
49.Буьйсанна а ц1анве ахьа Иза , иштта седарчий къайладовлуш а .





53-Сурат Аннажм (Седа)
(Маккахь доьссина , 62 аят ду)
Аллах1ан ц1арца доладо аса доза доцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Ша (къайлабаларца) д1абузучу седанах дуй ма буу Аса (Аллах1а)
2.Шун накъост (1илма доцуш) тила ма ца велла , иштта (бакъонах д1авирзина) гал ма ца ваьлла (аьлла)
3.Иза вист ма ца хуьлу (къур-анца , шен дег1а) лаамца
4.Ма дац иза (къур-ан) , (Дала дагчу) хьохуш болун хьехам бен
5.1амийна иза (элча) ч1ог1ачу ницкъашан дас
6.Хазчу вастан да долу . Сецира (д1ах1оьттира) иза (шен суьртахь)
7.Ша уггара лекхачу анахь (долуш)
8.Цул т1аьхьа ша герга деана , (элчанна) т1ехилира иза
9.Дара иза (цунна) шина 1едан (1аддарг1ан озадаран) барамехь (герга) , я кхин а герга
10.Т1аккха хьийхира Цо (Аллах1а) Шен лайна (дагчу) , Ша (Джабраил малийкан юкъараллийца) хьехнарг
11.(пайхамаран) Даго харц ца дира цуна (шина б1аьрга) ша (Джабраилан суьртах) гинарг
12.Аша къуьйсу ткъа цуьнца , цуна гуш дерг ?!
13.Бакъ долуш цуна гина иза (доссар) кхин цкъа а
14.Дозанан (чаккхенан , стигаларчу) хенан (диттан) гергахь
15.Цуна (хенан) гергахь (дика лай) воьрзу (ялсаманан) беш ю
16.Хьулбо и хен (дикачух) ша хьулбечо
17.(элчанан) Хьажар д1а-схьа а ца дирзи (д1а-схьа ца къирзи) , (тоьхначу дозанал) т1ех а ца дели
18.Бакъ долуш цуна гира шен Делан даккхий билгалонаш (аяташ)
19.Шуна гиний (х1ай Делаца декъашхой бийраш!) Лат а , 1узза а ,
20.Кхин а и кхолаг1а Манат а ?!
21.Ткъа шун (шу реза долун) божа (бер) долш , Цуьнан (шу реза доцу) сте (зудбер) ду ?
22.Иза делахь (т1аккха) эшаме (харц) дакъа ду
23.Уьш (Лат , 1узза , Манат) ма яц , ц1ераш бен - шаьш тихкина (йолу) аша а , шун дайш а . Аллах1а ца йоссийна церан хьокъехь (цхьа а) бакъо . Уьш т1ахьабозуш ма бац , моттарна а , (шайн) дог1машна луъучунна а бен . Бакъ долуш цаьрга еара церан Делера нийсо (амма цара пайдам ца ийцира)
24.Адаманна ду ткъа , цо ша догдохург ?!
25.Аллах1ан ма ду ткъа т1аьхьарниг (эхарт) а , хьалхарниг (дуьне) а
26.Хийла малик ма ду стиглашкахь , шайн (Аллах1е) дехаро (шафа1ато) дан х1ума доцуш , Аллах1а Шена луъучунна а , Ша реза волчунна а пурба деллачул т1аьхьа бен
27.Баккъалла а шаьш эхартах ца тешачара , цара малийкашан ц1ейоккху стечуьн ц1арца
28.Церан ма дац цу хьокъехь (иза бакъдеш нийса) хаар . Уьш т1ахьабозуш ма бац , моттарна а бен . Ткъа баккъалла а моттаро (пайда бац) хьалха ца доккху бакъонах х1умма а
29.Хьо (1ад вите) д1аверза Тхан хьахорна (къур-анна) ша букъ тоьхначух , ша дуьненан дахар бен ца дезна волчу
30.Иза церан хааран (чаккхенан) барам бу . Баккъалла а хьан Дела т1ех дика хуъуш ву , мила тилавелла Шен новкъах , иштта Иза т1ех дика хуъуш ву мила нисвелла а
31.Аллах1ан ду стиглашкахь а , лаьттахь а мел дерг . (Цо уьш кхоьллина) Ша бекхам бархьама шаьш вуо динчаьрна цара динчуьнца , иштта Ша бекхам бархьама шаьш дика динчаьрна (ялсаманан) диканца
32.(уьш бу) Шаьш генабовлуш даккхийчу къиношха а , эрчадолчух а , (юкъакара дужу) кегийн къинош доцург (шайх ца долуьйтуш) . Баккъалла а хьан Дела шортта гечдар долш ву (дохко бевлачаьрна) . Иза (шул а) т1ех дика хуъуш ву шух дерг . Ша шу (шун да Адам) лаьттах кхоьллинчу хена а , иштта шу бераш долчу хена а шайн нанойн кийранашкахь а . (цундела) Аша (хестадарца) ц1ан ма де шайн дог1маш . Иза т1ех дика хуъуш ву , мила ву кхийринарг
33.(дийцахь Соьга) Хьуна гиний ша (бакъонах) юхаваьлларг (букъ тоьхнарг) ?!
34.Ша к1еззиг (саг1а) делла (иза далар) д1ахадийнарг (дитинарг)
35.Цуьнгахь къайленан хаар ду ткъа , цунна (шен шина б1аьрга ша) гуш (долш) ?!
36.Я цуьнга дийцина дац , ша Мусан тептаршкахь дерг а ?! (дера ма дийцина)
37.Иштта Ибрах1иман (тептаршкахь) а , ша кхочуш дина волу (шена т1едиллинарг)
38.Баккъалла а , ца хьо хьучо (сино) кхечуьнан (синан) къа (аьлла)
39.Иштта , баккъалла а , дац адаманна ша къахьегнарг (лехнарг) бен
40.Баккъалла а цуьнан къинхьегам гур бу (къемата дийнахь)
41.Т1аккха бийра бу цунна (къахьегначунна) цуьнца (къинхьегамца) бекхам - т1ех кхачаме (нийса) бекхам
42.Баккъалла а хьан Деле ю чаккхенан воьрзийла
43.Баккъалла а Цо вела а вина , велха а вина
44.Баккъалла а Цо са а эцна , (чу) са а кхоьллина (ден а вина)
45.Баккъалла а Цо кхоьллина шина кепара - боьрша а , сте а
46.Т1адамах , иза (зудчун кийра) ша 1аночу (буттучу) хена
47.Иштта , баккъалла а Цуьнгахь ду (ден дина) кхин цкъа (юха цкъа) кхоллар
48.Баккъалла а , Цо (царна оьшучуьнгахь) таро йина (церан) , (реза беш) сов баьхна (рицкъангахь)
49.Баккъалла а Иза , (цара лолла дечу , ша нуьре лепачу) седан Дела ву
50.Баккъалла а , Цо х1аллак бина хьалхара (Х1удан къам) 1адаш
51.Иштта (х1аллак дина Салихьан къам) Самудаш а , Ша (царех) цхьа а ца вуьтуш
52.Царел хьалха Нухь (пайхамаран) къам а . Баккъалла а уьш бара , шаьш т1ех зуламе а , (дозанел) т1ехбевлла а
53.(Лут1ан къоман) Шахьарш (айъина) бертала тоьхна (т1ек1елтоьхна) Цо
54.Т1аккха хьулйира уьш (шахьарш , 1азапах) ша хьулйинчо
55.Хьайн Дела муьлхачу зовкхашкахь шек ву хьо ?
56.Х1ара (Мухьаммад) хьалхалерчу кхерамтасархошха кхерамтасархо ву
57.Герга дии герганиг (къемат де)
58.Цуьни вац Аллах1 воцуриг (д1ах1оттийна) гучудоккхуриг (доьллуриг)
59.Ткъа х1окху дийцарах (къур-анах , элчанна т1едоссарна) цецдовлу шу ?!
60.(цунах кхаьрдаш) Доьлу шу , (цу чохь болчу кхерамна х1унда) ца доьлху шу ?!
61.Шу (цу чохь долчунна букъ тоьхна) сакъоьруш ду ?!
62.(шаьш кхоьллинчу) Аллах1ана (хьасталой) сужуд де аша , (Цунна цхьанна) лолла а де аша




54-Сурат Алкъамар (Бутт)
(Маккахь доьссина , 55 аят ду)
Аллах1ахан ц1арца дозудоцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.(х1ай адамаш !) Гергадеана (къемат дийнан) сахьт (хан) . (бакъ долуш элчана заманахь) Бутт а бекъабелла (шина декъе) .
2.Ткъа (элча бакъ хилар т1ехь шаьш ехна) билгало шайна гичи , шаьш (ийманна) букъ тохе цара олу : " (х1ара тхуна гинарг) Д1атуьлур долун базбуанчал (дар изам) "
3.Уьш (Тхан пайхамар) харц вина , т1аьхьа х1итти шайн (тиллачу) лаамашна , (амма) массо а (дики а , вуо а ) болх (ша бинчунна шеко йоцуш бекхам хилар) сецна бу
4.Бакъ долуш цаьрна баьхкинера хаамашха , ша шегахь (вуочух) юхатухург дерг
5.(и къур-анан хаам) Кхачаме (к1орггера) кхетам бу , (амма) кхерамаша (пайдабарца) хьалхабахац (уьш)
6.(букъ тохе) Битахь уьш (тергал ца беш) , (цаьрна) ца дезачу х1умане кхойкхучо (уьш) кхойкхучу дийнахь
7.Шайн хьажарш (сийсазлонна) таь1на (долуш) , уьш г1уьттура (арабевра) бу шайн кешнашкара ,
шаьш баккъалла а даьржина ц1оз долуш санна
8.(шайга) Кхойкхучуьнга (чехка) хьаьвдина , (эцца муьрехь) керстано эра ду : "Х1ара хала (буьрса) де ду"
9.Царел (хьан къомал) хьалха Нухь (пайхамаран) къомо харц (ма) вина (иза хьо санна) . Цара харц (ма) вира Тхан лай (Нухь) . Цара элира :"Жиний хьу кхетна (цунна)" . Иштта (бакъонах кхерамашца) юхатуьйхира (цара) иза
10.Т1аккха шен Деле кхайкхира цо . (" Х1ай сан Дели !) "Баккъалла а со (цара духьало йина) эшийнакх (суна г1ело йинакх) , г1о дехьа (суна аьлла)"
11.(до1анна жоп делла) Оха йиллира стигланан не1арш шорттачу хици
12.Иштта Оха латта лелхийтира шовданашца , т1аккха (стиглари а , лаьттари а) хи (билгала бинчу барамехь) вовшаха кхийтира (Дела) кхелсецначу белха (хьола) т1ехь
13.Оха д1аваьхьира иза (Нухь а ,цуьнци имдиллинарш а , шен дар) аннаш а , хьостамаш а долчу (х1орд-кеманна) т1ехь
14.(и х1орд-кема дара) Ша (Тхан омрунца) Тхан б1аьргашна гарехь лелаш (Оха ша лардеш) . Бекхамна ша харц вина (юхатоьхна) хиллачунна
15.Бакъ долуш , Оха дитина иза (х1орд-кема , т1аьхьа бог1учаьрна) билгалонна . Вуй ткъа (цуьнах пайда эцарца иза) хьахориг (цуьнан ойла йийриг) ?!
16.Ткъа муха дара (керстанналла динчаьрна) Сан 1азап а , (Сан) кхерамтасарш а ?!
17.Бакъ долуш , Оха атта дина къур-ан кхетарна (дагахь 1аморна) . Вуй ткъа (цуьнах пайда эцарца иза) хьахориг (цуьнан ойла йийриг) ?!
18.Харц вира 1адаш (шайн пайхамар) . Ткъа муха дара (керстанналла динчаьрна) Сан 1азап а , (Сан) кхерамтасарш а ?!
19.Баккъалла а Оха хьажийра царна т1е шакаре (ч1ог1а шийла) мох , (царна т1ехь) ца хедачу чолхечу (луьрачу) дийнахь
20.Ша (мохо) адамаш (шайн меттара) бух дохуш (айъина 1уьнкара детташ) , баккъала а уьш долуш санна бухдаьккхинчу хурман диттан орамаш
21.Ткъа муха дара (керстанналла динчаьрна) Сан 1азап а , (Сан) кхерамтасарш а ?!
22.Бакъ долуш , Оха атта дина къур-ан кхетарна (дагахь 1аморна) . Вуй ткъа (цуьнах пайда эцарца иза) хьахориг (цуьнан ойла йийриг) ?!
23.Харц дира Самудас (Тхан пайхамаран) кхерамтасарш
24.Ткъа цара элира :"Тхайха цхьана стаганна (урхалла елла) т1аьхьах1уьтту тхо (цунна) ? (х1ан х1а) Баккъалла а тхо (т1аьхьах1иттахь) т1аккха (хир) ма ду тиларехь а , хьерадовларехь"
25."Доссийна ткъа (Делера) хабар (хьахор) цунна т1е тхуна юкъара ?! (х1ан х1а) Бакъ долуш иза шех (дозалла дарца) воккхавен харц луьйриг ма ву"
26.Царна хуъур ма ду кханалерчу (къематан) дийнахь мила ву шех воккхавен харц луьйриг
27.Баккъалла а Оха (чхар юкъара) арайоккхур ю эмкал , уьш зерхьама , хьо лергдиллина 1е цаьрна (хиндолчунна) , (хьайна бечу новкъахьовзамна) собаре хила хьо
28.Ахьа д1ахаийта цаьрга , баккъалла а хи декъна хилар царна юккъехь . Х1ора (шун хи) маларан мур (шен-шен) рожехь бу
29.Ткъа цара кхайкхира шайн накъосте (и ерца) . Т1аккха цо лаьцна шаьлта хьаькхира (эмкална)
30.Ткъа муха дара (керстанналла динчаьрна) Сан 1азап а , (Сан) кхерамтасарш а ?!
31.Баккъалла а Оха даийтира (хьажийра) цаьрна т1е (Жабраил-малийкан) цхьа ц1ог1у , т1аккха хилира уьш , юьцина кертах (якъаелча) йисина ч1ег1агашха терра
32.Бакъ долуш , Оха атта дина къур-ан кхетарна (дагахь 1аморна) . Вуй ткъа (цуьнах пайда эцарца иза) хьахориг (цуьнан ойла йийриг) ?!
33.Харц дира Лут1ан къомо кхерамтасарш
34.Баккъалла а Оха хьажийра цаьрна т1е т1улгаш кхуьйсу мох , Лут1ан доьзал боцучаьрна . Оха к1елхьара бехира уьш сатосуш
35.Тхайна гергара зовкхаца (къинхетамца) . Иштта бекхам бо Оха (динан пуьсар) хам бечунна
36.Бакъ долуш цо (кхерамтасарца) д1ахаийтира цаьрга Тхан ка (уьш лацар) ч1ог1а хилар . Амма уьш шек хилир кхерамтасаршха
37.Цуьнга бийхира цара цуьнан хьеший . Т1аккха Оха д1аийцира церан б1аьрса . (Оха элира цаьрга :) "Аша 1овша Сан 1азап а , (Сан) кхерамтасарш а
38.Бакъ долуш 1уьйренца т1ех1оьттира цаьрна сецна 1азап
39. "Аша 1овша Сан 1азап а , (Сан) кхерамтасарш а
40.Бакъ долуш , Оха атта дина къур-ан кхетарна (дагахь 1аморна) . Вуй ткъа (цуьнах пайда эцарца иза) хьахориг (цуьнан ойла йийриг) ?!
41.Бакъ долуш даьхкина Фир1авнан къоме кхерамтасарш
42.Цара харц йира Тхан билгалонаш еригге а . Т1аккха Оха лецира (х1аллак бира) уьш сийлахьчуьнна , нуьцкъалачуьнна лацарца
43.(х1ай адам) Шун керстанаш тоьлуш бу царел (д1абаханчарел) ?! Я шуна (оцу 1азапах) ц1ано (маршо) ю (пайхамаршна т1едиссийначу) тептаршкахь ?!
44.Я цара олу :"Тхо тоьлур йолун тоба ю ?"
45.Эшор ю (керстанна) тоба , (бовдарца шайн) яххаш (баккъаш) ерзор ю цара
46.Бакъ долуш (уьш г1овтторан) хан - царна (1азап хиларца) ханйиллина ю . (1азап даларан) Хан балане а , къаьхьа а (хир) ю
47.Баккъалла а къинойн дай (бакъонах) тиларехь а , ц1аргахь а бу
48.Жоьжахатан ц1арга уьш шайн юьхьмаш т1ехь т1екхочу (къемата) дийнахь (цаьрга эра ду :) "Аша 1овша жоьжахатан чам "
49.Баккъалла а Оха кхоьллина массо а х1ума (Тхайн) кхелаца (барамца)
50.Тхан омру ма дац (дарехь) цкъа бен , (кхочуш хиларехь) б1аьрг - нег1ар тохар санна (чехка долуш)
51.Бакъ долуш Оха х1аллак бина (д1абаханчарех) шух теранаш . Вуй ткъа (цуьнах пайда эцарца иза) хьахориг (цуьнан ойла йийриг) ?!
52.Массо а х1ума , цара ша дина долу (д1аяздина) тептаршкахь (ма) ду
53.Массо а жими а доккху а д1аяздина ду
54.(амма) Баккъалла а (Делах) кхоьрурш (ялсаманин) бошмашкахь а татолашкахь а бу
55.Бакъонан пхьоьг1анехь нуьцкъалчу паччахьна (Аллах1ан) гергахь



55 - Cурат Аррахьман (Къинхетамениг)
(Маккахь доьссина , 78 аят ду)
Аллах1ан ц1арца доза доцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Къинхетамениг
2.Цо 1амийна (Шен лешна) къур-ан
3.Цо кхоьллина адам
4.Цо 1амийна цунна дистхилар
5.Малх а , бутт а (Делан) хьесапца (низамца лелаш) бу
6.Седа а , г1абуц (ораматаш) а (Далла) сужуд деш ду
7.Стигал - айбина Цо иза , (нийсонан) терза а д1ах1оттийна Цо
8.Шу т1ех ца дийлийта (нийсонан) терзанехь
9.Аша леладе терза нийсонца , терза ма эшаде аша
10.Латта - (ч1аг1дина) даржийна Цо синошна (адамашна , жинашна)
11.Цу (лаьтта) т1ехь (бес-бесар) стом а , ч1енигаш хецна (кенаш болу) хурман дитт а ,
12.(ча) Кигаш (даххаш) йолу (ялтан) буьртиг а , (хаза) хьожа йог1у буцц а ю
13.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
14.Адам кхоьллина Цо бекъачу боькучу поппарха , (ша ц1ер т1ехь еттина) кхийра пхьег1а санна
15.Иштта жинн а кхоьллина Цо (вовшех) ийначу (ц1енчу) ц1ерах
16.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
17.(Иза) Шиннен (1ай а , аьхки) а малхбален Дела (ву) , иштта (Иза) шиннен а малхбузен Дела (ву)
18.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
19.Д1ахецна Цо (мерзи , дуьри) шиъ х1орд шаьшшиъ цхьана кхета
20.Цаьршинна юккъехь (юкъарлонна Цо дина) пардо ду , и шиъ вовшешна (талхамца) т1ецакхийдийта (эдалар ца хилийта)
21.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
22.Цаьршинна (бух) чуьра схьадовлу (тоьлла) даккхийн а кегийн а (деза) жовх1араш
23.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
24.Цуьнан ду х1ордахула лела , лаьмнаш санна , даккхий дина кеманаш
25.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
26.Оцу (лаьтта) т1ехь мел верг д1атуьлур (лийра) ву
27.Хьан Делан (нуьре) юьхь юьсар ю , сийлаллин а лерамаллин а Да волчу
28.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
29.Цуьнга доьху стигланашкахь а , лаьттахь а мел волчо . Массо а дийнахь Иза г1уллакхехь ву
30.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
31.Тхо парг1ат девра (т1едоьрзура) ду шуна (хьесапна) х1ай (къиношца) дазделларш (адам , жинн)
32.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
33.Х1ай жинийн а адамийн а пхьоьг1а ! Шайн ницкъ кхачахь , стигланашин а лаьттин а дозанан аг1онашкахула (йисташкахула) арадовла (т1ехдовла) , довла шу ара . Шу девра ма дац (Соьгари) билгалонца (ницкъаца) бен
34.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
35.Шуна (х1ай адам , жинн) т1е йоуьйтур ю (к1ур боцучу) ц1еран алу а , (алу йоцучу ц1еран) к1ур а , т1аккха шу к1елхьара девра дац (цунах)
36.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
37.(къемата дийнахь) Стигал яьт1на ц1е дилха санна ц1е елчи
38.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
39.Оцу дийнахь шен къих хоттур дац адаме а , жине а
40.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
41.Къадинарш бевзар бу (оцу дийнахь) шайн вастаца , уьш лоцур бу (малийкаш) к1ажжаш (к1ужалш) а , когаш а т1ийра (ц1ерга кхийса)
42.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
43.(царга эра ду ) Х1ара ю иза , къадечара ша харц йеш (хилла) йолун , жоьжахате
44.Цара гуо туьйсур бу цунна а ц1ийдинчу (кхехкинчу хинан) маларна а юккъехула
45.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
46.Ша шен Далла хьалха (къиношца) х1оттарха кхийринчунна (ялсаманан) шиъ беш (хир) ю
47.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
48.(т1ехь бес - бесар стоьмаш долу) Гаьннаш (генаш) долуш (шиъ беш хир ю цаьрна)
49.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
50.Цаьршинна чохь лелаш шиъ шовда ду
51.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
52.Цаьршинна чохь массо (х1ора) а стоьмах ши тайпа бу
53.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
54.Шаьш тевжина меттанаш т1ехь , шайн чутохарш стоммачу дарех долун . Шина бешан стоьмаш (шайна) герга долуш
55.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
56.Цаьрна (бошмашна) чохь (хийрачу божарех) б1аьрг ларбийраш (мехкарий хир) бу , адам а , жин а царел хьалха (шайха) хьакхадаланза (юкъаметтиг лелонза) болу
57.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
58.Баккъалла а шаьш (мехкарий) долуш санна ц1ени а чекхсаго а жовх1араш
59.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
60.Буй ткъа дикадарна бекхам (дуьхала) диканци бен
61.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
62.И шиъ йоцург кхин а шиъ беш (хир) ю (цунна)
63.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
64.Таь1на баьццарчу басахь
65.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
66.Цаьршинна чохь хьаладолуш шиъ шовда ду
67.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
68.Цаьшинна чохь стом а , хурма а , нар (граната) а ю
69.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
70.Цаьрна чохь тоьлла хазанаш (мехкарий) хир бу
71.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
72.1аьржа б1аьргаш болу , четаршкахь (шаьш) хьулбина болу
73.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
74.Адам а , жин а царел хьалха (шайха) хьакхадаланза (юкъаметтиг лелонза) болу
75.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
76.Шаьш тевжина баьццарчу назбарш т1е а , хазчу кузашна т1е а
77.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
78.Ц1ена хили хьан Дела ц1е , сийлаллийн а ларамаллийн а Да волчу



56 - Сурат Алвакъи1а (Дужург)
(Маккахь доьссина , 96 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозудоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Дужург (къемат де) доьжчи (т1ех1оьттичи)
2.Дац (х1умма а) и дожар (духатохарца) харц дийриг
3.(ша адамаш сийсаз дина) Охьата1ош , (сийлахь дина) ойбуш (ду иза)
4.Дегийча латта дегорх а
5.Аьтча лаьмнаш атарх а
6.Шаьш хилла (мохо) идо чан (санна)
7.Шу хилчи кха тайпа (декъаделла)
8.Ткъа аьтту аг1орхьа берш бу . Муьлш бу аьтту аг1орхьа берш ?
9.Аьрру аг1орхьа берш бу . Муьлш бу аьрру аг1орхьа берш ?
10.(диканца) Хьалхе яккхарехь хьалха хилларш
11.Уьш (Далла) герга берш бу
12.(ялсаманин) Зовкхен бошмашкахь
13.Хьалха баханчарех (цхьа) тоба а
14.К1еззиг т1аьхьабог1учарех а
15.(дешех) Дуьйцинчу (кхелинчу) маьнгеш т1ехь
16.Шаьш цаьрна т1ехь тевжина вовшашна дуьхьалбирзина (болуш)
17.Царна т1ехула хьийзар бу (церан хьашташна) гуттар къона лаьтта кегийраш
18.Маларан (шовданах юьзначу) кхабанашци а , к1удалшци (г1умг1анашци) а , кедаци а
19.(корта) Лазар ца хуьлу церан цунах , (бехна) хьекъална гал ца бовлу уьш
20.Стоьмашци а (хьийзар бу) , цара (шайна) хоржучарех (царна безачарех)
21.Олхазаран жижигци а , царна дукха дезачух
22.1аьржа (баккхий , хаза) баьргаш болу мехкарий хир бу (царна егргахь)
23.(шаьш) Хьулдинчу (баттара даккханза ц1еначу) жовх1арах тера болу
24.Цара деш хиллачунна бекхамна
25.Царна хезар дац цу (ялсамани) чохь эрна (бегаше) а , къилахь (ирча) а (долун) къамелаш
26."Маршалла , маршалла" алар бен
27.Ткъа аьтту аг1орхьа берш бу . Муьлш бу аьтту аг1орхьа берш ?
28.(уьш дера бу) К1охцалха ц1андинчу лотос дитташна юккъехь (хир) берш а ,
29.Хьийкъинчу стоьмех дуьзначу бананан дитташна (юккъехь хир берш) а
30.Дехха х1оттийначу 1индаг1ехь (хир берш) а
31.Гуттар а оьхучу (дог1учу татолан) хинехь
32.Шорттачу стоьмашкахь
33.(ша царех) Д1а а ца хедаш (заманца) , юха а ца кхеташ (т1екховдарха)
34.Айъинчу (к1едачу) меттанашкахь
35.Баккъалла а Оха кхоьллина уьш (ялсамани мехкарий) кхолларх а
36.Ткъа Оха бира уьш йо1стегрий
37.(шайн майранашка) Безам болш (царна хьастабелла , къамел мерза долш) , цхьана хенара болш
38.Аьтту аг1орхьа (хир) болчарна (бу уьш)
39.Хьалха баханчарех (цхьа) тоба а
40.К1еззиг т1аьхьабог1учарех а
41.Аьрру аг1орхьа берш бу . Муьлш бу аьрру аг1орхьа берш ?
42.(уьш дера бу , бовхаллийна) Вагочу мохехь а ц1ийдинчу хинехь а (хир) берш
43.1аьржачу к1уьран 1индаг1ехь
44.Шийла доцуш , (дег1ана) аьхна (томе) доцуш
45.Баккъалла а уьш бара цул хьалха (дуьненахь) зовкх хьогурш
46.Уьш бара шаьш къарцалуш доккхачу (Делаца декъашхо вар) къа (дар) т1ехь
47.Баккъалла а уьш бара шаьш (ца тешарца) олуш :"Ткъа тхо (дала а) делла , тхоьх латта а (мурйоьлла) даь1ахкаш а хилча , баккъалла а тхо (дендина) г1овттор ду ткъа ?"
48."Я тхан хьалхалера дай ?"
49.Ахьа ала (х1ай Мухьаммад !) :"Баккъала а хьалхалеранаш а т1аьхьабог1унберш а "
50.Гулбийр ма бу билгалдолчу (къемата) дийнан (тоьхначу) ханна
51.Т1аккха , баккъалла а аша , х1ай (бакъонах) тилларш , (Делан дош) харцдийраш
52.Дуур ма ду къаьхьчу диттан стоьмаш
53.Юзур ма ю (аша) цуьнах (шайн) гайш
54.Мер ма ду (аша т1аккха) цу т1е ц1ийдинчу хих
55.(хих ца 1ебачу) Хьогахчо ма маллара
56.Х1ара дукх церан т1ебуьссийла (царна кечдинарг) бекхаман дийнахь
57.Оха ма кхоьллина шу , ткъа аша бакъ х1унда ца до (шаьш г1овттор) ?
58.Аша ойла йиний ша аша (зударийн кийра) юттучуьнна ?!
59.Шу ду и кхуллуриг , я Тхо ду кхуллурш
60.Оха дина шуна юккъехь валар (хан тоьхна) , Тхо ма дац г1орасиз (х1ай адамаш !)
61.Тхаьш шу шайха терчаьрца хийцар т1ехь а , Тхаьш шуна ца девзачу васташкахь шу кхоллар т1ехь а
62.Бакъ долуш шуна хиъна хьалхара (адам) кхоллар , (иза хьахадарца цуьнан) ойла х1унда ца йо аша (х1ай адам !) ?
63.Аша ойла йиний шаьш дуьйш долчу кхаш ?!
64.Шу ду шаьш и (ялтанаш) хьалакхуьуьйтурш , я Тхо ду (тхайн комаьршонца) кхиораш ?!
65.Тхайна лиъчи Оха дийра ма дар иза дакъаделла (хийкъанза) , т1аккха шу лаьттара ма дара дохко девлла
66."Баккъалла а тхоьх г1уда ма хьаьрчина" (олуш)
67."Бакъ долуш тхо рицкъанах хадийна"
68.Аша ойла йиний хин ша аша молуш долчу ?!
69.Аша даийтина иза мархашкара , я Тхо ду и доуьйтурш ?!
70.Тхайна лиъчи Оха дийра ма дар иза дуьра (къаьхьа) . Хам-пуьсар х1унда ца до аша (шайна динчуьнна) ?!
71.Ойла йиний аша ц1ера шаьш латош йолчу ?!
72.Аша кхиийна цуьнан дитташ , я Тхо ду уьш кхиораш ?!
73.Оха йина иза (жоьжахатан ц1е) дагайаийтарна (хьехамна) а , некъахошна пайденна а
74.Ахаьа ц1ан йе (яз йе) хьайн сийлахьчу Делан ц1е
75.Х1ан - х1а ! Ас дуй буу седарчий доьрзучу меттигашца
76.Баккъалла а , иза дуй , шуна хаахь , боккха ма бу
77.Баккъалла а иза сийлахь къуран ма ду
78.Лардечу (дезачу) жайнахь (тептарахь)
79.Хьакхлура бац цунах ц1енаберш бен
80.(ша) Доссадар 1аламийн Делера долуш
81.Ткъа х1окху къамелах шу (харц деш) дашац ?!
82.Аша до шайн (Дала делла) рицкъа (хам-пуьсар дар доцуш) , баккъалла а . (Цуьнгара хилар) шаьш харц деш
83.Ткъа (вала волчунна) са логе (легге) кхаьчча
84.Шу оцу хенахь (цуьнга) хоьжуш долуш
85.Тхо ма ду цунна шул а т1ех герга , делахь шуна (и) ца го
86.Шу хилчи (бекхамна г1овтторах) ца тешарш
87.Юха дерзор дар-кха и (са логера) шаьш бакъ луьйш хилчи
88.Амма иза (вала воллург) хиллехь (Далла) гергарчарех
89.(цунна) Синтем , сада1ар , зовкхен (ялсамани) беш (хир) ю
90.Амма иза хиллехь аьтту аг1орхьа болчарех
91.Т1аккха маршалла ду хьуна аьтту аг1орхьа болчаьргар
92.Амма иза хиллехь (г1овттор) харц дечарех , тиллачарех
93.Т1аккха (цунна) хьеша-кхача , ц1ийдинчу хих (хир) бу
94.Жоьжахата чу вахар хир ду
95.Баккъалла а х1ара ша билггала бакъ дерг ма ду
96.Ахьа ц1ан йе (яз йе) хьайн сийлахьчу Делан ц1е



57 - Сурат Алхьадийд (Эчиг)
(Доссар Маккахь я Мадинатахь хилла ‚ 29 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Аллах1 ц1анварца вазвина стигалшкахь а , лаьттахь а мел долчо . Иза сийлахь верг а , кхетаме верг а ву
2.Цуьнан ду стигалшин а лаьттин а паччахьалла . Цо (синош) ден а до , д1а а оьцу . Иза массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш ву
3.Иза (йийца хьалхе йоцуш) хьалхарниг а , (йийца т1аьхье йоцуш) т1аьхьарниг а , гуш верг а , къайлах верг а ву . Иза массо а х1уманах дерг хууш ву
4.Иза ву Ша кхоьллинарг стигалш а , латта а ялх дийнахь . Т1аккха Иза (Шеца дог1учу куьцара) д1атарвелира 1арша т1ехь . Цунна хаа лаьттах доьдург а , цуьнах арадолург , стиглара дуссург а , цуьнга хьала доьдург а . Иза шуьца ву миччахьа а шу хилчи а . Аллах1 аша дийриг гуш 5.(цуьнан терго еш) ву
Цуьнан ду стигалшин а лаьттин а паччахьалла . Аллах1е дерзадо белхаш
6.Цо юллу буьйса дийнан чу (и дахдеш) , Цо дуллу де буьйсенан чу (и яхъеш) . Иза хууш ву (кийрара) дегнашкахь дерг
7.Шу теша Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а . Аша харж йе (дохка) шена Цо шаьш т1ех1иттийначух . Ткъа шух шаьш тешнарш а , харж йинарш а цаьрна йоккха ял (хир)ма ю
8.Аллах1ах х1унда ца теша шу , элча ма ву шу кхойкхуш шайн Делах тешаре . Бакъ долуш Цо шуьгара ч1аг1о эцна (цу т1ехь) , шу хилчи (делахь) муъманах
9.Иза ву Ша билггала (къуранан) аяташ диссош верг , шу арадахархьама (тиларан) боданашкара (ийманан) серлонга . Баккъалла а Аллах1а шух доглозуш верг а , къинхетаме верг а ма ву
10.Харж х1унда ца йо аша (х1ай муъманах!) Аллах1ан новкъахь , Аллах1ан ма ду стигалшин а , лаьттин а ирс . Шух цхьа терра ма вац (Макка) яккхале хьалха харж йинарг а , т1ом бинарг а . Уьш даржехь лекха бу шаьш харж йинчарел а , т1ом бинчарел а (Макка яьккхичул) т1аьхьа . (царна) Массарна а Аллах1а ва1до (ч1аг1о) йина ялсаманца . Аллах1 аша дийриг девзаш ву
11.Мила ву иза , ша юхалург Аллах1ан (новкъахь) хаза декхар лун дерг (Дела дуьхьа харж йийраерг) , Цо иза (дика) дебор ду цунна , цунна йоккха ял (ялсамани хир) ю
12.Хьуна гур болчу дийнахь муъмастегрий а , муъмазудрий а шайн (нуьран) серло лепаш шайн хьалха а , шайн аьтту аг1онашкахьа а , кхаъ бу шуна тахана (эра ду цаьрга) шайна к1елахула татолаш лелачу бошмашца (шаьш) гуттар а оцу чохь хир долш . Иза бу сийлахь (боккха) толам
13.Оцу дийнахь эра ду мунепикъстеграша а мунепикъзударша а тешначаьрга (имдиллинчаьрга) : Аша тхуна собардахьара шун серлонах серло оьцур яра оха" . (цаьрга жоп луш) Эра ду :"Юхадерза шаьш даьхкинчу , цигахь лаха аша (шайна) серло" . Пе (керт) х1оттийра цаьрна юккъехь шен не1 йолш , цуьнан чухуле - шена чохь (ялсаманин) къинхетам болш ю , ткъа цуьнан аре - шегахьара (жоьжахатан) 1азап долш ю
14.Цара кхойкху уьш (имдиллинарш) :"Тхо дацара ткъа (дуьненахь) шуьца ?" (але) . Цара эра ду :"Бакъ ду дар , амма (делахь) баккъалла а аша питне дир шайн дог1маш , (тхуна бохаме) ладоьг1уш 1ийра шу , (бакъонах) шек девлира шу , сатийсамаш 1ехийра шу (са эцарца) Аллах1ан кхел шайна т1ех1отталца а , 1ехочо Аллах1ах шаьш 1ехадаллаца а
15.Тахана эцац шуьгара маха а , (къобул бац) шаьш керстаналла динчаьргара а . Шун доьрзийла жоьжахате ю , иза шуьца йог1уш ю . Ма во воьрзийла ю (иза)
16.Хан ца хилла ткъа шаьш имдиллинчаьрна церан дегнаш к1аддала (хьастадала) Аллах1 хьахаварна а , бакъдолчух (къуранах) доьссинчунна а , уьш ца хила а (царел) хьалха шайна жайна деанчарех (доссийначарех) тера . Ях елира царна т1ехь зама , (Дела хьахацаварна) церан дегнаш ч1аг1делира , царех дукхахберш песикънах бу
17.Шуна (х1ай адамаш) хаийла , баккъалла а Аллах1а (дог1анца) латта ден дойла иза (дакъа) деллачул т1аьхьа . Бакъ долуш Оха билгала йира шуна билгалонаш , шу хьекъале хилийтархьам (17)
18.Баккъалла а саг1анестегрий а , саг1анезударий а , шаьш юхалург Аллах1ан (новкъахь) хаза декхар делларш (Дела дуьхьа харж йинарш) а , царна (и дика) деба а до , иштта царна йоккха ял (ялсамани хир) ю
19.Шаьш тешнарш Аллах1ах а , Цуьнан элчанашха а , уьш шайн Далла гергахь шаьш бакъончаш а , т1ематешаш а бу Царна шайн ял а , шайн серло а ю . Ткъа шаьш керста хилларш а , Тхан аяташ харцдинарш а уьш жоьжахатан дай бу
20.Шуна хаийла , баккъалла а дуьне - ловзар а , синкъерам а , исбаьхьалла (хазалла) а , шайна юккъехь (аша) дозалла дар а , бахамехь а , доьзаллехь а (шу) совдилар а дуй , дог1анах тера ша (бахьанца кхиъначу) шен (ялтан) сийнос ахархой цецбаьхначу , цул т1ахьа якъало (и сийно) т1аккха хьуна го иза мажъелла , цул т1аьхьа хуьлу цуьнах гам . (керстанашна) Эхартахь ч1ог1а 1азап ду . (муъманахана) Гечдар ду Аллах1ера , резахилар ду . Дуьненан дахар (исбаьхьалла) ма дац 1ехаваларан зовкх бен
21.Аша сихо йе (къовса) шайн Делера гечдаре а , ялсамане а (кхача) шен шоралла стигланин а лаьттин а шоралла санна йолчу , ша кечйина йолчу шаьш тешначаьрна Аллах1ах а , Цуьнан элчанашха а . Иза (ялсамани) Аллах1ан комаьршо ю , ша Цо луш йолу Шена луучунна . Аллах1 йоккхачу комаьршонан Да ву .
22.Бала беана ма бац лаьттахь (йокъалла х1оттарца) а , шун дог1машкахь (цамгаршца) а (ша) жайнахь (д1аязбина) болш бен Оха уьш (латта , синош) кхоллале хьалха . Баккъалла а иза Аллах1ана атта ду
23.(Тхайн кхоллам бовзийтар) Шу г1айг1ане ца хилийта а ша шух д1атиллачунна т1ехь , шу даккхий ца дейта а ша шуна деллачунна т1ехь (ду) . Аллах1ан везац массо а дозалладийриг а , кураниг а
24.Шаьш б1аьрмециг болу , нахе омру деш болу б1аьрмецигалца . Ша (бакъонах) юхаваьлларг милла велахь а , (цунна хаийла) баккъалла а Аллах1 - Иза (цуьнга хьашто йоцуш) таро ерг а (кхачаме верг а) , хастаме верг а ву
25.Бакъ долуш Оха хьовсийна Тхайн геланчаш билгалонашца , доссийна Оха цаьрца жайна а , (нийсонан) терза а ,
нах (адамаш) нийсонца (бакъонца) д1ах1иттийта а . Оха доссийна эчиг (лаладан хаар) а , цуьнца ч1ог1а ницкъ а бу , нахана (дахарехь цунах) пайданаш а бу . Аллах1ан хаархьама (оцу г1ирсаца) хьа толор ву Ша (Шен дин) , Шен геланчаш а (Ша царна гарха) къайлаха (волш) . Баккъалла а Аллах1 ницкъберг а , г1орадерг а ву
26.Бакъ долуш Оха ваийтина Нухь а , Ибрах1им а . Оха дира цаьршинан т1аьхьенехь пайхамаралла а , жайна а . Ткъа царех нисвелларг ву , дукхах берш царех песакънах бу .
27.Цул т1аьхьа Оха бахкийтира церан ларрашца (царна т1аьххье) Тхайн геланчаш . Оха ваийтира Марьяман к1ант 1иса . Оха цунга делира инжийл . Оха хилийтира шаьш цунна т1аьхьа х1иттинчера дегнашкахь догк1едалла а , къинхетам а . (дуьненах) Д1ахадар - цара кхоьллира иза (шайгара) . Оха т1едиллина дацар иза цаьрна . Аллах1 резавар лаар а бен . Амма цара лар ца дира иза (шайн д1ахадар) ша дан ма дезза . Оха елира царех шаьш имдиллинчаьрна шайн ял . Дукхах берш царех песакънах бу .
28.Х1ай шаьш (1ийсах) тешнарш ! Аллах1ах кхерийша , Цуьнан элчанах (Мухьаммадах) тешийша , т1аккха Цо шуна лур ма ду шиъ дакъа Шен къинхетамах , Цо шуна серло лур ма ю шу шеца лелар долу , Цо шуна гечдийр ма ду . Аллах1 ма ву гечдийриг , къинхетамениг .
29.Хаийтархьам жайнан ох1ланна церан ницкъ ца кхочий Аллах1ан комаьршонах х1уманна т1ехь . Баккъалла а комаьршо Аллах1ан карахь юй , Цо ша луш Шена луучунна . Аллах1 йоккхачу комаьршонан Да ву



58 - Сурат Амужадила (Къуьйсушъерг)
(Мадинатахь доьссина , 22 аят ду)
Аллах1а ц1арца доладо аса доза доцуш шорта а , даиманна болу къинхетам да волчу .


1.Бакъ долуш , Аллах1ана хезна , хьоьца (х1ай Мухьаммад) шен майрачун хьокъехь дагайолучун (къуьйсучун) а , Аллах1е балхам бечун (арз дечун) а алар (къамел) . Аллах1 хезаш ву шу шинна дагадалар . Баккъалла а Аллах1 хезаш , гуш ву
2.Шух шайн зударий (шайн наной баккъашка уьш тарбарца) хьарамбийриш , уьш (церан зударий) бац (ца хуьлу) церан наной (санна хьарам , цара иза аларха) . Церан (иза олучеран) наной ма бац , шаьш уьш бинарш (дуьнена баьхнарш) бен . Баккъалла а , цара дуьйцу бух боцу а , харц долу а къамел . Баккъалла а Аллах1 къинт1ера волург а , гечдийриг а ву
3.Шайн зударий шайна хьарам бина , цул т1ехьа шаьш аьллачух юхабевларш (шайн дош юхаэцнарш) , царна т1ехь ду лай маьрша ваккхар , шаьшшиъ (зуда-майра) вовшах хакхадалале (меттахь) , иза шуна ден хьехар (омр) ду . Аллах1 аша дийриг хуъуш ву
4.Шена ца карийначо (маьрша ваккха лай) , юкъа де ца дуолуьйтуш ши бутт марханаш кхаба деза шаьшшиъ (зуда-майра) вовшах хакхадалале (меттахь) , ткъа шен (марха кхаба) ницкъ ца кхаьчначо , кхузткъа миска вузо веза . Иза шу Аллах1ах а , Цуьни элчанах а тешийтархьама ду . Уьш (х1ара хьукманаш) Аллах1ан дозанаш ду . (цаьрца) Керста болучаьрна (цатешачаьрна) лазон 1азап ду
5.Баккъалла а шаьш Аллах1ана а , Цуьни элчана а (дозанашна) дуьхьала буьйлурш , сийсаз бийра бу царал хьалха хилларш сийсаз ма барра . Бакъ долуш Оха диссийна (кхетамна) билгала аяташ . (царах) Цатешачаьрна (уьш) сийсазбен 1азап ду
6.Аллах1а уьш беригге а г1овтор болун (къемата) дийнахь , д1адовзуьйтур ду цаьрга цара динарг , Аллах1а лардина иза (цара динарг) , (амма) цара дицдина иза . Аллах1 массо а х1уман т1ехь теш ву
7.Хьуна ца хиъна , баккъалла а Аллх1ана стиглашкахь дерг а , лаьттахь дерг а хаъий ? Кхаьннан къайлах къамел ца хуьлу , Иза виолг1а волуш бен (и хаъарехь) , я пхеннан Иза ялхолг1а волуш бен , я цул к1еззиг , я цул сов - Иза шайца волш бен уьш миччахьа а хилчи . Цул т1ехьа , Цо цаьрга д1адовзуьйтур ду цара динарг къемата дийнахь . Баккъалла а , Аллах1 массо а х1уманах дерг хуъуш ву
8.Хьуна ца гина и шайга къайлах къамелаш ма де аьлларш , цул т1ехьа боьрзуш шайга ма де аьллачуьнга , шаьш (шайна юкъахь) къайлаха къамеле буьйлуш къилахь долчунци (харцонци) а , мостаг1аллийци (зуламци) а , элчана 1еса хиларци а ? Хьо волче шаьш баьхкичи , Аллах1а хьоьга ца деллачу куьцара салам ло цара , шайн дагахь цара олу : "(и пайхамар бакъ хилчи) Вайна Аллах1а 1азап х1унда ца ло вай олучуна ?". Тоьара ю (иза олучу) царна (г1удана) , шаьш оцу (къемата дийна) чуг1ура болун , жоьжахате (цуьни 1азап) . Ма вуо воьрзийла ю иза
9.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Шаьш хьуламехь къамел дичи , аша иза (къамел) ма делаш (мунепикъаша санна) къилахь долчунци (харцонци) а , мостаг1аллийци (зуламци) а , элчана 1еса хиларци а . Аша къамелаш де диканци , (Делах) кхерарци . Аллах1ах кхералуш , Цунга шаьш гулдийр долчу
10.Баккъалла а къайлах къамел шайт1анера ду , шаьш имдиллинарш г1айг1ане эгийтархьама , амма иза (къайлах къамел) царна (имдиллинчаьрна) зе дийра долуш ма дац х1уманца , Аллах1ан лаъамци (пурбанци) бен . Аллах1ана т1е товжийла муъма-нах (имдиллинарш)
11.Х1ай шаьш имдиллинарш ! (нагахь санна) Шоьга аьлчи охьаховжаран гуламашкахь : "Д1а-схьа хила (меттиг баккха) " , шу д1а-схьа хилалуш , Аллах1а меттиг лур бу шуна (ялсаманахь) . Ткъа (шайга) "Хьалаг1итта" аьлчи , шу г1итталуш , Аллах1а (ялсаманин) даржашкахь лакхабоху шоьх шаьш имдиллинарш а , шайна (Дала) 1илма делларш а . Аллах1 аша дийриг хуъуш ву
12.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Шайна элчанца хьуламехь къамел дан лиъчи , шайн къамел хилале саг1ийна х1ума ло , иза шуна тоьлуш (г1олий) а , т1ех ц1ени а (дерг) ду . Ткъа шуна ца караяхь (саг1ийна яла х1ума) , баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетаме верг ву
13.Шу кхера дели ткъа шайн къамелал хьалха саг1анаш дахарха (и шайна т1едожарха) ?! Аша иза ца дахь -Цо шуна гечди (хьалха дехи шу цунах) - ламаз (мукъане) де (шен бехкамашца) , закат ло , Аллах1ана а , Цуьни элчана а муьт1ахь хила . Аллах1 хуъуш ву аша дийриг
14.Хьуна ца гина , Аллах1 шайна оьг1аз вахана къомаца (нахаца) гергарло лелораш ?! Уьш (и гергарло лелораш) ба ма бац (я) шух ле царах . Харцона т1ехь (къера) дуй буъу цара , шайна хуъуш долущехь (шаьш харц хилар)
15.Аллах1а кечдина цаьрна буьрса 1азап . Баккъалла а , боьха (вуо) дара цара дийриг
16.Шайн дуйнашха турс (дуьхьло) дина , (имдиллинарш) Аллах1ан новкъах юхабетташ . Цаьрна сийзаз бен 1азап (хир) ду
17.Уьш , цхьанне а кепара Аллах1ах (Цуьни та1зарха) , хьалха бохур ма бац церан бахамаш а , доьзалш а . Уьш жоьжахатан дай бу , оцу чохь уьш гуттар лаьттар бу
18.Аллах1а шаьш массо а г1иттор долчу дийнахь , цара дуй буъур бу Цуна , шаьш (дуьненахь) шоьга ма баъара , шайна моьттуш , баккъалла а шаьш (и дуй баъарехь шайна) пайден х1уман т1ехь ду . "Хаъа луъчуна хаъа ду шуна" ! Баккъалла а уьш ма бу шаьш т1ех харц берш
19.Шайт1ано уьш эша а бина (шен куьйга к1ел а балийна) уьш , Аллах1 хьахавар дагар даьккхина (дицдина) царна . Уьш шайт1ана (б1ахойн) тоба ю . Ткъа шайт1ана тоба , уьш кхоччуш эшнарш бу (19)
20.Баккъалла а шаьш Аллах1ана а , Цуьни элчана а (дозанашна) дуьхьала буьйлурш , сийсаз бинчарах бу.
21.Аллах1а сацам бина (яздина) : "Бакъ долуш , толам бакхне а боккхур ма бу Аса а , Сан элчанаш а". Баккъалла а Аллах1 ма ву ницкъ берг , сийлахь верг
22.Хьуна карор дац , шаьш Аллах1ах а , т1аьхьарчу (къемата) дийнах а тоьшуш долу къам , ша безаш Аллах1ана а , Цуьни элчана а дуьхьала буьйлурш , уьш церан дай , я к1ентий , я вежарий , я гергарнаш хиллехь а . Уьш , Цо церан дегнашчохь ийман (гулдина) ч1аг1дина , Шегара толамца (сица) уьш айъа а айъина . Цо уьш бохуьйтура бу , шена к1елахула татолаш лелачу , (ялсаманин) бешмашка , оцу чохь шаьш гуттар хир болуш . (уьш Шена муьт1ахь хиларна) Аллах1 реза ву цаьрна , (шаьш ялсамани бахийтарна) уьш бу реза Цуна (совг1атна) . Уьш Аллах1ан (б1аьхойн а , авлияин а) тоба ю . Ткъа Аллах1ан тоба , уьш кхоччуш декъала хилларш бу





59-Cурат Алхьашр (Д1агулбар , лахкар)
(Мадинатахь доьссина , 24 аят ду)
Аллах1а ц1арца доладо аса доза доцуш шорта а , даиманна болу къинхетаман Да волчу .


1.Аллах1 вазварца хеставо (ц1анво) стиглашкахь а , лаьттахь а мел долчо . Иза сийлахь , (говза) кхетаме ву
2.Иза ву , ша арабаьхнарг , (шайна т1е) жайна (Товрат) доьссинчарех (жугтех) шаьш керстаналла динарш , шайн керташкара хьалхарчу (лаьхкина) д1агулбарна . Шуна ца моьттура (х1ай муъм-нах) уьш арабевра бу , ткъа царна (жугташна) моьттура , баккъалла а шайн (нуьцкъалчу) б1аьвнаш шаьш Аллах1ах (Цуьни 1азапах) лардийра ду . Амма Аллах1 веара (Шен 1азапца) царна дагахь доцчухула , Цо тесира церан дегнашчу кхерам (1адор) . Шайн х1усамаш шайн куьйга а , муъм-неха куьйга а йохайора цара . Ойла йе (оцу белха) х1ай хьекъалан дай !
3.Аллах1а царна махках бахар ца яздинехьара , дуьненахь (кхин) 1азап лур дара Цо царна . (ткъа) Эхартахь (жоьжахатан) ц1ера 1азап (хира) ду царна (сецна) .
4.Иза (махках бахар) , баккъалла а цара Аллах1ана а , Цуьни элчанна а харцо (шалхо) ярна дара . Ткъа Аллах1ана харцо йийриг (милла велахь) , баккъалла а Аллах1 (цуна) та1зар ч1ог1а (дийра) долуш ву (4)
5.Аша хурман диттах хадийнарг , я аша (ца хадош) шен орамаш т1ехь цунах дитинарг а , Аллах1ан пурбанци (бакъонца) ду , (шалхо йина) песакх-нах (жугтий) сийсазбархьама (холчу х1итторхьама) .
6.Аллах1а Шен элчана х1онс (совг1ат) юхаерзийра царех (жугтех) , Аша ца лаьхкира (хаьхкира) иза юхаерзаярехь дой а , эмкалш а . Делахь а , Аллах1а т1етосу Шен элчанаш Шена луъучуна (церан дагчу кхерам тасарца) . Аллах1 массо а х1умана т1ехь ницкъ кхочуш ву
7.Аллах1а Шен элчанна , ярташан бахархошкара , (Шегара совг1ат дина) юхаерзийна х1онс , иза (х1онс) Аллах1ана а , Цуьни элчанна а , (цуьни) гергарчаьрна а , байшна а , мисканашна а , некъахочуна а (дакъа долуш) ю . Иза ца хилийтархьама д1а-схьа кхоссар (кар-кара эцар) таройолчаьрна юкъахь . Элчано шайга кховдийнарг т1елаца , ткъа цо шайна ца магийнарг , (генадовларци) дита . Аллах1ах кхералуш , баккъалла а Аллах1 та1зар ч1ог1у долуш ву (шуна)
8.Иштта (х1онсах дакъа ду) , мохк битинчу пекъаршна а , шаьш шайн керташкари а , шайн бахамашкари а арабаьхна болчу , Аллах1ера коьмаьршо а , (Иза) реза хилар а (лехарна) лоьхуш . Шаьш Аллах1ан а , Цуьни элчанан а дин толош . Уьш , шаьш бакълуьйриш бу
9.Царел хьалха шайн (Мадийнатахь) керт хилларш а , (дезарци) имдиллинарш а , (шайн дикаллийна) царна веза махках (Макках) ваьлла шайна т1евеанариг , царна караяц шайн кийранашкахь царна (т1ебаьхкинчаьрна) кхьачначуьнга (х1онсе) хьашто (хьаг1) , цара (бухарчаьра) толабо (дуьненан даьхненгахь) уьш (т1ебаьхкинарш) шайн дог1маш т1ехь , шайгахь хиллехь а (даьхненга) хьашто .
Шен дег1а сутаралла (юхатохарци) ларйинарг (милла велахь) , уьш , шаьш (декъала хиларци) тоьлларш бу
10.Шаьш царел т1аьхьа (х1окху дуьнена) баьхкинарш , цара олу :" Х1ай тхан Дели ! Гечдехьа тхуна а , шаьш ийманци (имдилларехь) тхоьл хьалха бевлачу тхан вежаршна а , Ахьа ма ехьа тхан дегнашчохь шаьш имдиллинчаьрга хьаг1-гамо . Х1ай тхан Дели ! Баккъалла а Хьо (хьайн халкъах) доглозуш (къахеташ) , (дохко ваьллачуьнци) къинхетаме ву
11.Хьуна ца гира шаьш мунепикъалла динчаьра , жайни дайшха шаьш керстаналла динчу шайн вежаршка шаьш олуш : " (оху ч1аг1о ма йо , нагахь санна) Шу (шайн керташкари) арадахахь , тхо а девра ма ду (тхайн керташ йитина) шоьци ара , тхо муьт1ахь хир ма дац шу сийсаз дарехь цхьанненна а цкъа а , ткъа шуна дуьхьала цхьамма т1ом бахь , оха шуна г1о дийра ма ду". Аллах1а тешалла ма до , баккъалла а уьш (шайн ч1аг1онгахь) харцлуьйш ма бу (аьлла)
12.(Аса ч1аг1о ма йо) Вуьш арабаьхчи , уьш (и бохурш) арабевра ма бац , вукхаьрна дуьхьала цхьамма т1ом бичи , цара (церан аг1онт1ехь т1ом беш) цаьрна г1о дийра ма дац , ткъа цара цаьрна (т1ехиттина) г1о дичи а , (шайн) баккъаш берзийна бовдур ма бара уьш , т1аккха цаьрна г1о хир ма дацара
13.Шоьх (х1ай бусалба) кхерар ч1ог1а ма ду церан (мунепикъан) дегнашкахь , Аллах1ал (Цуьнах кхералал) а , иза баккъалла а уьш кхеташ доцун къам хиларна ду
14.(шаьш к1иллу хиларна) Цара шоьци гулбелла (аренца) т1ом ма ца бо , ч1аг1йинчу ярташкаш , я (шайна гуо бичи) пенашна т1ехьа (левчкъина) бен . Церан мостаг1алла шайна юкъахь ч1ог1а ду (шайна юкъахь майра бу уьш) . (хьайна уьш гуламехь гичи) Цхьаьна болш (санна) хета хьуна (х1ай бусалба) уьш , амма дегнаш декъаделла ду церан . Иза баккъалла а уьш хьекъал доцуш хиларна ду
15.(ийман дитарехь церан масал) Гергарчу хенахь шайла (царел) хьалха хилчеран масалха тера ду , (дуьненахь) шайн белха (бекхаман) та1зар (махках лахкар) 1аьвшира цара , (иштта) цаьрна (эхартахь) лазош (1овжош) хиндолу 1азап ду
16.(шайн ямартхиларехь церан масал) Шайт1анан масалха тера ду , ша адаме аьлла долу : "Керстаналла де". Ткъа цо керстаналла динчу хена , ша аьлла : "Баккъалла а со ц1ена ду хьоьх (ахьа динчух) , баккъалла а со кхоьруш ма ду (массо а) 1аламийн (кхолламан) Дела волчу Аллах1ах "
17.Цаьршина (тилийначу а , тилавеллачу а) чаккхе яра , баккъалла а , и шиъ жоьжахатехь хилар , оцу чохь шаьш гуттар лаьттара долуш , иза (керстаналла динчу) зуламдайн бекхам бу
18.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Аллах1ах кхералуш , хьажийла (х1ора) дег1 (са), ша кханенна (къемата денна) х1ун кечдина . Аллах1ах кхералуш , баккъалла а Аллах1 аша дийриг хууш ву (шуна)
19.Шу ма хилалуш шаьш Аллах1 (хьахо) вицвина , таккха Цо шайна шайн дог1маш (дикачу 1амалшха) дицдиначарех тера . Уьш , шаьш (муьт1ахь ца хиларна) песакх берш бу
20.(даржехь) Цхьатерра бац жоьжахатан дай а , ялсаманан дай а . Ялсаманан дай , уьш бу (шайн лерам барна) тоьлларш
21.Оха х1ара къур-ан цхьана лома т1е доссийнехьара , хьуна иза гур ма бара ша хьастабелла , Аллах1ах кхерарна лилхина . И масалш Оха даладо адамашна цаьрга ойла яйтархьама
22.Иза - Аллах1 , Ша бен кхин дела воцу , къайлах а , гуш а дерг Ша хуург ву , Иза доза доцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да ву
23.Иза - Аллах1 , Ша бен кхин дела воцу , олалла дерг , беркатениг (ц1енаниг) , машарениг (кхачамениг) , тешамениг , тидамениг , сийлахьниг , везаниг , воккханиг ву . Ц1ена вукх Аллах1 цара (Шена) вечу декъашхочух
24.Иза - Аллах1 , кхуллург , юкъадоккхург , куцлург ву , хаза ц1ераш ю Цуьни . Иза (ц1анварци) хеставо стиглашкахь а , лаьттахь а мелдолчо . Иза сийлахь , кхетаме ву .



60-Сурат Алмумтахьана (Зуьйриг)
(мадийнатахь доьссина , 13 аят ду)
Аллах1ан ц1арца доладо аса доза доцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Аша ма лаца Сан мостаг1 а , шайн мостаг1 а (уьш шайн) доттаг1ий (г1оьнчаш бина) , гергарло (марзо) кхийдош цаьрга . Бакъ долуш керстаналла дина цара шоьга йеанчу (къур-анан) бакъонца . Элчи а , шу а (шун шахьарчуьра) арадоху цара , аша имдилларна Аллах1аца-шайн Делаца . Шу Сан новкъахь джих1адана (къинхьегаме т1амна) а , Сан реза хилар лоьхуш а арадевлехь (уьш-керста доттаг1ий ма леца) . Шаьш цаьрга (долун) гергарло (безам) хьулдеш . Со (шух массарел а) т1ех дика хуъуш ву аша кийрадоьллинарг (хьулдинарг) а , гучудаьккхинарг а . Шоьх иза (хьуламехь гергарло) лелийнарг (милла велахь а) , бакъ долуш тилла (галваьлла) новкъа нийсонах (нийсачу новкъах)
2.Уьш шуна т1енисбелчи (церан де х1оьттичи) , шун мостаг1ий хуьлу царех , шун т1е (шу дайъа) куьйгаш кхийдадо цара , шайн меттанаш д1ахоьцу (шуна) лерци , аша (бакъонца) керстаналла даре дог а доху цара
3.Шуна г1о данне а дийра ма дац шун гергарачаьра а , шун бераш а , къемата дийнахь шу (вовшех) къастора ду Цо , Аллах1 аша лелориг (дийриг) гуш ву
4.Бакъ долуш , шуна дара дика масал - Ибрах1им а , шаьш цуьнца (имдиллина) берш а . Цара элира шайн къоме :" Баккъалла а тхо шоьх а , Аллах1 а витина аша шена лолла дечух (ц1уйх) а ц1ена ду . Оха керстаналла дина (тхан герарло дац) шоьца (шун динца) . Тхуна а , шуна а юккъехь мостаг1алла а , цабезам а бу ша гуттаренна а д1ах1оьттина (гучубаьлла) , аша Аллах1аца-Цуьнца цхьанца (накъост вар доцуш) имдиллалца". Ибрах1има шен дега дина къамел доцуриг :"Аса дехне а доьхур ма ду (Деле) хьуна гечдар , (амма) Сан карахь ма дац Аллах1ера хьуна дан х1ума (ахьа Цуьнца декъашхо вахь) ". Х1ай тхан Дела ! (тхайн массо а белхашкахь) Хьуна т1е а тевжина тхо , Хьоьга дерза а дирзина , Хьоьга ду (къемата дийнахь) доьрзийла
5.Х1ай тхан Дела ! Ахьа ма зехьа тхо шаьш керстаналла динчеран куьйга , гечдехьа тхуна х1ай тхан Дела , баккъалла а Хьо , Ша сийлахь , кхетаме верг (ма) ву
6.Бакъ долуш шуна (х1ай Мухьаммад уммат) хаза (маь1не) масал дара (керстанах ц1ена хиларехь) царех (Ибрах1имех а , цуьни тобанех а) , ша Аллах1е (Цуьна йоле) а , т1аьхьарчу (къемата) дийне (цуьна дикане) а догдохуш хилчунна . Ткъа ша (исламах) юхакхетнарг (милла велахь) , баккъалла а Аллах1 (церан лолле) хьаштойоцург , хастаме верг ву
7.Аллах1 герга ву шуна а , аша царех (керстанех) мостаг1алла лелийначаьрна а юкъахь (цара имдилларца) марзо ян . Аллах1 (иза дан) ницкъ болш ву , Аллах1 (царех даьллачуна) гечдеш , (имдиллинчарех) къинхетам беш ву .
8.Аллах1а шу юхацатуху , шоьца дин бахьанехь т1ом ца бинчаьрци а , шайн керташкара шу ара цадаьхначаьрци а , шу дикахиларах а , аша нийсо лелорх а . Баккъалла а Аллах1ана беза нийсо йийраш
9.Баккъалла а Аллах1а шу юхатуху , шаьш дин бахьанехь шоьца т1ом бинчарех а , шайн керташкара шу ара даьхначарех а , шу арадахарна т1ехь шаьш г1одинчарех а , аша цаьрца гергарло (доттаг1алла) лелорах . Ткъа ша цаьрца гергарло лелориг (милла велахь а) , уьш зуламдай бу
10.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Шайна т1е (шайн) мохк битина муъма-зударий баьхкичи , аша уьш (церан ийман) зелуша . Аллах1 т1ех дика хуъуш ву церан ийманах дерг . Ткъа шайна уьш муъма-зударий хилар хиъчи , аша уьш берза ма бе (д1амало) керстанашка . Уьш (муъма-зударий) царна (керстанна) хьанал бац , ле вуьш (керстанаш) а бац царна (муъма-зударшна) хьанал . Аша царна (керстанна) д1ало цара (урдонна) йина харж . Шуна къилахь дац аша уьш балор , аша царна церан урдонаш д1аделчи . Аша ма сецайе (ма латтайе) керста-зударшци (захалонан) уьйраш . Аша схьаеха шаьш (урдонна) йина харж , цара а д1аехийла шаьш (урдонна) йина харж . Иза Аллах1ан кхел (хьукма) ю , шуна юкъахь Цо еш йолу . Аллах1 хуъуш ву , кхетаме ву .
11.Нагахь санна шун зударех цхьаъ керстанашка кхаьчнехь (яханехь) , ткъа шаьш т1амца (керстанашкари) х1онс яккхинехь , аша ло шайн зударий (керстанашка) д1абаханчаьрна цара (урдонна) йина харже хьаьжна . Шу кхера Аллах1ах , Ша шу Шеха тешаш волчу .
12.Х1ай пайхамар ! Хьо волчу муъма-зударий баьхкича , шаьш хьуна ч1аг1о еш ; Аллах1аца декъашхо ца варна а , къолу ца дарна а , (зинаш деш) нахаца ца леларна а , (зуда) бераш ца дайъарна а , (къот1алг1а дина бера майрачунна ц1ар т1е даккхарца) шаьш харцо кхуллург ца хиларна а , (бакъонца) девзачунгахь хьуна 1еса ца хиларна а т1ехь , т1аккха ахьа къобул йе церан ч1аг1о , царна гечдар деха Аллах1е , баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
13.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Аша ма лаца , Аллах1 шайна оьг1аз вахана къам , гергарнаш . Бакъ долуш эхартах (цуьни диканах) догдиллина цара , керстанаша кешнийн дайшха (уьш г1овтторах) дог мадиллара .



61-Cурат Ассафф (Мог1а)
(Мадийнатахь доьссина , 14 аят ду)
Аллах1ан ц1арца доладо аса доза доцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волу


1.Аллах1 (ц1анварца) хеставо стиглашкахь а , лаьттахь а мелдолчо . Иза сийлахь а , кхетаме а ву .
2.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Аша стенна дуьйцу (хоьтту) шаьш (кхочуш) ца дийриг ?!
3.Аллах1ана цадезадаларехь доккха хили , аша дийцар шаьш ца дийриг
4.Баккъалла а Аллах1ана беза Шен некъахь шаьш мог1арехь т1ом бийраш , баккъалла а шаьш болуш санна вовшех х1оьттина г1ишло
5.(хьахаде - 1имрана к1анта) Мусас элира шен къоме :"Х1ай сан къам ! Аша суна халахетар х1унда до , бакъ долуш шуна хуъуш ма ду , баккъалла а со - шуна ваийтина Аллах1ан элча хилар . Ткъа уьш (бакъонах) д1ахьаьвзинчу хена (шайна иза евзишнехьа) , Аллах1а церан дегнаш (чу шеко тасарци) д1ахьовзийра (нийсачу новкъах) . Аллаха1а нис дац песакх къам .
6.(хьахаде) Маръяман к1анта 1исас элира (шен къоме) :"Х1ай Исраилан к1ентий ! Баккъалла а со - сайла хьалха (со ваийтарци кхаъ баьккхинчу) Товратах дерг бакъдеш а , сайла т1аьхьа вог1ун волу , шен ц1е Ахьмад (Мухьаммад) йолу , элчанца кхаъ боккхуш а шуна ваийтина Аллах1ан элча ву . Ткъа иза (Мухьаммад) цаьрна (къур-анан) билгалонашци веачи , цара элира :"Х1ара билггала базбуанчалла ду".
7.Мила ву ткъа , ша исламе кхойкхуш а волуш , Аллах1ана т1ехь харцо кхуллачул а , т1ех зуламениг ?! (цхьа а вац) . Аллах1а нис дац зуламен къам
8.Царна лаьа , шайн (харц луьйчу) батошци Аллах1ан (бакъонан) серло д1аяйъа . (амма) Аллах1 (толорци) кхочуш йийра йолуш ву Шен (бакъонан) серло , керстана (иза) цадезахь а .
9.Иза ву , Ша Шен элча ваийтинарг нийсонци а , бакъонан динци а , иза (дин) толорхьама (т1оьхула даккхархьама) массо а (харц) дин т1ехь , (Аллах1аца) декъашхо лоьцучаьрна (иза) цадезахь а
10.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Аса шу т1енисдай , лазаме долчу 1азапах шу хьалха дохучу совдегарна ?! (аша х1аъ бахахь)
11.Аллах1ах а , Цуьни элчанах а тоьшуш , Аллах1ан новкъахь къахьоьгуш (джих1ад а деш) - шайн бахамци а , шайн дег1машци (синошци) а (хилалуш) . Иза (уггар) тоьлуш (дерг) ду шуна , шуна хаъахь (шу тешахь) .
12.(аша иза дахь) Цо шуна шун къиношна геч а дийра ду , шайна к1елахула татолаш лелачу (ялсаманин) бешмашка а , (шайна чохь) 1ар-дахар гуттара а долчу ялсаманара хазчу х1усамашка а дохуьйтур ду шу . Иза (инзаре) боккха толам бу (шуна)
13.Кхин а , ша шуна дезаш долу (совг1ат ду шуна) , Аллах1ера толам а , кеста (Макка-шахьар) маьршаяккхар а . Ахьа баккха муъма-нахе (толамца) хаза кхаъ
14.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Шу хилийша Аллах1ан г1оьнчаш , Маръяман к1анта 1ийсас ма аллара (шеца имдиллинчу шен) ц1уьх1аршка (накъосташка) : " Муьлш бу , Аллах1ана т1е боьдучу новкъахь , сан г1оьнчаш ?" (цуьни) Ц1уьх1арша элира:"Тхо дукх Аллах1ан (новкъахь хьан) г1оьнчаш". Т1аккха Исраила к1ентех цхьана тобано имдиллира , (кхечу) тобано керстаналла дира . Оха айъира шаьш имдиллинарш церан мостаг1на т1ехь , т1аккха уьш (муъма-нах) хилира (царна т1ехь) тоьлларш



62-Cурат Алжуму1а (Рузбан , п1ераскан де)
(Мадийнатахь доьссина , 11 аят ду)
Аллах1ан ц1арца доладо аса доза доцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волу


1.Стиглашкахь а , лаьттахь а мелдолчо (ц1анварци) хеставо Аллах1 , Ша Паччахь , Кхачамениг , Сийлахьниг , Кхетамениг волу .
2.Иза ву , Ша (йозан) 1илма доцучаьрна шайха элча ваийтинарг . Ша цаьрна Цуьни (къур-анан) аяташ доьшуш , ша уьш (Далла декъашхо варха) ц1анбеш , ша цаьрна жайна (къур-ан) а , (динехь) кхетам а хьоьхуш . Баккъалла а уьш хилла (Мухьаммад вале) хьалха , билггалчу тиларехь
3.Царех кхинболчаьрна а (ваийтина) , шаьш (х1инци а) царех (имдиллинчарех) д1акхетна боцучу (т1аьхьа бог1ур болун) . Иза (Аллах1) сийлахь , кхетаме ву
4.Иза (пайхамарала , дин) Аллах1ан комаьршо ю , Цо Шена луучунна луш йолу . Аллах1 йоккхачу комаьршонан Да ву
5.Шайна Товратца лелар т1едиллина , цул т1аьхьа иза (цуьнци 1амал яр) д1ацакхехьнарш (цуьнци 1амал ца йинарш) , (кхетам ца хиларехь) ша (шен гаьхь) тептарш (жайнаш) хьучу вирах тера бу .
Шаьш Аллах1ан аяташ харцдинчу къоман вуон масал (куц) ду иза . Аллах1а нис дац (оцу кепара) зуламен къам
6.Ахьа (х1ай Мухьаммад!) ала :"Х1ай шаьш (исламах д1ахилла) жуьгтин дине дирзинарш ! Аша (нагахь санна) кхайкхадахь (Мухьаммад а , цуьни асхьабаш тилла бу) , баккъалла а шу Аллах1ан кхинболу (массо) нахелла а дукхадезарш (гергарнаш) ду (аьлла) , шаьш далар лаийла шуна , (нагахь санна) шу (Аллах1ана шаьш дукхадеза аларехь) бакълуьйш делахь (хьовсура ду вай , вайха бакъ мила ву) .
7.Цаьрна иза (шаьш балар) луур ма дац цкъа а , (х1унда) шаьш шайн куьйгашци динчунна (летийначу къиношна) . Аллах1 т1ех дика бевзаш ву зуламдай
8.Ахьа ала :"Баккъалла а , шу шех къехкаш (уьдуш) долу и валар , баккъалла а иза дуьхьала кхетар ма ду шуна , цул т1аьхьа шу дерзор ду гуш доцуриг (къайлах дерг) а , гуш дерг (къулах дерг) а хуучуьнга , т1аккха Цо шуна (бекхам барци) д1адовзуьйтур ду аша лелош хилларг" .
9.Х1ай шаьш имдиллинарш ! П1ераскана дийнахь (рузбана) ламазанна кхайкхичи , шу (мало йоцуш , ледарло ца еш) Аллах1 хьахаваре (ламазе) г1олуш , аша диталуш совдегар . Иза тоьлуш ду шуна (нагахь санна) шуна хаахь
10.Ламаз дина даьлчи , шу даржа лаьттахула , аша лаха Аллах1ан (рицкъанан) комаьршо . Аллах1 хьахавелуш дуккха а . Т1аккха шу декъала хир ма ду
11.Шайна совдегар , я синкъерам гичи , д1ахьаьвдира уьш цуьнга , хьо (хьехам беш) х1оьттина а витина . Ахьа ала (цаьрга) :"Аллах1ана гергахь дерг тоьлуш ма ду синкхерамал а , совдегарал а . Аллах1 ма ву рицкъа лучарех тоьлуш верг ".




63 - Cурат Альмунафикъуна (Мунепикъаш)
(Мадийнатахь доьссина , 11 аят ду)
Аллах1ан ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волу


1.Мунепикъаш хьо волче баьхкича , цара (меттаца) элира :"Оха тешалла до , баккъалла а хьо Аллах1ан элча хилар . Аллах1ана хаъа , баккъалла а хьо Шен элча вуй . Аллах1а тешалла до , баккъалла а мунепикъаш (тешалла дарехь) харцлуьйш хилар .
2.Цара лецира шайн (къера) дуйнаш (хьуламна) турс дина . (оцу къера тешаллашца) Аллах1ан новкъах юхатуьйхира цара (кхинберш а) . Баккъалла ма вон хилла-кх цара деш хилларг
3.Иза (церан 1амал вон хилар) , баккъалла а цара (меттаца) имдиллина , цул т1аьхьа (дагца) керстаналла дарна ду . Т1аккха (г1уданна оцу керстаналлийца ) мух1ар тоьхна церан дегнаш т1е . Цундела уьш кхеташ бац (бакъонах , нийсонах)
4.Хьайна уьш гича , церан (товш долчу) дог1маша цец воккху хьо (тамаш бойту хьоьгу) . Ткъа уьш бист хилча , (лерина) церан (говзачу) къамеле (1ехалой) ладуг1у ахьа . (амма церан дог1маш) Шаьш (пенаха) товжийна (чохь са доцу) бог1амаш (г1ортолаш) санна ду . (к1иллу хиларна) Массо а ц1ог1а (тата) шайна (шайн харцо гучу а яьлла , ч1ир эца) тухуш /санна/ хета царна . Уьш (хьан) мостаг1 ву хьуна , ларлолахь царех (тешарх а , т1етовжарх а) . Аллах1а (шен къинхетамех гена баьхна) х1аллак бойла уьш . Муха луьйра бу иштта харц ?!
5.Цаьрга аьлча :"Схьадуьйла , Аллах1ан элчано гечдар доьхура ма ду шуна , (реза боцуш) шайн кортош лестабора цара , хьуна гора уьш , шаьш (цабашарца) куралла еш , (оцу гечдардехарха) д1абоьрзуш (букъ бетташ)" .
6.Царна цхьатерра ду-кх , ахьа цаьрна гечдар дехча а , я цадехча а . Аллах1 цаьрна (бог1учу бекхамна) геч /данне а/ дийра долуш /ма/ вац . Баккъала а Аллах1а нис дац песакъ къам .
7.Уьш бу , шаьш (шайн накъосташка) олуш (берш) :"Аша харж ма йе Аллах1ан элчана гонаха (гергахь) болчаьрна , уьш (цуьнах) д1акъастталца" . Аллах1ан ма ю ткъа стиглашкара а , лаьттара а (массо) хазнаш . Делахь а , баккъалла а мунепикъаш (кхетам) ца кхета .
8.Цара (мунепикъаша) олу :"(нагахь санна) Тхо Мадийнате юха дерзахь , сийлахьчо оцу чуьра сийсазниг ара воккхура ма ву". (амма) Сийлалла Аллах1ан а , Цуьнан элчанан а , муъма-нехан а ма ю . Делахь а , баккъалла а мунепикъаш (иза) хуъуш ма бац .
9.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Шу д1амалацийла (мунепикъаш санна) шун бахамаш а , шун бераш а Аллах1 хьехаварха . Ткъа иза динарг (д1алаьцнарш) , уьш - шаьш эшнарш бу .
10.Аша харж йе (закат ло) Оха шайна деллачух , шайха /муьлххачу/ цхьанна валар т1е дале , т1аккха (иза т1е деача) ша алале :"Х1ай сан Дела ! /да вискха/ Жимма т1аьхьа теттина веларкха Ахьа со , т1аккха аса саг1а а делла , дикачарех хир ма вара со" .
11.Аллах1а т1аьхьа таттане а тоттура ма дац (цхь а) са , цуьнан (Ша елла) 1ожалла (хан) кхаьчча . Аллах1 хуъуш ву аша лелориг (дийриг) .



64 - Cурат Аттаг1абун /Вовшийн лебар/
(Мадийнатахь доьссина , 18 аят ду)
Аллах1ан ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волу


1.Аллах1 (ц1анварца) хеставо стиглашкахь долчо а , лаьттахь долчо а . Цуна (цхьанна) ду паччахьалла , Цуна (цхьанна) бу хастам а . Иза (цхьаъ) ву массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш (верг)
2.Иза (цхьаъ) ву , Ша шу кхоьллинарг , ткъа шоьх керста ву , шоьх бусулба а ву . Аллах1 аша лелориг гуш ву
3.Цо кхоьллина стиглаш а , латта а бакъонца (кхачаме говза) . Ша шуна васт (куц , сибат) а делла , т1аккха шун васташ (куьцаш , сибаташ) уггаре а хаза дина Цо . Цуьнга ду (шун) доьрзийла
4.Цуна хаъа стиглашкахь а , лаьттахь а мел дерг . Иштта Цуна хаъа аша хьулдийриг а , аша гучудоккхург а . Аллах1 хуъуш ву (шун) кийранашкахь дерг а .
5.Шоьга ца кхаьчна , хьалха шаьш керстаналла динчеран , хабар ? Цара (дуьненахь) 1аьвшира шайн белхан г1уда (та1зар) . (эхартахь) Царна лазош (долун) 1азап (хир) ду
6.Иза (г1уда) , баккъалла а , цаьрна билгалонашца шайн (царех) элчанаш бог1уш бара , ткъа цара элира :"(тхо санна долчу) Адамо (муха) нисдо ткъа тхо ?" (бакъонца) Керстаннала дина , (1амал ярха) букъ туьйхира цара . (цундела) Аллах1а д1атесира уьш . Аллах1 (х1уманне) хьашто йоцург , хастаме верг ву
7.Шаьш керстанналла динчаьра (харц луьйш) шайна моьттург кхайкхийра :"Шаьш г1овтта данне а г1овттор ма дац" (аьлла) . Ахьа ала (х1ай Мухьаммад!) :"Бакъ долуш , сайн Делаца дуй ма буъу аса , шу г1овтта данне а г1овттор ма ду (шайн кешнашчуьра , дендина) , т1аккха шоьга д1адовзуьйтур ма ду аша лелийнарг . Иза (шун дендар) Аллах1ана атта ма ду .
8.Шу теша Аллах1ах а , Цуьни элчанах а , Оха ша доссийначу нуьрех (къур-анах) а . Аллах1 аша дийриг хуъуш ву .
9.Шу гуламан (къематан) дийнна Цо д1агулдо де , иза вовшийн (эшамца) лебен де ду . Ша Аллах1ах а тешна , дика 1амал йинарг (милла велахь) , Цо цуьнан вуонашна (къиношна) геч а дина , шена к1елахуьла татолаш лелачу (ялсаманин) бешмашка вохуьйтур ву . Уьш оцу чохь чаккхе йоцуш гуттара а лаьттара бу . Иза 1аламат-боккха (инзаре) толам бу .
10.Ткъа шаьш керстаналла а дина , Тхан (къур-анан) аяташ харц динарш , уьш (жоьжахатан) ц1еран дай бу . Шаьш оцу чохь гуттар 1ийра болуш . Ма вуон воьрзийла ю (иза)
11.(цхьа а) Бала (бохам) беана ма бац , Аллах1ан пурбанци (кхелаци) бен . Ткъа ша (оцу т1ехь) Аллах1ах тешарг (милла велахь) , Цо цуьнан дог (собар т1е) нисдо . Аллах1 массо а х1ума хуъуш ву .
12.Аллах1ана муьт1ахь хилалуш , элчана муьт1ахь хилалуш . Ткъа аша (1амалха) букъ тохахь , баккъалла а Тхан элчана т1ехь (долун декхар) билггала д1акхайкхор ду .
13.Аллах1 (ву хьакъ волун дела) , (кхин) дела вац (шена лолла дан хьакъ) Иза бен . Аллах1ана т1етовжийла муъма-нах (тешнарш) .
14.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Баккъалла а шун зударех а , шун берашех а (царех) шун мостаг1 (верг а) ву , (цундела) шу ларлолаш царех (шайн динехь) . Ткъа шу (цаьрна) къинт1ера довлахь , аша (уьш) битахь , аша (цаьрна) гечдахь , баккъалла а Аллах1 гечдеш , къинхетам беш ву .
15.Баккъалла а шун бахамаш а , шун бераш а (и зовкхаш шу) зер (доьхьа делла) ду . Ткъа Аллах1 - Цуьна гергахь (къемата дийнахь) 1аламат йоккха ял ю .
16.Аллах1ах кхералуш шайн ницкъ ма кхоччу . Аша ладог1а (шайга бечу хьехаме) , шу муьт1ахь хила (шайга дечу омрана) , аша харж йе (шайна деллачух) , (дуьненахь а , эхартахь а) шун дог1машна тоьлуш (хир) ду иза . Ткъа ша , шен сина сутараллех ларвинарг , уьш - шаьш тоьлларш (декъала хилларш) бу .
17.Аша (мелана) Аллах1ана хаза декхар лахь , Цо иза (саг1а йолехь) дебор (совдоккхур) ду шуна , гечдийр ду шуна . Аллах1 пуьсаре (комаьрша) , къинхетаме (собаре) ву
18.(Иза) Хуъуш ву къайлах дерг а , гуш дерг а , Сийлахь , Кхетаме а ву




65 - Сурат Атт1алакъ (Зуда йитар)
(Маккахь доьссина , 12 аят ду)
Аллах1ан ц1арца шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу


1.Х1ай пайхамар ! Шаьш зударий битча , аша уьш бита шаьш (зударийн /ц1ий даран/ цамгарха ц1енчу) муьрехь (шун юкъаметтиг хиланза) болуш , аша (дагардаран) хьесап де (оцу) муьран . Шу кхера Аллах1ах - шайн Делах (и ларбарехь) . Аша ара ма баха уьш (битана зударий) шайн х1усамашкара (и мур чекхбаллалца) , йа уьш ара ма бовлийла (оцу муьрехь) , билггала шаьш ирчаниг (зина-нахаца лелар) дича бен . Уьш (вай хьахийнарш) - Аллах1ан дозанаш ду . Ткъа ша Аллах1ан дозанашна т1ех ваьллачо шен дег1ана /шена/ зулам дина . Хьуна ца хаъа , Аллах1а цул (иза йитинчул) т1аьхьа цхьа (дохко ваьлла юхаялоран) хьал х1отто ма тарло .
2.Ткъа уьш (битина зударий) шайн ханна (муьран чаккхенна) герга кхаьчча , аша уьш (шайн дола бахе) диканца девзинчуьнца (оьзадачу г1иллакхца) совцабе , я царех д1акъаста диканца девзинчуьнца . Аша лаца (оцу т1ехь) шайха хьакъ волун (бусулба) шиъ теш . Аша х1оттаде и тоьшалла Аллах1ан доьхьа . Иза ду , шеца хьехам беш дерг , ша Аллах1ах а , т1аьхьарчу (къемата) дийнах а тешаш хиллачунна . Ша Аллах1ах коьруш верг (милла велахь) , Цо цуна (массо а халонех) парг1ато йо ,
3.Цо цуна рицкъа а ло цуна дагахь доцчу аг1ора . Ша (шен белхашкахь) Аллах1ана т1етевжинарг (милла велахь) , Иза тоьар ву цунна (шен 1уналла дан) . Баккъалла а Аллах1 , Шен г1уллакх (лаам) кхочуш дийра долуш ву . Бакъ долуш Аллах1а массо а х1уманна барам бина .
4.Шун зударех шаьш (баккхий хиларна) "зударийн (ц1ий даран) цамгарха" догдиллинарш , шу шек девллехь (церан муьран барамехь) , церан мур - кхо бутт бу (шуна) , иштта (кхо бутт бу) шайца (шаьш кегий хиларна) "зударийн (ц1ий даран) цамгар" ца хиллачеран а . Ткъа шаьш доьзалха (хиларан маьххьаш) берш , церан (мур чекхбаларан) хан - цара шайн доьзалхо валлаца ю . Ша Аллах1ах (Цуна 1еса хиларах) кхоьрург (милла велахь) , Цо цуьни шен балха т1ехь (дуьненахь , эхартахь) аьтто бо .
5.Иза (хьахийнарг) Аллах1ан (кхел) омр ду , Ша шоьга доссийна . Ткъа ша Аллах1ах (Цуна муьт1ахь хиларци) кхоьрург (милла велахь) , Цо цуьни вуонашна геч а до , цуьни ял алсам а йоккху .
6.Аша уьш (битина зударий) 1айта шаьш 1еччохь (чоь лой) , шайн аьттоне (тароне) хьажна . Аша царна зен ма делаш , царна (х1усамехь) гаттоярхьама . Ткъа уьш доьзалха хиллехь , аша царна харж йе цара шайн доьзалхо валлаца . Ткъа цара шуна (шаьш шуна дина бераш) дакхийнехь , аша царна д1ало церан ял (мах) . Шайна юкъахь шу дагадовла диканца девзинчуьнца . Амма шуна (оцу т1ехь) хало хиллехь , (зударех) кхечо дакхора ду цунна (бераш) .
7.Шортонан (хьола) дас харж йойла (шен зудчунна , берана) шен шортонех (шен тароне хьаьжна) . Ткъа (Аллах1а) шена , шен рицкъанна гатто йинчо (халаволлучо) , цо харж йойла Аллах1а шена деллачух (цуьни бараме хьаьжна) . Аллах1а цхьанне а дег1ана т1е ца дуьллу , Ша цуна делларг бен . Аллах1а хулуьйтура (йийра) ю халонел т1ехьа атто (парг1ато) .
8.Хийла юьрт (х1уьттаренца дуьхьала а яьлла) 1еса хилира шен Делан омрана а , Цуьни элчанашна а ! Т1аккха Оха хьесап дира церан (эхартахь) ч1ог1ачу хьесапца , 1азап а дира царна (дуьненахь) буьрсачу (ирча) 1азапца .
9.Цара 1аьвшира шайн (шаьш керста хилар) белхан бала (та1зар) . Церан белха чаккхе (х1аллак хиларан) эшам хилира .
10.Аллах1а царна кечдина ч1ог1а 1азап . Шу Аллах1ах кхера х1ай шаьш имдиллина хьекъалан дай !
Бакъ долуш Цо доссийна шоьга хьахор (къур-ан) .
11.(ваийтина) Элча ша шуна доьшуш Аллах1ан билгала аяташ , ша арабахархьама шаьш (Аллах1ах) теша а тешна (иман а диллина) , дика 1амалаш йинарш (керстаналлийн) боданашкара (ийманан) серлонга . Ткъа ша тешаш а волш , дика 1амал йийриг , Цо вохуьйту шена к1елахула татолаш лелачу (ялсаманин) бешмашка , шаьш оцу чохь чаккхе йоцуш гуттар а лаьтташ . Бакъ долуш Аллах1а цуна (оцу чохь) шорто йина хазчу рицкъанехь .
12.Аллах1 ву ша варх1 стигал кхоьллина , иштта лаьттах а цаьрга терра (варх1) . (Аллах1ан) Омру (Жабраил-малик керахула) охьадуссу цаьрна (стиглашна а , лаьттанашна а) юккъехула шуна хаийта , баккъалла а Аллах1 массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш хилар а , иштта баккъалла а Аллах1а , бакъ долуш гуобина (гуолаьцна) хилар массо а х1уманна (Шена цуьнах дерг) хаарца .


66 - Сурат Аттахьрийм ( Дехкар , цамагадар)
(Мадийнатахь доьссина , 12 аят ду)
Аллах1ан ц1арца доладо аса шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Х1ай пайхамар ! Х1унда (стенна) цамагадо (хьарам до) ахьа Аллах1а хьайна магийнарг (хьанал динарг) , айхьа лоьхуш (цамагадарца) хьан зударий (хьайна) резахилар . Аллах1 ма ву (хьуна) гечдеш , къинхетам беш верг .
2.Бакъ долуш Аллах1а шуна (шар1аца) билгала дина шайн дуйнаш (каффаратца) дастар (къарбаран некъ) . Аллах1 шун (г1одеш , 1алашдеш волун) Эла ву . Иза ву (шуна масла1ате дерг) хуург , (иза кечдан) кхетаме верг .
3.(хьахаде) Пайхамара хьулдира шен зударех цхьанга хабар , ткъа цо иза (хабар) 1ора а даьккхина (довзийтина кхечуьнга) , Аллах1а шена (пайхамарна) иза (1орадалар) хаийтинчу (гучудаьккхинчу) хена , цо д1адовзийтира (шен зудчунна) цунах (шена хиъначух) цхьадерг , иштта вухакхийтира иза цхьадолчух (ца олуш) . Ткъа цо (пайхамара) шега иза д1ахаийтича , цо (цуьни зудчо) элира :"Хьа хаийтина хьога иза?" . Цо элира :"Соьга хаийтина Девзачо , Хуучо".
4.Шу шиъ дохко яьлла Аллах1е ерзахь (тоьлуш ду шу шинна) . (х1унда аьлчи) Бакъ долуш шу шинна дегнаш (бакъонах) д1атевжина . Амма шу шиъ цунна (элчанна) дуьхьалаялахь , баккъалла а Аллах1 - Иза цуьни (элчанна) 1уьналла дийриг ву . (цул совнаха) Жабраил (малик) а , тешначарех диканаш а , малийкаш а цул (Аллах1ан г1оьнна) т1ехьа (элчанан) г1оьнчий бу (шу шинна дуьхьала) .
5.Цуьнан (элчанан) Дели герга ву , (нагахь санна) цо (элчано) шу (х1ай элчанан зударий) дитахь , Ша иза хийца (цуна баларца) шоьлла а тоьллачу (дикачу) зударшца , (шаьш) бусалба (исламаца мук1арло деш) а , муъма (догц1ени) а , (Далла) муьт1ахь а , (тоба дарца) дохко бевла а , (шортта) лолла деш а , марха кхобуш а , маре баханарш а , баханза (йо1стаг) берш а болуш .
6.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Аша ларде шайн дег1маш а , шайн доьзалш а (жоьжахатан) ц1ерах , шен ягаяран г1ирс адамех а , т1улгех а болчу . Цуна т1ех1иттина к1оршаме (къиза) , буьрса (вастахь) малийкаш ду , шаьш Аллах1ана 1еса доцуш Цо шайга динчу омрана , шаьш деш шайга (де аьлла) омрудийрг .
7.Х1ай шаьш керстаналла динарш ! Шу бехказа ма дийла тахана . Баккъалла а шуна (тахана) бекхам бийра бу , аша (дуьненахь) деш (лелош) хиллачуьнца .
8.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Шу (дохко довле) Аллах1е дерза доггаха (бакъчу) дерзарца . Шун Дела герга ву Ша шун вуонашна гечдан . Цо шу дохуьйтур ду шайна к1елахула татолаш лелачу (ялсаманин) бешмашка , Аллах1а пайхамар а , шаьш цуьнца имдиллинарш а сийсаз бийра (хьийзор) боцчу дийнахь . Церан нур лепар ду царна хьалха а , церан (тептарш схьаоьцу) аьтту аг1онашкахь а . Цара эра ду :"Х1ай тхан Дела ! Кхочуш дехьа тхуна (д1аматиладехьа) тхан нур , геч дехьа тхуна , баккъалла а Хьо ма ву массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш верг" .
9.Х1ай пайхамар ! Ахьа джих1ад де (герзаца) керстанца а , (бакъонан дашца) мунепикъашца а . Буьрса (к1оршаме) хила хьо цаьрца . Церан боьрзийла жоьжахате ю . Ма вуон воьрзийла юкха иза
10.Аллах1а , шаьш керстаналла диначаьрна , масална ялийна Нохь (пайхамаран) зуда а , Лут1 (пайхамаран) зуда а . И шиъ яра Тхан лешха дикачу шина лайна долахь , ткъа и шиъ (зуда) ямарт (керста) хилира цаьршина , т1аккха цаьршинна (пайхамаршна) цахилира Аллах1ера цаьршинна (шайн зударшна 1азап духатохарехь) дан х1умма а . (цаьршинга) Элира :"Шу шиъ чуг1о (жоьжахатан) ц1ерга -чубоьлхучаьрца" .
11.Аллах1а , шаьш имдиллиначаьрна , масална ялийна Фир1авнан зуда (Асият) . Цо элира (ша 1азапехь йоллуш) :"Х1ай сан Дела ! Йехьа суна х1усам Хьайна гергахь - ялсаманахь , Ахьа яккхахь со к1елхьара Фир1авнах а , цуьнан (харцонан) белхах а , (иштта) со к1елхьара яккхахь зуламечу къомах" .
12.(иштта масална ялийна) 1имрана йо1 Маръям а , ша шен бехкен меттиг ларйина йолу . Оха цу чу (чоьта) доьллира Тхайн синошха са (Жабраил-малийко цуьнан чоьта "х1упп" аларца) . Цо бакъдира шен Дела дешнаш а , Цуьнана тептарш а . Иза хилира (Далла) муьт1ахь болчарех.



67-Сурат Алмулк (Паччахьалла , олалла)
(Маккахь доьссина , 30 аят ду)
Аллах1а ц1арца доладо аса , доза доцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.(Шеца цадог1учу куьцашха) Ц1ена хили Ша , Шен карахь паччахьалла (олалла) дерг , Иза массо а х1уманна т1аьхь ницкъ кхочуш ву
2.Ша валар а , вахар кхоьллина волу , шу зерхьама , шух муьлха ву (Ша реза волун) 1амал ярехь тоьлуриг . Иза ву (ч1ир эца) ницкъ берг а , (тоба динчуна) гечдийриг а
3.Ша йина волу варх1 стигал т1ек1ел (йоьг1на) . Хьуна гур бац , доза доцуш шорта болчу къинхетам да волчун кхолларехь , эшам (дерт) . (стигал) Б1аьрг кхарста бе , гой хьуна херонаш ?
4.Цул т1аьхьа а , юх-юха б1аьрг тоха , боьрзур бу и хьоьга (дерт гарха) к1елбисина , ша к1адбелла
5.Бакъ долуш , Оха дуьнена стигал кечйина седарчашца , уьш дина Оха шайт1анашна кхийсарш , Оха царна кечдина (жоьжахат) ц1еран 1азап
6.Шаьш шайн Делаца керстналла динчарна , жоьжахатан 1азап ду , вон воьрзийла ю иза
7.Шаьш цу (жоьжахат) чу кхийсичи царна (керстана) хезар ду цуьни 1ехар (ц1ог1у) , ша (оьг1азлонна) кхоьхкуш
8.(царна) Дера хиларна ят1а герга ю иза , х1оразза оцу чу (царах) тоба мел кхоьсси , царга цуьни хаша (г1аролаша) хотту : " (Делера) Кхерамча (элча) ца веара шуна ? "(але)
9.Цара олу : "Х1аъ , бакъ долуш кхерамча веар тхуна , (амма) оха (иза) харц вина элира : " Аллах1а х1умма доссийна дац , шу ма дац доккхачу тиларехь бен "
10.(иштта) Цара олу : "Тхо (Дала бохучунга) ладуг1уш я (цуьни) ойла еш хиллехь , тхо (жоьжахат) ц1еран дайшха хир ма дацар"
11.(бан пайда боцчу хена) Шайн къина къера хилира уьш , (Аллах1а шен къинхетамах) генабохийла (жоьжахат) ц1еран дай
12.Баккъалла а , шаьш шайн Делах къайлаха (болш) кхоьруш берш , царна гечдар а , йоккха ял а ю
13.Аша хьулде шайн дош (къамел) , я гучу даккха иза , баккъалла а Иза т1ех дика хуъуш ву (шун) дегнашкахь дерг
14.Ша (массо х1ума) кхоьллинчуна ца хаъа (цунах дерг) ? Иза ву хьуьнаре (къинхетаме) , хуъуш
15.Иза Ша ву шуна латта муьт1ахь динарг , шу лела цуьни (лаьттан) йисташца (и мел ду) , Цуьни рицкъа даъа , Цуьнга доьрзур ду (шу)
16.Шу тешна (парг1ат) ду (ткъа) Ша стиглахь волчух , шаьш Цо лаьтте (д1аца) худийтарха , иза (шуна т1оьхула) дегош долуш ?
17.Я шу тешна ду Ша стиглахь волчо , шайна т1е (т1улгийн) мох (ца) баийтарха , шуна хуъур ду (и гичи) муха бу (Сан) кхерам
18.Бакъ долуш царал хьалха хилчара харц бира (элчанаш) , ткъа муха дар (Сан) г1уда ?
19.Царна ца гина шайна т1оьхлара олхазарш , (т1емаш) даржош а , т1егулдеш а , уьш (х1аваэхь) саца ма дац (доза доцуш шорта болу) къинхетам Да волчо бен , баккъалла а Иза , массо а х1ума гуш (хуъуш) ву
20.Мила ву ткъа х1ара , ша шун б1ахо (г1оьнча) хин верг , шуна г1о деш , (доза доцуш шорта болу) къинхетам Да воцург ? Керстанаш ма бац 1ехабаларехь (тиларехь) бен
21.Мила ву ткъа х1ара , ша шуна рицкъа лун дерг , Цо шен рицкъа сацийча ? Бакъ долуш , уьш (ч1аг1белла) д1абаха т1ехбийларехь (куралла ярехь) а , (бакъонах) къахкарехь а
22.Ша шен юьхь т1евоьжна (букарвоьлла) леларг т1ех нийса ву , я ша нийсачу новкъа т1ехь нисса леларг ву ?
23.Ахьа ала : "Иза ву , ша шу кхоьллинарг , шуна хазар а , гарш (шиъ б1аьрг) а , (кхетамна) дегнаш а делларг . Ма к1еззиг хама-пуьсар до аша (Аллах1ан)"
24.Ахьа ала : " Иза ву , ша шу (х1окху) лаьттахь (кхоьллина) даржийна , Цуьнга (бекхамна) д1агулдийр ду шу "
25.Цара (имдиллинчарга) олу (ца бешаш) : " Маца ю х1ара (гулдаран) ч1аг1о , шу бакъ (луьйш) хилчи (и хиларехь) ? "
26.Ахьа ала : " Баккъалла а , (иза) хаъар (цхьан) Аллах1ехь ду , ткъа со , баккъалла а , (иза) билгалдеш (ваийтина) кхерамча ву
27.Ткъа шайна гергахь и (1азап) гинчу хенахь , шаьш керстаналла динчеран яххьаш ц1аьрмат евлира . (цаьрга) Элира : "Х1ара (1азап) дара , шу (ца дашарца) шега кхойкхуш хилларг "
28.Ахьа ала : "Аша дийцавша (соьга) , Аллах1а х1аллак вичи со а , соьца верг а (имдиллинчарах) , я тхоьх къинхетам бичи , ткъа керстанаш к1елхьара хьа бохур бу лазочу 1азапах ? "
29.Ахьа ала : " Иза доза доцуш шорта болу къинхемам Да ву , оха Цуьнци им а диллина , Цуна т1е а тевжина тхо (массо белхашкахь) , ткъа шуна хуъур ду , мила ву иза (вайха) билгалчу тиларехь (верг) "
30.Ахьа ала : " Аша дийцавша (соьга) , шун хи (лекъна) лаьттах даг1чи (т1екхача йиш йоцуш) , хьа дохьур ду шуна шовдан хи ? "
(Ткъа жоп : "1аламаш кхиош , кхобуш волчу Аллах1а")



68 - Cурат Алкъалам /Къолам/
/Маккахь доьссина , 52 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Нун (Аллах1 т1ех дика хуъуш ву , Шена цунах луъург) . Къоламора а , ша цара (малийкаш) яздечора а
2.Хьо ма вац , хьайн Делера ни1матца телхина
3.Баккъалла а , хьуна хедар (кхачор) йоцун ял ма ю
4.Баккъалла а хьо , ч1ог1ачу (оьздачу) г1иллакхехь (динехь) ма ву
5.Ткъа (къемата дийнахь) хьуна а гур ду , (иштта) царна а гур ду
6.Муьлха ву шух (шайт1ано) зийнарг (шен хьуца талхийнарг)
7.Баккъалла а хьан Дела , Иза т1ех дика хуъуш ву Шен новкъах тилларг мила ву , (иштта) Иза т1ех дика хуъуш ву нисбелларш /муьлш бу/
8.Хьо муьт1ахь ма хила (бакъ дерг) харц де чарна
9.Царна дийзара , хьо (шайца) к1еда хилар , т1аккха шаьш (хьоьца) к1еда хуьлуш
10.Хьо муьт1ахь ма хила массо а сийсазчу , (харц) дуйнаш буъучунна
11.Анташ /г1ийбаташ/ дохучунна , эладитанца лелачунна
12.(б1аьрмециг хиларна нахех) Дика юхатухучунна , (дозанах) т1ехвуьйлучунна (зулам дарца) , къинош латочунна
13.(керстаналлехь) К1оршаме /шога/ волчунна , цул сов къот1алг1а вина (б1иж) волчунна
14.Ша хьолан /бахаман/ а , к1ентийн а да хиларна
15.Шена (къуръан т1ера) Тхан аяташ дешча , цо элира : "/уьшшам/ Хьалхалерачийн /д1абаханчеран/ туьйранаш /дара/"
16.Оха (сийсазлонан) мух1ар тухур ду цунна , /шен/ меран (юьхь) т1е
17.Баккъалла а Оха зийна уьш (даьхнийца) , Тхаьш /стоьмийн/ бешан дай ма-зерра , цара (шайна юкъахь) дуй биъначу хена , шаьш уьш (стоьмаш) дохур (лахьор) ма ду 1уьйрана /садаржале г1евттина , са-боду къастале/.
18.Шаьш /"Дала мукъ лахь" аьлла/ юкъара ца доккхуш
19.Т1аккха цу /бешан/ т1ехула (оцу буса) хьаьвзира хьан Делера /ц1еран-балех ша/ хьовзург , уьш бийшана болуш
20./ша йагарна/ 1аьржа /буьйса санна/ хилира и /беш/ .
21.Вовшашка кхайкхира цара 1уьйранна :
22."Шайн кха т1е г1уо , шаьш (стоьмаш) лахьош делахь !"
23.Д1ахьаьвдира уьш (беша) , шаьш вовшашка шабар - шибар деш
24."Шуна т1е цхьа миска ма вог1ийла цу /беша/ чу тахана " (аларца)
25.Уьш бахара (мисканаш) юхатохар т1ехь (шайн дагахь) ларор болуш
26.Ткъа шайна и (яьгна 1аржъелла) гинчу хена , цара элира :" Баккъалла а вай (некъах) тила ма делла .
27./х1ан х1а/ Мелхо а , вай /цуьнан/ декъах даьхна /хьарам дина/ ду"
28.Царех г1олийчо /тоьлучо/ элира : "Ас ца элира шоьга , аша (Далла) теспахьдахьара (Дела хьахорца)"
29.Цара элира (къера хилла) : "Ц1ена ву-кх /Хьо/ Тхан Дела /геч дехьа тхуна/ . Баккъалла а (тхайн дог1машна) зуламе хилла-кх тхо"
30.Царех цхьаберш вукхарна т1ебирзира бехкаш дохуш
31.Цара элира : "Х1ай тхан бала /г1айг1а-я1/ , баккъалла а (Делан дозанашха) т1ехдуьйлуш хилла тхо"
32.Тхан Дела герга ву-кх (Шена лиъча) , Ша цул дикачуьнца тхо хийца , баккъалла а тхо , тхан Деле (дика мел дерг) доьхуш ду-кх"
33.Иштта ду (дуьненан) 1азап , ткъа эхартан 1азап вуно т1ех доккха ду , уьш хуъуш хиллехь .
34.Баккъалла а зовкхен бошмаш ю /Делах/ кхоьручарна , церан Далла гергахь
35.Бусулбанаш (муха) бо вай (бекхамехь) къинош дийраш /керстанаш/ санна ?
36.Шуна х1ун хилла ? Аша (оцу кепара телхиина) кхел муха йо ?
37.Я шун (стиглара доссийна) жайна ду , /шаьш/ цу чуьра (и cацамаш)
доьшуш ?
38.(т1аккхам) Баккъалла а шуна , цу чохь ша аша мел хоржуриг (шуна мел дезариг) ма ду
39.Я шуна (ялсамани хиларца) йина сецна ч1аг1онаш ю Тхуна т1ехь къемат де кхаччалца ? (т1аккхам) Баккъалла а шуна , ша аша (шайн дог1машна) йина кхел хир ма ю
40.Хатта цаьрга , муьлха ву царех и /кхел кочуш ян шена/ т1елаьцнарг ?
41.Я церан декъашхой бу /цу т1ехь/ ? /белахь/ Схьабалабойла цара шайн декъашхой шаьш бакълуьйш хилча !
42.(хьахаде) Г1айг1а (халонан ч1аг1алла) гучуйоккхучу (къемата) дийнахь , уьш сужуде кхайкхича церан ницкъ кхочур бац (и дан)
43.Шайн б1аьргаш хьастаделла , сийсазалло шаьш хьулбина , бакъдолуш уьш бара шаьш сужуде кхойкхуш (церан ийман зерхьама) , уьш могуш болуш .
44.Витахь Со а , ша х1ара /Къуръанан/ къамел харцдийриг а , Оха (к1ез к1езиг) зуьйр бу уьш , царна дагахь доцчу аг1ор
45.Аса жимма хан ях йийр ю церан , баккъалла а , Сан мекарло /ч1ир лалур йоцуш/ ч1ог1а нуцкъала ю
46.Я цаьрга ял йоьху ахьа (дин кхайкхадарна) , уьш шаьш хилча /оцу/ декхаро к1елбитина (базбина) ?
47.Я цаьргахь (лавхьулмахьфуз) къайле ю , /т1аккха/ цара (цу чура) схьайаздеш (шаьш дуьйцург) ?
48.Сатоха хьайн Делан кхелана , хьо ма хила (сихваларехь) ч1еран йийсархочух тера , цо кхайкхира (шен Деле , ч1еран кийрахь) ша г1айг1ане волуш
49.Шен Делера /къинхетаман/ ни1мат шена ца кхаьчнехьара , и кхоьссина хир ма вара ерзинчу (шерачу) ара , шех 1оттабаккхам болуш .
50.Иза хаьржира цуьнан Дала , дикачарех вира Цо иза .
51.Шаьш /Делах/ цатешнарш герга бу , шайн б1аьргашца (хьаг1-б1аьргаца) хьо вуожо , шайна (къуръанан) хьехам хезча , цара (хьаг1ца) олу : "Баккъалла а иза (Мухьаммад) телхина ма ву" .
52.(амма) Иза (къуръан) ма дац , массо а 1аламна /болу/ хьехам бен .



69 - Cурат Алхьаккъа (Бакъ хилла дужург)
(Маккахь доьссина , 52 аят ду)
Аллах1а ц1арца доладо аса , доза доцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам да волчу


1.Бакъ хилла дужург
2.Х1ун ду иза бакъ хилла дужург ?
3.Хьуна сте хаийтина , х1ун ду иза бакъ хилла дужург ?
4.(Салихьа къомо) Самуда а , (Х1уда къомо) 1ада а харц дира (дегнашчу кхерам тосу) къемат де
5.Амма Самудаш х1аллак бира нуцкъалчу ц1ог1анца (мохк бегабарца)
6.Амма 1адаш х1аллак бира буьрсачу , шийлачу мехаца
7.Цо царна т1е тесира иза (мох) варх1 буса а барх1 дийнахь а дуьззина (ца хадош), т1аккха (оцу мурехь) адамаш гур дара хьуна х1аллак хиларна эгна , баккъалла шаьш тера долуш (мохо бух даьхначу) пальман диттан мурделчу (десачу) баххашха (орамашха)
8.Хьуна гой царах цхьа а висина (дисина х1умма а)?
9.Баьхкира Фир1авн а , цул хьалхарнаш а , (Лут1а къомах) т1ек1елбиттинарш а 1асаллийца
10.Шайн Делера элчана 1еса хилира уьш , т1аккха Цо (Аллах1а) лийцира уьш сов ч1ог1а лазочу лацарца
11.Баккъалла Оха , (Нохь-пайхамаран заманахь) хи дистина деанчу хена , шу (шун дай келхьара бахарца) даьхьира х1орд кеманахь
12.И (х1орд-кема) дархьама шуна хьехам (дегалацам) , иштта семачу (хезачу) лергашка тидаме эцийтархьама (лардайтархьама и хилла сурт)
13.Ткъа (Исрапил-малийко) оцу (шен) зурманчу цкъа "х1уп " аьлла
14.Латта а , лаьмнаш а (шайн меттара) айъина , аьтна д1ашардича
15.Оцу дийнахь дужур (х1уттур) ду дужуриг (къемат де)
16.Стигал ет1ар (екъалур) ю , иза оцу дийнахь г1ийла (заь1ап) хир ю
17.Малийкаш хир ду цуьнан (стиглана) йисташкахь , хьан Делан 1арш хьур ю шайн т1оьхула оцу дийнахь (малийкашха) барх1аммо
18.Оцу дийнахь (Далла хьалха) д1ах1иттор ду шу (хьесапна) , (Цуна) шух (аша лелийначух) къайла бер бац цхьа а хьулам (къайле)
19.Амма шен тептар аьтту куьйга делларг , цо эра ду (воккхавеш) :"Схьадуьйле сан тептар дешийша !"
20.Баккъалла а со тешна ма вара , баккъалла а сайна , сан хьесап т1ех1оттарха
21.Иза ша реза волчу дахарехь хир ву
22.Лекхачу (сийлахь-езачу) ялсаманахь
23.Шен (ялсаманин) стоьмаш гергадалийна долуш (шайна)
24.(цаьрга эра ду) :"Аша йаъа , мала (дег1ана) аьхна (г1оза) , шаьш динчунна (диканна дуьхьала) даханчу деношкахь (дуьненахь)"
25.Амма шен тептар аьрру куьйга делларг , цо эра ду (холчу х1оьттина) :" - Да вискха сан - (байтамал-я1) даланза (мукъане) веларкха со и сан тептар "
26."Хаъанза веларкха со мел (ирча) ду сан хьесап"
27."- Да вискха - (байтамал-я1) иза (валар) хилла делира (сан дахар) хадош (чекхдоккхуш кхел йоцуш) "
28." Со (1азапах) хьалха ца ваьккхи сан бахамо "
29."(х1аллак хилла) Д1адели соьгара сан паччахьалла "
30.(Дала эра ду) :"Аша (х1ай сан малийкаш) Лаца иза , буржулш тоха цуна"
31."Т1аккха вагочу жоьжахатчу волла иза"
32."Цул т1ехьа шен барам кхузткъеитт дол долчу з1ех д1атаса (д1авехка) иза"
33.Баккъалла а иза вара , сийлахьчу Аллах1ах ца тешаш ,
34.Иштта мискана кхача баларе ца кхойкхуш
35.Цуна вац тахана кхузахь (догэца) гергарниг (доттаг1)
36.Кхача бац (жоьжахатан ох1лана) ноткъанах (соьланах) бен
37.Ца буъу иза (кхача) хат1е хилчара (къа динчара) бен
38.Х1ан-х1а (шуна моьттург дац) ! Аса (Аллах1а) дуй буъу шуна гуш долчуьнци а
39.Шуна гуш доцучуьнци а
40.Баккъалла а иза (къоран) , (Сан) лерамечу геланчан (юкъарлонца деана) дош ма ду ,
41.Иза ма дац байт - язъярхочун дош , ма к1еззиг дукх шу тешарг
42.(иза) Бозбуанчан дош ма дац , ма к1еззиг дукх шун хьехам эцар
43.(ша) Доссийна ду 1аламийн Дала
44.Цо (сийлахьчу Мухьаммада) Тхуна т1ехь кхоьллинехьара цхьадолу дешнаш (доцург)
45.Оха (ч1ир эца) лоцур вара иза нуьцкъала каца
46.Т1аккха хадор бара цуьни (даг т1е боьду) син пха
47.Ткъа шух хир ма вацара цхьа а , цунах и (та1зар) духа тоха
48.Баккъалла а иза (къоран) хьехам бу (Делах) кхоьручаьрна
49.Баккъалла а Тхуна хаъа , баккъалла а шух (иза) харц дийраш хилар
50.Иштта баккъалла а иза (харцдар) байтамал (дохко бовлар) ду керстанашна (къемата дийнахь)
51.Баккъалла а иза (къоран) сецна (шэко йоцуш) бакъ ду
52.Ахьа ц1ан йе (хастаярца) хьайн сийлахьчу Делан ц1е (эшамах , вуонах)



70 +Ламеш



71- Cурат Нухь (Нохь-пайхамар)
(Маккахь доьссина , 28 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Баккъалла а Оха хьажийра Нохь-пайхамар шен къоме ."Хьайн къоман кхерамтаса , царна лазош хиндолу 1азап т1едале "(аьлла омранца)
2.Цо (Нохьас) элира : "Х1ай сан къам ! Баккъалла а со шуна ваийтина билгала кхерамча ву" ,
3."Аллах1ана лолла (1ибадат) делаш (хьарамниг дитарци) , Цунах кхералуш (къиношна генадовларци) , суна муьт1ахь хилалуш (ладог1арци)
4.(аша и дахь) Цо гечдийр ду шуна шун къинош , шу т1аьхьатоттур ду (1азап ца луш) ц1етоьхначу хене (1ожалле)
5.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а аса кхайкхира сан къам денахь а , буса а (5)
6.Амма сан кхайкхамо сов ца бехира уьш къахкарехь бен
7.Баккъалла а аса уьш мелкхайкхи (иймане) , хьоьга цаьрна гечдайтархьама , шайн лергашчу (шайн) п1елгаш доьхкира цара (бакъо ца хазархьама) , шайн бедаршца хьулбелира уьш (хьан б1аьра ца хьовса) , ч1аг1белира уьш (шайн харцон т1ехь) , куралла ярх а куралла йира цара (бакъонна)
8.Т1аккха , баккъалла а кхайкхира аса уьш (пхьоьг1анахь) мохьтоьхна (кхайкхарци)
9.Цул т1аьхьа , баккъалла а аса гучохь кхайкхира уьш , къайлах кхайкхира аса уьш
10.Т1аккха , аса элира :"(шайн къиношна) Гечдар дехийша аша (дерзийша) шайн Деле , баккъалла а , Иза ма ву т1ехгечдийриг"
11.(аша и дехахь) Цо стигал йоуьйтур ю шуна шортачу дог1анца , даьхний а , к1ентий а лур бу шуна , иштта бошмаш а (кхуьуьйтур ю) , (цаьрна юкъахула лелаш) татолаш а дийра ду шуна
12.Х1унда ца бо аша Аллах1ан вазаллийн лерам ?
13.Бакъ долуш шу кхоьллина Цо муьрашкахь
14.Шуна ца гина , Аллах1а муха кхоьллина варх1 стигал т1ек1-т1ек1ел ?
15.Шайна чохь бутт нуьре бина , малхах чиркх бина
16.Аллах1а кхиийра шу лаьттах кхиорха а (ораматийн хьесапахь)
17.Т1аккха (шу кхелхичи) Цо дерзор ду шу цуьнга (лаьтте)
18.Иштта (хьесапна) шу хьала а дохур ду Цо (оцу лаьтта кийрара) дахарх а
19.Аллах1а дина шуна х1ара латта (аьхна) даржийна
20.Шоьга лецийтархьама цунах шуьйра некъаш
21.Цо элира :"Х1ай сан Дели ! (оццула ас шаьш нийсоне кхайкхарха) Баккъалла а уьш суна 1еса хили , уьш т1аьхьа х1итти шаьш сов ца баьхначуна , шен бахамо а , доьзало а эшамехь а бен "
22.Цара йинарг яра йоккха мекарло
23.Цара элира (шайна т1аьхьа х1иттинчаьрга) :"Аша д1атасне а ма тасалуш шайн деланаш , аша д1атасне а ма тасалуш Вадда а , Сува1 а , Яг1ус а , Я1укъ а , Наср а "
24.(Нохьа кхайкхира шен Деле) Бакъ долуш цара тилийна дукха (нах) , ткъа Ахьа (йа Аллах1) зулам дай сов ма бахахь тиларехь бен
25.Церан къиношна (дукхаллийна) уьш хичу бахийтира , т1аккха уьш боьхкира (жоьжахатан) ц1ерга , царна ца карийра шайна Аллах1 воцуриг (Цуьни 1азап духатоха) г1оьнчанаш (орца)
26.Нохьа элира :"Х1ай сан Дели ! Ахьа ма йитахь х1окху лаьтта т1ехь керстанах цхьа керт"
27."Баккъалла а Ахьа уьш (дийна) битахь , Хьан лай тилор бу цара , цара дуьнена т1е воккхура вац (царах схьа вер вац) 1есаниг , цатешарг бен "
28."Х1ай сан Дели ! Ахьа геч дэхьа суна а , сан дена-нанна а , ша тешаш (ийманехь) волш сан х1усамчу ваьллачуна а , ийманехь болчу божаршна а , зударшна а , Ахьа сов ма бахахь зуламдай х1аллак хиларан эшамехь бен"



72 - Сурат Алджинн /Жинаш/
/Маккахь доьссина , 28 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Ахь ала /х1ай Мухьаммад/ :"/Дала дагчу/ Хьехна /хаъам бина/ суна , баккъалла а жинашха цхьана тобано /къуръане/ ладог1ар , /т1аккха/ цара элира :"Баккъалла а тхуна хезна тамашийна къуръан ,
2.цо нисво нийсонна т1е , тхо тийшира цунах , оха вийр ма вац тхайн Делаца /цхьа а/ декъашхо
3.Баккъалла а лакхадаьлла тхан Делан вазалла , Цо ца лаьцна /Шена/ зуда , ца лаьцна доьзалхо
4.Баккъалла а , /ислам дин дале/ тхоьх сонтаниг вара , ша Аллах1ана т1ехь т1ех /харц/ дерг олуш
5.Баккъалла а тхуна /х1ара къуръан хаззалц/ моьттинера адамо а , жинаш а Аллах1ана т1ехь харц дерг алне а эра дац
6.Баккъалла а , адамех /цхьа/ божарий бара /шаьш/ ларлуш , жинех болчу божаршца , ткъа цара /жинаш/ уьш совбехира /шайха/ озабаларехь /къиношкахь/
7.Баккъалла а , царна /жинашна/ моьттинера , шуна /х1ай адамаш/ ма моттара , баккъалла а Аллах1а цхьа а /веллачул т1аьхьа/ г1аттор ма вац /я х1окхул т1аьхьа геланча воуьйтур ма вац/
8.Баккъалла а тхо /хьалха санна/ стигалх хьакхаделира /хабар лачкъо дагахь/ , амма тхуна и карийра /ша/ юьзна буьрсачу г1аролех а , /вагочу/ седарчех а
9.Баккъалла а тхо дара /Мухьаммад ваийтале/ , /малийкин хабаре/ ладог1а охьаховжуш цунах /стиглах/ меттигашка , амма х1инца ладуг1учуна карабо вагош волун седа /шена/ к1ела хиъна
10.Баккъалла а тхуна ца хаъа , вуо лиъна-те лаьттахь болчарна /вагочу седарчех/ , я царна церан Далла диканиг /уьш нисбалар/ лиъна-те
11.Баккъалла а тхоьх диканаш бу , тхоьх иштта боцурш бу , тхо хили тайп-тайпана некъашца /тобанашкахь/
12.Баккъалла а тхо тийшира , тхаьш Аллах1 х1о латта т1ехь , /ванне а/ г1орасиз вийриг ца хиларх а , /иштта/ тхаьш /Дела лаъамах/ девдда к1елхьара девлла Иза г1орасиз вийриг ца хиларх а
13.Баккъалла а тхо , тхайна /къуръанан/ нийсо хезначу хена , тийшира цунах , ткъа ша шен Делах тешарг , иза ца кхоьру /йолан/ эшамах а , /къинойн/ т1етохамах а
14.Баккъалла а тхоьх бусалбанаш бу , иштта тхоьх бакъонах д1абирзинарш бу , ткъа шаьш бусалба хилларш , уьш нийсо /шайн дог1машна толам/ лехнарш /лиънарш/ бу
15.Амма бакъонах д1абирзинарш , царех жоьжахатан /ц1е лато/ дечиг /г1ирс/ хили"
16.Уьш /бакъонан/ некъа т1ехь нисбеллехьара , Оха царна лур дара /уьш 1аббалц/ шорта /дог1ан/ хи /лур дара шорта рицкъа а/
17.Уьш зерхьама цунца /ни1матца/ , ткъа ша шен Дела хьахорах букъ тоьхнарг , Цо вуллур ву иза ч1ог1ачу /халачу/ 1азапе
18.Баккъалла а маьждигаш /сужудаш/ Аллах1ан ду , аш ма кхайкха Аллах1аца цхьа а
19.Баккъалла а , Аллах1ан лай /Мухьаммад/ д1ах1оьттинчу хена , ша Цунга кхойкхуш , уьш /жинаш/ герга дара /ладог1а лаъарна/ шаьш хила /элчана т1егулдаларехь/ ж1оьмаргаш /т1иэк1ел вовшийн гаьхь/
20.Ахь /х1ай Мухьаммад/ ала /керстане/ :"Баккъалла а , ас сайн Деле кхойкху , ас ца во Цуьнца цхьа а декъашхо"
21.Ахь ала :"Баккъалла а , сан долахь /карахь/ дац шуна вуо дар а , дац дика дар а"
22.Ахь ала :"Баккъалла а , со хьалха /к1елхьара/ /ваккхане а/ воккхур ма вац Аллах1ах /Цуьнан1азапах/ цхьаммо а , иштта суна /каронне а/ карор ма яц Аллах1 воцург верза /лачкъа/ меттиг
23./сан карахь дац/ Аллах1ера кхайкхам а , Цуьнан д1ахьедарш а доцург". Ткъа ша Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а 1еса верг , баккъалла а цуна жоьжахатан ц1е ю , оцу чохь шаьш /и саннарш/ лаьттар болуш гуттара а /Дала геч ца дахь/
24.Ткъа шайна гича , шайна /хирду аьлла/ ч1аг1о йийриг , т1аккха /оцу хенахь/ царна хуъур ду , мила ву г1оьнча ледар верг а , /тобан/ дагардалар к1еззиг дерг а
25.Ахь ала :"Суна ца хаъа , шуна ч1аг1о йийриг /къемат де/ герга ду , я сан Дала /хан яхлур йолун/ чаккхе йийра ю цуьнан"
26./Иза ву/ Къайлах дерг хуъуш /верг/ , /амма/ Цо ца кхиаво Шен къайленна т1е /адамех/ цхьа а
27.Элчанах Ша реза верг /хаьржинарг/ бен , баккъалла а Цо х1иттадо цуьнан /элчана/ хьалха а , т1ехьа /и 1алашван малийкех/ г1аролаш
28.Цуна хаъархьама , бакъдолуш цара /элчанаш/ д1акхайкхийна хилар шайн Делан д1ахьедарш , Цо гуо биллина царгахь долчунна , /иштта/ Цо массо а х1уман гуо лаьцна дагардарехь


73-Сурат Алмуззаммил (Д1ахьаьрчинарг)
(Маккахь доьссина , 20 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Х1ай д1ахьаьрчинарг !
2.Хьо буьйсана (ламазна) г1атта , жимма йоцург
3.(я) Цуьни (буьйсан) ах , я цунах (эханнах) жимма эшайе
4.Я (хьайна лаъахь) т1етоха цуна (айхьа эшийначуна) , ахьа къоран деша парг1ата
5.Баккъалла а Оха хьуна т1е доссориг ду деза (къоранан) дош
6.Баккъалла а 1уьйкъана (буьйсана) г1аттар , иза т1ех ч1ог1у ду (дагчу) дожарехь , (иштта) т1ех нийси (билгал) ду аларехь (къоран дешарехь)
7.Баккъалла а хьан , дийнахь йехха парг1ато ю
8.Хьахайе хьайн Делан ц1е , (дуьненах) Д1ахаде Цуна (1ибадат дар) т1еверза верзарх а
9.Малхбален а , малхбузен а Дели ву Иза , кхин дели вац Иза бен , лаца (т1аккха) ахьа Иза (хьайн белхашкахь) векал
10.Хьо (х1ай Мухьаммад) собаре хила цара (керстано) дуьйцучуна (харц долучуна) , 1адбитахь ахьа уьш (карзах ца бохуш) хазчу битарца (хьо гена валахь царах)
11.Витахь Со хьоладайшца (шаьш зовкх хьоьгуш) , (и дин) харц дечарца (Суна битахь уьш , аса дан дезарг дийра ду цаьрна) , (Аса тоьхна хан кхаччалца) т1аьхьа таттахь уьш к1еззиг (х1аллак ца беш)
12.Баккъалла а Тхоьгахь (Тхан аяташ харц дечарна) буржулш а (жоьжахатан) ц1е а ю
13.(иштта) Ша леггехь дуьсу (чу , ара ца йолуш) даъар (яам) а , лазош долун 1азап а ду
14.Латта а лаьмнаш а диэгочу (къемата) дийнахь , лаьмнех (мохо лоькху) чена барз хир бу
15.Баккъалла а Оха хьажийра (ваийтира) шуна элча (геланча) , ша шуна (1амалаш) т1ехь теш волуш , .Тхаьшша Фир1авн волчу элча хьажорха терра
16.Амма Фир1авн 1еса хилира элчана , т1аккха лецира Оха иза буьрса лацарца
17.Ткъа шу муха лардала дохку , шаьш керстаналла дичи , (кхерамашан ч1аг1аллийна) бераш къеж дечу (къемата) дийнах ?!
18.(цуьни ч1аг1аллийна) Стигал ет1ар ю цу дийнахь , Цуьни (Аллах1ан) ч1аг1о кхочуш (йина) хили
19.Баккъалла а х1ара (аяташ-билгалонаш) хьехам (кхетам) бу (халкъана) , ткъа шена луъучо лоцур бу шен Далла т1е боьду (ийманан) некъ
20.Баккъалла а хьан Далла хуъуш ду , баккъалла а хьо 1уьйкъана , кха декъан-шин декъал к1еззиг а , цуьни (буьйсан) ах дакъа а , цуьни кхолаг1а дакъа а (ламазна) г1оттуш хилар , иштта хьоци болчарах (цхьа) тоба а (г1оттуш хилар) . Аллах1а х1оттабо бо буьйсан а , ден (хенашан) барам . Цуна хаъа шуна цуьни (1уьйкъа ламазан) барам х1отто (еригге буьйса ламаз т1ехь яккха) ницкъ кхочур боций , цундела Цо (шу г1орасиз хиларна) гечдина шуна (иза дайдарца шуна) . Ткъа (шайна дайдина хилчи) аша деша (1уьйкъа ламаз т1ехь) къоранх шайна атта дерг . Цуна хаъа , шух цомгуш берш хир буй , кхиберш некъаца буй , шаьш (рицкъа лахарехь) Аллах1ан комаьршонга догдохуш , иштта кхиберш Аллах1ан (дина) новкъахь (мостаг1чунца) лиэташ буй . Цундела (Цо шуна дай дина 1уьйкъана г1аттар) аша деша цунах (къуръанах) шайна атта дерг , (перз) ламаз диэ аша , закат ло аша , Аллах1ана (новкъахь) юхалург (а , саг1ийнаа а) ло аша хаза декхар . Аша (дуьненахь) шайн дог1маш доьхьа луш долу дика , шуна карор ду иза (къемата дийнахь) Аллах1ана гергахь дика а , боккхачу мелехь а . Аллах1е гечдар деха аша , баккъалла а Аллах1 гечдеш ву , даиманна а болу къинхетам да ву



74-Cурат Алмуддассир (Бедарха хьаьрчинарг)
(Маккахь доьссина , 56 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу


1.Х1ай бедарха хьаьрчинарг !
2.(ши пхьарс хьалбай) Г1атте (халкъана) кхерам таса !
3.Хьайн Дела вазварца айъа !
4.Хьайн бедар ц1анйе (догц1ена хила)
5.Боьхачух генавала
6.(нахана) Дика ма де (цуна духьала) алсамчу бекхаме сатуьйсуш
7.Хьайн Дела доьхьа собаре хила (церан новкъахьовзамашкахь)
8.(Исрапил малийко) Оцу (шен) зурманчу "х1уп" аьлчи
9.Ткъа иза оцу дийнахь хала де ду
10.Керстанашна атта доцуш
11.Витахь Со , Аса ша цхьалха (х1умма доцуш) кхоьллинчунца !
12.Т1аккха Аса делира цуна (барам боцуш) шорта даьхни а ,
13.Т1ех1иттина (гуонаха бевлла) к1ентий а
14.Аьтту барх а боккха аьтту бира Аса цуьни (юкъара дахарехь)
15.Цул т1ехьа , (кхи ца 1ебаш) Аса (даьхни) сов даккхаре сатуьйсу цо
16.Х1ан-х1а ! Баккъалла а иза вара Тхан аяташна дуьхьал ваьлла
17.Аса йоккхуьйтур ю цуьнга (халонан) ирхо
18.Баккъалла а (къорана хьокъехь) ша ойла йина , (цунах ала х1ума) кечдира (кхоьллира) цо
19.Дала д1аэцарг , цо муха бийра бара иштта (харц) кечам ?!
20.Юха а Дала д1аэцарг , муха бийра бара и кечам
21.Т1аккха д1асахьаьжира иза (бакъонна дуьхьал даккха х1ума лоьхуш)
22.Юха хьаж юккъе шед х1оттийна (юьхь-марш хибийна) , юьхь т1ийра бос байна (вусавелла) д1ах1оьттира иза
23.Цул т1ехьа (бакъонна) букъ тоьхна , (Далла муьт1ахь хиларна) куралла йира цо
24.Цо (керстано) элира :"Х1ара (къоран) ма дац д1абаханчарах дуьйцу базбуанчал бен",
25."Х1ара ма дац , адамийн къамел бен"
26.Аса (Аллах1а) вуллур ву иза (сакъар ц1е йолчу) жоьжахата
27.Сте хаийтина хьуна , х1ун ю и (сакъар олу) жоьжахате (иза муха ю хаий хьуна) !?!
28.(иза дера ю) Ша (адамаш) тесса (дийна) ца дуьтуш , (делла парг1ат) 1ад ца дуьтуш
29.Ша (адамийн) дилха (шен ц1ерца) морцуш (чахчош)
30.Оцу (жоьжахат) т1ех1оттийна ду ткъаесна (малик)
31.Оха жоьжахатан т1ех1иттийна дац малийкаш бен , Оха церан дагардалар (барам) дина дац , шаьш керстаналла динарш зерхьама бен , иштта шайна жайна доьссинарш (билгала долчуна) т1екхиийтархьама а , шаьш тешнарш тешамехь (ийманехь) совбовлийтархьама а , шайна жайна доьссинарш а , тешарш (муъм-нах) а шекончу ца эгийтархьама а , шайн дегнашчохь (кийрахь) цамгар йолчаьрги а , керстанашка а алийтархьама а : "Х1ун (билгал даккха) лиъна-техьа Аллах1ана х1окху (барамийн) масалца ?". Иштта (и ца тешарш тилорха терра) Аллах1а (бакъонах) тилаво (сийсаз во) Шена луъург , нисво Шена луъург . Хьан Дела б1ахой (дукхаллийна уьш) мел бу хаъац Цуна (Аллах1ан) бен . Иза (жоьжахате) ма яц адамашна хьехам (дегалацам) бен
32.Х1ан-х1а (шун моьттург ма дац , бакъ долуш) ! Беттаца а (нур дохьуш бог1учу) ,
33.Буьйсенца а ,(бода д1ахьуш) йоьдучу
34.Денца а , серлонца дог1учу дуй ма буъу Аса
35.Баккъалла а , иза (жоьжахате) даккхийчарах (1азапашха) цхьаъ ма ду
36.Адамашна (ша) кхерам тосуш
37.Шух (диканехь) хьалхе яккха (т1ехила) , я (вуочунга) юхавала луъучунна
38.Массо а са , ша динчух (дихкина) жоьпе ду
39.Бакъена (бакъона) дай боцурш
40.Ялсаманахь вовшашка хеттаре бевра бу уьш
41.Къинош динчу зуламдайшха
42.(цара цаьрга хоттур ду:) "Сте далийна шу х1окху жоьжахата ?"
43.Цара (жоп луш) эра ду : "Тхо дацар ламаз деш а " ,
44."Мискачуна кхача луш а , "
45."Харц луьйчаьрци (оцу) харц хабаре довлур (лер) тхо (ца хуъург дийцара оха) " ,
46."Бекхаман (къемат) де харц дора оха"
47."Тхайна билгал дерг (далар) т1едаллаца"
48.(х1ара сипаташ долчаьрна) Шапа1ат дечеран шапа1ато бан пайда ма бац цаьрна (уьш кхелхичи)
49.Цаьрна х1ун хилла ? (хьан) Хьехамах (букъ тоьхна) д1абирзина
50.Баккъалла а шаьш йолуш санна , къаьхкина варраш
51.(т1аьхьа даьллачу) Лоьмах (кхераелла) едда йолу
52.Бакъ долуш (къин эхь ца хеташ) , царах х1оранна а лаьа , шена т1е (пайхамарна санна) схьадиллина тептарш (жайнаш) дисса
53.Х1ан-х1а ! Бакъ долуш эхартах кхьруш бац уьш
54.Х1акъ долуш , баккъалла а иза (къоран) хьехам бу
55.Шена луъучо хьехам оьцур бу цунах
56.Амма Аллах1ана ца лаъахь , цара цунах хьехам оьцур бац , Иза (Аллах1) Шеха кхера хьакъ верг а , гечдийриг а ву



75-Cурат Алкъияма (Г1овттор)
(Маккахь доьссина , 40 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Г1овторан дийнаца дуй буъу Аса
2.(дохко даларна ша шега) Бехкаш бохучу сиц дуй буъу Аса
3.Адаманна моьтту ткъа , шен (мурйоьлла) д1аь1акаш (къемата дийнахь) вовшах тоха (гулъян) Тхан ницкъ кхочур бац ?!
4.Бакъ долуш (цул совнах) , (Тхо) ницкъ кхочуш ду п1елгийн буьхьигаш (лараш) меттах1итто (шайн жималлийца)
5.Бакъ долуш , адам тийжа т1едог1ург (къемат де) харц даре
6.Цо хоьтту (ца тешаш) :"Маца ду (ахьа дуьйцу) г1овторан де ?"
7.Ткъа б1аьрг (хьере хиларна) серлабаьлчи
8.(нур д1аэцна) Бутт лаьцча (д1атилийчи)
9.Малх а , бутт а гулбича
10.Адамо олу оцу (къемата) дийнахь (цуьнан халонаш шена гича) :"Мичахь ю те вада меттиг (стенга водур вара те)"
11.Х1ан-х1а ! (оцу дийнахь) Вада (лачкъа) меттиг бац .
12.Оцу дийнахь (парг1атон) воьрзийла хьан Деле ю (кхин яц)
13.(массо а) Адамашка д1адовзуьйту (оцу дийнахь) цо (диканах а , вуонах а) динарг а , дитинарг
14.Бакъ долуш , адам шен дег1ан дуьхьал теш ду
15.Цо ялаяхь а шен бехказлонаш
16.(доссар кхочуш хилале) Хьайн мотт (х1ай Мухьаммад) хьиэ мабиэ цуьнца (къоранца) , сихо ярхьама цуьнан (дагахь латторан)
17.Баккъалла а , Тхуна т1ехь ду иза (хьан кийрахь) гулдар а , (цул т1аьхьа ахь) иза дешар (хьан матта т1ехь сацор) а
18.Ткъа Оха иза (Жабраил меттан эшарца) дешча , (ладог1арца) т1аьхьаваза цуьнан дешарна
19.Цул т1аьхьа , баккъалла а Тхуна т1ехь ду иза (къур'ан) билгал дар
20.Х1ан-х1а ! Бакъ долуш , дуьненан дахар деза шуна ,
21.Эхарт (тесна) 1ад дуьту аша (цуна 1амал ца еш)
22.Оцу (къемата) дийнахь (муъмнеха) яххьаш нур лепаш хир ю
23.Шайн Деле хьоьжуш
24.Оцу дийнахь (керстан) яххьаш (бос байна) кхоьлина хир ю
25.Шайна 1азап дийриг хиларх тешна
26.Х1ан-х1а ! Бакъ долуш , са логе кхаьччи (Деле доьрзуш)
27.Эра ду : "Мила ву (ша валарха) дарба дийриг"
28.Т1аккха тийшира (кхийтира) иза , баккъалла а иза (шена т1ех1оьттинарг) къастар дуй (шена дезачу дуьненах)
29.(са ийзор баланна) Ког когахь хьерчар бу (баланаш хьерчар бу)
30.Хьан Деле ду оцу дийнахь воьрзийла
31.(къур'ан) Бакъ ца дира цо , я ламаз ца дира
32.Делахь а (къу'ран) харц дина , (ийманна) букъ тоьхна д1авахар иза
33.Цул т1аьхьа , вирзира иза шен доьзале , курачу боларца (шех тамаш беш)
34.Хьо ваха мегар ду иштта (кхин эхь ца хеташ)
35.Юха а (хьайн Далла 1еса волу) хьо лела мегар ду иштта
36.Адаманна моьтту ткъа ша (эрна) тесна (жоьпалла доцуш) дуьтур ду ?!
37.Иза ца хилла ткъа (зудчун кийра) дутту (стеган) хих т1адам ?!
38.Цул т1аьхьа , шиэха (хих) детта ц1ий хилла , т1аккха (Дала) чу са кхоьллина , кхачаме (суьртахь) вина
39.Цул т1аьхьа , Цо (Аллах1а) дира (кхоьллира) цуьнах (стеги-зудчун хих) шина кепара (адам) , боьрши а , сте а
40.Вац ткъа (уьш кхолла ницкъ кхочуш волу) Иза (Аллах1) ницкъ кхочуш , денбан белларш ?!



76 - Сурат Альинсан (Адам)
(Маккахь доьссина , 31 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Бакъ долуш , заманах цхьа мур (хан) беана адаманна т1е , ша (адам) доцуш (стигалахь , я лаьттахь) хьахош (дойзуш) х1ума
2.Баккъалла а , Оха кхоьллина адам (стеги , зудчи) ийначу т1адамах (хих) , Тхаьш иза (адам) зуьйш . Ткъа Оха дира иза хезаш , гуш
3.Баккъалла а , Оха нисдира иза (нийсачу) новкъа , (цуьни) пуьсар (шукр) дойла цо , я пуьсар доцуш (керста) хилийла иза
4.Баккъалла а , Оха кечйина керстана з1енаш а , буржалш а , (жоьжахатан) ц1е а
5.(амма) Баккъалла а , (1амалшкахь) дикачаьра мер ду , кафурах (дег1ана аьхна долуш , чомана хаза долуш) эдар хилчу , малар кедах
6.Шовданах , Аллах1ан лайша ша молуш долчу , шайна мел деза (мичхьа деза) хьаладохуш (6)
7.Цара (Далла муьт1ахь хиларехь йина) ч1аг1о кхочуш йо , (иштта) уьш кхоьру (хьарам дерг дитарци) шен вуо (бала) даьржачу (къемата) дийнах
8.Кхача ло цара , шайна и безашнехьа , мискачуна а , байна а , йийсарна а
9.(шаьш олуш) :"Баккъалла а , оха ло шуна х1ара кхача Аллах1ан (йола) доьхьи (юьхьна) , оха ца боьху (ца лоьху) шоьгара (цуна дуьхьал) бекхам а , (нахана гергахь) пуьсар (баркалла) а"
10.Баккъалла а тхо кхоьру тхайн Делера , (гаттонашна) буьрсачу , (баланашна) дехачу (къемата) дийнах
(церан дикачу 1амалшна) Аллах1а лар а бира 11.(1алаш а бира) уьш оцу дийна (уьш кхийринчу) вуонах , (яххьаш т1ехь) нурлепар (юьхьк1ам) а , (дегнашкахь) баккхий бер а делира цаьрна
12.Цо (Аллах1а) цаьрна бекхам бира , цара (Аллах1ана муьт1ахь хиларехь) собар дарна , (ялсамани) бешций а , (дег1ана аьхначу) дариций а
13.Оцу чохь шаьш (1индаг1ера) маьнгеш т1ехь тевжина , царна гур (карор) бац цу чохь (т1екъаьрзина) малх а , шело а
14.Цуьни (ялсамани дитта) 1индаг1 шайна герга долуш , шен стоьмаш (т1екхача) муьт1ахь (т1екхача атта) дина
15.Чухьийзор бу цаьрна (ялхой) детин пхьег1ашци а , (чохь малар долу) чекх сагучу (аьнгали) к1удалшци (кедашци)
16.Чекх сагучу детех (шаьш) йолу , цара дира иза нийсачу барамехь
17.Цаьрна малабо цу чохь маларан кад , шен эдар мелачу занжабийлах долу
18.(ялсамани) Шовда а (молу цара) , "Салсабийл" : олуш долу
19.Т1ехьийзар ду цаьрна гуттар (хаза , жима) лаьтта бераш (кегийраш) , хьайна уьш гичи , (цера хазаллийна) хетара дара хьуна уьш даржийна жовх1арш долуш санна
20.Хьо цига (ялсаманийчу) хьаьжчи (Аллах1а шен дикачу лешна лурдолучуьнга) , хьуна гур дара (куц ца х1отталуш) зовкх (ни1мат) а , (доза доцуш) доккха (шуьйра) пачахьалла (бахам) а
21.Цаьрна т1ехь дуткъачу а , стоммачу дарин баьццара духар хир ду , уьш кечбийра бу детин х1азаршца , малор ду цаьрна церан Дала ц1ена малар
22.(цаьрга эра ду :) "Баккъалла а х1ара (зовкх) , бекхам (ял-мел) бу шуна , шун 1амал къобал хилла (Аллах1ана гергахь)
23.Баккъалла а Оха доссийна хьуна т1е х1ара къоран дакъошца
24.Хьо собаре хила хьайн Дела кхелана , хьо муьт1ахь ма хила царех (Далла декъашхо вечарех) къадечунна а , баркалдоцучуна а
25.ьайн Дела ц1е хьахайе (ламаз де) 1уьйранна а , суьйранна
26.Буьйсана а де Цуна сужуд (ламаз) , хаставе Иза (1уьйкъа ламаз т1ехь) ехачу буса
27.Баккъалла а х1окхаьрна дуьне деза , шайна хьалха долу (т1едог1у) хала (къемат) де дуьту цара (кечам бар доцуш)
28.Оха уьш кхолла а кхоьллина , церан кхоллар (дог1маш) ч1аг1дира , ткъа Тхайна лаъахь , Оха хуьйцур бу уьш шайха терачаьрци
29.Баккъалла а , х1ара (сурат) хьехам бу , ткъа шена луучо лоцур бу шен Далла т1е боьду некъ
30.Амма шуна луур дац , Аллах1ана ца лаъахь , баккъалла а Аллах1 ву хууш , кхетаме
31.Шена луучух Шен къинхетам бо Цо , амма з1уламдайшна Цо кечдина лазош долун 1азап .



77 - Cурат Алмурсалат (Дохкуьйтурш)
(Маккахь доьссина , 50 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу


1.Ца хедаш (т1аьхьа-хьалха) хьоькхуш , дохкуьйтучу мехашци а ,
2.Шок етташ хьоькхуш долчу , луьрачу мехашци а ,
3.Мархаш лоьхкуш , яржочу мехашци а ,
4.Бакъо-харцо къасточаьрци а ,
5.Хьехам кховдочаьрци а ,
6.Бехказлонца , я кхерам тасарца , (цаьрца массаьрци а) дуй буъу Аса (Аллах1а)
7.Баккъалла а шуна ч1аг1о йинарг (къемат де) дужур ма ду
8.Седарчин нур дайъичи
9.Стигал ят1ийчи
10.Лаьмнаш (бухдаьхна) сихонца д1атилийчи
11.Элчанаш гулбаран ханйилчи
12.Муьлхачу дийне теттина ?
13.Къасторан дийне
14.Хьуна сте хаийтина х1ун ду къасторан де ?
15.Сийсазвен 1азап ду оцу дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
16.Оха х1аллак ца бина ткъа (харцдарна) хьалха хилларш ?
17.Цул т1ехьа , Оха цаьрна т1аьха бохуьйтур бу (царех тера болу) кхин берш
18.Иштта , и до Оха къинош дечаьрна
19.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
20.Оха шу ца кхоьллина (Дела ницкъе дилличи) х1умма доцчу хих ?!
21.Тхаьш иза д1анисдина (нена кийрахь) тешамечу меттехь ,
22.(иза дуьненчу дала) Билгала йинчу (6-9 бутт) хене ?
23.Тхан ницкъ кхечира (оцу т1ехь) , ма говза (г1олий) ницкъ кхочурш ду Тхо
24.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
25.Оха латта ца дина ткъа (ша шена) чулоцуш (х1усам)
26.(шен букъ т1ехь) Дийна берш а , (шен кийрахь) белларш а ?
27.Оха ма дира оцу лаьтта т1ехь лекха лаьмнаш а , шуна малийра мерза (теза) хи а
28.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
29.(керстане эра ду :) "Д1аг1о (х1инца) шаьш (дуьненахь) харцдеш хиллачуьнга (жоьжахатан ц1ерга)" ,
30."Д1аг1о , кхо дакъа долчу , (к1уран) 1индаг1е (бодане)" ,
31."(ша) 1индаг1е доцу , (я) ша (жоьжахатан) ц1арах хьалха ца воккхучу" ,
32.Баккъалла а цо (жоьжахатан ц1еро) кхуьйсу г1аланаш (гуьйригаш) санна (даккхий) суьйнаш
33.Баккъалла а шаьш долуш санна , можа бос беттало 1аьржа эмкалш (я х1орд-кеман машшаш)
34.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
35.Х1ара (къемат де) уьш бист ца хуьлу де ду
36.(я) Пурба лур дац цаьрна бехказа бовла
37.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
38.Х1ара (бакъо-харцо) къасторан де ду , Оха гулдина шу а , (шул) хьалха хилларш а
39.Шай (х1окху Сан 1азапах хьалха довла) х1илла делахь , леладе иза Суна дуьхьал
40.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
41.Баккъалла а (шайн декхарш кхочуш дарци Делах) кхоьруш берш (ялсамани диттийн) 1индаг1ехь а , шовданашкахь а ,
42.Шаьш сатесначу стоьмашкахь а хир бу
43.(цаьрга эра ду :) "Даъа , мала (г1оза) аьхна (хила шун дакъа) , аша деш хилчуна (диканна) дуьхьал
44.Баккъалла а , Оха иштта бекхам бо дика дечаьрна
45.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
46.(Дала олу къемат де харц дечаьрга :) "Даъа , дика хьега к1еззиг (йолчу дуьнена заманахь) , баккъалла а шу къинош дийраш ду"
47.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
48.Цаьрга аьлчи : "Руку1 (ламаз) де" , (кураллийца юхакхетий) ца до цара руку1 (ламаз)
49.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
50.Муьлхачу къамелах тешар бу уьш , цул (къоранах ца тешначул) т1аьхьа ?!



78 - Cурат Аннабаъ (Хабар , хаъам)
(Маккахь доьссина , 40 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Х1ун ду цара вовшашка хоьттург (къобал дар доцуш) ?!
2.Боккха хаъам бу (хабар ду) и . (къемат де , сийлахь къур-ан , белларш г1овтор)
3.Уьш (адам) шен хьокъехь биэкъа белла (тешарш , ца тешарш хилла)
4.Духа довла оцу шеконах , харц дарх ! Царна хаъне а хуъур ма ду
5.Т1аккха а (ч1аг1 ма до аса) , царна хаъне а хуъур ма ду (шайна хиндерг)
6.Латта ца дина Оха (Аллах1а) царна мотт санна аьхна , (муьт1ахь , дахарна парг1ат) ?!,
7.Лаьмнех хьостамий (хьекхий , г1ортолаш) , (оцу латтана)
8.Шу ма кхоьллина оха сте а , боьрша а (вовшех марзо эцийта , т1аьхьло хилийта)
9.Сада1арна наб елла (дуьнена белхех д1ахедаш)
10.Хьуламна (парг1ат довла) буьйса елла (дег1 хьулдо бедар хьесапехь)
11.Рицкъа лаха де делла
12.Нуьцкъала , кхачаме варх1 стигал шуна т1оьхала (тхов бина) йоьг1на
13.Серлонна къегина чиркх (санна малх) белла
14.Дог1анех юьзначу мархашкара шорта , цахеда дог1а даийтана
15.Шеца Оха х1у (буьртиг) а , сено а ,
16.Луьста бешмаш а йолуьйташ долу
17.Баккъалла а , къастаман де (къематан де) хан тоьхна ма ду
18.Оцу дийнахь (Исрафил-малийко шен) зурмачу (ц1узанчу) х1уфф аьлла , г1овтийна тобанашкахь дог1ар ду шу
19.Стигланаш йиллина (малийкаш чу дисса) некъаш дехкана (ковнаш хилла)
20.Лаьмнаш д1атилийна г1аларт (б1алг1а) бен ца дуьсаш
21.Баккъалла а жоьжахате к1ело хилла (к1ела хиъна) 1аьш ю
22.Зулам дайшна боьрза меттиг (х1усам) хилла
23.Оцу чохь 1ийр бу уьш чаккхе йоцуш
24.Дег1ера йовхо яйъа шийла хи доцуш , кийра шелбан малар доцуш
25.Ша кхоьхка хи а , жоьжахата ох1лан ноткъа а (хьацар а , б1аьрхиш а бен) доцуриг
26.Бог1аш бекхам бу иза (церан 1амалашца)
27.Баккъалла а уьш бацара хьесап хирг хиларх тешаш
28.Тхан (Аллах1а) аяташ (билгалонаш) харц дира цара х1уьттаренца
29.Массо а х1ума (лайн 1амалаш) д1аяздина (лардина) Оха (Аллах1а)
30.(жоьжахатан ох1лане эра ду) : "1овша аша шайн хало , 1азап совдаккхар доцург кхин т1екхета х1ума дац шуна" аьлла .
31.Баккъалла а , Делах кхерарна , декъала хилла чарна толам бу (ялсаманехь)
32.Бошмаш а , кемсаш а ,
33.Кхиъна бог1у (ялсаманийн) мехкарий а ,
34.(ялсаманийн) Маларха буьзна кад а баларца
35.Оцу чохь царна хезар дац пайден доцу эрна хабар а , аьшпаш (пуьташ) а
36.Хьан Дала шен къинхетамца , коьмаьршонца бина кхачаме а , шорта а болу бекхам бу иза
37.Стигланий а , лаьттий а , оцу юкъахь мелдолчу х1уманний а къинхетаме Дела ву иза . Цуьни пурбанци бен вист хила йиш йолуш вац цхьа а (ял сов яккхар , ле бала д1аъайбар доьхаш)
38.Массо а синош , малийкаш мог1анашкахь (Далла хьалха) д1ах1уьттучу (къемата) дийнахь , къинхетаме Дала пурба делларг а , бакъона дош (Аллах1 воцуриг дела вац) аьлларг а бен вист хира вац
39.И де (хилар шеко йоцуш) бакъ ду . Ткъа шена лаьачо Далла т1е боьда некъ лоцур (хоржур) бу (лиэлийна чуна дохко валарца)
40.Баккъалла а Оха (Аллах1а) д1ахаийтина шуна 1азап (къемат де) герга хилар , оцу дийнахь стагана д1агойтур ю цуо мел йина (дика , вуон , шира , керла )1амалаш , т1аккха керстано эра ду : "Латта хил делар ша " аьлла (шен хиндолу 1азап гичи) .




79 - Сурат Аннази1ат (Са оьцу малийкаш)
(Маккахь доьссина , 46 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Кийран к1оргера лазош (1овжош) керстана синош оьцучу малийкашца а ,
2.Къинхетамца (лазам боцуш) бусалбана синош оьцучу малийкашца а ,
3.Дела омранца сихонца (лаьтта) дуьссучу малийкашца а ,
4.Синош чехка шайн х1усамашка (ялсамане , я жоьжахате) д1акхачош долчу малийкашца а ,
5.Дела сацамаш стиглара лаьтта бохьучу малийкашца а , ч1аг1о ма йо Аса (Аллах1а)
6.(шун синош оьцур ма ду , Исрафил - малийко шен зурманчу дуьххьара х1уфф аьлла ,) , Мелдолу х1ума диэгочу (къемата) дийнахь
7.Цуна т1аьхьа (ц1ог1анца) важа дог1ур ду (шозлаг1а х1уфф алар , мелдолу х1ума дегийна , адамаш ша г1овтош)
8.Оцу дийнахь дегнаш , кхерам сов баларна , доьхна долуш ,
9.(адам) Б1аьргаш охкийна (г1ийла , сийсаз , кхерамо 1адийна ) таь1на хир ду
10.Керстано эра ду : " Деллачул т1аьхьа ден дийр ду вай ?
11.Вайн дилха а , даь1ак а телхана лаьтте йирзанчул т1аьхьа
12.Дала вай ден дина г1иттадахь , вайна эшам болуш хир ма ду и г1овтадар " аьлла
13.Баккъалла а , цхьа буьрса ц1ог1а тоьхна (Исрафил-малийко шолг1а х1уфф аьлла) ,
14.Дала мел кхоьллина массо а х1ума махьшар (гулам) майдане д1агулдийра ма ду .
15.Муса (пайхамаран) хабар кхаьчний хьоьга (х1ай сийдоллу Мухьаммад ) ?!
16.Шен Дала ша кхайкхина къамеле ваьккхина (волу) безачу (сийлахь-ц1еначу) Т1ува олучу буьйрахь
17.Дала шега : "Фир1авн волчу г1уо хьо , баккъалла а Дела омарна дуьхьал ваьлла иза " аьлла
18.Ахьа д1аъала цуьнга : " Иймане веъана ц1анвелчи х1ун дара техьа хьо ?",
19."Я хьан Далла 1ибадат дар т1е хьо аса нисвичи , т1аккха хьан дог цуна муьт1ахь хилла хьасталур ма дара ?"
20.Цул т1аьхьа , нуьцкъала , йоккха билгало гучу яьккхира цо (Мусас) цуна (Фир1авнна)
21.Амма и (билгало) харц а йина , цо бина кхайкхамна терго ца йира цо
22.Т1аккха (ийманна) букъ а тоьхна , харцо туолая б1о (гозбончалш) гулбан вуьйлира иза
23.Уьш (гозбончалш) а , шен къам а гулдина , кхайкхам бина
24.Элира цо (Фир1авна) : " Ша ву шун коьрта (сийлахь) дела " аьлла
25.Т1аккха Аллах1а дуьненна а , эхартна а хьехам хир болу ч1ир (бекхам) ийцира цуьнгара (х1аллак варца) ,
26.Баккъалла а иза (таIзар) , хьехам (кхетам) ма бу Делах кхоьручунна (хьехамах пайда оьцучунна)
27.Шун кхоллар ду (х1ай адам!) хала (доккха) , я Дала йоьг1на (туоха доза доцу) стигал кхоллар ду ?!
28.Ша лекха йоьг1на , тоха доза доцуш , кхачаме нийса йолуш (даккха ант , дерт , сакхталла доцуш) , седарчашца кечйина
29.Бодане 1аьржа буьйса йина , нуьре серла де дина
30.Цул т1аьхьа латта даржийна (х1оанна куьцахь кхоьллина) , (дийнаташна т1аьхь даха аьхна долуш)
31.Оцу латтах мала хин а , садолчу х1уманна даъар (дажар) а далийтина
32.Лаьмнаш доьг1на (ч1аг1дина , нуьцкъала сацийна)
33.(и массо а дика-ни1мат) : латта даржор , шовданаш дийлийтар , татолаш лелийтар , лаьтта кийрар хазнаш гуча яхар , ялтанаш , дитташ , стоьмаш дийлийтар , лаьмнаш т1аьхь ваха маьрша хилийтар ...) Шоьга а шун хьайбанашка а зовкх хьегийта ду .
34.Ткъа и доккха , луьра къемат де деъача
35.Т1аккха , оцу дийнахь адаманна дага дог1ур ду ша меллелийнарг (дики , вуо)
36.Жоьжахате гойтур ю массо а адаманна
37.Амма ша карзах ваьлла (Дела дозанаш хедош)
38.Дуьнена дахар толийнарг (эхарт дахарал а , динал а хьалха даккхарца)
39.Баккъалла а , цуьна воьрзу меттиг жоьжахате ю
40.Амма ша Далла дуьхьал х1оьттича йоьхь 1аьржа хиларх кхийрина , шен диэг1а лаъамах дег1 юха диттинарг
41.Баккъалла а,цуьни воьрзу меттиг ялсамане ю
42.(адамаш) Хоьтту хьоьга (х1ай сийдолу Мухьаммад!) къемат де маца х1уттур ду (бохуш)?
43.Хьоьгахь дац и хаъар а , царга д1ахаийтар а ,
44.Хьан Делехь ду и х1оттар хаъар 1илма
45.Баккъалла а (Дела 1азапах ларбала безар) д1акхайкхархо ву хьо , т1аккха Делах кхийринарг (и кхайкхам т1елацарца) декъал хир ву
46.Баккъалла а , и къемат де шайна гичи , шаьш (дуьненахь , лахьтийчохь) яьккхина хан суьйре , 1уьйре санна йоца хетар ю адамашна .



80 - Сурат 1абаса (Юьхь-марш хабийна)
(Маккахь доьссина , 42 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Реза воцуш йоьхь-марш хабийна , букътоьхна д1авирзи (Элча)
2.И б1аьрзе (Къайсан к1ант 1амр) ша волча варна (ша юкъар ваккхарна)
3.Хьуна (х1ай сийдолу Мухьаммад) х1ун хаъа , ц1ан валарехь сов вала ма тар ло иза
4.Ле хьехамах г1олий пайда эца ма тарлора цо
5.Амма хьолан дена (ахьа деанарг оьшуш воцчу)
6.Т1е ма вирзи хьо (цуьни иймане дог дохуш)
7.Хьо жоьпе ма вац цуьни ц1анонах
8.Амма хьо волче хьаьдна веанарг ( 1илманехь сов вала лаам болуш)
9.Делах ша кхоьраш ва волуш
10.Иза тесна ма вити ахьа терго ца еш (кхечунца хьо д1алаьцна)
11.И тайпа х1ума кхи ма делахь . Баккъалла а , х1ара аяташ хьехам , (кхетам) бу , (бакъо цхьатерра , къестамаш боцуш д1акховдо езар весет ду)
12.Шена луачо пайда оьцар бу
13.Лерамечу тептаршкахь ду и (аяташ , хьехамаш)
14.Далла гергахь еза меттиг йолуш , (эшамах , т1етохарха , боьхачух) шаьш ц1ена долуш
15.(шаьш адамашна т1едиссийна) Маликийн карахула
16.Лераме , Далла муьт1ахь долчу .
17.Дала шен къинхетаман гена даьккхина и (харц луьй) адам , ма ч1ог1а дукха цуьни керстаналла
18.Дала стенах кхоьллина и (хаий цуна) ?!
19.(сте , боьрша) Т1адамах кхолла а кхоьллина , хан-зама , рицкъа делла
20.Цул т1ехьа могаш-маьрша нена кийрара ара маваьккхана иза
21.Т1аккха , хан-зама чекх яьлча са эцна латте ма верзийна
22.Цул т1ехьа шена лаьачу хенахь (къемата дийнахь) г1атта мавина (ден вина)
23.Духа дала адам керстаналлах ! Дала шена т1едиллинарг дина ма дац цо х1инц-цалца
24.Шен кхачане хьажийла и адам (ойла ярца)
25.Стиглара дог1а даийтина оха (Аллах1а) шорта (1анийна)
26.Т1аккха латта декъна д1асадахийтана
27.Массо а кепара буьртигаш (х1уш)
28.Кемсаш , сийна бецаш (хасстоьмаш)
29.Зайт (даьтта) , хурма (бес-бесара)
30.Яккхий , луьста бошмаш
31.Стоьмаш , хьайбана даъарш (алаш ...) хьала довлуьйташ
32.Зовкх хьегийта , шоьга а , шун хьайбанашка а
33.Ткъа къематан де деача (лергаш къора дечу ц1ог1анца) ,
34.Дера ду и де , стаг (адам) шен вешех ,
35.Ненах , дех
36.Зудчух , доьзалх водар (къаьхкар) волу (хала) де ,
37.Оцу дийнахь , массо а стаг (адам) шен балхо (хьоло) д1алаьцна хир ву (шен синехьа дирзана , кхечунца бала кхачар доцаш) .
38.Юьхьмаш нуьре йолуш
39.Бела белла , бекхабелла , кхаьънаш дохуш хир бу оцу дийнахь (цхьаберш)
40.Бос байна (сийсаз хиларна)
41.Юьхь 1аьржа хир бу оцу дийнахь (кхиберш)
42.Ткъа уьш , дегнаш керста долуш , 1амалаш 1еса йолуш хилларш бу



81 - Сурат Аттаквийр ( Хьарчор)
(Маккахь доьссина , 29 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.Малх хьарчийна д1аластийча (шен нур дайна д1атилийча , къемат де х1оттарна)
2.Седарчий охьаэгна даьржина (1аьнна) д1адахча
3.Лаьмнаш шайн меттара меттаха даьхча
4.Пхора эмкалш (1у воцуш) тесна пана йитча (сил дукха йолчарна езаш йолу) , (т1ех1оьттинчу баланна ч1ог1аллийна)
5.Дийнаташ (акхарой) д1агулдича (вовшах ийна)
6.Х1ордаш ц1арца бага х1иттийча
7.Синош вовшах тоьхча (шаьш санна чарца , ле шайн дог1машца)
8.Дийна долуш лаьттаха доьллинчу зуд-беро хаьттича :
9."Муьлхачу къина дийна ша ?" аьлла
10.Массо а дена шен тептар д1аделча
11.Стигал (уьстаг1 т1ийра йоккху ц1ока санна) схьа яьккхина д1ахьарчийча
12.Жоьжахатан ц1е д1алатийча
13.Ялсамане герга яллийча (шен ох1лана)
14.(иза вай хьахийна долу деригге а т1ех1оьттача) Т1аккха хаъар ду адаманна ша динарг , лелийнарг (диканиг , вуониг) , (цуна бекхам а карор бу)
15.Денахь къайла довлаш , буса гуча довлаш
16.Стигал хула лелачу седарчашца ч1аг1о йо аса
17.Буьйсанца а , бода бохьаш йог1ачу
18.1уьйренца а , серло йохьаш йог1ачу , ч1аг1о ма йо аса (Аллах1а)
19.Баккъалла а , х1ара (къур-ан) къамел ма ду , (Делера) сийлахь лераме геланчо (Жабраил малийко) схьакховдийна
20.Ша (Жабраил малийк) дахчийна (ницкъаца ч1аг1делла) , Далла (1арша да ша волчу) гергахь лакхара дарж долуш
21.Кхидолчу маликаш шен дош лоруш , тешаме ша долуш
22.И шун накъост (Мухьаммад-пайхамар) хьекална галваьлла вац шуна
23.Бакъ долуш , цуна га ма гина иза (Жабраил-малик) ша мадарра цу стиглахь
24.И (Мухьаммад) ма вац Дела къайле (х1ара къур-ан) , сутар ваьлла д1ацакхачийна аьлла билла бехк буьтар болуш
25.Дала шен къинхетемах гена даьккханчу шайт1ан къамел ма дац х1ара (къур-ан) , (ле цуна дезаш , цунца дог1уш , ле цуна ницкъ кхочар болуш)
26.Т1аккха шу (шун хьекъалаш) стенга доьлху (х1ара къур-ан харц дина , оццала кхеташ долу , бакъ хилар билгала долу)
27.Массо а адаманна кхетам , хьехам ма бу (х1ара къур-ан)
28.Шух нисвала луачунна
29.Бакъ долуш , 1аламаш кхиош , кхобаш волчу Аллах1а (беллачу) ламца ду шун лаар



82 - Сурат Альинфит1ар ( Екъаялар)
(Маккахь доьссина , 19 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Стигал екъаелча (къемат де х1оттарна)
2.Седарчий охьаэгна , даьржина д1адахча
3.Х1ордаш ийна д1адахча (дозанаш дохарна)
4.Кешнаш меттах даьхча (белларш г1овтарна)
5.Т1аккха хаар ду адамана ша динарг а , дитанарг а
6.Х1ай адам ! хьо сте 1ехийна , ледина , майра даьккхина хьайн Далла 1еса хиллал ?!
7.Хьо кхолла а кхоьллина , хаза меженаш а , кхачаме дег1 а делла
8.Шена лаьачу сибтехь хьуна куц делла волу
9.Х1а -х1а , бакъ долуш , къемат де (бекхам де) харц до аша (1еха делла лела шу)
10.Баккъалла а , 1уналла да т1ех1иттийна малийкаш ду шуна
11.Лераме шаьш долу , шун 1амалаш д1аязъеш
12.Аша мел лелораг шайна хаъаш ду уьш
13.Баккъалла а , бакъона дай зовкхехь хир бу (хазахетарехь , дика хьегарехь)
14.Ткъа харцона дай , баккъалла а , жоьжахатан ц1аргахь хир бу
15.Къемата дийнахь оцу чу шаьш г1ур болуш
16.Оцу чура арабевлла шаьш (1азапан) юкъар бевр боцуш
17.Иза х1ун де ду мукъане хаий хьуна ?!
18.Т1аккха а , оцу дийна луьралла хаий хьуна ?!
19.Цхьанне а дег1а ша санна долчу дег1ана да г1о ( да амал , лаца дакъа ) доцу де ду иза (Дела пурбанца , лаъамца бен) . Массо а х1уман мукъ (болх) Дела карахь бу оцу дийнахь


83 - Сурат Альмут1аффифийна (Терза нийса цалелораш , эшораш)
(Маккахь доьссина , 36 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Шаьш чохь 1азап хьоьгар долу жоьжахатан боьр кечбина Дала , терза (юстар) нийса цалелочарна
2.Наха шайна терза оьзча шайн хьакъ (сов ) схьаоьцаш
3.Шаьш нахана терза оьзча церан хьакъ эшош болчу
4.Шаьш г1овтор хиларх ца теша уьш (ца кхоьра уьш)
5.Буьрсачу (доккхачу) (къемата) денахь
6.Адам г1оттара (д1ах1уттара) долчу денах , 1аламаш кхиош , кхобуш волчу Далла хьалха
7.Юхадовла неха хьакъ даарха ! Баккъалла а , харцона дай боьрза меттиг готта набахта ю шуна , (церан тептарш оцу чохь хир ма ду)
8.Оцу набахтан хьал хаъа мукъане хаий хьуна ?! (боккха болх бу иза , даиманна хир йолу набахта ю иза , лазош хиндолу 1азап ду иза)
9.Билгало йина (мух1ар тоьхна) ду церан тептараш (1амалаш вуо хилар)
10.Ма 1азап хир дукха оцу (къемата) денахь иза харц диначарна
11.Шаьш иза х1уттарг хиларха цатешаш хилла болу
12.Ткъа иза къобал ца дийраг ша хьарам дерг лелош , дуьйцаш верг бен вац
13.Цул совнаг1а , шена гергахь (къур-ан) аяташ дешчи , "Хьалха баханчеран туьйранаш ду уьш " олу цо
14.Духа довла харцо кхолларха , аларха ! Бакъ долуш , дегнаш т1е макх лаьцна (к1урз биллина , пардо лаьцна) церан къинош дукха хиларна
15.Сам довла ! Баккъалла а , царна а , Далла а юкъахь пардо хир ма ду , царна иза ган йиш йоцуш (Дела диканах хаьдда хир бу уьш)
16.Цул совнаг1а , бакъ долуш уьш жоьжахате г1ур ма бу (16)
17.Т1аккха царга эра ду : "Х1ара дара шуна аша харц динарш!"
18.Шеко йоцуш , баккъалла а , бакъона дай боьрза меттиг доза доца ялсаманеш ма ю . (церан тептарш оцу чохь хир ма ду)
19.Цун хазалла , дикалла хаий хьуна ! (б1аьргана гина доцуриг , лергана хезна доцуриг , адамана дага деана доцуриг хир ду оцу чохь)
20.Билгало йина (МухIар тоьхна) ду церан тептарш (1амалаш дика хилар)
21.Сийлахь , деза маликаш теш хир ду уьш яздечу хенахь
22.Баккъалла а , бакъона дайша ялсаманий дика хьоьгар ду
23.Исбаьхьа кечдинчу маьнгеш т1ехь тевжина , Дала шайна кечдина цкъа а къачор доцчу дикане (совг1аташка) хьоьжар бу уьш (ишта везачу Деле а)
24.Церан йоьхьмашка хьо хьаьжча гур бар хьуна уьш биэла белла , бекхабелла , г1ад бахана , хазчу басахь , нуьре лепаш йоьхьмаш йолуш хьоьгачу диканна
25.Ялсаманий ц1ена , тоьлла малар муьйлаш (цара бен даста йиш йоцуш , мух1ар тоьхна)
26.Бетера д1адаьккхича миск хьожа етталуш (мискаца эдина ша долуш) . Ша къовсачо оцу дикане кхача къовсийла
27.Оцу малар кечдар , ялсаманийн ох1лана маларха уггаре тоьллачух ду
28.Далла т1ех герга болчарна мала т1ех ц1ена долуш , иэдина доцу шовда хир ду
29.Баккъалла а , зулам дай (дуьненахь шаьш болуш) бусалба нахах цабашарца боьлар
30.Шаьш бусалба нахана уллехула чекх бовлаш , царах кхаьрдаш вовшашка б1аьргаш те1абора , муьшкаш йора цара
31.Шайн х1усамашка бирзача , шайн мел оьшуриг долшнехьа , оцу бусалбанех шайн кхардарха баккхий буьйша боьрза уьш
32.Ткъа уьш (бусалбанаш) шайна гича , "Баккъалла а тилла бу х1орш " алар цара
33.Цара лиэлочунна а , олучунна а 1уналла да (векал бина) бахкийтана ма бацар уьш
34.Ткъа тахана (къемата дена) , бусалбанаш боьлар бу керстанах (церан белар дуьхьал)
35.Шайн исбаьхьа кечдинчу маьнгеш т1ийра д1ахьоьжаш(везачу шайн Деле)
36.Карийн ткъа керстана (шайн кхардар , цабашар , биэлар) бекхам ?! (Дера кара ма би) .



84 - Сурат Альиншикъакъ (Ят1ар , екъаялар)
(Маккахь доьссина , 25 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Cтигал яьт1на д1аяхча (къемат де х1оттарна)
2.Дела омарга ладоьг1на (муьт1ахь хилла) , ладог1а ша хьакъ (декхар) йолу
3.Латта даржийча (озийна ц1ока санна)
4.Шен кийрахь мелдерг ара тесна парг1ат даьлла
5.Дела омарга ладоьг1на (муьт1ахь хилла) , ладог1а ша хьакъ (декхар) долу
6.Х1ай адам ! Баккъалла а къахьоьгаш ду хьо 1амал ярца , Далла дуьхьал дахарехь , хьайн 1амалан бекхам карор бу хьуна (диканна диканца , вуонна та1зарца)
7.Амма шен тептар аьтто куьйга делларг
8.Цуна хьесап ч1ог1а атта (дай) хир ду
9.Воккха вуьйш воьрзар ву иза шен доьзале (ялсамане)
10.Амма шен тептар букъ т1ехьахула (аьрро куьйга) делларг
11.Х1аллак (эшамехь) хиликх ша бохуш мохь беттар бу цо
12.Жоьжахатан ц1арга г1ур ву иза (цуна йовхо 1овша)
13.Бакъ долуш вар иза шен доьзалехь (дуьненахь) самукъане (т1аьхьалона ойла яр доцуш , дег1а лаамах 1ехавелла)
14.Баккъалла а ша г1аттор вац (веллачул т1ехьа ден вина) моттара цуна
15.Бакъ ма ду ! (г1аттораг хилар) , Далла гуш , хааш ма ду (цо мел лелориг)
16.Ч1аг1о ма йо аса (Аллах1а) ц1ечу тачанца (маьрк1ижа хенахь малх д1абузаш х1уттачу)
17.Буьйсанца а , шеначу цо мел хьулдиначунца а ,
18.Беттаца а , буьззина схьакхетча (ч1аг1о ма йо)
19.Халонна хьелаш т1ех1уьттар ма ду шуна (цхьаннах хьалха девлача кхиндерг т1ех1утташ)
20.Иймане х1унда цабог1у уьш (сте юхабетта уьш) ?!
21.Шайна къур-ан дешча сужуде х1унда ца г1о уьш (сий , лерам , хьурмат дарца)
22.Бакъ долуш , шаьш керстаналла диначарна , бакъдерг харц дар ц1ийрах доьлла
23.Аллах1 т1ех дика хааш (девзаш) ву цара гулдина вуонаш
24.Д1ахаийта царна (шийла кхаъ баккхарца) , (х1ай сийдолу Мухьаммад) лазош хиндолу 1азап хирг хилар (Дала кечдина)
25.Амма ийман диллана , дика 1амалаш йинчарна хедар йоцуш (хьесап доцуш) ял хир ю



85 - Сурат Альбурудж (Седарчий , церан меттигаш)
(Маккахь доьссина , 22 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.Стигалца , седарчех юьзна йолу
2.Къемата дийнаца (ша хирду аьлла ч1аг1о йина долу)
3.П1ераскана (рузбана) дийнаца (шена чохь йинчу 1амална теш долу) , Арафат (лома т1е волучу) дийнаца (хьаж доьхкаш) , (оцу массо хьахийна чунца ) ч1аг1о ма йо аса (Аллах1а)
4.Не1алт хилла оьра (саьнгар , хорша) дайшна
5.Ц1еран г1ирс беана йоккха ц1е саьнгар чохь латийна
6.Оцу хорша гонаха шаьш гулбелла ва болуш
7.Шаьш оцу бусалба нахана ден та1азар шайна гуш
8.Царна (керстана) цаьргахь (бусалбанашкахь) ца дезнарг , сийлахьчу , хастамечу Аллах1аца ийман диллар дара ,
9.Стигланашкахь а , лаьтта т1ехь а мелдерг шен долахь долуш волчу . Аллах1 массо х1уман т1ехь теш ву (гуш , хаъаш)
10.Баккъалла а , бусалбанаш (сте , борша) багийна (1азапе лаьцна динах юхабахархьам) , цул т1аьхьа дохко а ца бевларш (шаьш динчунна) , царна жоьжахатан ц1аргахь багабаран 1азап (бекхам) хир ду .
11.Баккъалла а , шаьш ийман диллина , дика 1амалаш йинчарна , к1елахула татолаш лела бошмаш (ялсаманеш) хир ю . Боккха толам бу иза
12.Баккъалла а , хьан Делан ка (ч1ир эцарехь) ч1ог1а ма ду
13.Бакъ долуш , иза (Аллах1) долош верг ву (халкъ кхоллар) , духа дерзош верг ву (халкъ кхелханчул т1ехьа ден дарца)
14.Гечдийраг (дохко бевлачарна) , (шена муьт1ахь верг) ч1ог1а везарг ма ву иза (Аллах1)
15."1арша" сийлахьа Да ма ву иза (Аллах1)
16.Шена луург (жоп деха да воцуш) деш ма ву иза .
17.Эскар хабар кхаьчний хьоьга (х1ай сийдолу Мухьаммад) ? !
18.Фир1авнах , (Салихь - пайхамар шайна ваийтана) Самуд къомах хилларг (Дала царна дина та1зар) хаий хьуна?
19.Бакъ долуш , шаьш керста хилларш шеконгахь (харц деш) бу
20.Аллах1 царна го биллина ма ву (1азап дала ницкъ кхочуш , цхьа а вуолуьйтар воцуш)
21.Бакъ долуш , сийлахь (дика мелдерг шена чу лаьцна) къур'ан ду иза
22.Ша "Лавхьул-махьфуз" чохь долун .



86 - Сурат Атт1арикъ (Cеда)
(Маккахь доьссина , 17 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.Стигалца а , буса гуча болучу седанца а ч1аг1о йо аса (Аллах1а)
2.Иза х1ун седа бу хаий хьуна (х1ай сий долу Мухьаммад) ?!
3.Шен серлонца буьйсенна бода хадош гуча болу иза
4.Массо а сина т1е х1оттийна 1у ма ву (аьлла ч1аг1о йо аса)
5.Ша стенах кхоьллина хьажийла и адам
6.Ийначу (стеги , зудчу) , чехка дог1учу хих кхоьллина иза
7.Ша арадолуш долу (стеган) букъера а , (зуьдчуна) некха унера а (деган 1айгера)
8.Баккъалла а иза (Аллах1) адам панахиллачул т1ехьа духа дерзо (ден дан)ницкъ кхочуш маву
9.Кийрахь мелдолу къайлах дерг гучадоккхучу денахь (къемата дийнахь)
10.(оцу дийнахь) Адаманна дег1ехь г1ор ма дац , ле орцах вала стаг ма вац
11.Стигалца , юх-юха дог1а дохьуш йолу
12.Лаьттаца , дат1е шех сено йолуьйташ долу (ч1аг1о ма йо аса (Аллах1а)
13.Баккъалла а и (къур-ан) бакъо а , харцо а къасто (бакъ , нийса) дош ма ду
14.Бегаш (забар , ловзар) ма бац иза
15.Баккъалла а цара (керстано) мекарло (йилбазалла) ма лела йо
16.Аса (Аллах1а) дагахь доцчу аг1ора зуьйра ма бу уьш (мекарло эшор ма ю)
17.Цера ч1ир эцар т1ехь сихо ма йе ахьа , жимма собаре хила хьо (1азап кхаччалца)



87 - Сурат Альа1ла (Т1ех лекха , везаниг)
(Маккахь доьссина , 19 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.Ахьа ц1анве хьайн везин Дели (керстано кхуллачу) цуьнца ца дог1учу куьцашха
2.Ша кхоьллина волу (массо а са доллу х1ума , дийнаташ) кхачаме , хазчу суьртахь
3.Массо а х1уманна пайден дерг делла , нийса некъа т1е нисдина
4.Ша дийнаташна дажа массо а куьцар бацаш , сенош , (даъа) ялтанаш делла
5.Цул т1аьхьа якъийна , макхйеш ягийна , малхой-мохой чахчийна 1аьржа бос бетталуш д1ах1оттийра
6.Оха (Аллах1а) къур-ан хьалхара доккхар ду хьуна (х1ай сийдолу Мухьаммад) , хьуна дицлур дац иза цкъа а
7.Аллах1ана ша лиънарг доцуриг (д1аъайба , ахьа дита ) . Баккъалла а Далла хаъаш ду халкъо къайлах , къулах дийраг
8.Оха (Аллах1а) аьтто бийр бу хьан дикан т1ехь (аттачу некъа т1е ваккхарца)
9.Ахьа хьахаде (х1ара дин) пайда (хьехам) хир болучарна
10.Ша (Делах) кхоьручо пайда оьцар бу (цунах)
11.Ша дакъаза ваьлларг гена (хийр) вер ву цунах
12.Ша йоккхачу ц1арга г1ур волу
13.Оцу чохь ша лийр воцуш (парг1ата вала) , вехар воцуш (пайда эца)
14.Бакъ долуш декъала хилла ша ц1анвеллариг (вуочу г1иллакхех , амалех ) , (закат делларг)
15.Дела ц1е йоккхуш ламазаш динарг
16.Амма бакъ долуш (пана долу) дуьнена дахар толадо (хоржу) аша
17.Эхарт-дахар (Дала лур йолу ял) тоьлаш , (даиманна) дуьсар долуш ма ду
18.Баккъалла а х1ара (аяташ) , хьалха даьхкинчу тептаршкахь ду
19.Ибрах1ийм а , Муса (пайхамарийн) а тептаршкахь (жайнашкахь)




88 - Сурат Альг1ашийат (Къемат динйн ц1е)
(Маккахь доьссина , 26 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.Адам 1адор долчу къемат ден хабар кхаьчний хьоьга ?!
2.Оцу дийнахь йоьхь 1аьржа , сийсаз , таь1на хир ду адам
3.Къинхьегамехь , халонашна х1оьттана , к1ад делла
4.Жоьжахатан йовхонна кхоьхкачу ц1арга г1ур ду и
5.Шен кхехкар чаккхенга кхаьчна шовда хир ду церан малар
6.Даъар хир дац царна , (хьайбано ша ца дуъу) кохцал дитт , (ба1 , шач доцуриг)
7.Ша дилха ца дуьллуш (варста ца веш) , мацаллах хьалха ца воккхуш (долу)
8.Оцу дийнахь йоьхь к1ай , декъал , даккхийдеш хир ду (цхьадолу) адам
9.Дуьненахь шаьш йинчу 1амална (хиллачу йоланна) реза хилла
10.Лаккхарчу ялсаманий х1усамашкахь (маьрша дахар долуш)
11.Эрна (деса) , пайде доцу харц къамелаш , хезар дац цу чохь
12.Шовданаш хир ду цу чохь (дег1ана аьхна долуш)
13.Айъаделла , лекха , к1еда мот баржийна маьнгеш ду оцу чохь
14.Малар кедаш охьа дихкина
15.Могг1ара дихкина назбар г1айбеш долуш
16.Даржийна кузанаш долуш
17.Уьш (адам) хьавса ца хьовсу ткъа (ойлаярца) эмкалан кхолларе а
18.Стигале а , муха айъина (йоьг1на)
19.Лаьмнашка а , муха доьг1на (меттах хьовра доцуш)
20.Латтане а , муха даржийна (т1аьхь ваха аьтто болуш)
21.Д1ахьахаде (х1ай сийдолу Мухьаммад) , баккъалла а хьо д1адовзуьйтарг ма ву
22.Царна т1е х1оттийна вац хьо (уьш нуьцкъала иймане бало)
23.Амма букъ тоьхна , керстаналла динарг
24.Аллах1-Дала ша лур ду цуна лазош долу доккха 1азап
25.Баккъалла а церан (адаман) дерзар тхоьга (Аллах1е) ма ду
26.Т1аккха бакъ долуш оха хьесап дийр ду церан (1амалийн)



89 - Сурат Альфаджр (1уьйре , сатасар)
(Маккахь доьссина , 30 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.(Г1урбан-1ийд дийнан) 1уьйренца а ,
2.(Зул-хьиджа беттан хьалхара ) итт буьйсанца а ,
3.Г1урбана а , 1арафат а (цхьалха а , шалха а) дийношца а ,
4.(1уьйра хан т1еярца) д1айоьдучу буьйсаца а , ч1аг1о йо аса (Аллах1а) , (ма 1азап лур дукх аса цу керстана).
5.Дуй ткъа ! оцу дуй баарца хьахийна долчух , хьекъал дайшна лерам бан хьакъ хетарг ? .
6.Хьан Дала (Х1уд-пайхамар къоман) 1ада т1аьхьенах динарг ца хаъа хьуна ?!
7.Ирама (тайпанах болу) , андий дог1маш долуш , нуьцкъала г1ишлош чохь бехаш ,
8.Шайга тера йаккхий цу махкахь , (заманахь) кхи хилла йоцу (Дала шакарца ц1уьйзу луьра мехца х1аллак ма бина уьш , церан 1асалла бахьан долуш) .
9.(Салихь-пайхамар къоман) Самуда т1аьхьенах динарг ца хаъа хьуна , шаьш лаьмнаш цоьсташ (боьрахь) х1усамашка баха хевжина болчу ?!
10.Фир1авнах хилларг ца хаъа хьуна , эскар , (ницкъа) да ша хилла волу
11.Оцу махкахь зуламца , г1ело ярца г1евтина хилла болу
12.Галмелдаьлларг оцу чохь даржош
13.Хьан Дала , уьш беригге а х1аллак хиллалца ца хадош , луьра 1азап далхийра царна т1е
14.Баккъалла а хьан Дела адамийн терго еш ву (гуш , хезаш , цу т1ехь кхел еш)
15.Амма адам Дала ша зийча , ризкъана шортонца , дика хьегарца , сан Дала сан (сий) лерам бина олу цо ("шена дог1уш делла" аларца) ,
16.Амма Дала ша зийча , ризкъана гатто ярца , сан Дала сийсаз ви со олу цо
17.Царна ма моьтту дац хьал (Дала ризкъ шена везачунна ло , ца веза чунна а ло , иштта ризкъана гатто йо веза чунна , ца веза чунна а , ткъа хил деза хьал : Дала ризкъа делча хастам бар , гатто йича собаре хилар ду) , Бакъ долуш (шун 1амалаш оцу аша олучул ирча ма ю) , буо лерам ца бо аш
18.Мискачуна кхача баларехь вовший яхье ца доха аш (тесна , ледар дуьту аш и г1уллакх)
19.(Веллачух дисана) ирс дуъу аша мел хили (хьанал , хьарам ца къастош)
20.Дуьнена даьхни деза шуна , и дезарехь т1ех сутар , б1аьрмацак шаьш долуш
21.Бакъ долуш , латта диэгийна , ( лаьмнаш д1ашардина) , оцу куьцар кхин диэго йиш йоцуш (лаца х1ума доцуш) д1ах1оттийча (лахьтийчура халкъ г1аттийча)
22.Хьан Дела (омар деача) веача , маликаш могг1ара д1ах1иттача (Дела омаршка ладоьг1на)
23.Жоьжахате ялийна д1ах1оттийча (гучуяккхича) , оцу дийнахь дагадог1ур ду адаманна ша лелийнарг (ойла йийра ю цо , хилларг хилла даьллачул т1ехьа) , далахь цуо (дагадаро) бан х1у пайда бу ?!
24."Дависарг , эхарт дахарна къахьегна деларкха аса" олу (адамо)
25.Оцу дийнахь (керстана) Дала санна ч1ог1а 1азап лур дац цхьаммо а
26.Цо санна г1оьмаш (буржалш) , барголаш (доьхкарш) тухара дац цхьаммо а
27.(амма бусалабане эра ду) : "Х1ай (Далла муьтахь хиларна) парг1ате долу са !
28.Хьайн Деле дерза хьо (йоле) , хьуо реза а долуш , хьайна Дела реза а волуш ,
29.Со реза волчу лайшха д1акхета ,
30.Сан ялсаманий чуг1о хьо "



90 - Сурат Албалад (Шахьар , г1ала , мохк)
(Маккахь доьссина , 20 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.Аса (Аллах1а) дуй буу (кхуллу) х1окху шахьарца (лерамечу Маккаца)
2.Шена чохь вехаш хьо волчу (х1ай сийдолу Мухьаммад) , (шена чохь мел долу х1ума хьуна хьанал долчу)
3.Деца - ненаца , церан т1аьхьенца , (Адам-пайхамар , цуьнан дикчу т1аьхьенца)
4.Баккъалла а , Оха (Аллах1а) адаман дуьненан дахар , эхарт халонашца (къинхьегамца) , баланашца дихкина (х1оьттина)
5.Адаманна моьтту-те шен даьхнех (шега) жоп доьхур дац (муха даьккхина , муха доьхкина ) , (я цхьаннен а ницкъ кхочур бац и деха)
6.Дукха (эрша) даьхни доьхкина ша олу цо (дазаллийна , сийлаллийна)
7.Ша цхьанне а (Аллах1ана) ца гина моьтту-те цунна (шен ният)
8.Цхьа хаза (хьажа) ши б1аьрг
9.(лебан , бийца , вистхила) мотт , (яарна , къамелана г1оьнна) ши балда ца делла Оха (Аллах1а) цунна ?!
10.Дика , во довзар т1ехь нис ма вина Оха иза
11.Ша декъала хир волчу (дикчу) новкъа т1ехь къахьегна делар цо ,
12.И муьлханиг бу хаий хьуна ?!
13.Лай маьрша ваккхар (олалла к1елар) ,
14.Я мацаллийн хало х1оьттинчу дийнахь кхача балар ,
15.Гергарчу байна (боберана),
16.Я дан амал доцчу мисканна ,
17.Т1аккха хуьлу иза , ийман а диллина , собарца весет а дина , къинхетаме хиларца весет динчарех
18.Ткъа уьш , бакъонан дай бу (аьттонан , беркатан дай)
19.Амма , Оха (Аллах1а) доссийначу къур-анан аяташца керста хилларш , харцонан (дакъазаллийн) дай бу уьш
20.Ч1аьг1на (арабовла йиш йоцуш ) жоьжахате хир ю царна



91 - Сурат Ашшамс (Малх)
(Маккахь доьссина , 15 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам да волчу .


1.Малхаца а , цуьнан серлонца а (садаьржаш кхета)
2.Беттаца а , малхана т1аьххье бог1учу (шен серло йохьуш)
3.Дийнаца а , малх гучу боккхучу
4.Буьйсанца а , малх къайла боккхучу
5.Стигалца а , и йоьг1начунца а ,
6.Латтаца а , и даржийнчунца а ,
7.Сица а , и кхачаме (суьртахь) кхоьллинчунца а
8.Дика (цун хазалла) , во (цун ирчалла) билгалдарца (чудиллина волчу) оцу сина , (оцу массо дагардинчунца ) ч1аг1о ма йо аса (Аллах1а)
9.Бакъ долуш , декъала ма хилла шен са ц1ан динарг (Далла муьт1ахь хиларца)
10.Иштта бакъ долуш , дакъаза ма ваьлла шен са сийсаз динарг (1асаллийца)
11.Самуда (тайпано) харц вира (Дела геланча) шайн сонталла бахьан долуш
12.Шайха уггара дакъаза ваьлларг (шех б1о боьлла) г1аттарца (Дела омранна дуьхьал)
13.Дела элчано (Салихьа) элира цаьрга : "Ларлолаш Дала шайна (совг1ат дина) еллачу эмкална новкъахьовзам барха (урс хьакхарха) , шен хималар рожах (дийнах) йохаярха"
14.Амма цара харц дира цуьнан къамел (лацадуьйг1ар) , оцу эмкална (Дала ша т1улгах ялийтана йолу , билгало хилийта Шен элча бакъ хилар) урс хьаькхар цара .
Т1аккха Дала , церан къа бахьанна , шен 1азап доссийна , х1аллак бира уьш беригге (цхьатерра)
15.Иза (Аллах1) ца кхоьру (ша динчу та1азар) т1аьхьлонах (ша жоьпе озаварна)



92 - Сурат Аллайл (Буьйса)
(Маккахь доьссина , 21 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Буьйсенца , шен бодано массо х1ума хьулъечу хена
2.Дийнаца , шен серлонца сирла даьллачу хена
3.Сте , боьрша кхоьллинчунца ч1аг1о ма йо аса (Аллах1а)
4.Баккъалла а , шун къахьегар (1амалаш) цхьатерра ма дац (дика , во ю)
5.Амма ша (шега ло аьлла долун закат) д1аделларг , (ша лелочуьнгахь Делах) кхийринарг ,
6.Бакъдинарг ялсамани (бекхам) хилар ,
7.Оха цуьнан аьтто бийр бу дикан т1ехь (ялсамане боьду некъ атта барца)
8.Амма ша б1аьрмацак (сутар) хилла (шегахь долчуна) , шен бахамах кхачо йинариг (Делах д1ахаьднариг)
9.Бакъо (эхартахь бекхам хилар) харц йинариг
10.Халонаш (сийсазло) хьерчор ю Оха (Аллах1а) цуьнан новкъа
11.Шен бахамо хьалхавоккхур вац иза велча (жоьжахате хьажийча)
12.Баккъалла а , тхуна т1ехь ду (Аллах1ан бакъо ю) хьанал , хьарам билгалдар
13.Иштта , баккъалла а , дуьне , эхарт Тхан (Делан) ду
14.Аса (Аллах1а) ларлолаш бехар шоьга , буьрса йогучу жоьжахатан ц1ерах ,
15.Дакъаза ваьлларг бен шена чуг1ур воцчу ,
16.Ша бакъо харц йина , Далла г1уллакх дарха букъ тоьхна волу
17.Амма Делах кхийринарг , жоьжахатан гена воккхур ву (ларвийр ву)
18.Даьхнех закат , саг1а луш , шен дег1ана , дохнана ц1ано лоьхуш волу
19.Цхьанненна а Далла гергахь диканца бекхам карор бац
20.Сийлахь-везачу шен Далла дуьхьа 1амал хилчунна а бен
21.Ткъа иза даггара реза хир ву (Дела дуьхьа 1амал йинарг)



93 - Cурат Аззухьа (Садаьржина даьлла хан , 1уьйре)
(Маккахь доьссина ' 11 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.Садаьржина хенаца (серло йохьуш)
2.Тийначу буьйсенца (бода бохьуш) ч1аг1о ма йо аса (Аллах1а)
3.Хьан Дала хьо (х1ай сийдолу Мухьаммад ) д1атесна ма вац , я даг т1ийра вожийна ма вац
4.Эхарт (ялсаманий х1усамаш) тоьлаш (г1олий) ма ду хьуна х1окху (пана) дуьненал
5.Хьан Дала дика мелдерг лур ма ду хьуна (ялсаманехь) , хьо реза хир волуш (реза веш)
6.Хьо байлахь карийна , хьан дола ца дир цо (Аллах1а) ?!
7.Дин довзар доцуш карийна , и довзар т1ехь нис ца вир хьо ?!
8.Хьо къиэ карийна , аьтто ца бир хьан ?!
9.Амма байна (боберана) г1ело ма елахь (къинхетамца дог эцалахь цуьнан)
10.Саг1а доьхуриг к1оршаме вуха ма тохалахь (къинхетаме хила цуьнца)
11.Дала хьайна бина дика болх хьахабе (хастам барца)


94 - Сурат Ашшархь (Кийра бузар , беллар)
(Маккахь доьссина , 8 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.Оха (Аллах1а) кийра ца буьзна (нуьре ца бина) хьан (х1ай сийдолу Мухьаммад) , (кхетамца , пайхамараллийца) ?!
2.И хьан беза (пайхамараллийн) мохь байбеш (1уьнал дарца)
3.Ша хьан дукъ даздина болу , (хьан я1ний т1ехь болу)
4.Хьан сий айъира Оха (Аллах1а) , (хьан ц1е Сайчух х1оьттина "Ла илах1а иллаллах1у , Мухьаммадун расулуллах1и" аьлла)
5.Баккъалла а , халонца парг1ато ю хьуна
6.Баккъалла а , халонца парг1ато ю хьуна . (ч1аг1дарна)
7.Хьо (дуьненан хьашташха) парг1ата ваьлчи , Далла г1улкх дарехь къахьега
8.Хьайн Далла хьастало



95 - Сурат Аттийн (Инжийр)
(Маккахь доьссина , 8 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетам Да волчу .


1. Тийнора (инжирора) а , зайтунора (оливкора) а (йа уьш шена т1ехь кхуьучу беркате лаьттора) ,
2.(шена т1ехь Муса-пайхамар Делаца къамеле ваьллачу) Сийнаъ (ц1е йолчу) ламора а ,
3.Х1окху тешамечу /маьршачу Макка/ шахьарора /ч1аг1о ма йо Аса/
4.Бакъдолуш , Оха кхоьллина адам хазчу /кхачамечу/ суьртахь (куьцахь , вастахь)
5.Цул т1аьхьа (цхьа хан-зама яьлча) Оха дерзадо и /керста адам жоьжахатин/ лаххарчу даржашка , (я къаналле , тишалле , хьекъална эшаре , эг1азе , эсах талхаре)
6./Шаьш /Делах/ тешнарш , диканаш динарш доцурш , ткъа царна хедар йоцу ял ю
7.(и хьайна хиъначул т1аьхьа) Хьо (х1ай адам) сте дуьгу и (бекхаман де) харц даре ?!
8.Аллах1 вац ткъа кхелйечарех уггар хьуьнарениг ?! (Ва ма ву).


96 - Сурат Аль1алакъ (Детта ц1ий)
(Маккахь доьссина , 19 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Деша (х1ай сийдолу Мухьаммад) ! Хьо а , массо х1ума а кхоьллинчу Дела ц1арца
2.Адам кхоьллина Цо деттачу ц1ийрах (нена кийрахь)
3.Деша ! И хьан Дела т1ех (сов) комаьрша ву хьуна
4.Ша адаманна къолам-йоза 1амийна волу
5.Адаманна хаанза дерг хьехна , (довзийтана) Дала
6.Бакъ долуш , баккъалла а адамо Делан дозанаш хедадо (лар ца до)
7.Ша таро-бахам болуш хиларха 1ехалой
8.Баккъалла а , хьан Деле (х1ай сийдолу элча !) доьрзур ма ду адам (бекхамна)
9.Cхьавийцахь и (хьо) юхаветтарг (хьан некъаш хедориг)
10.Ламазна (хьо) лай маьрша ца вуьтург
11.Хьо (х1ай Абу Жах1ил) х1ун дан воллу ткъа , и (сийдолу Мухьаммад) ахьа юхаветташ верг (ламазах) нийсачу новкъа т1ехь хилча ?!,
12.Я Делах кхерарца омар (весет) деш хилча ?!
13.Хьо а (сийдолу Мухьаммад) , ахьа деанарг а харц дина , букъ тоьхна воьдучу
14.Цуна (Абу Жах1илна , цуьнах терачарна а) ца хаа ткъа , Аллах1ана ша (дийриг) гуш , (дуьйцург) хезаш вуй ?!
15.Бакъ долуш , иза ца сацахь (юха ца валахь) , (шен карзах валарха) Оха (Аллах1а) лацне а лоцур ма ву иза (Абу жах1ил ) к1ужал (б1аьштиг т1ера ник1апан) т1ийра (сийсаза , юьхь1аьржа х1отторца)
16.Къамелехь аьшпе волу , леларехь хат1е волу , к1ужал да (лоцур ву)
17.Цо кхайкхийла (к1ужал дас) тайпа-тукхам а , шен пхьоьг1а а орцаха
18.Оха (Аллах1а) кхойкхура (хьовсора) ма ду 1азап ло малийкаш
19.Бакъ долуш , (х1ай сийдолу Мухьаммад !) цунна муьт1ахь ма хила хьо, ламазан сужуд де , Далла герга хилар т1ехь къахьега .



97 - Сурат Алькъадр (Лайткъедар буьйса , кхел)
(Маккахь доьссина , 5 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу

1.Баккъалла а , Оха (Аллах1а) доссийна иза (сийлахь къур-ан) (цхьана метта , декъна доцуш лавхьалмахьфузера дуьненан стигала) сийлахь - еза лайткъедар буса
2.Оцу буьйсенан сийлалла , йозалла хаий хьуна (х1ай сийдолу Мухьаммад , бусалба) !?
3.Эзар баттал еза (тоьлла) ю и лайткъедар буьйса (1амал -1ибадат дарехь)
4.Малийкаш дуьссу (оцу буса) тобанашкахь , Жабраил - малик шайца ва долуш , бусалба лешна дика мелдолчуьнца
5.Маьрша , (беркате) ю иза садаржалц (Далла дукха безачу лешна)


98 - Сурат Альбаййина (Билгало)
(Мадинатехь доьссина , 8 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Шайн некъ битана ма бац керстано (жуьгташ , эрмалош ) а , ц1уйшна , жа1аршна лолла дечар а , (элчане йоьссина къуранан) бакъо шайна яллалца
2.Элча вара иза , Аллах1а ша ваийтина , тептарш чу яздина , харцонах , хийцарах ц1ена долу къур-ан доьшуш , (хьоьхуш веанарг)
3.Шена чохь нийса (аьхна) аяташ , хьукманаш (сацамаш) долуш
4.Бекъабелар шайга жайнаш (Муса -таврат , 1ийса-Инжийл ) диссинарш бакъо (къур-ан) еача (тобанашка , бакъ дийраш , ца дийраш хилла)
5.Цаьрга кхи дина омар ма дацар :" Аллах1ана доггаха , накъост вар доцуш , бакъоне туьйжаш лолла делаш , ламаз делаш , закат лолаш "- алар бен , иза (оцу хьал т1ехь дерг) ду нийсонна т1ехь долу уммат (тоба)
6.Баккъалла а , жайнаш т1едиссиначу тобанах керста хилларш , Делаца накъостий лецнарш а , жоьжахата ц1ергахь хир бу , чура арабевра боцуш (даиманна а) . Дела кхолламах уггара декъазнаш бу уьш
7.Баккъалла а , ийман диллина (Делах тешна) , дика 1амалаш (белхаш) йинарш , Дела кхолламах уггара тоьллараш бу (декъала хилла тоба ю)
8.Далла гергахь царна хир йолу ял : к1елахула татолаш лела бошмаш (ялсаманеш) ю , оцу чохь 1ар-дахар хедар доцуш , даиманна хир долуш . Дела реза хилла царна (хедар доцу ни1мат даларца) , халкъ а хилла (Далла) реза шайна динчу диканна (совг1атна) . И деригге а дика , Делах (дозанаш лардарца) кхийранчарна хир ду



99 - Сурат Аззалзала (Мохк биэгор)
(Доссар Маккахь йа Мадийнатахь хилла , 8 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.Дегадарх а , ша ч1ог1а латта дегийча
2.Шен кийрахь мелдерг цо ара тесча (кхелханарш , хазнаш)
3.Т1ех1оьттинчу инзаре суьрта ч1аг1аллийна, " Цо х1ун леладо ? " - олу бертаза , 1адийначу адамо
4.Оцу дийнахь , шен букъа т1ехь мел лелийнарг (диканиг , вониг ) схьа дуьйцу цо (лаьтто)
5."Баккъалла а , хьан Дела омранца , (хьехарца , пурбанца) дийци ша" олуш
6.Оцу дийнахь , бес-бесар тобанашкахь г1овттар ду адам (лахьтий чуьра) , дуьненан 1амална шайн бекхам эца
7.Мискъала зарратал (мел жима) дика динчунна , диканца бекхам хир бу
8.Мискъала зарратал во динчунна , цуьнан бекхам гур бу



100 - Cурат Аль1адийат (Г1азота говраш , дой )
(Доссар Маккахь йа Мадийнатахь хилла , 11 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .

1.Г1азотана хецначу расхачу говрашца , сада1ар сихделла мерах шок етташ ,
2.Кхерах (т1улгах) лан (берг) тохарца суйнаш туьйсуьйтучу дойца а ,
3.1уьйранна садаьржаш , т1елетчу говрашца а ,
4.Чена к1ур эккхийте , дой (дин) летачу майданахь ,
5.Мостаг1чун го лаьцна йолчу ( вада некъ битанза) , ч1аг1о ма йо (Аллах1а)
6.Баккъалла а , адам шена Дала делчу не1матна къера ма дац (дар ца до цо)
7.Баккъалла а , иза теш ма ду цу т1ехь (леларца , дашца)
8.Баккъалла а , иза бахам безар т1ехь ч1ог1а сутар ма ду
9.Цуна ца хаьа ткъа лахьтий чохь мелверг г1аттийна ?! ,
10.Церан кийрахь (хьулдина ) мелдерг гучудаьккхича ,
11.Баккъалла а , адам кхоьллинчу Далла хааш ма ду цара лелийнарг , оцу дийнахь бакъонца кхел йийр ма ю цо .



101 - Сурат А лькъари1а (Къемат дийнан ц1е)
(Маккахь доьссина , 11 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.(шен кхерамашца адамийн дегнаш тоха долуьйтуш долу) Къемат де
2.(да мукъане) Х1ун ду и къемат де ?!
3.Хьуна хаий х1ун (де) ду и къемат де ?!
4.Адамаш (шайн даржарехь , хин дерг ца хааш хьере хилла идарехь) къаьхкина , даьржинчу полларчийн жоьмаргех тера хир ду оцу дийнахь
5.Лаьмнаш къаж бина т1арг1а санна хир ду
6.Амма шен (дикачу 1амалаш) терза даздинарг
7.Кхоччуш ша реза волчу дахарехь (ялсаманехь) хир ву
8.Амма шен ( дикачу 1амалин ) терза дай хилларг (вуонаш алсам хиларна)
9.Цуьни воьрза меттиг жоьжахате ю
10.Хьуна хаий муха (х1ун) ю иза ?!
11.Йоккха летта йогу сийна алун ц1е ю иза.



102 - Cурат Аттакасур /Дебор , сов вийлар/
/Маккахь доьссина , 8 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу .

1.Шу д1алеци /дуьне лахарехь/ совдийларо /къийсаро/
2.Шаьш кешнашка даххалц /дерзалц/
3.Х1ан-х1а ! Шуна хуур ма ду /деллачул т1аьхьа/
4.Т1аккха а х1ан-х1а ! Шуна хуур ма ду /лахьтийчура г1овттийча/
5.Х1ан-х1а ! Шуна хаахьара /шайна хиндериг/ билггала хаарца
6./Делора/ Шуна ганне а гур ма ю /и/ жоьжахати
7.Т1аккха /Делора/ шуна ганне а гур ма ю и билггала б1аьрга
8.Т1аккха , /Делора/ шоьга хаттане а хоттур ма ду /Дала/ оцу дийнахь зовкхах .



103 - Сурат Аль1аср (Хан-зама)
(Доссар Маккахь йа Мадийнатахь хиллла , 3 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу .

1.Заманора
2.Баккъалла а адам эшамехь /зенехь/ ма ду
3.Шаьш /Делах/ тешна а , диканаш дина а , бакъонца а , собарца а вовшашка весеташ динарш а боцурш .


104 - Сурат Альх1умаза /Антахо/
/Доссар Маккахь я Мадийнатахь хилла , 9 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Ма бала бу-кх /жоьжахатин боьрахь/ массо а дуьхьала а , т1аьхьашха а /нехан/ анташ дохучунна
2.Ша даьхни гулдина , иза юх-юха дагардеш волчу .
3.Шен бахамо ша /валарха/ хьалха воккхур ву моьтту цунна ?!
4.Х1ан-х1а /цунна ма моьтта дац иза/ , /Делора/ и кхуссур ма ву /шена чохь мел дериг охьучу , отучу/ жоьжахатчу
5.Сте хаийтина хьуна /и/ жоьжахати х1ун ю ?!
6.Латийна йогуш Аллах1ан ц1е ю /и/
7.Ша /церан/ дегнех хьерчаш /массо к1оже кхочуш/
8.Баккъалла а и /жоьжахати/ царна т1ехь къевлина /ч1аьг1на/ ю
9.Бехачу /б1ог1амийн/ г1уйнашца /уьш ара бовла йиш йоцуш/ .


105 - Сурат Альфийл /Пил/
/Маккахь доьссина , 5 аят ду/.
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу

1.Хьуна ца гина хьан Дала пилан дайх х1ун дина ?
2.Ца йира церан мекарло тилар чохь ?
3.Цо хьажийра царна т1е ардангашкахь олхазарш
4.Цаьрна поппаран т1улгаш детташ
5.Цо бира уьш диъна /дисина/ даххаш /1арчаш/ санна .



106 - Сурат Къурайш
/Доссар Маккахь я Мадийнатахь хилла , 4 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу .

1.Къурайшин барт бархьама ,
2.Царна дезийта б1аьстенан а , 1аьнан а /д1асхьа/ бахар
3.Цара 1ибадат дойла х1окху ц1ийнан Далла ,
4.Ша уьш мацаллех бузийна а , кхерамах маьрша бина а волчу .


107 - Сурат Альма1уна (Ц1ера г1ирс (салпал) , закат)
(Доссар Маккахь йа Мадийнатахь хилла , 7 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.Хьуна вевзий х1ай Мухьаммад къематан , хьесап , бекхам де харц дийриг , къобал ца дийриг ?!
2.Иза дера ву , бобераш шен хьокъах духадеттарг царна зулам дарца , хьакъ д1ацакхачийтарца , г1ело ярца
3.Шен дег1 , я кхин вериг яхье , карзах ца воккху , я т1ецате1аво цо мискачунна кхача баларна
4.Ма х1аллак хиларан 1азап а , жоьжахатан боьра а бу ц1арна ламазаш дечарна - мунепикъашна , моттарг1анаш лелочарна , нахана гучахь деш , шайна бевлача ца деш
5.Шайн ламазна бицлуш , хенах тилош , терго ца еш
6.Шаьш ц1арна лелачарна кхечаьрна шаьш дика нах ду моттийта
7.Дог1ачунна закат , я йоьхучунна йийбар , я юхлург салпал ца луш болчаьрна .



108 - Cурат Алкавсар (Татол)
/Маккахь доьссина , 3 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу .

1. Баккъалла а , Оха делла хьуна /ялсаманин/ татол
2. Хьан Далла ламаз де , /г1урбан/ урс хьакха
3. Баккъалла а хьан мостаг1 , и ву /шен/ х1удайнарг .



109 - Сурат Алькафируна (Керстанаш)
/Маккахь доьссина , 6 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу .

1. Ахьа ала :"Х1ай керстанаш !
2. Аса 1ибадат ца до аша /шена/ дечунна
3. Ткъа шу а дац аса /1ибадат/ дечунна 1ибадат деш
4. Со 1ибадат деш вац аша /шена 1ибадат/ динчунна
5. Ткъа шу а дац аса /1ибадат/ дечунна 1ибадат деш
6. Шуна шун /керста/ дин ду , суна сан дин /ислам/ ду" .



110 - Cурат Аннаср (Г1о)
/Мадийнатахь доьссина , 3 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу .

1.Аллах1ан г1о , /Макка/ схьаеллар деача а ,
2.Нах тобанашкахь Аллах1ан дине бог1уш хьуна гича а ,
3.Хьан Далла хастамбарца /И/ ц1анве , Цунга гечдар а деха .
Баккъалла а Иза хилла къинт1ерволург .



111 - Сурат Алмасад (Диттан хьаса)
(Маккахь доьссина , 5 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.Х1аллак хиларца эшамехь а , тиларехь а хили Абу Лах1аб - элчана ден ваша , ша кхин хила йиш а йоцущ
2.Бахамо а , доьзало а хьалха а ца ваьккхи иза я вуха а ца туьйхи цу 1азапах а , эшамах а
3.Буьрса йогучу жоьжахатан ц1ерга г1ур ву иза
4.Иштта цуьнан зуда - Умму Жамийл а г1ур йу , ша гулдеш Элчана новкъа к1охцалш а , баь11аш а кхуьйсуш , мот эла-дита лелош хилла йолу
5.Шен кочахь (логах) диттан хьесан муш болуш



112 - Сурат "Альихлас" /Догц1аналла/
/Доссар Маккахь я Мадийнатахь хилла , 4 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу .

1.Ахьа ала :"И Аллах1 цхьаъ ву
2.Аллах1 /массо а х1уманна гуттар/ хьаштверг ву
З.Цо ца вина /цхьа а доьзалхо/ , Иза а ца вина /цхьаммо а/
4.Цхьа /х1ума/ а ца хилла Цуьнга тера"


113 - Сурат Альфалакъ (Садаржар , Сатасар)
(Маккахь доьссина , 5 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу .

1.Ахь ала :"Со ларло /1уьйрана/ садаржаран Делаца
2.Цо ша /мел/ кхоьллинчун /х1уманан/ вонах ,
3.Боданан вонах а , иза ч1аг1белча ,
4.Шеддашчу 1аьеттачеран вонах а ,
5.Хьаг1лелочун /хьаг1-гамонан/ вонах а , цо /и/ хьаг1лелийча"


14 - Сурат Аннас (Адамаш , нах)
(Доссар Маккахь я Мадийнатахь хилла , 6 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу .

1.Ахь ала ! Со ларло /1алашло/ адамийн Кхиорхочуьнца
2.Адамийн Паччахьца /Элаца/
3./Шена 1ибадат дан хьакъ волу/ адамийн Делаца
4./дагчу вониг/ хьоьхучун , /Дела хьахаварца/ гена долучун вонах
5.Ша адамийн кийранашчу /дегнашчу вониг/ хьоьхуш долчу
6./иштта/ жинех /шайт1ана тобанех/ , адамех /адам-шайт1анех/ .

Комментарии (6)  Распечатать